An-Naba, ayah 1
عَمَّ يَتَسَآءَلُونَ
Стенах /лаьцна/ вовшашка хоьтту цара?
Surah 78 · Meccan · 40 ayahs
The Tidings
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَـٰنِ ٱلرَّحِيمِ
عَمَّ يَتَسَآءَلُونَ
Стенах /лаьцна/ вовшашка хоьтту цара?
عَنِ ٱلنَّبَإِ ٱلْعَظِيمِ
Доккхачу хабарх!
ٱلَّذِى هُمْ فِيهِ مُخْتَلِفُونَ
Шаьш цу чохь хилпало йолуш долчу.
كَلَّا سَيَعْلَمُونَ
ХIан-хIа! ТIаьхьа хуур ду царна!
ثُمَّ كَلَّا سَيَعْلَمُونَ
ТIаккха хIан-хIа! ТIаьхьа хуур ду царна!
أَلَمْ نَجْعَلِ ٱلْأَرْضَ مِهَٰدًۭا
Оха ца дина латта мотт санна /кIеда/?
وَٱلْجِبَالَ أَوْتَادًۭا
Лаьмнаш хьостамий санна /чIогIа/?
وَخَلَقْنَٰكُمْ أَزْوَٰجًۭا
Оха кхоьллина шу шиш /боьрша а‚ сте а/.
وَجَعَلْنَا نَوْمَكُمْ سُبَاتًۭا
Оха хилийтина шун наб садаIар хилла.
وَجَعَلْنَا ٱلَّيْلَ لِبَاسًۭا
Оха хилийтина буьйса духар хилла.
وَجَعَلْنَا ٱلنَّهَارَ مَعَاشًۭا
Оха хилийтина де дахар хилла /шайн хьашташ кхочушдан/
وَبَنَيْنَا فَوْقَكُمْ سَبْعًۭا شِدَادًۭا
Оха хIоттина шуна тIехьахула ворхI чIогIа /стигал/‚
وَجَعَلْنَا سِرَاجًۭا وَهَّاجًۭا
Оха бина лепаш чиркх /малх/.
وَأَنزَلْنَا مِنَ ٱلْمُعْصِرَٰتِ مَآءًۭ ثَجَّاجًۭا
Оха дайитина Iовдаш йолчу мархийн юккъера дуттуш долу хи /догIа/.
لِّنُخْرِجَ بِهِۦ حَبًّۭا وَنَبَاتًۭا
Цуьнца Оха схьабаккхархьама буьртиг а‚ орамат а‚
وَجَنَّٰتٍ أَلْفَافًا
Луьста бошмаш.
إِنَّ يَوْمَ ٱلْفَصْلِ كَانَ مِيقَٰتًۭا
Баккъалла а, къастаман де хилла хан тоьхна.
يَوْمَ يُنفَخُ فِى ٱلصُّورِ فَتَأْتُونَ أَفْوَاجًۭا
Оцу дийнахь сур локхур ю - шу догIур ду тобанашца.
وَفُتِحَتِ ٱلسَّمَآءُ فَكَانَتْ أَبْوَٰبًۭا
ДIаеллира стигал - цунах хилира неIарш.
وَسُيِّرَتِ ٱلْجِبَالُ فَكَانَتْ سَرَابًا
ДIадихьира лаьмнаш - /царех/ дисина шаьш хилла сурт.
إِنَّ جَهَنَّمَ كَانَتْ مِرْصَادًۭا
Баккъалла а, жоьжахати хилира чударна йоьгIна‚
لِّلطَّٰغِينَ مَـَٔابًۭا
/Делан дозанийх/ тIехбевлачаьрна чугIойла хилла.
لَّٰبِثِينَ فِيهَآ أَحْقَابًۭا
Лаьттар бу уьш цу чохь дуккха хенашкахь.
لَّا يَذُوقُونَ فِيهَا بَرْدًۭا وَلَا شَرَابًا
Iовшур дац цара цу чохь шело а‚ малар а
إِلَّا حَمِيمًۭا وَغَسَّاقًۭا
Лалина хи а‚ нетIкъанаш бен.
جَزَآءًۭ وِفَاقًا
/Царна/ богIуш бекхам бу /иза/.
إِنَّهُمْ كَانُوا۟ لَا يَرْجُونَ حِسَابًۭا
Баккъалла а, уьш хилира дог ца дохуш /шаьш динчун/ хьесапе.
وَكَذَّبُوا۟ بِـَٔايَٰتِنَا كِذَّابًۭا
Цара харцдира Тхан аяташ харцдарца.
وَكُلَّ شَىْءٍ أَحْصَيْنَٰهُ كِتَٰبًۭا
Массо хIума дIатергалдина Оха жайнаца!
فَذُوقُوا۟ فَلَن نَّزِيدَكُمْ إِلَّا عَذَابًا
Iовша шайна! Сов доккхур дац Оха шуна Iазап бен.
إِنَّ لِلْمُتَّقِينَ مَفَازًا
Баккъалла а, /Делах/ кхоьручаьрна тола меттиг ма ю /ялсамани чохь/.
حَدَآئِقَ وَأَعْنَٰبًۭا
Бошмаш а‚ кемсаш а /ю царна/.
وَكَوَاعِبَ أَتْرَابًۭا
/Царна/ некхий гоьрга долу‚ шерашца цхьанийса болу мехкарий /хир бу/.
وَكَأْسًۭا دِهَاقًۭا
Буьззина /маларан/ кад а /хир бу/.
لَّا يَسْمَعُونَ فِيهَا لَغْوًۭا وَلَا كِذَّٰبًۭا
Царна хозур дац цу чохь деса хабар а‚ харцдерг а.
جَزَآءًۭ مِّن رَّبِّكَ عَطَآءً حِسَابًۭا
Бекхам бу /иза/ хьо Кхиош-кхобуш волчуьнгара‚ совгIат а‚ хьесап а /Цуьнгара/ хилла.
رَّبِّ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا ٱلرَّحْمَٰنِ ۖ لَا يَمْلِكُونَ مِنْهُ خِطَابًۭا
Стигланийн а‚ лаьттан а царна юккъехь долчун а Кхиош-кхобург /ву Иза/‚ Ша сов къинхетаме верг. Цуьнгара хабар дийцаран дола дийр дац цара.
يَوْمَ يَقُومُ ٱلرُّوحُ وَٱلْمَلَٰٓئِكَةُ صَفًّۭا ۖ لَّا يَتَكَلَّمُونَ إِلَّا مَنْ أَذِنَ لَهُ ٱلرَّحْمَٰنُ وَقَالَ صَوَابًۭا
Оцу дийнахь хIуттур ду Са а ‚ маликаш а могIица. Вист хир вац шена Сов Къинхетаме волчо пурба делларг бен - цо эр ду бакъдерг.
ذَٰلِكَ ٱلْيَوْمُ ٱلْحَقُّ ۖ فَمَن شَآءَ ٱتَّخَذَ إِلَىٰ رَبِّهِۦ مَـَٔابًا
Иза хьакъ-бакъ долу де ду. Ша лууш волчо лаьцна ша Кхиош-кхобучуьнга дIаверзаран некъ.
إِنَّآ أَنذَرْنَٰكُمْ عَذَابًۭا قَرِيبًۭا يَوْمَ يَنظُرُ ٱلْمَرْءُ مَا قَدَّمَتْ يَدَاهُ وَيَقُولُ ٱلْكَافِرُ يَٰلَيْتَنِى كُنتُ تُرَٰبًۢا
Баккъалла а, Оха кхерам тесина шуна гергахь долу Iазапца - оцу дийнахь стаг хьожур ву шен шина куьйго хьалхадаьккхинчуьнга‚ эр ду керстано: "Декъаза ваьлла со‚ соьх хиллехьара латта!"
Text, translations & audio via AlQuran Cloud (alquran.cloud) / Islamic Network CDN · Translation: Магомедов
Surah An-Naba (النبإ), also written Naba, is the 78th surah of the Holy Quran. It is a Meccan surah with 40 ayahs (verses), and its name means “The Tidings”. Read it online in Arabic with Chechen translation, tafsir and verse-by-verse audio recitation.