Sad, ayah 1
صٓ ۚ وَٱلْقُرْءَانِ ذِى ٱلذِّكْرِ
Сад. Шегахь хьехам болчу КъурIанах /дуй боу Аса/.
Surah 38 · Meccan · 88 ayahs
The Letter "Saad"
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَـٰنِ ٱلرَّحِيمِ
صٓ ۚ وَٱلْقُرْءَانِ ذِى ٱلذِّكْرِ
Сад. Шегахь хьехам болчу КъурIанах /дуй боу Аса/.
بَلِ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ فِى عِزَّةٍۢ وَشِقَاقٍۢ
ХIаъ‚ цатешнарш куралла чохь а‚ мостагIалла чохь а бу-кх.
كَمْ أَهْلَكْنَا مِن قَبْلِهِم مِّن قَرْنٍۢ فَنَادَوا۟ وَّلَاتَ حِينَ مَنَاصٍۢ
Мел тIаьхье хIаллакйина Оха царел хьалха‚ цара кхийкхира - яцара и /кIелхьара баьлла/ бовдаран хан.
وَعَجِبُوٓا۟ أَن جَآءَهُم مُّنذِرٌۭ مِّنْهُمْ ۖ وَقَالَ ٱلْكَٰفِرُونَ هَٰذَا سَٰحِرٌۭ كَذَّابٌ
Цецбелира уьш шайга шайн юккъера кхерамча варх. Цатешачаьра элира: "ХIара харцволу бозбуанча ву.
أَجَعَلَ ٱلْءَالِهَةَ إِلَٰهًۭا وَٰحِدًا ۖ إِنَّ هَٰذَا لَشَىْءٌ عُجَابٌۭ
Цо делех цхьа дела вина? И тамаше хIума ду!"
وَٱنطَلَقَ ٱلْمَلَأُ مِنْهُمْ أَنِ ٱمْشُوا۟ وَٱصْبِرُوا۟ عَلَىٰٓ ءَالِهَتِكُمْ ۖ إِنَّ هَٰذَا لَشَىْءٌۭ يُرَادُ
Царех хьалдолу тоба дIаяхара /олуш/: "Шу дIалела‚ собар а де шайн делий тIехь. Баккъалла а, хIара ду дезаш долу хIума".
مَا سَمِعْنَا بِهَٰذَا فِى ٱلْمِلَّةِ ٱلْءَاخِرَةِ إِنْ هَٰذَآ إِلَّا ٱخْتِلَٰقٌ
Тхуна ца хезна оцунах тIаьхьарчу миллатехь. Иза шаьш кхоьллина хIума а бен дац.
أَءُنزِلَ عَلَيْهِ ٱلذِّكْرُ مِنۢ بَيْنِنَا ۚ بَلْ هُمْ فِى شَكٍّۢ مِّن ذِكْرِى ۖ بَل لَّمَّا يَذُوقُوا۟ عَذَابِ
"Цуьнга боссина хьехам вайна юккъера?". ХIаъ‚ уьш шеконехь бу-кх Сан хьехамах. ХIаъ‚ цара /хIинца а/ ца Iевшина Сан Iазап.
أَمْ عِندَهُمْ خَزَآئِنُ رَحْمَةِ رَبِّكَ ٱلْعَزِيزِ ٱلْوَهَّابِ
Ткъа цаьргахь ю хьан везза волчу‚ /пайхамарна ниIмат/ луш волчу Кхиош-кхобучун къинхетаман хазнаш?
أَمْ لَهُم مُّلْكُ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا ۖ فَلْيَرْتَقُوا۟ فِى ٱلْأَسْبَٰبِ
Я церан ду стигалнийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь долчун а паччахьалла? Хьалаболийла уьш /стигла/ гIирсашца.
جُندٌۭ مَّا هُنَالِكَ مَهْزُومٌۭ مِّنَ ٱلْأَحْزَابِ
/Паймарна дуьхьал вовшех тоьхначу/ тобанех цхьа кIеззиг бIо бу уьш –бохор бу хьуна иза.
كَذَّبَتْ قَبْلَهُمْ قَوْمُ نُوحٍۢ وَعَادٌۭ وَفِرْعَوْنُ ذُو ٱلْأَوْتَادِ
Харцбира /пайхамарш/ царел хьалха Нухьан къамо а‚ Iадаша а‚ ФирIавно а‚ хьостамаш долчу.
وَثَمُودُ وَقَوْمُ لُوطٍۢ وَأَصْحَٰبُ لْـَٔيْكَةِ ۚ أُو۟لَٰٓئِكَ ٱلْأَحْزَابُ
Самудаша а‚ ЛутIан къамо а‚ Айкатан дайша а - цу /ерриге/ тобанаша.
إِن كُلٌّ إِلَّا كَذَّبَ ٱلرُّسُلَ فَحَقَّ عِقَابِ
Массара харцбира элчанаш - бакъхилира Сан бекхам.
وَمَا يَنظُرُ هَٰٓؤُلَآءِ إِلَّا صَيْحَةًۭ وَٰحِدَةًۭ مَّا لَهَا مِن فَوَاقٍۢ
Уьш хьоьжур ма бац цхьана мохье бен - цуна хан яхъяр хир дац.
وَقَالُوا۟ رَبَّنَا عَجِّل لَّنَا قِطَّنَا قَبْلَ يَوْمِ ٱلْحِسَابِ
Цара элира: "Тхан Кхиош-кхобушверг‚ сих де тхуна тхан дакъа Хьесапан де дале".
ٱصْبِرْ عَلَىٰ مَا يَقُولُونَ وَٱذْكُرْ عَبْدَنَا دَاوُۥدَ ذَا ٱلْأَيْدِ ۖ إِنَّهُۥٓ أَوَّابٌ
Сатоха /ахь‚ хIай Мухьаммад/ цара дуьйцучунна‚ дагавайта Тхан лай Давуд‚ шегахь ницIкъ хилла волу. Баккъалла а, иза /Далла/ тIевоьрзуш верг вара.
إِنَّا سَخَّرْنَا ٱلْجِبَالَ مَعَهُۥ يُسَبِّحْنَ بِٱلْعَشِىِّ وَٱلْإِشْرَاقِ
Оха муьтIахь дира /Давудана/ лаьмнаш - цуьнца цхьана тасбахь деш суьйранца а‚ /малх/ дIакхетарца а.
وَٱلطَّيْرَ مَحْشُورَةًۭ ۖ كُلٌّۭ لَّهُۥٓ أَوَّابٌۭ
Олхазарш а‚ гулдеш /тобанашкахь/ - массо а Цуна тIедоьрзу /муьтIахь хиларца, тасбахь дарца/.
وَشَدَدْنَا مُلْكَهُۥ وَءَاتَيْنَٰهُ ٱلْحِكْمَةَ وَفَصْلَ ٱلْخِطَابِ
Оха чIагIдира цуьнан паччахьалла‚ делира цуна хьекъалла а‚ дов къастон хаар а.
۞ وَهَلْ أَتَىٰكَ نَبَؤُا۟ ٱلْخَصْمِ إِذْ تَسَوَّرُوا۟ ٱلْمِحْرَابَ
Хьоьга деъний довхойн хабар? Уьш михьрабе хьала ма белира.
إِذْ دَخَلُوا۟ عَلَىٰ دَاوُۥدَ فَفَزِعَ مِنْهُمْ ۖ قَالُوا۟ لَا تَخَفْ ۖ خَصْمَانِ بَغَىٰ بَعْضُنَا عَلَىٰ بَعْضٍۢ فَٱحْكُم بَيْنَنَا بِٱلْحَقِّ وَلَا تُشْطِطْ وَٱهْدِنَآ إِلَىٰ سَوَآءِ ٱلصِّرَٰطِ
Уьш Давуд волчу чоьхьа белира‚ иза царех кхеравелира. Цара элира: "Ма кхера. Ши довхо ву. Тхан цхьаберш вакхарна чугIиртина. Кхиэл е тхуна юккъехь нийсонца‚ харцо ма елахь‚ нис де тхо нисчу новкъа.
إِنَّ هَٰذَآ أَخِى لَهُۥ تِسْعٌۭ وَتِسْعُونَ نَعْجَةًۭ وَلِىَ نَعْجَةٌۭ وَٰحِدَةٌۭ فَقَالَ أَكْفِلْنِيهَا وَعَزَّنِى فِى ٱلْخِطَابِ
ХIара сан ваша ву‚ цуьнан дезткъе ткъаяссан уьстагI бу‚ сан цхьа уьстагI бу. Цо аьлла: "Суна кхачо е цуьнца". Иза соьл тоьлира довехь".
قَالَ لَقَدْ ظَلَمَكَ بِسُؤَالِ نَعْجَتِكَ إِلَىٰ نِعَاجِهِۦ ۖ وَإِنَّ كَثِيرًۭا مِّنَ ٱلْخُلَطَآءِ لَيَبْغِى بَعْضُهُمْ عَلَىٰ بَعْضٍ إِلَّا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ وَقَلِيلٌۭ مَّا هُمْ ۗ وَظَنَّ دَاوُۥدُ أَنَّمَا فَتَنَّٰهُ فَٱسْتَغْفَرَ رَبَّهُۥ وَخَرَّ رَاكِعًۭا وَأَنَابَ ۩
Цо /Давуда/ элира: "Хьуна зулам дина цо хьан уьстагI бехарца шен уьстагIий тIе. Баккъалла а, цхьаьна гIуллакх дечарех дукхачаьра вовшашна гамо йо‚ иман диллинарш а‚ дика Iамалш еш берш а боцучаьра - ма кIеззиг бу уьш!" Давудана хиира Оха ша питне лаьцна хилар. ТIаккха шен Кхиош-кхобучуьнга гечдар дийхира цо‚ гора воьжира иза‚ /Далла/ тIевирзира иза.
فَغَفَرْنَا لَهُۥ ذَٰلِكَ ۖ وَإِنَّ لَهُۥ عِندَنَا لَزُلْفَىٰ وَحُسْنَ مَـَٔابٍۢ
Оха цуна из гечдира. Баккъалла а, цуна Тхоьгахь гергарло а ю‚ хаза тIетовжийла а ю.
يَٰدَاوُۥدُ إِنَّا جَعَلْنَٰكَ خَلِيفَةًۭ فِى ٱلْأَرْضِ فَٱحْكُم بَيْنَ ٱلنَّاسِ بِٱلْحَقِّ وَلَا تَتَّبِعِ ٱلْهَوَىٰ فَيُضِلَّكَ عَن سَبِيلِ ٱللَّهِ ۚ إِنَّ ٱلَّذِينَ يَضِلُّونَ عَن سَبِيلِ ٱللَّهِ لَهُمْ عَذَابٌۭ شَدِيدٌۢ بِمَا نَسُوا۟ يَوْمَ ٱلْحِسَابِ
ХIай Давуд! Оха хилийтина хьоьх лаьттахь халип. Кхиэл е нехан юккъехь нийсонца‚ тIаьхьа ма хIотта дезаршна - цара тилор ву хьо Делан некъах. Баккъалла а, Делан некъах тилалуш берш - царна чIогIа Iазап ду цара хьесапан де дицдарна.
وَمَا خَلَقْنَا ٱلسَّمَآءَ وَٱلْأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَا بَٰطِلًۭا ۚ ذَٰلِكَ ظَنُّ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ ۚ فَوَيْلٌۭ لِّلَّذِينَ كَفَرُوا۟ مِنَ ٱلنَّارِ
Оха эрна ца кхоьллина стигал а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь дерг а. Иза цатешачаьрна моттар ду. Бала бу цатешачаьрна /жоьжахатин/ цIергара.
أَمْ نَجْعَلُ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ كَٱلْمُفْسِدِينَ فِى ٱلْأَرْضِ أَمْ نَجْعَلُ ٱلْمُتَّقِينَ كَٱلْفُجَّارِ
Я Оха хуьлуьйту иман диллинарш а, дика Iамалш йинарш а лаьттахь боьхалелачарех тера? Я Оха хуьлуьйту /Делах/ кхоьруш берш къинош дечарех тера?
كِتَٰبٌ أَنزَلْنَٰهُ إِلَيْكَ مُبَٰرَكٌۭ لِّيَدَّبَّرُوٓا۟ ءَايَٰتِهِۦ وَلِيَتَذَكَّرَ أُو۟لُوا۟ ٱلْأَلْبَٰبِ
Жайна ду /хIара/‚ Оха ша хьоьга доссина‚ беркате долуш‚ цаьрга цуьнан аятех ойлаяйта‚ хьекъал долчаьрна дагадайта.
وَوَهَبْنَا لِدَاوُۥدَ سُلَيْمَٰنَ ۚ نِعْمَ ٱلْعَبْدُ ۖ إِنَّهُۥٓ أَوَّابٌ
Оха велира Давудна Сулейман - дика лай. Баккъалла а, иза /Далла тIе/ вухавоьрзуш верг ву.
إِذْ عُرِضَ عَلَيْهِ بِٱلْعَشِىِّ ٱلصَّٰفِنَٰتُ ٱلْجِيَادُ
Цуна /Сулейманна/ гайтира суьйранца барг туху /кха коган тIехь хIотталуш/ говраш.
فَقَالَ إِنِّىٓ أَحْبَبْتُ حُبَّ ٱلْخَيْرِ عَن ذِكْرِ رَبِّى حَتَّىٰ تَوَارَتْ بِٱلْحِجَابِ
Цо элира: "Баккъалла а, суна дукхадиза ниIмат сан Кхиош-кхобург хьехорал кирхьаца /малх/ дIахьулбаллалц.
رُدُّوهَا عَلَىَّ ۖ فَطَفِقَ مَسْحًۢا بِٱلسُّوقِ وَٱلْأَعْنَاقِ
Схьаялаел уьш суна тIе!" Волавелира иза /урс/ хьекха ностарех а‚ логех а.
وَلَقَدْ فَتَنَّا سُلَيْمَٰنَ وَأَلْقَيْنَا عَلَىٰ كُرْسِيِّهِۦ جَسَدًۭا ثُمَّ أَنَابَ
Оха питне лецира Сулейман‚ цуьнан тажана тIе дегI кхуьссира Оха‚ тIаккха иза /тоба дарца Тхуна/ тIе вирзира.
قَالَ رَبِّ ٱغْفِرْ لِى وَهَبْ لِى مُلْكًۭا لَّا يَنۢبَغِى لِأَحَدٍۢ مِّنۢ بَعْدِىٓ ۖ إِنَّكَ أَنتَ ٱلْوَهَّابُ
Цо элира: "/Везан/ Дела‚ гечдехьа суна‚ ло суна паччахьалла соьл тIаьхьа цхьаннена хир доцчу тайпана. Баккъалла а, хьо ву-кх луш верг".
فَسَخَّرْنَا لَهُ ٱلرِّيحَ تَجْرِى بِأَمْرِهِۦ رُخَآءً حَيْثُ أَصَابَ
Оха муьтIахь бира цуна мох‚ байа лелаш цуьнан омраца цуна луучу‚
وَٱلشَّيَٰطِينَ كُلَّ بَنَّآءٍۢ وَغَوَّاصٍۢ
ШайтIанаш а – массо гIишлоярхо а‚ хIоьрда буха уьйдург а (маржанаш лоьхуш)‚
وَءَاخَرِينَ مُقَرَّنِينَ فِى ٱلْأَصْفَادِ
Важаш а‚ дихкина долу буржолашкахь.
هَٰذَا عَطَآؤُنَا فَٱمْنُنْ أَوْ أَمْسِكْ بِغَيْرِ حِسَابٍۢ
/Оха элира цуьнга/: "ХIара - Тхан совгIат ду. Зовкх хьега‚ я схьалаца хьесап а доцуш".
وَإِنَّ لَهُۥ عِندَنَا لَزُلْفَىٰ وَحُسْنَ مَـَٔابٍۢ
Баккъалла а, цуна Тхоьгахь гергарло а ю‚ дика тIетовжийла а ю.
وَٱذْكُرْ عَبْدَنَآ أَيُّوبَ إِذْ نَادَىٰ رَبَّهُۥٓ أَنِّى مَسَّنِىَ ٱلشَّيْطَٰنُ بِنُصْبٍۢ وَعَذَابٍ
Дагавайта Тхан лай Аюб‚ цо кхийкхира шен Кхиош-кхобучуьнга: "Баккъалла а, со схьалаьцна шайтIано халонца а‚ Iазапаца а".
ٱرْكُضْ بِرِجْلِكَ ۖ هَٰذَا مُغْتَسَلٌۢ بَارِدٌۭ وَشَرَابٌۭ
/Элира цуьнга/: "Тоха хьан когаца! ХIара - шийла лийчар а ду‚ малар а ду".
وَوَهَبْنَا لَهُۥٓ أَهْلَهُۥ وَمِثْلَهُم مَّعَهُمْ رَحْمَةًۭ مِّنَّا وَذِكْرَىٰ لِأُو۟لِى ٱلْأَلْبَٰبِ
Оха белира цуна шен доьзал а‚ кхин царел а цаьрца цхьана Тхоьгара къинхетам а хилла‚ хьекъал долчаьрна хьехам а хилла.
وَخُذْ بِيَدِكَ ضِغْثًۭا فَٱضْرِب بِّهِۦ وَلَا تَحْنَثْ ۗ إِنَّا وَجَدْنَٰهُ صَابِرًۭا ۚ نِّعْمَ ٱلْعَبْدُ ۖ إِنَّهُۥٓ أَوَّابٌۭ
/Оха элира цуьнга/: "Схьаэца хьан куьйга цIов‚ цуьнца тоха‚ хьан дуй къар ма бе!" Баккъалла а, Тхуна иза карийра собаре. Дика лай ву. Баккъалла а, иза /Далла тIе/ воьрзуш верг ву.
وَٱذْكُرْ عِبَٰدَنَآ إِبْرَٰهِيمَ وَإِسْحَٰقَ وَيَعْقُوبَ أُو۟لِى ٱلْأَيْدِى وَٱلْأَبْصَٰرِ
Дагабайта Тхан леш ИбрахIим‚ Исхьакъ‚ ЯIкъуб‚ шайгахь ницIкъ хилла болу /Далла Iибадат дарехь/‚ тидамалла а хилла болу /дин кхочушдарехь/.
إِنَّآ أَخْلَصْنَٰهُم بِخَالِصَةٍۢ ذِكْرَى ٱلدَّارِ
Оха цIанбира уьш цIена Iалашонна - /эхартан/ цIа дагадайтан.
وَإِنَّهُمْ عِندَنَا لَمِنَ ٱلْمُصْطَفَيْنَ ٱلْأَخْيَارِ
Баккъалла а, уьш Тхан гергахь хаьржинчарех‚ дикачарех бу.
وَٱذْكُرْ إِسْمَٰعِيلَ وَٱلْيَسَعَ وَذَا ٱلْكِفْلِ ۖ وَكُلٌّۭ مِّنَ ٱلْأَخْيَارِ
Дагабайта /хьахабе/ ИсмаIил а‚ АльясаI а‚ Зуль-Кифл а - берриге а дикачарех бу.
هَٰذَا ذِكْرٌۭ ۚ وَإِنَّ لِلْمُتَّقِينَ لَحُسْنَ مَـَٔابٍۢ
ХIара хьехам бу. Баккъалла а, /Делах/ кхоьручаьрна дика тIетовжийла ю.
جَنَّٰتِ عَدْنٍۢ مُّفَتَّحَةًۭ لَّهُمُ ٱلْأَبْوَٰبُ
Iаднан бошмаш ю царна‚ /шайн/ неIарш еллина йолу.
مُتَّكِـِٔينَ فِيهَا يَدْعُونَ فِيهَا بِفَٰكِهَةٍۢ كَثِيرَةٍۢ وَشَرَابٍۢ
Тевжина лаьтташ /хир бу уьш/ цигахь‚ цара боьхуш цу чохь дуккха стоьмаш а‚ малар а.
۞ وَعِندَهُمْ قَٰصِرَٰتُ ٱلطَّرْفِ أَتْرَابٌ
Царна бу бIаьргаш гатта болу‚ цхьана хеннара болу /мехкарий/.
هَٰذَا مَا تُوعَدُونَ لِيَوْمِ ٱلْحِسَابِ
ХIара ду-кх шуна хир ду аьлларг хьесапан денна.
إِنَّ هَٰذَا لَرِزْقُنَا مَا لَهُۥ مِن نَّفَادٍ
Баккъалла а, хIара Тхан рицIкъ ду‚ цуна кхачадалар дац.
هَٰذَا ۚ وَإِنَّ لِلطَّٰغِينَ لَشَرَّ مَـَٔابٍۢ
ХIара! Баккъалла а, /Делан/ дозанах баьллачаьрна вон тIетовжийла ю-кх!
جَهَنَّمَ يَصْلَوْنَهَا فَبِئْسَ ٱلْمِهَادُ
Жоьжахати - цу чохь бегар бу уьш - ма вон дIадуьшийла ю-кх /иза/.
هَٰذَا فَلْيَذُوقُوهُ حَمِيمٌۭ وَغَسَّاقٌۭ
ХIара /Iазап/ Iовшийла цара‚ и ду лелина хи а‚ нотIкъа а.
وَءَاخَرُ مِن شَكْلِهِۦٓ أَزْوَٰجٌ
Кхин а‚ цуьнан кепара‚ тайп-тайпана /Iазапаш хир ду царна/.
هَٰذَا فَوْجٌۭ مُّقْتَحِمٌۭ مَّعَكُمْ ۖ لَا مَرْحَبًۢا بِهِمْ ۚ إِنَّهُمْ صَالُوا۟ ٱلنَّارِ
ХIара толгIе ю шуьца цхьаьна /жоьжахатина/ чу йоьдуш. "Марша догIийла" дац царна. Баккъалла а, уьш цIаргахь бегар бу-кх.
قَالُوا۟ بَلْ أَنتُمْ لَا مَرْحَبًۢا بِكُمْ ۖ أَنتُمْ قَدَّمْتُمُوهُ لَنَا ۖ فَبِئْسَ ٱلْقَرَارُ
Цара элира: "ХIаъ‚ шуна "марша догIийла" дац-кх. Аша хьалхадаьккхина тхуна хIара. Ма вон чIагIо ю-кх!"
قَالُوا۟ رَبَّنَا مَن قَدَّمَ لَنَا هَٰذَا فَزِدْهُ عَذَابًۭا ضِعْفًۭا فِى ٱلنَّارِ
Цара элира: "Везан Дела‚ хIара тхуна хьлхадаьккхинчунна тIетохалахь Iазап шозза цIаргахь".
وَقَالُوا۟ مَا لَنَا لَا نَرَىٰ رِجَالًۭا كُنَّا نَعُدُّهُم مِّنَ ٱلْأَشْرَارِ
Цара элира: "Вайна хIун хилла ца ган божарий‚ вай шаьш вочарех лоруш хилла болу /дуьненахь/?
أَتَّخَذْنَٰهُمْ سِخْرِيًّا أَمْ زَاغَتْ عَنْهُمُ ٱلْأَبْصَٰرُ
Вай ца дешаш дара царех‚ я /вайн/ бIаьрг царех дIатили?"
إِنَّ ذَٰلِكَ لَحَقٌّۭ تَخَاصُمُ أَهْلِ ٱلنَّارِ
Баккъалла а, иза хьакъ-бакъ ду - жоьжахатин дайша вовшашца къийсар.
قُلْ إِنَّمَآ أَنَا۠ مُنذِرٌۭ ۖ وَمَا مِنْ إِلَٰهٍ إِلَّا ٱللَّهُ ٱلْوَٰحِدُ ٱلْقَهَّارُ
Ахьа ала: "Баккъалла а, со кхерамча ву. Ма вац цхьа а дела Ша веккъа Цхьаъ волу‚ нуьцIкъала волу АллахI бен.
رَبُّ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا ٱلْعَزِيزُ ٱلْغَفَّٰرُ
Ша стигланийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь долчун Да волу‚ Ша везза волу‚ гечдеш волу".
قُلْ هُوَ نَبَؤٌا۟ عَظِيمٌ
Ахьа ала: "Иза - сийлахь доккха хабар ду.
أَنتُمْ عَنْهُ مُعْرِضُونَ
Шу цунах дIадоьрзуш ду.
مَا كَانَ لِىَ مِنْ عِلْمٍۭ بِٱلْمَلَإِ ٱلْأَعْلَىٰٓ إِذْ يَخْتَصِمُونَ
Суна ца хили хаар Лаккхарчу Элих лаьцна уьш къуьйсуш болуш.
إِن يُوحَىٰٓ إِلَىَّ إِلَّآ أَنَّمَآ أَنَا۠ نَذِيرٌۭ مُّبِينٌ
Суна вехьеца хаийтина со билгала кхерамча вуйла".
إِذْ قَالَ رَبُّكَ لِلْمَلَٰٓئِكَةِ إِنِّى خَٰلِقٌۢ بَشَرًۭا مِّن طِينٍۢ
Хьан Кхиош-кхобучо аьллера маликашка: "Баккъалла а, Со кхолла воллу адам поппарах.
فَإِذَا سَوَّيْتُهُۥ وَنَفَخْتُ فِيهِ مِن رُّوحِى فَقَعُوا۟ لَهُۥ سَٰجِدِينَ
Аса иза нисвича‚ цу чу Сан сих са а диллича цуна суждане гIолаш".
فَسَجَدَ ٱلْمَلَٰٓئِكَةُ كُلُّهُمْ أَجْمَعُونَ
Сужд дира маликаша массара цхьаьна.
إِلَّآ إِبْلِيسَ ٱسْتَكْبَرَ وَكَانَ مِنَ ٱلْكَٰفِرِينَ
Иблис доцург - цо куралла йира‚ и хилира керстанех.
قَالَ يَٰٓإِبْلِيسُ مَا مَنَعَكَ أَن تَسْجُدَ لِمَا خَلَقْتُ بِيَدَىَّ ۖ أَسْتَكْبَرْتَ أَمْ كُنتَ مِنَ ٱلْعَالِينَ
Цо /Дала/ элира: "ХIай иблис‚ стено дуьхьало йина хьуна сужд дан Аса кхоьллинчуьнна Сан куьйгашца? Курадаьлла хьо‚ я хьо хилла хьалхадала гIертачарех".
قَالَ أَنَا۠ خَيْرٌۭ مِّنْهُ ۖ خَلَقْتَنِى مِن نَّارٍۢ وَخَلَقْتَهُۥ مِن طِينٍۢ
Цо элира: "Со цул /адамал/ дика ду. Со кхоьллина Ахьа цIарах‚ и кхоьллина Ахьа поппарах".
قَالَ فَٱخْرُجْ مِنْهَا فَإِنَّكَ رَجِيمٌۭ
Цо /Дала/ элира: "Арадала цу /ялсамане/ чуьра. Баккъалла а, хьо неIалт аьлла /массо диканах/ хадийнарг ду.
وَإِنَّ عَلَيْكَ لَعْنَتِىٓ إِلَىٰ يَوْمِ ٱلدِّينِ
Баккъалла а, хьуна Сан неIалт ду бекхаман де даллалц".
قَالَ رَبِّ فَأَنظِرْنِىٓ إِلَىٰ يَوْمِ يُبْعَثُونَ
Цо /Иблисо/ элира: "Везан Дела‚ хан яхъехь сан уьш /адамаш/ буха ден бен де кхаччалц".
قَالَ فَإِنَّكَ مِنَ ٱلْمُنظَرِينَ
Цо элира: "Баккъалла а, хан яхъйиначарех ду-кх хьо!
إِلَىٰ يَوْمِ ٱلْوَقْتِ ٱلْمَعْلُومِ
Билглчу хенан де кхаччалц".
قَالَ فَبِعِزَّتِكَ لَأُغْوِيَنَّهُمْ أَجْمَعِينَ
Цо элира: "Хьан возаллех дуй боу аса: аса тиланне а тилор ма бу уьш берриге.
إِلَّا عِبَادَكَ مِنْهُمُ ٱلْمُخْلَصِينَ
Царех Хьан сов цIена леш боцурш".
قَالَ فَٱلْحَقُّ وَٱلْحَقَّ أَقُولُ
Цо элира: "Баккъалла а, хьакъ-бакъ Аса олу:
لَأَمْلَأَنَّ جَهَنَّمَ مِنكَ وَمِمَّن تَبِعَكَ مِنْهُمْ أَجْمَعِينَ
Юзанне а Аса юзор ма ю жоьжахате хьоьх а‚ хьан тIаьхьа мел хIоьттинчух а – царех массарех а".
قُلْ مَآ أَسْـَٔلُكُمْ عَلَيْهِ مِنْ أَجْرٍۢ وَمَآ أَنَا۠ مِنَ ٱلْمُتَكَلِّفِينَ
Ахьа ала: "Аса цу тIехь цхьа а мах ца боьху‚ со сайна тIедиллинчарех а вац".
إِنْ هُوَ إِلَّا ذِكْرٌۭ لِّلْعَٰلَمِينَ
Иза /КъурIан/ беккъа Iаламашна хьехам бу.
وَلَتَعْلَمُنَّ نَبَأَهُۥ بَعْدَ حِينٍۭ
Шуна хаанне а хуур ду оцунан хабар цхьа хан яьлча.
Text, translations & audio via AlQuran Cloud (alquran.cloud) / Islamic Network CDN · Translation: Магомедов
Surah Sad (ص) is the 38th surah of the Holy Quran. It is a Meccan surah with 88 ayahs (verses), and its name means “The Letter "Saad"”. Read it online in Arabic with Chechen translation, tafsir and verse-by-verse audio recitation.