Skip to content
QuranOlive

Juz 21 of 30 · 178 ayahs

اتل ما أوحيPara 21: Utlu Ma Oohi — Chechen

Juz 21, known as Para 21 “Utlu Ma Oohi” (اتل ما أوحي), runs from Surah Al-'Ankabut 29:46 to Surah Al-Ahzab 33:30. Read the full para online in Arabic with Chechen translation and audio.

29:46

۞ وَلَا تُجَٰدِلُوٓا۟ أَهْلَ ٱلْكِتَٰبِ إِلَّا بِٱلَّتِى هِىَ أَحْسَنُ إِلَّا ٱلَّذِينَ ظَلَمُوا۟ مِنْهُمْ ۖ وَقُولُوٓا۟ ءَامَنَّا بِٱلَّذِىٓ أُنزِلَ إِلَيْنَا وَأُنزِلَ إِلَيْكُمْ وَإِلَٰهُنَا وَإِلَٰهُكُمْ وَٰحِدٌۭ وَنَحْنُ لَهُۥ مُسْلِمُونَ

Аша ма къийса жайнан охIланца уггар дикачуьнца бен царех зулам динарш боцучаьрца. Аша ала: "Оха иман дилли тхоьга доссьинчуьнга а‚ шуга доссинчуьнга а‚ Тхан Дела а‚ шун Дела а цхьаъ ву‚ тхо Цуна мукIар (муьтIахь) ду".

29:47

وَكَذَٰلِكَ أَنزَلْنَآ إِلَيْكَ ٱلْكِتَٰبَ ۚ فَٱلَّذِينَ ءَاتَيْنَٰهُمُ ٱلْكِتَٰبَ يُؤْمِنُونَ بِهِۦ ۖ وَمِنْ هَٰٓؤُلَآءِ مَن يُؤْمِنُ بِهِۦ ۚ وَمَا يَجْحَدُ بِـَٔايَٰتِنَآ إِلَّا ٱلْكَٰفِرُونَ

Иштта Оха доссира хьоьга жайна. Оха шайга жайна делларш цунах тешаш бу. ХIокхарех а /Iарбех/ цунах тешаш верг ву. Тхан аятех цатешаш бац керстанаш бен.

29:48

وَمَا كُنتَ تَتْلُوا۟ مِن قَبْلِهِۦ مِن كِتَٰبٍۢ وَلَا تَخُطُّهُۥ بِيَمِينِكَ ۖ إِذًۭا لَّٱرْتَابَ ٱلْمُبْطِلُونَ

Хьо вацара-май цул хьалха /КъурIан доссале/ цхьа а жайна доьшуш а‚ яздеш а хьан /аьтту/ куьйга - хиллехьара цу харцболчаьра шеко йийр ма яра.

29:49

بَلْ هُوَ ءَايَٰتٌۢ بَيِّنَٰتٌۭ فِى صُدُورِ ٱلَّذِينَ أُوتُوا۟ ٱلْعِلْمَ ۚ وَمَا يَجْحَدُ بِـَٔايَٰتِنَآ إِلَّا ٱلظَّٰلِمُونَ

ХIаъ‚ уьш - кхеташ долу аяташ ду шайна Iилма деллачаьрийн дегнашкахь долу. Тхан аятех ца тешаш бац зуламхой бен.

29:50

وَقَالُوا۟ لَوْلَآ أُنزِلَ عَلَيْهِ ءَايَٰتٌۭ مِّن رَّبِّهِۦ ۖ قُلْ إِنَّمَا ٱلْءَايَٰتُ عِندَ ٱللَّهِ وَإِنَّمَآ أَنَا۠ نَذِيرٌۭ مُّبِينٌ

Цара элира: "Доьссинехьара цуьнга делилш шен Кхиош-кхобучунгара. Ахьа ала: "Делилш Делан ду‚ со билгала волу кхерамча ву".

29:51

أَوَلَمْ يَكْفِهِمْ أَنَّآ أَنزَلْنَا عَلَيْكَ ٱلْكِتَٰبَ يُتْلَىٰ عَلَيْهِمْ ۚ إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَرَحْمَةًۭ وَذِكْرَىٰ لِقَوْمٍۢ يُؤْمِنُونَ

Царна кхачо ца йо-те Оха хьоьга жайна доссина хиларо‚ шайна тIехь доьшуш долу? Баккъалла а, цу чохь къинхетам а‚ хьехам а ма бу тешаш болчу нахана.

29:52

قُلْ كَفَىٰ بِٱللَّهِ بَيْنِى وَبَيْنَكُمْ شَهِيدًۭا ۖ يَعْلَمُ مَا فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ ۗ وَٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ بِٱلْبَٰطِلِ وَكَفَرُوا۟ بِٱللَّهِ أُو۟لَٰٓئِكَ هُمُ ٱلْخَٰسِرُونَ

Ахьа ала: "Кхачо йо суний а шуний юккъехь Дела теш хиларо. Цуна хаьа стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Харцдолчунна иман диллинарш‚ Делана керстаналла динарш - уьш бу эшнарш".

29:53

وَيَسْتَعْجِلُونَكَ بِٱلْعَذَابِ ۚ وَلَوْلَآ أَجَلٌۭ مُّسَمًّۭى لَّجَآءَهُمُ ٱلْعَذَابُ وَلَيَأْتِيَنَّهُم بَغْتَةًۭ وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ

Хьо сихво цара Iазап даийтарехь. Тоьхна хан ца хиллехь цаьрга догIур дара и Iазап‚ цаьрга данне а догIур ду иза цIеххьана царна ца хаалуш.

29:54

يَسْتَعْجِلُونَكَ بِٱلْعَذَابِ وَإِنَّ جَهَنَّمَ لَمُحِيطَةٌۢ بِٱلْكَٰفِرِينَ

Хьо сихво цара Iазап даийтарехь - амма жоьжахати го бийр болуш ма ю ца тешачаьрна.

29:55

يَوْمَ يَغْشَىٰهُمُ ٱلْعَذَابُ مِن فَوْقِهِمْ وَمِن تَحْتِ أَرْجُلِهِمْ وَيَقُولُ ذُوقُوا۟ مَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ

Оцу дийнахь Iазапо хьулбийр бу уьш шайн тIехула а‚ шайн когийн бухахула а‚ Цо эр ду: "Iовша шаьш деш хилларг!"

29:56

يَٰعِبَادِىَ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوٓا۟ إِنَّ أَرْضِى وَٰسِعَةٌۭ فَإِيَّٰىَ فَٱعْبُدُونِ

ХIай сан иман диллина леш! Сан лаьтта шортта ду‚ /деккъа/ Суна Iибадат дейша.

29:57

كُلُّ نَفْسٍۢ ذَآئِقَةُ ٱلْمَوْتِ ۖ ثُمَّ إِلَيْنَا تُرْجَعُونَ

Массо сино валар Iовшур ду. ТIаккха Тхуна тIе шу духадерзор ду.

29:58

وَٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ لَنُبَوِّئَنَّهُم مِّنَ ٱلْجَنَّةِ غُرَفًۭا تَجْرِى مِن تَحْتِهَا ٱلْأَنْهَٰرُ خَٰلِدِينَ فِيهَا ۚ نِعْمَ أَجْرُ ٱلْعَٰمِلِينَ

Иман диллинарш‚ дика Iамалаш йинарш - уьш чуховжор бу Оха ялсаманера цIеношка‚ шайн бухахула татолаш лелаш долчу‚ цу чохь уьш гуттар хир бу - дика ял ю иза Iамал йиначаьрийн‚

29:59

ٱلَّذِينَ صَبَرُوا۟ وَعَلَىٰ رَبِّهِمْ يَتَوَكَّلُونَ

Шаьш собар дина долчу‚ шайн Кхиош-кхобучун тIе тевжина хилла болчу.

29:60

وَكَأَيِّن مِّن دَآبَّةٍۢ لَّا تَحْمِلُ رِزْقَهَا ٱللَّهُ يَرْزُقُهَا وَإِيَّاكُمْ ۚ وَهُوَ ٱلسَّمِيعُ ٱلْعَلِيمُ

Мел бежна ду шен рицIкъ ца хьош - Дала рицIкъ ло цуна а‚ шуна а. Иза хозуш верг а ву‚ хууш верг а ву.

29:61

وَلَئِن سَأَلْتَهُم مَّنْ خَلَقَ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضَ وَسَخَّرَ ٱلشَّمْسَ وَٱلْقَمَرَ لَيَقُولُنَّ ٱللَّهُ ۖ فَأَنَّىٰ يُؤْفَكُونَ

Ахьа цаьрга хаьттича‚ хьан кхоьллина стигланаш а‚ лаьтта а‚ хьан болх бойтуш бу малхе а‚ батте а‚ аьлла‚ цара эр ду хьуна: "Дала". Ткъа муха Iехийна /дIахьовзийна/ уьш /бакъдолчух/!

29:62

ٱللَّهُ يَبْسُطُ ٱلرِّزْقَ لِمَن يَشَآءُ مِنْ عِبَادِهِۦ وَيَقْدِرُ لَهُۥٓ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ بِكُلِّ شَىْءٍ عَلِيمٌۭ

Дала шортта ло рицIкъ Шен лех Шена луучунна‚ Цо барам а бо цуна /кIеззиг луш/. Баккъалла а, Дела массо хIума хууш верг ву.

29:63

وَلَئِن سَأَلْتَهُم مَّن نَّزَّلَ مِنَ ٱلسَّمَآءِ مَآءًۭ فَأَحْيَا بِهِ ٱلْأَرْضَ مِنۢ بَعْدِ مَوْتِهَا لَيَقُولُنَّ ٱللَّهُ ۚ قُلِ ٱلْحَمْدُ لِلَّهِ ۚ بَلْ أَكْثَرُهُمْ لَا يَعْقِلُونَ

Ахьа цаьрга хаьттича‚ хьан доссош дара стиглара хи‚ цуьнца лаьтта дендина и деллачул тIаьхьа аьлла‚ цара эр ду хьуна: "Дала". Ахьа ала: "Хастам бу Далла". ХIаъ‚ царех дукханаш кхеташ бац.

29:64

وَمَا هَٰذِهِ ٱلْحَيَوٰةُ ٱلدُّنْيَآ إِلَّا لَهْوٌۭ وَلَعِبٌۭ ۚ وَإِنَّ ٱلدَّارَ ٱلْءَاخِرَةَ لَهِىَ ٱلْحَيَوَانُ ۚ لَوْ كَانُوا۟ يَعْلَمُونَ

ХIара дуьненан дахар-м дац синкъерам а‚ ловзар а бен. Баккъалла а, эхартан цIа - иза ду дахар уьш хууш хиллехь!

29:65

فَإِذَا رَكِبُوا۟ فِى ٱلْفُلْكِ دَعَوُا۟ ٱللَّهَ مُخْلِصِينَ لَهُ ٱلدِّينَ فَلَمَّا نَجَّىٰهُمْ إِلَى ٱلْبَرِّ إِذَا هُمْ يُشْرِكُونَ

Шаьш кемана тIе хиъча цара Деле кхойкху шаьш Цуна дин цIандеш. Цо уьш аренга кIелхьарабаьхча - цара /Цуьнца/ накъост лоцу

29:66

لِيَكْفُرُوا۟ بِمَآ ءَاتَيْنَٰهُمْ وَلِيَتَمَتَّعُوا۟ ۖ فَسَوْفَ يَعْلَمُونَ

Керстаналла дархьама Оха шайн деллачунна‚ зовкх хьегархьама а. ТIаьхьа хуур ду царна

29:67

أَوَلَمْ يَرَوْا۟ أَنَّا جَعَلْنَا حَرَمًا ءَامِنًۭا وَيُتَخَطَّفُ ٱلنَّاسُ مِنْ حَوْلِهِمْ ۚ أَفَبِٱلْبَٰطِلِ يُؤْمِنُونَ وَبِنِعْمَةِ ٱللَّهِ يَكْفُرُونَ

Царна ца го-те‚ Оха ма йина Хьарам кхерам боцуш (тешаме)‚ ткъа царна /Маккан бахархойн/ гонахь (йолчу кхечу ярташкахь) нах луьйцуш (зуламаш деш)? Ткъа харцдолчух теша уьш‚ Делан ниIматана керстаналла до?

29:68

وَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنِ ٱفْتَرَىٰ عَلَى ٱللَّهِ كَذِبًا أَوْ كَذَّبَ بِٱلْحَقِّ لَمَّا جَآءَهُۥٓ ۚ أَلَيْسَ فِى جَهَنَّمَ مَثْوًۭى لِّلْكَٰفِرِينَ

Мила ву вуно зуламе Далла тIе харцдерг кхуллучул‚ я бакъдерг шега и деъначул тIаьхьа и харц деш волчул? Ткъа жоьжахатин чохь /Iан/ меттиг яц керстанашна?

29:69

وَٱلَّذِينَ جَٰهَدُوا۟ فِينَا لَنَهْدِيَنَّهُمْ سُبُلَنَا ۚ وَإِنَّ ٱللَّهَ لَمَعَ ٱلْمُحْسِنِينَ

Тхайгахь къахьегнарш - уьш нисбийр бу Оха Тхан некъана тIе. Баккъалла а, Дела ву-кх дикачаьрца.

30:1

الٓمٓ

Алиф-лам-мим.

30:2

غُلِبَتِ ٱلرُّومُ

Эшинера румой /парисаша/.

30:3

فِىٓ أَدْنَى ٱلْأَرْضِ وَهُم مِّنۢ بَعْدِ غَلَبِهِمْ سَيَغْلِبُونَ

Лаьттан мелхо /шайн махкана/ гергахь‚ уьш шайн эшарал тIаьхьа тоьлар болуш бу.

30:4

فِى بِضْعِ سِنِينَ ۗ لِلَّهِ ٱلْأَمْرُ مِن قَبْلُ وَمِنۢ بَعْدُ ۚ وَيَوْمَئِذٍۢ يَفْرَحُ ٱلْمُؤْمِنُونَ

Цхьа масийтта шерахь. Делан ду гIуллакх хьалха а‚ тIаьхьа а. Оцу дийнахь хазахетар ду муъма нахана.

30:5

بِنَصْرِ ٱللَّهِ ۚ يَنصُرُ مَن يَشَآءُ ۖ وَهُوَ ٱلْعَزِيزُ ٱلرَّحِيمُ

Делан гIоьнца. Цо гIо до Шена луучунна. Иза веза верг а‚ къинхетаме верга а ву.

30:6

وَعْدَ ٱللَّهِ ۖ لَا يُخْلِفُ ٱللَّهُ وَعْدَهُۥ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ ٱلنَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ

Делан ваIда ю. Дала йоха ца йо Шен ваIда‚ делахь а нахах дукхох болчаьрна ца хаьа-кх.

30:7

يَعْلَمُونَ ظَٰهِرًۭا مِّنَ ٱلْحَيَوٰةِ ٱلدُّنْيَا وَهُمْ عَنِ ٱلْءَاخِرَةِ هُمْ غَٰفِلُونَ

Царна хаьа дуьненан дахарах гучахь дерг‚ эхартах уьш гIапал бу.

30:8

أَوَلَمْ يَتَفَكَّرُوا۟ فِىٓ أَنفُسِهِم ۗ مَّا خَلَقَ ٱللَّهُ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَآ إِلَّا بِٱلْحَقِّ وَأَجَلٍۢ مُّسَمًّۭى ۗ وَإِنَّ كَثِيرًۭا مِّنَ ٱلنَّاسِ بِلِقَآئِ رَبِّهِمْ لَكَٰفِرُونَ

Цара ойла ца йо-те шайх? Дала ца кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь мел ерг а бакъонца а‚ цхьана тоьхна ханна а бен. Баккъалла а, нахах дукхах берш шайн Кхиош-кхобучуьнца цхьанакхетарна керстаналла деш бу-кх.

30:9

أَوَلَمْ يَسِيرُوا۟ فِى ٱلْأَرْضِ فَيَنظُرُوا۟ كَيْفَ كَانَ عَٰقِبَةُ ٱلَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ ۚ كَانُوٓا۟ أَشَدَّ مِنْهُمْ قُوَّةًۭ وَأَثَارُوا۟ ٱلْأَرْضَ وَعَمَرُوهَآ أَكْثَرَ مِمَّا عَمَرُوهَا وَجَآءَتْهُمْ رُسُلُهُم بِٱلْبَيِّنَٰتِ ۖ فَمَا كَانَ ٱللَّهُ لِيَظْلِمَهُمْ وَلَٰكِن كَانُوٓا۟ أَنفُسَهُمْ يَظْلِمُونَ

Уьш лелаш бац лаьттахула‚ ца хьоьжу-те‚ муха хилла царел хьалха хиллачаьрийн тIаьхье? Уьш царел мелхо чIогIа ма бара ницIкъаца‚ цара асар ма дитина лаьттахь‚ беха ма баьхна цу тIехь уьш баьхначул мелхо дукха‚ цаьрга ма баьхкира шайн элчанаш билгалонашца. Дела вацара царна зулам деш‚ делахь а уьш шаьш хилира /шайна/ зулам деш.

30:10

ثُمَّ كَانَ عَٰقِبَةَ ٱلَّذِينَ أَسَٰٓـُٔوا۟ ٱلسُّوٓأَىٰٓ أَن كَذَّبُوا۟ بِـَٔايَٰتِ ٱللَّهِ وَكَانُوا۟ بِهَا يَسْتَهْزِءُونَ

ТIаккха вон диначаьрийн тIаьхье ирчаниг хилира цара Делан аяташ харцдарна‚ уьш царех ца бешаш хиларна.

30:11

ٱللَّهُ يَبْدَؤُا۟ ٱلْخَلْقَ ثُمَّ يُعِيدُهُۥ ثُمَّ إِلَيْهِ تُرْجَعُونَ

Дала доладо кхоллар‚ тIаккха Цо иза карладоккха‚ тIаккха шу Цуна тIе духадерзор а ду.

30:12

وَيَوْمَ تَقُومُ ٱلسَّاعَةُ يُبْلِسُ ٱلْمُجْرِمُونَ

Сахьт хIоьттинчу дийнахь совцурбу къиношдинарш догдиллина /шайна къийса хIума доцуш/.

30:13

وَلَمْ يَكُن لَّهُم مِّن شُرَكَآئِهِمْ شُفَعَٰٓؤُا۟ وَكَانُوا۟ بِشُرَكَآئِهِمْ كَٰفِرِينَ

Ца хилира царна шайн накъостех шапаIат деш берш‚ уьш хилира шайн накъосташна керстаналла деш берш.

30:14

وَيَوْمَ تَقُومُ ٱلسَّاعَةُ يَوْمَئِذٍۢ يَتَفَرَّقُونَ

Сахьт хIоьттинчу дийнахь - оцу дийнахь уьш бекъалур бу.

30:15

فَأَمَّا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ فَهُمْ فِى رَوْضَةٍۢ يُحْبَرُونَ

Иман диллинарш‚ дика Iамалш йинарш - уьш бошмашкахь хазахеташ хир бу.

30:16

وَأَمَّا ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ وَكَذَّبُوا۟ بِـَٔايَٰتِنَا وَلِقَآئِ ٱلْءَاخِرَةِ فَأُو۟لَٰٓئِكَ فِى ٱلْعَذَابِ مُحْضَرُونَ

Ца тешнарш а‚ Тхан аяташ а‚ эхартаца а цхьанакхетар а харцдинарш а - уьш Iазапна чубоьхкина хир бу.

30:17

فَسُبْحَٰنَ ٱللَّهِ حِينَ تُمْسُونَ وَحِينَ تُصْبِحُونَ

Тасбахь де Далла (ламаз де Цунна) шу суьренга даьлча а‚ шу Iуьйрана гIевтича а,

30:18

وَلَهُ ٱلْحَمْدُ فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ وَعَشِيًّۭا وَحِينَ تُظْهِرُونَ

Цуна хастам бу стигланашкахь а‚ лаьттахь а‚ малхбузехь а‚ аша делкъаюкъ хилийтинчу хенахь а /де ламазаш/.

30:19

يُخْرِجُ ٱلْحَىَّ مِنَ ٱلْمَيِّتِ وَيُخْرِجُ ٱلْمَيِّتَ مِنَ ٱلْحَىِّ وَيُحْىِ ٱلْأَرْضَ بَعْدَ مَوْتِهَا ۚ وَكَذَٰلِكَ تُخْرَجُونَ

Цо схьавоккху дийнаверг веллачух‚ велларг а схьавоккху дийначух‚ дендолуьйту латта и деллачул тIаьхьа. Иштта шу а схьадохур ду /кешнашкара къематдийнахь/.

30:20

وَمِنْ ءَايَٰتِهِۦٓ أَنْ خَلَقَكُم مِّن تُرَابٍۢ ثُمَّ إِذَآ أَنتُم بَشَرٌۭ تَنتَشِرُونَ

Цуьнан делилех ду Цо шу кхоллар поппарах‚ тIаккха шу адамаш хилла даьржаш.

30:21

وَمِنْ ءَايَٰتِهِۦٓ أَنْ خَلَقَ لَكُم مِّنْ أَنفُسِكُمْ أَزْوَٰجًۭا لِّتَسْكُنُوٓا۟ إِلَيْهَا وَجَعَلَ بَيْنَكُم مَّوَدَّةًۭ وَرَحْمَةً ۚ إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَٰتٍۢ لِّقَوْمٍۢ يَتَفَكَّرُونَ

Цуьнан делилех ду Цо шуна шух шайх зударий кхоллар шу царца /паргIат/ даха‚ Цо хилийтина шуна юкъахь безам а‚ къинхетам а. Баккъалла а, цу чохь делилш ду-кх ойлаечу нахана.

30:22

وَمِنْ ءَايَٰتِهِۦ خَلْقُ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ وَٱخْتِلَٰفُ أَلْسِنَتِكُمْ وَأَلْوَٰنِكُمْ ۚ إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَٰتٍۢ لِّلْعَٰلِمِينَ

Цуьнан делилех ду стигланаш а‚ латта а кхоллар‚ шун меттанаш а‚ беснаш а хийцадалар. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду Iаламашна.

30:23

وَمِنْ ءَايَٰتِهِۦ مَنَامُكُم بِٱلَّيْلِ وَٱلنَّهَارِ وَٱبْتِغَآؤُكُم مِّن فَضْلِهِۦٓ ۚ إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَٰتٍۢ لِّقَوْمٍۢ يَسْمَعُونَ

Цуьнан делилех ю шун наб буьйсана а‚ дийнахь а‚ Цуьнан къинхетамах аша /бахам/ лахар а. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду ладугIучу нахана.

30:24

وَمِنْ ءَايَٰتِهِۦ يُرِيكُمُ ٱلْبَرْقَ خَوْفًۭا وَطَمَعًۭا وَيُنَزِّلُ مِنَ ٱلسَّمَآءِ مَآءًۭ فَيُحْىِۦ بِهِ ٱلْأَرْضَ بَعْدَ مَوْتِهَآ ۚ إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَٰتٍۢ لِّقَوْمٍۢ يَعْقِلُونَ

Цуьнан делилех ду Цо шуьга тIкъес гайтар кхерамца а‚ /догIа даре/ догдахарца а‚ Цо доссадо стиглара хи‚ цуьнца дендолуьйту латта и деллачул тIаьхьа. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду хьекъалечу нахана.

30:25

وَمِنْ ءَايَٰتِهِۦٓ أَن تَقُومَ ٱلسَّمَآءُ وَٱلْأَرْضُ بِأَمْرِهِۦ ۚ ثُمَّ إِذَا دَعَاكُمْ دَعْوَةًۭ مِّنَ ٱلْأَرْضِ إِذَآ أَنتُمْ تَخْرُجُونَ

Цуьнан делилех ду стигал а‚ латта а‚ хIоьттина Iар Цуьнан омраца. ТIаьхьа Цо шуьга кхийкхача латтара кхайкхарца шу /кешний чуьра/ арадовлур ду /къематдийнахь/.

30:26

وَلَهُۥ مَن فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ ۖ كُلٌّۭ لَّهُۥ قَٰنِتُونَ

Цуьнан ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Массо а Цунна муьтIахь а бу.

30:27

وَهُوَ ٱلَّذِى يَبْدَؤُا۟ ٱلْخَلْقَ ثُمَّ يُعِيدُهُۥ وَهُوَ أَهْوَنُ عَلَيْهِ ۚ وَلَهُ ٱلْمَثَلُ ٱلْأَعْلَىٰ فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ ۚ وَهُوَ ٱلْعَزِيزُ ٱلْحَكِيمُ

Иза ву /хIума/ кхоллар долошверг - тIаккха Цо иза карладоккху. Иза Цуна вуно атта ду. Цуьнан вуно лакха мисал ду стигланашкахь а‚ латтахь а. Иза - веза верг а‚ хьукаме верг а ву.

30:28

ضَرَبَ لَكُم مَّثَلًۭا مِّنْ أَنفُسِكُمْ ۖ هَل لَّكُم مِّن مَّا مَلَكَتْ أَيْمَٰنُكُم مِّن شُرَكَآءَ فِى مَا رَزَقْنَٰكُمْ فَأَنتُمْ فِيهِ سَوَآءٌۭ تَخَافُونَهُمْ كَخِيفَتِكُمْ أَنفُسَكُمْ ۚ كَذَٰلِكَ نُفَصِّلُ ٱلْءَايَٰتِ لِقَوْمٍۢ يَعْقِلُونَ

Цо шуна мисал далийна шух шайх: шуна бу-й шун аьтто куьйгаша доладиначарех накъостий Оха шуна деллачу рицIкъех шу цу чохь цхьанисса а долуш‚ шу царех кхоьруш /царна вон хIума хиларна/ шайх кхераре терра? Иштта къастадо Оха аяташ хьекъалечу нахана.

30:29

بَلِ ٱتَّبَعَ ٱلَّذِينَ ظَلَمُوٓا۟ أَهْوَآءَهُم بِغَيْرِ عِلْمٍۢ ۖ فَمَن يَهْدِى مَنْ أَضَلَّ ٱللَّهُ ۖ وَمَا لَهُم مِّن نَّٰصِرِينَ

ХIаъ‚ зулам динарш тIаьхьахIоьттира шайн дезаршна цхьа а Iилма доцуш. Хьан нисвийр ву-те Дала тилавала витийнарг? Ма бац царна цхьа а гIоьнчий!

30:30

فَأَقِمْ وَجْهَكَ لِلدِّينِ حَنِيفًۭا ۚ فِطْرَتَ ٱللَّهِ ٱلَّتِى فَطَرَ ٱلنَّاسَ عَلَيْهَا ۚ لَا تَبْدِيلَ لِخَلْقِ ٱللَّهِ ۚ ذَٰلِكَ ٱلدِّينُ ٱلْقَيِّمُ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ ٱلنَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ

Ахьа хIоттае хьан юьхь динан тIе цIена дин дерг а хилий. Делан кхоллар ду иза Цо Шена тIехь нах а кхоьллина долу. Хийцам бац Делан кхолларан‚ Иза мехала дин ду‚ делахь а дукхох болчу нахана ца хаьа-кх.

30:31

۞ مُنِيبِينَ إِلَيْهِ وَٱتَّقُوهُ وَأَقِيمُوا۟ ٱلصَّلَوٰةَ وَلَا تَكُونُوا۟ مِنَ ٱلْمُشْرِكِينَ

Цуна тIедоьрзуш /хилалаш тоба дарца/‚ Цунах кхералаш‚ ламаз хIоттаделаш‚ шу ма хилалаш мушрикунех.

30:32

مِنَ ٱلَّذِينَ فَرَّقُوا۟ دِينَهُمْ وَكَانُوا۟ شِيَعًۭا ۖ كُلُّ حِزْبٍۭ بِمَا لَدَيْهِمْ فَرِحُونَ

Шайн дин декъна тобанаш хиллачарех а. Массо с тоба шегахь долчух яккхиедаш ю.

30:33

وَإِذَا مَسَّ ٱلنَّاسَ ضُرٌّۭ دَعَوْا۟ رَبَّهُم مُّنِيبِينَ إِلَيْهِ ثُمَّ إِذَآ أَذَاقَهُم مِّنْهُ رَحْمَةً إِذَا فَرِيقٌۭ مِّنْهُم بِرَبِّهِمْ يُشْرِكُونَ

Нах цхьана зено схьаьлаьцча цара шайн Кхиош-кхобучуьнга кхойкху‚ Цуьнан тIебуьрзий‚ тIаккха Цо цаьрга Шегара къинхетам Iавшитича - царех цхьана декъо шен Кхиош-кхобучуьнца накъост лоцу

30:34

لِيَكْفُرُوا۟ بِمَآ ءَاتَيْنَٰهُمْ ۚ فَتَمَتَّعُوا۟ فَسَوْفَ تَعْلَمُونَ

Оха шайна делларг керста дархьама. Зовкх хьега! ТIаьхьа хуур ду шуна.

30:35

أَمْ أَنزَلْنَا عَلَيْهِمْ سُلْطَٰنًۭا فَهُوَ يَتَكَلَّمُ بِمَا كَانُوا۟ بِهِۦ يُشْرِكُونَ

Оха цаьрга тешалла доссина‚ ткъа цо дуьйцуш цара шех накъост лоцуш хиллачух?

30:36

وَإِذَآ أَذَقْنَا ٱلنَّاسَ رَحْمَةًۭ فَرِحُوا۟ بِهَا ۖ وَإِن تُصِبْهُمْ سَيِّئَةٌۢ بِمَا قَدَّمَتْ أَيْدِيهِمْ إِذَا هُمْ يَقْنَطُونَ

Оха нахе къинхетам Iавшитича‚ уьш цунах баккхийбеда. Ткъа царех вониг кхиъча шайн куьйгаша хьалхадаьккхинчуьнца - цара дог дуьллу /Делан къинхетамах/.

30:37

أَوَلَمْ يَرَوْا۟ أَنَّ ٱللَّهَ يَبْسُطُ ٱلرِّزْقَ لِمَن يَشَآءُ وَيَقْدِرُ ۚ إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَٰتٍۢ لِّقَوْمٍۢ يُؤْمِنُونَ

Царна ца го-те Дала рицIкъ даржадо Шена луучунна‚ барам а бо /кIеззиг луш/. Баккъалла а, цу чохь делилш ду-кх тешаш долчу къамана.

30:38

فَـَٔاتِ ذَا ٱلْقُرْبَىٰ حَقَّهُۥ وَٱلْمِسْكِينَ وَٱبْنَ ٱلسَّبِيلِ ۚ ذَٰلِكَ خَيْرٌۭ لِّلَّذِينَ يُرِيدُونَ وَجْهَ ٱللَّهِ ۖ وَأُو۟لَٰٓئِكَ هُمُ ٱلْمُفْلِحُونَ

ДIало гергарчунна шен хьакъ‚ мискачунна а‚ некъахь волчунна а /шен хьакъ/. Иза - дика ду Делан юьхь езачаьрна. Уьш бу баккхибедар берш.

30:39

وَمَآ ءَاتَيْتُم مِّن رِّبًۭا لِّيَرْبُوَا۟ فِىٓ أَمْوَٰلِ ٱلنَّاسِ فَلَا يَرْبُوا۟ عِندَ ٱللَّهِ ۖ وَمَآ ءَاتَيْتُم مِّن زَكَوٰةٍۢ تُرِيدُونَ وَجْهَ ٱللَّهِ فَأُو۟لَٰٓئِكَ هُمُ ٱلْمُضْعِفُونَ

Аша делла долу риба нехан бахамехь кхиархьама - ца кхиа Далла гергахь. Аша делла долу закат Делан юьхь езаш /алссам кхиа Далла гергахь/ - уьш бу алссам ял хилларш.

30:40

ٱللَّهُ ٱلَّذِى خَلَقَكُمْ ثُمَّ رَزَقَكُمْ ثُمَّ يُمِيتُكُمْ ثُمَّ يُحْيِيكُمْ ۖ هَلْ مِن شُرَكَآئِكُم مَّن يَفْعَلُ مِن ذَٰلِكُم مِّن شَىْءٍۢ ۚ سُبْحَٰنَهُۥ وَتَعَٰلَىٰ عَمَّا يُشْرِكُونَ

Дела ву шу кхоьллинарг‚ тIаккха шуна рицIкъ делларг - тIаккха шу долуьйтушверг‚ тIаккха шу дендолуьйтуш верг. Шун накъостех ву-й ша цунах хIума деш верг? Вонах цIена ву Иза‚ лакха вели цара накъост лацарх.

30:41

ظَهَرَ ٱلْفَسَادُ فِى ٱلْبَرِّ وَٱلْبَحْرِ بِمَا كَسَبَتْ أَيْدِى ٱلنَّاسِ لِيُذِيقَهُم بَعْضَ ٱلَّذِى عَمِلُوا۟ لَعَلَّهُمْ يَرْجِعُونَ

Боьханиг гучадели аренгахь а‚ хIоьрдан чохь а нехан куьйгаша гулдинчуьнца‚ /Дала/ шаьш динчух цхьадерг Iовшийта мега /цаьрга/. Уьш бухабоьрзур бац-те /вониг дечух Далла тIе/?

30:42

قُلْ سِيرُوا۟ فِى ٱلْأَرْضِ فَٱنظُرُوا۟ كَيْفَ كَانَ عَٰقِبَةُ ٱلَّذِينَ مِن قَبْلُ ۚ كَانَ أَكْثَرُهُم مُّشْرِكِينَ

Ахьа ала: "Шу лела лаьттахула‚ хьовсал‚ муха хилла шул хьалха хиллачаьрийн тIаьхье. Царех дукхох берш /Делаца/ накъост лоцурш ма хилла.

30:43

فَأَقِمْ وَجْهَكَ لِلدِّينِ ٱلْقَيِّمِ مِن قَبْلِ أَن يَأْتِىَ يَوْمٌۭ لَّا مَرَدَّ لَهُۥ مِنَ ٱللَّهِ ۖ يَوْمَئِذٍۢ يَصَّدَّعُونَ

Ахьа хIоттае хьан юьхь мехалчу дине шена Делера духатохар доцу /къемат/ де дале хьалха. Оцу дийнахь уьш бекъалур бу.

30:44

مَن كَفَرَ فَعَلَيْهِ كُفْرُهُۥ ۖ وَمَنْ عَمِلَ صَٰلِحًۭا فَلِأَنفُسِهِمْ يَمْهَدُونَ

/Дин/ керста динарг - цуна шена ду шен керстаналла. Дика Iамал йинарг - цара шаьш шайна /ялсаманехь хIусамаш/ кечйо‚

30:45

لِيَجْزِىَ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ مِن فَضْلِهِۦٓ ۚ إِنَّهُۥ لَا يُحِبُّ ٱلْكَٰفِرِينَ

Иман диллинчаьра а‚ дика Iамалш йиначаьра а Цуьнан къинхетамах ял эцархьама. Баккъалла а, Цуна ца беза /Делах/ цатешарш.

30:46

وَمِنْ ءَايَٰتِهِۦٓ أَن يُرْسِلَ ٱلرِّيَاحَ مُبَشِّرَٰتٍۢ وَلِيُذِيقَكُم مِّن رَّحْمَتِهِۦ وَلِتَجْرِىَ ٱلْفُلْكُ بِأَمْرِهِۦ وَلِتَبْتَغُوا۟ مِن فَضْلِهِۦ وَلَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ

Цуьнан аятех ду Цо мехаш даийтар кхаьънаш хилла шуьга Iовшийтархьама Шен къинхетамах‚ кема лелийтархьама Шен омраца‚ шуьга лахийтархьама Цуьнан дозаллах‚ аша баркалла эр дацара-те.

30:47

وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا مِن قَبْلِكَ رُسُلًا إِلَىٰ قَوْمِهِمْ فَجَآءُوهُم بِٱلْبَيِّنَٰتِ فَٱنتَقَمْنَا مِنَ ٱلَّذِينَ أَجْرَمُوا۟ ۖ وَكَانَ حَقًّا عَلَيْنَا نَصْرُ ٱلْمُؤْمِنِينَ

Оха баийтира хьоьл хьалха а элчанаш шайн къамана тIе‚ уьш беара цаьрга билгалонашца‚ Оха чIир ийцира къинош диначаьргара. Тхуна тIехь хьакъ хилла муъма нахана гIо дар.

30:48

ٱللَّهُ ٱلَّذِى يُرْسِلُ ٱلرِّيَٰحَ فَتُثِيرُ سَحَابًۭا فَيَبْسُطُهُۥ فِى ٱلسَّمَآءِ كَيْفَ يَشَآءُ وَيَجْعَلُهُۥ كِسَفًۭا فَتَرَى ٱلْوَدْقَ يَخْرُجُ مِنْ خِلَٰلِهِۦ ۖ فَإِذَآ أَصَابَ بِهِۦ مَن يَشَآءُ مِنْ عِبَادِهِۦٓ إِذَا هُمْ يَسْتَبْشِرُونَ

Дела ву Ша мехаш доуьйтург‚ цо хьейо марха‚ Цо иза яржайо стиглахь Шена ма луу‚ Цо цунах кийсигаш хуьлуьйту. Хьуна го догIа схьадолуш цуьнан юккъехула. Цо иза кхиича Шен лех Шена луучаьрна - царна хазахета /догIа деъча/.

30:49

وَإِن كَانُوا۟ مِن قَبْلِ أَن يُنَزَّلَ عَلَيْهِم مِّن قَبْلِهِۦ لَمُبْلِسِينَ

Цул хьалха иза шайна тIе доссале уьш хиллехь а догдиллина.

30:50

فَٱنظُرْ إِلَىٰٓ ءَاثَٰرِ رَحْمَتِ ٱللَّهِ كَيْفَ يُحْىِ ٱلْأَرْضَ بَعْدَ مَوْتِهَآ ۚ إِنَّ ذَٰلِكَ لَمُحْىِ ٱلْمَوْتَىٰ ۖ وَهُوَ عَلَىٰ كُلِّ شَىْءٍۢ قَدِيرٌۭ

Хьажал Делан къинхетаман тIаьхьенашка: муха дендо Цо латта и деллачул тIаьхьа. Баккъалла а, Иза белларш денбийриг ву. Иза массон хIумана тIехь ницIкъ кхочуш берг ву.

30:51

وَلَئِنْ أَرْسَلْنَا رِيحًۭا فَرَأَوْهُ مُصْفَرًّۭا لَّظَلُّوا۟ مِنۢ بَعْدِهِۦ يَكْفُرُونَ

Оха баийтинехьара мох‚ тIаккха царна иза /лаьттахь схьадолуш дерг/ мажделла гича‚ цул тIаьхьа а уьш лаьттара ма бара цатешаш.

30:52

فَإِنَّكَ لَا تُسْمِعُ ٱلْمَوْتَىٰ وَلَا تُسْمِعُ ٱلصُّمَّ ٱلدُّعَآءَ إِذَا وَلَّوْا۟ مُدْبِرِينَ

Баккъалла а, ахьа хозуьйтур дац беллачаьрга‚ ахьа хозуьйтур дац къорачаьрга кхайкхар уьш бухабевдича.

30:53

وَمَآ أَنتَ بِهَٰدِ ٱلْعُمْىِ عَن ضَلَٰلَتِهِمْ ۖ إِن تُسْمِعُ إِلَّا مَن يُؤْمِنُ بِـَٔايَٰتِنَا فَهُم مُّسْلِمُونَ

Хьо ма вац нисбийр болуш бIаьрсадоцурш шайн тиларах. Ахьа хозуьйтур ду беккъа Тхан аятех тешачаьрга шаьш /Далла/ мукIар а болуш.

30:54

۞ ٱللَّهُ ٱلَّذِى خَلَقَكُم مِّن ضَعْفٍۢ ثُمَّ جَعَلَ مِنۢ بَعْدِ ضَعْفٍۢ قُوَّةًۭ ثُمَّ جَعَلَ مِنۢ بَعْدِ قُوَّةٍۢ ضَعْفًۭا وَشَيْبَةًۭ ۚ يَخْلُقُ مَا يَشَآءُ ۖ وَهُوَ ٱلْعَلِيمُ ٱلْقَدِيرُ

Дела ву шу кхоьллина верг ледараллах‚ тIаккха Цо хилийтина ледараллал тIаьхьа ницIкъ‚ тIаккха хилийтина ницIкъал тIаьхьа ледаралла а‚ къоьжа чоьш а. Цо кхуллу Шена луург. Иза хууш верг а ву‚ ницIкъ кхочург а ву.

30:55

وَيَوْمَ تَقُومُ ٱلسَّاعَةُ يُقْسِمُ ٱلْمُجْرِمُونَ مَا لَبِثُوا۟ غَيْرَ سَاعَةٍۢ ۚ كَذَٰلِكَ كَانُوا۟ يُؤْفَكُونَ

Сахьт хIоьттиначу дийнахь дуйнаш буур бу къинош диначаьра шаьш сахьтехь а ца лаьттина бохуш /дуьненахь къинош деш/. Иштта Iехийна хилла-кх уьш!

30:56

وَقَالَ ٱلَّذِينَ أُوتُوا۟ ٱلْعِلْمَ وَٱلْإِيمَٰنَ لَقَدْ لَبِثْتُمْ فِى كِتَٰبِ ٱللَّهِ إِلَىٰ يَوْمِ ٱلْبَعْثِ ۖ فَهَٰذَا يَوْمُ ٱلْبَعْثِ وَلَٰكِنَّكُمْ كُنتُمْ لَا تَعْلَمُونَ

Iилма а‚ иман а шайна деллачаьра элира: "Шу лаьттира Делан жайнан чохь дендаларан де даллалц. ХIара ду дендаларан де‚ делахь а шу ца хууш хили-кх".

30:57

فَيَوْمَئِذٍۢ لَّا يَنفَعُ ٱلَّذِينَ ظَلَمُوا۟ مَعْذِرَتُهُمْ وَلَا هُمْ يُسْتَعْتَبُونَ

Оцу дийнахь пайда бийр бац зулам диначаьрна шайн Iуьзарша‚ бехказа довлар а доьхур дац цаьрга.

30:58

وَلَقَدْ ضَرَبْنَا لِلنَّاسِ فِى هَٰذَا ٱلْقُرْءَانِ مِن كُلِّ مَثَلٍۢ ۚ وَلَئِن جِئْتَهُم بِـَٔايَةٍۢ لَّيَقُولَنَّ ٱلَّذِينَ كَفَرُوٓا۟ إِنْ أَنتُمْ إِلَّا مُبْطِلُونَ

Оха далийна нахана хIокху КъурIанан чохь массо мисал. Хьо цаьрга веъча цхьана аятаца‚ эр ма ду цатешачаьра: "Шу ма дац /бакъдерг/ дIатилинарш а бен".

30:59

كَذَٰلِكَ يَطْبَعُ ٱللَّهُ عَلَىٰ قُلُوبِ ٱلَّذِينَ لَا يَعْلَمُونَ

Иштта мухIар туху Дала ца хуучаьрийн дегнашка.

30:60

فَٱصْبِرْ إِنَّ وَعْدَ ٱللَّهِ حَقٌّۭ ۖ وَلَا يَسْتَخِفَّنَّكَ ٱلَّذِينَ لَا يُوقِنُونَ

Ахьа собар де! Баккъалла а, Делан ваIда бакъ ю хьуна. Хьо атта ма хетийла цатешначаьрна /собарах ма валалахь/.

31:1

الٓمٓ

Алиф-лам-мим.

31:2

تِلْكَ ءَايَٰتُ ٱلْكِتَٰبِ ٱلْحَكِيمِ

ХIорш хьукаме долчу жайнан аяташ ду.

31:3

هُدًۭى وَرَحْمَةًۭ لِّلْمُحْسِنِينَ

Шаьш нийса некъ а‚ къинхетам а хилла долу диканиг дечаьрна.

31:4

ٱلَّذِينَ يُقِيمُونَ ٱلصَّلَوٰةَ وَيُؤْتُونَ ٱلزَّكَوٰةَ وَهُم بِٱلْءَاخِرَةِ هُمْ يُوقِنُونَ

Уьш бу шаьш ламаз хIоттадеш‚ закат луш‚ эхартах уьш тешаш бу.

31:5

أُو۟لَٰٓئِكَ عَلَىٰ هُدًۭى مِّن رَّبِّهِمْ ۖ وَأُو۟لَٰٓئِكَ هُمُ ٱلْمُفْلِحُونَ

Уьш шайн Кхиош-кхобучуьнгара нийсачу новкъахь бу. Уьш бу баккхийбуьйр берш.

31:6

وَمِنَ ٱلنَّاسِ مَن يَشْتَرِى لَهْوَ ٱلْحَدِيثِ لِيُضِلَّ عَن سَبِيلِ ٱللَّهِ بِغَيْرِ عِلْمٍۢ وَيَتَّخِذَهَا هُزُوًا ۚ أُو۟لَٰٓئِكَ لَهُمْ عَذَابٌۭ مُّهِينٌۭ

Нахах ву шегахь Iилма доцуш синкъераман хабар оьцуш верг Делан некъах /нах/ тилорхьама‚ сийсазбой схьалоцу цо иза /Делан некъ/. Уьш - царна сийсаздолу Iазап ду.

31:7

وَإِذَا تُتْلَىٰ عَلَيْهِ ءَايَٰتُنَا وَلَّىٰ مُسْتَكْبِرًۭا كَأَن لَّمْ يَسْمَعْهَا كَأَنَّ فِىٓ أُذُنَيْهِ وَقْرًۭا ۖ فَبَشِّرْهُ بِعَذَابٍ أَلِيمٍ

Шена Тхан аяташ доьшуш кураваьлла дIавирзи иза‚ шена уьш ца хезча санна‚ шен лергашкахь къоралла ерг санна. Ахьа цунна кхаъ баккха лазош долчу Iазапца.

31:8

إِنَّ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ لَهُمْ جَنَّٰتُ ٱلنَّعِيمِ

Баккъалла а, иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а - царна НаIим /ялсаманин/ бошмаш ю.

31:9

خَٰلِدِينَ فِيهَا ۖ وَعْدَ ٱللَّهِ حَقًّۭا ۚ وَهُوَ ٱلْعَزِيزُ ٱلْحَكِيمُ

Уьш цу чохь гуттар лаьттар бу. Делан бакъ хилла йолу ваIда ю иза. Иза веза верг а ву‚ хьукаме верг а ву.

31:10

خَلَقَ ٱلسَّمَٰوَٰتِ بِغَيْرِ عَمَدٍۢ تَرَوْنَهَا ۖ وَأَلْقَىٰ فِى ٱلْأَرْضِ رَوَٰسِىَ أَن تَمِيدَ بِكُمْ وَبَثَّ فِيهَا مِن كُلِّ دَآبَّةٍۢ ۚ وَأَنزَلْنَا مِنَ ٱلسَّمَآءِ مَآءًۭ فَأَنۢبَتْنَا فِيهَا مِن كُلِّ زَوْجٍۢ كَرِيمٍ

Цо кхоьллира стигланаш цхьа а бIогIам боцуш‚ шуна гуш болу. Лаьттахула лаьмнаш кхиссира Цо и шуьца ца лестийтархьама‚ даржийна Цо цигахь массо а бежана. Оха доссийра стиглара хи‚ Оха кхиийра цу чохь /лаьттахь/ хIора сийлахь шишша /орамат/.

31:11

هَٰذَا خَلْقُ ٱللَّهِ فَأَرُونِى مَاذَا خَلَقَ ٱلَّذِينَ مِن دُونِهِۦ ۚ بَلِ ٱلظَّٰلِمُونَ فِى ضَلَٰلٍۢ مُّبِينٍۢ

Иза Делан кхоллар ду. ХIинца аша Соьга гайтал‚ хIун кхоьллина Иза воцчо. ХIаъ‚ зуламхой билгалчу тиларчохь бу-кх!

31:12

وَلَقَدْ ءَاتَيْنَا لُقْمَٰنَ ٱلْحِكْمَةَ أَنِ ٱشْكُرْ لِلَّهِ ۚ وَمَن يَشْكُرْ فَإِنَّمَا يَشْكُرُ لِنَفْسِهِۦ ۖ وَمَن كَفَرَ فَإِنَّ ٱللَّهَ غَنِىٌّ حَمِيدٌۭ

Оха /хьалха/ деллера Лукъманна хьекъал: "Далла шукр де. Шукр дечо - шена шукр деш ду. Керсталла деш верг - Дела хьал долуш а ву‚ хастаме а ву".

31:13

وَإِذْ قَالَ لُقْمَٰنُ لِٱبْنِهِۦ وَهُوَ يَعِظُهُۥ يَٰبُنَىَّ لَا تُشْرِكْ بِٱللَّهِ ۖ إِنَّ ٱلشِّرْكَ لَظُلْمٌ عَظِيمٌۭ

Лукъмана элира шен кIанте‚ ша цунна хьехар деш: "ХIай сан кIант‚ ахьа Делаца накъост ма лацалахь. /Делаца/ накъост лацар - доккха зулам ду".

31:14

وَوَصَّيْنَا ٱلْإِنسَٰنَ بِوَٰلِدَيْهِ حَمَلَتْهُ أُمُّهُۥ وَهْنًا عَلَىٰ وَهْنٍۢ وَفِصَٰلُهُۥ فِى عَامَيْنِ أَنِ ٱشْكُرْ لِى وَلِوَٰلِدَيْكَ إِلَىَّ ٱلْمَصِيرُ

Оха весет дина адамна шен деца-ненаца /дика хилар/: цуьнан нанас /кийрахь/ лелийна иза гIелъяларна тIе а гIелъяларца‚ цуьнан /ненах/ къастар - шина шарахь хилла. Шукр де Суна а‚ хьан дена-нанна а. Соьга ду хьан дIаверзар.

31:15

وَإِن جَٰهَدَاكَ عَلَىٰٓ أَن تُشْرِكَ بِى مَا لَيْسَ لَكَ بِهِۦ عِلْمٌۭ فَلَا تُطِعْهُمَا ۖ وَصَاحِبْهُمَا فِى ٱلدُّنْيَا مَعْرُوفًۭا ۖ وَٱتَّبِعْ سَبِيلَ مَنْ أَنَابَ إِلَىَّ ۚ ثُمَّ إِلَىَّ مَرْجِعُكُمْ فَأُنَبِّئُكُم بِمَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ

Нагахь санна цу шиммо къахьегахь‚ ахьа Соьца накъост лацарна тIехь хьуна шеца Iилма доцучуьнца - тIаккха ахьа цу шингге ла ма догIалахь. Накъосталла де царна шиннена дуьненахь дикачу хIуманна тIехь. Хьо тIаьхьа ваза Суна тIевирзинчуьнан новкъа. ТIаккха Суна тIе ду шун дIадерзар. Аса дуьйцур ду шуна аша деш хилларг.

31:16

يَٰبُنَىَّ إِنَّهَآ إِن تَكُ مِثْقَالَ حَبَّةٍۢ مِّنْ خَرْدَلٍۢ فَتَكُن فِى صَخْرَةٍ أَوْ فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ أَوْ فِى ٱلْأَرْضِ يَأْتِ بِهَا ٱللَّهُ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ لَطِيفٌ خَبِيرٌۭ

"ХIай сан кIант‚ и (вониг) хилахь а цхьа жимма кIоллан буьртигал я тархахь (чарчохь)‚ я стигланашкахь‚ я латтахь а - иза а схьадоккху Дала. Баккъалла а, Дела тIех кхетаме верг а ву‚ сов дика хууш верг а ву.

31:17

يَٰبُنَىَّ أَقِمِ ٱلصَّلَوٰةَ وَأْمُرْ بِٱلْمَعْرُوفِ وَٱنْهَ عَنِ ٱلْمُنكَرِ وَٱصْبِرْ عَلَىٰ مَآ أَصَابَكَ ۖ إِنَّ ذَٰلِكَ مِنْ عَزْمِ ٱلْأُمُورِ

ХIай сан кIант‚ хIоттаде ламаз‚ диканиг /нахана/ омра де‚ вочух /нах/ духатоха‚ собар де хьайх хьакхаделлачун тIехь. Иза гIуллакхийн чIогIаллех ду.

31:18

وَلَا تُصَعِّرْ خَدَّكَ لِلنَّاسِ وَلَا تَمْشِ فِى ٱلْأَرْضِ مَرَحًا ۖ إِنَّ ٱللَّهَ لَا يُحِبُّ كُلَّ مُخْتَالٍۢ فَخُورٍۢ

Хьан юьхь ма хеба е нахана‚ ма лела латтахула кура. Баккъалла а, Далла ца веза массо кура верг а‚ везаведарг а.

31:19

وَٱقْصِدْ فِى مَشْيِكَ وَٱغْضُضْ مِن صَوْتِكَ ۚ إِنَّ أَنكَرَ ٱلْأَصْوَٰتِ لَصَوْتُ ٱلْحَمِيرِ

Юкънеккъара де хьан болар‚ аз а лагIде хьан. Аьзнех уггар ирчаниг виран аз ду".

31:20

أَلَمْ تَرَوْا۟ أَنَّ ٱللَّهَ سَخَّرَ لَكُم مَّا فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَمَا فِى ٱلْأَرْضِ وَأَسْبَغَ عَلَيْكُمْ نِعَمَهُۥ ظَٰهِرَةًۭ وَبَاطِنَةًۭ ۗ وَمِنَ ٱلنَّاسِ مَن يُجَٰدِلُ فِى ٱللَّهِ بِغَيْرِ عِلْمٍۢ وَلَا هُدًۭى وَلَا كِتَٰبٍۢ مُّنِيرٍۢ

Шуна ца го-те‚ Дала шуна болх бойтуш хилар стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел долчуьнга‚ Цо шуна шортта делла Шен ниIматаш‚ гуш дерш а‚ хьуламехь дерш а? Нахах ву ша Делехь къуьйсуш верг цхьа а Iилма доцуш‚ нийса некъ боцуш‚ нуре жайна доцуш.

31:21

وَإِذَا قِيلَ لَهُمُ ٱتَّبِعُوا۟ مَآ أَنزَلَ ٱللَّهُ قَالُوا۟ بَلْ نَتَّبِعُ مَا وَجَدْنَا عَلَيْهِ ءَابَآءَنَآ ۚ أَوَلَوْ كَانَ ٱلشَّيْطَٰنُ يَدْعُوهُمْ إِلَىٰ عَذَابِ ٱلسَّعِيرِ

Шайга элча: "ТIаьхьахIотта Дала доссинчунна"‚ цара эли: "ХIан-хIа‚ тхо тIаьхьахIутту тхуна шена тIехь тхан дай карийначунна". Я шайтIа хилчи цаьрга кхойкхуш жоьжахатин Iазапе?

31:22

۞ وَمَن يُسْلِمْ وَجْهَهُۥٓ إِلَى ٱللَّهِ وَهُوَ مُحْسِنٌۭ فَقَدِ ٱسْتَمْسَكَ بِٱلْعُرْوَةِ ٱلْوُثْقَىٰ ۗ وَإِلَى ٱللَّهِ عَٰقِبَةُ ٱلْأُمُورِ

Шен юьхь Далла муьтIахь еш верг дика а хилла - цо схьалецна чIогIа уьйр‚ Деле ю гIуллакхийн тIаьхье.

31:23

وَمَن كَفَرَ فَلَا يَحْزُنكَ كُفْرُهُۥٓ ۚ إِلَيْنَا مَرْجِعُهُمْ فَنُنَبِّئُهُم بِمَا عَمِلُوٓا۟ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ عَلِيمٌۢ بِذَاتِ ٱلصُّدُورِ

Керстаналла динарг - хьо сингаттаме ма войла цуьнан керстаналло. Тхоьга ду церан дIадерзар‚ Оха дуьйцур ду цаьрга цара динарг. Баккъалла а, Дела хууш ву дегнашкахь дерг.

31:24

نُمَتِّعُهُمْ قَلِيلًۭا ثُمَّ نَضْطَرُّهُمْ إِلَىٰ عَذَابٍ غَلِيظٍۢ

Оха пайда оьцуьйтур бу цаьрга цхьа кIеззиг тIаккха Оха бойтур бу уьш ирчачу Iазапе.

31:25

وَلَئِن سَأَلْتَهُم مَّنْ خَلَقَ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضَ لَيَقُولُنَّ ٱللَّهُ ۚ قُلِ ٱلْحَمْدُ لِلَّهِ ۚ بَلْ أَكْثَرُهُمْ لَا يَعْلَمُونَ

Ахьа цаьрга хаьттича‚ хьан кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ аьлла‚ цара эр ма ду: "Дала". Ахьа ала: "Хастам бу Далла". ХIаъ‚ царех дукхох берш хууш бац.

31:26

لِلَّهِ مَا فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ هُوَ ٱلْغَنِىُّ ٱلْحَمِيدُ

Делан ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Баккъалла а, Дела - Иза ву хьал долуш верг а‚ хастаме верг а.

31:27

وَلَوْ أَنَّمَا فِى ٱلْأَرْضِ مِن شَجَرَةٍ أَقْلَٰمٌۭ وَٱلْبَحْرُ يَمُدُّهُۥ مِنۢ بَعْدِهِۦ سَبْعَةُ أَبْحُرٍۢ مَّا نَفِدَتْ كَلِمَٰتُ ٱللَّهِ ۗ إِنَّ ٱللَّهَ عَزِيزٌ حَكِيمٌۭ

Лаьттахь мел долчу диттах къоламаш хилча‚ ткъа хIоьрдана шел тIаьхьа ворхI хIоьрдо гIо а дича /шекъа а хилла/ - кхачалур ма дацара Делан дешнаш. Баккъалла а, Дела веза верг а‚ хьукаме верг а ву.

31:28

مَّا خَلْقُكُمْ وَلَا بَعْثُكُمْ إِلَّا كَنَفْسٍۢ وَٰحِدَةٍ ۗ إِنَّ ٱللَّهَ سَمِيعٌۢ بَصِيرٌ

Шу кхоллар а‚ шу духадендар а цхьа садаIар бен дац /Далла/. Баккъалла а, Дела хозушверг а ву‚ гушверг а ву.

31:29

أَلَمْ تَرَ أَنَّ ٱللَّهَ يُولِجُ ٱلَّيْلَ فِى ٱلنَّهَارِ وَيُولِجُ ٱلنَّهَارَ فِى ٱلَّيْلِ وَسَخَّرَ ٱلشَّمْسَ وَٱلْقَمَرَ كُلٌّۭ يَجْرِىٓ إِلَىٰٓ أَجَلٍۢ مُّسَمًّۭى وَأَنَّ ٱللَّهَ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرٌۭ

Хьуна ца го-те‚ Дала буьйса дийнан чу йохуьйту‚ де буьйсана чу дохуьйту‚ болх бойтуш бу малхе а‚ батте а‚ массо а дIасхьалелаш ю шен тоьхна хан тIекхаччалц‚ и Дела аша дийриг дика хууш хилар а /ца го хьуна/?

31:30

ذَٰلِكَ بِأَنَّ ٱللَّهَ هُوَ ٱلْحَقُّ وَأَنَّ مَا يَدْعُونَ مِن دُونِهِ ٱلْبَٰطِلُ وَأَنَّ ٱللَّهَ هُوَ ٱلْعَلِىُّ ٱلْكَبِيرُ

Иза ду И Дела Ша бакъдерг хилар‚ ткъа цара Иза витина шега кхойкхург харцдерг хилар‚ Дела - Иза лекха верг а‚ воккха верг а хилар а /ду иза/.

31:31

أَلَمْ تَرَ أَنَّ ٱلْفُلْكَ تَجْرِى فِى ٱلْبَحْرِ بِنِعْمَتِ ٱللَّهِ لِيُرِيَكُم مِّنْ ءَايَٰتِهِۦٓ ۚ إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَٰتٍۢ لِّكُلِّ صَبَّارٍۢ شَكُورٍۢ

Хьуна ца го кема дIасхьалелар хIоьрдан чохь Делан ниIматаца‚ Цо шуьга гайтархьама Шен аятех /аяташ/. Баккъалла а, цу чохь аяташ ду массо а собаре волчунна а‚ шукр деш волчунна а.

31:32

وَإِذَا غَشِيَهُم مَّوْجٌۭ كَٱلظُّلَلِ دَعَوُا۟ ٱللَّهَ مُخْلِصِينَ لَهُ ٱلدِّينَ فَلَمَّا نَجَّىٰهُمْ إِلَى ٱلْبَرِّ فَمِنْهُم مُّقْتَصِدٌۭ ۚ وَمَا يَجْحَدُ بِـَٔايَٰتِنَآ إِلَّا كُلُّ خَتَّارٍۢ كَفُورٍۢ

Шаьш толгIано хьулбича‚ рагIус санна‚ цара Деле кхойкху Цуна дин а цIандеш. Цо уьш аренга кIелхьарабаьхча - царех юкънеккъар верг а ву /керстаналлин а‚ иманан а юкъахь‚ керстаналлин тIехь сеццарг а ву/. Тхан аяташ керста дийр ма дац массо тешнабехк бечо а‚ /Делан ниIматашна/ инкарло е чо а бен.

31:33

يَٰٓأَيُّهَا ٱلنَّاسُ ٱتَّقُوا۟ رَبَّكُمْ وَٱخْشَوْا۟ يَوْمًۭا لَّا يَجْزِى وَالِدٌ عَن وَلَدِهِۦ وَلَا مَوْلُودٌ هُوَ جَازٍ عَن وَالِدِهِۦ شَيْـًٔا ۚ إِنَّ وَعْدَ ٱللَّهِ حَقٌّۭ ۖ فَلَا تَغُرَّنَّكُمُ ٱلْحَيَوٰةُ ٱلدُّنْيَا وَلَا يَغُرَّنَّكُم بِٱللَّهِ ٱلْغَرُورُ

ХIай нах! Шу кхералаш шайн Делах‚ шу кхералаш дийнах‚ дас шен берах бекхам уьйцур боцчу‚ беро шен дегара а бекхам уьйцур боцчу цхьанне хIуманца. Баккъалла а, Делан ваIда хьакъ-бакъ ю. Шу Iеха ма дойла дуьненан дахаро‚ шу Iеха ма дойла Делаца Iехадаларо.

31:34

إِنَّ ٱللَّهَ عِندَهُۥ عِلْمُ ٱلسَّاعَةِ وَيُنَزِّلُ ٱلْغَيْثَ وَيَعْلَمُ مَا فِى ٱلْأَرْحَامِ ۖ وَمَا تَدْرِى نَفْسٌۭ مَّاذَا تَكْسِبُ غَدًۭا ۖ وَمَا تَدْرِى نَفْسٌۢ بِأَىِّ أَرْضٍۢ تَمُوتُ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ عَلِيمٌ خَبِيرٌۢ

Баккъалла а, Далла гергахь ду сахьтан Iилма /къемат де дар хаар/‚ Цо доссадо догIа‚ Цуна хаьа беран цIа чохь дерг а. Сина ца хаьа‚ хIун гулдийр ду ша кхана‚ сина ца хаьа‚ муьлхачу лаьттахь ша лийр ду. Баккъалла а, Дела хууш верг а ву /къайлахь дерг‚ гучахь дерг санна/ девзаш верг а ву.

32:1

الٓمٓ

Алиф-лам-мим.

32:2

تَنزِيلُ ٱلْكِتَٰبِ لَا رَيْبَ فِيهِ مِن رَّبِّ ٱلْعَٰلَمِينَ

Жайна охьадоссор /ду хIара/‚ шена чохь шеко йоцуш‚ Iаламийн Дегара.

32:3

أَمْ يَقُولُونَ ٱفْتَرَىٰهُ ۚ بَلْ هُوَ ٱلْحَقُّ مِن رَّبِّكَ لِتُنذِرَ قَوْمًۭا مَّآ أَتَىٰهُم مِّن نَّذِيرٍۢ مِّن قَبْلِكَ لَعَلَّهُمْ يَهْتَدُونَ

Я цара олу: "Цо /Мухьаммада/ кхоьллина /харцдерг/ ду иза?" ХIаъ‚ иза бакъдерг ду хьан Кхиош-кхобучуьнгара ахьа къаман кхерам тасархьама‚ хьоьл хьалха шайга цхьа а кхерамча веана воцчу‚ уьш нийсачу новкъа хIуттур бацара-те?

32:4

ٱللَّهُ ٱلَّذِى خَلَقَ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَا فِى سِتَّةِ أَيَّامٍۢ ثُمَّ ٱسْتَوَىٰ عَلَى ٱلْعَرْشِ ۖ مَا لَكُم مِّن دُونِهِۦ مِن وَلِىٍّۢ وَلَا شَفِيعٍ ۚ أَفَلَا تَتَذَكَّرُونَ

Дела ву Ша стигланаш а‚ латта а кхоьллинарг ялх дийнахь‚ тIаккха дIанисвелира Иза Iаршан тIехь. Ма вац шуна Иза воцург цхьа а вали а /доттагIа/‚ цхьа а гIодаккхархо а‚ шу ца кхета-те?

32:5

يُدَبِّرُ ٱلْأَمْرَ مِنَ ٱلسَّمَآءِ إِلَى ٱلْأَرْضِ ثُمَّ يَعْرُجُ إِلَيْهِ فِى يَوْمٍۢ كَانَ مِقْدَارُهُۥٓ أَلْفَ سَنَةٍۢ مِّمَّا تَعُدُّونَ

Омра дIасадоькъу Цо стиглара лаьттан тIе‚ тIаккха иза /омра/ Цуьнан тIе айло дийнахь‚ шен барам эзар шо долуш аша дагардечу кепара.

32:6

ذَٰلِكَ عَٰلِمُ ٱلْغَيْبِ وَٱلشَّهَٰدَةِ ٱلْعَزِيزُ ٱلرَّحِيمُ

Иза ву къайлахьдерг а‚ гучахьдерг а хууш верг а‚ веза верг а‚ къинхетаме верг а /ву Иза/.

32:7

ٱلَّذِىٓ أَحْسَنَ كُلَّ شَىْءٍ خَلَقَهُۥ ۖ وَبَدَأَ خَلْقَ ٱلْإِنسَٰنِ مِن طِينٍۢ

Иза ву Ша мел кхоьллинарг хаза динарг. Адам кхолла волавелла Иза поппарах.

32:8

ثُمَّ جَعَلَ نَسْلَهُۥ مِن سُلَٰلَةٍۢ مِّن مَّآءٍۢ مَّهِينٍۢ

ТIаккха цуьнан тIаьхье хилийтира Цо гIаддайначу хинан тIадамах (ораллах).

32:9

ثُمَّ سَوَّىٰهُ وَنَفَخَ فِيهِ مِن رُّوحِهِۦ ۖ وَجَعَلَ لَكُمُ ٱلسَّمْعَ وَٱلْأَبْصَٰرَ وَٱلْأَفْـِٔدَةَ ۚ قَلِيلًۭا مَّا تَشْكُرُونَ

ТIаккха Цо иза нисвира‚ Цо диллира цу чу Шен сих‚ Цо хилийтира шуна хазар а‚ бIаьрса а‚ дегнаш а. Ма кIеззиг ду-кх аша шукур дийриг.

32:10

وَقَالُوٓا۟ أَءِذَا ضَلَلْنَا فِى ٱلْأَرْضِ أَءِنَّا لَفِى خَلْقٍۢ جَدِيدٍۭ ۚ بَلْ هُم بِلِقَآءِ رَبِّهِمْ كَٰفِرُونَ

Цара элира: "Тхо дайча лаьттахь‚ тхо керлачу кхолларехь хир ду-й‚ /духа дендийр ду-й/?" ХIаъ‚ уьш шайн Кхиош-кхобучуьнца цхьанакхетарна керста хили.

32:11

۞ قُلْ يَتَوَفَّىٰكُم مَّلَكُ ٱلْمَوْتِ ٱلَّذِى وُكِّلَ بِكُمْ ثُمَّ إِلَىٰ رَبِّكُمْ تُرْجَعُونَ

Ахьа ала: "Долуьйтур ду шу даларан малико‚ ша шуна тIе хIоттина долчу‚ тIаккха шайн Кхиош-кхобучунна тIе шу дIадерзор ду.

32:12

وَلَوْ تَرَىٰٓ إِذِ ٱلْمُجْرِمُونَ نَاكِسُوا۟ رُءُوسِهِمْ عِندَ رَبِّهِمْ رَبَّنَآ أَبْصَرْنَا وَسَمِعْنَا فَٱرْجِعْنَا نَعْمَلْ صَٰلِحًا إِنَّا مُوقِنُونَ

Хьуна гуш балхьара и къинош динарш шайн кортош охьатаIина шайн Кхиош-кхобучун хьалха /олуш/: "Тхан Кхиош-кхобушверг‚ гина тхуна‚ хезна тхуна‚ духадерзадехь тхо /дуьненан чу/ - дика Iамал йийр яра оха‚ тхо /хIинца/ тешна ду".

32:13

وَلَوْ شِئْنَا لَءَاتَيْنَا كُلَّ نَفْسٍ هُدَىٰهَا وَلَٰكِنْ حَقَّ ٱلْقَوْلُ مِنِّى لَأَمْلَأَنَّ جَهَنَّمَ مِنَ ٱلْجِنَّةِ وَٱلنَّاسِ أَجْمَعِينَ

Тхуна лиънехьара Оха лур бара хIора сине шен нийса некъ‚ делахь а бакъ хили-кх Соьгара дош: "Юзанне е юзур ма ю Аса жоьжахати жинех а нахах массарех".

32:14

فَذُوقُوا۟ بِمَا نَسِيتُمْ لِقَآءَ يَوْمِكُمْ هَٰذَآ إِنَّا نَسِينَٰكُمْ ۖ وَذُوقُوا۟ عَذَابَ ٱلْخُلْدِ بِمَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ

Iовша /Iазап/ хIокху шайн денца цхьаьнакхетар аша дицдарна. Оха шу а дицдина. Iовша гуттаренан Iазап шаьш /дуьненахь/ деш хилларг бахьанехь.

32:15

إِنَّمَا يُؤْمِنُ بِـَٔايَٰتِنَا ٱلَّذِينَ إِذَا ذُكِّرُوا۟ بِهَا خَرُّوا۟ سُجَّدًۭا وَسَبَّحُوا۟ بِحَمْدِ رَبِّهِمْ وَهُمْ لَا يَسْتَكْبِرُونَ ۩

Баккъалла а, тешаш бу Тхан аятех шайна уьш хьехийча суждане бегаш берш‚ шайн Кхиош-кхобучунна хастам барца тасбахь деш берш‚ шаьш кура а ца бовлуш.

32:16

تَتَجَافَىٰ جُنُوبُهُمْ عَنِ ٱلْمَضَاجِعِ يَدْعُونَ رَبَّهُمْ خَوْفًۭا وَطَمَعًۭا وَمِمَّا رَزَقْنَٰهُمْ يُنفِقُونَ

Церан агIонаш айло /буьйшачу/ меттигашкара‚ шайн Кхиош-кхобучуьнга кхойкху цара (Цуьнан Iазапах) кхерарца а‚ (Цуьнан къинхетаме) догдахарца а‚ Оха шайна деллачу рицIкъех сагIа ло цара.

32:17

فَلَا تَعْلَمُ نَفْسٌۭ مَّآ أُخْفِىَ لَهُم مِّن قُرَّةِ أَعْيُنٍۢ جَزَآءًۢ بِمَا كَانُوا۟ يَعْمَلُونَ

Ца хаьа сина‚ хIун шайна хьулйина ю бIаьргашна езачарех шаьш йина хиллачу Iамална дуьхьал.

32:18

أَفَمَن كَانَ مُؤْمِنًۭا كَمَن كَانَ فَاسِقًۭا ۚ لَّا يَسْتَوُۥنَ

Ткъа муъма хилларг ву песакх хиллачух тера? Нис ца ло уьш.

32:19

أَمَّا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ فَلَهُمْ جَنَّٰتُ ٱلْمَأْوَىٰ نُزُلًۢا بِمَا كَانُوا۟ يَعْمَلُونَ

Ткъа иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а - царна бошмаш ю чугIойла‚ хьешана санна кечйина йолу цара йина хилла Iамал бахьанехь.

32:20

وَأَمَّا ٱلَّذِينَ فَسَقُوا۟ فَمَأْوَىٰهُمُ ٱلنَّارُ ۖ كُلَّمَآ أَرَادُوٓا۟ أَن يَخْرُجُوا۟ مِنْهَآ أُعِيدُوا۟ فِيهَا وَقِيلَ لَهُمْ ذُوقُوا۟ عَذَابَ ٱلنَّارِ ٱلَّذِى كُنتُم بِهِۦ تُكَذِّبُونَ

Ткъа песакх хилларш а - церан чугIойла цIе ю. Царна цу чуьра арабала мел лии - цу чу бухаберзор бу уьш‚ цаьрга эр ду: "Iовша шайна цIеран Iазап‚ шаьш иза харцдеш хилла долу".

32:21

وَلَنُذِيقَنَّهُم مِّنَ ٱلْعَذَابِ ٱلْأَدْنَىٰ دُونَ ٱلْعَذَابِ ٱلْأَكْبَرِ لَعَلَّهُمْ يَرْجِعُونَ

Оха Iовшанне а Iовшийтур ма ду цаьрга дайа Iазап‚ /эхартан/ доккха Iазапал хьалха бухабаьрбацара-те уьш /къиношдечух/.

32:22

وَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّن ذُكِّرَ بِـَٔايَٰتِ رَبِّهِۦ ثُمَّ أَعْرَضَ عَنْهَآ ۚ إِنَّا مِنَ ٱلْمُجْرِمِينَ مُنتَقِمُونَ

Ткъа мила ву зуламе шен Кхиош-кхобучун аяташ шена хьехадеш тIаккха царех дIавоьрзуш волчул? Баккъалла а, Тхо къинош диначарех бекхам /чIир/ оьцур берш ма ду.

32:23

وَلَقَدْ ءَاتَيْنَا مُوسَى ٱلْكِتَٰبَ فَلَا تَكُن فِى مِرْيَةٍۢ مِّن لِّقَآئِهِۦ ۖ وَجَعَلْنَٰهُ هُدًۭى لِّبَنِىٓ إِسْرَٰٓءِيلَ

Оха деллера Мусага жайна - хьо ма хилалахь шеконехь цуьнца цхьанакхетарна. Оха хилийтира цунах /Товратах/ нийса некъ Исраилан кIенташна.

32:24

وَجَعَلْنَا مِنْهُمْ أَئِمَّةًۭ يَهْدُونَ بِأَمْرِنَا لَمَّا صَبَرُوا۟ ۖ وَكَانُوا۟ بِـَٔايَٰتِنَا يُوقِنُونَ

Оха хилийтира царна юкъахь имамаш‚ шаьш нисбелла болу Тхан омраца, шаьш собаре хиллачул тIаьхьа. Уьш хилира Тхан аятех тешаш.

32:25

إِنَّ رَبَّكَ هُوَ يَفْصِلُ بَيْنَهُمْ يَوْمَ ٱلْقِيَٰمَةِ فِيمَا كَانُوا۟ فِيهِ يَخْتَلِفُونَ

Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобучо къастор ду царна юккъехь къематдийнахь церан хиллачу хилпалонехь.

32:26

أَوَلَمْ يَهْدِ لَهُمْ كَمْ أَهْلَكْنَا مِن قَبْلِهِم مِّنَ ٱلْقُرُونِ يَمْشُونَ فِى مَسَٰكِنِهِمْ ۚ إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَٰتٍ ۖ أَفَلَا يَسْمَعُونَ

Ткъа Оха царел хьалха мел хIаллак йинчу тIаьхьенаша а нис ца бо-те уьш /бакъдолчунна тIе/? Уьш лелаш ма бу церан гIишлошкахула. Баккъалла а, цу чохь /Тхо бакъхиларан/ делилаш ду-кх! Цара ла ца дугIу-те?

32:27

أَوَلَمْ يَرَوْا۟ أَنَّا نَسُوقُ ٱلْمَآءَ إِلَى ٱلْأَرْضِ ٱلْجُرُزِ فَنُخْرِجُ بِهِۦ زَرْعًۭا تَأْكُلُ مِنْهُ أَنْعَٰمُهُمْ وَأَنفُسُهُمْ ۖ أَفَلَا يُبْصِرُونَ

Царна ца го-те Оха лохку хи /дакъаделла/ этIачу лаьттана тIе‚ цуьнца ялта арадолуьйту - цунах ма дуу церан бежнаша а‚ цара шаьш а?! Царна ца го-те?

32:28

وَيَقُولُونَ مَتَىٰ هَٰذَا ٱلْفَتْحُ إِن كُنتُمْ صَٰدِقِينَ

Цара /дин харцдечара/ олу: "Маца хир бу /шуна/ толам /тхуна тIехь/ шу бакълуьйш делахь?"

32:29

قُلْ يَوْمَ ٱلْفَتْحِ لَا يَنفَعُ ٱلَّذِينَ كَفَرُوٓا۟ إِيمَٰنُهُمْ وَلَا هُمْ يُنظَرُونَ

Ахьа ала: "Толаман дийнахь пайда бийр бац цатешачаьрна церан имано‚ уьш тIаьхьатоттур а бац" /тоба дан/.

32:30

فَأَعْرِضْ عَنْهُمْ وَٱنتَظِرْ إِنَّهُم مُّنتَظِرُونَ

ДIаверза царех‚ хьоьжуш Iелахь‚ уьш бу хьуна хьоьжуш Iаш.

33:1

يَٰٓأَيُّهَا ٱلنَّبِىُّ ٱتَّقِ ٱللَّهَ وَلَا تُطِعِ ٱلْكَٰفِرِينَ وَٱلْمُنَٰفِقِينَ ۗ إِنَّ ٱللَّهَ كَانَ عَلِيمًا حَكِيمًۭا

ХIай пайхамар! Делах кхералахь‚ хьо муьтIахь ма хилалахь керстанашна а‚ мунепакъашна а. Баккъалла а, Дела хили хууш верг а‚ хьукаме верг а.

33:2

وَٱتَّبِعْ مَا يُوحَىٰٓ إِلَيْكَ مِن رَّبِّكَ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ كَانَ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرًۭا

Хьо тIаьхьахIотта хьайга вехьешца хьан Кхиош-кхобучуьнгара деъначунна. Баккъалла а, Дела хили аша дийриг сов дика хууш.

33:3

وَتَوَكَّلْ عَلَى ٱللَّهِ ۚ وَكَفَىٰ بِٱللَّهِ وَكِيلًۭا

Ахьа таваккал де Далла - кхачо хили Делаца векал.

33:4

مَّا جَعَلَ ٱللَّهُ لِرَجُلٍۢ مِّن قَلْبَيْنِ فِى جَوْفِهِۦ ۚ وَمَا جَعَلَ أَزْوَٰجَكُمُ ٱلَّٰٓـِٔى تُظَٰهِرُونَ مِنْهُنَّ أُمَّهَٰتِكُمْ ۚ وَمَا جَعَلَ أَدْعِيَآءَكُمْ أَبْنَآءَكُمْ ۚ ذَٰلِكُمْ قَوْلُكُم بِأَفْوَٰهِكُمْ ۖ وَٱللَّهُ يَقُولُ ٱلْحَقَّ وَهُوَ يَهْدِى ٱلسَّبِيلَ

Ца дина Дала цхьанне стагана ши дог цуьнан кийрахь‚ ца хилийтина Цо шун зударех‚ аша шайга шун баккъаш шайн нанойн баккъашка тера хета‚ аьлла болу‚ шун наной‚ аша долабаьхина берийх шуна кIентий ца бина Цо. Иза шун дош ду шун багенашца /олуш долу/. Дала олу бакъдерг‚ Цо нисво нийсачу некъа.

33:5

ٱدْعُوهُمْ لِءَابَآئِهِمْ هُوَ أَقْسَطُ عِندَ ٱللَّهِ ۚ فَإِن لَّمْ تَعْلَمُوٓا۟ ءَابَآءَهُمْ فَإِخْوَٰنُكُمْ فِى ٱلدِّينِ وَمَوَٰلِيكُمْ ۚ وَلَيْسَ عَلَيْكُمْ جُنَاحٌۭ فِيمَآ أَخْطَأْتُم بِهِۦ وَلَٰكِن مَّا تَعَمَّدَتْ قُلُوبُكُمْ ۚ وَكَانَ ٱللَّهُ غَفُورًۭا رَّحِيمًا

Шайн дайшка дIакхайкха уьш - иза ду мелхо нисдерг Далла гергахь. Шуна церан дай ца бовзахь - шун вежарий а бу уьш динехь‚ шун доттагIий а бу. Шуна къа дац шу шегахь гIалат деллачун‚ аша дагалаьцначун бен. Хили Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.

33:6

ٱلنَّبِىُّ أَوْلَىٰ بِٱلْمُؤْمِنِينَ مِنْ أَنفُسِهِمْ ۖ وَأَزْوَٰجُهُۥٓ أُمَّهَٰتُهُمْ ۗ وَأُو۟لُوا۟ ٱلْأَرْحَامِ بَعْضُهُمْ أَوْلَىٰ بِبَعْضٍۢ فِى كِتَٰبِ ٱللَّهِ مِنَ ٱلْمُؤْمِنِينَ وَٱلْمُهَٰجِرِينَ إِلَّآ أَن تَفْعَلُوٓا۟ إِلَىٰٓ أَوْلِيَآئِكُم مَّعْرُوفًۭا ۚ كَانَ ذَٰلِكَ فِى ٱلْكِتَٰبِ مَسْطُورًۭا

Пайхамар таме ву муъма нахана шайл а‚ цуьнан зударий церан наной бу. Гергарнаш цхьаберш вакхарел таме бу Делан жайнахь муъма нахал‚ хIижар дихкинчарел‚ аша шайн доттагIашна диканиг деш далахь бен. Хили иза жайнахь дIаязделла.

33:7

وَإِذْ أَخَذْنَا مِنَ ٱلنَّبِيِّۦنَ مِيثَٰقَهُمْ وَمِنكَ وَمِن نُّوحٍۢ وَإِبْرَٰهِيمَ وَمُوسَىٰ وَعِيسَى ٱبْنِ مَرْيَمَ ۖ وَأَخَذْنَا مِنْهُم مِّيثَٰقًا غَلِيظًۭا

Оха схьаийцира пайхамарашкара чIагIам‚ хьоьгара а‚ Нухьера а‚ ИбрахIимера а‚ Мусагара а‚ Маръяман кIантера Iисагара а. Оха схьаийцира цаьргара чIогIа чIагIам.

33:8

لِّيَسْـَٔلَ ٱلصَّٰدِقِينَ عَن صِدْقِهِمْ ۚ وَأَعَدَّ لِلْكَٰفِرِينَ عَذَابًا أَلِيمًۭا

Цо /Дала/ бартхаттархьама бакълуьйчаьрга шайн бакълерах. Кечдина Цо керстанашна лазош долу Iазап.

33:9

يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ ٱذْكُرُوا۟ نِعْمَةَ ٱللَّهِ عَلَيْكُمْ إِذْ جَآءَتْكُمْ جُنُودٌۭ فَأَرْسَلْنَا عَلَيْهِمْ رِيحًۭا وَجُنُودًۭا لَّمْ تَرَوْهَا ۚ وَكَانَ ٱللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرًا

ХIай иман диллинарш! Аша дагадайта Делан ниIмат шайн долу - шуна деара эскар - Оха бахийтира царна тIе мох а‚ эскар а‚ шуна ша гуш доцу. Хилира Дела аша дийриг гушверг.

33:10

إِذْ جَآءُوكُم مِّن فَوْقِكُمْ وَمِنْ أَسْفَلَ مِنكُمْ وَإِذْ زَاغَتِ ٱلْأَبْصَٰرُ وَبَلَغَتِ ٱلْقُلُوبُ ٱلْحَنَاجِرَ وَتَظُنُّونَ بِٱللَّهِ ٱلظُّنُونَا۠

Уьш баьхкира шуна тIе шун тIехула а‚ шун бухахула а - бIаьргаш хьен тIе баьлира‚ дегнаш къамкъаргашка кхечира‚ шуна моттайолаелира Делах лаьцна цхьацца /нийса йоцу/ моттаргIонаш.

33:11

هُنَالِكَ ٱبْتُلِىَ ٱلْمُؤْمِنُونَ وَزُلْزِلُوا۟ زِلْزَالًۭا شَدِيدًۭا

Цигахь зийра муъма нах‚ чIогIа мохк а бегийра.

33:12

وَإِذْ يَقُولُ ٱلْمُنَٰفِقُونَ وَٱلَّذِينَ فِى قُلُوبِهِم مَّرَضٌۭ مَّا وَعَدَنَا ٱللَّهُ وَرَسُولُهُۥٓ إِلَّا غُرُورًۭا

/Ахьа дагадаийта/ мунепакъаша а‚ шайн дегнашкахь цамгар йолчаьра а элира: "Дала а‚ Цуьнан элчано а вайца йина ваIда Iехор бен ма дац".

33:13

وَإِذْ قَالَت طَّآئِفَةٌۭ مِّنْهُمْ يَٰٓأَهْلَ يَثْرِبَ لَا مُقَامَ لَكُمْ فَٱرْجِعُوا۟ ۚ وَيَسْتَـْٔذِنُ فَرِيقٌۭ مِّنْهُمُ ٱلنَّبِىَّ يَقُولُونَ إِنَّ بُيُوتَنَا عَوْرَةٌۭ وَمَا هِىَ بِعَوْرَةٍ ۖ إِن يُرِيدُونَ إِلَّا فِرَارًۭا

/Ахьа хьахаде/: царех цхьана тобано элира: "ХIай Ясрибан бахархой! Шуна латта меттиг яц /тIом бан/‚ духадерза". Царех кхин йолу тоба пайхамаре пурба деха йолаелира‚ олуш: "Тхан цIенош десса ду". Десса ма дац уьш - царна луург бовдар ду-кх /тIамтIера/.

33:14

وَلَوْ دُخِلَتْ عَلَيْهِم مِّنْ أَقْطَارِهَا ثُمَّ سُئِلُوا۟ ٱلْفِتْنَةَ لَءَاتَوْهَا وَمَا تَلَبَّثُوا۟ بِهَآ إِلَّا يَسِيرًۭا

Царна чубаьхкича цуьнан /гIалин/ йисташкахула‚ тIаккха цаьрга питна дийхича - и лур ма дар хьуна цара‚ цхьа кIеззиг хьоьжуш лаьттар а ма бацара хьуна.

33:15

وَلَقَدْ كَانُوا۟ عَٰهَدُوا۟ ٱللَّهَ مِن قَبْلُ لَا يُوَلُّونَ ٱلْأَدْبَٰرَ ۚ وَكَانَ عَهْدُ ٱللَّهِ مَسْـُٔولًۭا

Уьш хьалха а хилира Делаца ваIда еш‚ шаьш довдур дац /тIамтIера/‚ бохуш. Хили Делан ваIда жоп доьхуш.

33:16

قُل لَّن يَنفَعَكُمُ ٱلْفِرَارُ إِن فَرَرْتُم مِّنَ ٱلْمَوْتِ أَوِ ٱلْقَتْلِ وَإِذًۭا لَّا تُمَتَّعُونَ إِلَّا قَلِيلًۭا

Ахьа ала: "Пайда бийр бац шуна довдаро‚ шу довдарах даларх‚ я дайарх кIеззиг бен бахам хир бац шуна".

33:17

قُلْ مَن ذَا ٱلَّذِى يَعْصِمُكُم مِّنَ ٱللَّهِ إِنْ أَرَادَ بِكُمْ سُوٓءًا أَوْ أَرَادَ بِكُمْ رَحْمَةًۭ ۚ وَلَا يَجِدُونَ لَهُم مِّن دُونِ ٱللَّهِ وَلِيًّۭا وَلَا نَصِيرًۭا

Ахьа ала: "Мила ву иза ша Делах шу лардийр верг Цуна шуна цхьа зен лиъча‚ я Цуна шуна цхьа къинхетам лихча. Цара карор ма вац шайна Дела воцург цхьа а вали а‚ цхьа а гIоьнча а".

33:18

۞ قَدْ يَعْلَمُ ٱللَّهُ ٱلْمُعَوِّقِينَ مِنكُمْ وَٱلْقَآئِلِينَ لِإِخْوَٰنِهِمْ هَلُمَّ إِلَيْنَا ۖ وَلَا يَأْتُونَ ٱلْبَأْسَ إِلَّا قَلِيلًا

Бевза Далла шух новкъарло еш берш /нах гIазоте ца бохуьйтуш/‚ шайн вежаршка олуш берш: "Схьадуьйла тхо долчу /ма гIо гIазоте/!" Цхьа къеззиг бен ца беара цара ницIкъ.

33:19

أَشِحَّةً عَلَيْكُمْ ۖ فَإِذَا جَآءَ ٱلْخَوْفُ رَأَيْتَهُمْ يَنظُرُونَ إِلَيْكَ تَدُورُ أَعْيُنُهُمْ كَٱلَّذِى يُغْشَىٰ عَلَيْهِ مِنَ ٱلْمَوْتِ ۖ فَإِذَا ذَهَبَ ٱلْخَوْفُ سَلَقُوكُم بِأَلْسِنَةٍ حِدَادٍ أَشِحَّةً عَلَى ٱلْخَيْرِ ۚ أُو۟لَٰٓئِكَ لَمْ يُؤْمِنُوا۟ فَأَحْبَطَ ٱللَّهُ أَعْمَٰلَهُمْ ۚ وَكَانَ ذَٰلِكَ عَلَى ٱللَّهِ يَسِيرًۭا

Шуна бIаьрмециг хуьлуш. Кхерам беъча хьуна гира уьш хьоьга хьоьжуш шайн бIаьргаш хьийзаш валан шен дог вон хилларг санна. Кхерам дIабаьлча шух чекхдохур ду цара чIиран меттанаш дикачунна бIаьрмециг хилла. Уьш иман диллина бац хьуна‚ Дала яйана хьуна церан Iамалаш. Иза хилира Далла атта.

33:20

يَحْسَبُونَ ٱلْأَحْزَابَ لَمْ يَذْهَبُوا۟ ۖ وَإِن يَأْتِ ٱلْأَحْزَابُ يَوَدُّوا۟ لَوْ أَنَّهُم بَادُونَ فِى ٱلْأَعْرَابِ يَسْـَٔلُونَ عَنْ أَنۢبَآئِكُمْ ۖ وَلَوْ كَانُوا۟ فِيكُم مَّا قَٰتَلُوٓا۟ إِلَّا قَلِيلًۭا

Царна метта и тобанаш дIа ца яхна. И тобанаш еъча царна лаьа Iаьрбийн юккъехь дIасхьалеларш хила‚ шун хабарш хоьттуш. Шун юккъехь хилча а кIеззиг бен тIом бира бацара цара.

33:21

لَّقَدْ كَانَ لَكُمْ فِى رَسُولِ ٱللَّهِ أُسْوَةٌ حَسَنَةٌۭ لِّمَن كَانَ يَرْجُوا۟ ٱللَّهَ وَٱلْيَوْمَ ٱلْءَاخِرَ وَذَكَرَ ٱللَّهَ كَثِيرًۭا

Баккъалла а, шуна хилира Делан элчанехь хаза мисал /шух/ Делах а‚ ТIаьхьарчу дийнах а кхоьруш волчунна а‚ дуккха Дела хьехош волчунна а.

33:22

وَلَمَّا رَءَا ٱلْمُؤْمِنُونَ ٱلْأَحْزَابَ قَالُوا۟ هَٰذَا مَا وَعَدَنَا ٱللَّهُ وَرَسُولُهُۥ وَصَدَقَ ٱللَّهُ وَرَسُولُهُۥ ۚ وَمَا زَادَهُمْ إِلَّآ إِيمَٰنًۭا وَتَسْلِيمًۭا

Муъма нахана и тобанаш гича‚ элира: "ХIара ю Далла а‚ Цуьнан элчано а вайца йина ваIда‚ бакълина Дела а‚ цуьнан элча а". /Цу гIуллакхо/ уьш алсам ца боху иманца а‚ муьтIахь хиларца а бен.

33:23

مِّنَ ٱلْمُؤْمِنِينَ رِجَالٌۭ صَدَقُوا۟ مَا عَٰهَدُوا۟ ٱللَّهَ عَلَيْهِ ۖ فَمِنْهُم مَّن قَضَىٰ نَحْبَهُۥ وَمِنْهُم مَّن يَنتَظِرُ ۖ وَمَا بَدَّلُوا۟ تَبْدِيلًۭا

Муъма нахах цхьа божарий бу шаьш бакъйина шайн Делаца хилла йолу ваIда‚ царех шен Iожалла кхочуш хилларг /велларг/ а ву‚ царех хьоьжуш верг а ву‚ цхьа а хийцам ца бина цара /шайн ваIдин/.

33:24

لِّيَجْزِىَ ٱللَّهُ ٱلصَّٰدِقِينَ بِصِدْقِهِمْ وَيُعَذِّبَ ٱلْمُنَٰفِقِينَ إِن شَآءَ أَوْ يَتُوبَ عَلَيْهِمْ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ كَانَ غَفُورًۭا رَّحِيمًۭا

Дала ял ялархьама бакълийначаьрна шайн бакълерца‚ Iазап дийр ду мунепикъашна Шен лаахь‚ я гечдийр ду царна. Баккъалла а, Дела хили гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.

33:25

وَرَدَّ ٱللَّهُ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ بِغَيْظِهِمْ لَمْ يَنَالُوا۟ خَيْرًۭا ۚ وَكَفَى ٱللَّهُ ٱلْمُؤْمِنِينَ ٱلْقِتَالَ ۚ وَكَانَ ٱللَّهُ قَوِيًّا عَزِيزًۭا

Дала бухаберзира ца тешнарш шайн оьгIазаллица‚ ца кхиира уьш дикачух. Кхачо хилийтира Дала муъма нахана тIамах. Хили Дела нуьцIкъала верг а‚ веза верг а.

33:26

وَأَنزَلَ ٱلَّذِينَ ظَٰهَرُوهُم مِّنْ أَهْلِ ٱلْكِتَٰبِ مِن صَيَاصِيهِمْ وَقَذَفَ فِى قُلُوبِهِمُ ٱلرُّعْبَ فَرِيقًۭا تَقْتُلُونَ وَتَأْسِرُونَ فَرِيقًۭا

/Дала/ охьабоссира жайнан дайх царна гIо дина хилларш шайн чIагIонашкара‚ Цо кхоьссира церан дегнашка кхерам‚ цхьаберш аша бойу‚ цхьаберш аша йийсаре лоьцу.

33:27

وَأَوْرَثَكُمْ أَرْضَهُمْ وَدِيَٰرَهُمْ وَأَمْوَٰلَهُمْ وَأَرْضًۭا لَّمْ تَطَـُٔوهَا ۚ وَكَانَ ٱللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَىْءٍۢ قَدِيرًۭا

Цо ирсана шуна делира церан лаьтта а‚ церан цIенош а‚ церан бахам а‚ аша хьешна доцу лаьтта а. Хили Дела массо хIуманна тIехь ницIкъ болуш.

33:28

يَٰٓأَيُّهَا ٱلنَّبِىُّ قُل لِّأَزْوَٰجِكَ إِن كُنتُنَّ تُرِدْنَ ٱلْحَيَوٰةَ ٱلدُّنْيَا وَزِينَتَهَا فَتَعَالَيْنَ أُمَتِّعْكُنَّ وَأُسَرِّحْكُنَّ سَرَاحًۭا جَمِيلًۭا

ХIай пайхамар! Ахьа ала хьан зударшка: "Шу делахь дуьненан дахар дезаш‚ цуьнан хазалла а /езаш/‚ схьадуьйла - аса бахам лур бу шуна‚ хазачу кепара паргIат дохур ду шу.

33:29

وَإِن كُنتُنَّ تُرِدْنَ ٱللَّهَ وَرَسُولَهُۥ وَٱلدَّارَ ٱلْءَاخِرَةَ فَإِنَّ ٱللَّهَ أَعَدَّ لِلْمُحْسِنَٰتِ مِنكُنَّ أَجْرًا عَظِيمًۭا

Шу делахь везаш Дела а‚ Цуьнан элча а‚ тIаьхьа хир йолу хIусам а /ялсамане/ - Дала кечйина шух дикачаьрна йоккха ял.

33:30

يَٰنِسَآءَ ٱلنَّبِىِّ مَن يَأْتِ مِنكُنَّ بِفَٰحِشَةٍۢ مُّبَيِّنَةٍۢ يُضَٰعَفْ لَهَا ٱلْعَذَابُ ضِعْفَيْنِ ۚ وَكَانَ ذَٰلِكَ عَلَى ٱللَّهِ يَسِيرًۭا

ХIай пайхамаран зударий! Шух билгала ирчаниг деанчунна - шозза алсам хир ду цуна Iазап. Хили иза Далла атта.