Skip to content
QuranOlive

Juz 20 of 30 · 171 ayahs

أمن خلقPara 20: Amman Khalaq — Chechen

Juz 20, known as Para 20 “Amman Khalaq” (أمن خلق), runs from Surah An-Naml 27:56 to Surah Al-'Ankabut 29:45. Read the full para online in Arabic with Chechen translation and audio.

27:56

۞ فَمَا كَانَ جَوَابَ قَوْمِهِۦٓ إِلَّآ أَن قَالُوٓا۟ أَخْرِجُوٓا۟ ءَالَ لُوطٍۢ مِّن قَرْيَتِكُمْ ۖ إِنَّهُمْ أُنَاسٌۭ يَتَطَهَّرُونَ

Ца хилира цуьнан къоман дала жоп‚ шаьш алар бен: "Арабаха ЛутIан доьзал шайн юьртара. Баккъалла а, уьш ма бу цIанбала гIерташ болу нах".

27:57

فَأَنجَيْنَٰهُ وَأَهْلَهُۥٓ إِلَّا ٱمْرَأَتَهُۥ قَدَّرْنَٰهَا مِنَ ٱلْغَٰبِرِينَ

Оха кIелхьара ваьккхира иза а‚ цуьнан доьзал а‚ цуьнан /цхьа/ зуда йоцург - цуьнан кхоллам бухаюьсучарех хилийтира Оха.

27:58

وَأَمْطَرْنَا عَلَيْهِم مَّطَرًۭا ۖ فَسَآءَ مَطَرُ ٱلْمُنذَرِينَ

Оха доьттира царна тIе догIа - вон хилира шайна кхерам тесначаьрна догIа.

27:59

قُلِ ٱلْحَمْدُ لِلَّهِ وَسَلَٰمٌ عَلَىٰ عِبَادِهِ ٱلَّذِينَ ٱصْطَفَىٰٓ ۗ ءَآللَّهُ خَيْرٌ أَمَّا يُشْرِكُونَ

Ахьа ала /хIай Мухьаммад/: "Хастам бу Далла‚ салам ду Цуьнан лешна‚ Цо хаьржина хиллачаьрна. Дела тоьлу‚ я цара /Цуьнца/ лаьцна накъостий тоьлу?

27:60

أَمَّنْ خَلَقَ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضَ وَأَنزَلَ لَكُم مِّنَ ٱلسَّمَآءِ مَآءًۭ فَأَنۢبَتْنَا بِهِۦ حَدَآئِقَ ذَاتَ بَهْجَةٍۢ مَّا كَانَ لَكُمْ أَن تُنۢبِتُوا۟ شَجَرَهَآ ۗ أَءِلَٰهٌۭ مَّعَ ٱللَّهِ ۚ بَلْ هُمْ قَوْمٌۭ يَعْدِلُونَ

Я Ша стигланаш а‚ латта а кхоьллинарг‚ шуна стиглара хи а даийтинарг /тоьлу/? Оха ялийтина цуьнца /догIица/ бошмаш‚ шайца хазалла а йолуш‚ аша ма долуьйтара дацара цуьнца /цу хица/ дитт‚ - /я кхин/ дела ву АллахIаца? ХIаъ‚ уьш ду къам‚ ша юьстахгIерташ /бакъдолчух/.

27:61

أَمَّن جَعَلَ ٱلْأَرْضَ قَرَارًۭا وَجَعَلَ خِلَٰلَهَآ أَنْهَٰرًۭا وَجَعَلَ لَهَا رَوَٰسِىَ وَجَعَلَ بَيْنَ ٱلْبَحْرَيْنِ حَاجِزًا ۗ أَءِلَٰهٌۭ مَّعَ ٱللَّهِ ۚ بَلْ أَكْثَرُهُمْ لَا يَعْلَمُونَ

Я Ша латта хилийтинарг чIагIо хилла‚ юккъехула татолаш динарг‚ цу тIехь лаьмнаш динарг‚ шина хIоьрдан юккъехь дуьхьало йинарг‚ я /кхин/ дела ву АллахIаца? ХIаъ‚ царех дукхахберш ца хууш бу-кх.

27:62

أَمَّن يُجِيبُ ٱلْمُضْطَرَّ إِذَا دَعَاهُ وَيَكْشِفُ ٱلسُّوٓءَ وَيَجْعَلُكُمْ خُلَفَآءَ ٱلْأَرْضِ ۗ أَءِلَٰهٌۭ مَّعَ ٱللَّهِ ۚ قَلِيلًۭا مَّا تَذَكَّرُونَ

Я Ша жоп луш верг шена гIело хиллачунна иза Шега кхайкхича‚ и зулам дIадоккхушверг‚ шу хуьлуьйтушверг лаьттан дай - я /кхин/ дела ву АллахIаца? КIеззиг ду-кх шу кхетарг.

27:63

أَمَّن يَهْدِيكُمْ فِى ظُلُمَٰتِ ٱلْبَرِّ وَٱلْبَحْرِ وَمَن يُرْسِلُ ٱلرِّيَٰحَ بُشْرًۢا بَيْنَ يَدَىْ رَحْمَتِهِۦٓ ۗ أَءِلَٰهٌۭ مَّعَ ٱللَّهِ ۚ تَعَٰلَى ٱللَّهُ عَمَّا يُشْرِكُونَ

Я Ша шу нисдешверг аренан а‚ хIоьрдан а боданашкахь‚ Ша мох бохуьйтушверг кхаъ хилла /догIа дарна/ Шен къинхетамал хьалха - я /кхин/ дела ву АллахIаца? Лакха ваьлла Дела цара /Шеца/ накъост лацарх.

27:64

أَمَّن يَبْدَؤُا۟ ٱلْخَلْقَ ثُمَّ يُعِيدُهُۥ وَمَن يَرْزُقُكُم مِّنَ ٱلسَّمَآءِ وَٱلْأَرْضِ ۗ أَءِلَٰهٌۭ مَّعَ ٱللَّهِ ۚ قُلْ هَاتُوا۟ بُرْهَٰنَكُمْ إِن كُنتُمْ صَٰدِقِينَ

Я Ша кхоллар долошверг‚ тIаккха иза карладоккхург‚ шуна рицIкъ луш верг стиглара а‚ латтара а - я /кхин/ дела ву АллахIаца? Ахьа ала: "Даладе шайн делил‚ шаьш хиллехь бакълуьйш".

27:65

قُل لَّا يَعْلَمُ مَن فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ ٱلْغَيْبَ إِلَّا ٱللَّهُ ۚ وَمَا يَشْعُرُونَ أَيَّانَ يُبْعَثُونَ

Ала: "Ца хаьа стиглахь волчунна а‚ лаьттахь волчунна а къайлахьдерг Дела воцчунна". Царна хаалур дац шаьш маца юха дендийр ду.

27:66

بَلِ ٱدَّٰرَكَ عِلْمُهُمْ فِى ٱلْءَاخِرَةِ ۚ بَلْ هُمْ فِى شَكٍّۢ مِّنْهَا ۖ بَلْ هُم مِّنْهَا عَمُونَ

ТIекхиъний церан хаарш эхартана? ХIаъ‚ уьш шеконехь бу цунах. ХIаъ‚ уьш цунах бIаьрса дайна бу.

27:67

وَقَالَ ٱلَّذِينَ كَفَرُوٓا۟ أَءِذَا كُنَّا تُرَٰبًۭا وَءَابَآؤُنَآ أَئِنَّا لَمُخْرَجُونَ

Элира цатешначара: "Тхох а‚ тхан дайх а латта хилча‚ тхо арадохур долуш ду-й /кешнашкара/?

27:68

لَقَدْ وُعِدْنَا هَٰذَا نَحْنُ وَءَابَآؤُنَا مِن قَبْلُ إِنْ هَٰذَآ إِلَّآ أَسَٰطِيرُ ٱلْأَوَّلِينَ

ЧIагIо йинера хIокхунца тхуна а‚ тхан дайшна а хьалха а. Иза-м хьалхалерачийн туьйранаш бен дац".

27:69

قُلْ سِيرُوا۟ فِى ٱلْأَرْضِ فَٱنظُرُوا۟ كَيْفَ كَانَ عَٰقِبَةُ ٱلْمُجْرِمِينَ

Ахьа ала: "Лела лаьттахула‚ хьажа‚ муха хилла къинош диначеран тIаьхье".

27:70

وَلَا تَحْزَنْ عَلَيْهِمْ وَلَا تَكُن فِى ضَيْقٍۢ مِّمَّا يَمْكُرُونَ

Ахьа са ма гаттаде царна‚ ма хила халонехь цара ечу мекарлонех.

27:71

وَيَقُولُونَ مَتَىٰ هَٰذَا ٱلْوَعْدُ إِن كُنتُمْ صَٰدِقِينَ

Цара олу: "Маца хир ю и ваIда шу бакълуьйш хиллехь".

27:72

قُلْ عَسَىٰٓ أَن يَكُونَ رَدِفَ لَكُم بَعْضُ ٱلَّذِى تَسْتَعْجِلُونَ

Ахьа ала: "Тарло герга хила шуна цхьацца аша сихдеш дерш".

27:73

وَإِنَّ رَبَّكَ لَذُو فَضْلٍ عَلَى ٱلنَّاسِ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَشْكُرُونَ

Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобушверг дозалла долуш ма ву нахана тIехь‚ делахь а царех дукхахболчара баркалла ца олу-кх.

27:74

وَإِنَّ رَبَّكَ لَيَعْلَمُ مَا تُكِنُّ صُدُورُهُمْ وَمَا يُعْلِنُونَ

Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобушверг Ша хууш ву-кх церан дегнаша хьулдеш дерг а‚ дIахьедориг а.

27:75

وَمَا مِنْ غَآئِبَةٍۢ فِى ٱلسَّمَآءِ وَٱلْأَرْضِ إِلَّا فِى كِتَٰبٍۢ مُّبِينٍ

Дац цхьа а къайлахдерг стиглахь а‚ лаьттахь а билгалчу жайна чохь /яздина/ доцуш.

27:76

إِنَّ هَٰذَا ٱلْقُرْءَانَ يَقُصُّ عَلَىٰ بَنِىٓ إِسْرَٰٓءِيلَ أَكْثَرَ ٱلَّذِى هُمْ فِيهِ يَخْتَلِفُونَ

Баккъалла а, хIокху КъурIано дуьйцу Исраилан кIенташна церан шена чохь хилпало йолчух дукхадерш.

27:77

وَإِنَّهُۥ لَهُدًۭى وَرَحْمَةٌۭ لِّلْمُؤْمِنِينَ

Баккъалла а, иза нийса некъ бу‚ къинхетам а бу муъма нахана.

27:78

إِنَّ رَبَّكَ يَقْضِى بَيْنَهُم بِحُكْمِهِۦ ۚ وَهُوَ ٱلْعَزِيزُ ٱلْعَلِيمُ

Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобучо кхиэл йийр ю царна юкъахь Шен хьукамца. Иза сийлахь-везаверг а ву‚ хууш верг а ву.

27:79

فَتَوَكَّلْ عَلَى ٱللَّهِ ۖ إِنَّكَ عَلَى ٱلْحَقِّ ٱلْمُبِينِ

Хьо тIетовжа Далла. Баккъалла а, хьо билгалчу бакъдолчунна тIехь ма ву.

27:80

إِنَّكَ لَا تُسْمِعُ ٱلْمَوْتَىٰ وَلَا تُسْمِعُ ٱلصُّمَّ ٱلدُّعَآءَ إِذَا وَلَّوْا۟ مُدْبِرِينَ

Баккъалла а, ахьа /хIумма а/ хозуьйтур дац беллчарна‚ ахьа хозуьйтур дац кхайкхар къора болчарна уьш юхабевла а дIабевдича.

27:81

وَمَآ أَنتَ بِهَٰدِى ٱلْعُمْىِ عَن ضَلَٰلَتِهِمْ ۖ إِن تُسْمِعُ إِلَّا مَن يُؤْمِنُ بِـَٔايَٰتِنَا فَهُم مُّسْلِمُونَ

Хьо ма вац нисбешверг бIаьрса доцурш шайн тиларах. Ахьа хозуьйтур ду деккъа Тхан аятех тешаш болчарна – тIаккха уьш бу мукIар берш.

27:82

۞ وَإِذَا وَقَعَ ٱلْقَوْلُ عَلَيْهِمْ أَخْرَجْنَا لَهُمْ دَآبَّةًۭ مِّنَ ٱلْأَرْضِ تُكَلِّمُهُمْ أَنَّ ٱلنَّاسَ كَانُوا۟ بِـَٔايَٰتِنَا لَا يُوقِنُونَ

Царна дош тIедоьжча‚ Оха лаьттан кийрара схьадоккхур ду царна бежана‚ цо цаьрца къамел а ден долу. Баккъалла а, нах хилла Тхан аятех ца тешаш.

27:83

وَيَوْمَ نَحْشُرُ مِن كُلِّ أُمَّةٍۢ فَوْجًۭا مِّمَّن يُكَذِّبُ بِـَٔايَٰتِنَا فَهُمْ يُوزَعُونَ

/Ахьа хьахаде/: оцу дийнахь Оха гулйийр ю хIора умматах Тхан аяташ харцдеш хиллачух цхьа тулгIе - уьш дIа-схьа нисбийр бу.

27:84

حَتَّىٰٓ إِذَا جَآءُو قَالَ أَكَذَّبْتُم بِـَٔايَٰتِى وَلَمْ تُحِيطُوا۟ بِهَا عِلْمًا أَمَّاذَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ

ТIаккха уьш /хьесап дечу меттиге/ беъча‚ /Дала/ эр ду: "Аша харцдира Сан аяташ? Шу ма дацара шайгахь /уьш харцдан/ Iилма долуш а‚ хIун Iамал еш хиллера шу?"

27:85

وَوَقَعَ ٱلْقَوْلُ عَلَيْهِم بِمَا ظَلَمُوا۟ فَهُمْ لَا يَنطِقُونَ

ТIедуьйжира царна тIе /Iазап бакъхиларан/ дош цара шайгара зулам далийтарна‚ уьш бист ца хуьлу.

27:86

أَلَمْ يَرَوْا۟ أَنَّا جَعَلْنَا ٱلَّيْلَ لِيَسْكُنُوا۟ فِيهِ وَٱلنَّهَارَ مُبْصِرًا ۚ إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَٰتٍۢ لِّقَوْمٍۢ يُؤْمِنُونَ

Царна ца го-те Оха хилийтина хилар буьйса‚ шайна чохь садаIан‚ де а серладаккха. Баккъалла а, цу чохь билгалонаш ма ю тешаш долчу къомана.

27:87

وَيَوْمَ يُنفَخُ فِى ٱلصُّورِ فَفَزِعَ مَن فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَمَن فِى ٱلْأَرْضِ إِلَّا مَن شَآءَ ٱللَّهُ ۚ وَكُلٌّ أَتَوْهُ دَٰخِرِينَ

Оцу дийнахь сур локхур ю - кхоьрур ву стигланашкахь мел верг а‚ лаьттахь мел верг а Далла лиънарг воцург. Массо а Цуьнан тIе вогIур ву мукIар а хилла.

27:88

وَتَرَى ٱلْجِبَالَ تَحْسَبُهَا جَامِدَةًۭ وَهِىَ تَمُرُّ مَرَّ ٱلسَّحَابِ ۚ صُنْعَ ٱللَّهِ ٱلَّذِىٓ أَتْقَنَ كُلَّ شَىْءٍ ۚ إِنَّهُۥ خَبِيرٌۢ بِمَا تَفْعَلُونَ

Хьуна гур ду лаьмнаш‚ хьуна шаьш Iуьллуш ду моьттуш - амма уьш дIа-схьа лелаш хир ду мархаш санна - Делан кхоллар ду иза‚ Ша массо хIуманна хьукам динчу. Баккъалла а, Иза аша дийриг дика хууш верг ву-кх.

27:89

مَن جَآءَ بِٱلْحَسَنَةِ فَلَهُۥ خَيْرٌۭ مِّنْهَا وَهُم مِّن فَزَعٍۢ يَوْمَئِذٍ ءَامِنُونَ

Дикачуьнца веънарг - цуна цул диканиг /ша деъначух/ хир ду‚ уьш кхерамах оцу дийнахь маьрша хир бу.

27:90

وَمَن جَآءَ بِٱلسَّيِّئَةِ فَكُبَّتْ وُجُوهُهُمْ فِى ٱلنَّارِ هَلْ تُجْزَوْنَ إِلَّا مَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ

Вочуьнца веънарг - юьхь цIарга ерзийна хир ю цуьнан. Аша еш хиллачу Iамалашца бен бекхам хир бу-й шуна?

27:91

إِنَّمَآ أُمِرْتُ أَنْ أَعْبُدَ رَبَّ هَٰذِهِ ٱلْبَلْدَةِ ٱلَّذِى حَرَّمَهَا وَلَهُۥ كُلُّ شَىْءٍۢ ۖ وَأُمِرْتُ أَنْ أَكُونَ مِنَ ٱلْمُسْلِمِينَ

Суна омра дина хIокха /Макка/ гIалин Дена Iибадат де аьлла‚ Ша иза хьарам йина йолчу‚ Цуьнан ду массо хIума а. Суна омра дина со мукIар хиллачех хила‚ аьлла.

27:92

وَأَنْ أَتْلُوَا۟ ٱلْقُرْءَانَ ۖ فَمَنِ ٱهْتَدَىٰ فَإِنَّمَا يَهْتَدِى لِنَفْسِهِۦ ۖ وَمَن ضَلَّ فَقُلْ إِنَّمَآ أَنَا۠ مِنَ ٱلْمُنذِرِينَ

КъурIан деша аьлла а‚ нисвелларг /цу КIуръана тIе/ иза нислуш ву шена. /Нах иманах/ тилошболчунга ахьа ала: "Со кхерам тосучарех ву".

27:93

وَقُلِ ٱلْحَمْدُ لِلَّهِ سَيُرِيكُمْ ءَايَٰتِهِۦ فَتَعْرِفُونَهَا ۚ وَمَا رَبُّكَ بِغَٰفِلٍ عَمَّا تَعْمَلُونَ

Ахьа ала: "Хастам бу Далла. Цо гойтур ду шуна Шен аяташ - тIаккха шуна уьш девзар ду. Хьан Кхиош-кхобург ма вац цара дечух гIапал".

28:1

طسٓمٓ

ТIа-син-мим.

28:2

تِلْكَ ءَايَٰتُ ٱلْكِتَٰبِ ٱلْمُبِينِ

ХIорш ду хIуманаш билгалдечу жайнан аяташ.

28:3

نَتْلُوا۟ عَلَيْكَ مِن نَّبَإِ مُوسَىٰ وَفِرْعَوْنَ بِٱلْحَقِّ لِقَوْمٍۢ يُؤْمِنُونَ

Оха дуьйцу хьуна Мусан а‚ ФирIавнан а хабарех цхьадерш бакъдолчунца тешачу къамана /пайда хилийтан/.

28:4

إِنَّ فِرْعَوْنَ عَلَا فِى ٱلْأَرْضِ وَجَعَلَ أَهْلَهَا شِيَعًۭا يَسْتَضْعِفُ طَآئِفَةًۭ مِّنْهُمْ يُذَبِّحُ أَبْنَآءَهُمْ وَيَسْتَحْىِۦ نِسَآءَهُمْ ۚ إِنَّهُۥ كَانَ مِنَ ٱلْمُفْسِدِينَ

Баккъалла а, ФирIавн вазвелира лаьттахь‚ шен нахах тобанаш йира цо‚ царех цхьа тоба гIелъеш. Цо байара церан кIентий‚ дийна буьтура церан зударий. Баккъалла а, иза хилира /хIума/ толхочарех.

28:5

وَنُرِيدُ أَن نَّمُنَّ عَلَى ٱلَّذِينَ ٱسْتُضْعِفُوا۟ فِى ٱلْأَرْضِ وَنَجْعَلَهُمْ أَئِمَّةًۭ وَنَجْعَلَهُمُ ٱلْوَٰرِثِينَ

Тхуна лиира шаьш лаьттахь гIелбина хиллачарех къинхетам бан а‚ царех имамаш бан а‚ уьш ирс оьцурш бан а,

28:6

وَنُمَكِّنَ لَهُمْ فِى ٱلْأَرْضِ وَنُرِىَ فِرْعَوْنَ وَهَٰمَٰنَ وَجُنُودَهُمَا مِنْهُم مَّا كَانُوا۟ يَحْذَرُونَ

Уьш чIагIбан лаьттахь‚ ФирIавна а‚ ХIаманна а‚ цу шиннан эскарна а гайта уьш шех кхоьруш дерг.

28:7

وَأَوْحَيْنَآ إِلَىٰٓ أُمِّ مُوسَىٰٓ أَنْ أَرْضِعِيهِ ۖ فَإِذَا خِفْتِ عَلَيْهِ فَأَلْقِيهِ فِى ٱلْيَمِّ وَلَا تَخَافِى وَلَا تَحْزَنِىٓ ۖ إِنَّا رَآدُّوهُ إِلَيْكِ وَجَاعِلُوهُ مِنَ ٱلْمُرْسَلِينَ

Оха хаам бира Мусан нене вакхаве иза‚ аьлла. Хьо кхерахь цунах /Мусана бохам хиларах/‚ ахьа кхосса иза хIоьрдан чу - кхера ма кхера‚ са ма гатде - Оха вухаверзор ву иза хьуна‚ хуьлуьйтур ву иза элчанех.

28:8

فَٱلْتَقَطَهُۥٓ ءَالُ فِرْعَوْنَ لِيَكُونَ لَهُمْ عَدُوًّۭا وَحَزَنًا ۗ إِنَّ فِرْعَوْنَ وَهَٰمَٰنَ وَجُنُودَهُمَا كَانُوا۟ خَٰطِـِٔينَ

Иза схьаваьккхира /Нил хина чуьра/. ФирIавнан доьзало цунах шайна мостагI а‚ сингаттам а хилийтан. Баккъалла а, ФирIавн а‚ ХIаман а‚ цу шиннан эскар а хилира къинош динарш.

28:9

وَقَالَتِ ٱمْرَأَتُ فِرْعَوْنَ قُرَّتُ عَيْنٍۢ لِّى وَلَكَ ۖ لَا تَقْتُلُوهُ عَسَىٰٓ أَن يَنفَعَنَآ أَوْ نَتَّخِذَهُۥ وَلَدًۭا وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ

ФирIавнан зудчо элира: "Суна а‚ хьуна а бIаьргийн марзо ю-кх! Ма ве иза‚ вайна пайда бан мега цо‚ я вай доьзалхо лоцур цунах - царна хаалуш дацара…/оцунах хиндерг/.

28:10

وَأَصْبَحَ فُؤَادُ أُمِّ مُوسَىٰ فَٰرِغًا ۖ إِن كَادَتْ لَتُبْدِى بِهِۦ لَوْلَآ أَن رَّبَطْنَا عَلَىٰ قَلْبِهَا لِتَكُونَ مِنَ ٱلْمُؤْمِنِينَ

Мусан ненан дог даьсса Iуьйренга делира. Иза герга яра цуьнца гучу яла Оха цуьнан дог чIагIдина ца хиллехьара иза /Мусан нана/ хилийтархьама /Делан ваIдех/ тешачарех.

28:11

وَقَالَتْ لِأُخْتِهِۦ قُصِّيهِ ۖ فَبَصُرَتْ بِهِۦ عَن جُنُبٍۢ وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ

Цо элира цуьнан йише: "Хьада‚ цуьнан тIаьхьа гIо". Иза хьоьжура цуьнга агIорхьара‚ царна ца хууш.

28:12

۞ وَحَرَّمْنَا عَلَيْهِ ٱلْمَرَاضِعَ مِن قَبْلُ فَقَالَتْ هَلْ أَدُلُّكُمْ عَلَىٰٓ أَهْلِ بَيْتٍۢ يَكْفُلُونَهُۥ لَكُمْ وَهُمْ لَهُۥ نَٰصِحُونَ

Оха хьарам бира цуна и вакхон зударий хьалха. ТIаккха цо элира: "Аса нисдой шу цIийнан охIлана тIе шуна иза кхобург волчу‚ шаьш цуна хьехамчаш а хуьлуш".

28:13

فَرَدَدْنَٰهُ إِلَىٰٓ أُمِّهِۦ كَىْ تَقَرَّ عَيْنُهَا وَلَا تَحْزَنَ وَلِتَعْلَمَ أَنَّ وَعْدَ ٱللَّهِ حَقٌّۭ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَعْلَمُونَ

ТIаккха Оха вуха верзира иза шен нене‚ цуьнана бIаьрг марзбала а‚ цо сагат ца дан а‚ цуна хаийтархьама а Делан ваIда хьакъ-бакъ хилар‚ делахь а царех дукхачаьрна ца хаьа-кх.

28:14

وَلَمَّا بَلَغَ أَشُدَّهُۥ وَٱسْتَوَىٰٓ ءَاتَيْنَٰهُ حُكْمًۭا وَعِلْمًۭا ۚ وَكَذَٰلِكَ نَجْزِى ٱلْمُحْسِنِينَ

Иза /Муса/ кхиъна ваьлча‚ нисвелча‚ Оха цуна делира хьукам а‚ Iилма а. Иштта бекхам бо Оха дикачаьрна.

28:15

وَدَخَلَ ٱلْمَدِينَةَ عَلَىٰ حِينِ غَفْلَةٍۢ مِّنْ أَهْلِهَا فَوَجَدَ فِيهَا رَجُلَيْنِ يَقْتَتِلَانِ هَٰذَا مِن شِيعَتِهِۦ وَهَٰذَا مِنْ عَدُوِّهِۦ ۖ فَٱسْتَغَٰثَهُ ٱلَّذِى مِن شِيعَتِهِۦ عَلَى ٱلَّذِى مِنْ عَدُوِّهِۦ فَوَكَزَهُۥ مُوسَىٰ فَقَضَىٰ عَلَيْهِ ۖ قَالَ هَٰذَا مِنْ عَمَلِ ٱلشَّيْطَٰنِ ۖ إِنَّهُۥ عَدُوٌّۭ مُّضِلٌّۭ مُّبِينٌۭ

ШахIарна чоьхьавелира иза цуьнан нах гIапал болчу хенахь. Цуна карийра цу чохь ши стаг вовшех леташ: хIара хIокхун тобанех‚ важа - хIокхун мостагIех. Цуьнга гIо дийхира цуьнан тобанех волчо цуьнан мостагIех волчунна тIехь. Мусас цуна буй туьйхира - цо иза чекхваьккхира. Цо /Мусас/ элира: "ХIара шайтIанан гIуллакхех ду. Баккъалла а, иза билгала тилавеш мостагI ду".

28:16

قَالَ رَبِّ إِنِّى ظَلَمْتُ نَفْسِى فَٱغْفِرْ لِى فَغَفَرَ لَهُۥٓ ۚ إِنَّهُۥ هُوَ ٱلْغَفُورُ ٱلرَّحِيمُ

Цо /Мусас хьаставелла Деле/ элира: "Сан Кхиош-кхобушверг‚ аса сан дегIана зулам ма дина‚ гечдехьа суна". Цо цуна гечдира. Баккъалла а, Иза гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ву.

28:17

قَالَ رَبِّ بِمَآ أَنْعَمْتَ عَلَىَّ فَلَنْ أَكُونَ ظَهِيرًۭا لِّلْمُجْرِمِينَ

Цо элира: "Сан Кхиош-кхобушверг‚ Ахьа суна ниIмат даларца сох цкъа а хир ма вац къиношдечаьрна гIоьнча".

28:18

فَأَصْبَحَ فِى ٱلْمَدِينَةِ خَآئِفًۭا يَتَرَقَّبُ فَإِذَا ٱلَّذِى ٱسْتَنصَرَهُۥ بِٱلْأَمْسِ يَسْتَصْرِخُهُۥ ۚ قَالَ لَهُۥ مُوسَىٰٓ إِنَّكَ لَغَوِىٌّۭ مُّبِينٌۭ

Иза Iуьйранга велира шахIарахь кхоьруш‚ сема хуьлуш. /Ша иштта лаьтташ/ селхана шега гIо дийхинарг шега мохь бетташ /гира цуна/. Мусас цуьнга элира: "Баккъалла а, ма гуш-лаьтташ тилавелларг ву-кх хьо!"

28:19

فَلَمَّآ أَنْ أَرَادَ أَن يَبْطِشَ بِٱلَّذِى هُوَ عَدُوٌّۭ لَّهُمَا قَالَ يَٰمُوسَىٰٓ أَتُرِيدُ أَن تَقْتُلَنِى كَمَا قَتَلْتَ نَفْسًۢا بِٱلْأَمْسِ ۖ إِن تُرِيدُ إِلَّآ أَن تَكُونَ جَبَّارًۭا فِى ٱلْأَرْضِ وَمَا تُرِيدُ أَن تَكُونَ مِنَ ٱلْمُصْلِحِينَ

ТIаккха шайн шиннан мостагI волчунна тоха цуна /Мусана/ лиъча‚ цо элира: "ХIай Муса‚ со вен лууш ву-кх хьо‚ айхьа селхана стаг верах терра‚ хьо лууш ма вац лаьттахь ницIкъ беш верг хилла а бен‚ хьо лууш ма вац дикачарех хила".

28:20

وَجَآءَ رَجُلٌۭ مِّنْ أَقْصَا ٱلْمَدِينَةِ يَسْعَىٰ قَالَ يَٰمُوسَىٰٓ إِنَّ ٱلْمَلَأَ يَأْتَمِرُونَ بِكَ لِيَقْتُلُوكَ فَٱخْرُجْ إِنِّى لَكَ مِنَ ٱلنَّٰصِحِينَ

Цхьа стаг веара гIалин йистера ведда‚ цо элира: "ХIай Муса! /ГIалин/ дай дагабевла хьо вен‚ ара валалахь. Со хьуна хьехамбечарех ву".

28:21

فَخَرَجَ مِنْهَا خَآئِفًۭا يَتَرَقَّبُ ۖ قَالَ رَبِّ نَجِّنِى مِنَ ٱلْقَوْمِ ٱلظَّٰلِمِينَ

Иза цигара /гIалара/ аравелира кхоьруш‚ сема хуьлуш. Цо элира: "Сан Кхиош-кхобушверг‚ кIелхьара ваккхахь со зуламе нахах".

28:22

وَلَمَّا تَوَجَّهَ تِلْقَآءَ مَدْيَنَ قَالَ عَسَىٰ رَبِّىٓ أَن يَهْدِيَنِى سَوَآءَ ٱلسَّبِيلِ

Ша Мадйан агIоргахьа дIаволавелча‚ цо элира: "Сан Кхиош-кхобучо со нисван мега нийсачу новкъа".

28:23

وَلَمَّا وَرَدَ مَآءَ مَدْيَنَ وَجَدَ عَلَيْهِ أُمَّةًۭ مِّنَ ٱلنَّاسِ يَسْقُونَ وَوَجَدَ مِن دُونِهِمُ ٱمْرَأَتَيْنِ تَذُودَانِ ۖ قَالَ مَا خَطْبُكُمَا ۖ قَالَتَا لَا نَسْقِى حَتَّىٰ يُصْدِرَ ٱلرِّعَآءُ ۖ وَأَبُونَا شَيْخٌۭ كَبِيرٌۭ

Мадйанан хинан коьрте кхаьчча‚ цуна цигахь цхьа нах карийра хи малош /шайн бежнашна/‚ цуна карийра царна тIехьахь лаьтташ ши зуда /шайн уьстагIий/ дIалоьхкуш /хина тIе ца дохуьйтуш/. Цо элира: "ХIун бала бу шу шиннан?" Цу шиммо элира: "Оха ца маладо и Iуй чекх ца баьлча‚ ткъа тхан да - воккха стаг ву".

28:24

فَسَقَىٰ لَهُمَا ثُمَّ تَوَلَّىٰٓ إِلَى ٱلظِّلِّ فَقَالَ رَبِّ إِنِّى لِمَآ أَنزَلْتَ إِلَىَّ مِنْ خَيْرٍۢ فَقِيرٌۭ

Цо хи малира царна шиннена /церан бежнашна/‚ тIаккха дIавирзира IиндагIе‚ элира: "Сан Кхиош-кхобушверг‚ со Ахьа суна доссош долу диканиг оьшуш ма ву (меца ву)".

28:25

فَجَآءَتْهُ إِحْدَىٰهُمَا تَمْشِى عَلَى ٱسْتِحْيَآءٍۢ قَالَتْ إِنَّ أَبِى يَدْعُوكَ لِيَجْزِيَكَ أَجْرَ مَا سَقَيْتَ لَنَا ۚ فَلَمَّا جَآءَهُۥ وَقَصَّ عَلَيْهِ ٱلْقَصَصَ قَالَ لَا تَخَفْ ۖ نَجَوْتَ مِنَ ٱلْقَوْمِ ٱلظَّٰلِمِينَ

Цуна тIе еара цу шиннех цхьаъ‚ эхь хеташ йолаелла‚ цо элира: "Сан дас хьо кхойкху хьуна мах балан ахь тхуна хи малорна". Иза /Муса/ цуна тIе веъча‚ цо цуьнга хабар дийцича‚ цо элира: "Хьо ма кхера! Хьо кIелхьара ваьлла зуламечу нахах".

28:26

قَالَتْ إِحْدَىٰهُمَا يَٰٓأَبَتِ ٱسْتَـْٔجِرْهُ ۖ إِنَّ خَيْرَ مَنِ ٱسْتَـْٔجَرْتَ ٱلْقَوِىُّ ٱلْأَمِينُ

Цу шиннех цхьаммо элира: "Дада‚ мехах болх бан вита иза‚ ахьа мехах болх бан вуьтур волчех уггар диканиг ву иза - нуьцIкъала а‚ тешаме а ву".

28:27

قَالَ إِنِّىٓ أُرِيدُ أَنْ أُنكِحَكَ إِحْدَى ٱبْنَتَىَّ هَٰتَيْنِ عَلَىٰٓ أَن تَأْجُرَنِى ثَمَٰنِىَ حِجَجٍۢ ۖ فَإِنْ أَتْمَمْتَ عَشْرًۭا فَمِنْ عِندِكَ ۖ وَمَآ أُرِيدُ أَنْ أَشُقَّ عَلَيْكَ ۚ سَتَجِدُنِىٓ إِن شَآءَ ٱللَّهُ مِنَ ٱلصَّٰلِحِينَ

Цо /ШуIайбс/ элира: "Суна лаьа хIокху сан шина йоIах цхьаъ хьуна зуда йина яла ахьа суна болх барх борхI шарахь. Ахьа итт шо кхочушдахь - и хьоьгара хир ду‚ хьуна хало ян лууш вац со. Хьуна карор ву со‚ Далла лаахь‚ дикачарех".

28:28

قَالَ ذَٰلِكَ بَيْنِى وَبَيْنَكَ ۖ أَيَّمَا ٱلْأَجَلَيْنِ قَضَيْتُ فَلَا عُدْوَٰنَ عَلَىَّ ۖ وَٱللَّهُ عَلَىٰ مَا نَقُولُ وَكِيلٌۭ

Цо элира: "ХIара суна а‚ хьуна а юкъахь ду. Цу шиннах муьлхха зама аса кхочушъяхь‚ довдийр дац соьца. И Дела вай олучун тIехь векал ма ву".

28:29

۞ فَلَمَّا قَضَىٰ مُوسَى ٱلْأَجَلَ وَسَارَ بِأَهْلِهِۦٓ ءَانَسَ مِن جَانِبِ ٱلطُّورِ نَارًۭا قَالَ لِأَهْلِهِ ٱمْكُثُوٓا۟ إِنِّىٓ ءَانَسْتُ نَارًۭا لَّعَلِّىٓ ءَاتِيكُم مِّنْهَا بِخَبَرٍ أَوْ جَذْوَةٍۢ مِّنَ ٱلنَّارِ لَعَلَّكُمْ تَصْطَلُونَ

Муса шен тоьхна хан чекх яьккхина а‚ шен доьзалца дIавоьдуш‚ цуна хааелира ТIур ламанан агIорхьара цIе. Цо элира шен доьзале: "Аша /кхузахь/ собар де‚ суна цIе хааелла‚ со ван мега шуна тIе цуьнгара цхьа хабар дахьаш‚ я цIерах цхьа хаьштиг дахьаш‚ шу дохдала мегара".

28:30

فَلَمَّآ أَتَىٰهَا نُودِىَ مِن شَٰطِئِ ٱلْوَادِ ٱلْأَيْمَنِ فِى ٱلْبُقْعَةِ ٱلْمُبَٰرَكَةِ مِنَ ٱلشَّجَرَةِ أَن يَٰمُوسَىٰٓ إِنِّىٓ أَنَا ٱللَّهُ رَبُّ ٱلْعَٰلَمِينَ

Иза цуна /цIарна/ тIе веъча кхийкхира тогIин аьтту агIорхьара беркате йолчу меттигехь долчу дитт долчуьра: "Ва Муса! Баккъалла а, Со Дела ву‚ Iаламийн Да.

28:31

وَأَنْ أَلْقِ عَصَاكَ ۖ فَلَمَّا رَءَاهَا تَهْتَزُّ كَأَنَّهَا جَآنٌّۭ وَلَّىٰ مُدْبِرًۭا وَلَمْ يُعَقِّبْ ۚ يَٰمُوسَىٰٓ أَقْبِلْ وَلَا تَخَفْ ۖ إِنَّكَ مِنَ ٱلْءَامِنِينَ

Охьакхосса хьан Iаса!" Цуна иза гича етталуш текхарг санна‚ иза дIаведира вуха ца воьрзуш. "Ва Муса! Герга вала‚ ма кхера‚ хьо кхерам хир боцучарех ву.

28:32

ٱسْلُكْ يَدَكَ فِى جَيْبِكَ تَخْرُجْ بَيْضَآءَ مِنْ غَيْرِ سُوٓءٍۢ وَٱضْمُمْ إِلَيْكَ جَنَاحَكَ مِنَ ٱلرَّهْبِ ۖ فَذَٰنِكَ بُرْهَٰنَانِ مِن رَّبِّكَ إِلَىٰ فِرْعَوْنَ وَمَلَإِي۟هِۦٓ ۚ إِنَّهُمْ كَانُوا۟ قَوْمًۭا فَٰسِقِينَ

Хьан куьйг че долла‚ ахьа схьадоккхур ду иза - схьадер ду кIайн хилла цхьа а зен доцуш‚ хьан тIетаIаде иза кхерарах ларвалархьама. И шиъ билгало ю хьуна хьан Кхиош-кхобучуьнгара ФирIавне а‚ цуьнан элашка а‚ баккъалла а, уьш хили-кх песакъ къам".

28:33

قَالَ رَبِّ إِنِّى قَتَلْتُ مِنْهُمْ نَفْسًۭا فَأَخَافُ أَن يَقْتُلُونِ

Цо элира: "Сан Кхиош-кхобушверг‚ аса царех стаг ма вина‚ со кхоьру-кх цара со вен.

28:34

وَأَخِى هَٰرُونُ هُوَ أَفْصَحُ مِنِّى لِسَانًۭا فَأَرْسِلْهُ مَعِىَ رِدْءًۭا يُصَدِّقُنِىٓ ۖ إِنِّىٓ أَخَافُ أَن يُكَذِّبُونِ

И сан ваша ХIарун‚ иза соьл мелхо а говза ма ву маттаца‚ ваийтахь иза соьца гIоьнча хилла‚ со бакъ хилар чIагIдийр дара цо. Баккъалла а, со кхоьру цара со харцварна".

28:35

قَالَ سَنَشُدُّ عَضُدَكَ بِأَخِيكَ وَنَجْعَلُ لَكُمَا سُلْطَٰنًۭا فَلَا يَصِلُونَ إِلَيْكُمَا ۚ بِـَٔايَٰتِنَآ أَنتُمَا وَمَنِ ٱتَّبَعَكُمَا ٱلْغَٰلِبُونَ

Цо /Дала/ элира: "Оха чIагIвийр ву хьо хьан вешица‚ Оха хуьлуьйтур ю шуна шиннена бакъо‚ шуна шиннена тIекхочур бац уьш. Тхан аяташца шу шиъ а‚ шуна шиннена тIаьхьа мел ваьзнарг тоьлур ма ву".

28:36

فَلَمَّا جَآءَهُم مُّوسَىٰ بِـَٔايَٰتِنَا بَيِّنَٰتٍۢ قَالُوا۟ مَا هَٰذَآ إِلَّا سِحْرٌۭ مُّفْتَرًۭى وَمَا سَمِعْنَا بِهَٰذَا فِىٓ ءَابَآئِنَا ٱلْأَوَّلِينَ

Шайга веъча Муса Тхан билгалчу аяташца‚ цара элира: "ХIара ма дац /наха/ кхоьллина бозбуанчалла бен‚ тхуна-м ца хезна оцунах хьалхалерчу дайшкахь".

28:37

وَقَالَ مُوسَىٰ رَبِّىٓ أَعْلَمُ بِمَن جَآءَ بِٱلْهُدَىٰ مِنْ عِندِهِۦ وَمَن تَكُونُ لَهُۥ عَٰقِبَةُ ٱلدَّارِ ۖ إِنَّهُۥ لَا يُفْلِحُ ٱلظَّٰلِمُونَ

Элира ткъа Мусас: "Сан Кхиош-кхобушверг ву-кх дика хууш Шегара нийсачу некъаца мила веъна а‚ /дахаран/ хIусаман тIаьхье хьенан хир ю а. Баккъалла а, зуламхой баккхибер ма бац".

28:38

وَقَالَ فِرْعَوْنُ يَٰٓأَيُّهَا ٱلْمَلَأُ مَا عَلِمْتُ لَكُم مِّنْ إِلَٰهٍ غَيْرِى فَأَوْقِدْ لِى يَٰهَٰمَٰنُ عَلَى ٱلطِّينِ فَٱجْعَل لِّى صَرْحًۭا لَّعَلِّىٓ أَطَّلِعُ إِلَىٰٓ إِلَٰهِ مُوسَىٰ وَإِنِّى لَأَظُنُّهُۥ مِنَ ٱلْكَٰذِبِينَ

ФирIавнас элира: "ХIай элий! Суна ца хиънера шуна со воцург /кхин/ дела‚ цIе латае суна‚ хIай ХIаман, поппарах (кибарчигаш ятта), тIаккха /лаькха/ гIала е суна, со мега Мусан делан тIе хьалавала. Баккъалла а, суна иза хеташ ву харцлуьйчарех".

28:39

وَٱسْتَكْبَرَ هُوَ وَجُنُودُهُۥ فِى ٱلْأَرْضِ بِغَيْرِ ٱلْحَقِّ وَظَنُّوٓا۟ أَنَّهُمْ إِلَيْنَا لَا يُرْجَعُونَ

Куравелира иза а‚ цуьнан эскар а лаьттахь курабала хьакъ боцуш‚ царна меттара шаьш Тхуна тIе духа ца дерзор ду.

28:40

فَأَخَذْنَٰهُ وَجُنُودَهُۥ فَنَبَذْنَٰهُمْ فِى ٱلْيَمِّ ۖ فَٱنظُرْ كَيْفَ كَانَ عَٰقِبَةُ ٱلظَّٰلِمِينَ

Оха схьалецира иза а‚ цуьнан эскар а‚ тIаккха Оха кхоьссира уьш хIоьрдан чу. Хьажал хьо‚ муха хилла зуламхойн тIаьхье!

28:41

وَجَعَلْنَٰهُمْ أَئِمَّةًۭ يَدْعُونَ إِلَى ٱلنَّارِ ۖ وَيَوْمَ ٱلْقِيَٰمَةِ لَا يُنصَرُونَ

Оха хилийтира царех /нах/ цIерга кхойкхуш имамаш. Къемат дийнахь царна гIо дийр дац.

28:42

وَأَتْبَعْنَٰهُمْ فِى هَٰذِهِ ٱلدُّنْيَا لَعْنَةًۭ ۖ وَيَوْمَ ٱلْقِيَٰمَةِ هُم مِّنَ ٱلْمَقْبُوحِينَ

Царна тIаьхьахьажийра Оха хIокху дуьненахь а неIалт‚ къемат дийнахь уьш ма бу эхьаза лелхинчарех.

28:43

وَلَقَدْ ءَاتَيْنَا مُوسَى ٱلْكِتَٰبَ مِنۢ بَعْدِ مَآ أَهْلَكْنَا ٱلْقُرُونَ ٱلْأُولَىٰ بَصَآئِرَ لِلنَّاسِ وَهُدًۭى وَرَحْمَةًۭ لَّعَلَّهُمْ يَتَذَكَّرُونَ

Оха делира Мусага жайна‚ Оха хьалхалера тIаьхьенаш хIаллак йиначул тIаьхьа нахана гуш долу делилаш а‚ нийса некъ а‚ къинхетам а хилла‚ уьш кхета мегара-кх‚ аьлла.

28:44

وَمَا كُنتَ بِجَانِبِ ٱلْغَرْبِىِّ إِذْ قَضَيْنَآ إِلَىٰ مُوسَى ٱلْأَمْرَ وَمَا كُنتَ مِنَ ٱلشَّٰهِدِينَ

Хьо вацара малхбузен агIонгахь Оха Мусага гIуллакх сацадечу хенахь‚ хьо вацара /цигахь/ хиллачарех.

28:45

وَلَٰكِنَّآ أَنشَأْنَا قُرُونًۭا فَتَطَاوَلَ عَلَيْهِمُ ٱلْعُمُرُ ۚ وَمَا كُنتَ ثَاوِيًۭا فِىٓ أَهْلِ مَدْيَنَ تَتْلُوا۟ عَلَيْهِمْ ءَايَٰتِنَا وَلَٰكِنَّا كُنَّا مُرْسِلِينَ

Делахь а Оха кхиира тIаьхьенаш‚ дахделира царна тIехь дахар. Хьо вацара лаьтташ Мадъйан охIлан юкъахь царна Тхан аяташ а дуьйцуш‚ делахь а Тхо дара боуьйтурш /элчанаш/ .

28:46

وَمَا كُنتَ بِجَانِبِ ٱلطُّورِ إِذْ نَادَيْنَا وَلَٰكِن رَّحْمَةًۭ مِّن رَّبِّكَ لِتُنذِرَ قَوْمًۭا مَّآ أَتَىٰهُم مِّن نَّذِيرٍۢ مِّن قَبْلِكَ لَعَلَّهُمْ يَتَذَكَّرُونَ

Хьо вацара ТIур ламан агIонгахь Оха /Мусага/ кхийкхича‚ делахь а хьан Кхиош-кхобучун къинхетамца /ваийтина хьо/‚ ахьа кхерам тасан къамана‚ шена тIе хьоьл хьалха /цхьа а/ кхерамча ца веъна долчу‚ цара ойла йийр яцара-те?

28:47

وَلَوْلَآ أَن تُصِيبَهُم مُّصِيبَةٌۢ بِمَا قَدَّمَتْ أَيْدِيهِمْ فَيَقُولُوا۟ رَبَّنَا لَوْلَآ أَرْسَلْتَ إِلَيْنَا رَسُولًۭا فَنَتَّبِعَ ءَايَٰتِكَ وَنَكُونَ مِنَ ٱلْمُؤْمِنِينَ

/Оха къурайшашка элча ца вахийтинехьара/ шайна бохам хилча шайн куьйгаша хьалха кечдийнарг бахьанехь‚ цара эр ма дара: "Тхан Кхиош-кхобушверг! Ахьа ваийтина хиллехьара тхоьга элча‚ тхо тIаьхьахIуттур ма дара Хьан аяташна‚ тхо хир ма дара тешначарех".

28:48

فَلَمَّا جَآءَهُمُ ٱلْحَقُّ مِنْ عِندِنَا قَالُوا۟ لَوْلَآ أُوتِىَ مِثْلَ مَآ أُوتِىَ مُوسَىٰٓ ۚ أَوَلَمْ يَكْفُرُوا۟ بِمَآ أُوتِىَ مُوسَىٰ مِن قَبْلُ ۖ قَالُوا۟ سِحْرَانِ تَظَٰهَرَا وَقَالُوٓا۟ إِنَّا بِكُلٍّۢ كَٰفِرُونَ

Шайга бакъдерг деъча Тхан гергара‚ цара элира: "Цуьнга /Мухьаммад пайхамаре/ делла хиллехьара Мусага делларг". Ткъа цара харц ца дира Мусага делларг хьалха? Цара ма элира: "Ши /КъурIан а‚ Товрат а/ бозбуанчалла ду вовшашна гIо а деш". Ма элира цара: "Массох ца теша /тхо/".

28:49

قُلْ فَأْتُوا۟ بِكِتَٰبٍۢ مِّنْ عِندِ ٱللَّهِ هُوَ أَهْدَىٰ مِنْهُمَآ أَتَّبِعْهُ إِن كُنتُمْ صَٰدِقِينَ

Ахьа ала: "Схьало Делан гергара жайна ша цу шиннал /КъурIанал а‚ Товратал а/ нийса а долуш‚ со цуна тIаьхьахIуттур ву шу бакълуьйш хиллехь".

28:50

فَإِن لَّمْ يَسْتَجِيبُوا۟ لَكَ فَٱعْلَمْ أَنَّمَا يَتَّبِعُونَ أَهْوَآءَهُمْ ۚ وَمَنْ أَضَلُّ مِمَّنِ ٱتَّبَعَ هَوَىٰهُ بِغَيْرِ هُدًۭى مِّنَ ٱللَّهِ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ لَا يَهْدِى ٱلْقَوْمَ ٱلظَّٰلِمِينَ

Цара хьуна жоп ца лахь‚ хьуна хаалахь уьш деккъа шайн дезаршна тIаьхьабаьлла буйла. Мила ву ткъа тиламе Делера нийса некъ а боцуш шен дезарна тIаьхьаваьллачул? Баккъалла а, Дала нис ца до зуламе къам.

28:51

۞ وَلَقَدْ وَصَّلْنَا لَهُمُ ٱلْقَوْلَ لَعَلَّهُمْ يَتَذَكَّرُونَ

Оха кхачийра цаьрга дош тIеттIа цара ойла йийр яцара-те?

28:52

ٱلَّذِينَ ءَاتَيْنَٰهُمُ ٱلْكِتَٰبَ مِن قَبْلِهِۦ هُم بِهِۦ يُؤْمِنُونَ

Оха шайна цул /КъурIанал/ хьалха жайна (Товрат, Инжил…) делларш - уьш цунах /КъурIанах/ тешаш бу.

28:53

وَإِذَا يُتْلَىٰ عَلَيْهِمْ قَالُوٓا۟ ءَامَنَّا بِهِۦٓ إِنَّهُ ٱلْحَقُّ مِن رَّبِّنَآ إِنَّا كُنَّا مِن قَبْلِهِۦ مُسْلِمِينَ

Иза шайна дешча цара элира: "Тхо цунах тешна‚ баккъалла а, иза бакъдерг ду вайн Кхиош-кхобучунгара‚ тхо хилира цул хьалха бусулбанаш.

28:54

أُو۟لَٰٓئِكَ يُؤْتَوْنَ أَجْرَهُم مَّرَّتَيْنِ بِمَا صَبَرُوا۟ وَيَدْرَءُونَ بِٱلْحَسَنَةِ ٱلسَّيِّئَةَ وَمِمَّا رَزَقْنَٰهُمْ يُنفِقُونَ

Уьш - царна лур бу шайн мах шозза цара собар дарна а‚ цара вониг дикачуьнца духатухуш хиларна а‚ Оха шайна деллачу рицIкъех цара сагIа даларна а.

28:55

وَإِذَا سَمِعُوا۟ ٱللَّغْوَ أَعْرَضُوا۟ عَنْهُ وَقَالُوا۟ لَنَآ أَعْمَٰلُنَا وَلَكُمْ أَعْمَٰلُكُمْ سَلَٰمٌ عَلَيْكُمْ لَا نَبْتَغِى ٱلْجَٰهِلِينَ

Шайна даьсса хабар хезча‚ цунах дIакъаьста уьш‚ олуш: "Тхуна тхан Iамалш ю‚ шуна шайн Iамалш ю‚ салам хуьлда шуна‚ тхо ца гIерта жехIал неха тIе".

28:56

إِنَّكَ لَا تَهْدِى مَنْ أَحْبَبْتَ وَلَٰكِنَّ ٱللَّهَ يَهْدِى مَن يَشَآءُ ۚ وَهُوَ أَعْلَمُ بِٱلْمُهْتَدِينَ

Баккъалла а, ахьа нисвийр вац хьайна везнарг‚ делахь а дала нисво Шена луург. Иза дика бевзаш ву нисбелларш.

28:57

وَقَالُوٓا۟ إِن نَّتَّبِعِ ٱلْهُدَىٰ مَعَكَ نُتَخَطَّفْ مِنْ أَرْضِنَآ ۚ أَوَلَمْ نُمَكِّن لَّهُمْ حَرَمًا ءَامِنًۭا يُجْبَىٰٓ إِلَيْهِ ثَمَرَٰتُ كُلِّ شَىْءٍۢ رِّزْقًۭا مِّن لَّدُنَّا وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَعْلَمُونَ

Цара /Къурайшин тайпан наха/ элира: "Тхо нийсачу некъана тIаьхьахIоьттича хьоьца цхьана‚ тхо тхан лаьттах дохур ма ду /кхечу Iарбаша/". Оха чIагI ца йира ткъа царна тешаме хьарам‚ цига массо хIуманан стоьмаш кхоьхьуш Тхуна гергара рицIкъ хилла? Делахь а царех дукхачаьрна ца хаьа-кх.

28:58

وَكَمْ أَهْلَكْنَا مِن قَرْيَةٍۭ بَطِرَتْ مَعِيشَتَهَا ۖ فَتِلْكَ مَسَٰكِنُهُمْ لَمْ تُسْكَن مِّنۢ بَعْدِهِمْ إِلَّا قَلِيلًۭا ۖ وَكُنَّا نَحْنُ ٱلْوَٰرِثِينَ

Мел хIаллак йира оха юрт‚ кураелла хилла йолу шен дахарехь. ХIорш ю церан гIишлош‚ /шайна чохь/ царел тIаьхьа кIеззиг бен /нах/ ца бехаш. Тхо хилира ирс оьцурш.

28:59

وَمَا كَانَ رَبُّكَ مُهْلِكَ ٱلْقُرَىٰ حَتَّىٰ يَبْعَثَ فِىٓ أُمِّهَا رَسُولًۭا يَتْلُوا۟ عَلَيْهِمْ ءَايَٰتِنَا ۚ وَمَا كُنَّا مُهْلِكِى ٱلْقُرَىٰٓ إِلَّا وَأَهْلُهَا ظَٰلِمُونَ

Хьан Кхиош-кхобушверг ца хилира ярташ хIаллак еш церан нахалахь элча ца вохуьйтуш‚ цо царна Тхан аяташ доьшуш. Тхо ца хилира ярташ хIаллак еш‚ церан бахархой зулам деш болуш бен.

28:60

وَمَآ أُوتِيتُم مِّن شَىْءٍۢ فَمَتَٰعُ ٱلْحَيَوٰةِ ٱلدُّنْيَا وَزِينَتُهَا ۚ وَمَا عِندَ ٱللَّهِ خَيْرٌۭ وَأَبْقَىٰٓ ۚ أَفَلَا تَعْقِلُونَ

Шуна делла хIума - иза дуьненан дахаран хьал ду‚ цуьнан хазалла а ю‚ Далла гергахьдерг - дика а‚ мелхо бухадуьссуш а ду‚ шу хьекъале ца хуьлу?

28:61

أَفَمَن وَعَدْنَٰهُ وَعْدًا حَسَنًۭا فَهُوَ لَٰقِيهِ كَمَن مَّتَّعْنَٰهُ مَتَٰعَ ٱلْحَيَوٰةِ ٱلدُّنْيَا ثُمَّ هُوَ يَوْمَ ٱلْقِيَٰمَةِ مِنَ ٱلْمُحْضَرِينَ

Оха шеца /ялсамане гIур ву аьлла/ хаза ваIда йинарг иза цуьнах кхиар а волуш тера ву-й ткъа Оха шена дуьненан дахаран хьал деллачух? ТIаккха къемат дийнахь иза хир ма ву /жоьжахате/ валинчарех.

28:62

وَيَوْمَ يُنَادِيهِمْ فَيَقُولُ أَيْنَ شُرَكَآءِىَ ٱلَّذِينَ كُنتُمْ تَزْعُمُونَ

Оцу дийнахь Цо цаьрга кхойкхур ду‚ олуш: "Мичахь бу Сан накъостий‚ шуна Соьца хилла моьттуш хилла болу?"

28:63

قَالَ ٱلَّذِينَ حَقَّ عَلَيْهِمُ ٱلْقَوْلُ رَبَّنَا هَٰٓؤُلَآءِ ٱلَّذِينَ أَغْوَيْنَآ أَغْوَيْنَٰهُمْ كَمَا غَوَيْنَا ۖ تَبَرَّأْنَآ إِلَيْكَ ۖ مَا كَانُوٓا۟ إِيَّانَا يَعْبُدُونَ

Эр шайна тIехь /жоьжахате гIур бу аьлла/ дош бакъхиллачаьра: "Тхо Кхиош-кхобушверг‚ хIорш бу оха тилинарш‚ оха уьш тилира тхаьш тиладарх терра. Тхо цIандела /царах/ Хьоьга /дерзарца/. Уьш ца хилла тхуна Iибадат деш".

28:64

وَقِيلَ ٱدْعُوا۟ شُرَكَآءَكُمْ فَدَعَوْهُمْ فَلَمْ يَسْتَجِيبُوا۟ لَهُمْ وَرَأَوُا۟ ٱلْعَذَابَ ۚ لَوْ أَنَّهُمْ كَانُوا۟ يَهْتَدُونَ

Элира: "Схьа кхайкха шайн накъостий /шайна гIо дан/". Цара кхайкхира цаьрга. Цара жоп ца делира царна‚ царна гира Iазап. /Ма лиира царна шаьш/ нийсачу новкъахь хиллехьара‚ аьлла!

28:65

وَيَوْمَ يُنَادِيهِمْ فَيَقُولُ مَاذَآ أَجَبْتُمُ ٱلْمُرْسَلِينَ

Оцу дийнахь Цо цаьрга кхойкхур ду‚ олуш: "ХIун жоп делира аша элчанашка?"

28:66

فَعَمِيَتْ عَلَيْهِمُ ٱلْأَنۢبَآءُ يَوْمَئِذٍۢ فَهُمْ لَا يَتَسَآءَلُونَ

Iаьржа хир ду царна хабарш оцу дийнахь‚ цара вовшашка хIумма а‚ хоьттур дац.

28:67

فَأَمَّا مَن تَابَ وَءَامَنَ وَعَمِلَ صَٰلِحًۭا فَعَسَىٰٓ أَن يَكُونَ مِنَ ٱلْمُفْلِحِينَ

Амма тоба динарг а‚ иман диллинарг а‚ дика Iамал йинарг а - тарло иза хила баккхибечарех.

28:68

وَرَبُّكَ يَخْلُقُ مَا يَشَآءُ وَيَخْتَارُ ۗ مَا كَانَ لَهُمُ ٱلْخِيَرَةُ ۚ سُبْحَٰنَ ٱللَّهِ وَتَعَٰلَىٰ عَمَّا يُشْرِكُونَ

Хьан Кхиош-кхобучо кхуллу Шена луург‚ хоржа а хоржу. Дацара царна харжар. Вонах цIена ву и Дела‚ гена вели Иза цара /Шеца/ накъост лацарх.

28:69

وَرَبُّكَ يَعْلَمُ مَا تُكِنُّ صُدُورُهُمْ وَمَا يُعْلِنُونَ

Хьан Кхиош-кхобучунна хаьа‚ хIун дIахьулдина церан дегнаша‚ хIун цара дIахьедош ду.

28:70

وَهُوَ ٱللَّهُ لَآ إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۖ لَهُ ٱلْحَمْدُ فِى ٱلْأُولَىٰ وَٱلْءَاخِرَةِ ۖ وَلَهُ ٱلْحُكْمُ وَإِلَيْهِ تُرْجَعُونَ

Иза АллахI ву‚ кхин дела вац Иза воцург. Цуна хастам бу хьалхарчахь а‚ тIехьарчахь а. Цуьнан ду хьукам а‚ Цуна тIе дIадерзор ду шу а.

28:71

قُلْ أَرَءَيْتُمْ إِن جَعَلَ ٱللَّهُ عَلَيْكُمُ ٱلَّيْلَ سَرْمَدًا إِلَىٰ يَوْمِ ٱلْقِيَٰمَةِ مَنْ إِلَٰهٌ غَيْرُ ٱللَّهِ يَأْتِيكُم بِضِيَآءٍ ۖ أَفَلَا تَسْمَعُونَ

Ахьа ала: "Дийцал суна‚ Дала шуна буьйса хилийтинехьара гуттарена къематде кхаччалц‚ АллахI воцург муьлхачу делас шуна серло йоуьйтур яра? Шуна ца хозу-те?"

28:72

قُلْ أَرَءَيْتُمْ إِن جَعَلَ ٱللَّهُ عَلَيْكُمُ ٱلنَّهَارَ سَرْمَدًا إِلَىٰ يَوْمِ ٱلْقِيَٰمَةِ مَنْ إِلَٰهٌ غَيْرُ ٱللَّهِ يَأْتِيكُم بِلَيْلٍۢ تَسْكُنُونَ فِيهِ ۖ أَفَلَا تُبْصِرُونَ

Ахьа ала: "Дийцал суна‚ Дала шуна де хилийтинехьара гуттарена къематде кхаччалц‚ АллахI воцург муьлхачу делас шуна буьйса йоуьйтур яра‚ аша шена чохь садоIуш? Шуна ца го-те?

28:73

وَمِن رَّحْمَتِهِۦ جَعَلَ لَكُمُ ٱلَّيْلَ وَٱلنَّهَارَ لِتَسْكُنُوا۟ فِيهِ وَلِتَبْتَغُوا۟ مِن فَضْلِهِۦ وَلَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ

Цуьнан къинхетамах ду-кх Цо шуна буьйса а‚ де а хилийтар аша шена чохь садаIа а‚ Цуьнан ниIмат лаха а - шу хила мегара баркалла олуш".

28:74

وَيَوْمَ يُنَادِيهِمْ فَيَقُولُ أَيْنَ شُرَكَآءِىَ ٱلَّذِينَ كُنتُمْ تَزْعُمُونَ

Оцу динахь цаьрга Цо кхойкхур ду‚ олуш: "Мичахь бу Сан накъостий‚ шуна /шаьш Соьца/ хилла моьттуш болу?"

28:75

وَنَزَعْنَا مِن كُلِّ أُمَّةٍۢ شَهِيدًۭا فَقُلْنَا هَاتُوا۟ بُرْهَٰنَكُمْ فَعَلِمُوٓا۟ أَنَّ ٱلْحَقَّ لِلَّهِ وَضَلَّ عَنْهُم مَّا كَانُوا۟ يَفْتَرُونَ

Оха схьаваьккхира хIора умматах теш‚ Оха элира: "Схьадаладе шайн делилш". Царна хиира бакъдерг Далла дуйла. Царех дIатилира цара /Цуьнан тIехь харц/ кхоьллина хилларг.

28:76

۞ إِنَّ قَٰرُونَ كَانَ مِن قَوْمِ مُوسَىٰ فَبَغَىٰ عَلَيْهِمْ ۖ وَءَاتَيْنَٰهُ مِنَ ٱلْكُنُوزِ مَآ إِنَّ مَفَاتِحَهُۥ لَتَنُوٓأُ بِٱلْعُصْبَةِ أُو۟لِى ٱلْقُوَّةِ إِذْ قَالَ لَهُۥ قَوْمُهُۥ لَا تَفْرَحْ ۖ إِنَّ ٱللَّهَ لَا يُحِبُّ ٱلْفَرِحِينَ

Баккъалла а, Къарун вара Мусан къомах. Царна зулам дора цо. Оха еллера цуна хазнаш‚ шен догIанаш цо ницIкъ болчу тобанца халла кхоьхьуш хилла йолу. Цуьнга ма элира цуьнан къамо: "Хьо ваккхи ма ве. Баккъалла а, Далла ца беза баккхийберш.

28:77

وَٱبْتَغِ فِيمَآ ءَاتَىٰكَ ٱللَّهُ ٱلدَّارَ ٱلْءَاخِرَةَ ۖ وَلَا تَنسَ نَصِيبَكَ مِنَ ٱلدُّنْيَا ۖ وَأَحْسِن كَمَآ أَحْسَنَ ٱللَّهُ إِلَيْكَ ۖ وَلَا تَبْغِ ٱلْفَسَادَ فِى ٱلْأَرْضِ ۖ إِنَّ ٱللَّهَ لَا يُحِبُّ ٱلْمُفْسِدِينَ

Ахьа лаха хьуна Дала деллачохь эхартан цIа‚ диц ма де дуьненахь хьан дакъа а. Диканиг де‚ Дала хьуна диканиг ма ди. Ма гIерта лаьттахь пасад хIуманна тIе. Баккъалла а, Далла ца беза пасад хIума дийрш".

28:78

قَالَ إِنَّمَآ أُوتِيتُهُۥ عَلَىٰ عِلْمٍ عِندِىٓ ۚ أَوَلَمْ يَعْلَمْ أَنَّ ٱللَّهَ قَدْ أَهْلَكَ مِن قَبْلِهِۦ مِنَ ٱلْقُرُونِ مَنْ هُوَ أَشَدُّ مِنْهُ قُوَّةًۭ وَأَكْثَرُ جَمْعًۭا ۚ وَلَا يُسْـَٔلُ عَن ذُنُوبِهِمُ ٱلْمُجْرِمُونَ

Цо /Къаруна/ элира: "Иза /хьал‚ дехний/ суна делла соьгара Iилма бахьанехь". Цуна ца хаьа-те Дала хIинцале мел /дуккха/ тIаьхьенаш хIаллакъйина цул хьалха‚ цул ницIкъаца мелхо а чIогIа йелуш‚гулдарца (хьал‚ дехний) мелхо а алсам йолуш. Шайн къинойх лаьцна хоьттур а дац къиношдечаьрга /Далла и дика хаьа дела/.

28:79

فَخَرَجَ عَلَىٰ قَوْمِهِۦ فِى زِينَتِهِۦ ۖ قَالَ ٱلَّذِينَ يُرِيدُونَ ٱلْحَيَوٰةَ ٱلدُّنْيَا يَٰلَيْتَ لَنَا مِثْلَ مَآ أُوتِىَ قَٰرُونُ إِنَّهُۥ لَذُو حَظٍّ عَظِيمٍۢ

Иза /Къарун/ араваьлира шен къама тIе шен хазаллехь. Дуьненан дахар дезачаьра элира: "ЭхI! Тхуна далахьара Къаруна делларг! Баккъалла а, ма дакъа долуш ву-кх иза!"

28:80

وَقَالَ ٱلَّذِينَ أُوتُوا۟ ٱلْعِلْمَ وَيْلَكُمْ ثَوَابُ ٱللَّهِ خَيْرٌۭ لِّمَنْ ءَامَنَ وَعَمِلَ صَٰلِحًۭا وَلَا يُلَقَّىٰهَآ إِلَّا ٱلصَّٰبِرُونَ

Шайна Iилма деллачаьра элира: "Декъаза ма довла! Делан ял дика ю иман диллинчунна а‚ дика Iамал йинчунна. Иза дуьхьал кхетар ма яц собар диничаьрна а бен" /и хаза бекхам/.

28:81

فَخَسَفْنَا بِهِۦ وَبِدَارِهِ ٱلْأَرْضَ فَمَا كَانَ لَهُۥ مِن فِئَةٍۢ يَنصُرُونَهُۥ مِن دُونِ ٱللَّهِ وَمَا كَانَ مِنَ ٱلْمُنتَصِرِينَ

Оха лаьттан буха вахийтира иза а‚ цуьнан цIа а. Ца хилира цуна цхьа а гIо деш тоба Делан дуьхьал‚ ца хилира иза а шена гIодечарех.

28:82

وَأَصْبَحَ ٱلَّذِينَ تَمَنَّوْا۟ مَكَانَهُۥ بِٱلْأَمْسِ يَقُولُونَ وَيْكَأَنَّ ٱللَّهَ يَبْسُطُ ٱلرِّزْقَ لِمَن يَشَآءُ مِنْ عِبَادِهِۦ وَيَقْدِرُ ۖ لَوْلَآ أَن مَّنَّ ٱللَّهُ عَلَيْنَا لَخَسَفَ بِنَا ۖ وَيْكَأَنَّهُۥ لَا يُفْلِحُ ٱلْكَٰفِرُونَ

Цуьнан меттиг шайна селхана езаш берш бисира олуш: "ОхI! Дала рицIкъ даржош ду Шен лех Шена луучунна‚ барам а бо /кIеззиг луш/. Дала вайх къинхетам ца бинехьара‚ /лаьттан буха/ дахна хир дара вай а. ЭхI! Баккхи ца беда /Делах/ цатешарш".

28:83

تِلْكَ ٱلدَّارُ ٱلْءَاخِرَةُ نَجْعَلُهَا لِلَّذِينَ لَا يُرِيدُونَ عُلُوًّۭا فِى ٱلْأَرْضِ وَلَا فَسَادًۭا ۚ وَٱلْعَٰقِبَةُ لِلْمُتَّقِينَ

И эхартан хIусам Оха хуьлийтур ю лаьттахь лакхалла а‚ пасад ца дезачаьрна. ТIаьхье /Делах/ кхоьручаьрна ю.

28:84

مَن جَآءَ بِٱلْحَسَنَةِ فَلَهُۥ خَيْرٌۭ مِّنْهَا ۖ وَمَن جَآءَ بِٱلسَّيِّئَةِ فَلَا يُجْزَى ٱلَّذِينَ عَمِلُوا۟ ٱلسَّيِّـَٔاتِ إِلَّا مَا كَانُوا۟ يَعْمَلُونَ

Дикачуьнца веъначуьнна - цуна цул а диканиг ду. Вочуьнца веънарг - вонаш диначаьрна бекхам хир бац цара деш хилларг а бен.

28:85

إِنَّ ٱلَّذِى فَرَضَ عَلَيْكَ ٱلْقُرْءَانَ لَرَآدُّكَ إِلَىٰ مَعَادٍۢ ۚ قُل رَّبِّىٓ أَعْلَمُ مَن جَآءَ بِٱلْهُدَىٰ وَمَنْ هُوَ فِى ضَلَٰلٍۢ مُّبِينٍۢ

Баккъалла а, хьуна КъурIан тIе диллинчо хьо вухаверзор ма ву вухавоьрзучу меттиге. Ахьа ала: "Сан Кхиош-кхобучунна хаьа-кх нисчу новкъа веънарг а‚ билгалчу тиларчохь верг а".

28:86

وَمَا كُنتَ تَرْجُوٓا۟ أَن يُلْقَىٰٓ إِلَيْكَ ٱلْكِتَٰبُ إِلَّا رَحْمَةًۭ مِّن رَّبِّكَ ۖ فَلَا تَكُونَنَّ ظَهِيرًۭا لِّلْكَٰفِرِينَ

Хьо ма вацара дог дохуш хьайга Жайна даларе хьан Кхиош-кхобучуьнгара къинхетам хилла а бен. Хьо хилланне а ма хилалахь /Делах/ цатешачаьрна гIоьнча.

28:87

وَلَا يَصُدُّنَّكَ عَنْ ءَايَٰتِ ٱللَّهِ بَعْدَ إِذْ أُنزِلَتْ إِلَيْكَ ۖ وَٱدْعُ إِلَىٰ رَبِّكَ ۖ وَلَا تَكُونَنَّ مِنَ ٱلْمُشْرِكِينَ

Хьо духа ма тухийла Делан аятех уьш хьоьга доьссинчул тIаьхьа. Хьан Кхиош-кхобучунга кхайкха! Хьо хиланне а ма хилалахь /Делаца/ накъост лаьцначарех.

28:88

وَلَا تَدْعُ مَعَ ٱللَّهِ إِلَٰهًا ءَاخَرَ ۘ لَآ إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۚ كُلُّ شَىْءٍ هَالِكٌ إِلَّا وَجْهَهُۥ ۚ لَهُ ٱلْحُكْمُ وَإِلَيْهِ تُرْجَعُونَ

Ахьа ма кхайкхалахь Делаца кхин деле. Кхин дела вац хьуна Иза бен. Массо хIума хIаллак хир ю хьуна Цуьнан юьхь йоцург‚ Цуьнан ду хьукам‚ Цуьнан тIе духа дерзор долуш ду шу а.

29:1

الٓمٓ

Алиф-лам-мим.

29:2

أَحَسِبَ ٱلنَّاسُ أَن يُتْرَكُوٓا۟ أَن يَقُولُوٓا۟ ءَامَنَّا وَهُمْ لَا يُفْتَنُونَ

Нахана моьтту-те шаьш дуьтур ду ала "Оха иман диллина"‚ шаьш питане ца лоцуш?

29:3

وَلَقَدْ فَتَنَّا ٱلَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ ۖ فَلَيَعْلَمَنَّ ٱللَّهُ ٱلَّذِينَ صَدَقُوا۟ وَلَيَعْلَمَنَّ ٱلْكَٰذِبِينَ

Оха питане ма лаьцна царел хьалха хилларш а. Далла хууш ма бу хьуна бакълина хилларш а‚ Цуна хууш ма бу хьуна харцлуьйш берш а (Дала къастор бу иманца бакъхилларш харцхиллачарел).

29:4

أَمْ حَسِبَ ٱلَّذِينَ يَعْمَلُونَ ٱلسَّيِّـَٔاتِ أَن يَسْبِقُونَا ۚ سَآءَ مَا يَحْكُمُونَ

Вониг деш берш моьттуш бу-те шаьш Тхоьл хьалха дер ду? Ма вон хьукам деш бу-кх уьш!

29:5

مَن كَانَ يَرْجُوا۟ لِقَآءَ ٱللَّهِ فَإِنَّ أَجَلَ ٱللَّهِ لَءَاتٍۢ ۚ وَهُوَ ٱلسَّمِيعُ ٱلْعَلِيمُ

Милла хиллехь Делаца цхьанакхетаре дог дохуш - Делан тоьхна хан йогIур йолуш ма ю! Иза хозуш верг а‚ хууш верг а ма ву!

29:6

وَمَن جَٰهَدَ فَإِنَّمَا يُجَٰهِدُ لِنَفْسِهِۦٓ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ لَغَنِىٌّ عَنِ ٱلْعَٰلَمِينَ

Милла велахь а /Делан гIуллакхна тIехь/ къахьоьгуш - цо къахьоьгу шена. Баккъалла а, Дела ма вац Шен хьашташ долуш Iаламашкахь.

29:7

وَٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ لَنُكَفِّرَنَّ عَنْهُمْ سَيِّـَٔاتِهِمْ وَلَنَجْزِيَنَّهُمْ أَحْسَنَ ٱلَّذِى كَانُوا۟ يَعْمَلُونَ

Иман диллина берш а‚ дика Iамал йинарш а - царех айдийр ма ду Оха церан вонаш‚ бекхам бийр ма бу Оха царна шаьш деш хиллачул а мелхо а хазачуьнца.

29:8

وَوَصَّيْنَا ٱلْإِنسَٰنَ بِوَٰلِدَيْهِ حُسْنًۭا ۖ وَإِن جَٰهَدَاكَ لِتُشْرِكَ بِى مَا لَيْسَ لَكَ بِهِۦ عِلْمٌۭ فَلَا تُطِعْهُمَآ ۚ إِلَىَّ مَرْجِعُكُمْ فَأُنَبِّئُكُم بِمَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ

Оха весет дина адамна шен деца-ненаца дика хилар. Нагахь санна цу шиммо къахьегахь Соьца хьоьга накъост лацийтархьама‚ хьуна шеца цхьа а Iилма доцуш‚ - тIаккха ахьа цу шиннега ла ма догIалахь! Суна тIе ду шун дIадерзар‚ тIаккха Аса шуьга дуьйцур ду аша деш хилларг.

29:9

وَٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ لَنُدْخِلَنَّهُمْ فِى ٱلصَّٰلِحِينَ

Иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а - уьш бохуьйтур бу Оха дикачаьрна юкъа.

29:10

وَمِنَ ٱلنَّاسِ مَن يَقُولُ ءَامَنَّا بِٱللَّهِ فَإِذَآ أُوذِىَ فِى ٱللَّهِ جَعَلَ فِتْنَةَ ٱلنَّاسِ كَعَذَابِ ٱللَّهِ وَلَئِن جَآءَ نَصْرٌۭ مِّن رَّبِّكَ لَيَقُولُنَّ إِنَّا كُنَّا مَعَكُمْ ۚ أَوَلَيْسَ ٱللَّهُ بِأَعْلَمَ بِمَا فِى صُدُورِ ٱلْعَٰلَمِينَ

Нахах бу шаьш олуш берш: "Оха иман диллина Деле"‚- шайна бохам хилча Делан дуьхьа цара лору нехан питна Делан Iазапах тера‚ хьан Кхиош-кхобучуьнгара толам беъча цара олу: "Баккъалла а,‚ тхо шуьца ма дара". Ткъа Дела вац дика хууш Iаламийн дегнашкахь дерг?

29:11

وَلَيَعْلَمَنَّ ٱللَّهُ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَلَيَعْلَمَنَّ ٱلْمُنَٰفِقِينَ

Банне а бевзаш бу хьуна Далла иман диллинарш а‚ бевзаш бу хьуна Цуна мунепакъаш а (Дала гучадоккхур ду нахана церан а, вакхеран хьал).

29:12

وَقَالَ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ لِلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ ٱتَّبِعُوا۟ سَبِيلَنَا وَلْنَحْمِلْ خَطَٰيَٰكُمْ وَمَا هُم بِحَٰمِلِينَ مِنْ خَطَٰيَٰهُم مِّن شَىْءٍ ۖ إِنَّهُمْ لَكَٰذِبُونَ

Ца тешна хиллачаьра элира иман диллинчаьрга: "ТIаьхьахIотта тхан новкъа‚ оха хьур ду шун къинош". Хьур ма дац цара церан къинойх цхьа а хIума. Баккъалла а, уьш харцлуьйш ма бу!

29:13

وَلَيَحْمِلُنَّ أَثْقَالَهُمْ وَأَثْقَالًۭا مَّعَ أَثْقَالِهِمْ ۖ وَلَيُسْـَٔلُنَّ يَوْمَ ٱلْقِيَٰمَةِ عَمَّا كَانُوا۟ يَفْتَرُونَ

Цара хьур ма бу шайн моьхьаш а‚ /кхин/ моьхьаш а шайн моьхьашца. Цаьрга хоттур ма ду къемат дийнахь цара /харц/ кхуллуш хиллачух.

29:14

وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا نُوحًا إِلَىٰ قَوْمِهِۦ فَلَبِثَ فِيهِمْ أَلْفَ سَنَةٍ إِلَّا خَمْسِينَ عَامًۭا فَأَخَذَهُمُ ٱلطُّوفَانُ وَهُمْ ظَٰلِمُونَ

Оха вахийтира Нухь шен къамана тIе. Иза лаьттира царна юкъахь эзар шарахь шовзткъе итт шо тоьхча‚ тIаккха уьш схьалецира тIовфано шаьш зуламхой хилла.

29:15

فَأَنجَيْنَٰهُ وَأَصْحَٰبَ ٱلسَّفِينَةِ وَجَعَلْنَٰهَآ ءَايَةًۭ لِّلْعَٰلَمِينَ

Оха кIелхьараваьккхира иза а‚ кеманан дай а‚ хилийтира цунах Iаламашна делил.

29:16

وَإِبْرَٰهِيمَ إِذْ قَالَ لِقَوْمِهِ ٱعْبُدُوا۟ ٱللَّهَ وَٱتَّقُوهُ ۖ ذَٰلِكُمْ خَيْرٌۭ لَّكُمْ إِن كُنتُمْ تَعْلَمُونَ

ИбрахIим а /вахийтира Оха шен къамана тIе/‚ цо ма элира шен къаме: "Далла Iибидат де‚ Цунах кхера. Иза дика ду шуна шу хууш хиллехь.

29:17

إِنَّمَا تَعْبُدُونَ مِن دُونِ ٱللَّهِ أَوْثَٰنًۭا وَتَخْلُقُونَ إِفْكًا ۚ إِنَّ ٱلَّذِينَ تَعْبُدُونَ مِن دُونِ ٱللَّهِ لَا يَمْلِكُونَ لَكُمْ رِزْقًۭا فَٱبْتَغُوا۟ عِندَ ٱللَّهِ ٱلرِّزْقَ وَٱعْبُدُوهُ وَٱشْكُرُوا۟ لَهُۥٓ ۖ إِلَيْهِ تُرْجَعُونَ

Баккъалла а, шу Iибадат деш ду-кх Дела а витина цIушна‚ кхуллуш ду эладита. Баккъалла а, и Дела а витина аша Iибадат дечаьрийн долахь ма дац шун рицIкъ. Аша лаха Далла гергахь рицIкъ‚ Цуна Iибадат де‚ Цуна баркалла а ала. Цуьнан тIе духадерзор ду шу.

29:18

وَإِن تُكَذِّبُوا۟ فَقَدْ كَذَّبَ أُمَمٌۭ مِّن قَبْلِكُمْ ۖ وَمَا عَلَى ٱلرَّسُولِ إِلَّا ٱلْبَلَٰغُ ٱلْمُبِينُ

Аша и харцдахь…- харцдира шуна и халкъаша шул хьалха а. Элчанна тIехь-м ма дац билгала дIакхачор бен".

29:19

أَوَلَمْ يَرَوْا۟ كَيْفَ يُبْدِئُ ٱللَّهُ ٱلْخَلْقَ ثُمَّ يُعِيدُهُۥٓ ۚ إِنَّ ذَٰلِكَ عَلَى ٱللَّهِ يَسِيرٌۭ

Царна ца гина-те‚ муха кхуллу Дала кхоллар‚ тIаккха карладоккху иза. Баккъалла а, иза Далла атта ду.

29:20

قُلْ سِيرُوا۟ فِى ٱلْأَرْضِ فَٱنظُرُوا۟ كَيْفَ بَدَأَ ٱلْخَلْقَ ۚ ثُمَّ ٱللَّهُ يُنشِئُ ٱلنَّشْأَةَ ٱلْءَاخِرَةَ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَىْءٍۢ قَدِيرٌۭ

Ахьа ала: "Лела латтахула‚ хьажа‚ муха долийна Цо кхоллар‚ тIаккха Дала кхуьуьйту тIаьхьара кхолладалар. Баккъалла а, Дела массо хIуманан тIехь ницIкъ кхочуш ву.

29:21

يُعَذِّبُ مَن يَشَآءُ وَيَرْحَمُ مَن يَشَآءُ ۖ وَإِلَيْهِ تُقْلَبُونَ

Iазап до Цо Шена луучунна‚ къинхетам бо Шена луучух‚ Цуьнан тIе дIадерзор долуш ду шу.

29:22

وَمَآ أَنتُم بِمُعْجِزِينَ فِى ٱلْأَرْضِ وَلَا فِى ٱلسَّمَآءِ ۖ وَمَا لَكُم مِّن دُونِ ٱللَّهِ مِن وَلِىٍّۢ وَلَا نَصِيرٍۢ

Шу ма дац гIелдийр долуш /хIумма а/ лаьттахь а‚ стиглахь а. Ма вац шуна Дела воцург вали а‚ гIоьнча а.

29:23

وَٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ بِـَٔايَٰتِ ٱللَّهِ وَلِقَآئِهِۦٓ أُو۟لَٰٓئِكَ يَئِسُوا۟ مِن رَّحْمَتِى وَأُو۟لَٰٓئِكَ لَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌۭ

Делан аятех а‚ Цуьнца цхьанакхетарх а цатешнарш - цара догдиллина Сан къинхетамах‚ уьш бу шайна лазош долу Iазап хир дерш.

29:24

فَمَا كَانَ جَوَابَ قَوْمِهِۦٓ إِلَّآ أَن قَالُوا۟ ٱقْتُلُوهُ أَوْ حَرِّقُوهُ فَأَنجَىٰهُ ٱللَّهُ مِنَ ٱلنَّارِ ۚ إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَٰتٍۢ لِّقَوْمٍۢ يُؤْمِنُونَ

Ца хилира цуьнан къаман жоп‚ цара алар бен: "Ве иза‚ я вагаве иза!" Оха кIелхьарваьккхира /ИбрахIим/ цIарал. Баккъалла а, цу чохь аяташ ма ду тешачу къамана.

29:25

وَقَالَ إِنَّمَا ٱتَّخَذْتُم مِّن دُونِ ٱللَّهِ أَوْثَٰنًۭا مَّوَدَّةَ بَيْنِكُمْ فِى ٱلْحَيَوٰةِ ٱلدُّنْيَا ۖ ثُمَّ يَوْمَ ٱلْقِيَٰمَةِ يَكْفُرُ بَعْضُكُم بِبَعْضٍۢ وَيَلْعَنُ بَعْضُكُم بَعْضًۭا وَمَأْوَىٰكُمُ ٱلنَّارُ وَمَا لَكُم مِّن نَّٰصِرِينَ

Цо /ИбрахIимо/ элира: "Баккъалла а, аша леци-кх Дела а витина цIуш безам хилла вовшийн юкъахь дуьненан дахарехь. ТIаьхьа къемат дийнахь шух цхьаболчара вакхарна керста дер ма ду‚ цхьаболчара вакхарна неIалт эр ма ду‚ шун чугIойла цIе ма ю‚ ма бац шуна цхьа а гIоьнчий".

29:26

۞ فَـَٔامَنَ لَهُۥ لُوطٌۭ ۘ وَقَالَ إِنِّى مُهَاجِرٌ إِلَىٰ رَبِّىٓ ۖ إِنَّهُۥ هُوَ ٱلْعَزِيزُ ٱلْحَكِيمُ

Цунах тийшира ЛутI. Цо элира: "Со дIакхелха сан Кхиош-кхобучуьнга‚ баккъалла а, Иза ву веза верг а‚ хьукаме верг а".

29:27

وَوَهَبْنَا لَهُۥٓ إِسْحَٰقَ وَيَعْقُوبَ وَجَعَلْنَا فِى ذُرِّيَّتِهِ ٱلنُّبُوَّةَ وَٱلْكِتَٰبَ وَءَاتَيْنَٰهُ أَجْرَهُۥ فِى ٱلدُّنْيَا ۖ وَإِنَّهُۥ فِى ٱلْءَاخِرَةِ لَمِنَ ٱلصَّٰلِحِينَ

Оха велира цуна /ИбрахIимна/ Исхьакъ а‚ ЯIкъуб а‚ хилийтира цуьнан зуьрретехь пайхамаралла а‚ жайна а, дIаелира цуна шен ял дуьненахь. Баккъалла а, иза эхартахь а дикачарех ма ву.

29:28

وَلُوطًا إِذْ قَالَ لِقَوْمِهِۦٓ إِنَّكُمْ لَتَأْتُونَ ٱلْفَٰحِشَةَ مَا سَبَقَكُم بِهَا مِنْ أَحَدٍۢ مِّنَ ٱلْعَٰلَمِينَ

ЛутI а /хьахаве/‚ цо ма элира шен къаме: "Баккъалла а, аша кхуллуш ма ду боьханиг‚ шеца шул хьалха Iаламех цхьа а ца ваьлларг.

29:29

أَئِنَّكُمْ لَتَأْتُونَ ٱلرِّجَالَ وَتَقْطَعُونَ ٱلسَّبِيلَ وَتَأْتُونَ فِى نَادِيكُمُ ٱلْمُنكَرَ ۖ فَمَا كَانَ جَوَابَ قَوْمِهِۦٓ إِلَّآ أَن قَالُوا۟ ٱئْتِنَا بِعَذَابِ ٱللَّهِ إِن كُنتَ مِنَ ٱلصَّٰدِقِينَ

Шу доьду ткъа божаршна тIе‚ аша хеда ма бо ткъа некъ. Аша леладо шайн синкъерамехь ирчаниг." Ца хилира цуьнан къоман жоп цара алар бен: "Дайта тхуна Делан Iазап‚ хьуьо хиллехь бакълуьйчарех".

29:30

قَالَ رَبِّ ٱنصُرْنِى عَلَى ٱلْقَوْمِ ٱلْمُفْسِدِينَ

Цо элира: "Сан Кхиош-кхобушверг‚ Ахьа гIо делахь суна пасад хIума лелочу къоман тIехь".

29:31

وَلَمَّا جَآءَتْ رُسُلُنَآ إِبْرَٰهِيمَ بِٱلْبُشْرَىٰ قَالُوٓا۟ إِنَّا مُهْلِكُوٓا۟ أَهْلِ هَٰذِهِ ٱلْقَرْيَةِ ۖ إِنَّ أَهْلَهَا كَانُوا۟ ظَٰلِمِينَ

Тхан элчанаш баьхкича ИбрахIимна тIе кхаъца‚ цара элира: "Баккъалла а, тхо ду хIокху юьртан нах хIаллак бан дохкуш. Баккъалла а, цуьнан нах хили зуламхой".

29:32

قَالَ إِنَّ فِيهَا لُوطًۭا ۚ قَالُوا۟ نَحْنُ أَعْلَمُ بِمَن فِيهَا ۖ لَنُنَجِّيَنَّهُۥ وَأَهْلَهُۥٓ إِلَّا ٱمْرَأَتَهُۥ كَانَتْ مِنَ ٱلْغَٰبِرِينَ

Цо /ИбрахIим пайхамара/ элира: "Ткъа царна юккъехь ЛутI ма ву-й". Цара элира: "Тхо дика хууш ду цу чохь верг. Оха ваккханне а кIелхьаравоккхур ву иза а‚ цуьнан доьзал а‚ цуьнан зуда йоцург - иза хили байначарех".

29:33

وَلَمَّآ أَن جَآءَتْ رُسُلُنَا لُوطًۭا سِىٓءَ بِهِمْ وَضَاقَ بِهِمْ ذَرْعًۭا وَقَالُوا۟ لَا تَخَفْ وَلَا تَحْزَنْ ۖ إِنَّا مُنَجُّوكَ وَأَهْلَكَ إِلَّا ٱمْرَأَتَكَ كَانَتْ مِنَ ٱلْغَٰبِرِينَ

Тхан элчанаш баьхкича ЛутI волчу - уьш бахьанехь пошме хилира иза‚ дог гатделира /кийрахь – уьш шен къоман боьхачу хIуманах ларбалур бац шена моттаделла/. Цара /шаьш Делан элчий дуй хаийтина/ элира: "Хьо ма кхера‚ ахьа сагат ма де. Баккъалла а, тхо ду хьо кIелхьаравоккхур верш‚ хьан доьзал а‚ хьан зуда йоцург - иза хили байначарех.

29:34

إِنَّا مُنزِلُونَ عَلَىٰٓ أَهْلِ هَٰذِهِ ٱلْقَرْيَةِ رِجْزًۭا مِّنَ ٱلسَّمَآءِ بِمَا كَانُوا۟ يَفْسُقُونَ

Баккъалла а, Оха доссор ду хIокху юьртан нахана тIе Iазап стиглара уьш песакх хиларна".

29:35

وَلَقَد تَّرَكْنَا مِنْهَآ ءَايَةًۢ بَيِّنَةًۭ لِّقَوْمٍۢ يَعْقِلُونَ

Оха дитира цунах билгала асар хьекъалечу нахана.

29:36

وَإِلَىٰ مَدْيَنَ أَخَاهُمْ شُعَيْبًۭا فَقَالَ يَٰقَوْمِ ٱعْبُدُوا۟ ٱللَّهَ وَٱرْجُوا۟ ٱلْيَوْمَ ٱلْءَاخِرَ وَلَا تَعْثَوْا۟ فِى ٱلْأَرْضِ مُفْسِدِينَ

Мадъяне /вахийтира Оха/ церан ваша ШуIайб. Цо элира: "ХIай сан къам‚ Далла Iибадат де‚ дог даха эхарчу дийне‚ ма даржа де лаьттахь пасад хIума".

29:37

فَكَذَّبُوهُ فَأَخَذَتْهُمُ ٱلرَّجْفَةُ فَأَصْبَحُوا۟ فِى دَارِهِمْ جَٰثِمِينَ

Цара иза харцвира. Уьш схьалецира /лаьтта/ ластаро - тIаккха уьш Iуьйранга белира шайн цIеношкахь горабахана.

29:38

وَعَادًۭا وَثَمُودَا۟ وَقَد تَّبَيَّنَ لَكُم مِّن مَّسَٰكِنِهِمْ ۖ وَزَيَّنَ لَهُمُ ٱلشَّيْطَٰنُ أَعْمَٰلَهُمْ فَصَدَّهُمْ عَنِ ٱلسَّبِيلِ وَكَانُوا۟ مُسْتَبْصِرِينَ

Iадаш а‚ Самудаш а /хIаллакбира Оха/. Шуна гучуделира церан цIенош. Хазъйира царна шайтIано шайн Iамалш‚ цо дIатилира уьш /нисчу/ некъах‚ уьш хиллехь а дика гуш.

29:39

وَقَٰرُونَ وَفِرْعَوْنَ وَهَٰمَٰنَ ۖ وَلَقَدْ جَآءَهُم مُّوسَىٰ بِٱلْبَيِّنَٰتِ فَٱسْتَكْبَرُوا۟ فِى ٱلْأَرْضِ وَمَا كَانُوا۟ سَٰبِقِينَ

Къарун а‚ ФирIавн а‚ ХIаман а /хIаллак вира Оха/. Веара цаьрга Муса билгалонашца‚ куралла йира цара лаьттахь‚ уьш ца хилира хьалхаболурш /Тхан Iазапах/.

29:40

فَكُلًّا أَخَذْنَا بِذَنۢبِهِۦ ۖ فَمِنْهُم مَّنْ أَرْسَلْنَا عَلَيْهِ حَاصِبًۭا وَمِنْهُم مَّنْ أَخَذَتْهُ ٱلصَّيْحَةُ وَمِنْهُم مَّنْ خَسَفْنَا بِهِ ٱلْأَرْضَ وَمِنْهُم مَّنْ أَغْرَقْنَا ۚ وَمَا كَانَ ٱللَّهُ لِيَظْلِمَهُمْ وَلَٰكِن كَانُوٓا۟ أَنفُسَهُمْ يَظْلِمُونَ

Массо а схьалецира Оха шен къица. Царех бу Оха шайна тIе чIогIа мох бахийтинарш а‚ царех бу мохь тохаро схьалийцинарш а‚ царех бу Оха шаьш лаьттан буха бахийтинарш а‚ царех бу Оха шаьш хина буха бахийтинарш а. Ца хилира Дела царна зулам деш‚ делахь а шаьш хилира уьш шайна зулам деш.

29:41

مَثَلُ ٱلَّذِينَ ٱتَّخَذُوا۟ مِن دُونِ ٱللَّهِ أَوْلِيَآءَ كَمَثَلِ ٱلْعَنكَبُوتِ ٱتَّخَذَتْ بَيْتًۭا ۖ وَإِنَّ أَوْهَنَ ٱلْبُيُوتِ لَبَيْتُ ٱلْعَنكَبُوتِ ۖ لَوْ كَانُوا۟ يَعْلَمُونَ

Дела воцург гIоьнчий лаьцначаьрийн мисал хIусам лаьцначу гезган мисалх тера ду - баккъалла а, уггар ледара хIусам гезган хIусам ю‚ уьш хууш хиллехь.

29:42

إِنَّ ٱللَّهَ يَعْلَمُ مَا يَدْعُونَ مِن دُونِهِۦ مِن شَىْءٍۢ ۚ وَهُوَ ٱلْعَزِيزُ ٱلْحَكِيمُ

Баккъалла а, Далла хууш ду Ша витина цара кхойкху хIума. Иза веза верг а ву‚ хьукаме верг а ву.

29:43

وَتِلْكَ ٱلْأَمْثَٰلُ نَضْرِبُهَا لِلنَّاسِ ۖ وَمَا يَعْقِلُهَآ إِلَّا ٱلْعَٰلِمُونَ

ХIара мисалш Оха даладо нахана. Церан ойла-м ца йо Iеламнаха бен.

29:44

خَلَقَ ٱللَّهُ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضَ بِٱلْحَقِّ ۚ إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَةًۭ لِّلْمُؤْمِنِينَ

Дала кхоьллина стигланаш а‚ лаьтта а бакъонца. Баккъалла а, цу чохь делил ду муъма нахана.

29:45

ٱتْلُ مَآ أُوحِىَ إِلَيْكَ مِنَ ٱلْكِتَٰبِ وَأَقِمِ ٱلصَّلَوٰةَ ۖ إِنَّ ٱلصَّلَوٰةَ تَنْهَىٰ عَنِ ٱلْفَحْشَآءِ وَٱلْمُنكَرِ ۗ وَلَذِكْرُ ٱللَّهِ أَكْبَرُ ۗ وَٱللَّهُ يَعْلَمُ مَا تَصْنَعُونَ

Ахьа деша хьайга вехьеца даийтинчу жайнах‚ ламаз хIоттаде. Баккъалла а, ламазо духатуху боьханиг а‚ ирчаниг а. Дела хьехор мелхо а доккха ду. Дела хууш ву аша дийриг.