Skip to content
QuranOlive

Juz 22 of 30 · 169 ayahs

ومن يقنتPara 22: Wa Man Yaqnut — Chechen

Juz 22, known as Para 22 “Wa Man Yaqnut” (ومن يقنت), runs from Surah Al-Ahzab 33:31 to Surah Ya-Sin 36:27. Read the full para online in Arabic with Chechen translation and audio.

33:31

۞ وَمَن يَقْنُتْ مِنكُنَّ لِلَّهِ وَرَسُولِهِۦ وَتَعْمَلْ صَٰلِحًۭا نُّؤْتِهَآ أَجْرَهَا مَرَّتَيْنِ وَأَعْتَدْنَا لَهَا رِزْقًۭا كَرِيمًۭا

Шух Далла а‚ Цуьнан элчана а муьтIахь хилларг а‚ дика Iамал а йинарг - цуна ял лур ю Оха шозза. Оха цуна кечдина сийлахь рицIкъ.

33:32

يَٰنِسَآءَ ٱلنَّبِىِّ لَسْتُنَّ كَأَحَدٍۢ مِّنَ ٱلنِّسَآءِ ۚ إِنِ ٱتَّقَيْتُنَّ فَلَا تَخْضَعْنَ بِٱلْقَوْلِ فَيَطْمَعَ ٱلَّذِى فِى قَلْبِهِۦ مَرَضٌۭ وَقُلْنَ قَوْلًۭا مَّعْرُوفًۭا

ХIай пайхамаран зударий! Шу дац зударех цхьаннега тера. Шу /Делах/ кхоьруш делахь ма хила дашца кIеда /хийрачу божаршна/ - тIаккха шен дагчохь цамгар ерг тIе хьийзар ву‚ аша ала дика дош.

33:33

وَقَرْنَ فِى بُيُوتِكُنَّ وَلَا تَبَرَّجْنَ تَبَرُّجَ ٱلْجَٰهِلِيَّةِ ٱلْأُولَىٰ ۖ وَأَقِمْنَ ٱلصَّلَوٰةَ وَءَاتِينَ ٱلزَّكَوٰةَ وَأَطِعْنَ ٱللَّهَ وَرَسُولَهُۥٓ ۚ إِنَّمَا يُرِيدُ ٱللَّهُ لِيُذْهِبَ عَنكُمُ ٱلرِّجْسَ أَهْلَ ٱلْبَيْتِ وَيُطَهِّرَكُمْ تَطْهِيرًۭا

Шайн цIеношкахь совца‚ кеч ма ло хьалхалера жехIаллин кеч баларца. Ламаз а хIоттаде‚ закат а ло‚ Далла а‚ Цуьнан элчана а муьтIахь хила. Баккъалла а, Далла лаьа, /хIай пайхамаран/ цIийнан охIла, шух боьху хIума дIадаккха а, шу цIандан а цIандарца.

33:34

وَٱذْكُرْنَ مَا يُتْلَىٰ فِى بُيُوتِكُنَّ مِنْ ءَايَٰتِ ٱللَّهِ وَٱلْحِكْمَةِ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ كَانَ لَطِيفًا خَبِيرًا

Дагадайта шайн цIеношкахь доьшуш долу Делан аяташ а‚ хьикмат а. Баккъалла а, Дела хили тIекаре верг а‚ сов дика хууш верг а.

33:35

إِنَّ ٱلْمُسْلِمِينَ وَٱلْمُسْلِمَٰتِ وَٱلْمُؤْمِنِينَ وَٱلْمُؤْمِنَٰتِ وَٱلْقَٰنِتِينَ وَٱلْقَٰنِتَٰتِ وَٱلصَّٰدِقِينَ وَٱلصَّٰدِقَٰتِ وَٱلصَّٰبِرِينَ وَٱلصَّٰبِرَٰتِ وَٱلْخَٰشِعِينَ وَٱلْخَٰشِعَٰتِ وَٱلْمُتَصَدِّقِينَ وَٱلْمُتَصَدِّقَٰتِ وَٱلصَّٰٓئِمِينَ وَٱلصَّٰٓئِمَٰتِ وَٱلْحَٰفِظِينَ فُرُوجَهُمْ وَٱلْحَٰفِظَٰتِ وَٱلذَّٰكِرِينَ ٱللَّهَ كَثِيرًۭا وَٱلذَّٰكِرَٰتِ أَعَدَّ ٱللَّهُ لَهُم مَّغْفِرَةًۭ وَأَجْرًا عَظِيمًۭا

Баккъалла а, бусулба божарий а‚ бусулба зударий а‚ муъма божарий а‚ муъма зударий а‚ /Делах/ кхоьруш болу божарий а‚ /Делах/ кхоьруш болу зударий а‚ бакълуьйш болу божарий а‚ бакълуьйш болу зударий а‚ собаре болу божарий а‚ собаре болу зударий а‚ /Далла/ муьтIахь болу божарий а‚ /Далла/ муьтIахь болу зударий а‚ сагIа луш болу божарий а‚ сагIа луш болу зударий а‚ марха лоцу божарий а‚ марха лоцу зударий а‚ шен эхье йолу меттигаш ларош болу божарий а‚ зударий а‚ дуккха Дела хьехош волу божарий а‚ зударий а - кечдина Дала царна гечдар а‚ сийлахь-йоккха ял а.

33:36

وَمَا كَانَ لِمُؤْمِنٍۢ وَلَا مُؤْمِنَةٍ إِذَا قَضَى ٱللَّهُ وَرَسُولُهُۥٓ أَمْرًا أَن يَكُونَ لَهُمُ ٱلْخِيَرَةُ مِنْ أَمْرِهِمْ ۗ وَمَن يَعْصِ ٱللَّهَ وَرَسُولَهُۥ فَقَدْ ضَلَّ ضَلَٰلًۭا مُّبِينًۭا

Яц муъма стагана‚ я муъма зудчунна Дала а‚ Цуьнан элчано а цхьа гIуллакх кхочушдича шайн гIуллакхах /шайн дезарг/ харжан бакъо. Далла а‚ Цуьнан элчана а Iесалла еш верг тилавелла билгалчу тиларца.

33:37

وَإِذْ تَقُولُ لِلَّذِىٓ أَنْعَمَ ٱللَّهُ عَلَيْهِ وَأَنْعَمْتَ عَلَيْهِ أَمْسِكْ عَلَيْكَ زَوْجَكَ وَٱتَّقِ ٱللَّهَ وَتُخْفِى فِى نَفْسِكَ مَا ٱللَّهُ مُبْدِيهِ وَتَخْشَى ٱلنَّاسَ وَٱللَّهُ أَحَقُّ أَن تَخْشَىٰهُ ۖ فَلَمَّا قَضَىٰ زَيْدٌۭ مِّنْهَا وَطَرًۭا زَوَّجْنَٰكَهَا لِكَىْ لَا يَكُونَ عَلَى ٱلْمُؤْمِنِينَ حَرَجٌۭ فِىٓ أَزْوَٰجِ أَدْعِيَآئِهِمْ إِذَا قَضَوْا۟ مِنْهُنَّ وَطَرًۭا ۚ وَكَانَ أَمْرُ ٱللَّهِ مَفْعُولًۭا

/Хьажал/ ахьа ма элира Дала а‚ ахьа а шен ниIмат деллачуьнга: "Хьайгахь кхаба хьан зуда‚ Делах кхера!" Ахьа хьулдийра хьайгахь Дала гучадоккхуш дерг. Хьо кхоьрура нахах‚ ткъа Дела мелхо там болуш вара хьо Шех кхера. Зайда цуьнца шен лаам кхочушбича (цо иза йитича, Iиддат чекхдаьлча)‚ Оха иза хьуна ялира муъма нахана хало ца хилийтархьама шаьш дай хIоьттинчу кIентийн зударий бало цара шайн царца долу гIуллакх чекхдаькхича /шарIехь уьш битича/. Хили Делан гIуллакх дина даьлла.

33:38

مَّا كَانَ عَلَى ٱلنَّبِىِّ مِنْ حَرَجٍۢ فِيمَا فَرَضَ ٱللَّهُ لَهُۥ ۖ سُنَّةَ ٱللَّهِ فِى ٱلَّذِينَ خَلَوْا۟ مِن قَبْلُ ۚ وَكَانَ أَمْرُ ٱللَّهِ قَدَرًۭا مَّقْدُورًا

Пайхамарна хало хила мегар дац Дала Шена тIе диллинчуьнгахь - Делан Iадат /ду иза/ хьалха баханчаьргахь а хилла. Хили Делан гIуллакх азаллехь кхочуш хилла.

33:39

ٱلَّذِينَ يُبَلِّغُونَ رِسَٰلَٰتِ ٱللَّهِ وَيَخْشَوْنَهُۥ وَلَا يَخْشَوْنَ أَحَدًا إِلَّا ٱللَّهَ ۗ وَكَفَىٰ بِٱللَّهِ حَسِيبًۭا

Ишттанаш бу уьш /хьалха баханарш/ шаьш Делан элчаналла кхочуш дина‚ Цунах кхоьруш болуш‚ Дела воцучех цхьаннех ца кхоьруш. Делаца кхачо хилла хьесапдийриг.

33:40

مَّا كَانَ مُحَمَّدٌ أَبَآ أَحَدٍۢ مِّن رِّجَالِكُمْ وَلَٰكِن رَّسُولَ ٱللَّهِ وَخَاتَمَ ٱلنَّبِيِّۦنَ ۗ وَكَانَ ٱللَّهُ بِكُلِّ شَىْءٍ عَلِيمًۭا

Ца хилла Мухьаммад шун божарех цхьанне а да‚ делахь а Делан элча а‚ пайхамарийн мухIар а ду иза. Хили Дела массо хIума хууш верг.

33:41

يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ ٱذْكُرُوا۟ ٱللَّهَ ذِكْرًۭا كَثِيرًۭا

ХIай иман диллинарш! Хьехаве Дела дукха хьехаварца.

33:42

وَسَبِّحُوهُ بُكْرَةًۭ وَأَصِيلًا

Тасбахь де Цуна Iуьйранна а‚ суьйранна а.

33:43

هُوَ ٱلَّذِى يُصَلِّى عَلَيْكُمْ وَمَلَٰٓئِكَتُهُۥ لِيُخْرِجَكُم مِّنَ ٱلظُّلُمَٰتِ إِلَى ٱلنُّورِ ۚ وَكَانَ بِٱلْمُؤْمِنِينَ رَحِيمًۭا

Иза ву шух къинхетамбеш верг‚ Цуьнан маликаш а /ду шуна гечдар доьхуш/‚ шу боданера серлонга дахархьама. Иза хили муъма нахах къинхетамбеш верг.

33:44

تَحِيَّتُهُمْ يَوْمَ يَلْقَوْنَهُۥ سَلَٰمٌۭ ۚ وَأَعَدَّ لَهُمْ أَجْرًۭا كَرِيمًۭا

Церан маршал Цуьнца цхьанакхитинчу дийнахь - салам ду. Цо кечйина царна сийлахь ял.

33:45

يَٰٓأَيُّهَا ٱلنَّبِىُّ إِنَّآ أَرْسَلْنَٰكَ شَٰهِدًۭا وَمُبَشِّرًۭا وَنَذِيرًۭا

ХIай пайхамар! Баккъалла а, Оха вахийтина хьо теш хилла‚ кхаъанча хилла‚ кхерамча хилла.

33:46

وَدَاعِيًا إِلَى ٱللَّهِ بِإِذْنِهِۦ وَسِرَاجًۭا مُّنِيرًۭا

Деле кхойкхуш верг а хилла Цуьнан пурбанца‚ нуре чиркх а хилла /вахийтина хьо/.

33:47

وَبَشِّرِ ٱلْمُؤْمِنِينَ بِأَنَّ لَهُم مِّنَ ٱللَّهِ فَضْلًۭا كَبِيرًۭا

Ахьа кхаъ баккха муъма нахана царна Делера доккха дозалла ду‚ аьлла.

33:48

وَلَا تُطِعِ ٱلْكَٰفِرِينَ وَٱلْمُنَٰفِقِينَ وَدَعْ أَذَىٰهُمْ وَتَوَكَّلْ عَلَى ٱللَّهِ ۚ وَكَفَىٰ بِٱللَّهِ وَكِيلًۭا

МуьтIахь ма хилалахь /Делах/ цатешачаьрна а‚ мунепакъашна а‚ дита церан /хьуна деш долу/ халахетарш. Далла тIе товжа. Кхачо хили Делаца векал.

33:49

يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوٓا۟ إِذَا نَكَحْتُمُ ٱلْمُؤْمِنَٰتِ ثُمَّ طَلَّقْتُمُوهُنَّ مِن قَبْلِ أَن تَمَسُّوهُنَّ فَمَا لَكُمْ عَلَيْهِنَّ مِنْ عِدَّةٍۢ تَعْتَدُّونَهَا ۖ فَمَتِّعُوهُنَّ وَسَرِّحُوهُنَّ سَرَاحًۭا جَمِيلًۭا

ХIай иман диллинарш! Аша муъма зударий балийча‚ тIаккха уьш битича шу царех хьакхадалале шуна царна тIехь цхьа Iидда дац аша тергал дан дезаш. Ло цаьрна шайн пайда эццал хIума‚ хазачу кепара бита уьш.

33:50

يَٰٓأَيُّهَا ٱلنَّبِىُّ إِنَّآ أَحْلَلْنَا لَكَ أَزْوَٰجَكَ ٱلَّٰتِىٓ ءَاتَيْتَ أُجُورَهُنَّ وَمَا مَلَكَتْ يَمِينُكَ مِمَّآ أَفَآءَ ٱللَّهُ عَلَيْكَ وَبَنَاتِ عَمِّكَ وَبَنَاتِ عَمَّٰتِكَ وَبَنَاتِ خَالِكَ وَبَنَاتِ خَٰلَٰتِكَ ٱلَّٰتِى هَاجَرْنَ مَعَكَ وَٱمْرَأَةًۭ مُّؤْمِنَةً إِن وَهَبَتْ نَفْسَهَا لِلنَّبِىِّ إِنْ أَرَادَ ٱلنَّبِىُّ أَن يَسْتَنكِحَهَا خَالِصَةًۭ لَّكَ مِن دُونِ ٱلْمُؤْمِنِينَ ۗ قَدْ عَلِمْنَا مَا فَرَضْنَا عَلَيْهِمْ فِىٓ أَزْوَٰجِهِمْ وَمَا مَلَكَتْ أَيْمَٰنُهُمْ لِكَيْلَا يَكُونَ عَلَيْكَ حَرَجٌۭ ۗ وَكَانَ ٱللَّهُ غَفُورًۭا رَّحِيمًۭا

ХIай пайхамар! Оха хьанал бина хьуна хьан зударий‚ ахьа шайна мах белла болу‚ хьан аьтту куьйга дола динарш хьуна Дала хIонсана беллачарех‚ хьан ден вешин мехкарий а‚ хьан ден йишин мехкарий а‚ хьан ненан вешин мехкарий а‚ хьан ненан йишин мехкарий а‚ шаьш хьоьца хIижар дина болу; /кхин муьлхха/ муъма зуда а‚ цо ша пайхамарна дIалахь‚ пайхамарна иза ялон а лаахь‚ еккъа хьуна а /хIай пайхамар/ хуьлуш кхин муъма нахана йоцуш. Тхуна хии‚ хIун тIе диллина Оха царна шайн зударшкахь‚ аьтту куьйгаша дола диначаьргахь а‚ хьуна хало ца хилийтархьама. Хили Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.

33:51

۞ تُرْجِى مَن تَشَآءُ مِنْهُنَّ وَتُـْٔوِىٓ إِلَيْكَ مَن تَشَآءُ ۖ وَمَنِ ٱبْتَغَيْتَ مِمَّنْ عَزَلْتَ فَلَا جُنَاحَ عَلَيْكَ ۚ ذَٰلِكَ أَدْنَىٰٓ أَن تَقَرَّ أَعْيُنُهُنَّ وَلَا يَحْزَنَّ وَيَرْضَيْنَ بِمَآ ءَاتَيْتَهُنَّ كُلُّهُنَّ ۚ وَٱللَّهُ يَعْلَمُ مَا فِى قُلُوبِكُمْ ۚ وَكَانَ ٱللَّهُ عَلِيمًا حَلِيمًۭا

Ахьа тIаьхьатоттур ю хьайна луург царех; хьайна тIелоцур ю хьайна луург‚ хьайна езахь айхьа юьстах яьккхиначарех - къа дац хьуна. Иза мелхо герга ду церан бIаьргаш бузарна‚ уьш сингаттаме ма хуьлийла‚ уьш реза хуьлийла ахьа шайна деллачунах - уьш массо а. Далла хаьа шун дегнашкахь дерг. Хили Дела хууш верг а‚ эсала верг а.

33:52

لَّا يَحِلُّ لَكَ ٱلنِّسَآءُ مِنۢ بَعْدُ وَلَآ أَن تَبَدَّلَ بِهِنَّ مِنْ أَزْوَٰجٍۢ وَلَوْ أَعْجَبَكَ حُسْنُهُنَّ إِلَّا مَا مَلَكَتْ يَمِينُكَ ۗ وَكَانَ ٱللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَىْءٍۢ رَّقِيبًۭا

Хьанал бац хьуна зударий царел сов а‚ уьш хийцабар а /кхечу/ зударех‚ церан хазалло хьо цецваккхахь а‚ хьан аьтту куьйго дола дина боцурш. Хили Дела массо хIуманна тIехь тергал деш верг.

33:53

يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ لَا تَدْخُلُوا۟ بُيُوتَ ٱلنَّبِىِّ إِلَّآ أَن يُؤْذَنَ لَكُمْ إِلَىٰ طَعَامٍ غَيْرَ نَٰظِرِينَ إِنَىٰهُ وَلَٰكِنْ إِذَا دُعِيتُمْ فَٱدْخُلُوا۟ فَإِذَا طَعِمْتُمْ فَٱنتَشِرُوا۟ وَلَا مُسْتَـْٔنِسِينَ لِحَدِيثٍ ۚ إِنَّ ذَٰلِكُمْ كَانَ يُؤْذِى ٱلنَّبِىَّ فَيَسْتَحْىِۦ مِنكُمْ ۖ وَٱللَّهُ لَا يَسْتَحْىِۦ مِنَ ٱلْحَقِّ ۚ وَإِذَا سَأَلْتُمُوهُنَّ مَتَٰعًۭا فَسْـَٔلُوهُنَّ مِن وَرَآءِ حِجَابٍۢ ۚ ذَٰلِكُمْ أَطْهَرُ لِقُلُوبِكُمْ وَقُلُوبِهِنَّ ۚ وَمَا كَانَ لَكُمْ أَن تُؤْذُوا۟ رَسُولَ ٱللَّهِ وَلَآ أَن تَنكِحُوٓا۟ أَزْوَٰجَهُۥ مِنۢ بَعْدِهِۦٓ أَبَدًا ۚ إِنَّ ذَٰلِكُمْ كَانَ عِندَ ٱللَّهِ عَظِيمًا

ХIай иман диллинарш! Пайхамаран цIеношка чу ма гIолаша шайна пурба делчи бен кхача баа и /кхача/ кечбина баларе хьоьжуш ца Iаш. Мухха делахь шайга кхийкхича - чу гIо‚ шаьш хIума йиъча дIасхьадаржа‚ хабарна юкъа а ца гIош. Баккъалла а, шун иштта хилара пайхамарна новкъарло йо‚ цуна шух эхь хета /шуьга ала/. Далла эхь ца хета бакъдолчух. Аша цаьрга /элчан зударшка/ цхьа хIума ехахь‚ аша еха и цаьрга кирхьана юккъехула. Иза мелхо цIена ду шун дегнашна а‚ церан дегнашна а. Шуна мегара дац Делан элчана новкъарло ян а‚ цуьнан зударий балабан а цул тIаьхьа цIеллигацIа. Баккъалла а, иза хили Далла гергахь доккханиг.

33:54

إِن تُبْدُوا۟ شَيْـًٔا أَوْ تُخْفُوهُ فَإِنَّ ٱللَّهَ كَانَ بِكُلِّ شَىْءٍ عَلِيمًۭا

Аша гучадаккхахь а цхьа хIума‚ я хьулдахь и - баккъалла а, Дела хили массо хIума хууш верг.

33:55

لَّا جُنَاحَ عَلَيْهِنَّ فِىٓ ءَابَآئِهِنَّ وَلَآ أَبْنَآئِهِنَّ وَلَآ إِخْوَٰنِهِنَّ وَلَآ أَبْنَآءِ إِخْوَٰنِهِنَّ وَلَآ أَبْنَآءِ أَخَوَٰتِهِنَّ وَلَا نِسَآئِهِنَّ وَلَا مَا مَلَكَتْ أَيْمَٰنُهُنَّ ۗ وَٱتَّقِينَ ٱللَّهَ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ كَانَ عَلَىٰ كُلِّ شَىْءٍۢ شَهِيدًا

Къа дац царна /зударшна‚ шайн юьхь гайта/ шайн дайшкахь‚ шайн кIенташкахь‚ шайн вежаршкахь‚ шайн вежарийн кIенташкахь‚ шайн йижарийн кIенташкахь‚ шайн /хьалхахь болчу/ зударшкахь‚ шайн аьтту куьйгаша дола диначаьргахь. Делах кхералаш /шу зударий - хийрачу божаршна гучабаларехь/. Баккъалла а, Дела хили массо хIуманна тIехь теш.

33:56

إِنَّ ٱللَّهَ وَمَلَٰٓئِكَتَهُۥ يُصَلُّونَ عَلَى ٱلنَّبِىِّ ۚ يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ صَلُّوا۟ عَلَيْهِ وَسَلِّمُوا۟ تَسْلِيمًا

Баккъалла а, Дала а‚ Цуьнан маликаша а салот дуьллу пайхамарна. ХIай иман диллинарш! Аша дилла цуна салот‚ салам ло маршаллица.

33:57

إِنَّ ٱلَّذِينَ يُؤْذُونَ ٱللَّهَ وَرَسُولَهُۥ لَعَنَهُمُ ٱللَّهُ فِى ٱلدُّنْيَا وَٱلْءَاخِرَةِ وَأَعَدَّ لَهُمْ عَذَابًۭا مُّهِينًۭا

Баккъалла а, Далла а‚ Цуьнан элчанна а халахоьтуьтуш берш - Дала неIалт аьлла царна дуьненахь а‚ эхартахь а‚ кечдина царна сийсазаллин Iазап.

33:58

وَٱلَّذِينَ يُؤْذُونَ ٱلْمُؤْمِنِينَ وَٱلْمُؤْمِنَٰتِ بِغَيْرِ مَا ٱكْتَسَبُوا۟ فَقَدِ ٱحْتَمَلُوا۟ بُهْتَٰنًۭا وَإِثْمًۭا مُّبِينًۭا

Муъма нахана а‚ муъма зударшна а халахоьтуьйтуш берш цара ца динчуьнца цара дехьна доккха эладита а‚ билгала къа а.

33:59

يَٰٓأَيُّهَا ٱلنَّبِىُّ قُل لِّأَزْوَٰجِكَ وَبَنَاتِكَ وَنِسَآءِ ٱلْمُؤْمِنِينَ يُدْنِينَ عَلَيْهِنَّ مِن جَلَٰبِيبِهِنَّ ۚ ذَٰلِكَ أَدْنَىٰٓ أَن يُعْرَفْنَ فَلَا يُؤْذَيْنَ ۗ وَكَانَ ٱللَّهُ غَفُورًۭا رَّحِيمًۭا

ХIай пайхамар! Ала хьан зударшка а‚ хьан мехкаршка а‚ муъма нехан зударшка а шайна тIе шайн оба /паранжа‚ парду/ узийла цара. Иза мелхо герга ду уьш бовзарна а‚ царна халахетар ца дарна а. Хили Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.

33:60

۞ لَّئِن لَّمْ يَنتَهِ ٱلْمُنَٰفِقُونَ وَٱلَّذِينَ فِى قُلُوبِهِم مَّرَضٌۭ وَٱلْمُرْجِفُونَ فِى ٱلْمَدِينَةِ لَنُغْرِيَنَّكَ بِهِمْ ثُمَّ لَا يُجَاوِرُونَكَ فِيهَآ إِلَّا قَلِيلًۭا

Мунепакъаш а‚ шайн дегнашкахь цамгар ерш а‚ Мадинатехь эладитанаш даржош берш а ца совцахь Оха хIоттор ма ву хьо царна тIе. ТIаккха хьан лулахь уьш цигахь Iийр ма бац кIеззиг бен.

33:61

مَّلْعُونِينَ ۖ أَيْنَمَا ثُقِفُوٓا۟ أُخِذُوا۟ وَقُتِّلُوا۟ تَقْتِيلًۭا

Шайна неIалт хилларш. Миччахь хилахь схьалоьцур ма бу уьш‚ бойур ма бу байарца.

33:62

سُنَّةَ ٱللَّهِ فِى ٱلَّذِينَ خَلَوْا۟ مِن قَبْلُ ۖ وَلَن تَجِدَ لِسُنَّةِ ٱللَّهِ تَبْدِيلًۭا

Делан суннат ду иза‚ хьалха дIабаханчаьргахь а лелла. Хьуна каранне а карор бац Делан суннатана хийцам.

33:63

يَسْـَٔلُكَ ٱلنَّاسُ عَنِ ٱلسَّاعَةِ ۖ قُلْ إِنَّمَا عِلْمُهَا عِندَ ٱللَّهِ ۚ وَمَا يُدْرِيكَ لَعَلَّ ٱلسَّاعَةَ تَكُونُ قَرِيبًا

Хьоьга хоьтту наха сахьтах лаьцна. Ахьа ала: "Цуьнан Iилма Далла гергахь ду". Стено хоуьйту хьоьга? - и сахьт-м герга хилла а мега.

33:64

إِنَّ ٱللَّهَ لَعَنَ ٱلْكَٰفِرِينَ وَأَعَدَّ لَهُمْ سَعِيرًا

Баккъалла а, Дала неIалт аьлла цатешачаьрна‚ Цо кечйина царна жоьжахате.

33:65

خَٰلِدِينَ فِيهَآ أَبَدًۭا ۖ لَّا يَجِدُونَ وَلِيًّۭا وَلَا نَصِيرًۭا

Уьш лаьттар бу цу чохь гуттар. Царна карор вац вали а‚ гIоьнча а.

33:66

يَوْمَ تُقَلَّبُ وُجُوهُهُمْ فِى ٱلنَّارِ يَقُولُونَ يَٰلَيْتَنَآ أَطَعْنَا ٱللَّهَ وَأَطَعْنَا ٱلرَّسُولَا۠

Оцу дийнахь шайн яххьаш цIерга ерзош цара эр ма ду: "Вай хилла хиллехьара Далла муьтIахь‚ элчана муьтIахь!"

33:67

وَقَالُوا۟ رَبَّنَآ إِنَّآ أَطَعْنَا سَادَتَنَا وَكُبَرَآءَنَا فَأَضَلُّونَا ٱلسَّبِيلَا۠

Цара элира: "Тхо Кхиош-кхобушверг‚ тхо муьтIахь хили тхан элашна а‚ тхан тхьамдашна а. Цара тили тхуна некъ.

33:68

رَبَّنَآ ءَاتِهِمْ ضِعْفَيْنِ مِنَ ٱلْعَذَابِ وَٱلْعَنْهُمْ لَعْنًۭا كَبِيرًۭا

Тхан Кхиош-кхобург‚ лолахь царна шозза Iазап‚ доккха неIалт алалахь царна".

33:69

يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ لَا تَكُونُوا۟ كَٱلَّذِينَ ءَاذَوْا۟ مُوسَىٰ فَبَرَّأَهُ ٱللَّهُ مِمَّا قَالُوا۟ ۚ وَكَانَ عِندَ ٱللَّهِ وَجِيهًۭا

ХIай иман диллинарш! Шу ма хилалаш Мусана халахетар диначарех тера. Дала цIанвира иза цара аьллачух. Иза хилира Далла гергахь лоруш верг.

33:70

يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ ٱتَّقُوا۟ ٱللَّهَ وَقُولُوا۟ قَوْلًۭا سَدِيدًۭا

ХIай иман диллинарш! Делах кхералаш‚ нийса дош алалаш.

33:71

يُصْلِحْ لَكُمْ أَعْمَٰلَكُمْ وَيَغْفِرْ لَكُمْ ذُنُوبَكُمْ ۗ وَمَن يُطِعِ ٱللَّهَ وَرَسُولَهُۥ فَقَدْ فَازَ فَوْزًا عَظِيمًا

Цо дика хуьлуьйтур ю шун Iамалш‚ гечдийр ду шуна шун къинош. Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь верг - цо баьккхина боккха толам.

33:72

إِنَّا عَرَضْنَا ٱلْأَمَانَةَ عَلَى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ وَٱلْجِبَالِ فَأَبَيْنَ أَن يَحْمِلْنَهَا وَأَشْفَقْنَ مِنْهَا وَحَمَلَهَا ٱلْإِنسَٰنُ ۖ إِنَّهُۥ كَانَ ظَلُومًۭا جَهُولًۭا

Оха хьалха диллира закъалт стигланашна а‚ лаьттана а‚ лаьмнашна а - уьш дуьхьал хилира и дахьан‚ уьш кхийрира цунах‚ и дIадихьира адамо. Баккъалла а, иза хили-кх зуламе верг а‚ ца хууш верг а.

33:73

لِّيُعَذِّبَ ٱللَّهُ ٱلْمُنَٰفِقِينَ وَٱلْمُنَٰفِقَٰتِ وَٱلْمُشْرِكِينَ وَٱلْمُشْرِكَٰتِ وَيَتُوبَ ٱللَّهُ عَلَى ٱلْمُؤْمِنِينَ وَٱلْمُؤْمِنَٰتِ ۗ وَكَانَ ٱللَّهُ غَفُورًۭا رَّحِيمًۢا

Дала Iазап дархьама мунепакъ божаршна а‚ мунепакъ зударшна а‚ ширк динчу божаршна а‚ ширк динчу зударшна а‚ Дала гечдархьама муъма божаршна а‚ муъма зударшна а. Хили Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.

34:1

ٱلْحَمْدُ لِلَّهِ ٱلَّذِى لَهُۥ مَا فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَمَا فِى ٱلْأَرْضِ وَلَهُ ٱلْحَمْدُ فِى ٱلْءَاخِرَةِ ۚ وَهُوَ ٱلْحَكِيمُ ٱلْخَبِيرُ

Хастам бу Далла‚ Шена стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг долчу‚ Шена хастам болчунна эхартахь а. Иза хьукаме верг а ву‚ сов дика хууш верг а ву.

34:2

يَعْلَمُ مَا يَلِجُ فِى ٱلْأَرْضِ وَمَا يَخْرُجُ مِنْهَا وَمَا يَنزِلُ مِنَ ٱلسَّمَآءِ وَمَا يَعْرُجُ فِيهَا ۚ وَهُوَ ٱلرَّحِيمُ ٱلْغَفُورُ

Цуна хаьа лаьттан чу гIош дерг а‚ цунах схьа долуш дерг а‚ стиглара охьадогIуш дерг а‚ цига ирх долуш дерг а. Иза къинхетаме верг а ву‚ гечдеш верг а ву.

34:3

وَقَالَ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ لَا تَأْتِينَا ٱلسَّاعَةُ ۖ قُلْ بَلَىٰ وَرَبِّى لَتَأْتِيَنَّكُمْ عَٰلِمِ ٱلْغَيْبِ ۖ لَا يَعْزُبُ عَنْهُ مِثْقَالُ ذَرَّةٍۢ فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَلَا فِى ٱلْأَرْضِ وَلَآ أَصْغَرُ مِن ذَٰلِكَ وَلَآ أَكْبَرُ إِلَّا فِى كِتَٰبٍۢ مُّبِينٍۢ

Ца тешачаьра элира: "Сахьт вайна догIур а дац". Ахьа ала: "ХIаъ‚ сан Кхиош-кхобучуьнах дуй боу аса‚ къайлах дерг хууш волчу: догIур долуш ду иза шуна". Цунах /Делах/ къайладер дац мискъала зарратал хIума стигланашкахь а‚ лаьттахь а‚ цул мелхо а жиманиг а, мелхо а доккханиг а‚ билгалчу жайнан чохь долуш а бен.

34:4

لِّيَجْزِىَ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ ۚ أُو۟لَٰٓئِكَ لَهُم مَّغْفِرَةٌۭ وَرِزْقٌۭ كَرِيمٌۭ

Иман диллинчаьрна‚ дика Iамалш йиначаьрна ял ялархьама. Уьш бу шайна гечдар а‚ сийлахь рицIкъ а дерш.

34:5

وَٱلَّذِينَ سَعَوْ فِىٓ ءَايَٰتِنَا مُعَٰجِزِينَ أُو۟لَٰٓئِكَ لَهُمْ عَذَابٌۭ مِّن رِّجْزٍ أَلِيمٌۭ

Тхан аяташ талхо къахоьгуш берш, /уьш/ гIелдан гIерташ - царна Iазап ду лазош долчу таIзарех.

34:6

وَيَرَى ٱلَّذِينَ أُوتُوا۟ ٱلْعِلْمَ ٱلَّذِىٓ أُنزِلَ إِلَيْكَ مِن رَّبِّكَ هُوَ ٱلْحَقَّ وَيَهْدِىٓ إِلَىٰ صِرَٰطِ ٱلْعَزِيزِ ٱلْحَمِيدِ

Шайна Iилма деллачаьрна хаьа хьуна хьан Кхиош-кхобучуьнгара доьссинарг бакъдерг дуйла‚ ша /нах/ нисбеш долу везза волчун‚ хастаме волчун /Делан/ новкъа.

34:7

وَقَالَ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ هَلْ نَدُلُّكُمْ عَلَىٰ رَجُلٍۢ يُنَبِّئُكُمْ إِذَا مُزِّقْتُمْ كُلَّ مُمَزَّقٍ إِنَّكُمْ لَفِى خَلْقٍۢ جَدِيدٍ

Цатешначаьра элира: "Оха нисдой шу цхьана стагана тIе‚ шуьга ша дуьйцуш волчу‚ шу массо кийсагана декъаделча шу керлачу кхолларчохь хир ду /духа дендийр ду/‚ бохуш?

34:8

أَفْتَرَىٰ عَلَى ٱللَّهِ كَذِبًا أَم بِهِۦ جِنَّةٌۢ ۗ بَلِ ٱلَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِٱلْءَاخِرَةِ فِى ٱلْعَذَابِ وَٱلضَّلَٰلِ ٱلْبَعِيدِ

Далла тIе харцдерг кхоьллина цо‚ я цуьнца жинаш ду". ХIаъ‚ эхартах ца тешаш берш Iазапан чохь а‚ генарчу тилар чохь а ма бу.

34:9

أَفَلَمْ يَرَوْا۟ إِلَىٰ مَا بَيْنَ أَيْدِيهِمْ وَمَا خَلْفَهُم مِّنَ ٱلسَّمَآءِ وَٱلْأَرْضِ ۚ إِن نَّشَأْ نَخْسِفْ بِهِمُ ٱلْأَرْضَ أَوْ نُسْقِطْ عَلَيْهِمْ كِسَفًۭا مِّنَ ٱلسَّمَآءِ ۚ إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَةًۭ لِّكُلِّ عَبْدٍۢ مُّنِيبٍۢ

Царна ца го-те шайна хьалхахь а, тIехьахь а дерг, стиглара а, лаьттара а? Тхуна лууш хиллехьара Оха лаьтте худийтар бара уьш‚ я стиглара кийсагаш егор яра царна тIе. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду ша воьрзуш волчу /Деле тоба дарца/ лена.

34:10

۞ وَلَقَدْ ءَاتَيْنَا دَاوُۥدَ مِنَّا فَضْلًۭا ۖ يَٰجِبَالُ أَوِّبِى مَعَهُۥ وَٱلطَّيْرَ ۖ وَأَلَنَّا لَهُ ٱلْحَدِيدَ

Оха деллера Давудана Тхайгара ниIмат‚ /элира/: "ХIай лаьмнаш! Тасбахь де цуьнца цхьана‚ /аша а/ олхазарш". Оха кIаддийра цуна эчиг:

34:11

أَنِ ٱعْمَلْ سَٰبِغَٰتٍۢ وَقَدِّرْ فِى ٱلسَّرْدِ ۖ وَٱعْمَلُوا۟ صَٰلِحًا ۖ إِنِّى بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌۭ

"ГIаьгIнаш е‚ тIе юста /уьш/. Диканиг делаша. Баккъалла а, Со аша дийриг гуш ву".

34:12

وَلِسُلَيْمَٰنَ ٱلرِّيحَ غُدُوُّهَا شَهْرٌۭ وَرَوَاحُهَا شَهْرٌۭ ۖ وَأَسَلْنَا لَهُۥ عَيْنَ ٱلْقِطْرِ ۖ وَمِنَ ٱلْجِنِّ مَن يَعْمَلُ بَيْنَ يَدَيْهِ بِإِذْنِ رَبِّهِۦ ۖ وَمَن يَزِغْ مِنْهُمْ عَنْ أَمْرِنَا نُذِقْهُ مِنْ عَذَابِ ٱلسَّعِيرِ

Сулейманна а /муьтIахь бира Оха/ мох‚ цуьнан Iуьйренан некъ бутт болуш‚ цуьнан суьйренан некъ а бутт болуш. Оха ирабира цуна цIестан хьоста. Жинех ду шаьш цуна хьалхахь болх беш дерш цуьнан Кхиош-кхобучун пурбанца. Царех Тхан омрах дIатилначаьрна Iавшор ду Оха жоьжахатин Iазапах.

34:13

يَعْمَلُونَ لَهُۥ مَا يَشَآءُ مِن مَّحَٰرِيبَ وَتَمَٰثِيلَ وَجِفَانٍۢ كَٱلْجَوَابِ وَقُدُورٍۢ رَّاسِيَٰتٍ ۚ ٱعْمَلُوٓا۟ ءَالَ دَاوُۥدَ شُكْرًۭا ۚ وَقَلِيلٌۭ مِّنْ عِبَادِىَ ٱلشَّكُورُ

Цара еш цуна‚ шена луу‚ михьрабаш‚ сурташ а‚ кедаш черманаш санна‚ чIогIа яйнаш а. Хам бе‚ Давудан доьзал. КIеззиг бу Сан лайх хам беш берш.

34:14

فَلَمَّا قَضَيْنَا عَلَيْهِ ٱلْمَوْتَ مَا دَلَّهُمْ عَلَىٰ مَوْتِهِۦٓ إِلَّا دَآبَّةُ ٱلْأَرْضِ تَأْكُلُ مِنسَأَتَهُۥ ۖ فَلَمَّا خَرَّ تَبَيَّنَتِ ٱلْجِنُّ أَن لَّوْ كَانُوا۟ يَعْلَمُونَ ٱلْغَيْبَ مَا لَبِثُوا۟ فِى ٱلْعَذَابِ ٱلْمُهِينِ

Оха цуна /Сулейманна/ Iожалла тIехIоттича цуна валаран тIе уьш нис ца бира цхьана лаьттан дийнато бен‚ ша цуьнан Iаса юуш. Иза охьавоьжча билгалделира жинашна шайна къайле хууш хиллехьара лаьттар ца хилар шаьш сийсазаллин Iазапехь.

34:15

لَقَدْ كَانَ لِسَبَإٍۢ فِى مَسْكَنِهِمْ ءَايَةٌۭ ۖ جَنَّتَانِ عَن يَمِينٍۢ وَشِمَالٍۢ ۖ كُلُوا۟ مِن رِّزْقِ رَبِّكُمْ وَٱشْكُرُوا۟ لَهُۥ ۚ بَلْدَةٌۭ طَيِّبَةٌۭ وَرَبٌّ غَفُورٌۭ

Хилира сабаашна шайн гIишлошкахь делил: ши беш аьтту агIорхьара а‚ аьрру агIорхьара а. Даа шайн Кхиош-кхобучун рицъкех‚ хам бе Цуна! Токхе мохк а‚ гечдеш волу Кхиош-кхобург /хилира царна/.

34:16

فَأَعْرَضُوا۟ فَأَرْسَلْنَا عَلَيْهِمْ سَيْلَ ٱلْعَرِمِ وَبَدَّلْنَٰهُم بِجَنَّتَيْهِمْ جَنَّتَيْنِ ذَوَاتَىْ أُكُلٍ خَمْطٍۢ وَأَثْلٍۢ وَشَىْءٍۢ مِّن سِدْرٍۢ قَلِيلٍۢ

Юьстах белира уьш /Далла хам барна/‚ Оха доссира царна тIе дуккха Iовраш‚ церан шина бешан меттана хилийтира ши беш къаьхьа стоьмаш болуш‚ аслих а‚ /цхьацца/ хIума кIеззиг сидрех а йолуш.

34:17

ذَٰلِكَ جَزَيْنَٰهُم بِمَا كَفَرُوا۟ ۖ وَهَلْ نُجَٰزِىٓ إِلَّا ٱلْكَفُورَ

Иза бекхам бира Оха царна уьш ца тешаш хиларна. Оха /иштта/ бекхам бой ца тешачаьрна а бен?

34:18

وَجَعَلْنَا بَيْنَهُمْ وَبَيْنَ ٱلْقُرَى ٱلَّتِى بَٰرَكْنَا فِيهَا قُرًۭى ظَٰهِرَةًۭ وَقَدَّرْنَا فِيهَا ٱلسَّيْرَ ۖ سِيرُوا۟ فِيهَا لَيَالِىَ وَأَيَّامًا ءَامِنِينَ

Царна юкъахь а‚ Оха шайна чохь декъалйина хиллачу яртийн юкъахь Оха йира гуш йолу ярташ‚ царна чохь къастийра некъ: "Лела царна чухула буьйсанашкахь а‚ деношкахь а кхерам боцуш!"

34:19

فَقَالُوا۟ رَبَّنَا بَٰعِدْ بَيْنَ أَسْفَارِنَا وَظَلَمُوٓا۟ أَنفُسَهُمْ فَجَعَلْنَٰهُمْ أَحَادِيثَ وَمَزَّقْنَٰهُمْ كُلَّ مُمَزَّقٍ ۚ إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَٰتٍۢ لِّكُلِّ صَبَّارٍۢ شَكُورٍۢ

Цара элира: "Тхан Кхиош-кхобург‚ гена хилийталахь тхан кхерсташ лелар". Цара зулам дира шайна‚ Оха хилийтира царех /нахана/ дийцарш‚ хедийра уьш массо а кийсаг хилла. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду массо собаре волчунна а‚ хам бечунна а.

34:20

وَلَقَدْ صَدَّقَ عَلَيْهِمْ إِبْلِيسُ ظَنَّهُۥ فَٱتَّبَعُوهُ إِلَّا فَرِيقًۭا مِّنَ ٱلْمُؤْمِنِينَ

Иблисо бакъ дайтара цаьрга шена моттар‚ уьш цуна тIаьхьахIоьттира муъма нахах цхьа тоба йоцург.

34:21

وَمَا كَانَ لَهُۥ عَلَيْهِم مِّن سُلْطَٰنٍ إِلَّا لِنَعْلَمَ مَن يُؤْمِنُ بِٱلْءَاخِرَةِ مِمَّنْ هُوَ مِنْهَا فِى شَكٍّۢ ۗ وَرَبُّكَ عَلَىٰ كُلِّ شَىْءٍ حَفِيظٌۭ

Ма яцара цуна царна тIехь цхьа а бакъо‚ деккъа Тхуна хаархьама‚ мила ву эхартах тешаш цунах шеконехь хиллачех. Хьан Кхиош-кхобург массо а хIуманна лардархо ву.

34:22

قُلِ ٱدْعُوا۟ ٱلَّذِينَ زَعَمْتُم مِّن دُونِ ٱللَّهِ ۖ لَا يَمْلِكُونَ مِثْقَالَ ذَرَّةٍۢ فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَلَا فِى ٱلْأَرْضِ وَمَا لَهُمْ فِيهِمَا مِن شِرْكٍۢ وَمَا لَهُۥ مِنْهُم مِّن ظَهِيرٍۢ

Ахьа ала: "Кхайкха шайна Дела витина /делий бу/ метташ хиллачаьрга". Цара дола ма ца до мискъала заррат /хIуманна/ стигланашкахь а‚ лаьттахь а. Ма дац царна цу шиннан чохь цхьа а накъосталла‚ ма вац Цуна царех цхьа а гIоьнча.

34:23

وَلَا تَنفَعُ ٱلشَّفَٰعَةُ عِندَهُۥٓ إِلَّا لِمَنْ أَذِنَ لَهُۥ ۚ حَتَّىٰٓ إِذَا فُزِّعَ عَن قُلُوبِهِمْ قَالُوا۟ مَاذَا قَالَ رَبُّكُمْ ۖ قَالُوا۟ ٱلْحَقَّ ۖ وَهُوَ ٱلْعَلِىُّ ٱلْكَبِيرُ

Пайда бийр бац гIо даккхаро Цуьнан гергахь Цо шена пурба деллачун бен. Шайн дегнашкара кхерам дIабаьккхича‚ цара (шайна шапаIат дан бакъо елла хилла долчу маликаша а, пайхамараша а) элира: "ХIун элира шун Кхиош-кхобучо?" Цара /вовшашка/ элира: "Бакъдерг. Иза лекха а‚ воккха а верг ву".

34:24

۞ قُلْ مَن يَرْزُقُكُم مِّنَ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ ۖ قُلِ ٱللَّهُ ۖ وَإِنَّآ أَوْ إِيَّاكُمْ لَعَلَىٰ هُدًى أَوْ فِى ضَلَٰلٍۢ مُّبِينٍۢ

Ахьа ала: "Мила ву шуна рицIкъ луш верг стигланашкара а‚ латтара а?" Ахьа ала: "Дела ву". Баккъалла а, Тхо я шу нийсачу новкъахь ду я билгалчу тиларан чохь ду".

34:25

قُل لَّا تُسْـَٔلُونَ عَمَّآ أَجْرَمْنَا وَلَا نُسْـَٔلُ عَمَّا تَعْمَلُونَ

Ахьа ала: "Шуга хоттур дац оха къа дарна‚ тхоьга хоттур дац аша деш долчух".

34:26

قُلْ يَجْمَعُ بَيْنَنَا رَبُّنَا ثُمَّ يَفْتَحُ بَيْنَنَا بِٱلْحَقِّ وَهُوَ ٱلْفَتَّاحُ ٱلْعَلِيمُ

Ахьа ала: "Гулдийр ду вай вайн Кхиош-кхобучо тIаккха къастор ду Цо вайна юккъехь бакъдолчуьнца‚ Иза хууш волу къастош верг ву".

34:27

قُلْ أَرُونِىَ ٱلَّذِينَ أَلْحَقْتُم بِهِۦ شُرَكَآءَ ۖ كَلَّا ۚ بَلْ هُوَ ٱللَّهُ ٱلْعَزِيزُ ٱلْحَكِيمُ

Ахьа ала: "Аша гайта суна шаьш Цунах кхиина накъостий". ХIан-хIа! Иза - Дела ву‚ ша везза волу‚ ша хьукаме волу.

34:28

وَمَآ أَرْسَلْنَٰكَ إِلَّا كَآفَّةًۭ لِّلنَّاسِ بَشِيرًۭا وَنَذِيرًۭا وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ ٱلنَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ

Оха ваийтина ма вац хьо массо нахе кхаъ бахьаш верг а‚ кхерамча а хилла бен‚ делахь а дукхох болчу нахана ца хаьа-кх.

34:29

وَيَقُولُونَ مَتَىٰ هَٰذَا ٱلْوَعْدُ إِن كُنتُمْ صَٰدِقِينَ

Цара олу: "Маца /кхочуш/ хир ду и ваIда шу бакълуьйш делахь?"

34:30

قُل لَّكُم مِّيعَادُ يَوْمٍۢ لَّا تَسْتَـْٔخِرُونَ عَنْهُ سَاعَةًۭ وَلَا تَسْتَقْدِمُونَ

Ахьа ала: "Шуна хан тоьхна де ду‚ цунах цхьа сахът тIаьхьадуьсур а дац шу‚ хьалха довлур а дац".

34:31

وَقَالَ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ لَن نُّؤْمِنَ بِهَٰذَا ٱلْقُرْءَانِ وَلَا بِٱلَّذِى بَيْنَ يَدَيْهِ ۗ وَلَوْ تَرَىٰٓ إِذِ ٱلظَّٰلِمُونَ مَوْقُوفُونَ عِندَ رَبِّهِمْ يَرْجِعُ بَعْضُهُمْ إِلَىٰ بَعْضٍ ٱلْقَوْلَ يَقُولُ ٱلَّذِينَ ٱسْتُضْعِفُوا۟ لِلَّذِينَ ٱسْتَكْبَرُوا۟ لَوْلَآ أَنتُمْ لَكُنَّا مُؤْمِنِينَ

Ца тешначаьра элира: "Тешанне а тешар ма дац тхо хIоккху КъурIанах а‚ цул хьалха хиллачух а". Хьуна гуш балхьара и зуламхой шайн Кхиош-кхобучун хьалха хIоттина‚ царех цхьаберш вакхарга дош духадерзадеш‚ шаьш заьIип хиллачаьра куралла еш хиллачаьрга олуш: "Шу ца хиллехьара тхоьх муъма нах хилла хир ма бара".

34:32

قَالَ ٱلَّذِينَ ٱسْتَكْبَرُوا۟ لِلَّذِينَ ٱسْتُضْعِفُوٓا۟ أَنَحْنُ صَدَدْنَٰكُمْ عَنِ ٱلْهُدَىٰ بَعْدَ إِذْ جَآءَكُم ۖ بَلْ كُنتُم مُّجْرِمِينَ

Шаьш куралла еш хиллачаьра элира заьIип хиллачаьрга: "Оха дIатилира шу /нийсачу/ некъах и шуьга беъначул тIаьхьа? ХIаъ‚ шу шаьш хилира къинош деш".

34:33

وَقَالَ ٱلَّذِينَ ٱسْتُضْعِفُوا۟ لِلَّذِينَ ٱسْتَكْبَرُوا۟ بَلْ مَكْرُ ٱلَّيْلِ وَٱلنَّهَارِ إِذْ تَأْمُرُونَنَآ أَن نَّكْفُرَ بِٱللَّهِ وَنَجْعَلَ لَهُۥٓ أَندَادًۭا ۚ وَأَسَرُّوا۟ ٱلنَّدَامَةَ لَمَّا رَأَوُا۟ ٱلْعَذَابَ وَجَعَلْنَا ٱلْأَغْلَٰلَ فِىٓ أَعْنَاقِ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ ۚ هَلْ يُجْزَوْنَ إِلَّا مَا كَانُوا۟ يَعْمَلُونَ

Шаьш заьIип хиллачаьра элира куралла еш хилачаьрга: "ХIаъ‚ буьйсанан а‚ дийнан а мекарлонаца аша тхуна омра ма дора тхо Делах ца тешар‚ Оха Цуьнца кхин нисвар". Цара хьулдийра дохкобовлар шайна Iазап гича. Оха буржолаш туьйхира ца тешаш хиллачаьрийн лагийх. Шаьш деш хиллачуьнца бен бекхам хир бу-й царна?

34:34

وَمَآ أَرْسَلْنَا فِى قَرْيَةٍۢ مِّن نَّذِيرٍ إِلَّا قَالَ مُتْرَفُوهَآ إِنَّا بِمَآ أُرْسِلْتُم بِهِۦ كَٰفِرُونَ

Оха ца ваийтира юьртахь цхьа а кхерамча цуьнан /юьртан/ хьалдолчаьра олуш бен: "Баккъалла а, тхо шу шеца даийтинчун /ца тешаш/ керста ду-кх".

34:35

وَقَالُوا۟ نَحْنُ أَكْثَرُ أَمْوَٰلًۭا وَأَوْلَٰدًۭا وَمَا نَحْنُ بِمُعَذَّبِينَ

Цара элира: "Тхо мелхо алсам ду бахамца а‚ доьзалца а‚ тхуна Iазап дийр дац".

34:36

قُلْ إِنَّ رَبِّى يَبْسُطُ ٱلرِّزْقَ لِمَن يَشَآءُ وَيَقْدِرُ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ ٱلنَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ

Ахьа ала: "Баккъалла а, сан Кхиош-кхобучо рицIкъ даржадо Шена луучунна /дукха луш/‚ барам а бо /кIеззиг луш/‚ делахь а дукхох болчу нахана ца хаьа.

34:37

وَمَآ أَمْوَٰلُكُمْ وَلَآ أَوْلَٰدُكُم بِٱلَّتِى تُقَرِّبُكُمْ عِندَنَا زُلْفَىٰٓ إِلَّا مَنْ ءَامَنَ وَعَمِلَ صَٰلِحًۭا فَأُو۟لَٰٓئِكَ لَهُمْ جَزَآءُ ٱلضِّعْفِ بِمَا عَمِلُوا۟ وَهُمْ فِى ٱلْغُرُفَٰتِ ءَامِنُونَ

Шун бахам а‚ шун доьзал а ма бац шу Тхуна гергадалош берш (кIез-кIеззиг) гергадалорца - ша иман диллинарг а‚ дика Iамал йинарг а бен. Уьш бу шайна шозза ял ерш шаьш йинчу Iамалшца‚ уьш /хир/ бу /ялсаманин/ хIусамашкахь кхерам боцуш.

34:38

وَٱلَّذِينَ يَسْعَوْنَ فِىٓ ءَايَٰتِنَا مُعَٰجِزِينَ أُو۟لَٰٓئِكَ فِى ٱلْعَذَابِ مُحْضَرُونَ

Тхан аяташ /дохорехь/ къахьоьгуш берш /уьш/ ледара дан гIерташ - Iазапан чу хIоттор ма бу.

34:39

قُلْ إِنَّ رَبِّى يَبْسُطُ ٱلرِّزْقَ لِمَن يَشَآءُ مِنْ عِبَادِهِۦ وَيَقْدِرُ لَهُۥ ۚ وَمَآ أَنفَقْتُم مِّن شَىْءٍۢ فَهُوَ يُخْلِفُهُۥ ۖ وَهُوَ خَيْرُ ٱلرَّٰزِقِينَ

Ахьа ала: "Баккъалла а, сан Кхиош-кхобучо даржадо /шорта/ рицIкъ Шен луучунна Шен лех‚ Цо цуна барам а бо". Аша хIуманах сагIина елларг Цо меттахIоттор ю. Иза рицIкъ лучарех уггар диканиг ву.

34:40

وَيَوْمَ يَحْشُرُهُمْ جَمِيعًۭا ثُمَّ يَقُولُ لِلْمَلَٰٓئِكَةِ أَهَٰٓؤُلَآءِ إِيَّاكُمْ كَانُوا۟ يَعْبُدُونَ

Цу дийнахь Цо гулбийр бу уьш берриге‚ тIаккха эр ду маликашка: "ХIорш бу и шуна Iибадат деш хилларш?"

34:41

قَالُوا۟ سُبْحَٰنَكَ أَنتَ وَلِيُّنَا مِن دُونِهِم ۖ بَلْ كَانُوا۟ يَعْبُدُونَ ٱلْجِنَّ ۖ أَكْثَرُهُم بِهِم مُّؤْمِنُونَ

Цара элира: "Вонах цIена ву хьо‚ Хьо ву-кх тхан вали уьш боцуш. ХIаъ‚ уьш хилира жинашна Iибадат деш‚ царех дукхох берш царна иман диллина бу".

34:42

فَٱلْيَوْمَ لَا يَمْلِكُ بَعْضُكُمْ لِبَعْضٍۢ نَّفْعًۭا وَلَا ضَرًّۭا وَنَقُولُ لِلَّذِينَ ظَلَمُوا۟ ذُوقُوا۟ عَذَابَ ٱلنَّارِ ٱلَّتِى كُنتُم بِهَا تُكَذِّبُونَ

Тахана шух цхьаболчаьрийн долахь бац вакхарна пайда а‚ зен а‚ Оха эр ду зулам диначаьрга: "Iовша шайна цIеран Iазап аша ша харцдеш хилла долу".

34:43

وَإِذَا تُتْلَىٰ عَلَيْهِمْ ءَايَٰتُنَا بَيِّنَٰتٍۢ قَالُوا۟ مَا هَٰذَآ إِلَّا رَجُلٌۭ يُرِيدُ أَن يَصُدَّكُمْ عَمَّا كَانَ يَعْبُدُ ءَابَآؤُكُمْ وَقَالُوا۟ مَا هَٰذَآ إِلَّآ إِفْكٌۭ مُّفْتَرًۭى ۚ وَقَالَ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ لِلْحَقِّ لَمَّا جَآءَهُمْ إِنْ هَٰذَآ إِلَّا سِحْرٌۭ مُّبِينٌۭ

Шайна тIехь Тхан къесташ долу аяташ доьшуш цара элира: "ХIара ма вац шу шун дай шена Iибадат деш хиллачух дIатило лууш волу стаг бен". Цара элира /юха а/: "Ша кхоьллина харцдерг бен ма дац хIара /Къуръан/". Ца тешначаьра бакъдолчунна и шайга деъча элира: "ХIара деккъа къеггина бозбуанчалла ду-кх".

34:44

وَمَآ ءَاتَيْنَٰهُم مِّن كُتُبٍۢ يَدْرُسُونَهَا ۖ وَمَآ أَرْسَلْنَآ إِلَيْهِمْ قَبْلَكَ مِن نَّذِيرٍۢ

Оха ца делла цаьрга /Iарбашка/ цхьа а жайна цара и Iамадеш долу‚ Оха ца ваийтина цаьрга хьоьл хьалха цхьа а кхерамча.

34:45

وَكَذَّبَ ٱلَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ وَمَا بَلَغُوا۟ مِعْشَارَ مَآ ءَاتَيْنَٰهُمْ فَكَذَّبُوا۟ رُسُلِى ۖ فَكَيْفَ كَانَ نَكِيرِ

Харцдира царел хьалха хиллачаьра а‚ /хIорш-м/ ца кхиира Оха царна деллачух итталгIачу декъах а. Цара харцбира Сан элчанаш. Муха хилира Сан /уьш/ цаларар (Сан Iазап)?

34:46

۞ قُلْ إِنَّمَآ أَعِظُكُم بِوَٰحِدَةٍ ۖ أَن تَقُومُوا۟ لِلَّهِ مَثْنَىٰ وَفُرَٰدَىٰ ثُمَّ تَتَفَكَّرُوا۟ ۚ مَا بِصَاحِبِكُم مِّن جِنَّةٍ ۚ إِنْ هُوَ إِلَّا نَذِيرٌۭ لَّكُم بَيْنَ يَدَىْ عَذَابٍۢ شَدِيدٍۢ

Ахьа ала: "Аса хьоьху шуна цхьа хIума: шу хIоттар Далла хьалаха /бакъдерг лоьхуш/ шишша а‚ цхьаьцца а‚ тIаккха аша ойла яр: шун накъост ма вац жинех. Иза ма вац кхерамча бен чIогIа Iазап хилале хьалха /ваийтина волу/".

34:47

قُلْ مَا سَأَلْتُكُم مِّنْ أَجْرٍۢ فَهُوَ لَكُمْ ۖ إِنْ أَجْرِىَ إِلَّا عَلَى ٱللَّهِ ۖ وَهُوَ عَلَىٰ كُلِّ شَىْءٍۢ شَهِيدٌۭ

Ахьа ала: "Аса ца бехна шуга цхьа а мах‚ иза шуна бу. Сан мах Дела тIехь бен бац. Иза массо хIуманна тIехь теш ма ву".

34:48

قُلْ إِنَّ رَبِّى يَقْذِفُ بِٱلْحَقِّ عَلَّٰمُ ٱلْغُيُوبِ

Ахьа ала: "Баккъалла а, сан Кхиош-кхобучо кхуссу /пайхамарийн дегнашка/ бакъдерг‚ къайленаш дика хууш верг ву Иза".

34:49

قُلْ جَآءَ ٱلْحَقُّ وَمَا يُبْدِئُ ٱلْبَٰطِلُ وَمَا يُعِيدُ

Ахьа ала: "Деъна бакъдерг. Гучадер дац харцдерг‚ духадоьрзур а дац".

34:50

قُلْ إِن ضَلَلْتُ فَإِنَّمَآ أَضِلُّ عَلَىٰ نَفْسِى ۖ وَإِنِ ٱهْتَدَيْتُ فَبِمَا يُوحِىٓ إِلَىَّ رَبِّىٓ ۚ إِنَّهُۥ سَمِيعٌۭ قَرِيبٌۭ

Ахьа ала: "Со тилвеллехь - со тилалуш ву сайна. Со нисвеллехь - Сан Кхиош-кхобучо сайга деллачу вехьеца /нисвелла/. Баккъалла а, Иза хозуш верг а ву‚ гергахь верг а ву".

34:51

وَلَوْ تَرَىٰٓ إِذْ فَزِعُوا۟ فَلَا فَوْتَ وَأُخِذُوا۟ مِن مَّكَانٍۢ قَرِيبٍۢ

Хьуна гинехьара уьш кхерабелла‚ бовла меттиг йоцуш‚ схьаьлаьцна гергарчу меттигера.

34:52

وَقَالُوٓا۟ ءَامَنَّا بِهِۦ وَأَنَّىٰ لَهُمُ ٱلتَّنَاوُشُ مِن مَّكَانٍۭ بَعِيدٍۢ

Цара элира: "Оха иман диллина цунах". Мичара ду царна /иманах/ кхиар генарчу меттигера?

34:53

وَقَدْ كَفَرُوا۟ بِهِۦ مِن قَبْلُ ۖ وَيَقْذِفُونَ بِٱلْغَيْبِ مِن مَّكَانٍۭ بَعِيدٍۢ

Цара керста дина иза хьалха. Цара дIатосура къайлахьдерг генарчу меттигера. (Цара бакъ ца лорур шайга дуьненахь дуьйцуш хилла долу къематдийнах а, юхадендарах а, ялсаманих а, жоьжахатих а лаьцна хабарш).

34:54

وَحِيلَ بَيْنَهُمْ وَبَيْنَ مَا يَشْتَهُونَ كَمَا فُعِلَ بِأَشْيَاعِهِم مِّن قَبْلُ ۚ إِنَّهُمْ كَانُوا۟ فِى شَكٍّۢ مُّرِيبٍۭ

Дуьхьало хилира царна а‚ царна дезачунна а юккъехь‚ уьш санначарех хьалха дина ма хилла. Баккъалла а, уьш хилира кегари хиллачу шеконехь.

35:1

ٱلْحَمْدُ لِلَّهِ فَاطِرِ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ جَاعِلِ ٱلْمَلَٰٓئِكَةِ رُسُلًا أُو۟لِىٓ أَجْنِحَةٍۢ مَّثْنَىٰ وَثُلَٰثَ وَرُبَٰعَ ۚ يَزِيدُ فِى ٱلْخَلْقِ مَا يَشَآءُ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَىْءٍۢ قَدِيرٌۭ

Хастам бу Далла - стигланийн а‚ лаьттан а юьхьанца кхоллархачунна‚ шишша‚ кхоккха‚ диъ тIемаш долчу маликех /пайхамарашка/ элчанаш хилийтинчунна. Цо сов доккху кхолларехь Шена луург. Баккъалла а, Дела массо хIуманан тIехь ницIкъ берг ву.

35:2

مَّا يَفْتَحِ ٱللَّهُ لِلنَّاسِ مِن رَّحْمَةٍۢ فَلَا مُمْسِكَ لَهَا ۖ وَمَا يُمْسِكْ فَلَا مُرْسِلَ لَهُۥ مِنۢ بَعْدِهِۦ ۚ وَهُوَ ٱلْعَزِيزُ ٱلْحَكِيمُ

Дала нахана Шен къинхетамах дIабеллинчунна - вац цуна дIакъовлархо. Цо дIакъевлинчуна - вац цуна дIахуьйцург Цул тIаьхьа. Иза сийлахь-везза верг а‚ хьукаме верг а ву.

35:3

يَٰٓأَيُّهَا ٱلنَّاسُ ٱذْكُرُوا۟ نِعْمَتَ ٱللَّهِ عَلَيْكُمْ ۚ هَلْ مِنْ خَٰلِقٍ غَيْرُ ٱللَّهِ يَرْزُقُكُم مِّنَ ٱلسَّمَآءِ وَٱلْأَرْضِ ۚ لَآ إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۖ فَأَنَّىٰ تُؤْفَكُونَ

ХIай нах! Хьехаде шайна тIехь хилладолу Делан ниIмат. Дела воцчу кхечу кхоллархочо рицIкъ лур дарий-те шуна стиглара а‚ лаьттара а? Кхин Дела ма вац Иза воцург. Ма Iехадина-кх шу!

35:4

وَإِن يُكَذِّبُوكَ فَقَدْ كُذِّبَتْ رُسُلٌۭ مِّن قَبْلِكَ ۚ وَإِلَى ٱللَّهِ تُرْجَعُ ٱلْأُمُورُ

Хьо цара харцвахь - хьоьл хьалха а харцбина элчанаш. Далла тIе дIадоьрзу гIуллакхаш.

35:5

يَٰٓأَيُّهَا ٱلنَّاسُ إِنَّ وَعْدَ ٱللَّهِ حَقٌّۭ ۖ فَلَا تَغُرَّنَّكُمُ ٱلْحَيَوٰةُ ٱلدُّنْيَا ۖ وَلَا يَغُرَّنَّكُم بِٱللَّهِ ٱلْغَرُورُ

ХIай нах! Баккъалла а, Делан ваIда - хьакъ-бакъ ю. Шу данне а Iеха ма дойла дуьненан дахаро‚ шу данне а Iеха ма дойла Делаца Iехочо.

35:6

إِنَّ ٱلشَّيْطَٰنَ لَكُمْ عَدُوٌّۭ فَٱتَّخِذُوهُ عَدُوًّا ۚ إِنَّمَا يَدْعُوا۟ حِزْبَهُۥ لِيَكُونُوا۟ مِنْ أَصْحَٰبِ ٱلسَّعِيرِ

Баккъалла а, шайтIа шуна мостагI ду‚ мостагI дей схьалаца иза. Цо кхойкху шен тоба жоьжахатин дай хиларе.

35:7

ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ لَهُمْ عَذَابٌۭ شَدِيدٌۭ ۖ وَٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ لَهُم مَّغْفِرَةٌۭ وَأَجْرٌۭ كَبِيرٌ

Цатешнарш - царна чIогIа Iазап /хир/ ду. Иман диллинарш а‚ диканаш динарш а - царна гечдар а‚ йоккха ял ма ю!

35:8

أَفَمَن زُيِّنَ لَهُۥ سُوٓءُ عَمَلِهِۦ فَرَءَاهُ حَسَنًۭا ۖ فَإِنَّ ٱللَّهَ يُضِلُّ مَن يَشَآءُ وَيَهْدِى مَن يَشَآءُ ۖ فَلَا تَذْهَبْ نَفْسُكَ عَلَيْهِمْ حَسَرَٰتٍ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ عَلِيمٌۢ بِمَا يَصْنَعُونَ

Ткъа ву-те шен Iамалах вониг шена хазйинарг‚ тIаккъа иза шена хаза гинарг /дика Iамал йинчух терра/? Баккъалла а, Дала тила вала ма вуьту Шена луург‚ Цо нис ма во Шена луург. Хьан са ма даа царна тIехь гIайгIа еш. Баккъалла а, Дела ву цара деш дерг хууш верг.

35:9

وَٱللَّهُ ٱلَّذِىٓ أَرْسَلَ ٱلرِّيَٰحَ فَتُثِيرُ سَحَابًۭا فَسُقْنَٰهُ إِلَىٰ بَلَدٍۢ مَّيِّتٍۢ فَأَحْيَيْنَا بِهِ ٱلْأَرْضَ بَعْدَ مَوْتِهَا ۚ كَذَٰلِكَ ٱلنُّشُورُ

Дела ву Ша мох бохуьйтуш верг‚ Цо цуьнга хьейойту мархаш‚ Оха уьш дIалехкира беллачу махка - цуьнца /догIица/ латта дендийра иза деллачул тIаьхьа. Иштта ду /шу/ духадендар.

35:10

مَن كَانَ يُرِيدُ ٱلْعِزَّةَ فَلِلَّهِ ٱلْعِزَّةُ جَمِيعًا ۚ إِلَيْهِ يَصْعَدُ ٱلْكَلِمُ ٱلطَّيِّبُ وَٱلْعَمَلُ ٱلصَّٰلِحُ يَرْفَعُهُۥ ۚ وَٱلَّذِينَ يَمْكُرُونَ ٱلسَّيِّـَٔاتِ لَهُمْ عَذَابٌۭ شَدِيدٌۭ ۖ وَمَكْرُ أُو۟لَٰٓئِكَ هُوَ يَبُورُ

Мила хиллехь сий дезаш - Делан ду сий дерриге а. Цуьнан тIе хьала айло цIена дош а‚ дика Iамал а‚ Цо аййо иза. Вонашца мекарло еш берш - царна чIогIа Iазап ду. Церан мекарло - иза эрна ю.

35:11

وَٱللَّهُ خَلَقَكُم مِّن تُرَابٍۢ ثُمَّ مِن نُّطْفَةٍۢ ثُمَّ جَعَلَكُمْ أَزْوَٰجًۭا ۚ وَمَا تَحْمِلُ مِنْ أُنثَىٰ وَلَا تَضَعُ إِلَّا بِعِلْمِهِۦ ۚ وَمَا يُعَمَّرُ مِن مُّعَمَّرٍۢ وَلَا يُنقَصُ مِنْ عُمُرِهِۦٓ إِلَّا فِى كِتَٰبٍ ۚ إِنَّ ذَٰلِكَ عَلَى ٱللَّهِ يَسِيرٌۭ

Дела ву Ша шу кхоьллинарг лаьттах‚ тIаккха тIадамах. ТIаккха Цо хилийтина шух боьршаниг а‚ стениг а. Цхьа а зуда берах хир ма яц‚ цо бер дийр ма дац Цуьнан хаарца бен. Цхьа а вехаш верг вехар а ма вац‚ цуьнан дахарах оьшур а ма дац жайнан чохь долуш бен. Баккъалла а, иза Далла атта ма ду.

35:12

وَمَا يَسْتَوِى ٱلْبَحْرَانِ هَٰذَا عَذْبٌۭ فُرَاتٌۭ سَآئِغٌۭ شَرَابُهُۥ وَهَٰذَا مِلْحٌ أُجَاجٌۭ ۖ وَمِن كُلٍّۢ تَأْكُلُونَ لَحْمًۭا طَرِيًّۭا وَتَسْتَخْرِجُونَ حِلْيَةًۭ تَلْبَسُونَهَا ۖ وَتَرَى ٱلْفُلْكَ فِيهِ مَوَاخِرَ لِتَبْتَغُوا۟ مِن فَضْلِهِۦ وَلَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ

Цхьанисса бац /хIара/ ши хIоьрд: хIара мерза-теза‚ шен хи мала атта долуш бу‚ ткъа важа - дуьра туха ду. ХIораммех аша дуу керла жижиг‚ аша /цара чуьра/ схьайоху мехала маржанаш‚ аша уьш тIеюху. Хьуна го кема цара чухула кхерсташ аша лахархьама Цуьнан ниIматах‚ аша хам бийр бацара-те.

35:13

يُولِجُ ٱلَّيْلَ فِى ٱلنَّهَارِ وَيُولِجُ ٱلنَّهَارَ فِى ٱلَّيْلِ وَسَخَّرَ ٱلشَّمْسَ وَٱلْقَمَرَ كُلٌّۭ يَجْرِى لِأَجَلٍۢ مُّسَمًّۭى ۚ ذَٰلِكُمُ ٱللَّهُ رَبُّكُمْ لَهُ ٱلْمُلْكُ ۚ وَٱلَّذِينَ تَدْعُونَ مِن دُونِهِۦ مَا يَمْلِكُونَ مِن قِطْمِيرٍ

Цо йохуьйту буьйса дийнан чу‚ де буьйсана чу‚ болх бойту малхе а‚ батте а. Массо а дIасхьа лелаш ю шен тоьхна хан тIекхаччалц. Иза ву Дела‚ шун Эла‚ Цуьнан ду паччахьалла. Аша Иза а витина шайга кхойкхучаьрийн долахь ма дац цуьрриг а.

35:14

إِن تَدْعُوهُمْ لَا يَسْمَعُوا۟ دُعَآءَكُمْ وَلَوْ سَمِعُوا۟ مَا ٱسْتَجَابُوا۟ لَكُمْ ۖ وَيَوْمَ ٱلْقِيَٰمَةِ يَكْفُرُونَ بِشِرْكِكُمْ ۚ وَلَا يُنَبِّئُكَ مِثْلُ خَبِيرٍۢ

Аша цаьрга кхийкхича а‚ царна ца хозу шун кхайкхар‚ хезча а - цара шуна жоп ца ло‚ къемат дийнахь цара керста дийр ду шун накъосталла. Цхьаммо а хьоьга дуьйцур ма дац Ша сов хуучу /Цо/ санна.

35:15

۞ يَٰٓأَيُّهَا ٱلنَّاسُ أَنتُمُ ٱلْفُقَرَآءُ إِلَى ٱللَّهِ ۖ وَٱللَّهُ هُوَ ٱلْغَنِىُّ ٱلْحَمِيدُ

ХIай нах! Шу пекъарш ду Деле. Дела - Иза ву хьалдерг а‚ хастаме верг а.

35:16

إِن يَشَأْ يُذْهِبْكُمْ وَيَأْتِ بِخَلْقٍۢ جَدِيدٍۢ

Шена лаахь шу дIадахийтина керла халкъ далор ду Цо.

35:17

وَمَا ذَٰلِكَ عَلَى ٱللَّهِ بِعَزِيزٍۢ

Иза Далла /хIумма/ хала дац.

35:18

وَلَا تَزِرُ وَازِرَةٌۭ وِزْرَ أُخْرَىٰ ۚ وَإِن تَدْعُ مُثْقَلَةٌ إِلَىٰ حِمْلِهَا لَا يُحْمَلْ مِنْهُ شَىْءٌۭ وَلَوْ كَانَ ذَا قُرْبَىٰٓ ۗ إِنَّمَا تُنذِرُ ٱلَّذِينَ يَخْشَوْنَ رَبَّهُم بِٱلْغَيْبِ وَأَقَامُوا۟ ٱلصَّلَوٰةَ ۚ وَمَن تَزَكَّىٰ فَإِنَّمَا يَتَزَكَّىٰ لِنَفْسِهِۦ ۚ وَإِلَى ٱللَّهِ ٱلْمَصِيرُ

Хьур бац хьочо кхечун мохь. /Къих/ дуьзна сино дийхича а шен /мохь/ бахьар‚ хIумма цунах хьур бац /цхамма а/‚ гергарло йолуш иза хиллехь а. Ахьа хьехам бе /кхерам таса/ шайн Кхиош-кхобучух кхоьруш болчаьрна И гуш воццушехь‚ ламаз а хIоттинчаьрна. ЦIанвелларг - иза шена цIанло. Деле ду дIадахар.

35:19

وَمَا يَسْتَوِى ٱلْأَعْمَىٰ وَٱلْبَصِيرُ

Цхьанисса вац бIаьрса доцург а‚ бIаьрса дерг а‚

35:20

وَلَا ٱلظُّلُمَٰتُ وَلَا ٱلنُّورُ

Боданаш а‚ нур а‚

35:21

وَلَا ٱلظِّلُّ وَلَا ٱلْحَرُورُ

IиндагIа а‚ йовхо а‚

35:22

وَمَا يَسْتَوِى ٱلْأَحْيَآءُ وَلَا ٱلْأَمْوَٰتُ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ يُسْمِعُ مَن يَشَآءُ ۖ وَمَآ أَنتَ بِمُسْمِعٍۢ مَّن فِى ٱلْقُبُورِ

Цхьанисса бац дийнаберш а‚ белларш а. Баккъалла а, Дала хозуьйту Шена луучуьнга. Хьо ма вац хозуьйтург долуш кешнийн чохь волчуьнга.

35:23

إِنْ أَنتَ إِلَّا نَذِيرٌ

Хьо веккъа кхерамча ву.

35:24

إِنَّآ أَرْسَلْنَٰكَ بِٱلْحَقِّ بَشِيرًۭا وَنَذِيرًۭا ۚ وَإِن مِّنْ أُمَّةٍ إِلَّا خَلَا فِيهَا نَذِيرٌۭ

Баккъалла а, Оха вахийтина хьо бакъдолчуьнца кхаъ боккхург а‚ кхерам тосург а хилла. Цхьа а уммат ца хилла шена юкъахь кхерамча ваьхна бен.

35:25

وَإِن يُكَذِّبُوكَ فَقَدْ كَذَّبَ ٱلَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ جَآءَتْهُمْ رُسُلُهُم بِٱلْبَيِّنَٰتِ وَبِٱلزُّبُرِ وَبِٱلْكِتَٰبِ ٱلْمُنِيرِ

Цара хьо харцвахь‚ царел хьалха хиллачаьра а харцбина /элчанаш/. Цаьрга баьхкира церан элчанаш билгалонашца а‚ язонашца а‚ нуре долчу жайнаца а.

35:26

ثُمَّ أَخَذْتُ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ ۖ فَكَيْفَ كَانَ نَكِيرِ

ТIаккха Аса схьалецира ца тешнарш. Муха хилира Сан Iазап?

35:27

أَلَمْ تَرَ أَنَّ ٱللَّهَ أَنزَلَ مِنَ ٱلسَّمَآءِ مَآءًۭ فَأَخْرَجْنَا بِهِۦ ثَمَرَٰتٍۢ مُّخْتَلِفًا أَلْوَٰنُهَا ۚ وَمِنَ ٱلْجِبَالِ جُدَدٌۢ بِيضٌۭ وَحُمْرٌۭ مُّخْتَلِفٌ أَلْوَٰنُهَا وَغَرَابِيبُ سُودٌۭ

Хьуна хаьий Дала доссина хилар стиглара хи‚ Оха схьабехира цуьнца стоьмаш‚ шайн беснаш тайп-тайпана а долуш‚ лаьмнех а /дихкира/ некъаш кIайн а‚ цIе а‚ шайн беснаш тайп-тайпана а долуш‚ чIогIа Iаьржа дерш а.

35:28

وَمِنَ ٱلنَّاسِ وَٱلدَّوَآبِّ وَٱلْأَنْعَٰمِ مُخْتَلِفٌ أَلْوَٰنُهُۥ كَذَٰلِكَ ۗ إِنَّمَا يَخْشَى ٱللَّهَ مِنْ عِبَادِهِ ٱلْعُلَمَٰٓؤُا۟ ۗ إِنَّ ٱللَّهَ عَزِيزٌ غَفُورٌ

Иштта нахах а‚ дийнатех а‚ бежнех а /хилийтира Оха/ шайн беснаш тайп-тайпана долуш. Баккъалла а, Делах кхоьру Цуьнан лех Iелам нах. Баккъалла а, Дела ву везза верг а‚ гечдеш верг а.

35:29

إِنَّ ٱلَّذِينَ يَتْلُونَ كِتَٰبَ ٱللَّهِ وَأَقَامُوا۟ ٱلصَّلَوٰةَ وَأَنفَقُوا۟ مِمَّا رَزَقْنَٰهُمْ سِرًّۭا وَعَلَانِيَةًۭ يَرْجُونَ تِجَٰرَةًۭ لَّن تَبُورَ

Баккъалла а, Делан жайна доьшуш берш‚ ламаз хIоттинарш‚ Оха шайна деллачу рицIкъех сагIа делларш къайлах а‚ гучахь а - уьш дог дохуш бу хIаллак хир йоцчу йохк-эцаре /ялсамане/‚

35:30

لِيُوَفِّيَهُمْ أُجُورَهُمْ وَيَزِيدَهُم مِّن فَضْلِهِۦٓ ۚ إِنَّهُۥ غَفُورٌۭ شَكُورٌۭ

/Уьш догдохуш бу/ Цо дIаяларе шайн ял‚ шаьш совбахаре Шен ниIматах. Баккъалла а, Иза ву гечдеш верг а‚ шукаре верг а.

35:31

وَٱلَّذِىٓ أَوْحَيْنَآ إِلَيْكَ مِنَ ٱلْكِتَٰبِ هُوَ ٱلْحَقُّ مُصَدِّقًۭا لِّمَا بَيْنَ يَدَيْهِ ۗ إِنَّ ٱللَّهَ بِعِبَادِهِۦ لَخَبِيرٌۢ بَصِيرٌۭ

Оха вехьеца жайнах хьоьга делларг иза бакъдерг ду‚ нийса догIуш а хилла долу шел хьалха хиллачуьнца. Баккъалла а, Дела Шен лех дерг сов дика хууш а ву‚ гуш а ву.

35:32

ثُمَّ أَوْرَثْنَا ٱلْكِتَٰبَ ٱلَّذِينَ ٱصْطَفَيْنَا مِنْ عِبَادِنَا ۖ فَمِنْهُمْ ظَالِمٌۭ لِّنَفْسِهِۦ وَمِنْهُم مُّقْتَصِدٌۭ وَمِنْهُمْ سَابِقٌۢ بِٱلْخَيْرَٰتِ بِإِذْنِ ٱللَّهِ ۚ ذَٰلِكَ هُوَ ٱلْفَضْلُ ٱلْكَبِيرُ

ТIаккха Оха жайна /КъурIан/ делира ирсана Тхан лех Оха хаьржинчаьрна. Царех шена зулам дийриг а ву /цу КъурIанца Iамал ца еш/‚ царех барамехь /Iамал еш/ верг а ву‚ царех Делан пурбанца диканашца хьалхаваьлларг а ву. ХIара - иза ду доккха ниIмат.

35:33

جَنَّٰتُ عَدْنٍۢ يَدْخُلُونَهَا يُحَلَّوْنَ فِيهَا مِنْ أَسَاوِرَ مِن ذَهَبٍۢ وَلُؤْلُؤًۭا ۖ وَلِبَاسُهُمْ فِيهَا حَرِيرٌۭ

Iадну бошмаш /ю царна/‚ шена чу уьш боьдур болуш‚ /церан куьйгийх/ буллур бу дашон а‚ луълуъан а гIоз‚церан духар цу чохь хир ду дари.

35:34

وَقَالُوا۟ ٱلْحَمْدُ لِلَّهِ ٱلَّذِىٓ أَذْهَبَ عَنَّا ٱلْحَزَنَ ۖ إِنَّ رَبَّنَا لَغَفُورٌۭ شَكُورٌ

Цара эр ду: "Хастам бу Далла‚ тхуна тIера сингаттам дIабаьккхинчу. Баккъалла а, тхан Кхиош-кхобург гечдийриг а ву‚ шукаре верг а ву.

35:35

ٱلَّذِىٓ أَحَلَّنَا دَارَ ٱلْمُقَامَةِ مِن فَضْلِهِۦ لَا يَمَسُّنَا فِيهَا نَصَبٌۭ وَلَا يَمَسُّنَا فِيهَا لُغُوبٌۭ

Иштаниг ву Иза Ша хьанал дина тхуна /гуттар латтаран/ цIа /ялсамани/ Шен ниIматах‚ тхоьх ца хьакхало цу чохь хало‚ тхоьх ца хьакхало цу чохь кIаддалар.

35:36

وَٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ لَهُمْ نَارُ جَهَنَّمَ لَا يُقْضَىٰ عَلَيْهِمْ فَيَمُوتُوا۟ وَلَا يُخَفَّفُ عَنْهُم مِّنْ عَذَابِهَا ۚ كَذَٰلِكَ نَجْزِى كُلَّ كَفُورٍۢ

Ца тешнарш - царна жоьжахатин цIе ю‚ кхиэл йийр яц царна уьш леш‚ айдийр дац церан тIера цуьнан Iазапах /хIумма а/. Иштта бекхам бо Оха хIора цатешачунна.

35:37

وَهُمْ يَصْطَرِخُونَ فِيهَا رَبَّنَآ أَخْرِجْنَا نَعْمَلْ صَٰلِحًا غَيْرَ ٱلَّذِى كُنَّا نَعْمَلُ ۚ أَوَلَمْ نُعَمِّرْكُم مَّا يَتَذَكَّرُ فِيهِ مَن تَذَكَّرَ وَجَآءَكُمُ ٱلنَّذِيرُ ۖ فَذُوقُوا۟ فَمَا لِلظَّٰلِمِينَ مِن نَّصِيرٍ

Цара кхуьйкхур ду цу чохь: "Тхан Кхиош-кхобушверг‚ ара дахахь тхо‚ оха дика Iамал йийр ма яра тхаш йина хилларг а йоцуш!" Оха даха ца дитира шу /дуьненахь/‚ ша кхеташ верг кхеттал? Шуьга ма веара кхерамча. Iовша /хIинца Iазап/‚ вац зуламхошна цхьа а гIоьнча.

35:38

إِنَّ ٱللَّهَ عَٰلِمُ غَيْبِ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ ۚ إِنَّهُۥ عَلِيمٌۢ بِذَاتِ ٱلصُّدُورِ

Баккъалла а, Дела ву стигланийн а‚ латтан а къайлахьдерг хууш верг. Баккъалла а, Иза ву дегнашкахь дерг хууш верг а.

35:39

هُوَ ٱلَّذِى جَعَلَكُمْ خَلَٰٓئِفَ فِى ٱلْأَرْضِ ۚ فَمَن كَفَرَ فَعَلَيْهِ كُفْرُهُۥ ۖ وَلَا يَزِيدُ ٱلْكَٰفِرِينَ كُفْرُهُمْ عِندَ رَبِّهِمْ إِلَّا مَقْتًۭا ۖ وَلَا يَزِيدُ ٱلْكَٰفِرِينَ كُفْرُهُمْ إِلَّا خَسَارًۭا

Иза ву Ша шух лаьттахь тIаьхье хилийтина. Милла велахь керста ваьлла - цуна шена ду цуьнан керстаналла. Сов бохур бац керстанаш церан керстаналло шайн Кхиош-кхобучун гергахь оьгIазаллица бен. Сов бохур бац керстанаш церан керстаналло эшаллица бен.

35:40

قُلْ أَرَءَيْتُمْ شُرَكَآءَكُمُ ٱلَّذِينَ تَدْعُونَ مِن دُونِ ٱللَّهِ أَرُونِى مَاذَا خَلَقُوا۟ مِنَ ٱلْأَرْضِ أَمْ لَهُمْ شِرْكٌۭ فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ أَمْ ءَاتَيْنَٰهُمْ كِتَٰبًۭا فَهُمْ عَلَىٰ بَيِّنَتٍۢ مِّنْهُ ۚ بَلْ إِن يَعِدُ ٱلظَّٰلِمُونَ بَعْضُهُم بَعْضًا إِلَّا غُرُورًا

Ахьа ала: "Хьовсал шайн накъосташка‚ аша шайга кхойкхуш болчу Дела а витина. Гайтал соьга‚ хIун кхоьллина цара лаьттахь‚ я царна накъосталла ду стигланашкахь‚ я Оха цаьрга жайна делла‚ уьш Цуьнгара билгалонаш тIахь а болуш? ХIаъ‚ зуламхоша - цхьаболчара вакхарна еш йолу ваIда Iехор бен ма яц.

35:41

۞ إِنَّ ٱللَّهَ يُمْسِكُ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضَ أَن تَزُولَا ۚ وَلَئِن زَالَتَآ إِنْ أَمْسَكَهُمَا مِنْ أَحَدٍۢ مِّنۢ بَعْدِهِۦٓ ۚ إِنَّهُۥ كَانَ حَلِيمًا غَفُورًۭا

Баккъалла а, Дала лоцуьйтуш ю стигланаш а‚ латта а дIатиларх. Уьш дIатилча лоцуьйтур яри-й уьш цхьамма а Цул тIаьхьа? Баккъалла а, Иза ву тIех кхетаме верг а‚ гечдийриг а.

35:42

وَأَقْسَمُوا۟ بِٱللَّهِ جَهْدَ أَيْمَٰنِهِمْ لَئِن جَآءَهُمْ نَذِيرٌۭ لَّيَكُونُنَّ أَهْدَىٰ مِنْ إِحْدَى ٱلْأُمَمِ ۖ فَلَمَّا جَآءَهُمْ نَذِيرٌۭ مَّا زَادَهُمْ إِلَّا نُفُورًا

Цара /Маккара керстанаша/ дуй биира Делаца инзаре чIогIа дуй шайга кхерамча вагIахь‚ шаьш хир ма ду уггар нийсачу новкъахь долчу умматех цхьаъ‚ аьлла. Цаьрга кхерамча веъча‚ цо сов ца бехира уьш /ислам динан/ генабаларца бен‚

35:43

ٱسْتِكْبَارًۭا فِى ٱلْأَرْضِ وَمَكْرَ ٱلسَّيِّئِ ۚ وَلَا يَحِيقُ ٱلْمَكْرُ ٱلسَّيِّئُ إِلَّا بِأَهْلِهِۦ ۚ فَهَلْ يَنظُرُونَ إِلَّا سُنَّتَ ٱلْأَوَّلِينَ ۚ فَلَن تَجِدَ لِسُنَّتِ ٱللَّهِ تَبْدِيلًۭا ۖ وَلَن تَجِدَ لِسُنَّتِ ٱللَّهِ تَحْوِيلًا

Лаьттахь курабаларца а‚ вочу мекарлоца а бен. Вон мекарло ца хьерча шен охIлах бен. Хьоьжур бу-й уьш хьалхалерчийн Iадате бен? Хьуна карор ма дац Делан Iадатна хийцар. Хьуна карор ма дац Делан Iадатна хьавзор /кхечун тIе/.

35:44

أَوَلَمْ يَسِيرُوا۟ فِى ٱلْأَرْضِ فَيَنظُرُوا۟ كَيْفَ كَانَ عَٰقِبَةُ ٱلَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ وَكَانُوٓا۟ أَشَدَّ مِنْهُمْ قُوَّةًۭ ۚ وَمَا كَانَ ٱللَّهُ لِيُعْجِزَهُۥ مِن شَىْءٍۢ فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَلَا فِى ٱلْأَرْضِ ۚ إِنَّهُۥ كَانَ عَلِيمًۭا قَدِيرًۭا

Уьш ца лела лаьттахула‚ ца хьоьжу-те‚ муха хилла царел хьалха хиллачьрийн тIаьхье? Уьш ма бара хIоккхарел вуно чIогIа ницIкъаца. Дела хили Ша духатухур воцуш стигланашкахь а‚ лаьттахь а цхьанно хIумано. Баккъалла а, Иза хили хууш верг а‚ ницIкъберг а.

35:45

وَلَوْ يُؤَاخِذُ ٱللَّهُ ٱلنَّاسَ بِمَا كَسَبُوا۟ مَا تَرَكَ عَلَىٰ ظَهْرِهَا مِن دَآبَّةٍۢ وَلَٰكِن يُؤَخِّرُهُمْ إِلَىٰٓ أَجَلٍۢ مُّسَمًّۭى ۖ فَإِذَا جَآءَ أَجَلُهُمْ فَإِنَّ ٱللَّهَ كَانَ بِعِبَادِهِۦ بَصِيرًۢا

Дала нах луьйцуш белхьара цара дийначуьнца‚ цу /лаьттан/ экъана тIехь дуьсур ма дацара цхьа а дийнат‚ делахь а тIехьатотту Цо уьш шайна тоьхна хан тIекхаччалц. Церан /тоьхна/ хан тIееъча - /Цо бекхам бийр бу царна шайн Iамалашка хьаьжна/. Баккъалла а, Дела хилла Шен леш гуш верг.

36:1

يسٓ

Я син.

36:2

وَٱلْقُرْءَانِ ٱلْحَكِيمِ

Ша хьикмате долчу КъурIанах дуй боу Аса:

36:3

إِنَّكَ لَمِنَ ٱلْمُرْسَلِينَ

Баккъалла а, хьо ма ву бахкийтанчаьрех

36:4

عَلَىٰ صِرَٰطٍۢ مُّسْتَقِيمٍۢ

Нисчу новкъахь.

36:5

تَنزِيلَ ٱلْعَزِيزِ ٱلرَّحِيمِ

Ша везза а‚ къинхетаме а волчуьнгара охьадоссина ду иза /КъурIан/‚

36:6

لِتُنذِرَ قَوْمًۭا مَّآ أُنذِرَ ءَابَآؤُهُمْ فَهُمْ غَٰفِلُونَ

Хьоьга хьехам байта къомана‚ шайн дайшна бина ца хилла - уьш гIапал хилла /Делан дин ца девзаш/.

36:7

لَقَدْ حَقَّ ٱلْقَوْلُ عَلَىٰٓ أَكْثَرِهِمْ فَهُمْ لَا يُؤْمِنُونَ

Царех дукхах болчаьрна тIехь дош бакъхилла - цара /ахь деъначуьнга/ иман дуьллур дац.

36:8

إِنَّا جَعَلْنَا فِىٓ أَعْنَٰقِهِمْ أَغْلَٰلًۭا فَهِىَ إِلَى ٱلْأَذْقَانِ فَهُم مُّقْمَحُونَ

Церан логех Оха буржолаш тоьхна‚ уьш чIенгийх кхаьчча - церан кортош ирх айабелла.

36:9

وَجَعَلْنَا مِنۢ بَيْنِ أَيْدِيهِمْ سَدًّۭا وَمِنْ خَلْفِهِمْ سَدًّۭا فَأَغْشَيْنَٰهُمْ فَهُمْ لَا يُبْصِرُونَ

Царна хьалхахула а‚ тIехьахула а дуьхьало йина Оха‚ церан бIаьргийн хьалха кирхьа диллина Оха - уьш гуш ма бац.

36:10

وَسَوَآءٌ عَلَيْهِمْ ءَأَنذَرْتَهُمْ أَمْ لَمْ تُنذِرْهُمْ لَا يُؤْمِنُونَ

Царна цхьатерра ду: ахьа хьехам бича а‚ ца бича а - уьш тешар болуш бац /ахь деъначух, хIай Мухьаммад/.

36:11

إِنَّمَا تُنذِرُ مَنِ ٱتَّبَعَ ٱلذِّكْرَ وَخَشِىَ ٱلرَّحْمَٰنَ بِٱلْغَيْبِ ۖ فَبَشِّرْهُ بِمَغْفِرَةٍۢ وَأَجْرٍۢ كَرِيمٍ

Баккъалла а, ахьа хьехам бе хьехамна тIаьхьахIуттуш волчунна‚ шена гуш воццушехь Къинхетаме волчух /Делах/ кхоьруш волчунна. Ахьа цуьнга кхаъ баккха: цунна гечдина хиларца а‚ сийлахь ял хиларца а.

36:12

إِنَّا نَحْنُ نُحْىِ ٱلْمَوْتَىٰ وَنَكْتُبُ مَا قَدَّمُوا۟ وَءَاثَٰرَهُمْ ۚ وَكُلَّ شَىْءٍ أَحْصَيْنَٰهُ فِىٓ إِمَامٍۢ مُّبِينٍۢ

Баккъалла а, Оха ден ма бо белларш‚ дIа яз ма до Оха цара хьалха лелийнарг а /дахийтинарг а/‚ церан /тIаьхьа хир йолу/ лар а. Массо хIума дIанис ма дина‚ Оха билгалчу жайнан чохь.

36:13

وَٱضْرِبْ لَهُم مَّثَلًا أَصْحَٰبَ ٱلْقَرْيَةِ إِذْ جَآءَهَا ٱلْمُرْسَلُونَ

Балабе царна масална цхьана юьртан дай: цига баьхкира элчанаш.

36:14

إِذْ أَرْسَلْنَآ إِلَيْهِمُ ٱثْنَيْنِ فَكَذَّبُوهُمَا فَعَزَّزْنَا بِثَالِثٍۢ فَقَالُوٓا۟ إِنَّآ إِلَيْكُم مُّرْسَلُونَ

Оха вахийтинера цаьрга шиъ - цара уьш шиа харцбира. ТIаккха Оха уьш чIагIбира кхоалгIачуьнца‚ цара элира: "Баккъалла а, тхо шуьга /дахкийтина/ элчанаш ма ду".

36:15

قَالُوا۟ مَآ أَنتُمْ إِلَّا بَشَرٌۭ مِّثْلُنَا وَمَآ أَنزَلَ ٱلرَّحْمَٰنُ مِن شَىْءٍ إِنْ أَنتُمْ إِلَّا تَكْذِبُونَ

Цара /юьртан наха/ элира: "Шу ма дац тхо санна адамаш бен. Цхьанне хIуманца Къинхетаме волчо дахкийтина ма дац шу - шу харц луьйш ма ду".

36:16

قَالُوا۟ رَبُّنَا يَعْلَمُ إِنَّآ إِلَيْكُمْ لَمُرْسَلُونَ

Цара /элчанаша/ элира: "Вайн Кхиош-кхобучунна хаьа-кх тхо шуьга даийтина элчанаш дуйла.

36:17

وَمَا عَلَيْنَآ إِلَّا ٱلْبَلَٰغُ ٱلْمُبِينُ

Тхан тIехь-м дац билгала дерг дIакхачор бен"

36:18

قَالُوٓا۟ إِنَّا تَطَيَّرْنَا بِكُمْ ۖ لَئِن لَّمْ تَنتَهُوا۟ لَنَرْجُمَنَّكُمْ وَلَيَمَسَّنَّكُم مِّنَّا عَذَابٌ أَلِيمٌۭ

Цара /юьртан наха/ элира: "Шу бахьанехь вон билгалонаш хааелла тхуна‚ шу ца совцахь‚ оха шуна тIулгаш деттар ма ду‚ тхоьгара лазош долчу Iазапо схьалоьцур ду шу".

36:19

قَالُوا۟ طَٰٓئِرُكُم مَّعَكُمْ ۚ أَئِن ذُكِّرْتُم ۚ بَلْ أَنتُمْ قَوْمٌۭ مُّسْرِفُونَ

Цара элира: "Шун вон билгалонаш шуьца шайца ю. Ткъа шуна хьехам бина дела /ю шун вон билгалонаш; цундела до аша тхуна Iазап?/ ХIаъ‚ шу ду-кх тIаламза къам /дуккха кIорга дахна шу къинош дарехь/".

36:20

وَجَآءَ مِنْ أَقْصَا ٱلْمَدِينَةِ رَجُلٌۭ يَسْعَىٰ قَالَ يَٰقَوْمِ ٱتَّبِعُوا۟ ٱلْمُرْسَلِينَ

ГIалин йистера ведда цхьа цхьа стаг схьакхечира‚ цо элира: "ХIай сан къам! ТIаьхьахIитта оцу элчанашна.

36:21

ٱتَّبِعُوا۟ مَن لَّا يَسْـَٔلُكُمْ أَجْرًۭا وَهُم مُّهْتَدُونَ

ТIаьхьахIитта шайга мах ца боьхуш болчаьрна - уьш нисчу новкъахь ма бу.

36:22

وَمَا لِىَ لَآ أَعْبُدُ ٱلَّذِى فَطَرَنِى وَإِلَيْهِ تُرْجَعُونَ

Аса хIунда ца до Iибадат суо кхоьллинчунна‚ шу а Шена тIе дIадуьгур долчунна?

36:23

ءَأَتَّخِذُ مِن دُونِهِۦٓ ءَالِهَةً إِن يُرِدْنِ ٱلرَّحْمَٰنُ بِضُرٍّۢ لَّا تُغْنِ عَنِّى شَفَٰعَتُهُمْ شَيْـًۭٔا وَلَا يُنقِذُونِ

Иза вуьтий‚ кхин делий тIелоцу ткъа аса? Къинхетаме волчунна (Далла) суна цхьа зен дан лиъча‚ церан шапаIаташа хIумма а гIо дийр ма дацара суна‚ цара со кIелхьаравоккхур ма вацара /Делан Iазапах/.

36:24

إِنِّىٓ إِذًۭا لَّفِى ضَلَٰلٍۢ مُّبِينٍ

Гуш-лаьтташ тиларчохь хир ма вара со тIаккха.

36:25

إِنِّىٓ ءَامَنتُ بِرَبِّكُمْ فَٱسْمَعُونِ

Баккъалла а, аса иман дилли шун Кхиош-кхобучуьнга соьга ладогIа…"

36:26

قِيلَ ٱدْخُلِ ٱلْجَنَّةَ ۖ قَالَ يَٰلَيْتَ قَوْمِى يَعْلَمُونَ

/Маликаша/ элира: "Ялсамане чу гIо". Цо элира /шен са долуш/: "ХIай сан къам‚ шу хууш хиллехьара-кх

36:27

بِمَا غَفَرَ لِى رَبِّى وَجَعَلَنِى مِنَ ٱلْمُكْرَمِينَ

Суна сан Кхиош-кхобучо гечдина хилар а‚ Цо со сийлахьболчарех хилийтар а".