Skip to content
QuranOlive

Juz 8 of 30 · 142 ayahs

ولو أنناPara 8: Wa Lau Annana — Chechen

Juz 8, known as Para 8 “Wa Lau Annana” (ولو أننا), runs from Surah Al-An'am 6:111 to Surah Al-A'raf 7:87. Read the full para online in Arabic with Chechen translation and audio.

6:111

۞ وَلَوْ أَنَّنَا نَزَّلْنَآ إِلَيْهِمُ ٱلْمَلَٰٓئِكَةَ وَكَلَّمَهُمُ ٱلْمَوْتَىٰ وَحَشَرْنَا عَلَيْهِمْ كُلَّ شَىْءٍۢ قُبُلًۭا مَّا كَانُوا۟ لِيُؤْمِنُوٓا۟ إِلَّآ أَن يَشَآءَ ٱللَّهُ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ يَجْهَلُونَ

Оха цаьрга маликаш доссийна хиллехьара а‚ цаьрга къамел дина хиллехьара а беллачара‚ Оха царна массо а хIума шайн бIаргийн хьалха гулйина хиллехьара – тIаккха а тешна хир бацара уьш‚ Далла лиъча бен. Делахь а царех дукхахберш ца хууш бу.

6:112

وَكَذَٰلِكَ جَعَلْنَا لِكُلِّ نَبِىٍّ عَدُوًّۭا شَيَٰطِينَ ٱلْإِنسِ وَٱلْجِنِّ يُوحِى بَعْضُهُمْ إِلَىٰ بَعْضٍۢ زُخْرُفَ ٱلْقَوْلِ غُرُورًۭا ۚ وَلَوْ شَآءَ رَبُّكَ مَا فَعَلُوهُ ۖ فَذَرْهُمْ وَمَا يَفْتَرُونَ

Иштта массо пайхамарна мостагI хилийтира Оха адамийн а‚ жинийн а шайтIанех‚ цхьаболчара вукхеран дегнашка хаздина дешнаш кхуьссуш уьш Iехорхьама. Хьан Кхиош-кхобучунна лиъна хиллехьара и дина хир дацара цара‚ бита уьш а‚ цара харц кхуллушдерг а.

6:113

وَلِتَصْغَىٰٓ إِلَيْهِ أَفْـِٔدَةُ ٱلَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِٱلْءَاخِرَةِ وَلِيَرْضَوْهُ وَلِيَقْتَرِفُوا۟ مَا هُم مُّقْتَرِفُونَ

Цу тIе эхартах цатешачеран дегнаш дахийтархьама а‚ цунна реза уьш хилийтархьама а‚ цаьрга гулдайтархьама а шаьш деш хилла долу къинош /битина уьш Дала/.

6:114

أَفَغَيْرَ ٱللَّهِ أَبْتَغِى حَكَمًۭا وَهُوَ ٱلَّذِىٓ أَنزَلَ إِلَيْكُمُ ٱلْكِتَٰبَ مُفَصَّلًۭا ۚ وَٱلَّذِينَ ءَاتَيْنَٰهُمُ ٱلْكِتَٰبَ يَعْلَمُونَ أَنَّهُۥ مُنَزَّلٌۭ مِّن رَّبِّكَ بِٱلْحَقِّ ۖ فَلَا تَكُونَنَّ مِنَ ٱلْمُمْتَرِينَ

/Ахьа ала/: "Дела воцчуьнгара лоьху, ткъа, аса хьукма? И ма вуй шуьга къастош долу жайна доссийнарг". Оха шайна жайна деллачарна хаьа и хьан Кхиош-кхобучуьнгара бакъонца доссийна хилар. Хьо хиланне а ма хилалахь шеко ечарех.

6:115

وَتَمَّتْ كَلِمَتُ رَبِّكَ صِدْقًۭا وَعَدْلًۭا ۚ لَّا مُبَدِّلَ لِكَلِمَٰتِهِۦ ۚ وَهُوَ ٱلسَّمِيعُ ٱلْعَلِيمُ

Кхочуш хилла хьан Кхиош-кхобучун дешнаш бакъодлчуьнца а‚ нийсонца а. Цуьнан дешнаш хийца стаг вац. И ша хезаш верг а‚ хууш верг а ву.

6:116

وَإِن تُطِعْ أَكْثَرَ مَن فِى ٱلْأَرْضِ يُضِلُّوكَ عَن سَبِيلِ ٱللَّهِ ۚ إِن يَتَّبِعُونَ إِلَّا ٱلظَّنَّ وَإِنْ هُمْ إِلَّا يَخْرُصُونَ

Хьо муьтIахь хилахь лаьттахь болчарех дуккхахболчарна‚ Делан некъах тилор ву хьо цара. Уьш тIехьахIуьттуш ма бац шайна моьттуш долчунна а бен‚ уьш харцлуьйш ма бу.

6:117

إِنَّ رَبَّكَ هُوَ أَعْلَمُ مَن يَضِلُّ عَن سَبِيلِهِۦ ۖ وَهُوَ أَعْلَمُ بِٱلْمُهْتَدِينَ

Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург – И ма ву дика хууш /вевзаш/ Шен некъах тилавелларг‚ И дика хууш /бевзаш/ ма ву нийсачу новкъахь берш.

6:118

فَكُلُوا۟ مِمَّا ذُكِرَ ٱسْمُ ٱللَّهِ عَلَيْهِ إِن كُنتُم بِـَٔايَٰتِهِۦ مُؤْمِنِينَ

Аша даа /бежнех/ шена тIехь /урс хьокхуш/ Делан цIе хьахийначух‚ шаьш Цуьнан аятех тешаш хилла делахь.

6:119

وَمَا لَكُمْ أَلَّا تَأْكُلُوا۟ مِمَّا ذُكِرَ ٱسْمُ ٱللَّهِ عَلَيْهِ وَقَدْ فَصَّلَ لَكُم مَّا حَرَّمَ عَلَيْكُمْ إِلَّا مَا ٱضْطُرِرْتُمْ إِلَيْهِ ۗ وَإِنَّ كَثِيرًۭا لَّيُضِلُّونَ بِأَهْوَآئِهِم بِغَيْرِ عِلْمٍ ۗ إِنَّ رَبَّكَ هُوَ أَعْلَمُ بِٱلْمُعْتَدِينَ

Аша хIунда ца дуу шена тIехь Делан цIе хьахийначух? Цо шуна къаста ма дина Ша шуна хьарам динарг. Шу и ца диъча ца довлуш дерг доцург. Баккъалла а, дукхахберш /нах/ нийсачу новкъах бохуш ма бу шайн лаамашца‚ цхьа а Iилма доццушехь. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург – И ма ву дика бевзаш дозанах бевлларш.

6:120

وَذَرُوا۟ ظَٰهِرَ ٱلْإِثْمِ وَبَاطِنَهُۥٓ ۚ إِنَّ ٱلَّذِينَ يَكْسِبُونَ ٱلْإِثْمَ سَيُجْزَوْنَ بِمَا كَانُوا۟ يَقْتَرِفُونَ

Дита гучудаьлла къа а‚ гучу ца даьлларг а. Баккъалла а, шаьш къинош деш болчарна бекхам хир ма бу шаьш дина хиллачуьнца.

6:121

وَلَا تَأْكُلُوا۟ مِمَّا لَمْ يُذْكَرِ ٱسْمُ ٱللَّهِ عَلَيْهِ وَإِنَّهُۥ لَفِسْقٌۭ ۗ وَإِنَّ ٱلشَّيَٰطِينَ لَيُوحُونَ إِلَىٰٓ أَوْلِيَآئِهِمْ لِيُجَٰدِلُوكُمْ ۖ وَإِنْ أَطَعْتُمُوهُمْ إِنَّكُمْ لَمُشْرِكُونَ

Аша ма даалаш Делан цIе шена тIехь ца хьахийначух. Иза, баккъалла а, песакъалла ю. Баккъалла а, шайтIанаша дагатуьйсу шайн доттагIашна, цаьрга шуьца къийсийтархьама. Нагахь санна шу царна муьтIахь хилахь – шу хир ма ду Делаца накъост лаьцнарш.

6:122

أَوَمَن كَانَ مَيْتًۭا فَأَحْيَيْنَٰهُ وَجَعَلْنَا لَهُۥ نُورًۭا يَمْشِى بِهِۦ فِى ٱلنَّاسِ كَمَن مَّثَلُهُۥ فِى ٱلظُّلُمَٰتِ لَيْسَ بِخَارِجٍۢ مِّنْهَا ۚ كَذَٰلِكَ زُيِّنَ لِلْكَٰفِرِينَ مَا كَانُوا۟ يَعْمَلُونَ

Я ша хилларг велла‚ тIаккха Оха ша денвина‚ шена Оха нур хилийтина‚ цуьнца нахалахь лелаш верг тера вуй ша боданашкахь волчух‚ цу чуьра ша аравер воцчу? Иштта хаздина цатешачарна шаьш деш хилларг.

6:123

وَكَذَٰلِكَ جَعَلْنَا فِى كُلِّ قَرْيَةٍ أَكَٰبِرَ مُجْرِمِيهَا لِيَمْكُرُوا۟ فِيهَا ۖ وَمَا يَمْكُرُونَ إِلَّا بِأَنفُسِهِمْ وَمَا يَشْعُرُونَ

Иштта хилийтина Оха массо а юьртахь къинош леточеран тхьамданаш‚ цу чохь цаьрга мекарло яйта‚ цара-м мекарло ца йо шайна бен‚ царна хаа ца ло-кха.

6:124

وَإِذَا جَآءَتْهُمْ ءَايَةٌۭ قَالُوا۟ لَن نُّؤْمِنَ حَتَّىٰ نُؤْتَىٰ مِثْلَ مَآ أُوتِىَ رُسُلُ ٱللَّهِ ۘ ٱللَّهُ أَعْلَمُ حَيْثُ يَجْعَلُ رِسَالَتَهُۥ ۗ سَيُصِيبُ ٱلَّذِينَ أَجْرَمُوا۟ صَغَارٌ عِندَ ٱللَّهِ وَعَذَابٌۭ شَدِيدٌۢ بِمَا كَانُوا۟ يَمْكُرُونَ

Шайга делил /аят/ деъча‚ цара олу: "Тхо тешар ма дац Делан элчанашка деънарг санна тхоьга ца дагIахь /Делан аят/". Далла дика хаьа‚ муха элчаналла дан деза. Къинош диначарех сийсазалла кхуьур ма ю Далла гергахь‚ чIогIа Iазап а /кхоьрур ду/ шаьш хиларна мекарло еш.

6:125

فَمَن يُرِدِ ٱللَّهُ أَن يَهْدِيَهُۥ يَشْرَحْ صَدْرَهُۥ لِلْإِسْلَٰمِ ۖ وَمَن يُرِدْ أَن يُضِلَّهُۥ يَجْعَلْ صَدْرَهُۥ ضَيِّقًا حَرَجًۭا كَأَنَّمَا يَصَّعَّدُ فِى ٱلسَّمَآءِ ۚ كَذَٰلِكَ يَجْعَلُ ٱللَّهُ ٱلرِّجْسَ عَلَى ٱلَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ

Далла Шена нисван луучунна дог паргIатдоккху Исламана‚ Цо Шена тилавала вита луучунна дог чIогIа гатдо, стигла хьалаволучух терра. Иштта хилийтина Дала рижс цатешачарна тIехь.

6:126

وَهَٰذَا صِرَٰطُ رَبِّكَ مُسْتَقِيمًۭا ۗ قَدْ فَصَّلْنَا ٱلْءَايَٰتِ لِقَوْمٍۢ يَذَّكَّرُونَ

ХIара бу хьан Кхиош-кхобучун некъ‚ нийса хилла болу. Къаста ма дина Оха аяташ хьехам тIелоцучу къомана.

6:127

۞ لَهُمْ دَارُ ٱلسَّلَٰمِ عِندَ رَبِّهِمْ ۖ وَهُوَ وَلِيُّهُم بِمَا كَانُوا۟ يَعْمَلُونَ

Царна Машаран цIа ду шайн Кхиош-кхобучун гергахь. И ву церан доттагIа, уьш хиларна /дика/ Iамалш еш.

6:128

وَيَوْمَ يَحْشُرُهُمْ جَمِيعًۭا يَٰمَعْشَرَ ٱلْجِنِّ قَدِ ٱسْتَكْثَرْتُم مِّنَ ٱلْإِنسِ ۖ وَقَالَ أَوْلِيَآؤُهُم مِّنَ ٱلْإِنسِ رَبَّنَا ٱسْتَمْتَعَ بَعْضُنَا بِبَعْضٍۢ وَبَلَغْنَآ أَجَلَنَا ٱلَّذِىٓ أَجَّلْتَ لَنَا ۚ قَالَ ٱلنَّارُ مَثْوَىٰكُمْ خَٰلِدِينَ فِيهَآ إِلَّا مَا شَآءَ ٱللَّهُ ۗ إِنَّ رَبَّكَ حَكِيمٌ عَلِيمٌۭ

Уьш берриге гулбечу дийнахь /кхойкхур ду/: "ХIай жинийн тоба! Адамех доккха дакъа схьалаьцна аша (дуккха адамаш тилийна аша)". Адамех церан доттагIаша эр ду: "Тхо Кхиош-кхобуш волу, тхан Дела‚ оха вовшашкара зовкх ийцира‚ Ахьа тхуна хIоттийна йолу тхан Iожалла тIекхечира". Цо /Дала/ элира: "(Жоьжахатин) цIе ю шун чугIойла‚ даима цу чохь лаьтташ‚ Далла ма лиъина". Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург ма ву Ша хьукма деш верг а‚ хууш верг а.

6:129

وَكَذَٰلِكَ نُوَلِّى بَعْضَ ٱلظَّٰلِمِينَ بَعْضًۢا بِمَا كَانُوا۟ يَكْسِبُونَ

Иштта цхьаболчу зуламхошка вуккхеран дола дойту Оха цара гулдеш хилла долчуьнца.

6:130

يَٰمَعْشَرَ ٱلْجِنِّ وَٱلْإِنسِ أَلَمْ يَأْتِكُمْ رُسُلٌۭ مِّنكُمْ يَقُصُّونَ عَلَيْكُمْ ءَايَٰتِى وَيُنذِرُونَكُمْ لِقَآءَ يَوْمِكُمْ هَٰذَا ۚ قَالُوا۟ شَهِدْنَا عَلَىٰٓ أَنفُسِنَا ۖ وَغَرَّتْهُمُ ٱلْحَيَوٰةُ ٱلدُّنْيَا وَشَهِدُوا۟ عَلَىٰٓ أَنفُسِهِمْ أَنَّهُمْ كَانُوا۟ كَٰفِرِينَ

"ХIай жинийн а‚ адамийн а юкъаралла! Шуьга ца баьхкина элчанаш шуна юкъара‚ шуьга дуьйцуш Сан аяташ‚ шуна хьехош (кхерам тасарца) хIокху дийнан цхьаьнакхетар?" Цара эр: "Тхайна тIехь тешалла дина оха". Дуьненан дахаро Iехийра уьш‚ шайна тIехь тешалла дира цара, шаьш цатешаш хилла, аьлла.

6:131

ذَٰلِكَ أَن لَّمْ يَكُن رَّبُّكَ مُهْلِكَ ٱلْقُرَىٰ بِظُلْمٍۢ وَأَهْلُهَا غَٰفِلُونَ

Иштта (элчанаш бохуьйтара Оха) хьан Кхиош-кхобург ца хилла дела зуламца ярташ хIаллакьеш церан охIланна а ца хууш.

6:132

وَلِكُلٍّۢ دَرَجَٰتٌۭ مِّمَّا عَمِلُوا۟ ۚ وَمَا رَبُّكَ بِغَٰفِلٍ عَمَّا يَعْمَلُونَ

ХIоранна шен-шен дарж ду‚ ша динчух. Хьан Кхиош-кхобург ма вац тидаме оьцур доцуш цара деш дерг.

6:133

وَرَبُّكَ ٱلْغَنِىُّ ذُو ٱلرَّحْمَةِ ۚ إِن يَشَأْ يُذْهِبْكُمْ وَيَسْتَخْلِفْ مِنۢ بَعْدِكُم مَّا يَشَآءُ كَمَآ أَنشَأَكُم مِّن ذُرِّيَّةِ قَوْمٍ ءَاخَرِينَ

Хьан Кхиош-кхобург ву (цхьаннех) ца воьзуш (халкъ а, цуьнан Iибадат а Шена ца хилчи а мегаш)‚ къинхетам болуш а. Шена лаахь шу дойур ду Цо‚ шул тIаьхьа Шена луург вуьтур ву‚ шу а Цо кхиийна хиларе терра кхечу къоман зуьретах.

6:134

إِنَّ مَا تُوعَدُونَ لَءَاتٍۢ ۖ وَمَآ أَنتُم بِمُعْجِزِينَ

Баккъалла а, шуна хир ду аьлларг догIур долуш ду шуна‚ шуна могур ма дац и гIелдан (и духа тоха).

6:135

قُلْ يَٰقَوْمِ ٱعْمَلُوا۟ عَلَىٰ مَكَانَتِكُمْ إِنِّى عَامِلٌۭ ۖ فَسَوْفَ تَعْلَمُونَ مَن تَكُونُ لَهُۥ عَٰقِبَةُ ٱلدَّارِ ۗ إِنَّهُۥ لَا يُفْلِحُ ٱلظَّٰلِمُونَ

Ахьа ала: "ХIай къам! Шайн Iамал е аша шайн меттигашкахь‚ аса а йийр ю сайн Iамал‚ тIаьхьа хуур ду шуна‚ хьенан хир ю цIийнан тIаьхье /эхарт/. Баккъалла а,‚ баккхийбуьй ма бац зуламхой".

6:136

وَجَعَلُوا۟ لِلَّهِ مِمَّا ذَرَأَ مِنَ ٱلْحَرْثِ وَٱلْأَنْعَٰمِ نَصِيبًۭا فَقَالُوا۟ هَٰذَا لِلَّهِ بِزَعْمِهِمْ وَهَٰذَا لِشُرَكَآئِنَا ۖ فَمَا كَانَ لِشُرَكَآئِهِمْ فَلَا يَصِلُ إِلَى ٱللَّهِ ۖ وَمَا كَانَ لِلَّهِ فَهُوَ يَصِلُ إِلَىٰ شُرَكَآئِهِمْ ۗ سَآءَ مَا يَحْكُمُونَ

Цара дира Далла Цо кхоьллинчу ялтех а‚ бежанех а дакъа‚ элира: "ХIара Далла ду" – царна моттарехь – "хIара вайн накъосташна ду". Церан накъосташна хилларг Деле ца кхочу‚ Далла хилларг церан накъосташка кхочу – ма вон хилла цара деш долу хьукма.

6:137

وَكَذَٰلِكَ زَيَّنَ لِكَثِيرٍۢ مِّنَ ٱلْمُشْرِكِينَ قَتْلَ أَوْلَٰدِهِمْ شُرَكَآؤُهُمْ لِيُرْدُوهُمْ وَلِيَلْبِسُوا۟ عَلَيْهِمْ دِينَهُمْ ۖ وَلَوْ شَآءَ ٱللَّهُ مَا فَعَلُوهُ ۖ فَذَرْهُمْ وَمَا يَفْتَرُونَ

Иштта хаздира дукхахболчу мушрикунашна церан накъосташа шайн бераш дайар (зудбераш дийна болуш лаьттах бохкар), уьш хIаллакбархьама а‚ царна шайн (ИсмаIилера схьадогIуш хилла долу) дин дохойтархьама а. Далла лиъна хиллехьара и дийр дацара цара‚ бита уьш а‚ цара (харц) кхуллург а.

6:138

وَقَالُوا۟ هَٰذِهِۦٓ أَنْعَٰمٌۭ وَحَرْثٌ حِجْرٌۭ لَّا يَطْعَمُهَآ إِلَّا مَن نَّشَآءُ بِزَعْمِهِمْ وَأَنْعَٰمٌ حُرِّمَتْ ظُهُورُهَا وَأَنْعَٰمٌۭ لَّا يَذْكُرُونَ ٱسْمَ ٱللَّهِ عَلَيْهَا ٱفْتِرَآءً عَلَيْهِ ۚ سَيَجْزِيهِم بِمَا كَانُوا۟ يَفْتَرُونَ

(Мушрикунаша) элира: "ХIара даьхний а‚ ялта а хьарам ду‚ и дуур дац вайна луучо бен"‚ – иштта довдора цара‚ даьхний ду шайна тIехаар хьарам долуш /царна моттарехь/‚ даьхний ду цара шайна тIехь Делан цIе ца хьахош Цунна тIехь харцдерг кхоллархьама. ТIаккха бекхам бийр бу Цо царна цара /харцдерг/ тIекхуллуш хиларна.

6:139

وَقَالُوا۟ مَا فِى بُطُونِ هَٰذِهِ ٱلْأَنْعَٰمِ خَالِصَةٌۭ لِّذُكُورِنَا وَمُحَرَّمٌ عَلَىٰٓ أَزْوَٰجِنَا ۖ وَإِن يَكُن مَّيْتَةًۭ فَهُمْ فِيهِ شُرَكَآءُ ۚ سَيَجْزِيهِمْ وَصْفَهُمْ ۚ إِنَّهُۥ حَكِيمٌ عَلِيمٌۭ

Цара элира: "ХIокху бежанийн гай чохь дерг цIена ду вайн божаршна‚ хьарам ду вайн зударшна. Нагахь санна къеелла дуьнена ялахь – уьш цу чохь /цхьанийсса/ декъахой бу". Цо /Дала/ бекхам бийр бу царна шаьш кхуллуш долчунна тIехь. Баккъалла а, И хьекъале а ву‚ хууш а ву.

6:140

قَدْ خَسِرَ ٱلَّذِينَ قَتَلُوٓا۟ أَوْلَٰدَهُمْ سَفَهًۢا بِغَيْرِ عِلْمٍۢ وَحَرَّمُوا۟ مَا رَزَقَهُمُ ٱللَّهُ ٱفْتِرَآءً عَلَى ٱللَّهِ ۚ قَدْ ضَلُّوا۟ وَمَا كَانُوا۟ مُهْتَدِينَ

Эшаллехь биси Iовдаллалица а‚ хууш хIума доцуш а‚ шайн бераш хIаллакбинарш‚ Дала шайна делла рицкъа шайна хьарамдинарш, Далла тIе харцдерг кхоллархьама. Тилабелла уьш‚ нийсачу новкъахь хила а ца хилла уьш.

6:141

۞ وَهُوَ ٱلَّذِىٓ أَنشَأَ جَنَّٰتٍۢ مَّعْرُوشَٰتٍۢ وَغَيْرَ مَعْرُوشَٰتٍۢ وَٱلنَّخْلَ وَٱلزَّرْعَ مُخْتَلِفًا أُكُلُهُۥ وَٱلزَّيْتُونَ وَٱلرُّمَّانَ مُتَشَٰبِهًۭا وَغَيْرَ مُتَشَٰبِهٍۢ ۚ كُلُوا۟ مِن ثَمَرِهِۦٓ إِذَآ أَثْمَرَ وَءَاتُوا۟ حَقَّهُۥ يَوْمَ حَصَادِهِۦ ۖ وَلَا تُسْرِفُوٓا۟ ۚ إِنَّهُۥ لَا يُحِبُّ ٱلْمُسْرِفِينَ

И ву кхиийнарг бошмаш‚ кхозаелларш а‚ ца кхозаелларш а (дитташ)‚ хурманаш а‚ ораматаш а‚ шайн даар башха долуш‚ зайт-дитт а‚ нар а (граната) – тера йолуш а‚ тера йоцуш а‚ баа церан стоьмаш уьш кхиъча‚ ялта чудерзочу дийнахь цуьнан хьакъ (закат) дIало. ТIалам боцуш даржа ма де. Баккъалла а, Цунна ца беза хIуманан тIалам боцурш.

6:142

وَمِنَ ٱلْأَنْعَٰمِ حَمُولَةًۭ وَفَرْشًۭا ۚ كُلُوا۟ مِمَّا رَزَقَكُمُ ٱللَّهُ وَلَا تَتَّبِعُوا۟ خُطُوَٰتِ ٱلشَّيْطَٰنِ ۚ إِنَّهُۥ لَكُمْ عَدُوٌّۭ مُّبِينٌۭ

Бежанех ду – шуна мохь кхоьхьурш а‚ шуна кIеда мотт хуьлурш а. Даа Дала шайна деллачу рицкъех‚ тIаьхьа ма хIитта шайтIанан гIулчашна. Баккъалла а, и шуна билггала мостагI ду.

6:143

ثَمَٰنِيَةَ أَزْوَٰجٍۢ ۖ مِّنَ ٱلضَّأْنِ ٱثْنَيْنِ وَمِنَ ٱلْمَعْزِ ٱثْنَيْنِ ۗ قُلْ ءَآلذَّكَرَيْنِ حَرَّمَ أَمِ ٱلْأُنثَيَيْنِ أَمَّا ٱشْتَمَلَتْ عَلَيْهِ أَرْحَامُ ٱلْأُنثَيَيْنِ ۖ نَبِّـُٔونِى بِعِلْمٍ إِن كُنتُمْ صَٰدِقِينَ

БархI /бежана ду/ боьршаниг а‚ стениг а‚ уьстагIех а шиъ‚ гезарех а шиъ. Алал /хаттал цаьрга/: "Боьршаниг шиъ хьарам дина Цо /Дала/ я стениг шиъ дина‚ я шинне стечун кийрахь дерг дина? Дийцал суна Iилманца‚ шаьш бакълуьйш хилла делахь".

6:144

وَمِنَ ٱلْإِبِلِ ٱثْنَيْنِ وَمِنَ ٱلْبَقَرِ ٱثْنَيْنِ ۗ قُلْ ءَآلذَّكَرَيْنِ حَرَّمَ أَمِ ٱلْأُنثَيَيْنِ أَمَّا ٱشْتَمَلَتْ عَلَيْهِ أَرْحَامُ ٱلْأُنثَيَيْنِ ۖ أَمْ كُنتُمْ شُهَدَآءَ إِذْ وَصَّىٰكُمُ ٱللَّهُ بِهَٰذَا ۚ فَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنِ ٱفْتَرَىٰ عَلَى ٱللَّهِ كَذِبًۭا لِّيُضِلَّ ٱلنَّاسَ بِغَيْرِ عِلْمٍ ۗ إِنَّ ٱللَّهَ لَا يَهْدِى ٱلْقَوْمَ ٱلظَّٰلِمِينَ

Эмкалех шиъ‚ аттех шиъ – алал /хIинца/: шиъ боьршаниг хьарам дина‚ я шиъ стениг дина‚ я шинне стечун кийрахь дерг дина‚ я шу дара тешаш /дакъа лоцуш/ Дала шуна цуьнца весет деш?" Мила хир ву зуламе Далла тIе харцдерг кхуллучул, нах тилорхьама цхьа а Iилма доццушехь. Баккъалла а, Дала ца нисдозуламе къам.

6:145

قُل لَّآ أَجِدُ فِى مَآ أُوحِىَ إِلَىَّ مُحَرَّمًا عَلَىٰ طَاعِمٍۢ يَطْعَمُهُۥٓ إِلَّآ أَن يَكُونَ مَيْتَةً أَوْ دَمًۭا مَّسْفُوحًا أَوْ لَحْمَ خِنزِيرٍۢ فَإِنَّهُۥ رِجْسٌ أَوْ فِسْقًا أُهِلَّ لِغَيْرِ ٱللَّهِ بِهِۦ ۚ فَمَنِ ٱضْطُرَّ غَيْرَ بَاغٍۢ وَلَا عَادٍۢ فَإِنَّ رَبَّكَ غَفُورٌۭ رَّحِيمٌۭ

Ахьа ала: "Суна ца карадо сайга даийтинчу вехьешкахь хьарам динарг дуучунна ша дууш‚ къеделларг доцург‚ Iенаш долу цIий доцург я хьакхин жижиг доцург‚ – тIаккха и рижс ю – я шена тIехь Дела воцчун цIе йоккхуш йина песакх йоцург. ТIкъа шена ницкъ бахь /мацалло/‚ къинах ларлуш‚ /Делан/ дозанах а ца волуш – (юур ю цо хьарамниг). Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург гечдеш ма ву‚ къинхетаме а ма ву.

6:146

وَعَلَى ٱلَّذِينَ هَادُوا۟ حَرَّمْنَا كُلَّ ذِى ظُفُرٍۢ ۖ وَمِنَ ٱلْبَقَرِ وَٱلْغَنَمِ حَرَّمْنَا عَلَيْهِمْ شُحُومَهُمَآ إِلَّا مَا حَمَلَتْ ظُهُورُهُمَآ أَوِ ٱلْحَوَايَآ أَوْ مَا ٱخْتَلَطَ بِعَظْمٍۢ ۚ ذَٰلِكَ جَزَيْنَٰهُم بِبَغْيِهِمْ ۖ وَإِنَّا لَصَٰدِقُونَ

Жуьгташна хьарам ма дира Оха массо берг йолу /бежана/. Хьелийн а‚ уьстагIийн а хьарам йира Оха царна муьхь шайн букъах‚ я чокох леттарг йоцург‚ я даьIахках ийнарг йоцург. И бекхам бира Оха царна уьш тилар бахьанехь. Баккъалла а, тхо бакълуьйш ду.

6:147

فَإِن كَذَّبُوكَ فَقُل رَّبُّكُمْ ذُو رَحْمَةٍۢ وَٰسِعَةٍۢ وَلَا يُرَدُّ بَأْسُهُۥ عَنِ ٱلْقَوْمِ ٱلْمُجْرِمِينَ

Хьо цара харцвахь‚ ала: "Шун Кхиош-кхобург ву шортта къинхетам болуш‚ духатохалур бац Цуьнан ницкъ къинош дечу къомах".

6:148

سَيَقُولُ ٱلَّذِينَ أَشْرَكُوا۟ لَوْ شَآءَ ٱللَّهُ مَآ أَشْرَكْنَا وَلَآ ءَابَآؤُنَا وَلَا حَرَّمْنَا مِن شَىْءٍۢ ۚ كَذَٰلِكَ كَذَّبَ ٱلَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ حَتَّىٰ ذَاقُوا۟ بَأْسَنَا ۗ قُلْ هَلْ عِندَكُم مِّنْ عِلْمٍۢ فَتُخْرِجُوهُ لَنَآ ۖ إِن تَتَّبِعُونَ إِلَّا ٱلظَّنَّ وَإِنْ أَنتُمْ إِلَّا تَخْرُصُونَ

Делаца накъост лаьцначара эр ду: "Далла лиънехьара Делаца накъост лоцур вацара оха а‚ тхан дайша а‚ хIумма а хьарам дийр дацара оха". Иштта харцдира /дин/ царел хьалха хиллачара а тхан ницкъ Iавшшалц. Алал /хаттал цаьрга/: "Шуьгахь дуй Iилма – далахь аша и тхуна арадаккха. Шу тIаьхьахIуьттуш ма дац моттаргIанашна а бен‚ шу харцлуьйш ма ду".

6:149

قُلْ فَلِلَّهِ ٱلْحُجَّةُ ٱلْبَٰلِغَةُ ۖ فَلَوْ شَآءَ لَهَدَىٰكُمْ أَجْمَعِينَ

Ала: "Делехь ду кхоччуш делил. Лиънехьара шу дерриге а нисдийр дара Цо".

6:150

قُلْ هَلُمَّ شُهَدَآءَكُمُ ٱلَّذِينَ يَشْهَدُونَ أَنَّ ٱللَّهَ حَرَّمَ هَٰذَا ۖ فَإِن شَهِدُوا۟ فَلَا تَشْهَدْ مَعَهُمْ ۚ وَلَا تَتَّبِعْ أَهْوَآءَ ٱلَّذِينَ كَذَّبُوا۟ بِـَٔايَٰتِنَا وَٱلَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِٱلْءَاخِرَةِ وَهُم بِرَبِّهِمْ يَعْدِلُونَ

Ала: "Балабе шайн тешаш‚ шаьш тешалла дийр долу‚ Дала и хьарам дина"‚- аьлла. Цара тешалла дахь‚ ахьа ма делахь царца тешалла. Хьо тIаьхьа ма хIотталахь Тхан аяташ харцдиначеран лааршна‚ эхартах цатешачерийн а – уьш бу шайн Кхиош-кхобучуьнца /кхин накъостий/ нисбеш /мушрикунаш/.

6:151

۞ قُلْ تَعَالَوْا۟ أَتْلُ مَا حَرَّمَ رَبُّكُمْ عَلَيْكُمْ ۖ أَلَّا تُشْرِكُوا۟ بِهِۦ شَيْـًۭٔا ۖ وَبِٱلْوَٰلِدَيْنِ إِحْسَٰنًۭا ۖ وَلَا تَقْتُلُوٓا۟ أَوْلَٰدَكُم مِّنْ إِمْلَٰقٍۢ ۖ نَّحْنُ نَرْزُقُكُمْ وَإِيَّاهُمْ ۖ وَلَا تَقْرَبُوا۟ ٱلْفَوَٰحِشَ مَا ظَهَرَ مِنْهَا وَمَا بَطَنَ ۖ وَلَا تَقْتُلُوا۟ ٱلنَّفْسَ ٱلَّتِى حَرَّمَ ٱللَّهُ إِلَّا بِٱلْحَقِّ ۚ ذَٰلِكُمْ وَصَّىٰكُم بِهِۦ لَعَلَّكُمْ تَعْقِلُونَ

Ала: "Схьадуьйла‚ аса дуьйцур ду шун Кхиош-кхобучо шуна хьарам динарг – аша цуьнца цхьанне хIуманца накъост ца лацар‚ деца-ненаца дика хилар а – шайн доьзалш ма байа мацаллех /кхоьруш/. Оха кхобур ду шу а‚ уьш а. Боьхачун герга ма гIолаш – цунах гучудаьллачух а‚ къайлах долчух а. Са ма делаш ша Дала хьарам дина /стаг вер/ долу‚ бакъонца бен. И ду Цо шуьга весет динарг, шу хиллархьама хьекъале.

6:152

وَلَا تَقْرَبُوا۟ مَالَ ٱلْيَتِيمِ إِلَّا بِٱلَّتِى هِىَ أَحْسَنُ حَتَّىٰ يَبْلُغَ أَشُدَّهُۥ ۖ وَأَوْفُوا۟ ٱلْكَيْلَ وَٱلْمِيزَانَ بِٱلْقِسْطِ ۖ لَا نُكَلِّفُ نَفْسًا إِلَّا وُسْعَهَا ۖ وَإِذَا قُلْتُمْ فَٱعْدِلُوا۟ وَلَوْ كَانَ ذَا قُرْبَىٰ ۖ وَبِعَهْدِ ٱللَّهِ أَوْفُوا۟ ۚ ذَٰلِكُمْ وَصَّىٰكُم بِهِۦ لَعَلَّكُمْ تَذَكَّرُونَ

Буоберан дохнна герга ма гIолаш дикачуьнца бен, и кхиъна валлалц. Терза нийса озалаш. Оха тIе ца дуьллу сина цуьнан ницкъ кхочург бен. Шаьш дийцахь‚ нийсо елаш (бакъдерг дийцалаш) гергара велахь а‚ Делаца йина ваIда кхочушъелаш. И ду Цо шуна шеца весет динарг, шу хилийтархьама ойла еш.

6:153

وَأَنَّ هَٰذَا صِرَٰطِى مُسْتَقِيمًۭا فَٱتَّبِعُوهُ ۖ وَلَا تَتَّبِعُوا۟ ٱلسُّبُلَ فَتَفَرَّقَ بِكُمْ عَن سَبِيلِهِۦ ۚ ذَٰلِكُمْ وَصَّىٰكُم بِهِۦ لَعَلَّكُمْ تَتَّقُونَ

ХIара Сан некъ бу нийса берг – тIаьхьахIотта цунна‚ тIаьхьа ма хIотта кхечу некъашна – цара дIакъастор ду шу Цуьнан некъах. И ду шуна Цо /Дала/ шеца весет динарг, шу хилийтархьама /Делах/ кхоьруш.

6:154

ثُمَّ ءَاتَيْنَا مُوسَى ٱلْكِتَٰبَ تَمَامًا عَلَى ٱلَّذِىٓ أَحْسَنَ وَتَفْصِيلًۭا لِّكُلِّ شَىْءٍۢ وَهُدًۭى وَرَحْمَةًۭ لَّعَلَّهُم بِلِقَآءِ رَبِّهِمْ يُؤْمِنُونَ

ТIаккха Мусага делира Оха жайна‚ ша диканиг диначунна /Тхан ниIмат/ кхочушдеш хилла долу‚ хIора хIуманна къастор хилла долу‚ нийса некъ а‚ къинхетам а хилла болу‚ уьш шайн Кхиош-кхобучуьнца цхьаьнакхетарх тешаш хила ма мегара.

6:155

وَهَٰذَا كِتَٰبٌ أَنزَلْنَٰهُ مُبَارَكٌۭ فَٱتَّبِعُوهُ وَٱتَّقُوا۟ لَعَلَّكُمْ تُرْحَمُونَ

ХIара а жайна /КъурIан/ ду. Оха доссийна и ша беркате а долуш‚ тIаьхьахIотта цунна‚ /Делах/ кхера – шух къинхетам бан мегара.

6:156

أَن تَقُولُوٓا۟ إِنَّمَآ أُنزِلَ ٱلْكِتَٰبُ عَلَىٰ طَآئِفَتَيْنِ مِن قَبْلِنَا وَإِن كُنَّا عَن دِرَاسَتِهِمْ لَغَٰفِلِينَ

Аша ца алархьама: "Тхоьл хьалха хиллачу шина тобане доссийна жайна‚ тхо хилла уьш Iамарх гIовпал".

6:157

أَوْ تَقُولُوا۟ لَوْ أَنَّآ أُنزِلَ عَلَيْنَا ٱلْكِتَٰبُ لَكُنَّآ أَهْدَىٰ مِنْهُمْ ۚ فَقَدْ جَآءَكُم بَيِّنَةٌۭ مِّن رَّبِّكُمْ وَهُدًۭى وَرَحْمَةٌۭ ۚ فَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّن كَذَّبَ بِـَٔايَٰتِ ٱللَّهِ وَصَدَفَ عَنْهَا ۗ سَنَجْزِى ٱلَّذِينَ يَصْدِفُونَ عَنْ ءَايَٰتِنَا سُوٓءَ ٱلْعَذَابِ بِمَا كَانُوا۟ يَصْدِفُونَ

Я аша ца алархьама: "Тхоьга доссийна хиллехьара жайна – царел а нийса хилла хир дара тхо". Еъна шуьга билгало шун Кхиош-кхобучуьнгара‚ нийса некъ а‚ къинхетам а. Мила ву, ткъа, зуламе Делан аяташ харцдечул‚ царех дIатилинчул? Бекхам бийр бу Оха тхан аятех дIатилинчарна вочу Iазапца, уьш хилла хиларна дIатилла.

6:158

هَلْ يَنظُرُونَ إِلَّآ أَن تَأْتِيَهُمُ ٱلْمَلَٰٓئِكَةُ أَوْ يَأْتِىَ رَبُّكَ أَوْ يَأْتِىَ بَعْضُ ءَايَٰتِ رَبِّكَ ۗ يَوْمَ يَأْتِى بَعْضُ ءَايَٰتِ رَبِّكَ لَا يَنفَعُ نَفْسًا إِيمَٰنُهَا لَمْ تَكُنْ ءَامَنَتْ مِن قَبْلُ أَوْ كَسَبَتْ فِىٓ إِيمَٰنِهَا خَيْرًۭا ۗ قُلِ ٱنتَظِرُوٓا۟ إِنَّا مُنتَظِرُونَ

Хьоьжур буй-те уьш шайга маликаш даре я шайна Дела варе‚ я хьан Кхиош-кхобучун цхьадолу аяташ даре? Хьан Кхиош-кхобучун цхьадолу аяташ деъначу дийнахь сина пайда бийр бац цуьнан имано‚ ша хьалха тешна хилла дацахь‚ я шен иманачохь гулдина диканиг дацахь. Ахьа ала: "Хьоьжуш Iе шу – тхо а хьоьжуш ду".

6:159

إِنَّ ٱلَّذِينَ فَرَّقُوا۟ دِينَهُمْ وَكَانُوا۟ شِيَعًۭا لَّسْتَ مِنْهُمْ فِى شَىْءٍ ۚ إِنَّمَآ أَمْرُهُمْ إِلَى ٱللَّهِ ثُمَّ يُنَبِّئُهُم بِمَا كَانُوا۟ يَفْعَلُونَ

Баккъалла а, шен дин декъна хилларш‚ тобанаш хилларш – хьо царех ца хилла хьуна цхьанне хIуманна тIехь‚ церан гIуллакх Деле ду. ТIаккха Цо дуьйцур ду цаьрга цара деш хилларг.

6:160

مَن جَآءَ بِٱلْحَسَنَةِ فَلَهُۥ عَشْرُ أَمْثَالِهَا ۖ وَمَن جَآءَ بِٱلسَّيِّئَةِ فَلَا يُجْزَىٰٓ إِلَّا مِثْلَهَا وَهُمْ لَا يُظْلَمُونَ

Диканиг деъначунна - цунна итт цунах тераниг ду. Вониг деъначунна – бекхам хир бац цунах терачуьнца бен. Царна зулам дийр дац.

6:161

قُلْ إِنَّنِى هَدَىٰنِى رَبِّىٓ إِلَىٰ صِرَٰطٍۢ مُّسْتَقِيمٍۢ دِينًۭا قِيَمًۭا مِّلَّةَ إِبْرَٰهِيمَ حَنِيفًۭا ۚ وَمَا كَانَ مِنَ ٱلْمُشْرِكِينَ

Ахьа ала: "Баккъалла а, со нисвина сан Кхиош-кхобучо нийсачу новкъа‚ мехала /нийса/ дин хуьлуйтуш‚ доггах /и бакъдина/ тIевирзина хилла волчу ИбрахIиман миллатах хуьлуьйтуш. И /ИбрахIим/ ца хилла мушрикунех".

6:162

قُلْ إِنَّ صَلَاتِى وَنُسُكِى وَمَحْيَاىَ وَمَمَاتِى لِلَّهِ رَبِّ ٱلْعَٰلَمِينَ

Ала: "Сан ламаз а‚ сан Iибадат а‚ сан денвалар а‚ сан валар а – Далла ду‚ Iаламийн Да хилла волчу.

6:163

لَا شَرِيكَ لَهُۥ ۖ وَبِذَٰلِكَ أُمِرْتُ وَأَنَا۠ أَوَّلُ ٱلْمُسْلِمِينَ

Накъост вац цуьнан. Цуьнца омра дина суна‚ со цхьалгIа муьтIахь верг ву".

6:164

قُلْ أَغَيْرَ ٱللَّهِ أَبْغِى رَبًّۭا وَهُوَ رَبُّ كُلِّ شَىْءٍۢ ۚ وَلَا تَكْسِبُ كُلُّ نَفْسٍ إِلَّا عَلَيْهَا ۚ وَلَا تَزِرُ وَازِرَةٌۭ وِزْرَ أُخْرَىٰ ۚ ثُمَّ إِلَىٰ رَبِّكُم مَّرْجِعُكُمْ فَيُنَبِّئُكُم بِمَا كُنتُمْ فِيهِ تَخْتَلِفُونَ

Ахьа ала: "АллахI воцург /кхин/ лоху аса Кхиош-кхобург /Дела/? И ма вуй массо хIуманан Кхиош-кхобург. Карор ма дац хIора синна шена тIехь дерг бен. Хьур ма бац хьочо кхечуьнан мохь (ша динчу къинан бен бекхам хир бац цуьнан). ТIаккха шун дIадерзар шун Кхиош-кхобучуьнга ма ду – Цо дуьйцур ма ду шуна шу шена чохь хилпало еш хилларг.

6:165

وَهُوَ ٱلَّذِى جَعَلَكُمْ خَلَٰٓئِفَ ٱلْأَرْضِ وَرَفَعَ بَعْضَكُمْ فَوْقَ بَعْضٍۢ دَرَجَٰتٍۢ لِّيَبْلُوَكُمْ فِى مَآ ءَاتَىٰكُمْ ۗ إِنَّ رَبَّكَ سَرِيعُ ٱلْعِقَابِ وَإِنَّهُۥ لَغَفُورٌۭ رَّحِيمٌۢ

И ма ву шух хилийтинарг лаьттан тIаьхье‚ шун цхьаберш вукхарел даржаца айбинарг, шу зерхьама Ша шуна деллачуьнгахь. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург сиха ма ву таIзарца‚ И гечдийриг а‚ къинхетам берг а ву.

7:1

الٓمٓصٓ

Алиф-лам-мим-ссад.

7:2

كِتَٰبٌ أُنزِلَ إِلَيْكَ فَلَا يَكُن فِى صَدْرِكَ حَرَجٌۭ مِّنْهُ لِتُنذِرَ بِهِۦ وَذِكْرَىٰ لِلْمُؤْمِنِينَ

Жайна /КъурIан/ доссина хьоьга /я Мухьаммад/‚ хьан дагчохь ма хуьлийла цунах хало‚ цуьнца ахьа кхерам таса а‚ ша хьехам а хилла болу тешачарна.

7:3

ٱتَّبِعُوا۟ مَآ أُنزِلَ إِلَيْكُم مِّن رَّبِّكُمْ وَلَا تَتَّبِعُوا۟ مِن دُونِهِۦٓ أَوْلِيَآءَ ۗ قَلِيلًۭا مَّا تَذَكَّرُونَ

ТIаьхьахIотта шайн Кхиош-кхобучуьнгара шайга доссинчунна‚ тIаьхьа ма хIотта, иза а витина, /кхечу/ доттагIашна‚ кIезиг ду-кх аша ойла йийриг.

7:4

وَكَم مِّن قَرْيَةٍ أَهْلَكْنَٰهَا فَجَآءَهَا بَأْسُنَا بَيَٰتًا أَوْ هُمْ قَآئِلُونَ

Маса юрт Оха хIаллакйина! Тхан ницкъ беара буьйсанна я царна делкъанна наб озаелча.

7:5

فَمَا كَانَ دَعْوَىٰهُمْ إِذْ جَآءَهُم بَأْسُنَآ إِلَّآ أَن قَالُوٓا۟ إِنَّا كُنَّا ظَٰلِمِينَ

Тхан ницкъ шайга беъча церан кхайкхар ма ца хилира алар бен: "Баккъалла а, тхо хилла зулам динарш".

7:6

فَلَنَسْـَٔلَنَّ ٱلَّذِينَ أُرْسِلَ إِلَيْهِمْ وَلَنَسْـَٔلَنَّ ٱلْمُرْسَلِينَ

ТIаьхьа хаттане а хоттур ма ду Оха шайга элчанаш бахкийтина хиллачаьрга‚ хаттане а хоттур ма ду Оха элчанашка.

7:7

فَلَنَقُصَّنَّ عَلَيْهِم بِعِلْمٍۢ ۖ وَمَا كُنَّا غَآئِبِينَ

Цаьрга дийццане а дуьйцур ма ду Оха Iилманца‚ Тхо доцуш ма ца хуьлу.

7:8

وَٱلْوَزْنُ يَوْمَئِذٍ ٱلْحَقُّ ۚ فَمَن ثَقُلَتْ مَوَٰزِينُهُۥ فَأُو۟لَٰٓئِكَ هُمُ ٱلْمُفْلِحُونَ

Мизан-терза оцу дийнахь хирг хилар хьакъ-бакъ ду. Шен терза дазделларш – уьш бу баккхийбуьйраш.

7:9

وَمَنْ خَفَّتْ مَوَٰزِينُهُۥ فَأُو۟لَٰٓئِكَ ٱلَّذِينَ خَسِرُوٓا۟ أَنفُسَهُم بِمَا كَانُوا۟ بِـَٔايَٰتِنَا يَظْلِمُونَ

Шен терза дайделларш – уьш бу шайн синош эшийнарш Тхан аяташца шаьш зулам деш хилла хиларца.

7:10

وَلَقَدْ مَكَّنَّٰكُمْ فِى ٱلْأَرْضِ وَجَعَلْنَا لَكُمْ فِيهَا مَعَٰيِشَ ۗ قَلِيلًۭا مَّا تَشْكُرُونَ

Лаьтта тIехь Оха чIагIдира шу‚ Оха шуна цу тIехь бахам хилийтира‚ кIезиг ду-кх аша баркалла олург.

7:11

وَلَقَدْ خَلَقْنَٰكُمْ ثُمَّ صَوَّرْنَٰكُمْ ثُمَّ قُلْنَا لِلْمَلَٰٓئِكَةِ ٱسْجُدُوا۟ لِءَادَمَ فَسَجَدُوٓا۟ إِلَّآ إِبْلِيسَ لَمْ يَكُن مِّنَ ٱلسَّٰجِدِينَ

Оха шу кхоьллира‚ тIаккха Оха шуна куц хилийтира‚ тIаккха Оха элира маликашка: "Сужд де Адамна!" Цара сужд дира‚ Иблис доцчо – и ца хилира сужд дечарех.

7:12

قَالَ مَا مَنَعَكَ أَلَّا تَسْجُدَ إِذْ أَمَرْتُكَ ۖ قَالَ أَنَا۠ خَيْرٌۭ مِّنْهُ خَلَقْتَنِى مِن نَّارٍۢ وَخَلَقْتَهُۥ مِن طِينٍۢ

Элира (Дала): "Стено дуьхьало йина хьуна сужд дан Ас хьайга омра дича?" Элира (иблисо): "Со дика ду цул (Адамал). Со кхоьллина Ахьа цIарах‚ и кхоьллина Ахьа поппарх".

7:13

قَالَ فَٱهْبِطْ مِنْهَا فَمَا يَكُونُ لَكَ أَن تَتَكَبَّرَ فِيهَا فَٱخْرُجْ إِنَّكَ مِنَ ٱلصَّٰغِرِينَ

Элира: "Охьадосса цигара (ялсаманера). Оьшуш дац хьан цу чохь доккхадер. Арадала! Баккъалла а, хьо хилла сийсаза хиллачарех".

7:14

قَالَ أَنظِرْنِىٓ إِلَىٰ يَوْمِ يُبْعَثُونَ

Цо элира: "Хьем бе соьх, уьш юха денбийр болу де тIекхаччалц (къемат де далц ца долийтуш дита со)".

7:15

قَالَ إِنَّكَ مِنَ ٱلْمُنظَرِينَ

Элира (Дала): "Баккъалла а, шех хьем биначарех ду хьо (дити хьо къемат де далц ца долийтуш)".

7:16

قَالَ فَبِمَآ أَغْوَيْتَنِى لَأَقْعُدَنَّ لَهُمْ صِرَٰطَكَ ٱلْمُسْتَقِيمَ

Элира: "Ахьа со тилорна‚ Хьан нийсачу некъах (Адам а, цуьнан зуьррет а тило) царна кIелонна хуур ма ду со.

7:17

ثُمَّ لَءَاتِيَنَّهُم مِّنۢ بَيْنِ أَيْدِيهِمْ وَمِنْ خَلْفِهِمْ وَعَنْ أَيْمَٰنِهِمْ وَعَن شَمَآئِلِهِمْ ۖ وَلَا تَجِدُ أَكْثَرَهُمْ شَٰكِرِينَ

ТIаккха догIур ма ду со царна хьалхахула‚ тIехьахула‚ аьтту агIорхула‚ аьрру агIорхула‚ царех дукхахберш карор ма бац хьуна баркалла олуш".

7:18

قَالَ ٱخْرُجْ مِنْهَا مَذْءُومًۭا مَّدْحُورًۭا ۖ لَّمَن تَبِعَكَ مِنْهُمْ لَأَمْلَأَنَّ جَهَنَّمَ مِنكُمْ أَجْمَعِينَ

Элира (Дала): "Арадала цу чуьра (ялсаманера) хьайна неIалт хилла‚ къинхетамна генадале. Милла хилахь а царех хьуна тIехьахIоьттинарг – юззанне а юзонза юьтур ма яц Аса жоьжахати шух массарех.

7:19

وَيَٰٓـَٔادَمُ ٱسْكُنْ أَنتَ وَزَوْجُكَ ٱلْجَنَّةَ فَكُلَا مِنْ حَيْثُ شِئْتُمَا وَلَا تَقْرَبَا هَٰذِهِ ٱلشَّجَرَةَ فَتَكُونَا مِنَ ٱلظَّٰلِمِينَ

ХIай Адам! Ваха хьо а‚ хьан зуда а ялсаманехь‚ аша шиммо а даа шайна луъучуьра‚ шу шиъ герга ма гIолаш хIокху диттана – зулам диначарех хир ду шу шиъ".

7:20

فَوَسْوَسَ لَهُمَا ٱلشَّيْطَٰنُ لِيُبْدِىَ لَهُمَا مَا وُۥرِىَ عَنْهُمَا مِن سَوْءَٰتِهِمَا وَقَالَ مَا نَهَىٰكُمَا رَبُّكُمَا عَنْ هَٰذِهِ ٱلشَّجَرَةِ إِلَّآ أَن تَكُونَا مَلَكَيْنِ أَوْ تَكُونَا مِنَ ٱلْخَٰلِدِينَ

И шиъ Iехо доладелира шайтIа, гучуяхархьама царех шиннех хьулйина йолу церан эхье меттигаш. Элира: "Шун Кхиош-кхобучо цу диттах шу шиъ духатоьхна ма дац, шу ши малик хиларх я шу гуттар дехачарех хиларх кхоьруш бен".

7:21

وَقَاسَمَهُمَآ إِنِّى لَكُمَا لَمِنَ ٱلنَّٰصِحِينَ

Царна шиннена а дуйнаш биира цо: "Баккъалла а, со ма ду шуна шиннена а хьехамча"‚- бохуш.

7:22

فَدَلَّىٰهُمَا بِغُرُورٍۢ ۚ فَلَمَّا ذَاقَا ٱلشَّجَرَةَ بَدَتْ لَهُمَا سَوْءَٰتُهُمَا وَطَفِقَا يَخْصِفَانِ عَلَيْهِمَا مِن وَرَقِ ٱلْجَنَّةِ ۖ وَنَادَىٰهُمَا رَبُّهُمَآ أَلَمْ أَنْهَكُمَا عَن تِلْكُمَا ٱلشَّجَرَةِ وَأَقُل لَّكُمَآ إِنَّ ٱلشَّيْطَٰنَ لَكُمَا عَدُوٌّۭ مُّبِينٌۭ

Делилаш далийра цо царна кIорггера. ТIаккха цу шимма цу диттах чамбаьккхича, царна гучуелира шайн эхье меттигаш‚ уьш буьйлабелира шайна тIе ялсаманин гIаш Iитта. Церан Кхиош-кхобучо цу шиннега кхайкхира: "Аса цу диттах духатоьхна дацара шу шиъ? Аса шуьга аьлла дацара: шайтIа шун билгала мостагI ду?"

7:23

قَالَا رَبَّنَا ظَلَمْنَآ أَنفُسَنَا وَإِن لَّمْ تَغْفِرْ لَنَا وَتَرْحَمْنَا لَنَكُونَنَّ مِنَ ٱلْخَٰسِرِينَ

Цу шиммо элира: "Тхан Кхиош-кхобург‚ тхайн догIмашна зулам ма дина оха‚ Ахьа тхуна геч ца дахь‚ Ахь тхоьх къинхетам ца бахь – тхо хир ма ду эшначарех".

7:24

قَالَ ٱهْبِطُوا۟ بَعْضُكُمْ لِبَعْضٍ عَدُوٌّۭ ۖ وَلَكُمْ فِى ٱلْأَرْضِ مُسْتَقَرٌّۭ وَمَتَٰعٌ إِلَىٰ حِينٍۢ

Элира (Дала): "Охьадисса (ялсамани чуьра)‚ шу вовшийн мостагIий ду. Лаьттахь шуна чIагIам а‚ цхьа хан тIеккхаччалц бахам а хир бу".

7:25

قَالَ فِيهَا تَحْيَوْنَ وَفِيهَا تَمُوتُونَ وَمِنْهَا تُخْرَجُونَ

Элира: "Цу чохь шу денлур ду‚ цу чохь шу лийр ду‚ цу чуьра шу ара -дохур а ду".

7:26

يَٰبَنِىٓ ءَادَمَ قَدْ أَنزَلْنَا عَلَيْكُمْ لِبَاسًۭا يُوَٰرِى سَوْءَٰتِكُمْ وَرِيشًۭا ۖ وَلِبَاسُ ٱلتَّقْوَىٰ ذَٰلِكَ خَيْرٌۭ ۚ ذَٰلِكَ مِنْ ءَايَٰتِ ٱللَّهِ لَعَلَّهُمْ يَذَّكَّرُونَ

ХIай Адаман кIентий! Оха доссийна шуна духар шун эхье меттигаш хьулъеш долу‚ месаш а‚ (Делах) кхераран духар – и ду дика дерг. И Делан аятех ду, уьш хилархьама кхеташ.

7:27

يَٰبَنِىٓ ءَادَمَ لَا يَفْتِنَنَّكُمُ ٱلشَّيْطَٰنُ كَمَآ أَخْرَجَ أَبَوَيْكُم مِّنَ ٱلْجَنَّةِ يَنزِعُ عَنْهُمَا لِبَاسَهُمَا لِيُرِيَهُمَا سَوْءَٰتِهِمَآ ۗ إِنَّهُۥ يَرَىٰكُمْ هُوَ وَقَبِيلُهُۥ مِنْ حَيْثُ لَا تَرَوْنَهُمْ ۗ إِنَّا جَعَلْنَا ٱلشَّيَٰطِينَ أَوْلِيَآءَ لِلَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ

ХIай Адаман кIентий! Шу Iеха ма дойла шайтIано‚ цо шун да-наний ялсамани чуьра арадаккхаре терра, доккхуш церан шинненна а тIера духар‚ царна шиннена а гайтархьама шайн эхье меттигаш. Баккъалла а, цунна (шайтIанна) шу гуш ду‚ ткъа иза а‚ цуьнан зуьрет а шуна ца гучарех ду. Баккъалла а, Оха шайтIанаш хилийтина цатешачарна доттагIий /доладийраш/.

7:28

وَإِذَا فَعَلُوا۟ فَٰحِشَةًۭ قَالُوا۟ وَجَدْنَا عَلَيْهَآ ءَابَآءَنَا وَٱللَّهُ أَمَرَنَا بِهَا ۗ قُلْ إِنَّ ٱللَّهَ لَا يَأْمُرُ بِٱلْفَحْشَآءِ ۖ أَتَقُولُونَ عَلَى ٱللَّهِ مَا لَا تَعْلَمُونَ

Шаьш боьханиг дича‚ цара олу: "Тхан дай карийна тхуна цунна тIехь‚ Дала омра дина тхуна цуьнца". Ахьа ала: "Баккъалла а, Дала омра ца до боьхучуьнца‚ аша олу, ткъа, Делах шайна ца хуург?"

7:29

قُلْ أَمَرَ رَبِّى بِٱلْقِسْطِ ۖ وَأَقِيمُوا۟ وُجُوهَكُمْ عِندَ كُلِّ مَسْجِدٍۢ وَٱدْعُوهُ مُخْلِصِينَ لَهُ ٱلدِّينَ ۚ كَمَا بَدَأَكُمْ تَعُودُونَ

Ала: "Омра дина сан Кхиош-кхобучо нийсонца‚ хIоттае шайн яххьаш (Далла тIе) хIора суьжд дечу меттигехь а, суьжд дечу хенахь а‚ кхайкха Цуьнга (Деле)‚ Цуьнан дин цIандеш /ширках/‚ Цо шу кхолларе терра‚ духадоьрзур ду шу (Къематдийнахь)".

7:30

فَرِيقًا هَدَىٰ وَفَرِيقًا حَقَّ عَلَيْهِمُ ٱلضَّلَٰلَةُ ۗ إِنَّهُمُ ٱتَّخَذُوا۟ ٱلشَّيَٰطِينَ أَوْلِيَآءَ مِن دُونِ ٱللَّهِ وَيَحْسَبُونَ أَنَّهُم مُّهْتَدُونَ

Цхьа тоба нисйина Цо‚ вукхарна тIехь тилар бакъхилла. Баккъалла а, цара Дела а витина, шайтIанех доттагIий /доладийраш/ бина шайна‚ царна моьтту шаьш нийсачу новкъахь ду.

7:31

۞ يَٰبَنِىٓ ءَادَمَ خُذُوا۟ زِينَتَكُمْ عِندَ كُلِّ مَسْجِدٍۢ وَكُلُوا۟ وَٱشْرَبُوا۟ وَلَا تُسْرِفُوٓا۟ ۚ إِنَّهُۥ لَا يُحِبُّ ٱلْمُسْرِفِينَ

ХIай Адаман кIентий! Эца шайн хаза духар хIора суьжд дечу меттигахь а, суьжд дечу хенахь а (хаза, цIена духар духа, шаьш ламаз деш а, тIаваф деш а – хаьжин цIинан го боккхуш а)‚ даа‚ мала‚ тIалам бе. Баккъалла а, Далла ца беза тIалам боцурш.

7:32

قُلْ مَنْ حَرَّمَ زِينَةَ ٱللَّهِ ٱلَّتِىٓ أَخْرَجَ لِعِبَادِهِۦ وَٱلطَّيِّبَٰتِ مِنَ ٱلرِّزْقِ ۚ قُلْ هِىَ لِلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ فِى ٱلْحَيَوٰةِ ٱلدُّنْيَا خَالِصَةًۭ يَوْمَ ٱلْقِيَٰمَةِ ۗ كَذَٰلِكَ نُفَصِّلُ ٱلْءَايَٰتِ لِقَوْمٍۢ يَعْلَمُونَ

Ахьа ала (хIай Мухьаммад, оцу Маккин керстанашка, шаьш берз-тIерза КаIбина тIаваф деш хилла болчу, Дала хьанал динарг шайна хьарам деш хилла болчу): "Хьан хьарам дина Делера хаза дерг (духар)‚ Цо шен лешна даьккхина долу‚ рицкъанх цIена дерг?" Ала: "Иза ду иман диллинчарна гергарчу (дуьненан) дахарехь‚ деккъа царна долуш Къематдийнахь. Иштта къастадо Оха аяташ хууш долчу къомана".

7:33

قُلْ إِنَّمَا حَرَّمَ رَبِّىَ ٱلْفَوَٰحِشَ مَا ظَهَرَ مِنْهَا وَمَا بَطَنَ وَٱلْإِثْمَ وَٱلْبَغْىَ بِغَيْرِ ٱلْحَقِّ وَأَن تُشْرِكُوا۟ بِٱللَّهِ مَا لَمْ يُنَزِّلْ بِهِۦ سُلْطَٰنًۭا وَأَن تَقُولُوا۟ عَلَى ٱللَّهِ مَا لَا تَعْلَمُونَ

Ахьа ала: "Баккъалла а, сан Кхиош-кхобучо хьарам дина боьханиг‚ цунах гучадаьлларг а‚ хьуламехь дерг а‚ къа а‚ бахьана доцуш гIело яр а‚ аша /Делаца/ накъост лацар Цо шеца цхьа а делил доссийна доцчуьнца‚ аша Далла тIехь алар шайна ца хуург".

7:34

وَلِكُلِّ أُمَّةٍ أَجَلٌۭ ۖ فَإِذَا جَآءَ أَجَلُهُمْ لَا يَسْتَأْخِرُونَ سَاعَةًۭ ۖ وَلَا يَسْتَقْدِمُونَ

ХIора умматан Iожалла ю (тоьхна хан). Шен Iожалла тIееъча цхьа сахьт тIаьхьадуьсур а дац и‚ хьалха а дер дац.

7:35

يَٰبَنِىٓ ءَادَمَ إِمَّا يَأْتِيَنَّكُمْ رُسُلٌۭ مِّنكُمْ يَقُصُّونَ عَلَيْكُمْ ءَايَٰتِى ۙ فَمَنِ ٱتَّقَىٰ وَأَصْلَحَ فَلَا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ

ХIай Адаман кIентий! Бахказа буьсур ма бац шуьга элчанаш шуна юкъара‚ шуна дуьйцур ду цара Тхан аяташ‚ /Делах/ кхийринчунна‚ диканиг диначунна – кхерам бац царна‚ сингаттаме хир бац уьш.

7:36

وَٱلَّذِينَ كَذَّبُوا۟ بِـَٔايَٰتِنَا وَٱسْتَكْبَرُوا۟ عَنْهَآ أُو۟لَٰٓئِكَ أَصْحَٰبُ ٱلنَّارِ ۖ هُمْ فِيهَا خَٰلِدُونَ

Тхан аяташ харцдинарш‚ царна куралла йинарш – уьш бу /жоьжахатин/ цIеран дай. Уьш цу чохь даима лаьттар бу.

7:37

فَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنِ ٱفْتَرَىٰ عَلَى ٱللَّهِ كَذِبًا أَوْ كَذَّبَ بِـَٔايَٰتِهِۦٓ ۚ أُو۟لَٰٓئِكَ يَنَالُهُمْ نَصِيبُهُم مِّنَ ٱلْكِتَٰبِ ۖ حَتَّىٰٓ إِذَا جَآءَتْهُمْ رُسُلُنَا يَتَوَفَّوْنَهُمْ قَالُوٓا۟ أَيْنَ مَا كُنتُمْ تَدْعُونَ مِن دُونِ ٱللَّهِ ۖ قَالُوا۟ ضَلُّوا۟ عَنَّا وَشَهِدُوا۟ عَلَىٰٓ أَنفُسِهِمْ أَنَّهُمْ كَانُوا۟ كَٰفِرِينَ

Мила ву Далла тIе харцдерг кхоьллинчул зуламе‚ я Цуьнан аяташ харц- динчул (зуламе)? – Царна шайн дакъа кхочур ду яздинчух. Тхан элчанаш шайна тIебогIуш синош эца‚ олуш: "Мичахь бу аша, Дела а витина, Iибадат деш хилларш?" Цара элира: "ДIатилина уьш тхоьх". Шайна тIехь тешалла дира цара шаьш цатешаш (керстанаш) хилира, аьлла.

7:38

قَالَ ٱدْخُلُوا۟ فِىٓ أُمَمٍۢ قَدْ خَلَتْ مِن قَبْلِكُم مِّنَ ٱلْجِنِّ وَٱلْإِنسِ فِى ٱلنَّارِ ۖ كُلَّمَا دَخَلَتْ أُمَّةٌۭ لَّعَنَتْ أُخْتَهَا ۖ حَتَّىٰٓ إِذَا ٱدَّارَكُوا۟ فِيهَا جَمِيعًۭا قَالَتْ أُخْرَىٰهُمْ لِأُولَىٰهُمْ رَبَّنَا هَٰٓؤُلَآءِ أَضَلُّونَا فَـَٔاتِهِمْ عَذَابًۭا ضِعْفًۭا مِّنَ ٱلنَّارِ ۖ قَالَ لِكُلٍّۢ ضِعْفٌۭ وَلَٰكِن لَّا تَعْلَمُونَ

Элира (Дала): "ЧугIо шайл хьалха /жоьжахатин/ цIергахь хиллачу жинийн а‚ адамийн а умматашна". Чоьхьа мел даьллачу уммато неIалт олура вукхарна‚ берриге а вовшех кхетча – тIаккха тIехьарчо хьалхарчух элира: "Тхан Кхиош-кхобург‚ хIокхара тилийра хьуна тхо‚ (жоьжахатин) цIеран Iазап дехьа царна тIеттIа". Элира (Дала): "ХIоранна а тIеттIа /Iазап/ хир ду‚ делахь а ца хаьа-кха шуна".

7:39

وَقَالَتْ أُولَىٰهُمْ لِأُخْرَىٰهُمْ فَمَا كَانَ لَكُمْ عَلَيْنَا مِن فَضْلٍۢ فَذُوقُوا۟ ٱلْعَذَابَ بِمَا كُنتُمْ تَكْسِبُونَ

Хьалхарчо тIехьарчуьнга элира: "Тхуна тIехь дозалла ца хилира шун‚ Iовша шайна Iазап, шаьш тардина хиллачуьнца".

7:40

إِنَّ ٱلَّذِينَ كَذَّبُوا۟ بِـَٔايَٰتِنَا وَٱسْتَكْبَرُوا۟ عَنْهَا لَا تُفَتَّحُ لَهُمْ أَبْوَٰبُ ٱلسَّمَآءِ وَلَا يَدْخُلُونَ ٱلْجَنَّةَ حَتَّىٰ يَلِجَ ٱلْجَمَلُ فِى سَمِّ ٱلْخِيَاطِ ۚ وَكَذَٰلِكَ نَجْزِى ٱلْمُجْرِمِينَ

Баккъалла а, Тхан аяташ харцдинарш‚ царна куралла йинарш - стиглан неIарш дIайоьллур ма яц царна‚ ялсаманин чу гIур ма бац уьш эмкал механ Iуьрга йоллалц – иштта бекхам бийр бу Оха къинош диначарна.

7:41

لَهُم مِّن جَهَنَّمَ مِهَادٌۭ وَمِن فَوْقِهِمْ غَوَاشٍۢ ۚ وَكَذَٰلِكَ نَجْزِى ٱلظَّٰلِمِينَ

Царна жоьжахатих хир бу (вижа) мотт а‚ царна тIехула цIеран пардо хир ду – иштта бекхам бийр бу Оха зулам диначарна.

7:42

وَٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ لَا نُكَلِّفُ نَفْسًا إِلَّا وُسْعَهَآ أُو۟لَٰٓئِكَ أَصْحَٰبُ ٱلْجَنَّةِ ۖ هُمْ فِيهَا خَٰلِدُونَ

Иман диллинарш а‚ диканаш динарш а‚ – сина тIе ца дуьллу Оха цунна ницкъ кхочург бен‚ – уьш ялсаманийн дай бу‚ уьш цу чохь гуттар лаьттар бу.

7:43

وَنَزَعْنَا مَا فِى صُدُورِهِم مِّنْ غِلٍّۢ تَجْرِى مِن تَحْتِهِمُ ٱلْأَنْهَٰرُ ۖ وَقَالُوا۟ ٱلْحَمْدُ لِلَّهِ ٱلَّذِى هَدَىٰنَا لِهَٰذَا وَمَا كُنَّا لِنَهْتَدِىَ لَوْلَآ أَنْ هَدَىٰنَا ٱللَّهُ ۖ لَقَدْ جَآءَتْ رُسُلُ رَبِّنَا بِٱلْحَقِّ ۖ وَنُودُوٓا۟ أَن تِلْكُمُ ٱلْجَنَّةُ أُورِثْتُمُوهَا بِمَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ

Оха дIаяьккхира церан дегнашкара оьгIазло; дIаоьхуш ду церан бухахула татолаш‚ цара эр: "Хастам бу Далла‚ тхо нисдинчу хIокхунна тIе‚ тхо хир ма дацара нисделла, Дала нисдина ца хиллехь. Тхан Кхиош-кхобучун элчанаш баьхкира бакъонца". Цаьрга кхайкхира: "ХIара ялсамани шуна ирсана кхаьчна ю, аша Iамал йина хиларца".

7:44

وَنَادَىٰٓ أَصْحَٰبُ ٱلْجَنَّةِ أَصْحَٰبَ ٱلنَّارِ أَن قَدْ وَجَدْنَا مَا وَعَدَنَا رَبُّنَا حَقًّۭا فَهَلْ وَجَدتُّم مَّا وَعَدَ رَبُّكُمْ حَقًّۭا ۖ قَالُوا۟ نَعَمْ ۚ فَأَذَّنَ مُؤَذِّنٌۢ بَيْنَهُمْ أَن لَّعْنَةُ ٱللَّهِ عَلَى ٱلظَّٰلِمِينَ

Ялсаманийн дайша жоьжахатийн дайшка кхойкхур: "Тхуна-м карийна тхайн Кхиош-кхобучо тхуна ваIда йина хилларг бакъ хилла‚ шуна карийний шун Кхиош-кхобучо шуна ваIда йина хилларг бакъ хилла?" Цара эр: "ХIаъ". ТIаккха дIахьедечо дIахьедира царна юккъехь: "Делан неIалт хуьлда зуламхошна"‚ - аьлла.

7:45

ٱلَّذِينَ يَصُدُّونَ عَن سَبِيلِ ٱللَّهِ وَيَبْغُونَهَا عِوَجًۭا وَهُم بِٱلْءَاخِرَةِ كَٰفِرُونَ

Ишттанаш бу уьш шаьш дIатилабеш /нах/ Делан новкъах, и шаьш гамбан лууш‚ уьш эхартана керсталла деш бу.

7:46

وَبَيْنَهُمَا حِجَابٌۭ ۚ وَعَلَى ٱلْأَعْرَافِ رِجَالٌۭ يَعْرِفُونَ كُلًّۢا بِسِيمَىٰهُمْ ۚ وَنَادَوْا۟ أَصْحَٰبَ ٱلْجَنَّةِ أَن سَلَٰمٌ عَلَيْكُمْ ۚ لَمْ يَدْخُلُوهَا وَهُمْ يَطْمَعُونَ

Царний, вукхарний юккъехь духьало хир ю. АIрафана тIехь божарий хир бу, шайна массо вевзаш шайн билгалонашца. Ялсаманийн дайшка цара кхойкхур ду: "Саламун Iалайкум"‚ - аьлла. Оцу (ялсаманийн) чу гIур бац уьш‚ уьш чIогIа лууш ма бара.

7:47

۞ وَإِذَا صُرِفَتْ أَبْصَٰرُهُمْ تِلْقَآءَ أَصْحَٰبِ ٱلنَّارِ قَالُوا۟ رَبَّنَا لَا تَجْعَلْنَا مَعَ ٱلْقَوْمِ ٱلظَّٰلِمِينَ

Жоьжахатийн дай болчу агIор шайн бIаьрг бирзича‚ цара аьр: "Тхан Кхиош-кхобург‚ тхо ма хилийталахь зуламе долчу къомаца".

7:48

وَنَادَىٰٓ أَصْحَٰبُ ٱلْأَعْرَافِ رِجَالًۭا يَعْرِفُونَهُم بِسِيمَىٰهُمْ قَالُوا۟ مَآ أَغْنَىٰ عَنكُمْ جَمْعُكُمْ وَمَا كُنتُمْ تَسْتَكْبِرُونَ

АIрафан дайша кхойкхур ду божаршка, шайна бевзаш болчу церан билгалонашца‚ олуш: "ХIун пайда би шун гулдаро а (аша дуьненахь гулдеш хиллачу хьоло)‚ аша куралла (доналла) еш хиларо а?"

7:49

أَهَٰٓؤُلَآءِ ٱلَّذِينَ أَقْسَمْتُمْ لَا يَنَالُهُمُ ٱللَّهُ بِرَحْمَةٍ ۚ ٱدْخُلُوا۟ ٱلْجَنَّةَ لَا خَوْفٌ عَلَيْكُمْ وَلَآ أَنتُمْ تَحْزَنُونَ

"ХIорш бу уьш, аша дуйнаш бууш хилларш‚ Делан къинхетам царех кхетар бац‚ бохуш?" "ЧугIо ялсаманина. Кхерам бац шуна‚ сингаттаме (пошме) хир дац шу".

7:50

وَنَادَىٰٓ أَصْحَٰبُ ٱلنَّارِ أَصْحَٰبَ ٱلْجَنَّةِ أَنْ أَفِيضُوا۟ عَلَيْنَا مِنَ ٱلْمَآءِ أَوْ مِمَّا رَزَقَكُمُ ٱللَّهُ ۚ قَالُوٓا۟ إِنَّ ٱللَّهَ حَرَّمَهُمَا عَلَى ٱلْكَٰفِرِينَ

Жоьжахатийн дайша ялсаманийн дайшка кхойкхур: "Доттийша тхуна тIе хи я Дала шайна деллачу рицкъанх". Цара аьр: "Баккъалла а, Дала и хьарам дина ма ду цатешачарна" –

7:51

ٱلَّذِينَ ٱتَّخَذُوا۟ دِينَهُمْ لَهْوًۭا وَلَعِبًۭا وَغَرَّتْهُمُ ٱلْحَيَوٰةُ ٱلدُّنْيَا ۚ فَٱلْيَوْمَ نَنسَىٰهُمْ كَمَا نَسُوا۟ لِقَآءَ يَوْمِهِمْ هَٰذَا وَمَا كَانُوا۟ بِـَٔايَٰتِنَا يَجْحَدُونَ

Уьш бу шайн динах забар а, ловзар а динарш‚ шаьш дуьненан дахаро Iехийнарш. Тахана Оха уьш бицбийр ма бу‚ цара хIокху денца цхьаьнакхетар дицдаре терра‚ тхан аятех керсталла деш хиларе терра.

7:52

وَلَقَدْ جِئْنَٰهُم بِكِتَٰبٍۢ فَصَّلْنَٰهُ عَلَىٰ عِلْمٍ هُدًۭى وَرَحْمَةًۭ لِّقَوْمٍۢ يُؤْمِنُونَ

Тхо даьхкина цаьрга жайнаца‚ Оха шена чохь Iилманца къастийна долчу‚ тешаш долчу къомана нийса некъ а‚ къинхетам а хилла долчу.

7:53

هَلْ يَنظُرُونَ إِلَّا تَأْوِيلَهُۥ ۚ يَوْمَ يَأْتِى تَأْوِيلُهُۥ يَقُولُ ٱلَّذِينَ نَسُوهُ مِن قَبْلُ قَدْ جَآءَتْ رُسُلُ رَبِّنَا بِٱلْحَقِّ فَهَل لَّنَا مِن شُفَعَآءَ فَيَشْفَعُوا۟ لَنَآ أَوْ نُرَدُّ فَنَعْمَلَ غَيْرَ ٱلَّذِى كُنَّا نَعْمَلُ ۚ قَدْ خَسِرُوٓا۟ أَنفُسَهُمْ وَضَلَّ عَنْهُم مَّا كَانُوا۟ يَفْتَرُونَ

И тидаре бен хьоьжуш буй-те уьш? Цуьнан тидар деъначу дийнахь и хьалха дицдинчара эр ма ду: "Тхан Кхиош-кхобучун элчанаш ма баьхкира бакъонна тIехь. ХIинца тхуна шапаIат дан цхьа а вуй‚ и тхуна дийр долуш волу‚ я тхо духадерзадан‚ тIаккха оха йийр ма яра тхаьш йина ца хилла йолу Iамал". Цара шаьш эшийра шаьш‚ дIатилира царех цара шаьш кхоьллина хилларг.

7:54

إِنَّ رَبَّكُمُ ٱللَّهُ ٱلَّذِى خَلَقَ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضَ فِى سِتَّةِ أَيَّامٍۢ ثُمَّ ٱسْتَوَىٰ عَلَى ٱلْعَرْشِ يُغْشِى ٱلَّيْلَ ٱلنَّهَارَ يَطْلُبُهُۥ حَثِيثًۭا وَٱلشَّمْسَ وَٱلْقَمَرَ وَٱلنُّجُومَ مُسَخَّرَٰتٍۭ بِأَمْرِهِۦٓ ۗ أَلَا لَهُ ٱلْخَلْقُ وَٱلْأَمْرُ ۗ تَبَارَكَ ٱللَّهُ رَبُّ ٱلْعَٰلَمِينَ

Баккъалла а, шун Кхиош-кхобург ву – Дела‚ Ша кхоьллина волу стигланаш а‚ латта а ялх дийна чохь‚ тIаккха дIанисвелира Иза Iарша тIехь‚ буьйсане де хьулдойту Цо‚ (царех) хIораммо важа лоьхуш сихонца‚ малх а‚ бутт а‚ седарчий а болх беш ду Цуьнан омраца. Ткъа Цуьнан дац кхоллар а‚ омра а? Беркате хили и Дела – Iаламийн Да.

7:55

ٱدْعُوا۟ رَبَّكُمْ تَضَرُّعًۭا وَخُفْيَةً ۚ إِنَّهُۥ لَا يُحِبُّ ٱلْمُعْتَدِينَ

Кхайкха (доIа де) шайн Кхиош-кхобучуьнга мукIар хиларца а‚ меллаша а (доIа деш маьхьарий ма бетта). Баккъалла а, Цунна ца беза дозанах бовлурш.

7:56

وَلَا تُفْسِدُوا۟ فِى ٱلْأَرْضِ بَعْدَ إِصْلَٰحِهَا وَٱدْعُوهُ خَوْفًۭا وَطَمَعًا ۚ إِنَّ رَحْمَتَ ٱللَّهِ قَرِيبٌۭ مِّنَ ٱلْمُحْسِنِينَ

Боьханиг ма леладе лаьттахь, и цIанделлачул тIаьхьа‚ кхайкха Цуьнга /Деле/ кхерамца а‚ догдахарца а. Баккъалла а, Делан къинхетам герга бу дика хиллачарна.

7:57

وَهُوَ ٱلَّذِى يُرْسِلُ ٱلرِّيَٰحَ بُشْرًۢا بَيْنَ يَدَىْ رَحْمَتِهِۦ ۖ حَتَّىٰٓ إِذَآ أَقَلَّتْ سَحَابًۭا ثِقَالًۭا سُقْنَٰهُ لِبَلَدٍۢ مَّيِّتٍۢ فَأَنزَلْنَا بِهِ ٱلْمَآءَ فَأَخْرَجْنَا بِهِۦ مِن كُلِّ ٱلثَّمَرَٰتِ ۚ كَذَٰلِكَ نُخْرِجُ ٱلْمَوْتَىٰ لَعَلَّكُمْ تَذَكَّرُونَ

И ву мехаш боуьйтуш, кхаъ хуьлий, Шен къинхетамал хьалха. Цара (догIих) езза марха ялийча‚ Оха цуьнца башабо белла болу мохк – цуьнца хи доссадо Оха‚ цуьнца массо стом араболуьйту. Иштта белларш а арабохур бу Оха‚ шу хила мегара ойла еш.

7:58

وَٱلْبَلَدُ ٱلطَّيِّبُ يَخْرُجُ نَبَاتُهُۥ بِإِذْنِ رَبِّهِۦ ۖ وَٱلَّذِى خَبُثَ لَا يَخْرُجُ إِلَّا نَكِدًۭا ۚ كَذَٰلِكَ نُصَرِّفُ ٱلْءَايَٰتِ لِقَوْمٍۢ يَشْكُرُونَ

Дика мохк – цуьнан ораматаш (латтах схьайолу дика хIума) арадуьйлу шен Кхиош-кхобучун пурбанца‚ бехбелла хилларг /мохк/ – цхьа пайда боцург бен ара ца йолу. Иштта къастадо Оха аяташ баркалла олучу къомана.

7:59

لَقَدْ أَرْسَلْنَا نُوحًا إِلَىٰ قَوْمِهِۦ فَقَالَ يَٰقَوْمِ ٱعْبُدُوا۟ ٱللَّهَ مَا لَكُم مِّنْ إِلَٰهٍ غَيْرُهُۥٓ إِنِّىٓ أَخَافُ عَلَيْكُمْ عَذَابَ يَوْمٍ عَظِيمٍۢ

Оха ваийтира Нухь шен къомана тIе. Цо элира: "ХIай сан къам! Iибадат дейша Далла‚ и воцург кхин дела вац шуна. Со кхоьру шуна тIе доккхачу дийнан Iазап дарах".

7:60

قَالَ ٱلْمَلَأُ مِن قَوْمِهِۦٓ إِنَّا لَنَرَىٰكَ فِى ضَلَٰلٍۢ مُّبِينٍۢ

Цуьнан къоман элаша элира: "Баккъалла а, тхуна хьо гуш ма ву билггалчу тилар чохь".

7:61

قَالَ يَٰقَوْمِ لَيْسَ بِى ضَلَٰلَةٌۭ وَلَٰكِنِّى رَسُولٌۭ مِّن رَّبِّ ٱلْعَٰلَمِينَ

Цо элира: "ХIай сан къам! Соьца тилар ма дац‚ делахь а со Iаламийн Дегара элча ма ву.

7:62

أُبَلِّغُكُمْ رِسَٰلَٰتِ رَبِّى وَأَنصَحُ لَكُمْ وَأَعْلَمُ مِنَ ٱللَّهِ مَا لَا تَعْلَمُونَ

Аса шуьга кхачадо сан Кхиош-кхобучун элчалалла‚ аса шуна хьехам бо‚ Делера шуна цахуург хууш ву со.

7:63

أَوَعَجِبْتُمْ أَن جَآءَكُمْ ذِكْرٌۭ مِّن رَّبِّكُمْ عَلَىٰ رَجُلٍۢ مِّنكُمْ لِيُنذِرَكُمْ وَلِتَتَّقُوا۟ وَلَعَلَّكُمْ تُرْحَمُونَ

Я шу цецдевлира шайга шайн Кхиош-кхобучуьнгара ваIда ярах, шуна юккъера цхьана стагехула шуна кхерам тасархьама‚ шу кхоьруш хилархьама‚ шух къинхетам бан мегара".

7:64

فَكَذَّبُوهُ فَأَنجَيْنَٰهُ وَٱلَّذِينَ مَعَهُۥ فِى ٱلْفُلْكِ وَأَغْرَقْنَا ٱلَّذِينَ كَذَّبُوا۟ بِـَٔايَٰتِنَآ ۚ إِنَّهُمْ كَانُوا۟ قَوْمًا عَمِينَ

Цара и харцвира. Оха и кIелхьараваьккхира‚ цуьнца берш а‚ кеман чохь‚ Тхан аяташ харцдинарш хи чу бахийтира. Баккъалла а, уьш хилира бIаьрса доцу къам.

7:65

۞ وَإِلَىٰ عَادٍ أَخَاهُمْ هُودًۭا ۗ قَالَ يَٰقَوْمِ ٱعْبُدُوا۟ ٱللَّهَ مَا لَكُم مِّنْ إِلَٰهٍ غَيْرُهُۥٓ ۚ أَفَلَا تَتَّقُونَ

Iадашка а /вахийтира/ церан ваша ХIуд. Цо элира: "ХIай сан къам! Iибадат дейша Далла‚ И воцург кхин дела ма вац шуна. Шу ца кхоьру?"

7:66

قَالَ ٱلْمَلَأُ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ مِن قَوْمِهِۦٓ إِنَّا لَنَرَىٰكَ فِى سَفَاهَةٍۢ وَإِنَّا لَنَظُنُّكَ مِنَ ٱلْكَٰذِبِينَ

Цуьнан къоман цатешаш болчийн элаша элира: "Баккъалла а, тхуна хьо го Iовдаллин чохь‚ баккъалла а, тхуна хьо хеташ ма ву харцлуьйчарех".

7:67

قَالَ يَٰقَوْمِ لَيْسَ بِى سَفَاهَةٌۭ وَلَٰكِنِّى رَسُولٌۭ مِّن رَّبِّ ٱلْعَٰلَمِينَ

Цо элира: "ХIай сан къам! Соьх Iовдалалла а ма дац‚ делахь а со Iаламийн Дегара элча ма ву.

7:68

أُبَلِّغُكُمْ رِسَٰلَٰتِ رَبِّى وَأَنَا۠ لَكُمْ نَاصِحٌ أَمِينٌ

Аса шуьга кхачадо сан Кхиош-кхобучун элчаналла‚ со шуна тешаме волу хьехамча а ву.

7:69

أَوَعَجِبْتُمْ أَن جَآءَكُمْ ذِكْرٌۭ مِّن رَّبِّكُمْ عَلَىٰ رَجُلٍۢ مِّنكُمْ لِيُنذِرَكُمْ ۚ وَٱذْكُرُوٓا۟ إِذْ جَعَلَكُمْ خُلَفَآءَ مِنۢ بَعْدِ قَوْمِ نُوحٍۢ وَزَادَكُمْ فِى ٱلْخَلْقِ بَصْۜطَةًۭ ۖ فَٱذْكُرُوٓا۟ ءَالَآءَ ٱللَّهِ لَعَلَّكُمْ تُفْلِحُونَ

Я шу цецдевлира шайга шайн Кхиош-кхобучун ваIда ярах, шуна юккъера цхьана стагехула шуна кхерам таса. Дагадаийтал‚ Цо /Дала/ шух тIаьхье хилийтира Нухьан къомал тIаьхьа‚ Цо шу алсамдехира кхолларехь ницкъаца. Дагадахкийта Делан ниIматаш‚ шу хила мегара хазахеташ".

7:70

قَالُوٓا۟ أَجِئْتَنَا لِنَعْبُدَ ٱللَّهَ وَحْدَهُۥ وَنَذَرَ مَا كَانَ يَعْبُدُ ءَابَآؤُنَا ۖ فَأْتِنَا بِمَا تَعِدُنَآ إِن كُنتَ مِنَ ٱلصَّٰدِقِينَ

Цара элира: "Хьо тхуна веъна тхоьга веккъа цхьана Далла Iибадат дайта‚ тхоьга дитийта тхан дай шена Iибадат деш хилларг? ХIан‚ даийта тхуна айхьа тхоьца ваIда йина хилларг‚ хьо бакълуьйчарех хиллехь".

7:71

قَالَ قَدْ وَقَعَ عَلَيْكُم مِّن رَّبِّكُمْ رِجْسٌۭ وَغَضَبٌ ۖ أَتُجَٰدِلُونَنِى فِىٓ أَسْمَآءٍۢ سَمَّيْتُمُوهَآ أَنتُمْ وَءَابَآؤُكُم مَّا نَزَّلَ ٱللَّهُ بِهَا مِن سُلْطَٰنٍۢ ۚ فَٱنتَظِرُوٓا۟ إِنِّى مَعَكُم مِّنَ ٱلْمُنتَظِرِينَ

Цо элира: "Доьжна шуна тIе шайн Кхиош-кхобучуьнгара Iазап а‚ оьгIазло а. Соьца къуьйсу, ткъа, аша‚ шаьш а‚ шун дайша а тихкина хиллачу цIерашкахь‚ шайца Дала цхьа а делил доссийна ца хиллачу? Собарде аша /Iазап догIур ду шуна/‚ со а шуьца цхьаьна собар дечарех ву".

7:72

فَأَنجَيْنَٰهُ وَٱلَّذِينَ مَعَهُۥ بِرَحْمَةٍۢ مِّنَّا وَقَطَعْنَا دَابِرَ ٱلَّذِينَ كَذَّبُوا۟ بِـَٔايَٰتِنَا ۖ وَمَا كَانُوا۟ مُؤْمِنِينَ

ТIаккха и кIелхьараваьккхира Оха /Iазапах/‚ цуьнца хилларш а‚ Тхайгара къинхетамца‚ Тхан аяташ харцдиначеран тIаьхье хадийра Оха‚ уьш ца хилира тешаш берш.

7:73

وَإِلَىٰ ثَمُودَ أَخَاهُمْ صَٰلِحًۭا ۗ قَالَ يَٰقَوْمِ ٱعْبُدُوا۟ ٱللَّهَ مَا لَكُم مِّنْ إِلَٰهٍ غَيْرُهُۥ ۖ قَدْ جَآءَتْكُم بَيِّنَةٌۭ مِّن رَّبِّكُمْ ۖ هَٰذِهِۦ نَاقَةُ ٱللَّهِ لَكُمْ ءَايَةًۭ ۖ فَذَرُوهَا تَأْكُلْ فِىٓ أَرْضِ ٱللَّهِ ۖ وَلَا تَمَسُّوهَا بِسُوٓءٍۢ فَيَأْخُذَكُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌۭ

Самудашка а /ваийтира Оха/ церан ваша СалихI. Цо элира: "ХIай сан къам! Далла Iибадат дейша‚ И воцург кхин дела вац шуна. Шайн Кхиош-кхобучуьнгара билгало ма еъна шуьга‚ хIара Делан стен эмкал ю шуна делил хилла. Йита аша иза яжа Делан лаьттахула‚ ма Iотталолаш цунах зуламца – тIаккха лазош долчу Iазапо схьалоцур ду шу.

7:74

وَٱذْكُرُوٓا۟ إِذْ جَعَلَكُمْ خُلَفَآءَ مِنۢ بَعْدِ عَادٍۢ وَبَوَّأَكُمْ فِى ٱلْأَرْضِ تَتَّخِذُونَ مِن سُهُولِهَا قُصُورًۭا وَتَنْحِتُونَ ٱلْجِبَالَ بُيُوتًۭا ۖ فَٱذْكُرُوٓا۟ ءَالَآءَ ٱللَّهِ وَلَا تَعْثَوْا۟ فِى ٱلْأَرْضِ مُفْسِدِينَ

Аша дагадаийта Цо /Дала/ шух Iадийл тIаьхьа тIаьхье хилийтар‚ Цо шу даха ховшийна хилар лаьттахь‚ цуьнан /лаьттан/ нийсачу меттигех аша гIаланаш еш‚ цуьнан ламанех аша цIенош а деш. Дагадахкийта Делан ниIматаш. Ма де боьханиг лаьтта тIехь".

7:75

قَالَ ٱلْمَلَأُ ٱلَّذِينَ ٱسْتَكْبَرُوا۟ مِن قَوْمِهِۦ لِلَّذِينَ ٱسْتُضْعِفُوا۟ لِمَنْ ءَامَنَ مِنْهُمْ أَتَعْلَمُونَ أَنَّ صَٰلِحًۭا مُّرْسَلٌۭ مِّن رَّبِّهِۦ ۚ قَالُوٓا۟ إِنَّا بِمَآ أُرْسِلَ بِهِۦ مُؤْمِنُونَ

Цуьнан къомах курабевллачийн элаша элира царех иман диллина болчу заьIап нахе: "Шуна хаьий и Салихь шен Кхиош-кхобучуьнгара ваийтина вуйла?" Цара элира: "Баккъалла а, тхо и шеца ваийтинчух тешаш ду-кх".

7:76

قَالَ ٱلَّذِينَ ٱسْتَكْبَرُوٓا۟ إِنَّا بِٱلَّذِىٓ ءَامَنتُم بِهِۦ كَٰفِرُونَ

Куралла йиначара элира: "Баккъалла а, тхо шу шех тешначунна керсталла деш ду-кх".

7:77

فَعَقَرُوا۟ ٱلنَّاقَةَ وَعَتَوْا۟ عَنْ أَمْرِ رَبِّهِمْ وَقَالُوا۟ يَٰصَٰلِحُ ٱئْتِنَا بِمَا تَعِدُنَآ إِن كُنتَ مِنَ ٱلْمُرْسَلِينَ

ТIаккха цу эмкална урс хьаькхира цара‚ шайн Кхиош-кхобучун омрана куралла йира цара‚ элира: "ХIай Салихь! Даийта тхуна айхьа тхуна ваIда йина хилларг, нагахь хьо хиллехь элчанех".

7:78

فَأَخَذَتْهُمُ ٱلرَّجْفَةُ فَأَصْبَحُوا۟ فِى دَارِهِمْ جَٰثِمِينَ

Ирча ласторо схьалецира уьш – уьш Iуьйренга бевлира шайн цIеношкахь белла, лаьтта тIе а бегабелла.

7:79

فَتَوَلَّىٰ عَنْهُمْ وَقَالَ يَٰقَوْمِ لَقَدْ أَبْلَغْتُكُمْ رِسَالَةَ رَبِّى وَنَصَحْتُ لَكُمْ وَلَٰكِن لَّا تُحِبُّونَ ٱلنَّٰصِحِينَ

Царех юьстахвелира иза /Салихь/‚ элира: "ХIай сан къам! Аса шуьга дIакхачийра сан Кхиош-кхобучун элчалалла‚ аса шуна хьехам бира‚ амма шуна хьехамчаш ца беза-кх".

7:80

وَلُوطًا إِذْ قَالَ لِقَوْمِهِۦٓ أَتَأْتُونَ ٱلْفَٰحِشَةَ مَا سَبَقَكُم بِهَا مِنْ أَحَدٍۢ مِّنَ ٱلْعَٰلَمِينَ

/Дагаваийта хьайн къомана/ ЛутI‚ цо ма аьллера шен къоме: "Сел боьханиг леладо, ткъа, аша‚ Iаламел цхьа а шеца шул хьалха ваьлла доцу?

7:81

إِنَّكُمْ لَتَأْتُونَ ٱلرِّجَالَ شَهْوَةًۭ مِّن دُونِ ٱلنِّسَآءِ ۚ بَلْ أَنتُمْ قَوْمٌۭ مُّسْرِفُونَ

Баккъалла а, шу ду божаршна шовкъ луш, зударий буьтий‚ сов тIехдаьлла къам ду-кх шу".

7:82

وَمَا كَانَ جَوَابَ قَوْمِهِۦٓ إِلَّآ أَن قَالُوٓا۟ أَخْرِجُوهُم مِّن قَرْيَتِكُمْ ۖ إِنَّهُمْ أُنَاسٌۭ يَتَطَهَّرُونَ

Цуьнан къоман жоп ма ца хилира, цара алар бен: "Арабаха уьш шайн юьртара – шаьш цIена бу моьттуш нах бу уьш".

7:83

فَأَنجَيْنَٰهُ وَأَهْلَهُۥٓ إِلَّا ٱمْرَأَتَهُۥ كَانَتْ مِنَ ٱلْغَٰبِرِينَ

Оха кIелхьараваьккхира иза а‚ цуьнан доьзал а‚ цхьа зуда йиссалц – и хила бухайисинчарех /Iазапан чохь/.

7:84

وَأَمْطَرْنَا عَلَيْهِم مَّطَرًۭا ۖ فَٱنظُرْ كَيْفَ كَانَ عَٰقِبَةُ ٱلْمُجْرِمِينَ

Царна тIе догIа делхийтира Оха – хьажал‚ муха хилла къинош диначеран тIаьхье!

7:85

وَإِلَىٰ مَدْيَنَ أَخَاهُمْ شُعَيْبًۭا ۗ قَالَ يَٰقَوْمِ ٱعْبُدُوا۟ ٱللَّهَ مَا لَكُم مِّنْ إِلَٰهٍ غَيْرُهُۥ ۖ قَدْ جَآءَتْكُم بَيِّنَةٌۭ مِّن رَّبِّكُمْ ۖ فَأَوْفُوا۟ ٱلْكَيْلَ وَٱلْمِيزَانَ وَلَا تَبْخَسُوا۟ ٱلنَّاسَ أَشْيَآءَهُمْ وَلَا تُفْسِدُوا۟ فِى ٱلْأَرْضِ بَعْدَ إِصْلَٰحِهَا ۚ ذَٰلِكُمْ خَيْرٌۭ لَّكُمْ إِن كُنتُم مُّؤْمِنِينَ

Мадьянашка а церан ваша ШуIайб /вахийтира Оха/. Цо элира: "ХIай сан къам! Далла Iибадат де‚ И воцург кхин дела вац шуна. Шуьга еъна шун Кхиош-кхобучуьнгара билгало: дустар а‚ терза озар а нийса хилийта‚ нахана хIуманаш ма эшае‚ ма даржаде лаьтта тIехь вониг, и цIандинчул тIаьхьа. Иза шуна дика ду, шу тешаш хиллехь.

7:86

وَلَا تَقْعُدُوا۟ بِكُلِّ صِرَٰطٍۢ تُوعِدُونَ وَتَصُدُّونَ عَن سَبِيلِ ٱللَّهِ مَنْ ءَامَنَ بِهِۦ وَتَبْغُونَهَا عِوَجًۭا ۚ وَٱذْكُرُوٓا۟ إِذْ كُنتُمْ قَلِيلًۭا فَكَثَّرَكُمْ ۖ وَٱنظُرُوا۟ كَيْفَ كَانَ عَٰقِبَةُ ٱلْمُفْسِدِينَ

Некъаш ма леца /нах/ кхерош‚ Делан некъах воккхуш ша Цунах тешна хилларг‚ чIогIа и ганбан гIерташ. Аша дагадаийта шаьш кIеззиг бен цахилар – Цо /Дала/ дебийра шу. Хьовсал шу! Муха хилла вониг диначеран тIаьхье!

7:87

وَإِن كَانَ طَآئِفَةٌۭ مِّنكُمْ ءَامَنُوا۟ بِٱلَّذِىٓ أُرْسِلْتُ بِهِۦ وَطَآئِفَةٌۭ لَّمْ يُؤْمِنُوا۟ فَٱصْبِرُوا۟ حَتَّىٰ يَحْكُمَ ٱللَّهُ بَيْنَنَا ۚ وَهُوَ خَيْرُ ٱلْحَٰكِمِينَ

Шух цхьа тоба иман диллина хиллехь соьга доссийначуьнга‚ важа тоба иман ца дуьллуш хиллехь – аша собарде Дала вайна юккъехь цхьа хьукма даллалца. – Иза хьукма Ша дика деш верг ву".