7:88۞ قَالَ ٱلْمَلَأُ ٱلَّذِينَ ٱسْتَكْبَرُوا۟ مِن قَوْمِهِۦ لَنُخْرِجَنَّكَ يَٰشُعَيْبُ وَٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ مَعَكَ مِن قَرْيَتِنَآ أَوْ لَتَعُودُنَّ فِى مِلَّتِنَا ۚ قَالَ أَوَلَوْ كُنَّا كَٰرِهِينَ
Цуьнан къомах курабевллачийн элаша элира: "Оха ваккхане а аравоккхур ма ву хьо‚ хIай ШуIайб‚ хьоьца цхьаьна иман диллинарш а тхан юьртара‚ я хьо тхан дине вуьрзур ма ву". Цо элира: "Тхо хиллехь безам боцуш?
7:89قَدِ ٱفْتَرَيْنَا عَلَى ٱللَّهِ كَذِبًا إِنْ عُدْنَا فِى مِلَّتِكُم بَعْدَ إِذْ نَجَّىٰنَا ٱللَّهُ مِنْهَا ۚ وَمَا يَكُونُ لَنَآ أَن نَّعُودَ فِيهَآ إِلَّآ أَن يَشَآءَ ٱللَّهُ رَبُّنَا ۚ وَسِعَ رَبُّنَا كُلَّ شَىْءٍ عِلْمًا ۚ عَلَى ٱللَّهِ تَوَكَّلْنَا ۚ رَبَّنَا ٱفْتَحْ بَيْنَنَا وَبَيْنَ قَوْمِنَا بِٱلْحَقِّ وَأَنتَ خَيْرُ ٱلْفَٰتِحِينَ
Далла тIе харцдерг кхоьллина хир ма дара Оха, нагахь санна тхо шун дине дирзича (хIинца)‚ Дала тхо цунах хьалхадаьхначул тIаьхьа. Тхуна Цунна тIе духадерзар хир ма дац Далла‚ тхан Кхиош-кхобучунна‚ лаахь бен. Массо хIума Iилманца /хаарца/ шорта дина тхан Кхиош-кхобучо. Далла тIетевжина тхо. Тхо Кхиош-кхобушверг! Нийсонца дастахь тхуна а‚ тхан къомана а юкъахь дерг‚ Хьо /гIуллакх/ дика достург ма вуй".
7:90وَقَالَ ٱلْمَلَأُ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ مِن قَوْمِهِۦ لَئِنِ ٱتَّبَعْتُمْ شُعَيْبًا إِنَّكُمْ إِذًۭا لَّخَٰسِرُونَ
Цуьнан къоман цатешаш хиллачийн элаша элира: "Нагахь шу ШуIайбана тIаьхьахIиттахь, баккъалла а, шу тIаккха дIадевлла шуна /хIаллакьхиларца/!"
7:91فَأَخَذَتْهُمُ ٱلرَّجْفَةُ فَأَصْبَحُوا۟ فِى دَارِهِمْ جَٰثِمِينَ
ТIаккха /латта/ ластаро схьалецира уьш – Iуьйренга ма бевлира уьш шайн цIеношкахь белла Iункар а беттабелла.
7:92ٱلَّذِينَ كَذَّبُوا۟ شُعَيْبًۭا كَأَن لَّمْ يَغْنَوْا۟ فِيهَا ۚ ٱلَّذِينَ كَذَّبُوا۟ شُعَيْبًۭا كَانُوا۟ هُمُ ٱلْخَٰسِرِينَ
ШуIайб харцвинарш /бисира шаьш/ баьхна а хиллий-техьа /шайн цIеношкахь/ хеташ. ШуIайб харцвинарш хилла-кх шаьш хIаллакьхилларш.
7:93فَتَوَلَّىٰ عَنْهُمْ وَقَالَ يَٰقَوْمِ لَقَدْ أَبْلَغْتُكُمْ رِسَٰلَٰتِ رَبِّى وَنَصَحْتُ لَكُمْ ۖ فَكَيْفَ ءَاسَىٰ عَلَىٰ قَوْمٍۢ كَٰفِرِينَ
И дIавирзира царех‚ элира: "Сан къам! Сан Кхиош-кхобучун элчаналла шуьга дIакхачийна-кх аса‚ шуна хьехам а бина-кх. Аса муха синтем бойур бу сан цатешачу къомана дуьхьа?"
7:94وَمَآ أَرْسَلْنَا فِى قَرْيَةٍۢ مِّن نَّبِىٍّ إِلَّآ أَخَذْنَآ أَهْلَهَا بِٱلْبَأْسَآءِ وَٱلضَّرَّآءِ لَعَلَّهُمْ يَضَّرَّعُونَ
Оха ца ваийтина юьрта цхьа а пайхамар цуьнан /юьртан/ охIла баланашца а‚ халонашца а схьалоцуш бен‚ уьш хьастлур бацара-те (Далла)?
7:95ثُمَّ بَدَّلْنَا مَكَانَ ٱلسَّيِّئَةِ ٱلْحَسَنَةَ حَتَّىٰ عَفَوا۟ وَّقَالُوا۟ قَدْ مَسَّ ءَابَآءَنَا ٱلضَّرَّآءُ وَٱلسَّرَّآءُ فَأَخَذْنَٰهُم بَغْتَةًۭ وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ
ТIаккха вочунна метта диканиг хийцира Оха уьш сов буьйлуш‚ цара элира: "Вайн дайх а хьакхаделла халахетарш а, хазахетарш а". ТIаккха Оха цIеххьана схьалецира уьш /Iазапаца/, царна ца хаалуш.
7:96وَلَوْ أَنَّ أَهْلَ ٱلْقُرَىٰٓ ءَامَنُوا۟ وَٱتَّقَوْا۟ لَفَتَحْنَا عَلَيْهِم بَرَكَٰتٍۢ مِّنَ ٱلسَّمَآءِ وَٱلْأَرْضِ وَلَٰكِن كَذَّبُوا۟ فَأَخَذْنَٰهُم بِمَا كَانُوا۟ يَكْسِبُونَ
Яртийн охIлано иман диллинехьара‚ /Делах/ кхийринехьара – царна стиглара а‚ лаьттара а ниIматаш схьадиллина хир ма дара Оха‚ делахь а харцдина-кх цара /дин/. ТIаккха Оха схьалийцира уьш шаьш лелош хиллачуьнца.
7:97أَفَأَمِنَ أَهْلُ ٱلْقُرَىٰٓ أَن يَأْتِيَهُم بَأْسُنَا بَيَٰتًۭا وَهُمْ نَآئِمُونَ
Тешна юй-те яртийн охIла Тхан Iазап шайна тIе буьйсанна, шаьш наб еш йолуш‚ ца дарна?
7:98أَوَأَمِنَ أَهْلُ ٱلْقُرَىٰٓ أَن يَأْتِيَهُم بَأْسُنَا ضُحًۭى وَهُمْ يَلْعَبُونَ
Я тешна ю-те яртийн охIла Тхан Iазап шайна тIе ца дарах Iуьйранна, шаьш ловзуш йолуш?
7:99أَفَأَمِنُوا۟ مَكْرَ ٱللَّهِ ۚ فَلَا يَأْمَنُ مَكْرَ ٱللَّهِ إِلَّا ٱلْقَوْمُ ٱلْخَٰسِرُونَ
Делан мекарлонех (кхерам цахиларх) тешна бу-те уьш? Делан мекарлонех (кхерам цахиларх) тешна хир ма дац ша декъаза къам бен.
7:100أَوَلَمْ يَهْدِ لِلَّذِينَ يَرِثُونَ ٱلْأَرْضَ مِنۢ بَعْدِ أَهْلِهَآ أَن لَّوْ نَشَآءُ أَصَبْنَٰهُم بِذُنُوبِهِمْ ۚ وَنَطْبَعُ عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ فَهُمْ لَا يَسْمَعُونَ
Лаьттан дайл тIаьхьа и шайга кхаьчначарна ца хаьа-те Тхайна лиъча Оха шайна таIзар дийр дуйла, шайн къинош бахьанехь. Церан дегнийн тIе мухIар туху Оха – царна ца хеза.
7:101تِلْكَ ٱلْقُرَىٰ نَقُصُّ عَلَيْكَ مِنْ أَنۢبَآئِهَا ۚ وَلَقَدْ جَآءَتْهُمْ رُسُلُهُم بِٱلْبَيِّنَٰتِ فَمَا كَانُوا۟ لِيُؤْمِنُوا۟ بِمَا كَذَّبُوا۟ مِن قَبْلُ ۚ كَذَٰلِكَ يَطْبَعُ ٱللَّهُ عَلَىٰ قُلُوبِ ٱلْكَٰفِرِينَ
Цу яртийн хабарех дуьйцу Оха хьоьга. Цаьрга баьхкира Тхан элчанаш билгалонашца‚ уьш ца хилира тешар болууш шаьш хьалха харцдинчух. Иштта мухIар туху Дала цатешачеран дегнашна тIе.
7:102وَمَا وَجَدْنَا لِأَكْثَرِهِم مِّنْ عَهْدٍۢ ۖ وَإِن وَجَدْنَآ أَكْثَرَهُمْ لَفَٰسِقِينَ
Царех дукхахболчийн Тхуна ца карийра ваIда кхочушъяр‚ Тхуна ма карийра царех дукхахберш песакъ нах.
7:103ثُمَّ بَعَثْنَا مِنۢ بَعْدِهِم مُّوسَىٰ بِـَٔايَٰتِنَآ إِلَىٰ فِرْعَوْنَ وَمَلَإِي۟هِۦ فَظَلَمُوا۟ بِهَا ۖ فَٱنظُرْ كَيْفَ كَانَ عَٰقِبَةُ ٱلْمُفْسِدِينَ
ТIаккха царел тIаьхьа ФирIавна а‚ цуьнан элашна а тIе Муса вахийтира Оха Тхан аяташца – цаьрца зулам дира цара. Хьажал‚ муха хилла вон хиллачеран тIаьхье!
7:104وَقَالَ مُوسَىٰ يَٰفِرْعَوْنُ إِنِّى رَسُولٌۭ مِّن رَّبِّ ٱلْعَٰلَمِينَ
Мусас элира: "ХIай ФирIавн! Баккъалла а, со ву Iаламийн Кхиош-кхобучуьнгара элча.
7:105حَقِيقٌ عَلَىٰٓ أَن لَّآ أَقُولَ عَلَى ٱللَّهِ إِلَّا ٱلْحَقَّ ۚ قَدْ جِئْتُكُم بِبَيِّنَةٍۢ مِّن رَّبِّكُمْ فَأَرْسِلْ مَعِىَ بَنِىٓ إِسْرَٰٓءِيلَ
Хьакъ а долуш, со ву Далла тIехь бакъдерг бен ца ала. Со веъна шуьга шун Кхиош-кхобучуьнгара билгалонца‚ соьца бахкийта Исраилан кIентий".
7:106قَالَ إِن كُنتَ جِئْتَ بِـَٔايَةٍۢ فَأْتِ بِهَآ إِن كُنتَ مِنَ ٱلصَّٰدِقِينَ
Цо элира: "Хьо веъна хиллехь делилаца‚ схьало и, хьо бакълуьйчарех хиллехь".
7:107فَأَلْقَىٰ عَصَاهُ فَإِذَا هِىَ ثُعْبَانٌۭ مُّبِينٌۭ
ТIаккха (Мусас) шен Iаса кхоьссира – цунах билггала текхарг хилира.
7:108وَنَزَعَ يَدَهُۥ فَإِذَا هِىَ بَيْضَآءُ لِلنَّٰظِرِينَ
ТIаккха цо шен куьйг схьадаьккхира (кисанара) – и хьоьжучарна шурул кIай хилира.
7:109قَالَ ٱلْمَلَأُ مِن قَوْمِ فِرْعَوْنَ إِنَّ هَٰذَا لَسَٰحِرٌ عَلِيمٌۭ
ФирIавнан къоман элаша элира: "Баккъалла а, хIара ву говза бозбуанча.
7:110يُرِيدُ أَن يُخْرِجَكُم مِّنْ أَرْضِكُمْ ۖ فَمَاذَا تَأْمُرُونَ
Шу шайн лаьттара арадаха лууш ву иза – хIун омра до аша?"
7:111قَالُوٓا۟ أَرْجِهْ وَأَخَاهُ وَأَرْسِلْ فِى ٱلْمَدَآئِنِ حَٰشِرِينَ
Цара элира: "Бухасацаве иза а‚ цуьнан ваша а (цхьа жимма)‚бахийта гIаланашка гуламхой.
7:112يَأْتُوكَ بِكُلِّ سَٰحِرٍ عَلِيمٍۢ
Хьуна тIе валор ву цара массо говза бозбуанча".
7:113وَجَآءَ ٱلسَّحَرَةُ فِرْعَوْنَ قَالُوٓا۟ إِنَّ لَنَا لَأَجْرًا إِن كُنَّا نَحْنُ ٱلْغَٰلِبِينَ
ФирIавнан бозбуанчаш баьхкира‚ цара элира: "Баккъалла а, тхуна мах хир буй тхо хиллехь тоьлларш?"
7:114قَالَ نَعَمْ وَإِنَّكُمْ لَمِنَ ٱلْمُقَرَّبِينَ
Цо (ФирIавнас) элира: "ХIаъ‚ баккъалла а, шу хир ду-кх (суна) гергарчарех".
7:115قَالُوا۟ يَٰمُوسَىٰٓ إِمَّآ أَن تُلْقِىَ وَإِمَّآ أَن نَّكُونَ نَحْنُ ٱلْمُلْقِينَ
Цара элира: "ХIай Муса! Ахьа кхуссу (хьалха)‚ я тхо хир ду кхуссурш (хьалха)?"
7:116قَالَ أَلْقُوا۟ ۖ فَلَمَّآ أَلْقَوْا۟ سَحَرُوٓا۟ أَعْيُنَ ٱلنَّاسِ وَٱسْتَرْهَبُوهُمْ وَجَآءُو بِسِحْرٍ عَظِيمٍۢ
Цо элира: "Аша кхосса". Цара кхоьссича, нехан бIаьргашна бозбуанча хилира‚ чIогIа кхерийра цара уьш‚ доккха бозбуанча даийтира цара".
7:117۞ وَأَوْحَيْنَآ إِلَىٰ مُوسَىٰٓ أَنْ أَلْقِ عَصَاكَ ۖ فَإِذَا هِىَ تَلْقَفُ مَا يَأْفِكُونَ
Мусага хаийтира Оха хьайн Iаса кхосса‚ аьлла. ТIаккха цо сихха кхаьллина дIаяхийтира цара сурт хIоттийнарг.
7:118فَوَقَعَ ٱلْحَقُّ وَبَطَلَ مَا كَانُوا۟ يَعْمَلُونَ
Гучуделира бакъдерг‚ харц хилира цара деш хилларг.
7:119فَغُلِبُوا۟ هُنَالِكَ وَٱنقَلَبُوا۟ صَٰغِرِينَ
Цигахь эшийра уьш‚ сийсазхилла дIахьаьвзира уьш.
7:120وَأُلْقِىَ ٱلسَّحَرَةُ سَٰجِدِينَ
Бозбуанчаш суждане охьабахара.
7:121قَالُوٓا۟ ءَامَنَّا بِرَبِّ ٱلْعَٰلَمِينَ
Цара элира: "Оха иман дилли массо Iаламан Кхиош-кхобучуьнга‚
7:122رَبِّ مُوسَىٰ وَهَٰرُونَ
Мусан а, ХIаронан а Кхиош-кхобучуьнга".
7:123قَالَ فِرْعَوْنُ ءَامَنتُم بِهِۦ قَبْلَ أَنْ ءَاذَنَ لَكُمْ ۖ إِنَّ هَٰذَا لَمَكْرٌۭ مَّكَرْتُمُوهُ فِى ٱلْمَدِينَةِ لِتُخْرِجُوا۟ مِنْهَآ أَهْلَهَا ۖ فَسَوْفَ تَعْلَمُونَ
ФирIавнас элира: "Аш иман дилли цуьнга, аса шайна пурба далале хьалха?! Баккъалла а, иза мекарло ю-кх‚ аша шаьш йина гIали чуьра нах арабахархьама‚ тIаьхьа хуур ду шуна.
7:124لَأُقَطِّعَنَّ أَيْدِيَكُمْ وَأَرْجُلَكُم مِّنْ خِلَٰفٍۢ ثُمَّ لَأُصَلِّبَنَّكُمْ أَجْمَعِينَ
Шун куьйгаш а‚ когаш а хедонза буьтур ма бац аса дуьхь-дуьхьала‚ тIаккха шу дерриге ирх кхазор ду аса".
7:125قَالُوٓا۟ إِنَّآ إِلَىٰ رَبِّنَا مُنقَلِبُونَ
Цара элира: "Баккъалла а, тхо тхан Кхиош-кхобучуьнга дIахьаьвзар ду.
7:126وَمَا تَنقِمُ مِنَّآ إِلَّآ أَنْ ءَامَنَّا بِـَٔايَٰتِ رَبِّنَا لَمَّا جَآءَتْنَا ۚ رَبَّنَآ أَفْرِغْ عَلَيْنَا صَبْرًۭا وَتَوَفَّنَا مُسْلِمِينَ
Ахьа тхоьгара бекхам оьцуш ма бац тхо тхан Кхиош-кхобучун аятех тешна аьлла бен, уьш тхоьга деъначул тIаьхьа. Тхан Кхиош-кхобушверг! Тхуна собар лолахь‚ тхо Ахьа далийталахь (хьуна) мукIар хилла".
7:127وَقَالَ ٱلْمَلَأُ مِن قَوْمِ فِرْعَوْنَ أَتَذَرُ مُوسَىٰ وَقَوْمَهُۥ لِيُفْسِدُوا۟ فِى ٱلْأَرْضِ وَيَذَرَكَ وَءَالِهَتَكَ ۚ قَالَ سَنُقَتِّلُ أَبْنَآءَهُمْ وَنَسْتَحْىِۦ نِسَآءَهُمْ وَإِنَّا فَوْقَهُمْ قَٰهِرُونَ
ФирIавнан къоман элаша элира: "Муса а‚ цуьнан къам а дуьту ахьа лаьттахь доьхна хIуманаш дан‚ цо хьо а‚ хьан делий а дIатаса?" Цо элира: "ТIаьхьа вай бойур бу церан кIентий‚ дийна буьтур бу церан зударий‚ баккъалла а, вай царна тIехь ницкъ болуш ду".
7:128قَالَ مُوسَىٰ لِقَوْمِهِ ٱسْتَعِينُوا۟ بِٱللَّهِ وَٱصْبِرُوٓا۟ ۖ إِنَّ ٱلْأَرْضَ لِلَّهِ يُورِثُهَا مَن يَشَآءُ مِنْ عِبَادِهِۦ ۖ وَٱلْعَٰقِبَةُ لِلْمُتَّقِينَ
Мусас шен къоме элира: "Делаца гIо лаха аша‚ собар делаш‚ лаьтта Делан ду – Цо ирсана ло и Шен лех Шена луучунна, тIаьхье (Делах) кхоьручарна ю".
7:129قَالُوٓا۟ أُوذِينَا مِن قَبْلِ أَن تَأْتِيَنَا وَمِنۢ بَعْدِ مَا جِئْتَنَا ۚ قَالَ عَسَىٰ رَبُّكُمْ أَن يُهْلِكَ عَدُوَّكُمْ وَيَسْتَخْلِفَكُمْ فِى ٱلْأَرْضِ فَيَنظُرَ كَيْفَ تَعْمَلُونَ
Цара элира: "Лазарш (бохамаш) дина тхуна хьалха хьо тхоьга вале а‚ хьо тхоьга веъначул тIаьхьа а". Цо элира: "Шун Кхиош-кхобуш волчо мостагI хIаллакван мега‚ лаьттахь верасаш шу а хуьлуьйтуш – тIаккха Иза хьожур ву аша хIун до".
7:130وَلَقَدْ أَخَذْنَآ ءَالَ فِرْعَوْنَ بِٱلسِّنِينَ وَنَقْصٍۢ مِّنَ ٱلثَّمَرَٰتِ لَعَلَّهُمْ يَذَّكَّرُونَ
ФирIавнан доьзал схьалецира Оха шерашкахь (йокъанца) а‚ стоьмаш эшорца а – цара ойла ян там бара.
7:131فَإِذَا جَآءَتْهُمُ ٱلْحَسَنَةُ قَالُوا۟ لَنَا هَٰذِهِۦ ۖ وَإِن تُصِبْهُمْ سَيِّئَةٌۭ يَطَّيَّرُوا۟ بِمُوسَىٰ وَمَن مَّعَهُۥٓ ۗ أَلَآ إِنَّمَا طَٰٓئِرُهُمْ عِندَ ٱللَّهِ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَعْلَمُونَ
Шайга диканиг деъча‚ цара олура: "ХIара тхуна ду"‚ шайх вониг хьакхаделча‚ Муса а‚ цуьнца берш а бахьанехь хуьлуьйтура цара и. Баккъалла а, и вониг уьш шаьш бахьанехь дац ткъа Далла гергахь? Делахь а царах дукхаберш ца хууш бу.
7:132وَقَالُوا۟ مَهْمَا تَأْتِنَا بِهِۦ مِنْ ءَايَةٍۢ لِّتَسْحَرَنَا بِهَا فَمَا نَحْنُ لَكَ بِمُؤْمِنِينَ
Цара (ФарIавнан наха) элира: "Муьлхха а делил ахьа тхуна даладахь а, тхуна шеца бозбуанчалла дархьама‚ тхо хьоьх тешар долуш дац хьуна".
7:133فَأَرْسَلْنَا عَلَيْهِمُ ٱلطُّوفَانَ وَٱلْجَرَادَ وَٱلْقُمَّلَ وَٱلضَّفَادِعَ وَٱلدَّمَ ءَايَٰتٍۢ مُّفَصَّلَٰتٍۢ فَٱسْتَكْبَرُوا۟ وَكَانُوا۟ قَوْمًۭا مُّجْرِمِينَ
Оха царна тIекхиссира хи тIедалар а‚ цIоз а‚ мезий а‚ пхьидаш а‚ цIий а къегина делилаш хилла – тIаккха а куралла йира цара‚ царех хилира къинош дина къам.
7:134وَلَمَّا وَقَعَ عَلَيْهِمُ ٱلرِّجْزُ قَالُوا۟ يَٰمُوسَى ٱدْعُ لَنَا رَبَّكَ بِمَا عَهِدَ عِندَكَ ۖ لَئِن كَشَفْتَ عَنَّا ٱلرِّجْزَ لَنُؤْمِنَنَّ لَكَ وَلَنُرْسِلَنَّ مَعَكَ بَنِىٓ إِسْرَٰٓءِيلَ
Шайна тIе Iазап доьжча‚ цара элира: "ХIай Муса! Деха тхуна хьан Кхиош-кхобучуьнга хъоьца Шен ваIда хилларг (Iазап айде, тхо хьох тешча). Нагахь ахьа тхуна тIера хIара Iазап айдахь‚ хьоьх тешанза а Iийр ма дац тхо‚ хьоьца Исраилан кIентий а бохкуьйтур ма бу Оха".
7:135فَلَمَّا كَشَفْنَا عَنْهُمُ ٱلرِّجْزَ إِلَىٰٓ أَجَلٍ هُم بَٰلِغُوهُ إِذَا هُمْ يَنكُثُونَ
Оха шайна тIера Iазап айдича‚ цхьана ханна шаьш цунна тIе кхиа дезаш болчу‚ цара бина хилла болу барт бохийра.
7:136فَٱنتَقَمْنَا مِنْهُمْ فَأَغْرَقْنَٰهُمْ فِى ٱلْيَمِّ بِأَنَّهُمْ كَذَّبُوا۟ بِـَٔايَٰتِنَا وَكَانُوا۟ عَنْهَا غَٰفِلِينَ
ТIаккха Оха цаьргара бекхам ийцира. Оха уьш хIордан буха бахийтира, уьш хиларна Тхан аяташ харцдеш‚ уьш хиларна уьш тергал ца деш.
7:137وَأَوْرَثْنَا ٱلْقَوْمَ ٱلَّذِينَ كَانُوا۟ يُسْتَضْعَفُونَ مَشَٰرِقَ ٱلْأَرْضِ وَمَغَٰرِبَهَا ٱلَّتِى بَٰرَكْنَا فِيهَا ۖ وَتَمَّتْ كَلِمَتُ رَبِّكَ ٱلْحُسْنَىٰ عَلَىٰ بَنِىٓ إِسْرَٰٓءِيلَ بِمَا صَبَرُوا۟ ۖ وَدَمَّرْنَا مَا كَانَ يَصْنَعُ فِرْعَوْنُ وَقَوْمُهُۥ وَمَا كَانُوا۟ يَعْرِشُونَ
Оха ирсана елира заьIап хиллачу къомана лаьттан малхбалеш а‚ цуьнан малхбузеш а‚ Оха ша беркате дина хилла долу латта /Шам/ а. Исраилан кIенташна тIехь кхочушхилира хьан Кхиош-кхобучун хаза дош, цара собар дарна. Оха дохийна дIадахийтира ФирIавнас а‚ цуьнан къомо а деш хилларг а‚ цара хьалхахIоттийна хилларг а.
7:138وَجَٰوَزْنَا بِبَنِىٓ إِسْرَٰٓءِيلَ ٱلْبَحْرَ فَأَتَوْا۟ عَلَىٰ قَوْمٍۢ يَعْكُفُونَ عَلَىٰٓ أَصْنَامٍۢ لَّهُمْ ۚ قَالُوا۟ يَٰمُوسَى ٱجْعَل لَّنَآ إِلَٰهًۭا كَمَا لَهُمْ ءَالِهَةٌۭ ۚ قَالَ إِنَّكُمْ قَوْمٌۭ تَجْهَلُونَ
Оха Исраилан кIенташна хIорд бийкъира. ТIаккха уьш кхечира цхьана къомана тIе‚ шайн жIарашна Iибадат деш долчу‚ цара (Исраилан кIенташа) элира: "ХIай Муса! Тхуна Дела хилийта церан делий санна". Цо (Мусас) элира: "Баккъалла а, ма жаьхIал къам ду-кх шу.
7:139إِنَّ هَٰٓؤُلَآءِ مُتَبَّرٌۭ مَّا هُمْ فِيهِ وَبَٰطِلٌۭ مَّا كَانُوا۟ يَعْمَلُونَ
Баккъалла а, хIорш шаьш хиллчохь хIаллакьхир бу‚ харц ду цара деш хилларг".
7:140قَالَ أَغَيْرَ ٱللَّهِ أَبْغِيكُمْ إِلَٰهًۭا وَهُوَ فَضَّلَكُمْ عَلَى ٱلْعَٰلَمِينَ
Цо (Мусас) элира: "Дела (АллахI) воцург кхин дела лоху, ткъа, аса шуна? Цо шу даз ма дина (ниIматашца) Iаламел.
7:141وَإِذْ أَنجَيْنَٰكُم مِّنْ ءَالِ فِرْعَوْنَ يَسُومُونَكُمْ سُوٓءَ ٱلْعَذَابِ ۖ يُقَتِّلُونَ أَبْنَآءَكُمْ وَيَسْتَحْيُونَ نِسَآءَكُمْ ۚ وَفِى ذَٰلِكُم بَلَآءٌۭ مِّن رَّبِّكُمْ عَظِيمٌۭ
Цо хьалха ма дехира шу ФирIавнан доьзалх‚ шуна боьха Iазап латтош хилла болчу. Цара бойура шун кIентий‚ дийна буьтура шун зударий. Шуна цу чохь шун везза волчу Кхиош-кхобучуьнгара зер ма ду.
7:142۞ وَوَٰعَدْنَا مُوسَىٰ ثَلَٰثِينَ لَيْلَةًۭ وَأَتْمَمْنَٰهَا بِعَشْرٍۢ فَتَمَّ مِيقَٰتُ رَبِّهِۦٓ أَرْبَعِينَ لَيْلَةًۭ ۚ وَقَالَ مُوسَىٰ لِأَخِيهِ هَٰرُونَ ٱخْلُفْنِى فِى قَوْمِى وَأَصْلِحْ وَلَا تَتَّبِعْ سَبِيلَ ٱلْمُفْسِدِينَ
ТIаккха Оха Мусаца ваIда йира ткъе итт буьйсанца‚ уьш кхочуш- хилийтира Оха иттанца. Цуьнан Кхиош-кхобучун тоьхна хан кхочушхилира шовзткъа буьйсанца. ТIаккха Мусас элира шен вешига ХIаруне: "Сан метта виса сан къомаца‚ маслаIат (диканиг) де‚ вон лелачеран новкъа ма хIотталахь".
7:143وَلَمَّا جَآءَ مُوسَىٰ لِمِيقَٰتِنَا وَكَلَّمَهُۥ رَبُّهُۥ قَالَ رَبِّ أَرِنِىٓ أَنظُرْ إِلَيْكَ ۚ قَالَ لَن تَرَىٰنِى وَلَٰكِنِ ٱنظُرْ إِلَى ٱلْجَبَلِ فَإِنِ ٱسْتَقَرَّ مَكَانَهُۥ فَسَوْفَ تَرَىٰنِى ۚ فَلَمَّا تَجَلَّىٰ رَبُّهُۥ لِلْجَبَلِ جَعَلَهُۥ دَكًّۭا وَخَرَّ مُوسَىٰ صَعِقًۭا ۚ فَلَمَّآ أَفَاقَ قَالَ سُبْحَٰنَكَ تُبْتُ إِلَيْكَ وَأَنَا۠ أَوَّلُ ٱلْمُؤْمِنِينَ
Оха билгалъяьккхинчу меттиге веъча‚ шен Кхиош-кхобучо шеца къамел дича‚ Мусас элира: "Сан Кхиош-кхобушверг‚ суна Хьуо гайтахьа – Хьоьга хьожур вара со!". Цо элира: "Со ганне а гур вац хьуна‚ делахь а хьажахьа дIо ломе‚ цуьнан меттиг чIагIлахь – тIаккха тIаьхьа Со гур ву хьуна". Цуьнан Кхиош-кхобург ломана гучуваьлча‚ Цо и аьтта дIабахийтира‚ Муса, эсах а ваьлла, вуьйжира. ТIаккха ша метта веъча‚ цо элира: "Хьо вонах цIанво аса‚ аса тоба ди Хьоьга‚ со ву-кх тешачарех дуьххьарлераниг".
7:144قَالَ يَٰمُوسَىٰٓ إِنِّى ٱصْطَفَيْتُكَ عَلَى ٱلنَّاسِ بِرِسَٰلَٰتِى وَبِكَلَٰمِى فَخُذْ مَآ ءَاتَيْتُكَ وَكُن مِّنَ ٱلشَّٰكِرِينَ
Цо /Дала/ элира: "ХIай Муса! Баккъалла а, Аса хьо хаьржина нахал Сан элчаллица‚ Сан къамелаца‚ дIалаца Аса хьайга делларг‚ хьо хила шукур дечарех".
7:145وَكَتَبْنَا لَهُۥ فِى ٱلْأَلْوَاحِ مِن كُلِّ شَىْءٍۢ مَّوْعِظَةًۭ وَتَفْصِيلًۭا لِّكُلِّ شَىْءٍۢ فَخُذْهَا بِقُوَّةٍۢ وَأْمُرْ قَوْمَكَ يَأْخُذُوا۟ بِأَحْسَنِهَا ۚ سَأُو۟رِيكُمْ دَارَ ٱلْفَٰسِقِينَ
Оха яздира цунна ардахийн (аьннийн) чохь хIора хIуманах хьехам а‚ хIора хIуманна къастор а /олуш/: "ДIаэца и ницкъаца‚ хьайн къоме а омра де дIалаца алий цуьнан уггар хазаниг. Аса тIаьхьа гойтур ду шуьга песакъ нехан цIа".
7:146سَأَصْرِفُ عَنْ ءَايَٰتِىَ ٱلَّذِينَ يَتَكَبَّرُونَ فِى ٱلْأَرْضِ بِغَيْرِ ٱلْحَقِّ وَإِن يَرَوْا۟ كُلَّ ءَايَةٍۢ لَّا يُؤْمِنُوا۟ بِهَا وَإِن يَرَوْا۟ سَبِيلَ ٱلرُّشْدِ لَا يَتَّخِذُوهُ سَبِيلًۭا وَإِن يَرَوْا۟ سَبِيلَ ٱلْغَىِّ يَتَّخِذُوهُ سَبِيلًۭا ۚ ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ كَذَّبُوا۟ بِـَٔايَٰتِنَا وَكَانُوا۟ عَنْهَا غَٰفِلِينَ
ТIаьхьа Аса Сан аятех генабохур бу лаьттахь, бовла хьакъ боцуш, курабевлла хилларш‚ муьлхха а делил гича а – цунах ца теша уьш‚ нийсонан некъ гича а – и некъ бой тIе ца лоцу цара‚ тиларан некъ гича – и некъ бой тIелоцу цара‚ иза цара Тхан аяташ харцдина дела ду‚ уьш царех гIовпал хилла дела ду.
7:147وَٱلَّذِينَ كَذَّبُوا۟ بِـَٔايَٰتِنَا وَلِقَآءِ ٱلْءَاخِرَةِ حَبِطَتْ أَعْمَٰلُهُمْ ۚ هَلْ يُجْزَوْنَ إِلَّا مَا كَانُوا۟ يَعْمَلُونَ
Тхан аяташ а‚ эхартаца цхьаьнакхетар а харцдинарш – церан Iамалш хIаллакьхилла. Шаьш еш хиллачу Iамалашца а бен бекхам хир буй царна?!
7:148وَٱتَّخَذَ قَوْمُ مُوسَىٰ مِنۢ بَعْدِهِۦ مِنْ حُلِيِّهِمْ عِجْلًۭا جَسَدًۭا لَّهُۥ خُوَارٌ ۚ أَلَمْ يَرَوْا۟ أَنَّهُۥ لَا يُكَلِّمُهُمْ وَلَا يَهْدِيهِمْ سَبِيلًا ۘ ٱتَّخَذُوهُ وَكَانُوا۟ ظَٰلِمِينَ
Мусан къомо и (Делаца хабар дийца) ваханчул тIаьхьа гIозарех а‚ мухIарех эса дира шен дегI а‚ аз а долуш. Царна ца го техьа‚ цо цаьрца къамел ма ца дой‚ новкъа а ниса ма ца бо цо уьш? Цара и лецира /шайн Дела хилла‚ цунна цара Iибадат деш/, – уьш зуламхой хилира.
7:149وَلَمَّا سُقِطَ فِىٓ أَيْدِيهِمْ وَرَأَوْا۟ أَنَّهُمْ قَدْ ضَلُّوا۟ قَالُوا۟ لَئِن لَّمْ يَرْحَمْنَا رَبُّنَا وَيَغْفِرْ لَنَا لَنَكُونَنَّ مِنَ ٱلْخَٰسِرِينَ
ТIаккха уьш дохкобевлла‚ хIун дийр ду ца хууш болуш‚ царна гича шаьш тиладелла хилар‚ цара элира: "Вай Кхиош-кхобучо вайх къинхетам ца бахь‚ Цо вайна геч ца дахь – вай эшна хиллачарех хир ду-кх".
7:150وَلَمَّا رَجَعَ مُوسَىٰٓ إِلَىٰ قَوْمِهِۦ غَضْبَٰنَ أَسِفًۭا قَالَ بِئْسَمَا خَلَفْتُمُونِى مِنۢ بَعْدِىٓ ۖ أَعَجِلْتُمْ أَمْرَ رَبِّكُمْ ۖ وَأَلْقَى ٱلْأَلْوَاحَ وَأَخَذَ بِرَأْسِ أَخِيهِ يَجُرُّهُۥٓ إِلَيْهِ ۚ قَالَ ٱبْنَ أُمَّ إِنَّ ٱلْقَوْمَ ٱسْتَضْعَفُونِى وَكَادُوا۟ يَقْتُلُونَنِى فَلَا تُشْمِتْ بِىَ ٱلْأَعْدَآءَ وَلَا تَجْعَلْنِى مَعَ ٱلْقَوْمِ ٱلظَّٰلِمِينَ
Муса шен къомана тIе вухавирзича‚ ша оьгIазвахана‚ чIогIа пошме хилла‚ элира: "Ма вон хIума ду-кх аша суна кхоьллинарг соьл тIаьхьа /со воцуш/. Сихлой‚ ткъа, шайн Кхиош-кхобучун гIуллакхехь?" Шегара аннаш охьакхиссира цо‚ шен вешин корта(-н месаш) шена тIе озийра цо. Элира /ХIаруна/: "ХIай сан ненан кIант! Цу къомо со заьIап ма ви‚ со вен герга ма хилла уьш‚ мостагIий баккхий ма бебелахь суна‚ зуламе къомаца ма хилийталахь со".
7:151قَالَ رَبِّ ٱغْفِرْ لِى وَلِأَخِى وَأَدْخِلْنَا فِى رَحْمَتِكَ ۖ وَأَنتَ أَرْحَمُ ٱلرَّٰحِمِينَ
Элира /Мусас/: "Со Кхиош-кхобушверг! Гечделахь суна а‚ сан вешина а‚ Хьан къинхетамна чудохкалахь тхо. Хьо ву-кх уггар къинхетаме верг".
7:152إِنَّ ٱلَّذِينَ ٱتَّخَذُوا۟ ٱلْعِجْلَ سَيَنَالُهُمْ غَضَبٌۭ مِّن رَّبِّهِمْ وَذِلَّةٌۭ فِى ٱلْحَيَوٰةِ ٱلدُّنْيَا ۚ وَكَذَٰلِكَ نَجْزِى ٱلْمُفْتَرِينَ
Баккъалла а, эса лаьцнарш /шайн дела вина/ – шайн Кхиош-кхобучуьнгара оьгIазло кхуьур ма ю царех‚ сийсазалла а /ю царна/ дуьненан дахарехь. Иштта бекхам бо Оха харцдерг кхуллучарна.
7:153وَٱلَّذِينَ عَمِلُوا۟ ٱلسَّيِّـَٔاتِ ثُمَّ تَابُوا۟ مِنۢ بَعْدِهَا وَءَامَنُوٓا۟ إِنَّ رَبَّكَ مِنۢ بَعْدِهَا لَغَفُورٌۭ رَّحِيمٌۭ
Вониг /къинош/ динарш‚ тIаккха цул тIаьхьа тоба дина иман диллинарш, – баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург цул тIаьхьа гечдеш верг ма ву‚ къинхетам беш верг ма ву.
7:154وَلَمَّا سَكَتَ عَن مُّوسَى ٱلْغَضَبُ أَخَذَ ٱلْأَلْوَاحَ ۖ وَفِى نُسْخَتِهَا هُدًۭى وَرَحْمَةٌۭ لِّلَّذِينَ هُمْ لِرَبِّهِمْ يَرْهَبُونَ
Муса оьгIазаллих ваставелча, аннаш схьаийцира цо‚ церан йозанийн чохь бара нийса некъ а‚ къинхетам а шен Кхиош-кхобучух кхоьруш болчарна.
7:155وَٱخْتَارَ مُوسَىٰ قَوْمَهُۥ سَبْعِينَ رَجُلًۭا لِّمِيقَٰتِنَا ۖ فَلَمَّآ أَخَذَتْهُمُ ٱلرَّجْفَةُ قَالَ رَبِّ لَوْ شِئْتَ أَهْلَكْتَهُم مِّن قَبْلُ وَإِيَّٰىَ ۖ أَتُهْلِكُنَا بِمَا فَعَلَ ٱلسُّفَهَآءُ مِنَّآ ۖ إِنْ هِىَ إِلَّا فِتْنَتُكَ تُضِلُّ بِهَا مَن تَشَآءُ وَتَهْدِى مَن تَشَآءُ ۖ أَنتَ وَلِيُّنَا فَٱغْفِرْ لَنَا وَٱرْحَمْنَا ۖ وَأَنتَ خَيْرُ ٱلْغَٰفِرِينَ
Мусас шен къомах кхузткъе итт стаг хаьржира Тхьоца цхьаьнакхетарна. ТIаккха чIогIачу латта ласторо уьш схьалецча‚ цо элира: "Со Кхиош-кхобушверг‚ Хьайна лиъна хиллехьара Ахьа хьалха хIаллакбина хир бара уьш а‚ со а. Тхо хIаллакдо Ахьа тхан юккъера Iовдалша лелийначуьнца? Иза хьан питана ма дуй‚ Ахьа шеца Хьайна луург тилош‚ Хьайна луург нисвеш долу. Хьо ву-кх тхан доладийриг /вали/‚ гечдехьа тхуна‚ къинхетам бехьа тхоьх‚ Хьо ву-кх уггар дика гечдийриг.
7:156۞ وَٱكْتُبْ لَنَا فِى هَٰذِهِ ٱلدُّنْيَا حَسَنَةًۭ وَفِى ٱلْءَاخِرَةِ إِنَّا هُدْنَآ إِلَيْكَ ۚ قَالَ عَذَابِىٓ أُصِيبُ بِهِۦ مَنْ أَشَآءُ ۖ وَرَحْمَتِى وَسِعَتْ كُلَّ شَىْءٍۢ ۚ فَسَأَكْتُبُهَا لِلَّذِينَ يَتَّقُونَ وَيُؤْتُونَ ٱلزَّكَوٰةَ وَٱلَّذِينَ هُم بِـَٔايَٰتِنَا يُؤْمِنُونَ
Яздехьа тхуна хIокху дуьненахь диканиг‚ эхартахь а /диканиг/‚ баккъалла а, тхо нисделла-кх Хьоьга". Цо /Дала/ элира: "Сан Iазап Аса кхиор ду Суна луучух‚ Сан къинхетамо массо хIума шена чулаьцна – тIаьхьа Аса дIаязбийр бу и /къинхетам/ шаьш /къинах/ кхоьруш болчарна‚ закат луш болчарна‚ шаьш Тхан аятех тешаш болчарна.
7:157ٱلَّذِينَ يَتَّبِعُونَ ٱلرَّسُولَ ٱلنَّبِىَّ ٱلْأُمِّىَّ ٱلَّذِى يَجِدُونَهُۥ مَكْتُوبًا عِندَهُمْ فِى ٱلتَّوْرَىٰةِ وَٱلْإِنجِيلِ يَأْمُرُهُم بِٱلْمَعْرُوفِ وَيَنْهَىٰهُمْ عَنِ ٱلْمُنكَرِ وَيُحِلُّ لَهُمُ ٱلطَّيِّبَٰتِ وَيُحَرِّمُ عَلَيْهِمُ ٱلْخَبَٰٓئِثَ وَيَضَعُ عَنْهُمْ إِصْرَهُمْ وَٱلْأَغْلَٰلَ ٱلَّتِى كَانَتْ عَلَيْهِمْ ۚ فَٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ بِهِۦ وَعَزَّرُوهُ وَنَصَرُوهُ وَٱتَّبَعُوا۟ ٱلنُّورَ ٱلَّذِىٓ أُنزِلَ مَعَهُۥٓ ۙ أُو۟لَٰٓئِكَ هُمُ ٱلْمُفْلِحُونَ
Ишттанаш бу уьш шаьш тIаьхьахIуттуш элчанна-пайхамарна йоза-дешар ца хууш волчу‚ шех лаьцна яздина шайна карош шайн гергахь Товрата чохь‚ Инжила чохь‚ ша царна "Диканиг де!" олуш волу‚ вочух уьш бухатухуш волу‚ цIена дерг царна хьанал деш волу‚ боьханиг шайна хьарам деш волу‚ царна тIера дезза хIуманаш а‚ буржолаш а ша дIадохуш волу. Цунах тешнарш‚ и леринарш‚ цунна гIо динарш‚ цуьнца доссийна долчу нуьрана /КъурIанна/ тIаьхьахIиттинарш – уьш бу баккхийбуьйр берш.
7:158قُلْ يَٰٓأَيُّهَا ٱلنَّاسُ إِنِّى رَسُولُ ٱللَّهِ إِلَيْكُمْ جَمِيعًا ٱلَّذِى لَهُۥ مُلْكُ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ ۖ لَآ إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ يُحْىِۦ وَيُمِيتُ ۖ فَـَٔامِنُوا۟ بِٱللَّهِ وَرَسُولِهِ ٱلنَّبِىِّ ٱلْأُمِّىِّ ٱلَّذِى يُؤْمِنُ بِٱللَّهِ وَكَلِمَٰتِهِۦ وَٱتَّبِعُوهُ لَعَلَّكُمْ تَهْتَدُونَ
Ахьа ала: "ХIай нах! Баккъалла а, со Делан элча ву шуьга массаьрга‚ ишттаниг ву И /Дела/ стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла Шен долуш‚ Иза воцург кхин дела вац‚ денбо Цо‚ буьйла а болуьйту. Теша шу Делах а‚ Цуьнан элча-пайхамарах а‚ йоза-дешар ца хууш волчу‚ ша тешаш волчу Делах а‚ цуьнан дешнех а. ТIаьхьахIитта цунна – шу нийсачу новкъа довла там бара".
7:159وَمِن قَوْمِ مُوسَىٰٓ أُمَّةٌۭ يَهْدُونَ بِٱلْحَقِّ وَبِهِۦ يَعْدِلُونَ
Мусан къомах а ду цхьа уммат‚ ша бакъдолчунна тIе нисделла долу‚ ша цуьнца нийсо еш долу.
7:160وَقَطَّعْنَٰهُمُ ٱثْنَتَىْ عَشْرَةَ أَسْبَاطًا أُمَمًۭا ۚ وَأَوْحَيْنَآ إِلَىٰ مُوسَىٰٓ إِذِ ٱسْتَسْقَىٰهُ قَوْمُهُۥٓ أَنِ ٱضْرِب بِّعَصَاكَ ٱلْحَجَرَ ۖ فَٱنۢبَجَسَتْ مِنْهُ ٱثْنَتَا عَشْرَةَ عَيْنًۭا ۖ قَدْ عَلِمَ كُلُّ أُنَاسٍۢ مَّشْرَبَهُمْ ۚ وَظَلَّلْنَا عَلَيْهِمُ ٱلْغَمَٰمَ وَأَنزَلْنَا عَلَيْهِمُ ٱلْمَنَّ وَٱلسَّلْوَىٰ ۖ كُلُوا۟ مِن طَيِّبَٰتِ مَا رَزَقْنَٰكُمْ ۚ وَمَا ظَلَمُونَا وَلَٰكِن كَانُوٓا۟ أَنفُسَهُمْ يَظْلِمُونَ
Оха уьш /Исраилан кIентий/ бийкъира шийтта некъене. Мусага хаийтира Оха иза шен къомана хи доьхуш волчу хенахь "хьан Iаса тоха тIулгах"‚ аьлла. ТIаккха шийтта хьоста дедира цунах. ХIора некъана /тобанна/ шайн молу меттиг хиира‚ Оха царна IиндагI /салкха/ дира мархаца‚ доссийра царна Манна а‚ Салва а – даа Оха шайна деллачу рицкъанх цIенаниг. Тхуна зулам ца дина цара – уьш хилла-кх шаьш шайна зулам деш.
7:161وَإِذْ قِيلَ لَهُمُ ٱسْكُنُوا۟ هَٰذِهِ ٱلْقَرْيَةَ وَكُلُوا۟ مِنْهَا حَيْثُ شِئْتُمْ وَقُولُوا۟ حِطَّةٌۭ وَٱدْخُلُوا۟ ٱلْبَابَ سُجَّدًۭا نَّغْفِرْ لَكُمْ خَطِيٓـَٰٔتِكُمْ ۚ سَنَزِيدُ ٱلْمُحْسِنِينَ
Дагадаийта цаьрга аьлла хилар: "ХIокху юьртахь даха совца‚ даа цу чуьра шайна луъучохь‚ аша ала: "Дайде!"‚ неIарехула чоьхьадовла сужд деш‚ Оха гечдийр ду шуна шун гIалаташ. ТIаьхьа Оха алсамбохур бу дика берш".
7:162فَبَدَّلَ ٱلَّذِينَ ظَلَمُوا۟ مِنْهُمْ قَوْلًا غَيْرَ ٱلَّذِى قِيلَ لَهُمْ فَأَرْسَلْنَا عَلَيْهِمْ رِجْزًۭا مِّنَ ٱلسَّمَآءِ بِمَا كَانُوا۟ يَظْلِمُونَ
Царех зулам диначара хийцира дош шайга аьлла доцучуьнца. ТIаккха Оха царна тIе стиглара Iазап доссийра, уьш зулам деш хиларна.
7:163وَسْـَٔلْهُمْ عَنِ ٱلْقَرْيَةِ ٱلَّتِى كَانَتْ حَاضِرَةَ ٱلْبَحْرِ إِذْ يَعْدُونَ فِى ٱلسَّبْتِ إِذْ تَأْتِيهِمْ حِيتَانُهُمْ يَوْمَ سَبْتِهِمْ شُرَّعًۭا وَيَوْمَ لَا يَسْبِتُونَ ۙ لَا تَأْتِيهِمْ ۚ كَذَٰلِكَ نَبْلُوهُم بِمَا كَانُوا۟ يَفْسُقُونَ
Хаттал цаьрга хIордан уллохь хиллачу юьртах лаций: уьш дозанах бевлира шоьтан дийнахь‚ царна чIерий догIура гучудовлий церан шоьтан дийнахь‚ церан шоьтан де доцуш царна ца догIура уьш /чIерий/ – иштта балане лецира Оха уьш, шаьш песакъ хиларна.
7:164وَإِذْ قَالَتْ أُمَّةٌۭ مِّنْهُمْ لِمَ تَعِظُونَ قَوْمًا ۙ ٱللَّهُ مُهْلِكُهُمْ أَوْ مُعَذِّبُهُمْ عَذَابًۭا شَدِيدًۭا ۖ قَالُوا۟ مَعْذِرَةً إِلَىٰ رَبِّكُمْ وَلَعَلَّهُمْ يَتَّقُونَ
Царех цхьана тобано аьллера: "Аша хIунда хьехамбо /къомана/ нахана‚ шаьш Дала хIаллакбийр болчу‚ я Цо шайна чIогIачу Iазапца Iазап дийриг долчу?" Цара элира: "Шун Кхиош-кхобучуьнга бехказадовлархьама‚ уьш хилархьама /Делах/ кхоьруш".
7:165فَلَمَّا نَسُوا۟ مَا ذُكِّرُوا۟ بِهِۦٓ أَنجَيْنَا ٱلَّذِينَ يَنْهَوْنَ عَنِ ٱلسُّوٓءِ وَأَخَذْنَا ٱلَّذِينَ ظَلَمُوا۟ بِعَذَابٍۭ بَـِٔيسٍۭ بِمَا كَانُوا۟ يَفْسُقُونَ
Цара шайга хьехийнарг дицдича‚ Оха кIелхьарабехира шаьш /нах/ вочух духатухуш берш‚ зулам динарш Оха схьалецира ирчачу Iазапца уьш /Исраилан кIентий – жуьгтий/ песакъ хиларна.
7:166فَلَمَّا عَتَوْا۟ عَن مَّا نُهُوا۟ عَنْهُ قُلْنَا لَهُمْ كُونُوا۟ قِرَدَةً خَٰسِـِٔينَ
Цара тергал ца дича Оха шаьш шайх духатоьхнарг‚ Оха элира цаьрга: "Хила шух сийсаза маймалш".
7:167وَإِذْ تَأَذَّنَ رَبُّكَ لَيَبْعَثَنَّ عَلَيْهِمْ إِلَىٰ يَوْمِ ٱلْقِيَٰمَةِ مَن يَسُومُهُمْ سُوٓءَ ٱلْعَذَابِ ۗ إِنَّ رَبَّكَ لَسَرِيعُ ٱلْعِقَابِ ۖ وَإِنَّهُۥ لَغَفُورٌۭ رَّحِيمٌۭ
Хьан Кхиош-кхобучо дIахаийтира ша царна (жуьгташна) тIе хьежжоне а хьежор бу Къематде кхаччалц царна луьра Iазап деш берш‚ баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург сиханиг ву таIзар дарца‚ Иза – гечдийриг а‚ къинхетам бийриг а ву.
7:168وَقَطَّعْنَٰهُمْ فِى ٱلْأَرْضِ أُمَمًۭا ۖ مِّنْهُمُ ٱلصَّٰلِحُونَ وَمِنْهُمْ دُونَ ذَٰلِكَ ۖ وَبَلَوْنَٰهُم بِٱلْحَسَنَٰتِ وَٱلسَّيِّـَٔاتِ لَعَلَّهُمْ يَرْجِعُونَ
Оха бийкъира уьш (жуьгтий) лаьттахь тобанашка – царех диканаш а бу‚ царех уьш боцурш а бу. Оха уьш теллира хазачуьнца а‚ вочуьнца а, уьш бухабоьрзур бацара-те (Далла тIе)‚ бохуш.
7:169فَخَلَفَ مِنۢ بَعْدِهِمْ خَلْفٌۭ وَرِثُوا۟ ٱلْكِتَٰبَ يَأْخُذُونَ عَرَضَ هَٰذَا ٱلْأَدْنَىٰ وَيَقُولُونَ سَيُغْفَرُ لَنَا وَإِن يَأْتِهِمْ عَرَضٌۭ مِّثْلُهُۥ يَأْخُذُوهُ ۚ أَلَمْ يُؤْخَذْ عَلَيْهِم مِّيثَٰقُ ٱلْكِتَٰبِ أَن لَّا يَقُولُوا۟ عَلَى ٱللَّهِ إِلَّا ٱلْحَقَّ وَدَرَسُوا۟ مَا فِيهِ ۗ وَٱلدَّارُ ٱلْءَاخِرَةُ خَيْرٌۭ لِّلَّذِينَ يَتَّقُونَ ۗ أَفَلَا تَعْقِلُونَ
Царел тIаьхьа кхин тIаьхье хилира‚ жайна ирсана кхечира цаьрга‚ хIокху дуьненан бахам оьцура цара‚ олура: "Вайна-м гечдийр дай". Цуьнга терра кхин бахам шайга беъча – иза а оьцур бара цара. Ткъа жайнан чIагIо ца хиллера царна тIехь‚ цара Далла тIехь бакъдерг бен эр дац аьлла‚ цу чохь дерг цара Iамийна ма дара? Эхартан цIа тоьлуш ма ду шаьш /Делах/ кхоьруш болчарна‚ аша ойла ца йо-техьа?
7:170وَٱلَّذِينَ يُمَسِّكُونَ بِٱلْكِتَٰبِ وَأَقَامُوا۟ ٱلصَّلَوٰةَ إِنَّا لَا نُضِيعُ أَجْرَ ٱلْمُصْلِحِينَ
Шаьш жайна схьалаьцнарш‚ ламаз хIоттийнарш, – баккъалла а, Оха эша ма ца бо дикачеран миэл.
7:171۞ وَإِذْ نَتَقْنَا ٱلْجَبَلَ فَوْقَهُمْ كَأَنَّهُۥ ظُلَّةٌۭ وَظَنُّوٓا۟ أَنَّهُۥ وَاقِعٌۢ بِهِمْ خُذُوا۟ مَآ ءَاتَيْنَٰكُم بِقُوَّةٍۢ وَٱذْكُرُوا۟ مَا فِيهِ لَعَلَّكُمْ تَتَّقُونَ
Царна тIехь лам айбира Оха‚ ша тIейожа йоллу лаба санна лаьтташ‚ царна моьттура и шайна тIеюжуш ю. /Оха элира/: "ДIалаца Оха шайна делларг ницкъаца‚ хьехаде цу чохь дерг‚ шу хила мегара /Делах/ кхоьруш!"
7:172وَإِذْ أَخَذَ رَبُّكَ مِنۢ بَنِىٓ ءَادَمَ مِن ظُهُورِهِمْ ذُرِّيَّتَهُمْ وَأَشْهَدَهُمْ عَلَىٰٓ أَنفُسِهِمْ أَلَسْتُ بِرَبِّكُمْ ۖ قَالُوا۟ بَلَىٰ ۛ شَهِدْنَآ ۛ أَن تَقُولُوا۟ يَوْمَ ٱلْقِيَٰمَةِ إِنَّا كُنَّا عَنْ هَٰذَا غَٰفِلِينَ
Хьахаде хьан Кхиош-кхобучо Адаман кIентийх – церан баккъех церан зуьрет схьадаккхар‚ тIаккха шайна тIехь уьш тешаш хIоттор: "Со вац, ткъа, шун Кхиош-кхобург"‚- аьлла. Цара ма элира: "ХIаъ! Оха тешалла дина". /Иза ду/ аша Къематдийнахь эриг хиларна: "Баккъалла а, тхо цунах гIовпал ма хили".
7:173أَوْ تَقُولُوٓا۟ إِنَّمَآ أَشْرَكَ ءَابَآؤُنَا مِن قَبْلُ وَكُنَّا ذُرِّيَّةًۭ مِّنۢ بَعْدِهِمْ ۖ أَفَتُهْلِكُنَا بِمَا فَعَلَ ٱلْمُبْطِلُونَ
Я аша эриг хиларна: "Тхан дайша ширк /керсталла/ дира хьалха‚ тхох хилира царел тIаьхьа зуьрет‚ Ахьа хIаллакдийр ду тхо харцболчара динарг бахьанехь?"
7:174وَكَذَٰلِكَ نُفَصِّلُ ٱلْءَايَٰتِ وَلَعَلَّهُمْ يَرْجِعُونَ
Иштта къастадо Оха аяташ – уьш бухабоьрзур бацара-те /къинош дарах/.
7:175وَٱتْلُ عَلَيْهِمْ نَبَأَ ٱلَّذِىٓ ءَاتَيْنَٰهُ ءَايَٰتِنَا فَٱنسَلَخَ مِنْهَا فَأَتْبَعَهُ ٱلشَّيْطَٰنُ فَكَانَ مِنَ ٱلْغَاوِينَ
Дийцал царна Оха шена Тхан аяташ делла, тIаккха уьш дIатесначун хабар‚ тIаккха шайтIано шена тIаьхьавазийра и‚ тилабеллачарех хилира иза.
7:176وَلَوْ شِئْنَا لَرَفَعْنَٰهُ بِهَا وَلَٰكِنَّهُۥٓ أَخْلَدَ إِلَى ٱلْأَرْضِ وَٱتَّبَعَ هَوَىٰهُ ۚ فَمَثَلُهُۥ كَمَثَلِ ٱلْكَلْبِ إِن تَحْمِلْ عَلَيْهِ يَلْهَثْ أَوْ تَتْرُكْهُ يَلْهَث ۚ ذَّٰلِكَ مَثَلُ ٱلْقَوْمِ ٱلَّذِينَ كَذَّبُوا۟ بِـَٔايَٰتِنَا ۚ فَٱقْصُصِ ٱلْقَصَصَ لَعَلَّهُمْ يَتَفَكَّرُونَ
Тхуна лиънехьара Оха цаьрца айвира вара иза‚ делахь а дуьненан тIе тевжира иза‚ шен дезаршна тIаьхьавезира. Цуьнан масал жIаьлин масалх тера ду: хьо шена тIаьхьа ваьлча мотт аракхуссу цо‚ я ахьа ша дитича а мотт аракхуссу цо. И ду тхан аяташ харцдинчу къоман масал. Дийца дийцарш‚ ойла ян там бара цара.
7:177سَآءَ مَثَلًا ٱلْقَوْمُ ٱلَّذِينَ كَذَّبُوا۟ بِـَٔايَٰتِنَا وَأَنفُسَهُمْ كَانُوا۟ يَظْلِمُونَ
Тхан аяташ харцдина къам вон хилла масалца – шайна зулам деш хилла уьш.
7:178مَن يَهْدِ ٱللَّهُ فَهُوَ ٱلْمُهْتَدِى ۖ وَمَن يُضْلِلْ فَأُو۟لَٰٓئِكَ هُمُ ٱلْخَٰسِرُونَ
Ша Дала нисвеш верг нислур ву‚ Цо тилавала вуьтуш верг, – уьш бу эшнарш.
7:179وَلَقَدْ ذَرَأْنَا لِجَهَنَّمَ كَثِيرًۭا مِّنَ ٱلْجِنِّ وَٱلْإِنسِ ۖ لَهُمْ قُلُوبٌۭ لَّا يَفْقَهُونَ بِهَا وَلَهُمْ أَعْيُنٌۭ لَّا يُبْصِرُونَ بِهَا وَلَهُمْ ءَاذَانٌۭ لَّا يَسْمَعُونَ بِهَآ ۚ أُو۟لَٰٓئِكَ كَٱلْأَنْعَٰمِ بَلْ هُمْ أَضَلُّ ۚ أُو۟لَٰٓئِكَ هُمُ ٱلْغَٰفِلُونَ
Оха кхоьллина жоьжахатина дуккха жинеш а‚ адамаш а. Церан дегнаш ду – цаьрца ца кхета уьш‚ бIаьргаш бу – цаьрца ца го царна‚ лергаш ду – цаьрца ца хеза царна‚ уьш бежанех тера бу. ХIаъ! Царел а тилла бу! Уьш бу-кха гIовпал хилларш.
7:180وَلِلَّهِ ٱلْأَسْمَآءُ ٱلْحُسْنَىٰ فَٱدْعُوهُ بِهَا ۖ وَذَرُوا۟ ٱلَّذِينَ يُلْحِدُونَ فِىٓ أَسْمَٰٓئِهِۦ ۚ سَيُجْزَوْنَ مَا كَانُوا۟ يَعْمَلُونَ
Делан ю хаза цIераш – кхайкха аша Цуьнга цаьрца. Бита Цуьнан цIераш харцъеш берш. ТIаьхьа шаьш динчуьнца бекхам хир бу царна.
7:181وَمِمَّنْ خَلَقْنَآ أُمَّةٌۭ يَهْدُونَ بِٱلْحَقِّ وَبِهِۦ يَعْدِلُونَ
Оха кхоьллинчарех ду уммат‚ ша бакъдолчунна тIе (нах) нисбеш долу‚ ша цуьнца нийсо еш долу /цIена бусулба уммат ду иза/.
7:182وَٱلَّذِينَ كَذَّبُوا۟ بِـَٔايَٰتِنَا سَنَسْتَدْرِجُهُم مِّنْ حَيْثُ لَا يَعْلَمُونَ
Тхан аяташ харцдинарш – тIаьхьа жим-жимма таIош, охьатаIор бу Оха уьш, шайна а ца хууш.
7:183وَأُمْلِى لَهُمْ ۚ إِنَّ كَيْدِى مَتِينٌ
ТIаьхьатотту Аса уьш – Сан /керстанийн/ мекарлонна /дуьхьало/ чIогIа ю.
7:184أَوَلَمْ يَتَفَكَّرُوا۟ ۗ مَا بِصَاحِبِهِم مِّن جِنَّةٍ ۚ إِنْ هُوَ إِلَّا نَذِيرٌۭ مُّبِينٌ
Ойла ца йо-техьа цара? Жинех ма вац церан накъост /Мухьаммад пайхамар; ца тешачара олуш хилла жинех ву иза/. Иза билггала кхерамча ву.
7:185أَوَلَمْ يَنظُرُوا۟ فِى مَلَكُوتِ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ وَمَا خَلَقَ ٱللَّهُ مِن شَىْءٍۢ وَأَنْ عَسَىٰٓ أَن يَكُونَ قَدِ ٱقْتَرَبَ أَجَلُهُمْ ۖ فَبِأَىِّ حَدِيثٍۭ بَعْدَهُۥ يُؤْمِنُونَ
Уьш ца хьожу стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалле‚ Дала кхоьллинчу хIуманашка‚ шайн ажал /Iожалла/ гергакхаьчна хила магаре? Цул тIаьхьа муьлхачу хьадисах уьш тешар бу.
7:186مَن يُضْلِلِ ٱللَّهُ فَلَا هَادِىَ لَهُۥ ۚ وَيَذَرُهُمْ فِى طُغْيَٰنِهِمْ يَعْمَهُونَ
Дала тилавала вуьтуш волчунна – и нисван цхьа а вац. Цо буьту уьш шайн тиларчохь дIай-схьай уьдуш.
7:187يَسْـَٔلُونَكَ عَنِ ٱلسَّاعَةِ أَيَّانَ مُرْسَىٰهَا ۖ قُلْ إِنَّمَا عِلْمُهَا عِندَ رَبِّى ۖ لَا يُجَلِّيهَا لِوَقْتِهَآ إِلَّا هُوَ ۚ ثَقُلَتْ فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ ۚ لَا تَأْتِيكُمْ إِلَّا بَغْتَةًۭ ۗ يَسْـَٔلُونَكَ كَأَنَّكَ حَفِىٌّ عَنْهَا ۖ قُلْ إِنَّمَا عِلْمُهَا عِندَ ٱللَّهِ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ ٱلنَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ
Хьоьга хоьтту цара сахьтах /Къематдийнах/ лаьцна – цуьнан хIоттар маца хир ду боху. Ахьа ала: "Цуьнан Iилма сан Кхиош-кхобучун гергахь ду. Шен хеннахь и билгалдоккхур ду веккъа Цо‚ дазделла и стигланашкахь а‚ лаьттахь а. ЦIеххьана бен догIур дац иза шуна". Хьоьга хоьтту цара – хьо иза дика хууш верг волуш санна. Ахьа ала: "Цуьнан Iилма Делехь ду". Делахь а‚ дуккха нахана ца хаьа.
7:188قُل لَّآ أَمْلِكُ لِنَفْسِى نَفْعًۭا وَلَا ضَرًّا إِلَّا مَا شَآءَ ٱللَّهُ ۚ وَلَوْ كُنتُ أَعْلَمُ ٱلْغَيْبَ لَٱسْتَكْثَرْتُ مِنَ ٱلْخَيْرِ وَمَا مَسَّنِىَ ٱلسُّوٓءُ ۚ إِنْ أَنَا۠ إِلَّا نَذِيرٌۭ وَبَشِيرٌۭ لِّقَوْمٍۢ يُؤْمِنُونَ
Ахьа ала: "Аса дола ца до сан дегIах пайданца а‚ я зенаца а Далла лиънарг бен. Со хиллехьара хууш къайлах дерг‚ аса совдаьхна хир дара диканаш‚ халоно схьалаьцна хир ма вацара со. Со веккъа кхерамча а‚ хаамча а ву тешаш долчу къомана".
7:189۞ هُوَ ٱلَّذِى خَلَقَكُم مِّن نَّفْسٍۢ وَٰحِدَةٍۢ وَجَعَلَ مِنْهَا زَوْجَهَا لِيَسْكُنَ إِلَيْهَا ۖ فَلَمَّا تَغَشَّىٰهَا حَمَلَتْ حَمْلًا خَفِيفًۭا فَمَرَّتْ بِهِۦ ۖ فَلَمَّآ أَثْقَلَت دَّعَوَا ٱللَّهَ رَبَّهُمَا لَئِنْ ءَاتَيْتَنَا صَٰلِحًۭا لَّنَكُونَنَّ مِنَ ٱلشَّٰكِرِينَ
И ву шу кхоьллинарг цхьана синах‚ цунна зуда а кхоьллина, и цуьнца вахийта. И цунна улло вахча – байа болчу мохьца язло и‚ и дIакхоьхьу цо. ТIаккха иза язъелча цара шиммо /майрачо а‚ зудчо а/ шайн Кхиош-кхобучу Деле доьху: "Ахьа тхуна дика доьзалхо лахь, тхо баркалла бохучарех хир дара-кх".
7:190فَلَمَّآ ءَاتَىٰهُمَا صَٰلِحًۭا جَعَلَا لَهُۥ شُرَكَآءَ فِيمَآ ءَاتَىٰهُمَا ۚ فَتَعَٰلَى ٱللَّهُ عَمَّا يُشْرِكُونَ
ТIаккха цо шаьшшиннена дика доьзалхо велча‚ Цо шайна деллачуьнгахь Цунна накъост хилийтина цу шиммо. Генаволу Дела цара накъост лацарх.
7:191أَيُشْرِكُونَ مَا لَا يَخْلُقُ شَيْـًۭٔا وَهُمْ يُخْلَقُونَ
Цара хуьлуьйту, ткъа, Цунна накъост ша хIумма ца кхуллург‚ шаьш кхечо /Дала/ кхуллуш берш?
7:192وَلَا يَسْتَطِيعُونَ لَهُمْ نَصْرًۭا وَلَآ أَنفُسَهُمْ يَنصُرُونَ
Царна гIодан ца могу царна‚ шаьш шайна а гIо ца до цара.
7:193وَإِن تَدْعُوهُمْ إِلَى ٱلْهُدَىٰ لَا يَتَّبِعُوكُمْ ۚ سَوَآءٌ عَلَيْكُمْ أَدَعَوْتُمُوهُمْ أَمْ أَنتُمْ صَٰمِتُونَ
Аша уьш нийсачу новкъа кхайкхахь‚ шуна тIаьхьа а ца хIуьтту уьш. Цхьатерра ду шуна: аша уьш кхайкхахь а‚ я шу севцна Iахь а.
7:194إِنَّ ٱلَّذِينَ تَدْعُونَ مِن دُونِ ٱللَّهِ عِبَادٌ أَمْثَالُكُمْ ۖ فَٱدْعُوهُمْ فَلْيَسْتَجِيبُوا۟ لَكُمْ إِن كُنتُمْ صَٰدِقِينَ
Аша, Дела а витина, шайга кхойкхуш берш – шух терра леш бу‚ кхайкха цаьрга‚ шуна жоп лойла цара‚ шу бакълуьйш хиллехь.
7:195أَلَهُمْ أَرْجُلٌۭ يَمْشُونَ بِهَآ ۖ أَمْ لَهُمْ أَيْدٍۢ يَبْطِشُونَ بِهَآ ۖ أَمْ لَهُمْ أَعْيُنٌۭ يُبْصِرُونَ بِهَآ ۖ أَمْ لَهُمْ ءَاذَانٌۭ يَسْمَعُونَ بِهَا ۗ قُلِ ٱدْعُوا۟ شُرَكَآءَكُمْ ثُمَّ كِيدُونِ فَلَا تُنظِرُونِ
Ткъа церан когаш бу шашах дIа-схьа лелаш‚ я церан куьйгаш ду цара шаьш детташ‚ я церан бIаьргаш бу шашах царна гуш‚ я церан лергаш ду шашах царна хозуьйтуш? Ахьа ала: "Кхайкха шайн накъосташка‚ мекарло е суна‚ тIаьхьа ма татта со.
7:196إِنَّ وَلِۦِّىَ ٱللَّهُ ٱلَّذِى نَزَّلَ ٱلْكِتَٰبَ ۖ وَهُوَ يَتَوَلَّى ٱلصَّٰلِحِينَ
Баккъалла а, сан доттагIа – Дела ву‚ Ша жайна доссийна волу‚ И ву дикачарех Iуналла деш верг".
7:197وَٱلَّذِينَ تَدْعُونَ مِن دُونِهِۦ لَا يَسْتَطِيعُونَ نَصْرَكُمْ وَلَآ أَنفُسَهُمْ يَنصُرُونَ
Аша, И /Дела/ а витина, шайга кхойкхуш берш, – шуна гIодан луш бац уьш‚ шайна гIо дийр долуш а бац.
7:198وَإِن تَدْعُوهُمْ إِلَى ٱلْهُدَىٰ لَا يَسْمَعُوا۟ ۖ وَتَرَىٰهُمْ يَنظُرُونَ إِلَيْكَ وَهُمْ لَا يُبْصِرُونَ
Аша шаьш нийсачу новкъа кхайкхича – ца хеза царна. Хьуна го уьш хьайга хьоьжуш, – царна ца го.
7:199خُذِ ٱلْعَفْوَ وَأْمُرْ بِٱلْعُرْفِ وَأَعْرِضْ عَنِ ٱلْجَٰهِلِينَ
КъинтIера вала‚ диканиг хьеха‚ дукха тергал ма бе жехIал нах.
7:200وَإِمَّا يَنزَغَنَّكَ مِنَ ٱلشَّيْطَٰنِ نَزْغٌۭ فَٱسْتَعِذْ بِٱللَّهِ ۚ إِنَّهُۥ سَمِيعٌ عَلِيمٌ
ШайтIанера талхор хьо талхо гIертахь, – Делаца ларвалар деха. Баккъалла а, Иза хезаш верг а‚ хууш верг а ву.
7:201إِنَّ ٱلَّذِينَ ٱتَّقَوْا۟ إِذَا مَسَّهُمْ طَٰٓئِفٌۭ مِّنَ ٱلشَّيْطَٰنِ تَذَكَّرُوا۟ فَإِذَا هُم مُّبْصِرُونَ
Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш шаьш шайтIанан балано схьалаьцча, /Дела/ хьехаво /зикр до/ цара‚ уьш гуш хуьлу /нийса некъ/.
7:202وَإِخْوَٰنُهُمْ يَمُدُّونَهُمْ فِى ٱلْغَىِّ ثُمَّ لَا يُقْصِرُونَ
Амма церан вежарий (къинош деш берш) – царна-м тиларчохь гIо до хьуна цара /шайтIано а, цуьнан накъосташа а/‚ тIаккха а ледарло ца йолуьйту цара (уьш тилош къахьегарехь).
7:203وَإِذَا لَمْ تَأْتِهِم بِـَٔايَةٍۢ قَالُوا۟ لَوْلَا ٱجْتَبَيْتَهَا ۚ قُلْ إِنَّمَآ أَتَّبِعُ مَا يُوحَىٰٓ إِلَىَّ مِن رَّبِّى ۚ هَٰذَا بَصَآئِرُ مِن رَّبِّكُمْ وَهُدًۭى وَرَحْمَةٌۭ لِّقَوْمٍۢ يُؤْمِنُونَ
Ахьа шайга аят ца деъча‚ олура: "Айхьа хаьржина хиллехьара ахьа /аят/". Ахьа ала: "Сайга сан Кхиош-кхобучуьнгара догIучу вехьена бен со тIаьхьахIуттуш вац. ХIара /КъурIан/ – шун Кхиош-кхобучуьнгара билгалонаш ю‚ нийса некъ а‚ къинхетам а бу, ша тешаш долчу къомана".
7:204وَإِذَا قُرِئَ ٱلْقُرْءَانُ فَٱسْتَمِعُوا۟ لَهُۥ وَأَنصِتُوا۟ لَعَلَّكُمْ تُرْحَمُونَ
КъурIан доьшуш долуш – ладогIа цуьнга‚ гIовгIа ма е‚ шух къинхетам бан тарло.
7:205وَٱذْكُر رَّبَّكَ فِى نَفْسِكَ تَضَرُّعًۭا وَخِيفَةًۭ وَدُونَ ٱلْجَهْرِ مِنَ ٱلْقَوْلِ بِٱلْغُدُوِّ وَٱلْءَاصَالِ وَلَا تَكُن مِّنَ ٱلْغَٰفِلِينَ
Хьехаве хьан Кхиош-кхобург хьайгахь: муьтIахь а хилла‚ кхоьруш а хилла‚ чIогIа доцчу озаца‚ Iуьйранна а‚ суьйранна а. Хьо ма хилалахь и тергам ца бечарех.
7:206إِنَّ ٱلَّذِينَ عِندَ رَبِّكَ لَا يَسْتَكْبِرُونَ عَنْ عِبَادَتِهِۦ وَيُسَبِّحُونَهُۥ وَلَهُۥ يَسْجُدُونَ ۩
Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобучун гергахь дерш Цунна Iибадат дарна куралла еш дац‚ массо вочух И цIанвеш ду, Цунна сужд деш ду.
8:1يَسْـَٔلُونَكَ عَنِ ٱلْأَنفَالِ ۖ قُلِ ٱلْأَنفَالُ لِلَّهِ وَٱلرَّسُولِ ۖ فَٱتَّقُوا۟ ٱللَّهَ وَأَصْلِحُوا۟ ذَاتَ بَيْنِكُمْ ۖ وَأَطِيعُوا۟ ٱللَّهَ وَرَسُولَهُۥٓ إِن كُنتُم مُّؤْمِنِينَ
Цара хьоьга хоьтту хIонсах лаьцна‚ ахьа ала: "ХIонс Делан /долахь/ ю‚ элчанан а /долахь/ ю". Шу Делах кхера‚ вовшийн юккъехь маслахьат а де‚ муьтIахь хила Далла а‚ Цуьнан элчанна а‚ шаьш хиллехь тешаш (муъма нах).
8:2إِنَّمَا ٱلْمُؤْمِنُونَ ٱلَّذِينَ إِذَا ذُكِرَ ٱللَّهُ وَجِلَتْ قُلُوبُهُمْ وَإِذَا تُلِيَتْ عَلَيْهِمْ ءَايَٰتُهُۥ زَادَتْهُمْ إِيمَٰنًۭا وَعَلَىٰ رَبِّهِمْ يَتَوَكَّلُونَ
Баккъалла а, тешаш берш /муъма нах/ бу Дела хьехийча шайн дегнаш кIадлуш берш‚ шайна тIехь Цуьнан аяташ дешча, иманца совбуьйлуш берш‚ шайн Кхиош-кхобучунна тIетевжаш берш.
8:3ٱلَّذِينَ يُقِيمُونَ ٱلصَّلَوٰةَ وَمِمَّا رَزَقْنَٰهُمْ يُنفِقُونَ
Ишттанаш бу уьш шаьш ламаз а хIоттош‚ Оха шайна деллачу рицкъанх сагIа а луш.
8:4أُو۟لَٰٓئِكَ هُمُ ٱلْمُؤْمِنُونَ حَقًّۭا ۚ لَّهُمْ دَرَجَٰتٌ عِندَ رَبِّهِمْ وَمَغْفِرَةٌۭ وَرِزْقٌۭ كَرِيمٌۭ
Уьш бу хьакъ-бакъ болу тешаш берш (муъма нах)‚ царна шайн Кхиош-кхобучун гергахь даржаш ду‚ гечдар ду‚ шортта рицкъа ду.
8:5كَمَآ أَخْرَجَكَ رَبُّكَ مِنۢ بَيْتِكَ بِٱلْحَقِّ وَإِنَّ فَرِيقًۭا مِّنَ ٱلْمُؤْمِنِينَ لَكَٰرِهُونَ
Хьан Кхиош-кхобучо хьо бакъонца хьан цIа чуьра араваккхаре терра‚ тешаш болчех (муъманахах) цхьа тоба чIогIа ца лууш ма ю /гIазот дан/.
8:6يُجَٰدِلُونَكَ فِى ٱلْحَقِّ بَعْدَمَا تَبَيَّنَ كَأَنَّمَا يُسَاقُونَ إِلَى ٱلْمَوْتِ وَهُمْ يَنظُرُونَ
Хьоьца къуьйсуш бу уьш бакъдолчуьнгахь и билгалдаьллачул тIаьхьа‚ шаьш Iожална тIе лоьхкуш санна, шаьш хьоьжуш лаьтташ.
8:7وَإِذْ يَعِدُكُمُ ٱللَّهُ إِحْدَى ٱلطَّآئِفَتَيْنِ أَنَّهَا لَكُمْ وَتَوَدُّونَ أَنَّ غَيْرَ ذَاتِ ٱلشَّوْكَةِ تَكُونُ لَكُمْ وَيُرِيدُ ٱللَّهُ أَن يُحِقَّ ٱلْحَقَّ بِكَلِمَٰتِهِۦ وَيَقْطَعَ دَابِرَ ٱلْكَٰفِرِينَ
Дала шуьца ваIда йо шина тобанах цхьаъ шун ю, олий‚ шуна дезаш ду герз доцург шайна хуьлийла‚ Далла лууш ду бакъдерг чIагIдан а Шен дешнашца‚ цатешачеран тIаьхье хадон а.
8:8لِيُحِقَّ ٱلْحَقَّ وَيُبْطِلَ ٱلْبَٰطِلَ وَلَوْ كَرِهَ ٱلْمُجْرِمُونَ
Бакъдерг чIагIдархьама а‚ харцдерг дIатилархьама а, къинош дечарна ца дезахь а.
8:9إِذْ تَسْتَغِيثُونَ رَبَّكُمْ فَٱسْتَجَابَ لَكُمْ أَنِّى مُمِدُّكُم بِأَلْفٍۢ مِّنَ ٱلْمَلَٰٓئِكَةِ مُرْدِفِينَ
Аша шайн Кхиош-кхобучуьнга гIо доьхура. Цо шуна жоп делира: "Аса шу чIагIдийр ду тIеттIа эзар маликашца"‚- аьлла.
8:10وَمَا جَعَلَهُ ٱللَّهُ إِلَّا بُشْرَىٰ وَلِتَطْمَئِنَّ بِهِۦ قُلُوبُكُمْ ۚ وَمَا ٱلنَّصْرُ إِلَّا مِنْ عِندِ ٱللَّهِ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ عَزِيزٌ حَكِيمٌ
И ца дира Дала кхаъ хилла а бен‚ шеца шун дегнаш паргIатдахархьама а бен‚ гIо дац Далла гергара а бен. Баккъалла а, Дела везза верг‚ хьукма дика деш верг ву.
8:11إِذْ يُغَشِّيكُمُ ٱلنُّعَاسَ أَمَنَةًۭ مِّنْهُ وَيُنَزِّلُ عَلَيْكُم مِّنَ ٱلسَّمَآءِ مَآءًۭ لِّيُطَهِّرَكُم بِهِۦ وَيُذْهِبَ عَنكُمْ رِجْزَ ٱلشَّيْطَٰنِ وَلِيَرْبِطَ عَلَىٰ قُلُوبِكُمْ وَيُثَبِّتَ بِهِ ٱلْأَقْدَامَ
Цо шуна тIе ма хьажайора наб озор, шуна Шегара сапаргIато луш‚ доссадора шуна тIе стиглара хи, Шеца шу цIандархьама‚ шайтIанан вас-васал шух дIаяккхархьама‚ шун дегнаш сацорхьама (собарца а‚ бакъдолчуьнца а)‚ шун когаш цуьнца чIагIбархьама.
8:12إِذْ يُوحِى رَبُّكَ إِلَى ٱلْمَلَٰٓئِكَةِ أَنِّى مَعَكُمْ فَثَبِّتُوا۟ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ ۚ سَأُلْقِى فِى قُلُوبِ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ ٱلرُّعْبَ فَٱضْرِبُوا۟ فَوْقَ ٱلْأَعْنَاقِ وَٱضْرِبُوا۟ مِنْهُمْ كُلَّ بَنَانٍۢ
Хьан Кхиош-кхобучо хаийтира маликашка Ша шуьца ву, аьлла‚ чIагIбе иман диллинарш‚ Аса тIаьхьа ца тешна хиллачерийн дегнашка кхерам кхуссур бу – тоха логах‚ хадайе церан массо пIелган юьхьиг.
8:13ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ شَآقُّوا۟ ٱللَّهَ وَرَسُولَهُۥ ۚ وَمَن يُشَاقِقِ ٱللَّهَ وَرَسُولَهُۥ فَإِنَّ ٱللَّهَ شَدِيدُ ٱلْعِقَابِ
Иза ду уьш Далла а‚ Цуьнан элчанна а дуьхьал хилла хиларна. Далла‚ цуьнан элчанна дуьхьал хиллачунна Дела бекхам эца чIогIа ву.
8:14ذَٰلِكُمْ فَذُوقُوهُ وَأَنَّ لِلْكَٰفِرِينَ عَذَابَ ٱلنَّارِ
Иза (Iазап) ду шуна: "Iовша и шайна – цатешачарна цIеран Iазап ду".
8:15يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوٓا۟ إِذَا لَقِيتُمُ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ زَحْفًۭا فَلَا تُوَلُّوهُمُ ٱلْأَدْبَارَ
ХIай иман диллинарш! Шаьш цатешачаьрца дуьхьалкхетча (тIам тIехь эскарш вовшех кхетча), могIаршца (шайн) баккъаш ма тоха царна /царех кхералой ма довда/.
8:16وَمَن يُوَلِّهِمْ يَوْمَئِذٍۢ دُبُرَهُۥٓ إِلَّا مُتَحَرِّفًۭا لِّقِتَالٍ أَوْ مُتَحَيِّزًا إِلَىٰ فِئَةٍۢ فَقَدْ بَآءَ بِغَضَبٍۢ مِّنَ ٱللَّهِ وَمَأْوَىٰهُ جَهَنَّمُ ۖ وَبِئْسَ ٱلْمَصِيرُ
Оцу дийнахь (гIазотехь кхеравелла вухаваьлларг)‚ царна шен букъ тоьхнарг‚ ша тIамна хьаьвзаш вацахь я кхечу тобанах дIауьйш вацахь, Делера оьгIазаллина юкъаваьлла и‚ цуьнан чугIойла жоьжахати ю‚ вон ю дIаваьрзу меттиг!
8:17فَلَمْ تَقْتُلُوهُمْ وَلَٰكِنَّ ٱللَّهَ قَتَلَهُمْ ۚ وَمَا رَمَيْتَ إِذْ رَمَيْتَ وَلَٰكِنَّ ٱللَّهَ رَمَىٰ ۚ وَلِيُبْلِىَ ٱلْمُؤْمِنِينَ مِنْهُ بَلَآءً حَسَنًا ۚ إِنَّ ٱللَّهَ سَمِيعٌ عَلِيمٌۭ
Аша ца байина уьш‚ делахь а Дала байина уьш. Ахьа ца кхоьссина (герз) айхьа кхуссуш делахь а – Дала кхоьссина (Дела вара и шун гIазот дIахьош верг) муъманахана шегара хаза ял (толам‚ хIонс) ялархьама. Баккъалла а, Дела хезаш а, хууш а ву.
8:18ذَٰلِكُمْ وَأَنَّ ٱللَّهَ مُوهِنُ كَيْدِ ٱلْكَٰفِرِينَ
Иза Дела хилар ду цатешачеран мекарло эшор йолуш.
8:19إِن تَسْتَفْتِحُوا۟ فَقَدْ جَآءَكُمُ ٱلْفَتْحُ ۖ وَإِن تَنتَهُوا۟ فَهُوَ خَيْرٌۭ لَّكُمْ ۖ وَإِن تَعُودُوا۟ نَعُدْ وَلَن تُغْنِىَ عَنكُمْ فِئَتُكُمْ شَيْـًۭٔا وَلَوْ كَثُرَتْ وَأَنَّ ٱللَّهَ مَعَ ٱلْمُؤْمِنِينَ
Аша толам бехча – толам беъна шуьга. Шу совцахь – и дика ду шуна‚ шу духа тIамна юкъа дагIахь – Тхо а догIур ду, шун тобано шун хIумма тIаьхьара доккхур дац, и йоккха хилахь а. Дела муъма нахаца ву.
8:20يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوٓا۟ أَطِيعُوا۟ ٱللَّهَ وَرَسُولَهُۥ وَلَا تَوَلَّوْا۟ عَنْهُ وَأَنتُمْ تَسْمَعُونَ
ХIай иман диллинарш! МуьтIахь хила Далла а‚ цуьнан элчанна а‚ и (пайхамар) витий дIа ма гIо, шу хезаш долуш (цо дуьйцург).
8:21وَلَا تَكُونُوا۟ كَٱلَّذِينَ قَالُوا۟ سَمِعْنَا وَهُمْ لَا يَسْمَعُونَ
Шу тар ма ло аьллачаьрга: "ЛадоьгIна оха"‚ шаьш ладугIуш а боцуш.
8:22۞ إِنَّ شَرَّ ٱلدَّوَآبِّ عِندَ ٱللَّهِ ٱلصُّمُّ ٱلْبُكْمُ ٱلَّذِينَ لَا يَعْقِلُونَ
Баккъалла а, Далла гергахь уггар боьха бежана ду къораниг а, мотт ца хуург а. Уьш бу кхеташ боцурш.
8:23وَلَوْ عَلِمَ ٱللَّهُ فِيهِمْ خَيْرًۭا لَّأَسْمَعَهُمْ ۖ وَلَوْ أَسْمَعَهُمْ لَتَوَلَّوا۟ وَّهُم مُّعْرِضُونَ
Далла цаьргахь диканиг лиъна хиллехьара, Цо ладугIуьйтур дара цаьрга. Цо шайга ладогIийтича а, тIаккха а дIагIур бара (гIазотера бовдур бара) уьш, дуьхьал а бевлла.
8:24يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ ٱسْتَجِيبُوا۟ لِلَّهِ وَلِلرَّسُولِ إِذَا دَعَاكُمْ لِمَا يُحْيِيكُمْ ۖ وَٱعْلَمُوٓا۟ أَنَّ ٱللَّهَ يَحُولُ بَيْنَ ٱلْمَرْءِ وَقَلْبِهِۦ وَأَنَّهُۥٓ إِلَيْهِ تُحْشَرُونَ
ХIай иман диллинарш! Жоп ло Далла а‚ элчанна а Цо шайга кхайкхича Ша шу дендеш долчуьнга‚ шуна хаалаш, и Дела хьийзаш хилар стагана а‚ цуьнан дагана а юкъа‚ шу а Цунна тIе гулдийриг хилар.
8:25وَٱتَّقُوا۟ فِتْنَةًۭ لَّا تُصِيبَنَّ ٱلَّذِينَ ظَلَمُوا۟ مِنكُمْ خَآصَّةًۭ ۖ وَٱعْلَمُوٓا۟ أَنَّ ٱللَّهَ شَدِيدُ ٱلْعِقَابِ
Питанах кхералаш: къаьсттина шух зулам диначаьрна зен дина Iанне а ца Iа иза (массарна зен до цо). Шуна хаалаш, и Дела бекхам барца (таIазар дарца) чIогIа вуйла.
8:26وَٱذْكُرُوٓا۟ إِذْ أَنتُمْ قَلِيلٌۭ مُّسْتَضْعَفُونَ فِى ٱلْأَرْضِ تَخَافُونَ أَن يَتَخَطَّفَكُمُ ٱلنَّاسُ فَـَٔاوَىٰكُمْ وَأَيَّدَكُم بِنَصْرِهِۦ وَرَزَقَكُم مِّنَ ٱلطَّيِّبَٰتِ لَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ
Аша дагадаийтал шаьш, кIезиг а хилла, лаьттахь заьIап хилар‚ шаьш наха схьалецарна кхоьруш. ТIаккха Цо тIелецира шу‚ Шен гIоьнца чIагIдира шу‚ цIенчух рицкъа делира шуна, – шу хила мегара баркалла олуш.
8:27يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ لَا تَخُونُوا۟ ٱللَّهَ وَٱلرَّسُولَ وَتَخُونُوٓا۟ أَمَٰنَٰتِكُمْ وَأَنتُمْ تَعْلَمُونَ
ХIай иман диллинарш! Аша тешнабехк ма белаш Далла а‚ элчанна а‚ аша тешнабехк ма белаш шайга хиллачу тешамна (декхар делахь а‚ я кхин хIума далахь а), шаьш хууш долуш.
8:28وَٱعْلَمُوٓا۟ أَنَّمَآ أَمْوَٰلُكُمْ وَأَوْلَٰدُكُمْ فِتْنَةٌۭ وَأَنَّ ٱللَّهَ عِندَهُۥٓ أَجْرٌ عَظِيمٌۭ
Шуна хаалаш, шун даьхний а (бахам)‚ шун доьзалш а питана дуй‚ баккъалла а, Дела Шегахь йоккха ял йолуш вуйла.
8:29يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوٓا۟ إِن تَتَّقُوا۟ ٱللَّهَ يَجْعَل لَّكُمْ فُرْقَانًۭا وَيُكَفِّرْ عَنكُمْ سَيِّـَٔاتِكُمْ وَيَغْفِرْ لَكُمْ ۗ وَٱللَّهُ ذُو ٱلْفَضْلِ ٱلْعَظِيمِ
ХIай иман диллинарш! Шу Делах кхерахь‚ Цо кхетам бийр бу шуна (довзуьйтур ду бакъдерг‚ харцдерг)‚ шун къинойх цIандийр ду шу‚ шуна гечдийр ду Цо, – и Дела йокха комаьршалла йолуш ву.
8:30وَإِذْ يَمْكُرُ بِكَ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ لِيُثْبِتُوكَ أَوْ يَقْتُلُوكَ أَوْ يُخْرِجُوكَ ۚ وَيَمْكُرُونَ وَيَمْكُرُ ٱللَّهُ ۖ وَٱللَّهُ خَيْرُ ٱلْمَٰكِرِينَ
Хьуна мекарло ма йора цатешачара хьо лаца‚ я вен‚ я хьо араваккха (Макка чуьра). Мекарло йо цара, – Дала а йо мекарло /церан мекарло йохош/. И Дела /мекарлонна дуьхьал/ мекарло ечарех диканиг ву.
8:31وَإِذَا تُتْلَىٰ عَلَيْهِمْ ءَايَٰتُنَا قَالُوا۟ قَدْ سَمِعْنَا لَوْ نَشَآءُ لَقُلْنَا مِثْلَ هَٰذَآ ۙ إِنْ هَٰذَآ إِلَّآ أَسَٰطِيرُ ٱلْأَوَّلِينَ
Шайна тIехь Тхан аяташ дешча, цара олу: "Хезна тхуна‚ тхайна лиъча цунах тераниг оха а эр дара‚ уьш-м хьалхалерачийн туьйранаш дара".
8:32وَإِذْ قَالُوا۟ ٱللَّهُمَّ إِن كَانَ هَٰذَا هُوَ ٱلْحَقَّ مِنْ عِندِكَ فَأَمْطِرْ عَلَيْنَا حِجَارَةًۭ مِّنَ ٱلسَّمَآءِ أَوِ ٱئْتِنَا بِعَذَابٍ أَلِيمٍۢ
Цара ма элира (дагадаийтал, хIай элча): "Везан Дела‚ хIара хиллехь Хьан гергара бакъдерг‚ догIанца кхерий (тIулгаш) делхийта тхуна стиглара‚ я лазош долу Iазап даийта тхуна".
8:33وَمَا كَانَ ٱللَّهُ لِيُعَذِّبَهُمْ وَأَنتَ فِيهِمْ ۚ وَمَا كَانَ ٱللَّهُ مُعَذِّبَهُمْ وَهُمْ يَسْتَغْفِرُونَ
Дела ца хилира царна Iазап деш хьо царна юккъехь волуш. Ца хилира Дела царна Iазап деш верг, уьш шайна гечдар доьхуш болуш.
8:34وَمَا لَهُمْ أَلَّا يُعَذِّبَهُمُ ٱللَّهُ وَهُمْ يَصُدُّونَ عَنِ ٱلْمَسْجِدِ ٱلْحَرَامِ وَمَا كَانُوٓا۟ أَوْلِيَآءَهُۥٓ ۚ إِنْ أَوْلِيَآؤُهُۥٓ إِلَّا ٱلْمُتَّقُونَ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَعْلَمُونَ
Дала Iазап хIунда ца до царна, уьш Хьарам-маьждиге (нах) ца буьтуш хилча. Уьш ца хилла цунна доьналла деш берш. Цуьнан доьналлина хьакъ берш беккъа (Делах) кхоьрурш бу‚ делахь а царех дукхачарна а ца хаьа-кх.
8:35وَمَا كَانَ صَلَاتُهُمْ عِندَ ٱلْبَيْتِ إِلَّا مُكَآءًۭ وَتَصْدِيَةًۭ ۚ فَذُوقُوا۟ ٱلْعَذَابَ بِمَا كُنتُمْ تَكْفُرُونَ
Церан ламаз (КаIбан) цIийнан хьалхахь ма ца хилира, шок еттар а‚ тIараш деттар а бен. /Царна жоп дац/ "Iовша шайна Iазап, шаьш цахиларна тешаш" /алар бен/.
8:36إِنَّ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ يُنفِقُونَ أَمْوَٰلَهُمْ لِيَصُدُّوا۟ عَن سَبِيلِ ٱللَّهِ ۚ فَسَيُنفِقُونَهَا ثُمَّ تَكُونُ عَلَيْهِمْ حَسْرَةًۭ ثُمَّ يُغْلَبُونَ ۗ وَٱلَّذِينَ كَفَرُوٓا۟ إِلَىٰ جَهَنَّمَ يُحْشَرُونَ
Баккъалла а, цатешачара шайн даьхний дойу Делан новкъах (нах дIатилабан). ТIаьхьа дойур ду цара уьш‚ тIаккха и царна тIехь бала хир бу‚ тIаккха уьш эшор бу. Цатешаш берш жоьжахате гулбийр бу
8:37لِيَمِيزَ ٱللَّهُ ٱلْخَبِيثَ مِنَ ٱلطَّيِّبِ وَيَجْعَلَ ٱلْخَبِيثَ بَعْضَهُۥ عَلَىٰ بَعْضٍۢ فَيَرْكُمَهُۥ جَمِيعًۭا فَيَجْعَلَهُۥ فِى جَهَنَّمَ ۚ أُو۟لَٰٓئِكَ هُمُ ٱلْخَٰسِرُونَ
Дала къасторхьама боьханиг цIеначух‚ боьханиг боьхачунна тIедиллархьама‚ тIаккха царех массарех барз бархьама‚ тIаккха и жоьжахатехь хилийтархьама. Уьш бу-кх эшнарш.
8:38قُل لِّلَّذِينَ كَفَرُوٓا۟ إِن يَنتَهُوا۟ يُغْفَرْ لَهُم مَّا قَدْ سَلَفَ وَإِن يَعُودُوا۟ فَقَدْ مَضَتْ سُنَّتُ ٱلْأَوَّلِينَ
Ахьа ала цатешачаьрга: "Уьш совцахь, царна гечдийр ду хьалха дахнарг‚ уьш юха а буьйлалахь (бусулбанашца тIом бан) – хьалхалерачарна хилларг хир ду (хIаллакбийр бу).
8:39وَقَٰتِلُوهُمْ حَتَّىٰ لَا تَكُونَ فِتْنَةٌۭ وَيَكُونَ ٱلدِّينُ كُلُّهُۥ لِلَّهِ ۚ فَإِنِ ٱنتَهَوْا۟ فَإِنَّ ٱللَّهَ بِمَا يَعْمَلُونَ بَصِيرٌۭ
ТIом бе цаьрца питана ца хилийта‚ дерриге дин Далла хилийта. ТIаккха уьш совцахь (маслаIате беана – совца шу а), – баккъалла а, Дела цара дийриг гуш ву.
8:40وَإِن تَوَلَّوْا۟ فَٱعْلَمُوٓا۟ أَنَّ ٱللَّهَ مَوْلَىٰكُمْ ۚ نِعْمَ ٱلْمَوْلَىٰ وَنِعْمَ ٱلنَّصِيرُ
Уьш дIаберзахь (маслаIате ца богIуш)‚ шуна хаалаш, Дела вуйла шуна гIоьнча (тIаккха тIом бе аша) – дика гIоьнча ву‚ дика толам луш верг ву Иза.