بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца.
Juz 1 of 30 · 148 ayahs
Juz 1, known as Para 1 “Alif Lam Meem” (الم), runs from Surah Al-Fatihah 1:1 to Surah Al-Baqarah 2:141. Read the full para online in Arabic with Chechen translation and audio.
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца.
ٱلْحَمْدُ لِلَّهِ رَبِّ ٱلْعَٰلَمِينَ
Хастам бу Далла – Iаламийн Дена.
ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ
Ша сов къинхетаме‚ къинхетаме волчу.
مَٰلِكِ يَوْمِ ٱلدِّينِ
Шен долахь бекхаман де долчу.
إِيَّاكَ نَعْبُدُ وَإِيَّاكَ نَسْتَعِينُ
Хьуна Iибадат до оха‚ Хьоьга гIо а доьху.
ٱهْدِنَا ٱلصِّرَٰطَ ٱلْمُسْتَقِيمَ
Нисде Ахь тхо нийсачу новкъа.
صِرَٰطَ ٱلَّذِينَ أَنْعَمْتَ عَلَيْهِمْ غَيْرِ ٱلْمَغْضُوبِ عَلَيْهِمْ وَلَا ٱلضَّآلِّينَ
Ахь шайна ниIмат деллачеран новкъа. Хьо шайна оьгIаз ца ваханчеран а‚ тила ца беллачеран а новкъа. /Амин/.
الٓمٓ
Алиф-лам-мим.
ذَٰلِكَ ٱلْكِتَٰبُ لَا رَيْبَ ۛ فِيهِ ۛ هُدًۭى لِّلْمُتَّقِينَ
ХIара жайна – цу чохь шеко яц – нийса некъ бу /Делах/ кхоьруш болчарна.
ٱلَّذِينَ يُؤْمِنُونَ بِٱلْغَيْبِ وَيُقِيمُونَ ٱلصَّلَوٰةَ وَمِمَّا رَزَقْنَٰهُمْ يُنفِقُونَ
Ишттанаш бу уьш тешаш къайленах /гуш доцчу хIуманех – ялсамани, жоьжахати, сур-тIай и. дI. кх./‚ хIуьттуш ламазна. Оха шайна деллачу рицкъанна тIера сагIа луш.
وَٱلَّذِينَ يُؤْمِنُونَ بِمَآ أُنزِلَ إِلَيْكَ وَمَآ أُنزِلَ مِن قَبْلِكَ وَبِٱلْءَاخِرَةِ هُمْ يُوقِنُونَ
Ишттанаш а бу уьш – тешаш хьоьга доссийначух а‚ хьол хьалха доссийначух /КъурIанах‚ Товратах‚ Инжилах‚ и. дI. кх./ а‚ эхартах уьш кхоьруш а бу.
أُو۟لَٰٓئِكَ عَلَىٰ هُدًۭى مِّن رَّبِّهِمْ ۖ وَأُو۟لَٰٓئِكَ هُمُ ٱلْمُفْلِحُونَ
Уьш бу шайн Делера нийсачу новкахь‚ уьш бу баккхийбийраш.
إِنَّ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ سَوَآءٌ عَلَيْهِمْ ءَأَنذَرْتَهُمْ أَمْ لَمْ تُنذِرْهُمْ لَا يُؤْمِنُونَ
Баккъалла а. ца тешаш берш – царна бен дац ахьа шайна кхерам тесча а‚ ца тесча а‚ – уьш тешар бац.
خَتَمَ ٱللَّهُ عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ وَعَلَىٰ سَمْعِهِمْ ۖ وَعَلَىٰٓ أَبْصَٰرِهِمْ غِشَٰوَةٌۭ ۖ وَلَهُمْ عَذَابٌ عَظِيمٌۭ
Церан дегнаш а‚ лергаш а мухIар тоьхна дIакъевлина‚ церан бIаьргашна дуьхьал кирхьа ду‚ – царна хир ду доккха Iазап.
وَمِنَ ٱلنَّاسِ مَن يَقُولُ ءَامَنَّا بِٱللَّهِ وَبِٱلْيَوْمِ ٱلْءَاخِرِ وَمَا هُم بِمُؤْمِنِينَ
Нахах бу цхьаберш‚ шаьш олуш: "Тешна тхо Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а"‚ – уьш ма бац тешаш.
يُخَٰدِعُونَ ٱللَّهَ وَٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَمَا يَخْدَعُونَ إِلَّآ أَنفُسَهُمْ وَمَا يَشْعُرُونَ
Iехо гIерта уьш Дела а‚ иман диллинарш а‚ амма цара-м ца Iехабо шаьш бен‚ – /и/ ца хаало-кх царна.
فِى قُلُوبِهِم مَّرَضٌۭ فَزَادَهُمُ ٱللَّهُ مَرَضًۭا ۖ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌۢ بِمَا كَانُوا۟ يَكْذِبُونَ
Церан дегнашкахь цамгар ю‚ Дала алсам яьккхи и цамгарца‚ царна ма ду лазош долу Iазап‚ шаьш хиларна харц луьйш.
وَإِذَا قِيلَ لَهُمْ لَا تُفْسِدُوا۟ فِى ٱلْأَرْضِ قَالُوٓا۟ إِنَّمَا نَحْنُ مُصْلِحُونَ
Цаьрга аьлча: "Ма леладе лаьтта тIехь телхина дерг"‚ – цара олу: "Тхо-м дика дерг лелош ма ду!"
أَلَآ إِنَّهُمْ هُمُ ٱلْمُفْسِدُونَ وَلَٰكِن لَّا يَشْعُرُونَ
Уьш бац‚ ткъа‚ телхинарш? Мухха делахь а‚ хаа ца ло-кх царна.
وَإِذَا قِيلَ لَهُمْ ءَامِنُوا۟ كَمَآ ءَامَنَ ٱلنَّاسُ قَالُوٓا۟ أَنُؤْمِنُ كَمَآ ءَامَنَ ٱلسُّفَهَآءُ ۗ أَلَآ إِنَّهُمْ هُمُ ٱلسُّفَهَآءُ وَلَٰكِن لَّا يَعْلَمُونَ
Цаьрга аьлча: "Тешийша‚ нах ма тешна"‚ – цара олу: "Тхо тешар ду‚ ткъа‚ Iовдалш санна?" Баккъалла а. уьш бац‚ ткъа‚ Iовдалш? Амма ца хаьа-кх царна.
وَإِذَا لَقُوا۟ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ قَالُوٓا۟ ءَامَنَّا وَإِذَا خَلَوْا۟ إِلَىٰ شَيَٰطِينِهِمْ قَالُوٓا۟ إِنَّا مَعَكُمْ إِنَّمَا نَحْنُ مُسْتَهْزِءُونَ
Иман диллинчаьрца цхьаьнакхетча‚ цара олу: "Тхо тешна". Шайн шайтIанашца цьаьнабисча‚ цара олу: "Баккъалла а. тхо шуьца ма ду‚ тхо-м уьш /иман диллинарш/ хьийзош дарий".
ٱللَّهُ يَسْتَهْزِئُ بِهِمْ وَيَمُدُّهُمْ فِى طُغْيَٰنِهِمْ يَعْمَهُونَ
Дала хьийзор бу уьш‚ бахбийр бу уьш шайн тиларчохь‚ дIай-схьай уьдуш.
أُو۟لَٰٓئِكَ ٱلَّذِينَ ٱشْتَرَوُا۟ ٱلضَّلَٰلَةَ بِٱلْهُدَىٰ فَمَا رَبِحَت تِّجَٰرَتُهُمْ وَمَا كَانُوا۟ مُهْتَدِينَ
Уьш бу нийсачу новкъах тилар эцнарш‚ ма са ца хили-кх церан йохка-эцарх‚ уьш ца хили-кх нийсачу новкъахь.
مَثَلُهُمْ كَمَثَلِ ٱلَّذِى ٱسْتَوْقَدَ نَارًۭا فَلَمَّآ أَضَآءَتْ مَا حَوْلَهُۥ ذَهَبَ ٱللَّهُ بِنُورِهِمْ وَتَرَكَهُمْ فِى ظُلُمَٰتٍۢ لَّا يُبْصِرُونَ
Уьш тера бу‚ цIе а латийна‚ тIаккха цо шена гонаха дерг серладаьккхича‚ Дала шайн нур дIа а даьхьна‚ боданехь бисинчарех‚ шайна ган а ца гуш.
صُمٌّۢ بُكْمٌ عُمْىٌۭ فَهُمْ لَا يَرْجِعُونَ
Къора‚ мотт а ца хууш‚ бIаьрса доцуш – уьш буха ца боьрзу-кх /Далла тIе/.
أَوْ كَصَيِّبٍۢ مِّنَ ٱلسَّمَآءِ فِيهِ ظُلُمَٰتٌۭ وَرَعْدٌۭ وَبَرْقٌۭ يَجْعَلُونَ أَصَٰبِعَهُمْ فِىٓ ءَاذَانِهِم مِّنَ ٱلصَّوَٰعِقِ حَذَرَ ٱلْمَوْتِ ۚ وَٱللَّهُ مُحِيطٌۢ بِٱلْكَٰفِرِينَ
Я стигларчу догIанан мархах тера‚ шена чохь бода‚ къовкъар‚ ткъес тухуш – цара лергашчу пIелгаш духку‚ ткъес тоьхна баларх ларлуш. И Дела ма ву гуо бийр болуш цатешачарех.
يَكَادُ ٱلْبَرْقُ يَخْطَفُ أَبْصَٰرَهُمْ ۖ كُلَّمَآ أَضَآءَ لَهُم مَّشَوْا۟ فِيهِ وَإِذَآ أَظْلَمَ عَلَيْهِمْ قَامُوا۟ ۚ وَلَوْ شَآءَ ٱللَّهُ لَذَهَبَ بِسَمْعِهِمْ وَأَبْصَٰرِهِمْ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَىْءٍۢ قَدِيرٌۭ
Ткъес герга ду церан бIаьрса дIадайа‚ шайна серла ма яьллинехь‚ дIабоьлху уьш цу чохь /серлонгахь/‚ шайна Iарж ма еллинехь‚ совцу. Далла лиънехьара‚ хазар а‚ бIаьрса а дIахьур дара церан: Дела массо хIуманна а ницкъ кхочуш ма ву.
يَٰٓأَيُّهَا ٱلنَّاسُ ٱعْبُدُوا۟ رَبَّكُمُ ٱلَّذِى خَلَقَكُمْ وَٱلَّذِينَ مِن قَبْلِكُمْ لَعَلَّكُمْ تَتَّقُونَ
ХIай нах! Шайн Кхиош-кхобуш волчунна Iибадат де‚ И ву шу а‚ шул хьалха хилла берш а кхоьллинарг‚ шу хила мегара /Делах/ кхоьруш.
ٱلَّذِى جَعَلَ لَكُمُ ٱلْأَرْضَ فِرَٰشًۭا وَٱلسَّمَآءَ بِنَآءًۭ وَأَنزَلَ مِنَ ٱلسَّمَآءِ مَآءًۭ فَأَخْرَجَ بِهِۦ مِنَ ٱلثَّمَرَٰتِ رِزْقًۭا لَّكُمْ ۖ فَلَا تَجْعَلُوا۟ لِلَّهِ أَندَادًۭا وَأَنتُمْ تَعْلَمُونَ
И ву шуна латтанах мотт бина‚ стигланах гIирс бина‚ стиглара хи даийтина‚ цуьнца стоьмийх шуна рицкъ хилитийна. Ма нисве Делаца цхьа а‚ шайна хуъушехь.
وَإِن كُنتُمْ فِى رَيْبٍۢ مِّمَّا نَزَّلْنَا عَلَىٰ عَبْدِنَا فَأْتُوا۟ بِسُورَةٍۢ مِّن مِّثْلِهِۦ وَٱدْعُوا۟ شُهَدَآءَكُم مِّن دُونِ ٱللَّهِ إِن كُنتُمْ صَٰدِقِينَ
Шу шеконехь делахь‚ Оха Тхан лайга /Мухьаммад пайхамаре/ доссош хиллачух даладе цхьа сурат‚ цуьнга терра‚ кхайкха шайн тешаш‚ Дела воцург‚ шаьш бакълуьйш делахь.
فَإِن لَّمْ تَفْعَلُوا۟ وَلَن تَفْعَلُوا۟ فَٱتَّقُوا۟ ٱلنَّارَ ٱلَّتِى وَقُودُهَا ٱلنَّاسُ وَٱلْحِجَارَةُ ۖ أُعِدَّتْ لِلْكَٰفِرِينَ
Аша и ца дахь‚– аша и дийр ма дац – шу кхера цIерах‚ ша нах а‚ тIулгаш а дагор долчу‚ ша кечйина хилла йолчу цатешачарна.
وَبَشِّرِ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ أَنَّ لَهُمْ جَنَّٰتٍۢ تَجْرِى مِن تَحْتِهَا ٱلْأَنْهَٰرُ ۖ كُلَّمَا رُزِقُوا۟ مِنْهَا مِن ثَمَرَةٍۢ رِّزْقًۭا ۙ قَالُوا۟ هَٰذَا ٱلَّذِى رُزِقْنَا مِن قَبْلُ ۖ وَأُتُوا۟ بِهِۦ مُتَشَٰبِهًۭا ۖ وَلَهُمْ فِيهَآ أَزْوَٰجٌۭ مُّطَهَّرَةٌۭ ۖ وَهُمْ فِيهَا خَٰلِدُونَ
Ахьа /хIай Мухьаммад/ кхаъ баккха иман диллинчаьрга а‚ дика Iамалш йиначаьрга а царна бошмаш хилар /ялсаманин/‚ бухахула оьхуш хин татолаш а долуш. Шайна цу чуьра стоьмийх рицкъа мел дели‚ цара олу: "ХIара ду хьалха а вайна делла хилла долу рицкъа" – царна деллера цу чохь цунах тераниг. Царна цу чохь цIена зударий а хир бу‚ уьш цу чохь гуттар а лаьттар бу.
۞ إِنَّ ٱللَّهَ لَا يَسْتَحْىِۦٓ أَن يَضْرِبَ مَثَلًۭا مَّا بَعُوضَةًۭ فَمَا فَوْقَهَا ۚ فَأَمَّا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ فَيَعْلَمُونَ أَنَّهُ ٱلْحَقُّ مِن رَّبِّهِمْ ۖ وَأَمَّا ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ فَيَقُولُونَ مَاذَآ أَرَادَ ٱللَّهُ بِهَٰذَا مَثَلًۭا ۘ يُضِلُّ بِهِۦ كَثِيرًۭا وَيَهْدِى بِهِۦ كَثِيرًۭا ۚ وَمَا يُضِلُّ بِهِۦٓ إِلَّا ٱلْفَٰسِقِينَ
Ма-дарра аьлча‚ Дела ийза ца ло масал даладан чуьрккал хIуманах а‚ цул лакхарчех а. Иман диллинчарна хаьа и шайна Делера бакъдерг дуйла‚ ткъа цатешачара олу: "ХIун лиъна-те Далла цу масалца?" Цо тилабо цуьнца дукханаш‚ Цо нисбо цуьнца дукханаш. Цуьнца тила-м ца бо Цо песакх берш бен.
ٱلَّذِينَ يَنقُضُونَ عَهْدَ ٱللَّهِ مِنۢ بَعْدِ مِيثَٰقِهِۦ وَيَقْطَعُونَ مَآ أَمَرَ ٱللَّهُ بِهِۦٓ أَن يُوصَلَ وَيُفْسِدُونَ فِى ٱلْأَرْضِ ۚ أُو۟لَٰٓئِكَ هُمُ ٱلْخَٰسِرُونَ
Уьш ма бу йохош Делаца хилла ваIда‚ барт хиллачул тIаьхьа‚ цара доькъу Дала хотта аьлла омра динарг‚ лела ма до лаьтта тIехь телхина хIуманаш‚ – уьш ма бу эшнарш.
كَيْفَ تَكْفُرُونَ بِٱللَّهِ وَكُنتُمْ أَمْوَٰتًۭا فَأَحْيَٰكُمْ ۖ ثُمَّ يُمِيتُكُمْ ثُمَّ يُحْيِيكُمْ ثُمَّ إِلَيْهِ تُرْجَعُونَ
Шу муха ца теша Делах: шу ма дарий делла‚ тIаккха Цо шу ден ма дира? Юха Цо долуьйтур ду шу‚ юха а дендийр ду‚ тIаккха Цунна тIе дIадуьгур ду шу.
هُوَ ٱلَّذِى خَلَقَ لَكُم مَّا فِى ٱلْأَرْضِ جَمِيعًۭا ثُمَّ ٱسْتَوَىٰٓ إِلَى ٱلسَّمَآءِ فَسَوَّىٰهُنَّ سَبْعَ سَمَٰوَٰتٍۢ ۚ وَهُوَ بِكُلِّ شَىْءٍ عَلِيمٌۭ
Иза ву лаьтта тIехь мел дерг шуна кхоьллинарг‚ тIаккха тIевирзира стигланна – Цо дIанисйира и ворхI стигал йина‚ – И массо хIума Ша хууш ма ву.
وَإِذْ قَالَ رَبُّكَ لِلْمَلَٰٓئِكَةِ إِنِّى جَاعِلٌۭ فِى ٱلْأَرْضِ خَلِيفَةًۭ ۖ قَالُوٓا۟ أَتَجْعَلُ فِيهَا مَن يُفْسِدُ فِيهَا وَيَسْفِكُ ٱلدِّمَآءَ وَنَحْنُ نُسَبِّحُ بِحَمْدِكَ وَنُقَدِّسُ لَكَ ۖ قَالَ إِنِّىٓ أَعْلَمُ مَا لَا تَعْلَمُونَ
Хьан Кхиош-кхобуш волчо аьллера маликашка: "Со воллу лаьтта тIехь эла ван". Цара элира: "Ахьа кхуллу‚ ткъа‚ цу тIехь боьханиг дийрдерг а‚ цIий Iенордерг а‚ оха бийр бара Хьуна хастам а‚ вазвийр а ма вара Хьо". Цо элира: "Со хууш ма ву шуна ца хуург а".
وَعَلَّمَ ءَادَمَ ٱلْأَسْمَآءَ كُلَّهَا ثُمَّ عَرَضَهُمْ عَلَى ٱلْمَلَٰٓئِكَةِ فَقَالَ أَنۢبِـُٔونِى بِأَسْمَآءِ هَٰٓؤُلَآءِ إِن كُنتُمْ صَٰدِقِينَ
Цо Iамийра Адамна массо хIуманийн цIераш‚ тIаккха гайтира уьш маликашка‚ элира: "Йийца Суна церан цIераш‚ шаьш хиллехь бакълуьйш".
قَالُوا۟ سُبْحَٰنَكَ لَا عِلْمَ لَنَآ إِلَّا مَا عَلَّمْتَنَآ ۖ إِنَّكَ أَنتَ ٱلْعَلِيمُ ٱلْحَكِيمُ
Цара элира: "Вонах цIена ву Хьо‚ ма дац-кха тхуна Iилма‚ Ахь тхуна Iамийнарг бен. Хьо ву-кх хууш верг а‚ хьекъале верг а".
قَالَ يَٰٓـَٔادَمُ أَنۢبِئْهُم بِأَسْمَآئِهِمْ ۖ فَلَمَّآ أَنۢبَأَهُم بِأَسْمَآئِهِمْ قَالَ أَلَمْ أَقُل لَّكُمْ إِنِّىٓ أَعْلَمُ غَيْبَ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ وَأَعْلَمُ مَا تُبْدُونَ وَمَا كُنتُمْ تَكْتُمُونَ
/Дала/ элира: "ХIай‚ Адам‚ ахь йийцал цаьрга церан цIераш". ТIаккха цо цаьрга церан цIераш йийцича‚ элира /Дала/: "Аса шуьга ца аьллера‚ ткъа‚ Со хууш ву стигланийн а‚ лаьттан а къайле‚ Со хууш ву аша гучудоккхуриг а‚ аша хьулдеш хилларг а".
وَإِذْ قُلْنَا لِلْمَلَٰٓئِكَةِ ٱسْجُدُوا۟ لِءَادَمَ فَسَجَدُوٓا۟ إِلَّآ إِبْلِيسَ أَبَىٰ وَٱسْتَكْبَرَ وَكَانَ مِنَ ٱلْكَٰفِرِينَ
Оха аьллера маликашка: "Сужд де Адамна". ТIаккха цара сужд дира‚ иблис диссалц‚ и дуьхьала делира‚ цо куралла йира‚ – и хиллера цатешачарех.
وَقُلْنَا يَٰٓـَٔادَمُ ٱسْكُنْ أَنتَ وَزَوْجُكَ ٱلْجَنَّةَ وَكُلَا مِنْهَا رَغَدًا حَيْثُ شِئْتُمَا وَلَا تَقْرَبَا هَٰذِهِ ٱلشَّجَرَةَ فَتَكُونَا مِنَ ٱلظَّٰلِمِينَ
Оха элира: "ХIай‚ Адам‚ ваха хьо а‚ хьан зуда а /ялсаманин/ бешахь‚ даа цунах шортта шайна луург‚ амма шу герга ма гIолаш хIокху диттана – тIаккха шу хир ду шуна зулам динчарех".
فَأَزَلَّهُمَا ٱلشَّيْطَٰنُ عَنْهَا فَأَخْرَجَهُمَا مِمَّا كَانَا فِيهِ ۖ وَقُلْنَا ٱهْبِطُوا۟ بَعْضُكُمْ لِبَعْضٍ عَدُوٌّۭ ۖ وَلَكُمْ فِى ٱلْأَرْضِ مُسْتَقَرٌّۭ وَمَتَٰعٌ إِلَىٰ حِينٍۢ
ТIаккха и шиъ дIашаршийра шайтIано цунах /ялсаманех/‚ арабехира уьш шаьш хиллачуьра. Оха элира: "Охьадисса‚ цхьаберш вукхарна мостагIий а хилла‚ шуна лаьттахь хIоттам а‚ цхьа хан тIекхаччалц бахам а хир бу".
فَتَلَقَّىٰٓ ءَادَمُ مِن رَّبِّهِۦ كَلِمَٰتٍۢ فَتَابَ عَلَيْهِ ۚ إِنَّهُۥ هُوَ ٱلتَّوَّابُ ٱلرَّحِيمُ
Адама Iамийра шен Кхиош-кхобучуьнгара дешнаш‚ Цо цунна гечдира‚ баккъалла а‚ И ву гечдеш а‚ къинхетаме а.
قُلْنَا ٱهْبِطُوا۟ مِنْهَا جَمِيعًۭا ۖ فَإِمَّا يَأْتِيَنَّكُم مِّنِّى هُدًۭى فَمَن تَبِعَ هُدَاىَ فَلَا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ
Оха элира: "Охьадисса цигара /ялсаманера/ массо а. Соьгара нийса некъ ца кхочуш буьсур бац шуьга. Сан некъана тIаьхьа хIоьттинарг – царна кхерам а хир ма бац‚ сингаттаме а хир бац уьш.
وَٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ وَكَذَّبُوا۟ بِـَٔايَٰتِنَآ أُو۟لَٰٓئِكَ أَصْحَٰبُ ٱلنَّارِ ۖ هُمْ فِيهَا خَٰلِدُونَ
Цатешаш берш а‚ Тхан аяташ харц дийраш а – уьш ма бу /жоьжахатин/ цIеран дай‚ уьш цу чохь гуттар а лаьттар ма бу".
يَٰبَنِىٓ إِسْرَٰٓءِيلَ ٱذْكُرُوا۟ نِعْمَتِىَ ٱلَّتِىٓ أَنْعَمْتُ عَلَيْكُمْ وَأَوْفُوا۟ بِعَهْدِىٓ أُوفِ بِعَهْدِكُمْ وَإِيَّٰىَ فَٱرْهَبُونِ
ХIай‚ Исраилан кIентий‚ Аша дагадаийта Сан ниIмат‚ Аса шуна делла хилла долу‚ аша кхочушъе Соьца хилла ваIда‚ Аса кхочушйийр ю шуьца хилла ваIда‚ Сох кхералаш.
وَءَامِنُوا۟ بِمَآ أَنزَلْتُ مُصَدِّقًۭا لِّمَا مَعَكُمْ وَلَا تَكُونُوٓا۟ أَوَّلَ كَافِرٍۭ بِهِۦ ۖ وَلَا تَشْتَرُوا۟ بِـَٔايَٰتِى ثَمَنًۭا قَلِيلًۭا وَإِيَّٰىَ فَٱتَّقُونِ
Шу тешалаш Аса охьадоссийначух /КъурIанах/‚ шуьгахь долчуьнца нийса догIуш а долчу‚ – шу ма хила цунах дуьххьарлера цатешарш. Сан аяташца кIеззиг болу мах ма эца‚ Сох кхералаш.
وَلَا تَلْبِسُوا۟ ٱلْحَقَّ بِٱلْبَٰطِلِ وَتَكْتُمُوا۟ ٱلْحَقَّ وَأَنتُمْ تَعْلَمُونَ
Ма кегаде бакъдерг харц долчуьнца аша‚ бакъдерг хьул ма де‚ шайна хуьушехь (Товрата чохь долу Мухьаммада сипат).
وَأَقِيمُوا۟ ٱلصَّلَوٰةَ وَءَاتُوا۟ ٱلزَّكَوٰةَ وَٱرْكَعُوا۟ مَعَ ٱلرَّٰكِعِينَ
Ламаз хIоттаде‚ ло закат‚суждане гIо сужда дечаьрца.
۞ أَتَأْمُرُونَ ٱلنَّاسَ بِٱلْبِرِّ وَتَنسَوْنَ أَنفُسَكُمْ وَأَنتُمْ تَتْلُونَ ٱلْكِتَٰبَ ۚ أَفَلَا تَعْقِلُونَ
Аша омра до нахана диканиг? Ткъа дицдеш ма ду шайн догIмаш‚ шу ма ду жайна доьшуш – шу хьекъале ца хуьлу?
وَٱسْتَعِينُوا۟ بِٱلصَّبْرِ وَٱلصَّلَوٰةِ ۚ وَإِنَّهَا لَكَبِيرَةٌ إِلَّا عَلَى ٱلْخَٰشِعِينَ
Аша гIо лаха собарца а‚ ламазца а. Иза кхочушдалур долуш дац /Далла/ муьтIахь болчаьрга а бен.
ٱلَّذِينَ يَظُنُّونَ أَنَّهُم مُّلَٰقُوا۟ رَبِّهِمْ وَأَنَّهُمْ إِلَيْهِ رَٰجِعُونَ
Уьш бу шаьш тешаш шайн Кхиош-кхобуш волчуьнца шаьш цхьанакхетарг хиларх‚ шаьш Цунна тIе дIадуьгург хиларх.
يَٰبَنِىٓ إِسْرَٰٓءِيلَ ٱذْكُرُوا۟ نِعْمَتِىَ ٱلَّتِىٓ أَنْعَمْتُ عَلَيْكُمْ وَأَنِّى فَضَّلْتُكُمْ عَلَى ٱلْعَٰلَمِينَ
ХIай‚ Исраилан кIентий! Аша дагадаийта Сан ниIмат‚ Аса шуна делла хилла долу – Аса шу даздина хилар Iаламел (шух элчанаш баийтарца, жайнаш доссорца).
وَٱتَّقُوا۟ يَوْمًۭا لَّا تَجْزِى نَفْسٌ عَن نَّفْسٍۢ شَيْـًۭٔا وَلَا يُقْبَلُ مِنْهَا شَفَٰعَةٌۭ وَلَا يُؤْخَذُ مِنْهَا عَدْلٌۭ وَلَا هُمْ يُنصَرُونَ
Шу кхера дийнах‚ шена чохь сино синера цхьана а хIуманца бекхам оьцур боцчу‚ цуьнгара шапаIат къобалдийр доцчу‚ цуьнгара нийсо оьцур йоцчу‚ шайна гIо дийр доцчу.
وَإِذْ نَجَّيْنَٰكُم مِّنْ ءَالِ فِرْعَوْنَ يَسُومُونَكُمْ سُوٓءَ ٱلْعَذَابِ يُذَبِّحُونَ أَبْنَآءَكُمْ وَيَسْتَحْيُونَ نِسَآءَكُمْ ۚ وَفِى ذَٰلِكُم بَلَآءٌۭ مِّن رَّبِّكُمْ عَظِيمٌۭ
Оха хьалхадехира шу ФирIавнан нахах: вон Iазап шуна тIехь хIоттадора цара‚ бойура шун кIентий‚ дийна буьтура шун зударий – цу чохь шун Сийлахь-веза хилла волчу Кхиош-кхобучун зер ду.
وَإِذْ فَرَقْنَا بِكُمُ ٱلْبَحْرَ فَأَنجَيْنَٰكُمْ وَأَغْرَقْنَآ ءَالَ فِرْعَوْنَ وَأَنتُمْ تَنظُرُونَ
Оха шуна хIорд бийкъира – шу хьалхадехира‚ ФирIавнан нах буха бахийтира‚ шу хьоьжуш лаьтташехь.
وَإِذْ وَٰعَدْنَا مُوسَىٰٓ أَرْبَعِينَ لَيْلَةًۭ ثُمَّ ٱتَّخَذْتُمُ ٱلْعِجْلَ مِنۢ بَعْدِهِۦ وَأَنتُمْ ظَٰلِمُونَ
Оха ваIда йира Мусаца шовзткъа буьйсанна‚ тIаккха аша эса дIалецира‚ цул тIаьхьа шу ма хилира зуламхой.
ثُمَّ عَفَوْنَا عَنكُم مِّنۢ بَعْدِ ذَٰلِكَ لَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ
ТIаккха а Оха гечдира шуна цул тIаьхьа‚ аша баркалла ала мегар дацара‚ ткъа?
وَإِذْ ءَاتَيْنَا مُوسَى ٱلْكِتَٰبَ وَٱلْفُرْقَانَ لَعَلَّكُمْ تَهْتَدُونَ
Оха делира Мусага жайна а‚ фуркъан а – шу нийсачу новкъа довла мегар дацара‚ ткъа?
وَإِذْ قَالَ مُوسَىٰ لِقَوْمِهِۦ يَٰقَوْمِ إِنَّكُمْ ظَلَمْتُمْ أَنفُسَكُم بِٱتِّخَاذِكُمُ ٱلْعِجْلَ فَتُوبُوٓا۟ إِلَىٰ بَارِئِكُمْ فَٱقْتُلُوٓا۟ أَنفُسَكُمْ ذَٰلِكُمْ خَيْرٌۭ لَّكُمْ عِندَ بَارِئِكُمْ فَتَابَ عَلَيْكُمْ ۚ إِنَّهُۥ هُوَ ٱلتَّوَّابُ ٱلرَّحِيمُ
Мусас аьллера шен къоме: "ХIай‚ сан къам‚ аша шайна зулам дина‚ аша эса дIалацар бахьанехь. Тоба де шаьш Кхоьллинчуьнга‚ тIаккха шаьш дайа. И дика ду шуна шаьш Кхоьллинчунна хьалха – тIаккха Цо шун тоба къабал дира: баккъалла а, И ма ву тоба къабал дийриг а‚ къинхетам берг а.
وَإِذْ قُلْتُمْ يَٰمُوسَىٰ لَن نُّؤْمِنَ لَكَ حَتَّىٰ نَرَى ٱللَّهَ جَهْرَةًۭ فَأَخَذَتْكُمُ ٱلصَّٰعِقَةُ وَأَنتُمْ تَنظُرُونَ
Аша аьллера: "ХIай‚ Муса‚ тхо тешар ма дац хьох‚ и Дела тхайна къаьстташ ца гахь". ТIаккха шу схьалецира ткъесо‚ шу хьоьжуш лаьтташехь.
ثُمَّ بَعَثْنَٰكُم مِّنۢ بَعْدِ مَوْتِكُمْ لَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ
ТIаккха Оха шу дендира шу деллачул тIаьхьа – шу хила мегар ма дара баркалла олуш.
وَظَلَّلْنَا عَلَيْكُمُ ٱلْغَمَامَ وَأَنزَلْنَا عَلَيْكُمُ ٱلْمَنَّ وَٱلسَّلْوَىٰ ۖ كُلُوا۟ مِن طَيِّبَٰتِ مَا رَزَقْنَٰكُمْ ۖ وَمَا ظَلَمُونَا وَلَٰكِن كَانُوٓا۟ أَنفُسَهُمْ يَظْلِمُونَ
Оха шуна тIехIоттийра марха‚ охьадоссийра шуна манна а‚ салва а – даа шайна цIенадерг‚ Оха шайна деллачу рицкъанах. Тхуна зулам ца дира цара‚ амма уьш хилира шайна зулам деш.
وَإِذْ قُلْنَا ٱدْخُلُوا۟ هَٰذِهِ ٱلْقَرْيَةَ فَكُلُوا۟ مِنْهَا حَيْثُ شِئْتُمْ رَغَدًۭا وَٱدْخُلُوا۟ ٱلْبَابَ سُجَّدًۭا وَقُولُوا۟ حِطَّةٌۭ نَّغْفِرْ لَكُمْ خَطَٰيَٰكُمْ ۚ وَسَنَزِيدُ ٱلْمُحْسِنِينَ
Оха аьллера: "Чу гIо цу юьртана‚ даа цу чуьра шайна луьург шортта‚ неIарехула чудовла сужда деш‚ аша ала: "Гечдар!" – оха гечдийр ду шун гIалаташ‚ тIаккха алсамбохур бу дика дийриш.
فَبَدَّلَ ٱلَّذِينَ ظَلَمُوا۟ قَوْلًا غَيْرَ ٱلَّذِى قِيلَ لَهُمْ فَأَنزَلْنَا عَلَى ٱلَّذِينَ ظَلَمُوا۟ رِجْزًۭا مِّنَ ٱلسَّمَآءِ بِمَا كَانُوا۟ يَفْسُقُونَ
Зулам динчара хийцира дош шайга аьлла доцчуьнца‚ тIаккха зулам динчарна Оха стиглара рижс йоссийра‚ уьш песакъ хиларна.
۞ وَإِذِ ٱسْتَسْقَىٰ مُوسَىٰ لِقَوْمِهِۦ فَقُلْنَا ٱضْرِب بِّعَصَاكَ ٱلْحَجَرَ ۖ فَٱنفَجَرَتْ مِنْهُ ٱثْنَتَا عَشْرَةَ عَيْنًۭا ۖ قَدْ عَلِمَ كُلُّ أُنَاسٍۢ مَّشْرَبَهُمْ ۖ كُلُوا۟ وَٱشْرَبُوا۟ مِن رِّزْقِ ٱللَّهِ وَلَا تَعْثَوْا۟ فِى ٱلْأَرْضِ مُفْسِدِينَ
Ткъа Мусас ма дийхира /Деле/ шен къомана мала хи. ТIаккха Оха элира: "ДIатоха хьайн Iаса тIулгах". ТIаккха цунах даьржира шийтта хьаст. Массо нахана хиира шайн-шайна хи молу меттиг – даа‚ мала Делан рицкъах – ма де лаьтта тIехь боьханиг а, ирчаниг а.
وَإِذْ قُلْتُمْ يَٰمُوسَىٰ لَن نَّصْبِرَ عَلَىٰ طَعَامٍۢ وَٰحِدٍۢ فَٱدْعُ لَنَا رَبَّكَ يُخْرِجْ لَنَا مِمَّا تُنۢبِتُ ٱلْأَرْضُ مِنۢ بَقْلِهَا وَقِثَّآئِهَا وَفُومِهَا وَعَدَسِهَا وَبَصَلِهَا ۖ قَالَ أَتَسْتَبْدِلُونَ ٱلَّذِى هُوَ أَدْنَىٰ بِٱلَّذِى هُوَ خَيْرٌ ۚ ٱهْبِطُوا۟ مِصْرًۭا فَإِنَّ لَكُم مَّا سَأَلْتُمْ ۗ وَضُرِبَتْ عَلَيْهِمُ ٱلذِّلَّةُ وَٱلْمَسْكَنَةُ وَبَآءُو بِغَضَبٍۢ مِّنَ ٱللَّهِ ۗ ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ كَانُوا۟ يَكْفُرُونَ بِـَٔايَٰتِ ٱللَّهِ وَيَقْتُلُونَ ٱلنَّبِيِّۦنَ بِغَيْرِ ٱلْحَقِّ ۗ ذَٰلِكَ بِمَا عَصَوا۟ وَّكَانُوا۟ يَعْتَدُونَ
Аша аьллера: "ХIай‚ Муса‚ оха тоам бийр ма бац цхьана кепара юучух. Хьайн Кхиош-кхобучуьнга деха‚ Цо долийтийла тхуна лаьтта тIехь кхуьуш болчу хасстоьмех‚ дехачу наьрсех‚ саьрмасекхех‚ хьозийн кхоьашех‚ хохах цхьацца хIума. Цо элира: "Ткъа аша хуьйцу гергахь долчух дика дерг? Охьа гIо Мисара‚ шуна хир ду аша дийхинирг". Царна тIетуьйхира сий дайар а‚ мискалла а‚ Делера оьгIазло хилира царна. Иза – уьш Делан аятех ца тешаш хиларна а‚ нийса доцуш пайхамарш бойуш хиларна а ду. Иза – цара дуьхьало ярна а‚ уьш дозанах бовлуш хиларна а ду.
إِنَّ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَٱلَّذِينَ هَادُوا۟ وَٱلنَّصَٰرَىٰ وَٱلصَّٰبِـِٔينَ مَنْ ءَامَنَ بِٱللَّهِ وَٱلْيَوْمِ ٱلْءَاخِرِ وَعَمِلَ صَٰلِحًۭا فَلَهُمْ أَجْرُهُمْ عِندَ رَبِّهِمْ وَلَا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ
Баккъалла а, иман диллинарш а‚ иудейш а‚ насараш а‚ сабейцаш а – Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а тешна‚ дика Iамалш йинарш – царна шайн Кхиош-кхобучун гергахь совгIат ду‚ царна тIехь кхерам хир бац‚ уьш сингаттаме а хир бац.
وَإِذْ أَخَذْنَا مِيثَٰقَكُمْ وَرَفَعْنَا فَوْقَكُمُ ٱلطُّورَ خُذُوا۟ مَآ ءَاتَيْنَٰكُم بِقُوَّةٍۢ وَٱذْكُرُوا۟ مَا فِيهِ لَعَلَّكُمْ تَتَّقُونَ
Оха шуьца барт бира‚ шуна тIехула лам айбира. Схьалаца Оха шайна даийтинарг ницкъаца‚ цу чохь дерг а хьахаде‚ тIаккха шу хила тарло /Делах/ кхоьруш.
ثُمَّ تَوَلَّيْتُم مِّنۢ بَعْدِ ذَٰلِكَ ۖ فَلَوْلَا فَضْلُ ٱللَّهِ عَلَيْكُمْ وَرَحْمَتُهُۥ لَكُنتُم مِّنَ ٱلْخَٰسِرِينَ
ТIаккха‚ цул тIаьхьа‚ шу духадевлира. Делан дозалла а‚ къинхетам а шуна ца хиллехьара – шу хилла хир дара эшначарех.
وَلَقَدْ عَلِمْتُمُ ٱلَّذِينَ ٱعْتَدَوْا۟ مِنكُمْ فِى ٱلسَّبْتِ فَقُلْنَا لَهُمْ كُونُوا۟ قِرَدَةً خَٰسِـِٔينَ
Шуна бевзира шайх шотдийнан бакъо талхийнарш. Оха цаьрга элира: "Хила шух дIасхьалелхош йолу маймалш".
فَجَعَلْنَٰهَا نَكَٰلًۭا لِّمَا بَيْنَ يَدَيْهَا وَمَا خَلْفَهَا وَمَوْعِظَةًۭ لِّلْمُتَّقِينَ
Оха иза хилийтира цу заманна а‚ тIаьхьа йогIур йолчу заманна а масална‚ /Делах/ кхоьручарна хьехамна а.
وَإِذْ قَالَ مُوسَىٰ لِقَوْمِهِۦٓ إِنَّ ٱللَّهَ يَأْمُرُكُمْ أَن تَذْبَحُوا۟ بَقَرَةًۭ ۖ قَالُوٓا۟ أَتَتَّخِذُنَا هُزُوًۭا ۖ قَالَ أَعُوذُ بِٱللَّهِ أَنْ أَكُونَ مِنَ ٱلْجَٰهِلِينَ
Мусас аьллера шен къоме: "Баккъалла а, Дала омра до шуьга аттана урс хьакха‚ аьлла". Цара элира: "Ахьа хьийзор дара тхо?" Цо /Мусас/ элира: "Дала ларвойла со жехIал нахах хиларх".
قَالُوا۟ ٱدْعُ لَنَا رَبَّكَ يُبَيِّن لَّنَا مَا هِىَ ۚ قَالَ إِنَّهُۥ يَقُولُ إِنَّهَا بَقَرَةٌۭ لَّا فَارِضٌۭ وَلَا بِكْرٌ عَوَانٌۢ بَيْنَ ذَٰلِكَ ۖ فَٱفْعَلُوا۟ مَا تُؤْمَرُونَ
Цара элира: "ДIакхайкха хьайн Кхиош-кхобучуьнга‚ билгалбе тхуна и хIун етт бу‚ алий". Цо элира: "Цо /Дала/ боху: "И етт бу‚ къена а боцуш‚ жима а боцуш‚ юкъанаккъара‚ шайга бохург кхочушде".
قَالُوا۟ ٱدْعُ لَنَا رَبَّكَ يُبَيِّن لَّنَا مَا لَوْنُهَا ۚ قَالَ إِنَّهُۥ يَقُولُ إِنَّهَا بَقَرَةٌۭ صَفْرَآءُ فَاقِعٌۭ لَّوْنُهَا تَسُرُّ ٱلنَّٰظِرِينَ
Цара элира: "ДIакхайкха хьайн Кхиош-кхобучуьнга‚ билгалде тхуна‚ бос хIун бу цуьнан‚ алий". Цо элира: "Цо боху: "И етт бу‚ сирла-можачу бесан‚ шега хьоьжурш чIогIа цецбохуш".
قَالُوا۟ ٱدْعُ لَنَا رَبَّكَ يُبَيِّن لَّنَا مَا هِىَ إِنَّ ٱلْبَقَرَ تَشَٰبَهَ عَلَيْنَا وَإِنَّآ إِن شَآءَ ٱللَّهُ لَمُهْتَدُونَ
Цара элира: "ДIакхайкха хьайн Кхиош-кхобучуьнга‚ билгалде тхуна‚ и муха бу‚ алий. Хьелий дерриге вовшашка тера ду тхуна. Тхо‚ Далла лаахь‚ дIанислур долуш ду".
قَالَ إِنَّهُۥ يَقُولُ إِنَّهَا بَقَرَةٌۭ لَّا ذَلُولٌۭ تُثِيرُ ٱلْأَرْضَ وَلَا تَسْقِى ٱلْحَرْثَ مُسَلَّمَةٌۭ لَّا شِيَةَ فِيهَا ۚ قَالُوا۟ ٱلْـَٰٔنَ جِئْتَ بِٱلْحَقِّ ۚ فَذَبَحُوهَا وَمَا كَادُوا۟ يَفْعَلُونَ
Цо элира: "Цо /Дала/ боху: "И етт бу‚ Iамийна бац иза шеца охана дан а‚ я хи кхехьа а‚ Iайбех цIена бу иза‚ чIама боцуш бу иза". Цара элира: "ХIинца деана ахьа бакъдерг". ТIаккха цара цунна урс хьаькхира‚ шаьш герга хиллехь а /и/ ца дан.
وَإِذْ قَتَلْتُمْ نَفْسًۭا فَٱدَّٰرَْٰٔتُمْ فِيهَا ۖ وَٱللَّهُ مُخْرِجٌۭ مَّا كُنتُمْ تَكْتُمُونَ
/Хьахаде цаьрга/: "Аша са ма дийра. Цу тIехь вовшашца девне девлира шу". Дела ма ву Iорадоккхург аша дIахьулдеш дерг.
فَقُلْنَا ٱضْرِبُوهُ بِبَعْضِهَا ۚ كَذَٰلِكَ يُحْىِ ٱللَّهُ ٱلْمَوْتَىٰ وَيُرِيكُمْ ءَايَٰتِهِۦ لَعَلَّكُمْ تَعْقِلُونَ
ТIаккха Оха элира: "Цу докъах тоха аьттан цхьа кийсиг". Иштта денво Дала велларг‚ гойту шуна Шен Iаламаташ‚ шу хилийтархьама кхеташ.
ثُمَّ قَسَتْ قُلُوبُكُم مِّنۢ بَعْدِ ذَٰلِكَ فَهِىَ كَٱلْحِجَارَةِ أَوْ أَشَدُّ قَسْوَةًۭ ۚ وَإِنَّ مِنَ ٱلْحِجَارَةِ لَمَا يَتَفَجَّرُ مِنْهُ ٱلْأَنْهَٰرُ ۚ وَإِنَّ مِنْهَا لَمَا يَشَّقَّقُ فَيَخْرُجُ مِنْهُ ٱلْمَآءُ ۚ وَإِنَّ مِنْهَا لَمَا يَهْبِطُ مِنْ خَشْيَةِ ٱللَّهِ ۗ وَمَا ٱللَّهُ بِغَٰفِلٍ عَمَّا تَعْمَلُونَ
ТIаккха цул тIаьхьа шун дегнаш къиза хилира‚ шаьш тIулг санна я цулла а чIогIа шайн къизаллица. Баккъалла а,‚ тIулгех ду шех /хин/ татолаш долург а‚ цунах ду /дакъошка/ декъалуш дерг‚ тIаккха шех хи долуш. Баккъалла а, цунах ду /охьа/ дужуш дерг‚ Делах кхерарца; ма вац Дела тергам боцуш аша дечунна.
۞ أَفَتَطْمَعُونَ أَن يُؤْمِنُوا۟ لَكُمْ وَقَدْ كَانَ فَرِيقٌۭ مِّنْهُمْ يَسْمَعُونَ كَلَٰمَ ٱللَّهِ ثُمَّ يُحَرِّفُونَهُۥ مِنۢ بَعْدِ مَا عَقَلُوهُ وَهُمْ يَعْلَمُونَ
Шу догдохуш ду цара шайга иман дилларе? Хилла царех цхьа тоба Делера даше ладоьгIуш‚ тIаккха‚ шаьш цунах кхийтинчул тIаьхьа‚ и харцхьадоккхуш‚ шена хуьушехь.
وَإِذَا لَقُوا۟ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ قَالُوٓا۟ ءَامَنَّا وَإِذَا خَلَا بَعْضُهُمْ إِلَىٰ بَعْضٍۢ قَالُوٓا۟ أَتُحَدِّثُونَهُم بِمَا فَتَحَ ٱللَّهُ عَلَيْكُمْ لِيُحَآجُّوكُم بِهِۦ عِندَ رَبِّكُمْ ۚ أَفَلَا تَعْقِلُونَ
Шаьш иман диллинчаьрца цхьана кхетча‚ цара олу: "Иман диллина ду тхо"‚– ткъа шаьш вовшашца бисича олу: "Аша цаьрга дуьйцу‚ ткъа‚ шайна Дала делла дерг цаьрга /бусулбанашка/ цуьнца /и гучудаккхарца/ шайца къийсийта‚ шу хIунда ца хуьлу хьекъале?"
أَوَلَا يَعْلَمُونَ أَنَّ ٱللَّهَ يَعْلَمُ مَا يُسِرُّونَ وَمَا يُعْلِنُونَ
Я царна ца хаьа-те‚ Делана цара хьулдинарг а‚ гучудаьккхинарг а хууш хилар?
وَمِنْهُمْ أُمِّيُّونَ لَا يَعْلَمُونَ ٱلْكِتَٰبَ إِلَّآ أَمَانِىَّ وَإِنْ هُمْ إِلَّا يَظُنُّونَ
Царех бу бодане берш‚ шайна дешар ца хууш‚ беккъа цхьа лаам бен‚ уьш ма бац мотталуш бен.
فَوَيْلٌۭ لِّلَّذِينَ يَكْتُبُونَ ٱلْكِتَٰبَ بِأَيْدِيهِمْ ثُمَّ يَقُولُونَ هَٰذَا مِنْ عِندِ ٱللَّهِ لِيَشْتَرُوا۟ بِهِۦ ثَمَنًۭا قَلِيلًۭا ۖ فَوَيْلٌۭ لَّهُم مِّمَّا كَتَبَتْ أَيْدِيهِمْ وَوَيْلٌۭ لَّهُم مِّمَّا يَكْسِبُونَ
Бала бу /жоьжахатийн Iазап/ шайн куьйгашца жайна яздечарна‚ тIаккха олуш: "ХIара ду Делера"‚– шайна цунах кIеззиг мах эцархьама. ТIаккха бала бу царна шайн куьйгаша яздинчух‚ бала бу царна шаьш карочух.
وَقَالُوا۟ لَن تَمَسَّنَا ٱلنَّارُ إِلَّآ أَيَّامًۭا مَّعْدُودَةًۭ ۚ قُلْ أَتَّخَذْتُمْ عِندَ ٱللَّهِ عَهْدًۭا فَلَن يُخْلِفَ ٱللَّهُ عَهْدَهُۥٓ ۖ أَمْ تَقُولُونَ عَلَى ٱللَّهِ مَا لَا تَعْلَمُونَ
Цара элира: "Тхоьх кхеттане кхетар яц /жоьжахатийн/ цIе‚ цхьа масийтта дийнахь бен". Ахьа ала /я Мухьаммад/: "Делера ваIда эцна аша? – Дала цкъа а ца йохайо Шен ваIда – я шу Делах лаьцна дуьйцуш ду шайна ца хуург?"
بَلَىٰ مَن كَسَبَ سَيِّئَةًۭ وَأَحَٰطَتْ بِهِۦ خَطِيٓـَٔتُهُۥ فَأُو۟لَٰٓئِكَ أَصْحَٰبُ ٱلنَّارِ ۖ هُمْ فِيهَا خَٰلِدُونَ
ХIаъ‚ вониг динарг а‚ шен гIалат шех хьаьрчинарг а – уьш бу жоьжахатийн дай‚ шаьш цу чохь гуттар лаьттар болуш.
وَٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ أُو۟لَٰٓئِكَ أَصْحَٰبُ ٱلْجَنَّةِ ۖ هُمْ فِيهَا خَٰلِدُونَ
Ткъа иман диллинарш а‚ диканиг динарш а – уьш бу ялсаманийн дай‚ шаьш цу чохь гуттар лаьттар болуш.
وَإِذْ أَخَذْنَا مِيثَٰقَ بَنِىٓ إِسْرَٰٓءِيلَ لَا تَعْبُدُونَ إِلَّا ٱللَّهَ وَبِٱلْوَٰلِدَيْنِ إِحْسَانًۭا وَذِى ٱلْقُرْبَىٰ وَٱلْيَتَٰمَىٰ وَٱلْمَسَٰكِينِ وَقُولُوا۟ لِلنَّاسِ حُسْنًۭا وَأَقِيمُوا۟ ٱلصَّلَوٰةَ وَءَاتُوا۟ ٱلزَّكَوٰةَ ثُمَّ تَوَلَّيْتُمْ إِلَّا قَلِيلًۭا مِّنكُمْ وَأَنتُم مُّعْرِضُونَ
/Хьахаде царна‚ хIай‚ Мухьаммад/ Исраилан кIенташца чIагIо йира Оха: "Далла бен Iибадат дийр дац аша‚ деца-ненаца а дика хир ду шу‚ гергарчарца а‚ боберашца а‚ мискачарца а /дика хир ду/‚ аьлла; аша ала нахе диканиг‚ ламаз де‚ закат ло". ТIаккха шу духадевлира‚ шух цхьа кIеззиг берш боцурш‚ шу дуьхьал а дуьйлуш.
وَإِذْ أَخَذْنَا مِيثَٰقَكُمْ لَا تَسْفِكُونَ دِمَآءَكُمْ وَلَا تُخْرِجُونَ أَنفُسَكُم مِّن دِيَٰرِكُمْ ثُمَّ أَقْرَرْتُمْ وَأَنتُمْ تَشْهَدُونَ
ЧIагIо йинера Оха шуьца: "Аша вовшийн цIий Iенор дац‚ шаьш вовшийн цIеношкара ара а дохур дац"‚ – аьлла‚ тIаккха аша чIагIдира /и барт/‚ шаьш тешаш а долуш.
ثُمَّ أَنتُمْ هَٰٓؤُلَآءِ تَقْتُلُونَ أَنفُسَكُمْ وَتُخْرِجُونَ فَرِيقًۭا مِّنكُم مِّن دِيَٰرِهِمْ تَظَٰهَرُونَ عَلَيْهِم بِٱلْإِثْمِ وَٱلْعُدْوَٰنِ وَإِن يَأْتُوكُمْ أُسَٰرَىٰ تُفَٰدُوهُمْ وَهُوَ مُحَرَّمٌ عَلَيْكُمْ إِخْرَاجُهُمْ ۚ أَفَتُؤْمِنُونَ بِبَعْضِ ٱلْكِتَٰبِ وَتَكْفُرُونَ بِبَعْضٍۢ ۚ فَمَا جَزَآءُ مَن يَفْعَلُ ذَٰلِكَ مِنكُمْ إِلَّا خِزْىٌۭ فِى ٱلْحَيَوٰةِ ٱلدُّنْيَا ۖ وَيَوْمَ ٱلْقِيَٰمَةِ يُرَدُّونَ إِلَىٰٓ أَشَدِّ ٱلْعَذَابِ ۗ وَمَا ٱللَّهُ بِغَٰفِلٍ عَمَّا تَعْمَلُونَ
ТIаккха шу ду хIорш: хIаллакдеш шайн синош‚ вовшех цхьаберш шайн цIеношкара арабохуш‚ къа латорца а‚ мостагIаллица а царна гIо а деш. Шайна тIе йийсарш баьхкича‚ мехах паргIатбоху уьш‚ шуна хьарам ду уьш дIабахийтар. Ткъа жайнан цхьадолчех шу теша‚ важа харцдо аша? Шух и лелочунна бекхам бац дуьненан дахарехь эхь бен‚ ткъа къемат дийнахь уьш дIаберзор ма бу уггар чIогIачу Iазапе‚ ма вац и Дела тидам боцуш аша дечунна.
أُو۟لَٰٓئِكَ ٱلَّذِينَ ٱشْتَرَوُا۟ ٱلْحَيَوٰةَ ٱلدُّنْيَا بِٱلْءَاخِرَةِ ۖ فَلَا يُخَفَّفُ عَنْهُمُ ٱلْعَذَابُ وَلَا هُمْ يُنصَرُونَ
Уьш ма бу эхартах дуьненан дахар эцна. Царна Iазап дайдийр ма дац‚ царна гIо дийр ма дац.
وَلَقَدْ ءَاتَيْنَا مُوسَى ٱلْكِتَٰبَ وَقَفَّيْنَا مِنۢ بَعْدِهِۦ بِٱلرُّسُلِ ۖ وَءَاتَيْنَا عِيسَى ٱبْنَ مَرْيَمَ ٱلْبَيِّنَٰتِ وَأَيَّدْنَٰهُ بِرُوحِ ٱلْقُدُسِ ۗ أَفَكُلَّمَا جَآءَكُمْ رَسُولٌۢ بِمَا لَا تَهْوَىٰٓ أَنفُسُكُمُ ٱسْتَكْبَرْتُمْ فَفَرِيقًۭا كَذَّبْتُمْ وَفَرِيقًۭا تَقْتُلُونَ
Оха деллера Мусага жайна‚ цул тIаьхьа бахийтира пайхамарш‚ Марьяман кIанте Iисага делира кхоччуш тоьшаллаш /Инжил/‚ чIагIвира и Къудусан сица‚ ткъа мелла а шайн догIмашна ца дезарг дохьуш пайхамар веача‚ шу курадовлура‚ /пайхамарех/ цхьаберш харц бора аша‚ цхьаберш бойура аша.
وَقَالُوا۟ قُلُوبُنَا غُلْفٌۢ ۚ بَل لَّعَنَهُمُ ٱللَّهُ بِكُفْرِهِمْ فَقَلِيلًۭا مَّا يُؤْمِنُونَ
Цара /Исраилан кIенташа/ элира: "Тхан дегнаш мужулт ду (дIакъевлина ду). ХIаъ‚ Дала неIалт элира царна‚ уьш ца тешарна; ма кIеззиг хили-кх уьш /шех/ тешарг.
وَلَمَّا جَآءَهُمْ كِتَٰبٌۭ مِّنْ عِندِ ٱللَّهِ مُصَدِّقٌۭ لِّمَا مَعَهُمْ وَكَانُوا۟ مِن قَبْلُ يَسْتَفْتِحُونَ عَلَى ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ فَلَمَّا جَآءَهُم مَّا عَرَفُوا۟ كَفَرُوا۟ بِهِۦ ۚ فَلَعْنَةُ ٱللَّهِ عَلَى ٱلْكَٰفِرِينَ
Цаьргахь дерг /Товрат/ бакъдеш долу жайна /КъурIан/ Делера шайга деанчул тIаьхьа…– хьалха уьш ма хиллера цатешачарна тIехь шайна гIо а доьхуш…– шайга и шайна хууш дерг деъча /Мухьаммад пайхамар/‚ цунах ца тийшира уьш; Делан неIалт ду ца тешачарна.
بِئْسَمَا ٱشْتَرَوْا۟ بِهِۦٓ أَنفُسَهُمْ أَن يَكْفُرُوا۟ بِمَآ أَنزَلَ ٱللَّهُ بَغْيًا أَن يُنَزِّلَ ٱللَّهُ مِن فَضْلِهِۦ عَلَىٰ مَن يَشَآءُ مِنْ عِبَادِهِۦ ۖ فَبَآءُو بِغَضَبٍ عَلَىٰ غَضَبٍۢ ۚ وَلِلْكَٰفِرِينَ عَذَابٌۭ مُّهِينٌۭ
Ма кIеззиг мехах доьхки цара шайн догIмаш Дала Шен лех Шена луучуьнга Шен къинхетамах доссийнарг харцдархьама‚ шайн хьагI бахьанехь. ОьгIазаллина тIе а оьгIазалла йожийра царна тIе. Ца тешначарна ду сийсаза долу Iазап.
وَإِذَا قِيلَ لَهُمْ ءَامِنُوا۟ بِمَآ أَنزَلَ ٱللَّهُ قَالُوا۟ نُؤْمِنُ بِمَآ أُنزِلَ عَلَيْنَا وَيَكْفُرُونَ بِمَا وَرَآءَهُۥ وَهُوَ ٱلْحَقُّ مُصَدِّقًۭا لِّمَا مَعَهُمْ ۗ قُلْ فَلِمَ تَقْتُلُونَ أَنۢبِيَآءَ ٱللَّهِ مِن قَبْلُ إِن كُنتُم مُّؤْمِنِينَ
Цаьрга аьлча: "Теша Дала доссийначух /КъурIанах/"‚– цара олу: "Тхо теша тхайга доссийначух". Уьш ма тешац цул совнаха. Ткъа и ма ду бакъдерг‚ цаьргахь долчуьнца нийса а догIуш. Ахьа ала /жуьгташка/: "Ткъа хьалха Делан пайхамарш хIунда байира аша‚ шаьш тешаш хиллехь?"
۞ وَلَقَدْ جَآءَكُم مُّوسَىٰ بِٱلْبَيِّنَٰتِ ثُمَّ ٱتَّخَذْتُمُ ٱلْعِجْلَ مِنۢ بَعْدِهِۦ وَأَنتُمْ ظَٰلِمُونَ
Шуьга ма веънера кхоччуш тоьшаллашца Муса‚ тIаккха цул тIаьхьа аша тIелецира эса; шу ма ду зуламе.
وَإِذْ أَخَذْنَا مِيثَٰقَكُمْ وَرَفَعْنَا فَوْقَكُمُ ٱلطُّورَ خُذُوا۟ مَآ ءَاتَيْنَٰكُم بِقُوَّةٍۢ وَٱسْمَعُوا۟ ۖ قَالُوا۟ سَمِعْنَا وَعَصَيْنَا وَأُشْرِبُوا۟ فِى قُلُوبِهِمُ ٱلْعِجْلَ بِكُفْرِهِمْ ۚ قُلْ بِئْسَمَا يَأْمُرُكُم بِهِۦٓ إِيمَٰنُكُمْ إِن كُنتُم مُّؤْمِنِينَ
Оха ма бира шуьца барт‚ шуна тIехула айбира ТIур лам; "ДIалаца Оха шайна делларг ницкъаца‚ ла а догIа". Цара элира: "ЛадоьгIна оха‚ Iеса хилла тхо". Церан дегнашкахь мийлира эса‚ уьш ца тешарна. Ахьа ала: "Ма вон хIума дук-кх шеца шун имано шуьга омра деш дерг‚ шу иман диллина хилла делахь".
قُلْ إِن كَانَتْ لَكُمُ ٱلدَّارُ ٱلْءَاخِرَةُ عِندَ ٱللَّهِ خَالِصَةًۭ مِّن دُونِ ٱلنَّاسِ فَتَمَنَّوُا۟ ٱلْمَوْتَ إِن كُنتُمْ صَٰدِقِينَ
Ахьа ала: "ТIаьххьара цIа Далла гергахь‚ нахана доцуш‚ деккъа шуна хилахь‚ дала лаа‚ шаьш бакълуьйш делахь".
وَلَن يَتَمَنَّوْهُ أَبَدًۢا بِمَا قَدَّمَتْ أَيْدِيهِمْ ۗ وَٱللَّهُ عَلِيمٌۢ بِٱلظَّٰلِمِينَ
Шайн куьйгаша хьалха динчуьнца царна и цкъа а лаъанне а луур дац. Дела ма ву бевзаш и зуламхой.
وَلَتَجِدَنَّهُمْ أَحْرَصَ ٱلنَّاسِ عَلَىٰ حَيَوٰةٍۢ وَمِنَ ٱلَّذِينَ أَشْرَكُوا۟ ۚ يَوَدُّ أَحَدُهُمْ لَوْ يُعَمَّرُ أَلْفَ سَنَةٍۢ وَمَا هُوَ بِمُزَحْزِحِهِۦ مِنَ ٱلْعَذَابِ أَن يُعَمَّرَ ۗ وَٱللَّهُ بَصِيرٌۢ بِمَا يَعْمَلُونَ
Хьуна баккъалла а, карор ма бу уьш /жуьгтий/ массо нахал /дуьненан/ дахарна суттар‚ Делаца накъост лаьцначарел а‚ царех хIоранна а луур дара эзар шарахь ваха. Ма вац и Iазапах хIумма а духатохалур долуш ша /мел дукха/ вахарх. Дела гуш ма ву цара дийриг.
قُلْ مَن كَانَ عَدُوًّۭا لِّجِبْرِيلَ فَإِنَّهُۥ نَزَّلَهُۥ عَلَىٰ قَلْبِكَ بِإِذْنِ ٱللَّهِ مُصَدِّقًۭا لِّمَا بَيْنَ يَدَيْهِ وَهُدًۭى وَبُشْرَىٰ لِلْمُؤْمِنِينَ
Ахьа ала: "Мила хилла Джибрилана мостагI? Цо ма доссийна и /КъурIан/ хьан дагчу Делан пурбанца‚ цул хьалха хиллачуьнца нийса а догIуш тешачарна ша нийса некъ а‚ кхаъ а хилла долу".
مَن كَانَ عَدُوًّۭا لِّلَّهِ وَمَلَٰٓئِكَتِهِۦ وَرُسُلِهِۦ وَجِبْرِيلَ وَمِيكَىٰلَ فَإِنَّ ٱللَّهَ عَدُوٌّۭ لِّلْكَٰفِرِينَ
Мила хилла мостагI Далла а‚ Цуьнан маликашна а‚ Цуьнан элчанашна а‚ Джибрилана а‚ Микална а..? Ткъа Дела а ма ву мостагI цатешачарна.
وَلَقَدْ أَنزَلْنَآ إِلَيْكَ ءَايَٰتٍۭ بَيِّنَٰتٍۢ ۖ وَمَا يَكْفُرُ بِهَآ إِلَّا ٱلْفَٰسِقُونَ
Оха доссийна хьоьга билггала долу аяташ‚ уьш керстдийр дац песакъ наха бен.
أَوَكُلَّمَا عَٰهَدُوا۟ عَهْدًۭا نَّبَذَهُۥ فَرِيقٌۭ مِّنْهُم ۚ بَلْ أَكْثَرُهُمْ لَا يُؤْمِنُونَ
Шаьш ваIда мел йи а‚ царех цхьана тобано и йохайо‚ мелхо а царех дукхах берш тешаш ма бац.
وَلَمَّا جَآءَهُمْ رَسُولٌۭ مِّنْ عِندِ ٱللَّهِ مُصَدِّقٌۭ لِّمَا مَعَهُمْ نَبَذَ فَرِيقٌۭ مِّنَ ٱلَّذِينَ أُوتُوا۟ ٱلْكِتَٰبَ كِتَٰبَ ٱللَّهِ وَرَآءَ ظُهُورِهِمْ كَأَنَّهُمْ لَا يَعْلَمُونَ
Шайга Делера элча веача‚ цаьргахь дерг бакъ деш хилла волу‚ жайна доссийначарех цхьана тобано дIатесира Делан жайна шайн баккъашна тIехьа‚ шайна ца хууш санна.
وَٱتَّبَعُوا۟ مَا تَتْلُوا۟ ٱلشَّيَٰطِينُ عَلَىٰ مُلْكِ سُلَيْمَٰنَ ۖ وَمَا كَفَرَ سُلَيْمَٰنُ وَلَٰكِنَّ ٱلشَّيَٰطِينَ كَفَرُوا۟ يُعَلِّمُونَ ٱلنَّاسَ ٱلسِّحْرَ وَمَآ أُنزِلَ عَلَى ٱلْمَلَكَيْنِ بِبَابِلَ هَٰرُوتَ وَمَٰرُوتَ ۚ وَمَا يُعَلِّمَانِ مِنْ أَحَدٍ حَتَّىٰ يَقُولَآ إِنَّمَا نَحْنُ فِتْنَةٌۭ فَلَا تَكْفُرْ ۖ فَيَتَعَلَّمُونَ مِنْهُمَا مَا يُفَرِّقُونَ بِهِۦ بَيْنَ ٱلْمَرْءِ وَزَوْجِهِۦ ۚ وَمَا هُم بِضَآرِّينَ بِهِۦ مِنْ أَحَدٍ إِلَّا بِإِذْنِ ٱللَّهِ ۚ وَيَتَعَلَّمُونَ مَا يَضُرُّهُمْ وَلَا يَنفَعُهُمْ ۚ وَلَقَدْ عَلِمُوا۟ لَمَنِ ٱشْتَرَىٰهُ مَا لَهُۥ فِى ٱلْءَاخِرَةِ مِنْ خَلَٰقٍۢ ۚ وَلَبِئْسَ مَا شَرَوْا۟ بِهِۦٓ أَنفُسَهُمْ ۚ لَوْ كَانُوا۟ يَعْلَمُونَ
Уьш тIаьхьа ма хIиттира шайтIанаша Сулейман шен паччхьаллех ваккхарна тIехь дешначунна. Сулеймана керст ца дира‚ амма шайтIанаша керстдира‚ цара нахана Iамадора бозбуунчалла а‚ Бабилехь шина малике ХIаруте а‚ Маруте а доссийнарг а. Ткъа цара шиммо цхьанна а Iама ца дора‚ шаьш олуш бен: "Баккъалла а, тхо цхьа питана ду – хьо ца тешаш ма хилалахь". ТIаккха цара цу шингара /ХIарутера а‚ Марутера а/ Iама ма дора майрачун а‚ цуьнан зудчун а юкъара барт бохор. Цара ма ца до цуьнца /бозбуанчаллица/ зен цхьанна а‚ Делан пурбанца бен. Цара Iамадо царна зен ден хIума‚ ца Iамадо царна пайда бен хIума. Царна /жуьгташна/ хиира и эцначарна эхартахь кхоллам цахилар. Ма вон хIума ду-кх иза‚ цара шех синош шайн доьхкинарг‚ царна хууш хиллехьара.
وَلَوْ أَنَّهُمْ ءَامَنُوا۟ وَٱتَّقَوْا۟ لَمَثُوبَةٌۭ مِّنْ عِندِ ٱللَّهِ خَيْرٌۭ ۖ لَّوْ كَانُوا۟ يَعْلَمُونَ
Уьш тешна а‚ /Делах/ кхоьруш а хиллехьара – Делера миэла тоьлуш хир бара‚ царна хууш хиллехьара.
يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ لَا تَقُولُوا۟ رَٰعِنَا وَقُولُوا۟ ٱنظُرْنَا وَٱسْمَعُوا۟ ۗ وَلِلْكَٰفِرِينَ عَذَابٌ أَلِيمٌۭ
ХIай‚ иман диллинарш! Аша ма ала: "Тхоьх тергам бе"‚ аша ала: "Тхоьга хьажа"‚ аша ладогIа. Цатешачарна лазош долу Iазап ма ду.
مَّا يَوَدُّ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ مِنْ أَهْلِ ٱلْكِتَٰبِ وَلَا ٱلْمُشْرِكِينَ أَن يُنَزَّلَ عَلَيْكُم مِّنْ خَيْرٍۢ مِّن رَّبِّكُمْ ۗ وَٱللَّهُ يَخْتَصُّ بِرَحْمَتِهِۦ مَن يَشَآءُ ۚ وَٱللَّهُ ذُو ٱلْفَضْلِ ٱلْعَظِيمِ
Ма ца деза жайнан дайх а‚ мушрикунех а болчу цатешначарна шуна шайн Кхиош-кхобучуьнгара диканиг досса. Дала къаставо Шен къинхетамца Шена луьург. И Дела сийлахь – доккха дозалла долуш ву.
۞ مَا نَنسَخْ مِنْ ءَايَةٍ أَوْ نُنسِهَا نَأْتِ بِخَيْرٍۢ مِّنْهَآ أَوْ مِثْلِهَآ ۗ أَلَمْ تَعْلَمْ أَنَّ ٱللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَىْءٍۢ قَدِيرٌ
Оха цхьа аят дIадаьккхича я дицдалийтича‚ доуьйту цул диканиг я цунах тераниг. Хьуна ца хаьа‚ и Дела массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш хилар?
أَلَمْ تَعْلَمْ أَنَّ ٱللَّهَ لَهُۥ مُلْكُ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ ۗ وَمَا لَكُم مِّن دُونِ ٱللَّهِ مِن وَلِىٍّۢ وَلَا نَصِيرٍ
Хьуна ца хаьа‚ стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла Делехь хилар? Шуна ма вац-кха и Дела воцург кхин вали а‚ гIоьнча а.
أَمْ تُرِيدُونَ أَن تَسْـَٔلُوا۟ رَسُولَكُمْ كَمَا سُئِلَ مُوسَىٰ مِن قَبْلُ ۗ وَمَن يَتَبَدَّلِ ٱلْكُفْرَ بِٱلْإِيمَٰنِ فَقَدْ ضَلَّ سَوَآءَ ٱلسَّبِيلِ
Я шуна лаьа шайн элче деха‚ хьалха Мусага дехна ма-хиллара? Иман цатешарца хийцинарг ма ву-кх тилавелла нийсачу некъах.
وَدَّ كَثِيرٌۭ مِّنْ أَهْلِ ٱلْكِتَٰبِ لَوْ يَرُدُّونَكُم مِّنۢ بَعْدِ إِيمَٰنِكُمْ كُفَّارًا حَسَدًۭا مِّنْ عِندِ أَنفُسِهِم مِّنۢ بَعْدِ مَا تَبَيَّنَ لَهُمُ ٱلْحَقُّ ۖ فَٱعْفُوا۟ وَٱصْفَحُوا۟ حَتَّىٰ يَأْتِىَ ٱللَّهُ بِأَمْرِهِۦٓ ۗ إِنَّ ٱللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَىْءٍۢ قَدِيرٌۭ
Лиира жайнан охIлах дукхахболчарна шаьш шу цатешаре дIадерзо‚ аша иман диллинчул тIаьхьа‚ шайгара хьагI хиларца‚ бакъдерг шайна гучудаьллачул тIаьхьа. Гечде аша‚ бита уьш Дала Шен омра даийтталц. Баккъалла а, и Дела массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ву.
وَأَقِيمُوا۟ ٱلصَّلَوٰةَ وَءَاتُوا۟ ٱلزَّكَوٰةَ ۚ وَمَا تُقَدِّمُوا۟ لِأَنفُسِكُم مِّنْ خَيْرٍۢ تَجِدُوهُ عِندَ ٱللَّهِ ۗ إِنَّ ٱللَّهَ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌۭ
Ламаз хIоттаделаш‚ закат лолаш‚ аша шайн догIмашна хьалха мел дахийтина диканиг карор ма ду шуна Далла гергахь. Баккъалла а, и Дела аша дийриг гуш ма ву.
وَقَالُوا۟ لَن يَدْخُلَ ٱلْجَنَّةَ إِلَّا مَن كَانَ هُودًا أَوْ نَصَٰرَىٰ ۗ تِلْكَ أَمَانِيُّهُمْ ۗ قُلْ هَاتُوا۟ بُرْهَٰنَكُمْ إِن كُنتُمْ صَٰدِقِينَ
Цара элира: "Вахханне а ялсамане гIур ма вац ша жуьгти я насари бен". Иза церан дагахь дерг ду. Ахьа ала: "Схьагайта шу бакъ хиларан билгалонаш‚ шаьш бакълуьйш делахь".
بَلَىٰ مَنْ أَسْلَمَ وَجْهَهُۥ لِلَّهِ وَهُوَ مُحْسِنٌۭ فَلَهُۥٓ أَجْرُهُۥ عِندَ رَبِّهِۦ وَلَا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ
ХIан-хIа! Шен юьхь Далла муьтIахь йинарг‚ ша дика а хилла‚ цунна ял хир ма ю шен Далла гергахь; царна кхерам хир ма бац‚ уьш сингаттаме а хир ма бац.
وَقَالَتِ ٱلْيَهُودُ لَيْسَتِ ٱلنَّصَٰرَىٰ عَلَىٰ شَىْءٍۢ وَقَالَتِ ٱلنَّصَٰرَىٰ لَيْسَتِ ٱلْيَهُودُ عَلَىٰ شَىْءٍۢ وَهُمْ يَتْلُونَ ٱلْكِتَٰبَ ۗ كَذَٰلِكَ قَالَ ٱلَّذِينَ لَا يَعْلَمُونَ مِثْلَ قَوْلِهِمْ ۚ فَٱللَّهُ يَحْكُمُ بَيْنَهُمْ يَوْمَ ٱلْقِيَٰمَةِ فِيمَا كَانُوا۟ فِيهِ يَخْتَلِفُونَ
Жуьгташа элира: "Насараш цхьанне а хIуманна тIехь бац". Насараша элира: "Жуьгтий цхьанне а хIуманна тIехь бац". Ткъа уьш ма бу жайна доьшуш. Иштта элира хIумма ца хууш болчара‚ церан дешнех терра. И Дела ма ву хьукма дийр долуш царна юккъехь къемат дийнахь цара хилпало ечу хIуманехь.
وَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّن مَّنَعَ مَسَٰجِدَ ٱللَّهِ أَن يُذْكَرَ فِيهَا ٱسْمُهُۥ وَسَعَىٰ فِى خَرَابِهَآ ۚ أُو۟لَٰٓئِكَ مَا كَانَ لَهُمْ أَن يَدْخُلُوهَآ إِلَّا خَآئِفِينَ ۚ لَهُمْ فِى ٱلدُّنْيَا خِزْىٌۭ وَلَهُمْ فِى ٱلْءَاخِرَةِ عَذَابٌ عَظِيمٌۭ
Ткъа мила ву зуламе Делан маьждигашна чохь Цуьнан цIе яккхар ца магош волчул‚ уьш дохо тIехьоьдуш волчул? Уьш /и нах/ баха безаш бацара царна чу /маьждигашна/‚ кхоьруш бен. Царна ду дуьненахь эхь‚ ткъа эхартахь царна ма ду доккха долу Iазап.
وَلِلَّهِ ٱلْمَشْرِقُ وَٱلْمَغْرِبُ ۚ فَأَيْنَمَا تُوَلُّوا۟ فَثَمَّ وَجْهُ ٱللَّهِ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ وَٰسِعٌ عَلِيمٌۭ
Делан ю малхбале а‚ малхбузе а. шу миччахьа дирзича а – цигахь го Делан юьхь. И Дела ма ву шорте йолуш а‚ дика хууш а.
وَقَالُوا۟ ٱتَّخَذَ ٱللَّهُ وَلَدًۭا ۗ سُبْحَٰنَهُۥ ۖ بَل لَّهُۥ مَا فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ ۖ كُلٌّۭ لَّهُۥ قَٰنِتُونَ
Цара элира: "Дала тIелаьцна кIант". Вонах цIена ву Иза. ХIаъ! Цуьнан ма ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Массо а Цунна муьтIахь ма ву.
بَدِيعُ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ ۖ وَإِذَا قَضَىٰٓ أَمْرًۭا فَإِنَّمَا يَقُولُ لَهُۥ كُن فَيَكُونُ
Ша юьхьанца кхоьллина ву И стигланаш а‚ латта а. Цхьана гIуллакхан тIехь сацам бича‚ Цо олу цуьнга: "Хила!" – и хуьлу.
وَقَالَ ٱلَّذِينَ لَا يَعْلَمُونَ لَوْلَا يُكَلِّمُنَا ٱللَّهُ أَوْ تَأْتِينَآ ءَايَةٌۭ ۗ كَذَٰلِكَ قَالَ ٱلَّذِينَ مِن قَبْلِهِم مِّثْلَ قَوْلِهِمْ ۘ تَشَٰبَهَتْ قُلُوبُهُمْ ۗ قَدْ بَيَّنَّا ٱلْءَايَٰتِ لِقَوْمٍۢ يُوقِنُونَ
Шайна ца хуучара элира: "Тхоьга вистхилла велахьара Дела‚ я тхоьга цхьа делалла деъна хиллехьара". Иштта олура царел хьалха баханчара‚ цара бохучуьнга терра‚ цхьатерра хилира церан дегнаш. Билгалдаьхна Оха аяташ тешаш болчу нахана.
إِنَّآ أَرْسَلْنَٰكَ بِٱلْحَقِّ بَشِيرًۭا وَنَذِيرًۭا ۖ وَلَا تُسْـَٔلُ عَنْ أَصْحَٰبِ ٱلْجَحِيمِ
Баккъалла а, Оха хьо ваийтина бакъдолчуьнца /кхоан/ хаамча хилла а‚ /Iазапан/ кхерамча хилла а‚ хьоьга хоттур ма дац жоьжахатийн охIланна тIера.
وَلَن تَرْضَىٰ عَنكَ ٱلْيَهُودُ وَلَا ٱلنَّصَٰرَىٰ حَتَّىٰ تَتَّبِعَ مِلَّتَهُمْ ۗ قُلْ إِنَّ هُدَى ٱللَّهِ هُوَ ٱلْهُدَىٰ ۗ وَلَئِنِ ٱتَّبَعْتَ أَهْوَآءَهُم بَعْدَ ٱلَّذِى جَآءَكَ مِنَ ٱلْعِلْمِ ۙ مَا لَكَ مِنَ ٱللَّهِ مِن وَلِىٍّۢ وَلَا نَصِيرٍ
Хиллане а реза хир ма бац хьуна жуьгтий а‚ насараш а‚ хьо шайн дине вирзича бен. Ахьа ала: "Делан нийса некъ – и ма бу нийса некъ"‚ хьо нагахь церан лаамашна тIаьхьа хIоттахь‚ хьайга Iилма /бакъдолу дин – ислам/ деъначул тIаьхьа‚ Делера хьуна хир ма вац вали а‚ гIоьнча а.
ٱلَّذِينَ ءَاتَيْنَٰهُمُ ٱلْكِتَٰبَ يَتْلُونَهُۥ حَقَّ تِلَاوَتِهِۦٓ أُو۟لَٰٓئِكَ يُؤْمِنُونَ بِهِۦ ۗ وَمَن يَكْفُرْ بِهِۦ فَأُو۟لَٰٓئِكَ هُمُ ٱلْخَٰسِرُونَ
Оха шайга жайна деллачара и доьшу‚ деша ма-деззара‚– уьш ма бу цунах тешаш берш; цунах цатешаш берш – уьш хир ма бу эшначарех.
يَٰبَنِىٓ إِسْرَٰٓءِيلَ ٱذْكُرُوا۟ نِعْمَتِىَ ٱلَّتِىٓ أَنْعَمْتُ عَلَيْكُمْ وَأَنِّى فَضَّلْتُكُمْ عَلَى ٱلْعَٰلَمِينَ
ХIай‚ Исраилан кIентий! Аша дагадаийта Сан ниIмат‚ Аса шуна делла долу‚ Аса даз ма дира шу Iаламал.
وَٱتَّقُوا۟ يَوْمًۭا لَّا تَجْزِى نَفْسٌ عَن نَّفْسٍۢ شَيْـًۭٔا وَلَا يُقْبَلُ مِنْهَا عَدْلٌۭ وَلَا تَنفَعُهَا شَفَٰعَةٌۭ وَلَا هُمْ يُنصَرُونَ
Шу кхера дийнах‚ са сина пайдане хир доцчу‚ цуьнгара къиношна дуьхьал нийса мах оьцур боцчу‚ гIо даккхаро (шапаIато) цунна пайда бийриг боцчу‚ царна гIо дийриг доцчу.
۞ وَإِذِ ٱبْتَلَىٰٓ إِبْرَٰهِۦمَ رَبُّهُۥ بِكَلِمَٰتٍۢ فَأَتَمَّهُنَّ ۖ قَالَ إِنِّى جَاعِلُكَ لِلنَّاسِ إِمَامًۭا ۖ قَالَ وَمِن ذُرِّيَّتِى ۖ قَالَ لَا يَنَالُ عَهْدِى ٱلظَّٰلِمِينَ
/Ахьа хьахаде царна‚ хIай Мухьаммад/. ИбрахIим ма зийра цуьнан Дала дешнашца‚ цо уьш кхочуш ма дира. Цо /Дала/ элира: "Аса хьох нахана имам веш ву". Цо /ИбрахIима/ элира: "Ткъа сан тIаьхьенах?". Элира /Дала/: "Сан ваIда ца хьакхало зуламхойх".
وَإِذْ جَعَلْنَا ٱلْبَيْتَ مَثَابَةًۭ لِّلنَّاسِ وَأَمْنًۭا وَٱتَّخِذُوا۟ مِن مَّقَامِ إِبْرَٰهِۦمَ مُصَلًّۭى ۖ وَعَهِدْنَآ إِلَىٰٓ إِبْرَٰهِۦمَ وَإِسْمَٰعِيلَ أَن طَهِّرَا بَيْتِىَ لِلطَّآئِفِينَ وَٱلْعَٰكِفِينَ وَٱلرُّكَّعِ ٱلسُّجُودِ
Оха и цIа дира нахана гулам хила а‚ маьршо хила а: "Схьалаца ИбрахIиман меттиг‚ ламаз ден меттиг хуьлуьйтуш". Оха омра дира ИбрахIиме а‚ ИсмаIиле а: "Аша шиммо цIанде Сан цIа /КаIба/ го боккхучарна а /тIавап деш/, чохь хевшина Iибадат дечарна а‚ горабахана ламаз дечарна а".
وَإِذْ قَالَ إِبْرَٰهِۦمُ رَبِّ ٱجْعَلْ هَٰذَا بَلَدًا ءَامِنًۭا وَٱرْزُقْ أَهْلَهُۥ مِنَ ٱلثَّمَرَٰتِ مَنْ ءَامَنَ مِنْهُم بِٱللَّهِ وَٱلْيَوْمِ ٱلْءَاخِرِ ۖ قَالَ وَمَن كَفَرَ فَأُمَتِّعُهُۥ قَلِيلًۭا ثُمَّ أَضْطَرُّهُۥٓ إِلَىٰ عَذَابِ ٱلنَّارِ ۖ وَبِئْسَ ٱلْمَصِيرُ
ИбрхIима аьллера: "ХIай‚ сан Дела‚ Ахьа хилийтахь хIара маьрша мохк‚ Ахьа рицкъа лолахь цуьнан охIланна стоьмашца‚ царех Делах а‚ тIаьххьарчу Дийнах а тешачарна". Цо элира: "Ткъа цатешарш – Аса марзо оьцуьйтур ю цаьрга цхьажимма‚ тIаккха дIахьажор ма бу уьш цIеран Iазапе". Ма вон дIавоьрзу меттиг ю-кх иза!
وَإِذْ يَرْفَعُ إِبْرَٰهِۦمُ ٱلْقَوَاعِدَ مِنَ ٱلْبَيْتِ وَإِسْمَٰعِيلُ رَبَّنَا تَقَبَّلْ مِنَّآ ۖ إِنَّكَ أَنتَ ٱلسَّمِيعُ ٱلْعَلِيمُ
ИбрахIима а‚ ИсмаIила а айбо цу цIийнан бух: "ХIай‚ тхан Кхиош-кхобушверг! Къобалде Ахьа хIара тхоьгара‚ баккъалла а, Хьо ма ву хезаш верг а‚ хууш верг а.
رَبَّنَا وَٱجْعَلْنَا مُسْلِمَيْنِ لَكَ وَمِن ذُرِّيَّتِنَآ أُمَّةًۭ مُّسْلِمَةًۭ لَّكَ وَأَرِنَا مَنَاسِكَنَا وَتُبْ عَلَيْنَآ ۖ إِنَّكَ أَنتَ ٱلتَّوَّابُ ٱلرَّحِيمُ
ХIай‚ тхан Кхиош-кхобушверг! Тхо хилийта Ахьа Хьайна муьтIахь /муслим – бусулба/‚ тхан тIаьхьенах а Хьайна муьтIахь уммат де Ахьа‚ гайтахьа тхуна тхан Iибадат ден меттигаш‚ Ахь гечделахь тхуна‚ баккъалла а, Хьо ма ву гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.
رَبَّنَا وَٱبْعَثْ فِيهِمْ رَسُولًۭا مِّنْهُمْ يَتْلُوا۟ عَلَيْهِمْ ءَايَٰتِكَ وَيُعَلِّمُهُمُ ٱلْكِتَٰبَ وَٱلْحِكْمَةَ وَيُزَكِّيهِمْ ۚ إِنَّكَ أَنتَ ٱلْعَزِيزُ ٱلْحَكِيمُ
ХIай‚ тхан Кхиош-кхобушверг! Ахьа ваийталахь царна элча‚ царех а волуш‚ ша царна доьшуш Хьан аяташ‚ царна Iамош жайна а‚ хьекъалалла а‚ уьш цIанбеш‚ баккъалла а, Хьо ма ву веза верг а‚ хьукаме верг а".
وَمَن يَرْغَبُ عَن مِّلَّةِ إِبْرَٰهِۦمَ إِلَّا مَن سَفِهَ نَفْسَهُۥ ۚ وَلَقَدِ ٱصْطَفَيْنَٰهُ فِى ٱلدُّنْيَا ۖ وَإِنَّهُۥ فِى ٱلْءَاخِرَةِ لَمِنَ ٱلصَّٰلِحِينَ
Ткъа мила ву ИбрахIиман миллат ца дезаш верг? – Ма вац иза шен Iавдаллалица ша вайвеш верг бен. Оха хаьржина и /ИбрахIим/ дуьненахь‚ ткъа эхартахь и хир ма ву дикачарех.
إِذْ قَالَ لَهُۥ رَبُّهُۥٓ أَسْلِمْ ۖ قَالَ أَسْلَمْتُ لِرَبِّ ٱلْعَٰلَمِينَ
Аьллера цуьнга цуьнан Кхиош-кхобушволчо: "МуьтIахь хила!" Цо элира: "МуьтIахь ву со Iаламийн Дена /Далла/".
وَوَصَّىٰ بِهَآ إِبْرَٰهِۦمُ بَنِيهِ وَيَعْقُوبُ يَٰبَنِىَّ إِنَّ ٱللَّهَ ٱصْطَفَىٰ لَكُمُ ٱلدِّينَ فَلَا تَمُوتُنَّ إِلَّا وَأَنتُم مُّسْلِمُونَ
Цуьнца /исламаца/ весет дира ИбрахIима шен кIенташка‚ Якъуба а дира: "ХIай‚ сан кIентий! Дала хаьржина шуна дин‚ шу дIа ма кхелхийла /цу Далла/ муьтIахь хилла бен".
أَمْ كُنتُمْ شُهَدَآءَ إِذْ حَضَرَ يَعْقُوبَ ٱلْمَوْتُ إِذْ قَالَ لِبَنِيهِ مَا تَعْبُدُونَ مِنۢ بَعْدِى قَالُوا۟ نَعْبُدُ إِلَٰهَكَ وَإِلَٰهَ ءَابَآئِكَ إِبْرَٰهِۦمَ وَإِسْمَٰعِيلَ وَإِسْحَٰقَ إِلَٰهًۭا وَٰحِدًۭا وَنَحْنُ لَهُۥ مُسْلِمُونَ
Ткъа шу дарий уллохь лаьтташ ЯIкъубана тIе Iожалла хьажаелча‚ цо шен кIенташка олуш: "Хьанна Iибадат дийр ду аша сол тIаьхьа?" Цара ма элира: "Оха Iибадат дийр ма ду хьан Делана‚ хьан дайн – ИбрахIиман‚ ИсмаIилан‚ Исхьакъан – Делана‚ ша цхьаъ волчу цу Делана‚ Цунна муьтIахь ма ду тхо".
تِلْكَ أُمَّةٌۭ قَدْ خَلَتْ ۖ لَهَا مَا كَسَبَتْ وَلَكُم مَّا كَسَبْتُمْ ۖ وَلَا تُسْـَٔلُونَ عَمَّا كَانُوا۟ يَعْمَلُونَ
И уммат дIадахана. Цунна цо шена карийнарг ду‚ шуна аша шайна карийнарг ду‚ шуьга жоп доьхур ма дац цара деш хиллачух.
وَقَالُوا۟ كُونُوا۟ هُودًا أَوْ نَصَٰرَىٰ تَهْتَدُوا۟ ۗ قُلْ بَلْ مِلَّةَ إِبْرَٰهِۦمَ حَنِيفًۭا ۖ وَمَا كَانَ مِنَ ٱلْمُشْرِكِينَ
Цара элира: "Хила иудейш я насараш‚ тIаккха хир ду шу нийсачу новкъахь". Ахьа ала: "ХIан-хIа! Ша цIена Делах тешаш хиллачу ИбрахIиман дин ду сан‚ ца хилла иза мушрикунех".
قُولُوٓا۟ ءَامَنَّا بِٱللَّهِ وَمَآ أُنزِلَ إِلَيْنَا وَمَآ أُنزِلَ إِلَىٰٓ إِبْرَٰهِۦمَ وَإِسْمَٰعِيلَ وَإِسْحَٰقَ وَيَعْقُوبَ وَٱلْأَسْبَاطِ وَمَآ أُوتِىَ مُوسَىٰ وَعِيسَىٰ وَمَآ أُوتِىَ ٱلنَّبِيُّونَ مِن رَّبِّهِمْ لَا نُفَرِّقُ بَيْنَ أَحَدٍۢ مِّنْهُمْ وَنَحْنُ لَهُۥ مُسْلِمُونَ
Аша ала: "Тешна тхо Делах‚ тхайга доссийначух /КъурIанах/ а‚ ИбрахIиме‚ ИсмаIиле‚ Исхьакъе‚ ЯIкъубе‚ цуьнан тIаьхьене а доссийначух а‚ Мусага а‚ Iисага а деллачух а‚ шайн Делера пайхамаршка даийтинчух а. Оха царех цхьа а ца къаставо. Тхо цунна /АллахIана/ муьтIахь ма ду".
فَإِنْ ءَامَنُوا۟ بِمِثْلِ مَآ ءَامَنتُم بِهِۦ فَقَدِ ٱهْتَدَوا۟ ۖ وَّإِن تَوَلَّوْا۟ فَإِنَّمَا هُمْ فِى شِقَاقٍۢ ۖ فَسَيَكْفِيكَهُمُ ٱللَّهُ ۚ وَهُوَ ٱلسَّمِيعُ ٱلْعَلِيمُ
Нагахь санна уьш тешна белахь‚ шу ма тешшара – тIаккха уьш хир бу нийсачу новкъахь. Нагахь санна уьш дIаберзахь /цу тешамах/ – баккъалла а, уьш барт боьхна ма бу. Дала царна тIехь толам хуьлуьйтур бу хьуна. И ма ву ша хезаш верг а‚ хууш верг а.
صِبْغَةَ ٱللَّهِ ۖ وَمَنْ أَحْسَنُ مِنَ ٱللَّهِ صِبْغَةًۭ ۖ وَنَحْنُ لَهُۥ عَٰبِدُونَ
Делан амале /динах теша тхо/. Мила ву‚ ткъа‚ Делал хаза амал йолуш? Цунна Iибадат до оха.
قُلْ أَتُحَآجُّونَنَا فِى ٱللَّهِ وَهُوَ رَبُّنَا وَرَبُّكُمْ وَلَنَآ أَعْمَٰلُنَا وَلَكُمْ أَعْمَٰلُكُمْ وَنَحْنُ لَهُۥ مُخْلِصُونَ
Ахьа ала: "Тхоьца къуьйсу аша Делаца? И ма ву тхан Кхиош-кхобург а‚ шун Кхиош-кхобург а‚ тхуна тхан Iамалш ю‚ шуна шун Iамалш ю‚ тхо цунна /АллахIана/ тешаме ду".
أَمْ تَقُولُونَ إِنَّ إِبْرَٰهِۦمَ وَإِسْمَٰعِيلَ وَإِسْحَٰقَ وَيَعْقُوبَ وَٱلْأَسْبَاطَ كَانُوا۟ هُودًا أَوْ نَصَٰرَىٰ ۗ قُلْ ءَأَنتُمْ أَعْلَمُ أَمِ ٱللَّهُ ۗ وَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّن كَتَمَ شَهَٰدَةً عِندَهُۥ مِنَ ٱللَّهِ ۗ وَمَا ٱللَّهُ بِغَٰفِلٍ عَمَّا تَعْمَلُونَ
Я аша боху‚ ИбрахIим‚ ИсмаIил‚ Исхьакъ‚ ЯIкъуб‚ цуьнан тIаьхье а хилла иудейш я насараш? Ахьа ала: "Шуна дика хаьа я Далла дика хаьа? Мила ву зуламе шена гергахь Делера хилла долу тоьшалла хьулдеш волчул? Ма вац и Дела тергам ца беш аша дечунна".
تِلْكَ أُمَّةٌۭ قَدْ خَلَتْ ۖ لَهَا مَا كَسَبَتْ وَلَكُم مَّا كَسَبْتُمْ ۖ وَلَا تُسْـَٔلُونَ عَمَّا كَانُوا۟ يَعْمَلُونَ
И уммат дIадахана. Цунна цо шена карийнарг ду‚ шуна аша шайна карийнарг ду‚ шуьга жоп доьхур ма дац цара деш хиллачух.