2:142۞ سَيَقُولُ ٱلسُّفَهَآءُ مِنَ ٱلنَّاسِ مَا وَلَّىٰهُمْ عَن قِبْلَتِهِمُ ٱلَّتِى كَانُوا۟ عَلَيْهَا ۚ قُل لِّلَّهِ ٱلْمَشْرِقُ وَٱلْمَغْرِبُ ۚ يَهْدِى مَن يَشَآءُ إِلَىٰ صِرَٰطٍۢ مُّسْتَقِيمٍۢ
Нахах хьекъале боцучара эр ма ду: "Стено дIаберзийна техьа уьш шаьш тIехIиттийна хиллачу къилбанна тIера?" Ахьа ала: "Делан ю малхбале а‚ малхбузе а‚ нисвеш ву И Шена луург нийсачу новкъа".
2:143وَكَذَٰلِكَ جَعَلْنَٰكُمْ أُمَّةًۭ وَسَطًۭا لِّتَكُونُوا۟ شُهَدَآءَ عَلَى ٱلنَّاسِ وَيَكُونَ ٱلرَّسُولُ عَلَيْكُمْ شَهِيدًۭا ۗ وَمَا جَعَلْنَا ٱلْقِبْلَةَ ٱلَّتِى كُنتَ عَلَيْهَآ إِلَّا لِنَعْلَمَ مَن يَتَّبِعُ ٱلرَّسُولَ مِمَّن يَنقَلِبُ عَلَىٰ عَقِبَيْهِ ۚ وَإِن كَانَتْ لَكَبِيرَةً إِلَّا عَلَى ٱلَّذِينَ هَدَى ٱللَّهُ ۗ وَمَا كَانَ ٱللَّهُ لِيُضِيعَ إِيمَٰنَكُمْ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ بِٱلنَّاسِ لَرَءُوفٌۭ رَّحِيمٌۭ
Иштта шух дира Оха юкъара /Iедале/ уммат‚ шу хилийтархьама а нахана тIехь тешаш‚ элча хилийтархьама а шуна тIехь теш. Оха ма ца дира хьо шена тIехь хилла волу къилба‚ шаьш динах дIабирзинчарех элчанна тIаьхьа хIуттурш бовзархьама бен. Дала шаьш нийсачу новкъа бихкинчарна-м ца хийтира и доккха хIума. Дела ца хилла шун иман эшор долуш. Баккъалла а, и Дела ма ву нахах дог лозуш а‚ къинхетаме а.
2:144قَدْ نَرَىٰ تَقَلُّبَ وَجْهِكَ فِى ٱلسَّمَآءِ ۖ فَلَنُوَلِّيَنَّكَ قِبْلَةًۭ تَرْضَىٰهَا ۚ فَوَلِّ وَجْهَكَ شَطْرَ ٱلْمَسْجِدِ ٱلْحَرَامِ ۚ وَحَيْثُ مَا كُنتُمْ فَوَلُّوا۟ وُجُوهَكُمْ شَطْرَهُۥ ۗ وَإِنَّ ٱلَّذِينَ أُوتُوا۟ ٱلْكِتَٰبَ لَيَعْلَمُونَ أَنَّهُ ٱلْحَقُّ مِن رَّبِّهِمْ ۗ وَمَا ٱللَّهُ بِغَٰفِلٍ عَمَّا يَعْمَلُونَ
Гира Тхуна /хIай‚ Мухьаммад/ хьан юьхь дIай-схьай хьийзаш стиглахула. Оха хьо тIе воьрзуьйтур ма ву хьо реза волчу къилбанна. ДIаерзае хьайн юьхь Хьарам Масжидан агIор. Шаьш миччахьа лаьтташ делахь а‚ дIаерзае шайн яххьаш цуьнан агIор. Жайнан охIланна хуур ма ду и шайн Кхиош- кхобучуьнгара бакъдерг хилар. Ма вац и Дела тергам ца беш цара дийриг.
2:145وَلَئِنْ أَتَيْتَ ٱلَّذِينَ أُوتُوا۟ ٱلْكِتَٰبَ بِكُلِّ ءَايَةٍۢ مَّا تَبِعُوا۟ قِبْلَتَكَ ۚ وَمَآ أَنتَ بِتَابِعٍۢ قِبْلَتَهُمْ ۚ وَمَا بَعْضُهُم بِتَابِعٍۢ قِبْلَةَ بَعْضٍۢ ۚ وَلَئِنِ ٱتَّبَعْتَ أَهْوَآءَهُم مِّنۢ بَعْدِ مَا جَآءَكَ مِنَ ٱلْعِلْمِ ۙ إِنَّكَ إِذًۭا لَّمِنَ ٱلظَّٰلِمِينَ
Жайнан охIланна муьлхха делалла ахьа далийча а‚ уьш тIебоьрзур ма бац хьан къилбанна‚ хьо а воьрзур ма вац церан къилбанна тIе. Царах цхьаберш боьрзур ма бац кхечеран къилбанна тIе. Хьо церан дезаршна тIаьхьа хIоттахь‚ хьайга Iилма кхаьчначул тIаьхьа‚ хьо хир ма ву зулам дечарех.
2:146ٱلَّذِينَ ءَاتَيْنَٰهُمُ ٱلْكِتَٰبَ يَعْرِفُونَهُۥ كَمَا يَعْرِفُونَ أَبْنَآءَهُمْ ۖ وَإِنَّ فَرِيقًۭا مِّنْهُمْ لَيَكْتُمُونَ ٱلْحَقَّ وَهُمْ يَعْلَمُونَ
Оха шайга жайна доссийнчарна и /Мухьаммад пайхамар/ вевза‚ шайн кIентий шайна бовзаре терра. Баккъалла а, царах цхьа тоба хьулдеш ма ю бакъдерг‚ шайна хууш долуш.
2:147ٱلْحَقُّ مِن رَّبِّكَ ۖ فَلَا تَكُونَنَّ مِنَ ٱلْمُمْتَرِينَ
Бакъдерг /ду иза/ хьан Кхиош-кхобучуьнгара. Хиллане хьо ма хилалахь шеко йолуш болчарех.
2:148وَلِكُلٍّۢ وِجْهَةٌ هُوَ مُوَلِّيهَا ۖ فَٱسْتَبِقُوا۟ ٱلْخَيْرَٰتِ ۚ أَيْنَ مَا تَكُونُوا۟ يَأْتِ بِكُمُ ٱللَّهُ جَمِيعًا ۚ إِنَّ ٱللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَىْءٍۢ قَدِيرٌۭ
ХIоранна а – шен агIо ю‚ и цунна тIе а хьожуш. Аша хьалхадаха диканаш. Миччахьа а шу делахь а‚ – Дала дерриге а дIадуьгур ду шу /Шена тIе/. Баккъалла а, и Дела массо хIуманна ницкъ кхочуш ма ву.
2:149وَمِنْ حَيْثُ خَرَجْتَ فَوَلِّ وَجْهَكَ شَطْرَ ٱلْمَسْجِدِ ٱلْحَرَامِ ۖ وَإِنَّهُۥ لَلْحَقُّ مِن رَّبِّكَ ۗ وَمَا ٱللَّهُ بِغَٰفِلٍ عَمَّا تَعْمَلُونَ
Миччахьара хьо араваьлча а‚ дIаерзае хьайн юьхь Хьарам Масжидан агIор. И баккъалла а, бакъдерг ма ду хьан Кхиош-кхобучуьнгара. Ма вац и Дела тергал ца деш аша дийриг.
2:150وَمِنْ حَيْثُ خَرَجْتَ فَوَلِّ وَجْهَكَ شَطْرَ ٱلْمَسْجِدِ ٱلْحَرَامِ ۚ وَحَيْثُ مَا كُنتُمْ فَوَلُّوا۟ وُجُوهَكُمْ شَطْرَهُۥ لِئَلَّا يَكُونَ لِلنَّاسِ عَلَيْكُمْ حُجَّةٌ إِلَّا ٱلَّذِينَ ظَلَمُوا۟ مِنْهُمْ فَلَا تَخْشَوْهُمْ وَٱخْشَوْنِى وَلِأُتِمَّ نِعْمَتِى عَلَيْكُمْ وَلَعَلَّكُمْ تَهْتَدُونَ
Миччахьа хьо араваьлча а‚ дIаерзае хьайн юьхь Хьарам Масжидан агIор. Шаьш миччахьа хилча а‚ дIаерзае шайн яьххьаш цуьнан агIор‚ нехан шуна тIехь делалла ца хилийтархьама‚ царех зулам диначарна а бен – шу царах ма кхералаш – Сох кхералаш‚ Аса шуна тIехь Сайн ниIмат кхочушдархьама а – шу нислур дацара техьа.
2:151كَمَآ أَرْسَلْنَا فِيكُمْ رَسُولًۭا مِّنكُمْ يَتْلُوا۟ عَلَيْكُمْ ءَايَٰتِنَا وَيُزَكِّيكُمْ وَيُعَلِّمُكُمُ ٱلْكِتَٰبَ وَٱلْحِكْمَةَ وَيُعَلِّمُكُم مَّا لَمْ تَكُونُوا۟ تَعْلَمُونَ
Оха шуьгахь шух-шайх элча ваийтарх терра‚ цо доьшу шуна Тхан аяташ‚ цо шу цIандеш‚ Iамадеш шуна жайна а‚ хьекъалалла а‚ шуна Iамадеш шуна хууш ца хилларг.
2:152فَٱذْكُرُونِىٓ أَذْكُرْكُمْ وَٱشْكُرُوا۟ لِى وَلَا تَكْفُرُونِ
Аша Со дагаваийта – Аса шу а дагадохкуьйтур ду /гечдарца/‚ Суна шукур де‚ Со харц ма ве.
2:153يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ ٱسْتَعِينُوا۟ بِٱلصَّبْرِ وَٱلصَّلَوٰةِ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ مَعَ ٱلصَّٰبِرِينَ
ХIай‚ иман диллинарш! Аша гIо лаха собарца а‚ ламазца а. Баккъалла а, и Дела ма ву собаре болчарца.
2:154وَلَا تَقُولُوا۟ لِمَن يُقْتَلُ فِى سَبِيلِ ٱللَّهِ أَمْوَٰتٌۢ ۚ بَلْ أَحْيَآءٌۭ وَلَٰكِن لَّا تَشْعُرُونَ
Аша ма ала Делан новкъахь беллачарна "белла". – Дийна бу уьш. – Амма шуна ца хаало.
2:155وَلَنَبْلُوَنَّكُم بِشَىْءٍۢ مِّنَ ٱلْخَوْفِ وَٱلْجُوعِ وَنَقْصٍۢ مِّنَ ٱلْأَمْوَٰلِ وَٱلْأَنفُسِ وَٱلثَّمَرَٰتِ ۗ وَبَشِّرِ ٱلصَّٰبِرِينَ
Оха диттанне а ца зуьйш дуьтур дац шу кхерам тасарца а‚ мацалла яийтарца а‚ даьхний а‚ синош а‚ стоьмаш а эшийтарца а‚ – ахьа кхаъ баккха собаре хиллачарна‚ –
2:156ٱلَّذِينَ إِذَآ أَصَٰبَتْهُم مُّصِيبَةٌۭ قَالُوٓا۟ إِنَّا لِلَّهِ وَإِنَّآ إِلَيْهِ رَٰجِعُونَ
иштаннаш бу уьш шайна тIе цхьа боккха бала беьча‚ олуш: "Вай Делан ду‚ Цуьнга дIадоьрзур долуш а ду".
2:157أُو۟لَٰٓئِكَ عَلَيْهِمْ صَلَوَٰتٌۭ مِّن رَّبِّهِمْ وَرَحْمَةٌۭ ۖ وَأُو۟لَٰٓئِكَ هُمُ ٱلْمُهْتَدُونَ
Царна шайн Кхиош-кхобучуьнгара гечдар ма ду‚ къинхетам а ма бу‚ уьш ма бу нисбелларш.
2:158۞ إِنَّ ٱلصَّفَا وَٱلْمَرْوَةَ مِن شَعَآئِرِ ٱللَّهِ ۖ فَمَنْ حَجَّ ٱلْبَيْتَ أَوِ ٱعْتَمَرَ فَلَا جُنَاحَ عَلَيْهِ أَن يَطَّوَّفَ بِهِمَا ۚ وَمَن تَطَوَّعَ خَيْرًۭا فَإِنَّ ٱللَّهَ شَاكِرٌ عَلِيمٌ
Сафа а‚ Марват а Делан дин довзийтарах ду. ХьаьжцIа воьдучунна а‚ Iумрат дечунна а къа дац царна гуо баьккхича. Даггара диканиг дича – и Дела баркалла олуш а‚ хууш а ву.
2:159إِنَّ ٱلَّذِينَ يَكْتُمُونَ مَآ أَنزَلْنَا مِنَ ٱلْبَيِّنَٰتِ وَٱلْهُدَىٰ مِنۢ بَعْدِ مَا بَيَّنَّٰهُ لِلنَّاسِ فِى ٱلْكِتَٰبِ ۙ أُو۟لَٰٓئِكَ يَلْعَنُهُمُ ٱللَّهُ وَيَلْعَنُهُمُ ٱللَّٰعِنُونَ
Баккъалла а, Оха яийтина билгалонаш а‚ нийса некъ а Оха шаьш нахана Жайна чохь билгалъяьхначул тIаьхьа хьулдеш берш – уьш ма бу Дала шайна неIалт эр берш а‚ неIалт олучара а шайна неIалт эр берш а.
2:160إِلَّا ٱلَّذِينَ تَابُوا۟ وَأَصْلَحُوا۟ وَبَيَّنُوا۟ فَأُو۟لَٰٓئِكَ أَتُوبُ عَلَيْهِمْ ۚ وَأَنَا ٱلتَّوَّابُ ٱلرَّحِيمُ
Бац /неIалтан кIел/ шаьш дечунна тIера /тоба дарца/ бухабевлла‚ дика а лелла‚ /шаьш хьулдеш хилларг/ билгала даьккхинарш-м – церан тоба Аса къабал дийр ду – Со тоба дукха /къабал/ дийриг а ву /Сан лешна/, шорта къинхетаме верг а ву.
2:161إِنَّ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ وَمَاتُوا۟ وَهُمْ كُفَّارٌ أُو۟لَٰٓئِكَ عَلَيْهِمْ لَعْنَةُ ٱللَّهِ وَٱلْمَلَٰٓئِكَةِ وَٱلنَّاسِ أَجْمَعِينَ
Баккъалла а, шаьш /дин/ керстадинарш‚ шаьш ца тешаш хилла белларш – царна хуьлийла Делан а‚ маликийн а‚ массо нехан а неIалт.
2:162خَٰلِدِينَ فِيهَا ۖ لَا يُخَفَّفُ عَنْهُمُ ٱلْعَذَابُ وَلَا هُمْ يُنظَرُونَ
Шаьш цу чохь гуттар а лаьтташ‚ Iазап дайдийр ма дац царна‚ тIехьа тоттур а ма бац уьш.
2:163وَإِلَٰهُكُمْ إِلَٰهٌۭ وَٰحِدٌۭ ۖ لَّآ إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ٱلرَّحْمَٰنُ ٱلرَّحِيمُ
Шун Дела – цхьа Дела ву. Кхин Дела вац И бен‚ сов къинхетаме а‚ къинхетаме а верг ву И.
2:164إِنَّ فِى خَلْقِ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ وَٱخْتِلَٰفِ ٱلَّيْلِ وَٱلنَّهَارِ وَٱلْفُلْكِ ٱلَّتِى تَجْرِى فِى ٱلْبَحْرِ بِمَا يَنفَعُ ٱلنَّاسَ وَمَآ أَنزَلَ ٱللَّهُ مِنَ ٱلسَّمَآءِ مِن مَّآءٍۢ فَأَحْيَا بِهِ ٱلْأَرْضَ بَعْدَ مَوْتِهَا وَبَثَّ فِيهَا مِن كُلِّ دَآبَّةٍۢ وَتَصْرِيفِ ٱلرِّيَٰحِ وَٱلسَّحَابِ ٱلْمُسَخَّرِ بَيْنَ ٱلسَّمَآءِ وَٱلْأَرْضِ لَءَايَٰتٍۢ لِّقَوْمٍۢ يَعْقِلُونَ
Баккъалла а, стигланаш а‚ латта а кхолларехь‚ буьйса-де хийцадаларехь‚ нахана пайда а беш‚ хIордачохь дIасалелаш долчу кеманахь а‚ Дала шеца деллачул тIаьхьа латта дендеш стиглара охьадоуьйтучу хинехь а‚ Цо цу /латта/ тIехь массо дийнат даржадарехь а‚ мох хьакхарехь а‚ шаьш Далла муьтIахь хилла стигланна а‚ лаьттана а юккъехь дIасалелачу мархашкахь а – делилаш ма ду шаьш ойла ян хуучу нахана.
2:165وَمِنَ ٱلنَّاسِ مَن يَتَّخِذُ مِن دُونِ ٱللَّهِ أَندَادًۭا يُحِبُّونَهُمْ كَحُبِّ ٱللَّهِ ۖ وَٱلَّذِينَ ءَامَنُوٓا۟ أَشَدُّ حُبًّۭا لِّلَّهِ ۗ وَلَوْ يَرَى ٱلَّذِينَ ظَلَمُوٓا۟ إِذْ يَرَوْنَ ٱلْعَذَابَ أَنَّ ٱلْقُوَّةَ لِلَّهِ جَمِيعًۭا وَأَنَّ ٱللَّهَ شَدِيدُ ٱلْعَذَابِ
Нахах бу Дела а витина‚ кхин делий лоьцуш берш‚ шайн уьш безаш Дела везарх терра. /Баккъалла а, Делах/ тешаш берш чIогIа дукхабезаш бу Далла. Гуш белхьара и зулам деш берш – царна гур ма дара Iазап – царна гур ма дара ницкъ берриге а Делан буй‚ и Дела Iазап чIогIа долуш вуй.
2:166إِذْ تَبَرَّأَ ٱلَّذِينَ ٱتُّبِعُوا۟ مِنَ ٱلَّذِينَ ٱتَّبَعُوا۟ وَرَأَوُا۟ ٱلْعَذَابَ وَتَقَطَّعَتْ بِهِمُ ٱلْأَسْبَابُ
Шайна нах тIаьхьахIуттуш хилла берш цIанлур ма бу шайна тIаьхьа хIиттийна хиллачарех‚ царна гур ду Iазап‚ тедалур ю церан юкъаметтигаш.
2:167وَقَالَ ٱلَّذِينَ ٱتَّبَعُوا۟ لَوْ أَنَّ لَنَا كَرَّةًۭ فَنَتَبَرَّأَ مِنْهُمْ كَمَا تَبَرَّءُوا۟ مِنَّا ۗ كَذَٰلِكَ يُرِيهِمُ ٱللَّهُ أَعْمَٰلَهُمْ حَسَرَٰتٍ عَلَيْهِمْ ۖ وَمَا هُم بِخَٰرِجِينَ مِنَ ٱلنَّارِ
Шаьш кхечарна тIаьхьахIуттуш хиллачара эр ду: "Тхан юха дуьнена доьрзуьйла делахьара‚ тхо а цIанлур ма дара царех‚ уьш тхох цIанбаларх терра". Иштта гойтур ю Дала церан Iамалш‚ царна бала хилла. Уьш арабовлур ма бац цIергара.
2:168يَٰٓأَيُّهَا ٱلنَّاسُ كُلُوا۟ مِمَّا فِى ٱلْأَرْضِ حَلَٰلًۭا طَيِّبًۭا وَلَا تَتَّبِعُوا۟ خُطُوَٰتِ ٱلشَّيْطَٰنِ ۚ إِنَّهُۥ لَكُمْ عَدُوٌّۭ مُّبِينٌ
ХIай нах! Даа лаьттахь долчух хьаналдерг а‚ цIена дерг а. Шу ма хIитталаш шайтIанан тачча – и шуна билггала мостагI ма ду.
2:169إِنَّمَا يَأْمُرُكُم بِٱلسُّوٓءِ وَٱلْفَحْشَآءِ وَأَن تَقُولُوا۟ عَلَى ٱللَّهِ مَا لَا تَعْلَمُونَ
Баккъалла а, цо шуна омра ма до вониг‚ ирчаниг‚ аша Далла /Делах лаьцна/ алар а шайна ца хуург.
2:170وَإِذَا قِيلَ لَهُمُ ٱتَّبِعُوا۟ مَآ أَنزَلَ ٱللَّهُ قَالُوا۟ بَلْ نَتَّبِعُ مَآ أَلْفَيْنَا عَلَيْهِ ءَابَآءَنَآ ۗ أَوَلَوْ كَانَ ءَابَآؤُهُمْ لَا يَعْقِلُونَ شَيْـًۭٔا وَلَا يَهْتَدُونَ
Цаьрга аьлча: "ТIаьхьахIитта Дала шайга доссийначунна /КъурIан/"‚ цара олу: "ХIан-хIа! Тхо тIаьхьахIуьттур ду‚ тхуна тхан дай тIехь карийначунна"… – и церан дай хилла бацахь цхьанне хIуманах кхеташ а‚ нийсачу новкъахь а.
2:171وَمَثَلُ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ كَمَثَلِ ٱلَّذِى يَنْعِقُ بِمَا لَا يَسْمَعُ إِلَّا دُعَآءًۭ وَنِدَآءًۭ ۚ صُمٌّۢ بُكْمٌ عُمْىٌۭ فَهُمْ لَا يَعْقِلُونَ
Цатешачеран масал ду шена кхайкхар а‚ мохь беттар бен ца хезаш волчуьнга цIогIа хьоькхучун масалх терра: къора‚ мотт ца хууш‚ бIаьрзе – уьш ца кхета.
2:172يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ كُلُوا۟ مِن طَيِّبَٰتِ مَا رَزَقْنَٰكُمْ وَٱشْكُرُوا۟ لِلَّهِ إِن كُنتُمْ إِيَّاهُ تَعْبُدُونَ
ХIай‚ иман диллинарш! Даа Оха шайна деллачу рицкъанх цIена дерг‚ цу Далла шукур а де‚ шаьш Цунна Iибадат деш делахь.
2:173إِنَّمَا حَرَّمَ عَلَيْكُمُ ٱلْمَيْتَةَ وَٱلدَّمَ وَلَحْمَ ٱلْخِنزِيرِ وَمَآ أُهِلَّ بِهِۦ لِغَيْرِ ٱللَّهِ ۖ فَمَنِ ٱضْطُرَّ غَيْرَ بَاغٍۢ وَلَا عَادٍۢ فَلَآ إِثْمَ عَلَيْهِ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ غَفُورٌۭ رَّحِيمٌ
Цо шуна хьарам йина къеелла хIума а‚ цIий а‚ хьакхин жижиг а‚ Далла доцуш‚ кхечунна лерина йийна хIума а. Нагахь санна ницкъ хилахь‚ дог тIе а ца дохуьйтуш‚ дозанах а ца волуш‚ цо и /хьарамниг даарх/ цунна къа дац – баккъалла‚ и Дела ма ву гечдеш а‚ къинхетам болуш а.
2:174إِنَّ ٱلَّذِينَ يَكْتُمُونَ مَآ أَنزَلَ ٱللَّهُ مِنَ ٱلْكِتَٰبِ وَيَشْتَرُونَ بِهِۦ ثَمَنًۭا قَلِيلًا ۙ أُو۟لَٰٓئِكَ مَا يَأْكُلُونَ فِى بُطُونِهِمْ إِلَّا ٱلنَّارَ وَلَا يُكَلِّمُهُمُ ٱللَّهُ يَوْمَ ٱلْقِيَٰمَةِ وَلَا يُزَكِّيهِمْ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
Баккъалла а, Дала Ша доссийначу жайнах /цхьацца дерг нахах/ хьулдеш берш‚ цунах шайна кIеззиг мах оьцуш берш – уьш ма бу шайн кийрахь цIе бен юур йоцурш‚ вистхир ма вац и Дела цаьрга къематан дийнахь‚ цIанбийр ма бац Цо уьш‚ царна хир ма ду лазош долу Iазап.
2:175أُو۟لَٰٓئِكَ ٱلَّذِينَ ٱشْتَرَوُا۟ ٱلضَّلَٰلَةَ بِٱلْهُدَىٰ وَٱلْعَذَابَ بِٱلْمَغْفِرَةِ ۚ فَمَآ أَصْبَرَهُمْ عَلَى ٱلنَّارِ
Уьш ма бу шаьш нийса некъ боьхкина талхар эцнарш‚ шаьш гечдар доьхкина Iазап эцнарш. Хьан лур ду те царна собар жоьжахатийн цIарна дуьхьал?
2:176ذَٰلِكَ بِأَنَّ ٱللَّهَ نَزَّلَ ٱلْكِتَٰبَ بِٱلْحَقِّ ۗ وَإِنَّ ٱلَّذِينَ ٱخْتَلَفُوا۟ فِى ٱلْكِتَٰبِ لَفِى شِقَاقٍۭ بَعِيدٍۢ
Иза ду Дала и жайна доссийна хилар бакъдолчуьнца‚ цу жайнаца цхьаьна ца богIурш генарчу /барт/ эгIарехь хилар.
2:177۞ لَّيْسَ ٱلْبِرَّ أَن تُوَلُّوا۟ وُجُوهَكُمْ قِبَلَ ٱلْمَشْرِقِ وَٱلْمَغْرِبِ وَلَٰكِنَّ ٱلْبِرَّ مَنْ ءَامَنَ بِٱللَّهِ وَٱلْيَوْمِ ٱلْءَاخِرِ وَٱلْمَلَٰٓئِكَةِ وَٱلْكِتَٰبِ وَٱلنَّبِيِّۦنَ وَءَاتَى ٱلْمَالَ عَلَىٰ حُبِّهِۦ ذَوِى ٱلْقُرْبَىٰ وَٱلْيَتَٰمَىٰ وَٱلْمَسَٰكِينَ وَٱبْنَ ٱلسَّبِيلِ وَٱلسَّآئِلِينَ وَفِى ٱلرِّقَابِ وَأَقَامَ ٱلصَّلَوٰةَ وَءَاتَى ٱلزَّكَوٰةَ وَٱلْمُوفُونَ بِعَهْدِهِمْ إِذَا عَٰهَدُوا۟ ۖ وَٱلصَّٰبِرِينَ فِى ٱلْبَأْسَآءِ وَٱلضَّرَّآءِ وَحِينَ ٱلْبَأْسِ ۗ أُو۟لَٰٓئِكَ ٱلَّذِينَ صَدَقُوا۟ ۖ وَأُو۟لَٰٓئِكَ هُمُ ٱلْمُتَّقُونَ
Мел хир бац аша шайн яьххьаш малхбалехьа а‚ малхбузехьа а тийжаярах. Ткъа миэл хир бу и /нах/ Делах тийшича‚ тIаьххьарчу дийнах а тийшича‚ маликех а тийшича‚ жайнах тийшича‚ пайхамарех а тийшича‚ шена дезачух даьхний делча /сагIина/ гергарчарна а‚ боберашна а‚ мискачу нахана а‚ некъхочунна а‚ доьхучунна а‚ лай паргIат ваккхархьама‚ ламаз цо хIоттийча‚ закат делча‚ шаьш делла дош кхочушдича‚ яккхийчу халонашкахь а‚ баланашкахь а‚ тIамехь а собаре хилча. Уьш бу бакълуьйш берш. Уьш бу /Делах/ кхоьруш берш.
2:178يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ كُتِبَ عَلَيْكُمُ ٱلْقِصَاصُ فِى ٱلْقَتْلَى ۖ ٱلْحُرُّ بِٱلْحُرِّ وَٱلْعَبْدُ بِٱلْعَبْدِ وَٱلْأُنثَىٰ بِٱلْأُنثَىٰ ۚ فَمَنْ عُفِىَ لَهُۥ مِنْ أَخِيهِ شَىْءٌۭ فَٱتِّبَاعٌۢ بِٱلْمَعْرُوفِ وَأَدَآءٌ إِلَيْهِ بِإِحْسَٰنٍۢ ۗ ذَٰلِكَ تَخْفِيفٌۭ مِّن رَّبِّكُمْ وَرَحْمَةٌۭ ۗ فَمَنِ ٱعْتَدَىٰ بَعْدَ ذَٰلِكَ فَلَهُۥ عَذَابٌ أَلِيمٌۭ
ХIай‚ иман диллинарш! Шуна тIедиллина вийначунна тIера чIир эцар: оьздачунна тIера – оьздачуьнца‚ лен тIера – леца‚ зудчунна тIера – зудчуьнца. /Бусулба/ вашас цхьанна гечдича – диканца цунна тIаьхьахIотта веза. Нийса кхочушдан деза дият. И шуна Делера атталла ю‚ къинхетам а ма бу. Цул тIаьхьа дозанах ваьллачунна хир ма ду лазош долу Iазап.
2:179وَلَكُمْ فِى ٱلْقِصَاصِ حَيَوٰةٌۭ يَٰٓأُو۟لِى ٱلْأَلْبَٰبِ لَعَلَّكُمْ تَتَّقُونَ
Шуна чIир эцарехь дахар ду‚ хIай хьекъал дерш! Шу хила мегара /Делах/ кхоьруш.
2:180كُتِبَ عَلَيْكُمْ إِذَا حَضَرَ أَحَدَكُمُ ٱلْمَوْتُ إِن تَرَكَ خَيْرًا ٱلْوَصِيَّةُ لِلْوَٰلِدَيْنِ وَٱلْأَقْرَبِينَ بِٱلْمَعْرُوفِ ۖ حَقًّا عَلَى ٱلْمُتَّقِينَ
Шуна тIедиллина цхьанна тIе валар деъча‚ нагахь цуьнан буха дуьсуш хIума делахь цо и нийсонца дена-нанна‚ гергарчарна дала весет дар – хьакъ-бакъ долуш ду и /весет дар/ кхоьручарна /Делах/.
2:181فَمَنۢ بَدَّلَهُۥ بَعْدَمَا سَمِعَهُۥ فَإِنَّمَآ إِثْمُهُۥ عَلَى ٱلَّذِينَ يُبَدِّلُونَهُۥٓ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ سَمِيعٌ عَلِيمٌۭ
Нагахь санна цхьаммо и /весетан чулацам/ шена хезначул тIаьхьа хийцахь – къа и хийцинчунна хир ду. И Дела ма ву ша хезаш а‚ хууш а.
2:182فَمَنْ خَافَ مِن مُّوصٍۢ جَنَفًا أَوْ إِثْمًۭا فَأَصْلَحَ بَيْنَهُمْ فَلَآ إِثْمَ عَلَيْهِ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ غَفُورٌۭ رَّحِيمٌۭ
Нагахь санна цхьаъ весет дечуьнгара нийсо ца хиларх я къа даларх кхерахь‚ цо маслаIат дахь царна юккъехь‚ цунна къа хир дац. И Дела ма ву гечдеш а‚ къинхетам болуш а.
2:183يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ كُتِبَ عَلَيْكُمُ ٱلصِّيَامُ كَمَا كُتِبَ عَلَى ٱلَّذِينَ مِن قَبْلِكُمْ لَعَلَّكُمْ تَتَّقُونَ
ХIай‚ иман диллинарш! Шуна тIедиллина марха лацар‚ шул хьалхабаханчарна тIедилларх терра‚ шу хилийтархьама /Делах/ кхоьруш.
2:184أَيَّامًۭا مَّعْدُودَٰتٍۢ ۚ فَمَن كَانَ مِنكُم مَّرِيضًا أَوْ عَلَىٰ سَفَرٍۢ فَعِدَّةٌۭ مِّنْ أَيَّامٍ أُخَرَ ۚ وَعَلَى ٱلَّذِينَ يُطِيقُونَهُۥ فِدْيَةٌۭ طَعَامُ مِسْكِينٍۢ ۖ فَمَن تَطَوَّعَ خَيْرًۭا فَهُوَ خَيْرٌۭ لَّهُۥ ۚ وَأَن تَصُومُوا۟ خَيْرٌۭ لَّكُمْ ۖ إِن كُنتُمْ تَعْلَمُونَ
Цхьа масийтта де; шух цхьаъ цомгуш велахь я новкъахь нислахь – кхечу хенахь денош /кхочушдер цо/. Марха ца кхабалучарна тIехь ду мискачу стагана даар далар. Диканиг цо сов даьккхича (шен даггара сагIа сов луш) – и цунна дика ду. Аша марха лаьцча – шуна дика ду‚ шу хууш делахь.
2:185شَهْرُ رَمَضَانَ ٱلَّذِىٓ أُنزِلَ فِيهِ ٱلْقُرْءَانُ هُدًۭى لِّلنَّاسِ وَبَيِّنَٰتٍۢ مِّنَ ٱلْهُدَىٰ وَٱلْفُرْقَانِ ۚ فَمَن شَهِدَ مِنكُمُ ٱلشَّهْرَ فَلْيَصُمْهُ ۖ وَمَن كَانَ مَرِيضًا أَوْ عَلَىٰ سَفَرٍۢ فَعِدَّةٌۭ مِّنْ أَيَّامٍ أُخَرَ ۗ يُرِيدُ ٱللَّهُ بِكُمُ ٱلْيُسْرَ وَلَا يُرِيدُ بِكُمُ ٱلْعُسْرَ وَلِتُكْمِلُوا۟ ٱلْعِدَّةَ وَلِتُكَبِّرُوا۟ ٱللَّهَ عَلَىٰ مَا هَدَىٰكُمْ وَلَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ
Рамазан бутт‚ шена чохь КъурIан доссийна болу‚ нахана нийса некъ а‚ нийсачу некъан а, /бакъдерг-харцдерг, хьанал-хьарам/ къасторан а билгалонаш а ю. Шух и тергал бинчо марха лоцийла. Цхьаъ цомгуш велахь‚ я новкъахь велахь – кхечу денойх цхьаъ дакъа /кхочушдер цо/. И Дела лууш ву шуна атто‚ лууш вац И шуна хало. Кхочушдер аша и денош‚ вазвер аша и Дела /АллахIу акбар аларца/‚ Цо шу нисдарна нийсачу новкъа‚ шу хилахьара баркалла олуш.
2:186وَإِذَا سَأَلَكَ عِبَادِى عَنِّى فَإِنِّى قَرِيبٌ ۖ أُجِيبُ دَعْوَةَ ٱلدَّاعِ إِذَا دَعَانِ ۖ فَلْيَسْتَجِيبُوا۟ لِى وَلْيُؤْمِنُوا۟ بِى لَعَلَّهُمْ يَرْشُدُونَ
Сан леша хьоьга хаттахь Сох лаьцна – Со гергахь ву‚ жоп луш доьхучун дехарна – цо дехча, Сан пайхамаршна жоп лойла цара (Суна муьтахь хиларца)‚ Сох тешийла уьш – уьш хила там бара нийсачу новкъахь.
2:187أُحِلَّ لَكُمْ لَيْلَةَ ٱلصِّيَامِ ٱلرَّفَثُ إِلَىٰ نِسَآئِكُمْ ۚ هُنَّ لِبَاسٌۭ لَّكُمْ وَأَنتُمْ لِبَاسٌۭ لَّهُنَّ ۗ عَلِمَ ٱللَّهُ أَنَّكُمْ كُنتُمْ تَخْتَانُونَ أَنفُسَكُمْ فَتَابَ عَلَيْكُمْ وَعَفَا عَنكُمْ ۖ فَٱلْـَٰٔنَ بَٰشِرُوهُنَّ وَٱبْتَغُوا۟ مَا كَتَبَ ٱللَّهُ لَكُمْ ۚ وَكُلُوا۟ وَٱشْرَبُوا۟ حَتَّىٰ يَتَبَيَّنَ لَكُمُ ٱلْخَيْطُ ٱلْأَبْيَضُ مِنَ ٱلْخَيْطِ ٱلْأَسْوَدِ مِنَ ٱلْفَجْرِ ۖ ثُمَّ أَتِمُّوا۟ ٱلصِّيَامَ إِلَى ٱلَّيْلِ ۚ وَلَا تُبَٰشِرُوهُنَّ وَأَنتُمْ عَٰكِفُونَ فِى ٱلْمَسَٰجِدِ ۗ تِلْكَ حُدُودُ ٱللَّهِ فَلَا تَقْرَبُوهَا ۗ كَذَٰلِكَ يُبَيِّنُ ٱللَّهُ ءَايَٰتِهِۦ لِلنَّاسِ لَعَلَّهُمْ يَتَّقُونَ
Магош ду шуна мархийн баттахь буьйсанна шайн зударшна тIе дахар – уьш шун духар ду‚ шу – церан духар ду. Далла хиира шу хилла хилар шаьш Iехадеш. Шун тоба къобалдира Цо‚ шуна гечдира. ХIинца цхьаьнакхета цаьрца /зударшца/‚ леха Дала шайна яздинарг. Даа‚ мала шайна сатасаран кIайн тай Iаьржачу тех къастадаллалц. ТIаккха кхачаде марха буьйсане. Цхьаьна ма кхета цаьрца /зударшца/ шаьш маьждигийн чохь лаьтташ долуш /иIтикаф деш/. Уьш Делан дозанаш ду. Герга ма гIо царна /дозанашна – уьш дохо/. Иштта билгалдоху Дала шен аяташ нахана‚ уьш хилийтархьама /Делах/ кхоьруш.
2:188وَلَا تَأْكُلُوٓا۟ أَمْوَٰلَكُم بَيْنَكُم بِٱلْبَٰطِلِ وَتُدْلُوا۟ بِهَآ إِلَى ٱلْحُكَّامِ لِتَأْكُلُوا۟ فَرِيقًۭا مِّنْ أَمْوَٰلِ ٱلنَّاسِ بِٱلْإِثْمِ وَأَنتُمْ تَعْلَمُونَ
Аша ма даа вовшийн даьхний харцонца‚ хьаькамашна тIе а лелаш нехан даьхний даархьама къица‚ шайна хуьушехь /и шайн доцийла/.
2:189۞ يَسْـَٔلُونَكَ عَنِ ٱلْأَهِلَّةِ ۖ قُلْ هِىَ مَوَٰقِيتُ لِلنَّاسِ وَٱلْحَجِّ ۗ وَلَيْسَ ٱلْبِرُّ بِأَن تَأْتُوا۟ ٱلْبُيُوتَ مِن ظُهُورِهَا وَلَٰكِنَّ ٱلْبِرَّ مَنِ ٱتَّقَىٰ ۗ وَأْتُوا۟ ٱلْبُيُوتَ مِنْ أَبْوَٰبِهَا ۚ وَٱتَّقُوا۟ ٱللَّهَ لَعَلَّكُمْ تُفْلِحُونَ
Хьоьга /хIай Мухьаммад/ хоьтту беттан куьцаш хийцадаларах лаьцна‚ ахьа ала: "Иза нахана хан билгалъяккхархьама а‚ хьаж дехкарна а ду". Миэл хир бац шу цIеношка тIехьахула дахарх. Миэл бу /шу Делах/ кхоьруш хилар. Чу гIуо цIеношка неIаршкахула! Делах кхера – шу даккхийдедийр ду.
2:190وَقَٰتِلُوا۟ فِى سَبِيلِ ٱللَّهِ ٱلَّذِينَ يُقَٰتِلُونَكُمْ وَلَا تَعْتَدُوٓا۟ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ لَا يُحِبُّ ٱلْمُعْتَدِينَ
ТIом бе Делан дуьхьа шайца тIом беш болчаьрца‚ шаьш дозанах ма довла. Далла ца беза дозанах буьйлурш.
2:191وَٱقْتُلُوهُمْ حَيْثُ ثَقِفْتُمُوهُمْ وَأَخْرِجُوهُم مِّنْ حَيْثُ أَخْرَجُوكُمْ ۚ وَٱلْفِتْنَةُ أَشَدُّ مِنَ ٱلْقَتْلِ ۚ وَلَا تُقَٰتِلُوهُمْ عِندَ ٱلْمَسْجِدِ ٱلْحَرَامِ حَتَّىٰ يُقَٰتِلُوكُمْ فِيهِ ۖ فَإِن قَٰتَلُوكُمْ فَٱقْتُلُوهُمْ ۗ كَذَٰلِكَ جَزَآءُ ٱلْكَٰفِرِينَ
Байа уьш шайна карабаьхккичохь‚ арабаха уьш шаьш арадаьхначуьра. Питана чIогIа ду стаг верал а. ТIом ма бе цаьрца Хьарам-Маьждигана уллохь‚ цара шаьш шуьца ца бахь цигахь. Цара шуьца бахь /тIом/ – байа уьш! Иштта бу цатешачарна бекхам.
2:192فَإِنِ ٱنتَهَوْا۟ فَإِنَّ ٱللَّهَ غَفُورٌۭ رَّحِيمٌۭ
Уьш совцахь – Дела гечдеш а‚ къинхетаме а ву.
2:193وَقَٰتِلُوهُمْ حَتَّىٰ لَا تَكُونَ فِتْنَةٌۭ وَيَكُونَ ٱلدِّينُ لِلَّهِ ۖ فَإِنِ ٱنتَهَوْا۟ فَلَا عُدْوَٰنَ إِلَّا عَلَى ٱلظَّٰلِمِينَ
ТIом бе цаьрца питана ца хилийтархьама‚ дин АллахIана хилийтархьама. Уьш совцахь – тIелатар дац зулам динчарна а бен.
2:194ٱلشَّهْرُ ٱلْحَرَامُ بِٱلشَّهْرِ ٱلْحَرَامِ وَٱلْحُرُمَٰتُ قِصَاصٌۭ ۚ فَمَنِ ٱعْتَدَىٰ عَلَيْكُمْ فَٱعْتَدُوا۟ عَلَيْهِ بِمِثْلِ مَا ٱعْتَدَىٰ عَلَيْكُمْ ۚ وَٱتَّقُوا۟ ٱللَّهَ وَٱعْلَمُوٓا۟ أَنَّ ٱللَّهَ مَعَ ٱلْمُتَّقِينَ
Безза бутт – безза баттаца‚ хьуьрамташ а – бекхам эца дезаш ду. Шайна цхьаъ тIелатахь – шу а тIелата цунна‚ и шайна тIе ма летти. Делах а кхера, шуна хаа: и Дела Шех кхоьручарца вуйла.
2:195وَأَنفِقُوا۟ فِى سَبِيلِ ٱللَّهِ وَلَا تُلْقُوا۟ بِأَيْدِيكُمْ إِلَى ٱلتَّهْلُكَةِ ۛ وَأَحْسِنُوٓا۟ ۛ إِنَّ ٱللَّهَ يُحِبُّ ٱلْمُحْسِنِينَ
Харжаш е Делан дуьхьа. Шайн куьйгашца шаьш хIаллакх ма де. Диканиг де. Далла дукхабеза диканаг деш берш.
2:196وَأَتِمُّوا۟ ٱلْحَجَّ وَٱلْعُمْرَةَ لِلَّهِ ۚ فَإِنْ أُحْصِرْتُمْ فَمَا ٱسْتَيْسَرَ مِنَ ٱلْهَدْىِ ۖ وَلَا تَحْلِقُوا۟ رُءُوسَكُمْ حَتَّىٰ يَبْلُغَ ٱلْهَدْىُ مَحِلَّهُۥ ۚ فَمَن كَانَ مِنكُم مَّرِيضًا أَوْ بِهِۦٓ أَذًۭى مِّن رَّأْسِهِۦ فَفِدْيَةٌۭ مِّن صِيَامٍ أَوْ صَدَقَةٍ أَوْ نُسُكٍۢ ۚ فَإِذَآ أَمِنتُمْ فَمَن تَمَتَّعَ بِٱلْعُمْرَةِ إِلَى ٱلْحَجِّ فَمَا ٱسْتَيْسَرَ مِنَ ٱلْهَدْىِ ۚ فَمَن لَّمْ يَجِدْ فَصِيَامُ ثَلَٰثَةِ أَيَّامٍۢ فِى ٱلْحَجِّ وَسَبْعَةٍ إِذَا رَجَعْتُمْ ۗ تِلْكَ عَشَرَةٌۭ كَامِلَةٌۭ ۗ ذَٰلِكَ لِمَن لَّمْ يَكُنْ أَهْلُهُۥ حَاضِرِى ٱلْمَسْجِدِ ٱلْحَرَامِ ۚ وَٱتَّقُوا۟ ٱللَّهَ وَٱعْلَمُوٓا۟ أَنَّ ٱللَّهَ شَدِيدُ ٱلْعِقَابِ
Чекхдаккха хьаьж дехкар а‚ Iумрат а Далла. Шу духатохахь шайна атта долу бежана де сагIина. Шайн кортош ма даша и сагIина дийна бежана шен меттиге дIакхаччалц. Шух цхьаъ цомгуш велахь я цунах коьртан цамгар елахь – /корта бошур бац‚ амма/ цунна дуьхьал марха лоцур ду /кхаа дийнахь/‚ сагIа лур ду /ялх мискачу стагана‚ цхьаннена ах сахь луш/‚ я устагI буьйр бу. Шу кхерамах паргIат девлча‚ шух цхьаммо Iумрат хьалхадаккхахь хьаж дехкарал – шена атта долчу бежанна урс хьакха сагIина. И ца карадахь – марха лоцур ду кхаа дийнахь хьаьж доьхкучу хенахь‚ ворхI дийнахь – цIа вухавирзича. Уьш кхоччуш итт де ду. И ду шен нах Хьарам-Маьждигана гонаха боцучарна. Шу кхера Делах‚ шуна хаа и Дела бекхам чIогIа болуш вуйла.
2:197ٱلْحَجُّ أَشْهُرٌۭ مَّعْلُومَٰتٌۭ ۚ فَمَن فَرَضَ فِيهِنَّ ٱلْحَجَّ فَلَا رَفَثَ وَلَا فُسُوقَ وَلَا جِدَالَ فِى ٱلْحَجِّ ۗ وَمَا تَفْعَلُوا۟ مِنْ خَيْرٍۢ يَعْلَمْهُ ٱللَّهُ ۗ وَتَزَوَّدُوا۟ فَإِنَّ خَيْرَ ٱلزَّادِ ٱلتَّقْوَىٰ ۚ وَٱتَّقُونِ يَٰٓأُو۟لِى ٱلْأَلْبَٰبِ
Хьаьж дехкар – девзаш долу беттанаш ду. Цу чохь Хьаьж дихкинчунна – зудчуьнца гIуллакх хилар а‚ Iесалла а‚ къийсар а ца мега хьаьж дехкарехь. Аша муьлхха а дина дика ша хууш ма ву и Дела. Шайца сурсаташ эца новкъана (хьаьж дихка доьдуш). Ткъа уггар дика сурсат – Делах кхерар ду. Сох кхера‚ хIай хьекъал дерш.
2:198لَيْسَ عَلَيْكُمْ جُنَاحٌ أَن تَبْتَغُوا۟ فَضْلًۭا مِّن رَّبِّكُمْ ۚ فَإِذَآ أَفَضْتُم مِّنْ عَرَفَٰتٍۢ فَٱذْكُرُوا۟ ٱللَّهَ عِندَ ٱلْمَشْعَرِ ٱلْحَرَامِ ۖ وَٱذْكُرُوهُ كَمَا هَدَىٰكُمْ وَإِن كُنتُم مِّن قَبْلِهِۦ لَمِنَ ٱلضَّآلِّينَ
Шуна къа дац‚ аша шайн Делера диканаш лехча. Шаьш Iарафатера охьатекхича – Дела хьахаве сийдолчу машIарехь. Хьахаве И‚ Цо шу нисдарах терра‚ шу хиллехь а хьалха тиллачарех.
2:199ثُمَّ أَفِيضُوا۟ مِنْ حَيْثُ أَفَاضَ ٱلنَّاسُ وَٱسْتَغْفِرُوا۟ ٱللَّهَ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ غَفُورٌۭ رَّحِيمٌۭ
ТIаккха лела нах лелачухула‚ Деле гечдар а деха. И Дела гечдеш а‚ къинхетаме а ву.
2:200فَإِذَا قَضَيْتُم مَّنَٰسِكَكُمْ فَٱذْكُرُوا۟ ٱللَّهَ كَذِكْرِكُمْ ءَابَآءَكُمْ أَوْ أَشَدَّ ذِكْرًۭا ۗ فَمِنَ ٱلنَّاسِ مَن يَقُولُ رَبَّنَآ ءَاتِنَا فِى ٱلدُّنْيَا وَمَا لَهُۥ فِى ٱلْءَاخِرَةِ مِنْ خَلَٰقٍۢ
Шаьш хьаьж дехкар кхочушдина девлича‚ хьехаве и Дела‚ шаьш шайн дай хьехабарх терра‚ я кхин а чIогIа. Нахах ма бу олурш: "ХIай‚ тхан Кхиош-кхобург‚ ло тхуна дуьненахь" /диканаш/ – ма дац цунна эхартахь дакъа.
2:201وَمِنْهُم مَّن يَقُولُ رَبَّنَآ ءَاتِنَا فِى ٱلدُّنْيَا حَسَنَةًۭ وَفِى ٱلْءَاخِرَةِ حَسَنَةًۭ وَقِنَا عَذَابَ ٱلنَّارِ
Царех бу олурш а: "ХIай‚ тхан Кхиош-кхобург! Ахьа тхуна лолахь дуьненахь а диканаш‚ эхартахь а диканаш‚ Ахьа тхо ларделахь цIеран Iазапах".
2:202أُو۟لَٰٓئِكَ لَهُمْ نَصِيبٌۭ مِّمَّا كَسَبُوا۟ ۚ وَٱللَّهُ سَرِيعُ ٱلْحِسَابِ
Царна ма ду дакъа шаьш тардинчух. И Дела ма ву хьесап сиха деш.
2:203۞ وَٱذْكُرُوا۟ ٱللَّهَ فِىٓ أَيَّامٍۢ مَّعْدُودَٰتٍۢ ۚ فَمَن تَعَجَّلَ فِى يَوْمَيْنِ فَلَآ إِثْمَ عَلَيْهِ وَمَن تَأَخَّرَ فَلَآ إِثْمَ عَلَيْهِ ۚ لِمَنِ ٱتَّقَىٰ ۗ وَٱتَّقُوا۟ ٱللَّهَ وَٱعْلَمُوٓا۟ أَنَّكُمْ إِلَيْهِ تُحْشَرُونَ
Дела хьехаве цхьана масийтта деношкахь. Шина денна сихвеллачунна къа дац‚ (кхоалгIачу денна) тIехьависинчунна а къа дац – къа дац /Делах/ кхоьруш волчунна. Делах кхералаш‚ шуна хаалаш шаьш Цунна тIе дIагулдийр дуйла.
2:204وَمِنَ ٱلنَّاسِ مَن يُعْجِبُكَ قَوْلُهُۥ فِى ٱلْحَيَوٰةِ ٱلدُّنْيَا وَيُشْهِدُ ٱللَّهَ عَلَىٰ مَا فِى قَلْبِهِۦ وَهُوَ أَلَدُّ ٱلْخِصَامِ
Цхьацца нах бу шаьш дуьненан дахарех лаьцна дуьйцучу дешнашца хьо цецвоккхуш‚ шайн дегнашкахь долчунна Дела теш хIоттаво цара – уьш ма бу луьра мостагIий.
2:205وَإِذَا تَوَلَّىٰ سَعَىٰ فِى ٱلْأَرْضِ لِيُفْسِدَ فِيهَا وَيُهْلِكَ ٱلْحَرْثَ وَٱلنَّسْلَ ۗ وَٱللَّهُ لَا يُحِبُّ ٱلْفَسَادَ
/Хьоьх/ дIа ма къаьсттинехь сихло уьш лаьтта тIехь пасад хIуманаш дан‚ хIаллакдо цара охана а‚ дохкана а‚– Далла ца деза пасад хIума.
2:206وَإِذَا قِيلَ لَهُ ٱتَّقِ ٱللَّهَ أَخَذَتْهُ ٱلْعِزَّةُ بِٱلْإِثْمِ ۚ فَحَسْبُهُۥ جَهَنَّمُ ۚ وَلَبِئْسَ ٱلْمِهَادُ
Цаьрга аьлча: "Делах кхера!" – къа дарца куралло схьалоьцу уьш. Царна кхачойийр ю жоьжахатис‚ – ма вон ю-кх царна нисйина меттиг.
2:207وَمِنَ ٱلنَّاسِ مَن يَشْرِى نَفْسَهُ ٱبْتِغَآءَ مَرْضَاتِ ٱللَّهِ ۗ وَٱللَّهُ رَءُوفٌۢ بِٱلْعِبَادِ
Нахах ву Дела реза хиларах ша оьцуш верг /берриг шен бахам дIабелла/ – и Дела ма ву дог лозуш /шен лех/.
2:208يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ ٱدْخُلُوا۟ فِى ٱلسِّلْمِ كَآفَّةًۭ وَلَا تَتَّبِعُوا۟ خُطُوَٰتِ ٱلشَّيْطَٰنِ ۚ إِنَّهُۥ لَكُمْ عَدُوٌّۭ مُّبِينٌۭ
ХIай‚ иман диллинарш! ЧугIо исламна кхоччуш. Шу ма хIитта шайтIанан гIулчашна тIаьхьа – и шуна билггала мостагIа ма ду.
2:209فَإِن زَلَلْتُم مِّنۢ بَعْدِ مَا جَآءَتْكُمُ ٱلْبَيِّنَٰتُ فَٱعْلَمُوٓا۟ أَنَّ ٱللَّهَ عَزِيزٌ حَكِيمٌ
Шайга хIара билгалонаш кхаьчначул тIаьхьа шу талхахь – шуна хаалаш: и Дела веза ву /бекхам эцарехь/‚ хьекъале ву /гIуллакхаш дIадахьарехь/.
2:210هَلْ يَنظُرُونَ إِلَّآ أَن يَأْتِيَهُمُ ٱللَّهُ فِى ظُلَلٍۢ مِّنَ ٱلْغَمَامِ وَٱلْمَلَٰٓئِكَةُ وَقُضِىَ ٱلْأَمْرُ ۚ وَإِلَى ٱللَّهِ تُرْجَعُ ٱلْأُمُورُ
Уьш хьоьжуш бу-техьа Дела шайга варе мархашна юккъехь‚ иштта маликаш а /шайга даре Iазап дохьуш/‚ тIаккха /Iазапан/ гIуллакх кхочушхиларе? Деле дIадоьрзуш ма ду гIуллакхаш.
2:211سَلْ بَنِىٓ إِسْرَٰٓءِيلَ كَمْ ءَاتَيْنَٰهُم مِّنْ ءَايَةٍۭ بَيِّنَةٍۢ ۗ وَمَن يُبَدِّلْ نِعْمَةَ ٱللَّهِ مِنۢ بَعْدِ مَا جَآءَتْهُ فَإِنَّ ٱللَّهَ شَدِيدُ ٱلْعِقَابِ
Ахьа хаттахь Исраилан кIенташка: "Мел даийтина Оха цаьрга билгала долу делаллаш. Делан ниIмат хуьйцучунна‚ шега и деъначул тIаьхьа – и Дела ма ву чIогIа бекхаме.
2:212زُيِّنَ لِلَّذِينَ كَفَرُوا۟ ٱلْحَيَوٰةُ ٱلدُّنْيَا وَيَسْخَرُونَ مِنَ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ ۘ وَٱلَّذِينَ ٱتَّقَوْا۟ فَوْقَهُمْ يَوْمَ ٱلْقِيَٰمَةِ ۗ وَٱللَّهُ يَرْزُقُ مَن يَشَآءُ بِغَيْرِ حِسَابٍۢ
Цатешачарна хаздина дуьненан дахар‚ уьш боьлуш бу тешачарех. Баккъалла а, /Делах/ кхоьрурш царна тIехь хир бу къемат дийнахь. Дала рицкъа ма ло Шена луучунна хьесап доцуш.
2:213كَانَ ٱلنَّاسُ أُمَّةًۭ وَٰحِدَةًۭ فَبَعَثَ ٱللَّهُ ٱلنَّبِيِّۦنَ مُبَشِّرِينَ وَمُنذِرِينَ وَأَنزَلَ مَعَهُمُ ٱلْكِتَٰبَ بِٱلْحَقِّ لِيَحْكُمَ بَيْنَ ٱلنَّاسِ فِيمَا ٱخْتَلَفُوا۟ فِيهِ ۚ وَمَا ٱخْتَلَفَ فِيهِ إِلَّا ٱلَّذِينَ أُوتُوهُ مِنۢ بَعْدِ مَا جَآءَتْهُمُ ٱلْبَيِّنَٰتُ بَغْيًۢا بَيْنَهُمْ ۖ فَهَدَى ٱللَّهُ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ لِمَا ٱخْتَلَفُوا۟ فِيهِ مِنَ ٱلْحَقِّ بِإِذْنِهِۦ ۗ وَٱللَّهُ يَهْدِى مَن يَشَآءُ إِلَىٰ صِرَٰطٍۢ مُّسْتَقِيمٍ
Нах хилла цхьа уммат‚ тIаккха Дала баийтира шаьш кхаъ боккхуш хилла болу‚ кхерам тосуш хилла болу пайхамарш‚ цаьрца доссийра бакъдолчуьнца жайна‚ цаьрга нахана юккъехь хьукма дайта церан хилпало хиллачохь. Цу чохь хилпало-м ца хили и /Делан жайна/ шайга деллачарийн бен‚ шайга билгалонаш кхаьчначул тIаьхьа вовшийн юккъехь хьагI хиларна. Дала Шен пурбанца нисбира иман диллинарш шаьш шеконехь хилла долчу бакъдолчунна тIе. И Дела ма ву нисвеш Шена луург нийсачу новкъа.
2:214أَمْ حَسِبْتُمْ أَن تَدْخُلُوا۟ ٱلْجَنَّةَ وَلَمَّا يَأْتِكُم مَّثَلُ ٱلَّذِينَ خَلَوْا۟ مِن قَبْلِكُم ۖ مَّسَّتْهُمُ ٱلْبَأْسَآءُ وَٱلضَّرَّآءُ وَزُلْزِلُوا۟ حَتَّىٰ يَقُولَ ٱلرَّسُولُ وَٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ مَعَهُۥ مَتَىٰ نَصْرُ ٱللَّهِ ۗ أَلَآ إِنَّ نَصْرَ ٱللَّهِ قَرِيبٌۭ
Шу моьттуш ду-те шайл хьалха баханчаьрга деънарг шайга а ца кхочуш шаьш ялсамане гIур ду? Лийцина хилла уьш баланаша а‚ цамгарша а‚ мехкаш дегийна царна‚ элчано а‚ цуьнца цхьаьна иман диллинчара а олуш: "Маца хир ду Делера гIо?" – Ткъа Делера гIо дац герга?
2:215يَسْـَٔلُونَكَ مَاذَا يُنفِقُونَ ۖ قُلْ مَآ أَنفَقْتُم مِّنْ خَيْرٍۢ فَلِلْوَٰلِدَيْنِ وَٱلْأَقْرَبِينَ وَٱلْيَتَٰمَىٰ وَٱلْمَسَٰكِينِ وَٱبْنِ ٱلسَّبِيلِ ۗ وَمَا تَفْعَلُوا۟ مِنْ خَيْرٍۢ فَإِنَّ ٱللَّهَ بِهِۦ عَلِيمٌۭ
Цара хьоьга хоьтту: "ХIун лур ю сагIина?" Ахьа ала: "Аша сагIина даьккхина дика /даккха/ – дена-нанна а‚ гергарчарна а‚ боберашна а‚ мискачу нахана а‚ некъан накъостана а. Аша деш долу дика Дела хууш ву".
2:216كُتِبَ عَلَيْكُمُ ٱلْقِتَالُ وَهُوَ كُرْهٌۭ لَّكُمْ ۖ وَعَسَىٰٓ أَن تَكْرَهُوا۟ شَيْـًۭٔا وَهُوَ خَيْرٌۭ لَّكُمْ ۖ وَعَسَىٰٓ أَن تُحِبُّوا۟ شَيْـًۭٔا وَهُوَ شَرٌّۭ لَّكُمْ ۗ وَٱللَّهُ يَعْلَمُ وَأَنتُمْ لَا تَعْلَمُونَ
Шуна тIедиллина тIом бар. Иза шуна ца деза хIума ду. Шуна ца деза тарло цхьа хIума – и шуна дика ду. Шуна деза тарло цхьа хIума – и шуна вон ду. И Дела хууш ву‚ шу хууш дац.
2:217يَسْـَٔلُونَكَ عَنِ ٱلشَّهْرِ ٱلْحَرَامِ قِتَالٍۢ فِيهِ ۖ قُلْ قِتَالٌۭ فِيهِ كَبِيرٌۭ ۖ وَصَدٌّ عَن سَبِيلِ ٱللَّهِ وَكُفْرٌۢ بِهِۦ وَٱلْمَسْجِدِ ٱلْحَرَامِ وَإِخْرَاجُ أَهْلِهِۦ مِنْهُ أَكْبَرُ عِندَ ٱللَّهِ ۚ وَٱلْفِتْنَةُ أَكْبَرُ مِنَ ٱلْقَتْلِ ۗ وَلَا يَزَالُونَ يُقَٰتِلُونَكُمْ حَتَّىٰ يَرُدُّوكُمْ عَن دِينِكُمْ إِنِ ٱسْتَطَٰعُوا۟ ۚ وَمَن يَرْتَدِدْ مِنكُمْ عَن دِينِهِۦ فَيَمُتْ وَهُوَ كَافِرٌۭ فَأُو۟لَٰٓئِكَ حَبِطَتْ أَعْمَٰلُهُمْ فِى ٱلدُّنْيَا وَٱلْءَاخِرَةِ ۖ وَأُو۟لَٰٓئِكَ أَصْحَٰبُ ٱلنَّارِ ۖ هُمْ فِيهَا خَٰلِدُونَ
Цара хьоьга хоьтту безачу баттах лаьцна‚ цу чохь тIом барх. Ахьа ала: "Цу чохь тIом бар – доккха къа ду. Ткъа Делан некъах /нах/ духатохар а‚ Цунах ца тешар а‚ дезачу маьждигах /нах духтохар/ а‚ цуьнан нах цу чуьра арабахар кхин доккха ду Далла гергахь". Питана доккха ду тIом барал а. Уьш совцур бац тIом бечуьра шу шайн динах дIадерзийча бен‚ шайн ницкъ кхачахь. Шух шен динах дIавирзина керста хьолехь велларг – уьш бу шайн Iамалш эшнарш дуьненахь а‚ эхартахь а‚ уьш бу жоьжахатин дай‚ уьш цу чохь гуттар лаьттар бу.
2:218إِنَّ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَٱلَّذِينَ هَاجَرُوا۟ وَجَٰهَدُوا۟ فِى سَبِيلِ ٱللَّهِ أُو۟لَٰٓئِكَ يَرْجُونَ رَحْمَتَ ٱللَّهِ ۚ وَٱللَّهُ غَفُورٌۭ رَّحِيمٌۭ
Баккъалла а, иман диллинарш а‚ хIижар динарш а‚ Делан новкъахь къийсам латтийнарш а – уьш догдохур долуш бу Делан къинхетаме. И Дела ма ву гечдеш а‚ къинхетаме а.
2:219۞ يَسْـَٔلُونَكَ عَنِ ٱلْخَمْرِ وَٱلْمَيْسِرِ ۖ قُلْ فِيهِمَآ إِثْمٌۭ كَبِيرٌۭ وَمَنَٰفِعُ لِلنَّاسِ وَإِثْمُهُمَآ أَكْبَرُ مِن نَّفْعِهِمَا ۗ وَيَسْـَٔلُونَكَ مَاذَا يُنفِقُونَ قُلِ ٱلْعَفْوَ ۗ كَذَٰلِكَ يُبَيِّنُ ٱللَّهُ لَكُمُ ٱلْءَايَٰتِ لَعَلَّكُمْ تَتَفَكَّرُونَ
Цара хьоьга хоьтту чагIарх а‚ майсирх а лаьцна‚ ахьа ала: "Царна чохь доккха къа а ду‚ нахана пайданаш а бу. Царна чохь долу къа доккха ду‚ царна чохь болчу пайданал". Юха а хоьтту цара хьоьга: "ХIун доккхур ду шаьш сагIина?" ахьа ала: "Сов даьлларг". Иштта Дала билгалйоху шуна билгалонаш‚ шу хилийтархьама ойла еш
2:220فِى ٱلدُّنْيَا وَٱلْءَاخِرَةِ ۗ وَيَسْـَٔلُونَكَ عَنِ ٱلْيَتَٰمَىٰ ۖ قُلْ إِصْلَاحٌۭ لَّهُمْ خَيْرٌۭ ۖ وَإِن تُخَالِطُوهُمْ فَإِخْوَٰنُكُمْ ۚ وَٱللَّهُ يَعْلَمُ ٱلْمُفْسِدَ مِنَ ٱلْمُصْلِحِ ۚ وَلَوْ شَآءَ ٱللَّهُ لَأَعْنَتَكُمْ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ عَزِيزٌ حَكِيمٌۭ
Дуьненахь а‚ эхартахь а /долчу гIуллакхех/. Цара хьоьга хоьтту боберех лаьцна. Ахьа ала: "МаслаIат дар дика ду царна". Аша уьш вовшех тоьхча – уьш шун вежарий бу. И Дела хууш ма ву харцо йийриг а‚ нийсо йийриг а. Далла лиънехьара‚ Цо хало йийр яра шуна. Баккъалла а, Дела ма ву веза а‚ хьекъале а.
2:221وَلَا تَنكِحُوا۟ ٱلْمُشْرِكَٰتِ حَتَّىٰ يُؤْمِنَّ ۚ وَلَأَمَةٌۭ مُّؤْمِنَةٌ خَيْرٌۭ مِّن مُّشْرِكَةٍۢ وَلَوْ أَعْجَبَتْكُمْ ۗ وَلَا تُنكِحُوا۟ ٱلْمُشْرِكِينَ حَتَّىٰ يُؤْمِنُوا۟ ۚ وَلَعَبْدٌۭ مُّؤْمِنٌ خَيْرٌۭ مِّن مُّشْرِكٍۢ وَلَوْ أَعْجَبَكُمْ ۗ أُو۟لَٰٓئِكَ يَدْعُونَ إِلَى ٱلنَّارِ ۖ وَٱللَّهُ يَدْعُوٓا۟ إِلَى ٱلْجَنَّةِ وَٱلْمَغْفِرَةِ بِإِذْنِهِۦ ۖ وَيُبَيِّنُ ءَايَٰتِهِۦ لِلنَّاسِ لَعَلَّهُمْ يَتَذَكَّرُونَ
Аша ма балабе Делаца накъост лоцу зударий‚ цара иман диллахь бен. Тешаш йолу лай тоьлу Делаца накъост лоцу зудчул‚ цо шуьга тамаша байтахь а. Делаца накъост лоцу божаршна а ма балабе /бусулба/ зударий‚ цара иман диллахь бен. Тешаш волу лай тоьлу Делаца накъост лоцучу стагал‚ цо шуьга тамаша байтахь а. Цара кхойкху жоьжахате‚ Дала кхойкху ялсамане а‚ Шен лаамца гечдаре а. Цо билгалйоху Шен билгалонаш нахана‚ уьш хилийтархьама ойла еш.
2:222وَيَسْـَٔلُونَكَ عَنِ ٱلْمَحِيضِ ۖ قُلْ هُوَ أَذًۭى فَٱعْتَزِلُوا۟ ٱلنِّسَآءَ فِى ٱلْمَحِيضِ ۖ وَلَا تَقْرَبُوهُنَّ حَتَّىٰ يَطْهُرْنَ ۖ فَإِذَا تَطَهَّرْنَ فَأْتُوهُنَّ مِنْ حَيْثُ أَمَرَكُمُ ٱللَّهُ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ يُحِبُّ ٱلتَّوَّٰبِينَ وَيُحِبُّ ٱلْمُتَطَهِّرِينَ
Хьоьга хоьтту зударийн цIано йохарх‚ ахьа ала: "Иза бала хьегар ду". ЦIано йоьхначу хенахь зударех дIакъаста‚ царна герга ма гIо‚ цIанбаллалц. Уьш цIанбелча‚ гIуо царна улло‚ Дала шайга ма хьеххара. Баккъалла а, цу Далла ма беза тоба динарш а‚ Цуна ма беза цIена берш а.
2:223نِسَآؤُكُمْ حَرْثٌۭ لَّكُمْ فَأْتُوا۟ حَرْثَكُمْ أَنَّىٰ شِئْتُمْ ۖ وَقَدِّمُوا۟ لِأَنفُسِكُمْ ۚ وَٱتَّقُوا۟ ٱللَّهَ وَٱعْلَمُوٓا۟ أَنَّكُم مُّلَٰقُوهُ ۗ وَبَشِّرِ ٱلْمُؤْمِنِينَ
Шун зударий – шун охана ду‚ шайн охана де шайна ма луьу. /Диканиг/ хьалха даккха шайна. Делах кхера‚ шуна хаа‚ шу Цуьнца цхьаьнакхетарг хилар. Ахьа кхаъ баккха иман диллинчарна.
2:224وَلَا تَجْعَلُوا۟ ٱللَّهَ عُرْضَةًۭ لِّأَيْمَٰنِكُمْ أَن تَبَرُّوا۟ وَتَتَّقُوا۟ وَتُصْلِحُوا۟ بَيْنَ ٱلنَّاسِ ۗ وَٱللَّهُ سَمِيعٌ عَلِيمٌۭ
И Дела ма хилийта шайн дуьйнашна Iалашо диканиг ца дан а‚ /Делах/ ца кхера а /вониг деш/‚ нахана юккъехь маслаIат ца дан а. И Дела хезаш а ма ву‚ хууш а ма ву.
2:225لَّا يُؤَاخِذُكُمُ ٱللَّهُ بِٱللَّغْوِ فِىٓ أَيْمَٰنِكُمْ وَلَٰكِن يُؤَاخِذُكُم بِمَا كَسَبَتْ قُلُوبُكُمْ ۗ وَٱللَّهُ غَفُورٌ حَلِيمٌۭ
Дала бехке ца лоцу шу даьсса дуйнех‚ шун дагахь доцуш и хиллехь‚ амма Цо бехке лоцу шу шун дегнаша динчунна. И Дела гечдеш а‚ кIеда а ма ву.
2:226لِّلَّذِينَ يُؤْلُونَ مِن نِّسَآئِهِمْ تَرَبُّصُ أَرْبَعَةِ أَشْهُرٍۢ ۖ فَإِن فَآءُو فَإِنَّ ٱللَّهَ غَفُورٌۭ رَّحِيمٌۭ
Шайн зударшна юххе гIур дац аьлла дуй биинчарна тIехь ду беа баттахь хьажар. ТIаккха уьш бухаберзахь – и Дела гечдеш а‚ къинхетаме а ву.
2:227وَإِنْ عَزَمُوا۟ ٱلطَّلَٰقَ فَإِنَّ ٱللَّهَ سَمِيعٌ عَلِيمٌۭ
Нагахь санна зударий бита сацам церан хилахь – и Дела хезаш а‚ хууш а ву.
2:228وَٱلْمُطَلَّقَٰتُ يَتَرَبَّصْنَ بِأَنفُسِهِنَّ ثَلَٰثَةَ قُرُوٓءٍۢ ۚ وَلَا يَحِلُّ لَهُنَّ أَن يَكْتُمْنَ مَا خَلَقَ ٱللَّهُ فِىٓ أَرْحَامِهِنَّ إِن كُنَّ يُؤْمِنَّ بِٱللَّهِ وَٱلْيَوْمِ ٱلْءَاخِرِ ۚ وَبُعُولَتُهُنَّ أَحَقُّ بِرَدِّهِنَّ فِى ذَٰلِكَ إِنْ أَرَادُوٓا۟ إِصْلَٰحًۭا ۚ وَلَهُنَّ مِثْلُ ٱلَّذِى عَلَيْهِنَّ بِٱلْمَعْرُوفِ ۚ وَلِلرِّجَالِ عَلَيْهِنَّ دَرَجَةٌۭ ۗ وَٱللَّهُ عَزِيزٌ حَكِيمٌ
Битина болу зударий хьовсур бу кхузза цIано чекхъяларе. Мегаш дац царна шайн кийрахь Дала кхоьллинарг хьулдан‚ шаьш Делах а тIаьххьарчу дийнах а тешаш белахь. Церан марой хьакъ бу уьш юхаберзо цу чохь уьш лууш белахь маслаIат‚ царна ду шайна тIехь долчуьнах тераниг диканца. Божарийн царна тIехь дарж ю. И Дела ша веза-воккха а‚ хьекъале а ву.
2:229ٱلطَّلَٰقُ مَرَّتَانِ ۖ فَإِمْسَاكٌۢ بِمَعْرُوفٍ أَوْ تَسْرِيحٌۢ بِإِحْسَٰنٍۢ ۗ وَلَا يَحِلُّ لَكُمْ أَن تَأْخُذُوا۟ مِمَّآ ءَاتَيْتُمُوهُنَّ شَيْـًٔا إِلَّآ أَن يَخَافَآ أَلَّا يُقِيمَا حُدُودَ ٱللَّهِ ۖ فَإِنْ خِفْتُمْ أَلَّا يُقِيمَا حُدُودَ ٱللَّهِ فَلَا جُنَاحَ عَلَيْهِمَا فِيمَا ٱفْتَدَتْ بِهِۦ ۗ تِلْكَ حُدُودُ ٱللَّهِ فَلَا تَعْتَدُوهَا ۚ وَمَن يَتَعَدَّ حُدُودَ ٱللَّهِ فَأُو۟لَٰٓئِكَ هُمُ ٱلظَّٰلِمُونَ
Къастар шозза ду‚ цул тIаьхьа – нийсонца юхаерзор ю /зуда/‚ я диканца дIайохуьйтур ю. Шуна хьанал дац аша дIаделлачух хIумма юхаэца. Мегар ду уьш кхоьруш хилахь Делан дозанаш ца латтадарна. Шу кхоьруш делахь цара шиммо а Делан дозанаш ца латтадарна‚ царна шинна а къа дац зуда мехах паргIат яьлча. Уьш ду Делан дозанаш‚ уьш доха ма делаш. Делан дозанаш дохийнарш – уьш зулам динарш бу.
2:230فَإِن طَلَّقَهَا فَلَا تَحِلُّ لَهُۥ مِنۢ بَعْدُ حَتَّىٰ تَنكِحَ زَوْجًا غَيْرَهُۥ ۗ فَإِن طَلَّقَهَا فَلَا جُنَاحَ عَلَيْهِمَآ أَن يَتَرَاجَعَآ إِن ظَنَّآ أَن يُقِيمَا حُدُودَ ٱللَّهِ ۗ وَتِلْكَ حُدُودُ ٱللَّهِ يُبَيِّنُهَا لِقَوْمٍۢ يَعْلَمُونَ
Нагахь санна зуда йитахь /кхузза/‚ цул тIаьхьа цунна и хьанал яц‚ кхечуьнга и маре йодахь бен. ТIаккха цо и йитича‚ царна шинна а къа дац шаьш цхьаьнакхетча‚ уьш моьттуш белахь‚ шаьш Делан дозанаш латтор ду‚ аьлла. Уьш ду Делан дозанаш‚ Цо билгалдеш долу хууш долчу къомана.
2:231وَإِذَا طَلَّقْتُمُ ٱلنِّسَآءَ فَبَلَغْنَ أَجَلَهُنَّ فَأَمْسِكُوهُنَّ بِمَعْرُوفٍ أَوْ سَرِّحُوهُنَّ بِمَعْرُوفٍۢ ۚ وَلَا تُمْسِكُوهُنَّ ضِرَارًۭا لِّتَعْتَدُوا۟ ۚ وَمَن يَفْعَلْ ذَٰلِكَ فَقَدْ ظَلَمَ نَفْسَهُۥ ۚ وَلَا تَتَّخِذُوٓا۟ ءَايَٰتِ ٱللَّهِ هُزُوًۭا ۚ وَٱذْكُرُوا۟ نِعْمَتَ ٱللَّهِ عَلَيْكُمْ وَمَآ أَنزَلَ عَلَيْكُم مِّنَ ٱلْكِتَٰبِ وَٱلْحِكْمَةِ يَعِظُكُم بِهِۦ ۚ وَٱتَّقُوا۟ ٱللَّهَ وَٱعْلَمُوٓا۟ أَنَّ ٱللَّهَ بِكُلِّ شَىْءٍ عَلِيمٌۭ
Аша зударий битина /цкъа я шозза/ болуш‚ церан хан тIекхаьчча – юхаберзабе уьш нийсонца‚ я дIабахийта уьш диканца. Аша юха ма берзабе уьш зуламца – тIаккха аша дозанаш талхор ду. И динчо шена зулам до. Делан аяташ забаре ма лаца. Аша дагадаийта шайна хилла долу Делан ниIмат а‚ Цо шеца шуна хьехам беш долу Ша шуьга доссийна долу жайна а‚ /шуна делла долу/ хьекъалалла а. Шу Делах кхера‚ шуна хаалаш и Дела массо хIума хууш вуйла.
2:232وَإِذَا طَلَّقْتُمُ ٱلنِّسَآءَ فَبَلَغْنَ أَجَلَهُنَّ فَلَا تَعْضُلُوهُنَّ أَن يَنكِحْنَ أَزْوَٰجَهُنَّ إِذَا تَرَٰضَوْا۟ بَيْنَهُم بِٱلْمَعْرُوفِ ۗ ذَٰلِكَ يُوعَظُ بِهِۦ مَن كَانَ مِنكُمْ يُؤْمِنُ بِٱللَّهِ وَٱلْيَوْمِ ٱلْءَاخِرِ ۗ ذَٰلِكُمْ أَزْكَىٰ لَكُمْ وَأَطْهَرُ ۗ وَٱللَّهُ يَعْلَمُ وَأَنتُمْ لَا تَعْلَمُونَ
Аша зударий битина‚ церан хан герга кхаьчча‚ аша новкъарло ма елаш уьш шайн марошка юхаберзан‚ уьш вовшашна реза хиллехь диканца. И хьехам беш бу шуна‚ шух Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а тешаш волчунна. Иза хьекъале а ду шуна‚ цIена а ду. И Дела хууш ву‚ шу хууш дац.
2:233۞ وَٱلْوَٰلِدَٰتُ يُرْضِعْنَ أَوْلَٰدَهُنَّ حَوْلَيْنِ كَامِلَيْنِ ۖ لِمَنْ أَرَادَ أَن يُتِمَّ ٱلرَّضَاعَةَ ۚ وَعَلَى ٱلْمَوْلُودِ لَهُۥ رِزْقُهُنَّ وَكِسْوَتُهُنَّ بِٱلْمَعْرُوفِ ۚ لَا تُكَلَّفُ نَفْسٌ إِلَّا وُسْعَهَا ۚ لَا تُضَآرَّ وَٰلِدَةٌۢ بِوَلَدِهَا وَلَا مَوْلُودٌۭ لَّهُۥ بِوَلَدِهِۦ ۚ وَعَلَى ٱلْوَارِثِ مِثْلُ ذَٰلِكَ ۗ فَإِنْ أَرَادَا فِصَالًا عَن تَرَاضٍۢ مِّنْهُمَا وَتَشَاوُرٍۢ فَلَا جُنَاحَ عَلَيْهِمَا ۗ وَإِنْ أَرَدتُّمْ أَن تَسْتَرْضِعُوٓا۟ أَوْلَٰدَكُمْ فَلَا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ إِذَا سَلَّمْتُم مَّآ ءَاتَيْتُم بِٱلْمَعْرُوفِ ۗ وَٱتَّقُوا۟ ٱللَّهَ وَٱعْلَمُوٓا۟ أَنَّ ٱللَّهَ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌۭ
Наноша дакхадойла шайн бераш дуьззина шина шарахь. Иза ду лууш волчунна дакхор кхочушдан. Шена бер динчунна тIехь ду – зударшна даа хIума а, тIе духа хIума далар а нийсонца. Сина тIедуьллуш дац цуьнан ницкъ ца кхочург. Нанна зен ма дойла шен бер бахьанехь‚ шена бер динчунна а зен ма дойла шен бер бахьанехь. /Ден/ ирс оьцучунна – цуьнга терра (да веллехь, цу беро цуьнгара эцначу ирсан юккъера вакхочунна мах лойла беран валис). Царна шинна а лаахь дакхор юкъахдаккха вовшийн резаллица а‚ дагабовларца а – къа дац царна. Шуна лаахь шайн бераш дакхон кхин зуда лаха шуна къа дац аша цунна мах белча даггара. Шу Делах кхералаш‚ шуна хаалаш и Дела аша дийриг гуш вуйла.
2:234وَٱلَّذِينَ يُتَوَفَّوْنَ مِنكُمْ وَيَذَرُونَ أَزْوَٰجًۭا يَتَرَبَّصْنَ بِأَنفُسِهِنَّ أَرْبَعَةَ أَشْهُرٍۢ وَعَشْرًۭا ۖ فَإِذَا بَلَغْنَ أَجَلَهُنَّ فَلَا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ فِيمَا فَعَلْنَ فِىٓ أَنفُسِهِنَّ بِٱلْمَعْرُوفِ ۗ وَٱللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرٌۭ
Шух дIакхелхина шайл буха зударий бисинарш – церан зударий хьовсур бу беа баттахь а‚ итт дийнахь а. И хан тIекхаьчча‚ шуна къа дац цара шайх динчунна диканца. И Дела аша дийриг дика хууш ву.
2:235وَلَا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ فِيمَا عَرَّضْتُم بِهِۦ مِنْ خِطْبَةِ ٱلنِّسَآءِ أَوْ أَكْنَنتُمْ فِىٓ أَنفُسِكُمْ ۚ عَلِمَ ٱللَّهُ أَنَّكُمْ سَتَذْكُرُونَهُنَّ وَلَٰكِن لَّا تُوَاعِدُوهُنَّ سِرًّا إِلَّآ أَن تَقُولُوا۟ قَوْلًۭا مَّعْرُوفًۭا ۚ وَلَا تَعْزِمُوا۟ عُقْدَةَ ٱلنِّكَاحِ حَتَّىٰ يَبْلُغَ ٱلْكِتَٰبُ أَجَلَهُۥ ۚ وَٱعْلَمُوٓا۟ أَنَّ ٱللَّهَ يَعْلَمُ مَا فِىٓ أَنفُسِكُمْ فَٱحْذَرُوهُ ۚ وَٱعْلَمُوٓا۟ أَنَّ ٱللَّهَ غَفُورٌ حَلِيمٌۭ
Къа дац шуна аша шайн захало цу зударшка дIахьедича а‚ я къайладаьккхина шайгахь дитича а. Далла хаьа аша и тIаьхьа хьахор дуйла. Мухха делахь а‚ ваIда ма е царна къайлах‚ нийса дош олуш бен. И ялор чIагI ма де яздинарг шен ханна тIекхаччалц. Шуна хаалаш‚ и Дела хууш вуйла шун дагахь дерг. Цунах ларлойла шу. Шуна хаалаш‚ и Дела гечдеш а‚ хьена-кIеда а вуйла.
2:236لَّا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ إِن طَلَّقْتُمُ ٱلنِّسَآءَ مَا لَمْ تَمَسُّوهُنَّ أَوْ تَفْرِضُوا۟ لَهُنَّ فَرِيضَةًۭ ۚ وَمَتِّعُوهُنَّ عَلَى ٱلْمُوسِعِ قَدَرُهُۥ وَعَلَى ٱلْمُقْتِرِ قَدَرُهُۥ مَتَٰعًۢا بِٱلْمَعْرُوفِ ۖ حَقًّا عَلَى ٱلْمُحْسِنِينَ
Къа дац шуна аша шаьш Iиттаделла а доцу я‚ шайн мах хадийна а боцу зударий битича. Ло царна шайн пайденна цхьацца хIума: хьал долчо – шен тароне хьаьжжина‚ хьал доцучо – шен тароне хьаьжжина‚ гIиллакхаца нийса болчу пайданна‚ дика Iамалш ечарна хьакъ хилла болчу пайданна.
2:237وَإِن طَلَّقْتُمُوهُنَّ مِن قَبْلِ أَن تَمَسُّوهُنَّ وَقَدْ فَرَضْتُمْ لَهُنَّ فَرِيضَةًۭ فَنِصْفُ مَا فَرَضْتُمْ إِلَّآ أَن يَعْفُونَ أَوْ يَعْفُوَا۟ ٱلَّذِى بِيَدِهِۦ عُقْدَةُ ٱلنِّكَاحِ ۚ وَأَن تَعْفُوٓا۟ أَقْرَبُ لِلتَّقْوَىٰ ۚ وَلَا تَنسَوُا۟ ٱلْفَضْلَ بَيْنَكُمْ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ
Аша зударий битахь‚ шаьш царех Iиттаделла а доцу‚ амма шайна мах хадийна болу – шаьш хадийначул ах мах лур бу аша‚ лур бац‚ нагахь цара я зуда ялор-йитар шайн карахь долчара битахь. Мах ца оьцуш битар (урдох хIумма юха ца даккхар) герга ду /Делах/ кхоьруш хиларе. Аша диц ма де шайн юккъера дозалла‚ баккъалла а, и Дела аша дийриг гуш ву.
2:238حَٰفِظُوا۟ عَلَى ٱلصَّلَوَٰتِ وَٱلصَّلَوٰةِ ٱلْوُسْطَىٰ وَقُومُوا۟ لِلَّهِ قَٰنِتِينَ
Ларде ламазаш а‚ юккъера ламаз а‚ дIахIотта Далла муьтIахь хилла.
2:239فَإِنْ خِفْتُمْ فَرِجَالًا أَوْ رُكْبَانًۭا ۖ فَإِذَآ أَمِنتُمْ فَٱذْكُرُوا۟ ٱللَّهَ كَمَا عَلَّمَكُم مَّا لَمْ تَكُونُوا۟ تَعْلَمُونَ
Шайна кхерам хилахь – ламазаш де шаьш гIаш лаьтташехь я хевшина доьдушшехь. Шаьш кхерамах хьалхадевлча‚ Дела хьехавелаш‚ Цо шуна Iамадеш ма-хиллара‚ шуна хууш ца хилларг.
2:240وَٱلَّذِينَ يُتَوَفَّوْنَ مِنكُمْ وَيَذَرُونَ أَزْوَٰجًۭا وَصِيَّةًۭ لِّأَزْوَٰجِهِم مَّتَٰعًا إِلَى ٱلْحَوْلِ غَيْرَ إِخْرَاجٍۢ ۚ فَإِنْ خَرَجْنَ فَلَا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ فِى مَا فَعَلْنَ فِىٓ أَنفُسِهِنَّ مِن مَّعْرُوفٍۢ ۗ وَٱللَّهُ عَزِيزٌ حَكِيمٌۭ
Шух дIакхелхина шайл буха зударий бисинчара шайн зударшна весет дина дакъа дуьтийла цхьа шо дуззалц. Уьш арабовлахь‚ шуна къа дац цара шайлахь динчунна нийсонца. И Дела веза а‚ хьекъале а ву.
2:241وَلِلْمُطَلَّقَٰتِ مَتَٰعٌۢ بِٱلْمَعْرُوفِ ۖ حَقًّا عَلَى ٱلْمُتَّقِينَ
Битинчу зударшна напха ду нийсонца‚ Делах кхоьручарна хьакъ долуш.
2:242كَذَٰلِكَ يُبَيِّنُ ٱللَّهُ لَكُمْ ءَايَٰتِهِۦ لَعَلَّكُمْ تَعْقِلُونَ
Иштта билгалдоху Дала шуна Шен аяташ‚ шу хьекъале хилийтархьама.
2:243۞ أَلَمْ تَرَ إِلَى ٱلَّذِينَ خَرَجُوا۟ مِن دِيَٰرِهِمْ وَهُمْ أُلُوفٌ حَذَرَ ٱلْمَوْتِ فَقَالَ لَهُمُ ٱللَّهُ مُوتُوا۟ ثُمَّ أَحْيَٰهُمْ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ لَذُو فَضْلٍ عَلَى ٱلنَّاسِ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ ٱلنَّاسِ لَا يَشْكُرُونَ
Хьуна ца го и шайн цIеношкара арабевлларш – эзарнаш – баларх бевдда? Дала цаьрга элира: "ДIакхалха (лев)!" ТIаккха Цо уьш денбира. Баккъалла а,‚ и Дела дозалла долуш ву нахана тIехь.амма дукхахболчу наха баркалла ца олу.
2:244وَقَٰتِلُوا۟ فِى سَبِيلِ ٱللَّهِ وَٱعْلَمُوٓا۟ أَنَّ ٱللَّهَ سَمِيعٌ عَلِيمٌۭ
ТIом бе Делан новкъахь. Шуна хаа‚ и Дела ша хезаш а‚ хууш а вуйла.
2:245مَّن ذَا ٱلَّذِى يُقْرِضُ ٱللَّهَ قَرْضًا حَسَنًۭا فَيُضَٰعِفَهُۥ لَهُۥٓ أَضْعَافًۭا كَثِيرَةًۭ ۚ وَٱللَّهُ يَقْبِضُ وَيَبْصُۜطُ وَإِلَيْهِ تُرْجَعُونَ
Далла хаза декхар делларг‚ милла велахь а‚ Цо масийттаза алсамдоккхур ду цунна и. И Дела ша рицкъа дIакъовлуш верг а ву‚ дIахоьцуш верг а ву‚ Цуьнга шу дIадерзор долуш а ду.
2:246أَلَمْ تَرَ إِلَى ٱلْمَلَإِ مِنۢ بَنِىٓ إِسْرَٰٓءِيلَ مِنۢ بَعْدِ مُوسَىٰٓ إِذْ قَالُوا۟ لِنَبِىٍّۢ لَّهُمُ ٱبْعَثْ لَنَا مَلِكًۭا نُّقَٰتِلْ فِى سَبِيلِ ٱللَّهِ ۖ قَالَ هَلْ عَسَيْتُمْ إِن كُتِبَ عَلَيْكُمُ ٱلْقِتَالُ أَلَّا تُقَٰتِلُوا۟ ۖ قَالُوا۟ وَمَا لَنَآ أَلَّا نُقَٰتِلَ فِى سَبِيلِ ٱللَّهِ وَقَدْ أُخْرِجْنَا مِن دِيَٰرِنَا وَأَبْنَآئِنَا ۖ فَلَمَّا كُتِبَ عَلَيْهِمُ ٱلْقِتَالُ تَوَلَّوْا۟ إِلَّا قَلِيلًۭا مِّنْهُمْ ۗ وَٱللَّهُ عَلِيمٌۢ بِٱلظَّٰلِمِينَ
Хьуна ца го Исраилан кIентех элаша Мусал тIаьхьа шайн пайхамаре алар: "Ваийта тхуна паччахь‚ оха Делан новкъахь тIом бийр бу". Цо элира: "Шу хила тарло-те‚ шайна тIе тIом бар диллича‚ и ца бан дохкуш?" Цара элира: "Оха хIунда ца бо Делан новкъахь тIом‚ тхо тхан цIеношкара а, тхан доьзалах а ара даьхна хилча?" Царна тIом бар тIедиллича‚ бухабевлира уьш‚ царех кIеззиг берш боцурш. И Дела хууш ма ву зулам дийриш.
2:247وَقَالَ لَهُمْ نَبِيُّهُمْ إِنَّ ٱللَّهَ قَدْ بَعَثَ لَكُمْ طَالُوتَ مَلِكًۭا ۚ قَالُوٓا۟ أَنَّىٰ يَكُونُ لَهُ ٱلْمُلْكُ عَلَيْنَا وَنَحْنُ أَحَقُّ بِٱلْمُلْكِ مِنْهُ وَلَمْ يُؤْتَ سَعَةًۭ مِّنَ ٱلْمَالِ ۚ قَالَ إِنَّ ٱللَّهَ ٱصْطَفَىٰهُ عَلَيْكُمْ وَزَادَهُۥ بَسْطَةًۭ فِى ٱلْعِلْمِ وَٱلْجِسْمِ ۖ وَٱللَّهُ يُؤْتِى مُلْكَهُۥ مَن يَشَآءُ ۚ وَٱللَّهُ وَٰسِعٌ عَلِيمٌۭ
Церан пайхамара цаьрга элира: "Дала ваийтина шуна ТIалут‚ паччахь вина". Цара элира: "Цуьнан муха хир ду тхуна тIехь паччахьалла? Тхо хьакъ ду цул паччахьалла дан. Шортта даьхний а ца делла цунна". Цо элира: "Дала и хаьржина шуна тIехь‚ Цо и сов ваьккхина Iилманехь а‚ дегIехь а. Дала паччахьалла луш ду шена луучунна. И Дела шорта ву‚ Ша хууш а ву".
2:248وَقَالَ لَهُمْ نَبِيُّهُمْ إِنَّ ءَايَةَ مُلْكِهِۦٓ أَن يَأْتِيَكُمُ ٱلتَّابُوتُ فِيهِ سَكِينَةٌۭ مِّن رَّبِّكُمْ وَبَقِيَّةٌۭ مِّمَّا تَرَكَ ءَالُ مُوسَىٰ وَءَالُ هَٰرُونَ تَحْمِلُهُ ٱلْمَلَٰٓئِكَةُ ۚ إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَةًۭ لَّكُمْ إِن كُنتُم مُّؤْمِنِينَ
Церан пайхамара цаьрга элира: "Цуьнан паччахьалла хиларан билгало ю шуьга тIорказ дар‚ шена чохь сакинат долуш шун Делера‚ Мусан а‚ ХIарунан а доьзало бухайитина цхьацца хIуманаш йолуш шаьш маликаша хьош а йолуш". Баккъалла а, цу чохь делалла ма ду шуна‚ шу хиллехь тешаш.
2:249فَلَمَّا فَصَلَ طَالُوتُ بِٱلْجُنُودِ قَالَ إِنَّ ٱللَّهَ مُبْتَلِيكُم بِنَهَرٍۢ فَمَن شَرِبَ مِنْهُ فَلَيْسَ مِنِّى وَمَن لَّمْ يَطْعَمْهُ فَإِنَّهُۥ مِنِّىٓ إِلَّا مَنِ ٱغْتَرَفَ غُرْفَةًۢ بِيَدِهِۦ ۚ فَشَرِبُوا۟ مِنْهُ إِلَّا قَلِيلًۭا مِّنْهُمْ ۚ فَلَمَّا جَاوَزَهُۥ هُوَ وَٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ مَعَهُۥ قَالُوا۟ لَا طَاقَةَ لَنَا ٱلْيَوْمَ بِجَالُوتَ وَجُنُودِهِۦ ۚ قَالَ ٱلَّذِينَ يَظُنُّونَ أَنَّهُم مُّلَٰقُوا۟ ٱللَّهِ كَم مِّن فِئَةٍۢ قَلِيلَةٍ غَلَبَتْ فِئَةًۭ كَثِيرَةًۢ بِإِذْنِ ٱللَّهِ ۗ وَٱللَّهُ مَعَ ٱلصَّٰبِرِينَ
ТIалут шен эскарца араваьлча‚ цо элира: "Дала шу зуьйр долуш ду хица: цунах хи мелларг сох вац (сан эскарца гIазоте гIур вац)‚ цунах чам ца баьккхинарг‚ шен куьйга эцна цхьа кана боцург‚ и сох ву (и гIур ву гIазоте)". Цара цунах хи мелира‚ цхьа кIеззиг берш боцучара. Иза а /ТIалут/ цуьнца /Делах/ тешаш хилларш а дIабахча‚ цара элира: "Вайн ницкъ кхочур бац тахана Джалутан а‚ цуьнан эскарна а тIехь". Шаьш Делаца цхьаьнакхетарг хиларх тешна болчара элира: "Моссаза жимачу тобано йоккха тоба эшийна Делан лаамца. Баккъалла а, Дела ма ву собар долчаьрца".
2:250وَلَمَّا بَرَزُوا۟ لِجَالُوتَ وَجُنُودِهِۦ قَالُوا۟ رَبَّنَآ أَفْرِغْ عَلَيْنَا صَبْرًۭا وَثَبِّتْ أَقْدَامَنَا وَٱنصُرْنَا عَلَى ٱلْقَوْمِ ٱلْكَٰفِرِينَ
Джалутана а‚ цуьнан эскарна а уьш гучубевлча‚ цара элира: "Тхан Кхиош-кхобуш верг! Ахьа собар лолахь тхуна‚ чIагIбелахь тхан когаш‚ гIо делахь тхуна ца тешаш долчу къомана тIехь".
2:251فَهَزَمُوهُم بِإِذْنِ ٱللَّهِ وَقَتَلَ دَاوُۥدُ جَالُوتَ وَءَاتَىٰهُ ٱللَّهُ ٱلْمُلْكَ وَٱلْحِكْمَةَ وَعَلَّمَهُۥ مِمَّا يَشَآءُ ۗ وَلَوْلَا دَفْعُ ٱللَّهِ ٱلنَّاسَ بَعْضَهُم بِبَعْضٍۢ لَّفَسَدَتِ ٱلْأَرْضُ وَلَٰكِنَّ ٱللَّهَ ذُو فَضْلٍ عَلَى ٱلْعَٰلَمِينَ
Делан лаамца цара уьш эшийра. Давуда вийра Джалут. Дала цунна паччахьалла а‚ хьекъал а делира‚ Iамийра цунна Шена луучух. Дала нах цхьаберш кхечаьрца ларош бацахьара‚ латта бехлур дара‚ амма и Дела ву Iаламна тIехь дозалла долуш.
2:252تِلْكَ ءَايَٰتُ ٱللَّهِ نَتْلُوهَا عَلَيْكَ بِٱلْحَقِّ ۚ وَإِنَّكَ لَمِنَ ٱلْمُرْسَلِينَ
Уьш Делан аяташ ду‚ Оха хьуна доьшуш бакъхиларца. Баккъалла а‚ хьо ма ву /Дала/ ваийтинчарех.