2:253۞ تِلْكَ ٱلرُّسُلُ فَضَّلْنَا بَعْضَهُمْ عَلَىٰ بَعْضٍۢ ۘ مِّنْهُم مَّن كَلَّمَ ٱللَّهُ ۖ وَرَفَعَ بَعْضَهُمْ دَرَجَٰتٍۢ ۚ وَءَاتَيْنَا عِيسَى ٱبْنَ مَرْيَمَ ٱلْبَيِّنَٰتِ وَأَيَّدْنَٰهُ بِرُوحِ ٱلْقُدُسِ ۗ وَلَوْ شَآءَ ٱللَّهُ مَا ٱقْتَتَلَ ٱلَّذِينَ مِنۢ بَعْدِهِم مِّنۢ بَعْدِ مَا جَآءَتْهُمُ ٱلْبَيِّنَٰتُ وَلَٰكِنِ ٱخْتَلَفُوا۟ فَمِنْهُم مَّنْ ءَامَنَ وَمِنْهُم مَّن كَفَرَ ۚ وَلَوْ شَآءَ ٱللَّهُ مَا ٱقْتَتَلُوا۟ وَلَٰكِنَّ ٱللَّهَ يَفْعَلُ مَا يُرِيدُ
Уьш элчанаш бу! Базбина Оха царех цхьаберш вукхарел. Царех ву Дала шеца къамел динарг‚ Цо айбина царех цхьаберш даржашца. Оха елира Марьяман кIанте Iисага а билгалонаш‚ чIагI а вира Оха и сийдолчу сица. Далла лиъна хиллехьара‚ тIом бийр бацара царел /элчанел/ тIаьхьа болчара шайга билгалонаш дIакхаьчначул тIаьхьа‚ амма цхьа барт ца хилла уьш – царех бу тешарш а‚ царех бу цатешарш а. Далла лиъна хиллехьара‚ тIом бийр бацара цара‚ амма Дала до Шена луьург.
2:254يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوٓا۟ أَنفِقُوا۟ مِمَّا رَزَقْنَٰكُم مِّن قَبْلِ أَن يَأْتِىَ يَوْمٌۭ لَّا بَيْعٌۭ فِيهِ وَلَا خُلَّةٌۭ وَلَا شَفَٰعَةٌۭ ۗ وَٱلْكَٰفِرُونَ هُمُ ٱلظَّٰلِمُونَ
ХIай‚ иман диллинарш! СагIа ло Оха шайна деллачу рицкъанх‚ шена чохь йохкар а‚ доттагIалла а‚ шапаIат а доцу де тIекхачале. Цатешарш – уьш бу-кх зулам дийраш.
2:255ٱللَّهُ لَآ إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ٱلْحَىُّ ٱلْقَيُّومُ ۚ لَا تَأْخُذُهُۥ سِنَةٌۭ وَلَا نَوْمٌۭ ۚ لَّهُۥ مَا فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَمَا فِى ٱلْأَرْضِ ۗ مَن ذَا ٱلَّذِى يَشْفَعُ عِندَهُۥٓ إِلَّا بِإِذْنِهِۦ ۚ يَعْلَمُ مَا بَيْنَ أَيْدِيهِمْ وَمَا خَلْفَهُمْ ۖ وَلَا يُحِيطُونَ بِشَىْءٍۢ مِّنْ عِلْمِهِۦٓ إِلَّا بِمَا شَآءَ ۚ وَسِعَ كُرْسِيُّهُ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضَ ۖ وَلَا يَـُٔودُهُۥ حِفْظُهُمَا ۚ وَهُوَ ٱلْعَلِىُّ ٱلْعَظِيمُ
АллахIу – кхин Дела вац И воцург‚ дийна ву И‚ Ша дIахIоьттина ву‚ наб озоро а схьа ца лоцу И‚ набаро а. Цуьнан ду стигланашкахь дерг а‚ лаьттахь дерг а. Цхьа а ма вац Цуьнан гергахь шапаIат дийр долуш‚ Цуьнан лаамца бен. Царел хьалха хилларг хууш ву И‚ тIаьхьа хиндерг а /хууш/ ву. Цуьнан Iилманан хIуманна а тIаьхьакхуьур ма бац уьш, цунна луучунна а бен. Шуьйра хилла Цуьнан курс стигланаш а, латта а чу лоцуш. Уьш Iалашъярехь хIумма а хало ца хуьлу Цунна, И лекха верг а‚ сийлахь – веза верг а ву.
2:256لَآ إِكْرَاهَ فِى ٱلدِّينِ ۖ قَد تَّبَيَّنَ ٱلرُّشْدُ مِنَ ٱلْغَىِّ ۚ فَمَن يَكْفُرْ بِٱلطَّٰغُوتِ وَيُؤْمِنۢ بِٱللَّهِ فَقَدِ ٱسْتَمْسَكَ بِٱلْعُرْوَةِ ٱلْوُثْقَىٰ لَا ٱنفِصَامَ لَهَا ۗ وَٱللَّهُ سَمِيعٌ عَلِيمٌ
Ницкъ бийр бац динехь‚ билгалбаьлла нийса некъ харц некъал. ТIагIутах ца тешаш‚ Делах тешнарг – и схьалаьцна ву чIогIа гIортор /чIогIа тоба/‚ ша южур йоцу. И Дела ша хезаш а‚ хууш а ма ву.
2:257ٱللَّهُ وَلِىُّ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ يُخْرِجُهُم مِّنَ ٱلظُّلُمَٰتِ إِلَى ٱلنُّورِ ۖ وَٱلَّذِينَ كَفَرُوٓا۟ أَوْلِيَآؤُهُمُ ٱلطَّٰغُوتُ يُخْرِجُونَهُم مِّنَ ٱلنُّورِ إِلَى ٱلظُّلُمَٰتِ ۗ أُو۟لَٰٓئِكَ أَصْحَٰبُ ٱلنَّارِ ۖ هُمْ فِيهَا خَٰلِدُونَ
Дела ву тешаш болчеран вали. Цо уьш арабоху боданера серлонга. Ца тешаш берш – церан авлияаш‚ тIагIуташ ду‚ цара ара ма боху уьш серлонгара бодане‚ уьш ма бу цIеран дай‚ уьш цу чохь гуттар а лаьттар ма бу.
2:258أَلَمْ تَرَ إِلَى ٱلَّذِى حَآجَّ إِبْرَٰهِۦمَ فِى رَبِّهِۦٓ أَنْ ءَاتَىٰهُ ٱللَّهُ ٱلْمُلْكَ إِذْ قَالَ إِبْرَٰهِۦمُ رَبِّىَ ٱلَّذِى يُحْىِۦ وَيُمِيتُ قَالَ أَنَا۠ أُحْىِۦ وَأُمِيتُ ۖ قَالَ إِبْرَٰهِۦمُ فَإِنَّ ٱللَّهَ يَأْتِى بِٱلشَّمْسِ مِنَ ٱلْمَشْرِقِ فَأْتِ بِهَا مِنَ ٱلْمَغْرِبِ فَبُهِتَ ٱلَّذِى كَفَرَ ۗ وَٱللَّهُ لَا يَهْدِى ٱلْقَوْمَ ٱلظَّٰلِمِينَ
Хьуна гой и ИбрахIимца къуьйсуш хилларг цуьнан Кхиош-кхобучух лаьцна‚ Дала шена паччахьалла делла хиларна? ИбрахIима элира: "Сан Кхиош-кхобург ву Ша дендеш а‚ долуьйтуш а верг". Цо /Номруз паччахьа/ элира: "Аса дендо‚ долуьйту". ИбрахIима элира: "Дала малх боуьйту малхбалехула‚ ахь баийтал и малхбузехула". ТIаккха карзахвелира цатешарг. Дала нис ца до зуламе долу къам.
2:259أَوْ كَٱلَّذِى مَرَّ عَلَىٰ قَرْيَةٍۢ وَهِىَ خَاوِيَةٌ عَلَىٰ عُرُوشِهَا قَالَ أَنَّىٰ يُحْىِۦ هَٰذِهِ ٱللَّهُ بَعْدَ مَوْتِهَا ۖ فَأَمَاتَهُ ٱللَّهُ مِا۟ئَةَ عَامٍۢ ثُمَّ بَعَثَهُۥ ۖ قَالَ كَمْ لَبِثْتَ ۖ قَالَ لَبِثْتُ يَوْمًا أَوْ بَعْضَ يَوْمٍۢ ۖ قَالَ بَل لَّبِثْتَ مِا۟ئَةَ عَامٍۢ فَٱنظُرْ إِلَىٰ طَعَامِكَ وَشَرَابِكَ لَمْ يَتَسَنَّهْ ۖ وَٱنظُرْ إِلَىٰ حِمَارِكَ وَلِنَجْعَلَكَ ءَايَةًۭ لِّلنَّاسِ ۖ وَٱنظُرْ إِلَى ٱلْعِظَامِ كَيْفَ نُنشِزُهَا ثُمَّ نَكْسُوهَا لَحْمًۭا ۚ فَلَمَّا تَبَيَّنَ لَهُۥ قَالَ أَعْلَمُ أَنَّ ٱللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَىْءٍۢ قَدِيرٌۭ
Я цхьана эвлана уллохула воьдучух терра‚ и ша тхевнийн тIейоьжна хилла йолу. Цо элира: "Мичара денйийр ю хIара Дала‚ хIара еллачул тIаьхьа!?" Дала и валийтира бIешарна‚ тIаккха денвира. Элира /Дала/: "Мел лаьттира хьо?" Цо элира: "Со лаьттира /велла/ цхьана дийнахь я ахдийнахь". Цо /Дала/ элира: "ХIан-хIа‚ хьо лаьттира бIешарахь‚ хьо хьажал хьайн кхачане а‚ маларе а – хийца ца делла уьш‚ хьо хьажал хьайн вире‚ Оха цхьа делалла хуьлуьйтур ду хьох нахана. Хьажал хIинца даьIахкашка‚ муха Оха уьш денйо‚ тIаккха царна тIе жижиг латадо". И шена билгалдаьллачул тIаьхьа‚ цо элира: "Суна хаьа Дала массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш вуйла".
2:260وَإِذْ قَالَ إِبْرَٰهِۦمُ رَبِّ أَرِنِى كَيْفَ تُحْىِ ٱلْمَوْتَىٰ ۖ قَالَ أَوَلَمْ تُؤْمِن ۖ قَالَ بَلَىٰ وَلَٰكِن لِّيَطْمَئِنَّ قَلْبِى ۖ قَالَ فَخُذْ أَرْبَعَةًۭ مِّنَ ٱلطَّيْرِ فَصُرْهُنَّ إِلَيْكَ ثُمَّ ٱجْعَلْ عَلَىٰ كُلِّ جَبَلٍۢ مِّنْهُنَّ جُزْءًۭا ثُمَّ ٱدْعُهُنَّ يَأْتِينَكَ سَعْيًۭا ۚ وَٱعْلَمْ أَنَّ ٱللَّهَ عَزِيزٌ حَكِيمٌۭ
ИбрахIима аьлла хилла: "Сан Кхиош-кхобург‚ гайтахь суна‚ Ахьа муха денбо белларш". Цо /Дала/ элира: "Хьо ца теша‚ ткъа?" Элира /ИбрахIима/: "Теша‚ делахь а‚ дог чIагIдалийтархьама". /Дала/ элира: "ХIета‚ схьаэца диъ хьоза‚ хьайна тIедаладай‚ дакъош де царех. ТIаккха хIора ломана тIе цхьацца дакъа дилла царех‚ тIаккха уьш тIекхайкха хьайна – сихха тIедогIур ду хьуна уьш‚ хьо хууш хилалахь и Дела Ша веза а‚ хьекъале а вуйла".
2:261مَّثَلُ ٱلَّذِينَ يُنفِقُونَ أَمْوَٰلَهُمْ فِى سَبِيلِ ٱللَّهِ كَمَثَلِ حَبَّةٍ أَنۢبَتَتْ سَبْعَ سَنَابِلَ فِى كُلِّ سُنۢبُلَةٍۢ مِّا۟ئَةُ حَبَّةٍۢ ۗ وَٱللَّهُ يُضَٰعِفُ لِمَن يَشَآءُ ۗ وَٱللَّهُ وَٰسِعٌ عَلِيمٌ
Шен долахь дерг Делан новкъахь даьккхинчун масал ду‚ буьртиган масалх терра: цо схьабалийтина ворхI кан‚ хIора кена чохь бIе буьртиг болуш. Цу Дала алсам ма доккху Шена луучунна‚ и Дела шорто йолуш а‚ хууш а ма ву.
2:262ٱلَّذِينَ يُنفِقُونَ أَمْوَٰلَهُمْ فِى سَبِيلِ ٱللَّهِ ثُمَّ لَا يُتْبِعُونَ مَآ أَنفَقُوا۟ مَنًّۭا وَلَآ أَذًۭى ۙ لَّهُمْ أَجْرُهُمْ عِندَ رَبِّهِمْ وَلَا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ
Шен долахь дерг Делан новкъахь доккхуш берш‚ тIаккха шаьш даьккхинчунна тIаьхьа тIехдеттарш а‚ бехкаш а ца идош‚ царна шайн миэл ма бу‚ шайн Кхиош-кхобучун гергахь‚ кхерам ма бац царна‚ сагатдийр ма дац цара.
2:263۞ قَوْلٌۭ مَّعْرُوفٌۭ وَمَغْفِرَةٌ خَيْرٌۭ مِّن صَدَقَةٍۢ يَتْبَعُهَآ أَذًۭى ۗ وَٱللَّهُ غَنِىٌّ حَلِيمٌۭ
Хаза дош а‚ гечдар а тоьлу шена тIаьхьа бехк идош долчу сагIанал‚ и Дела хьал долуш а‚ собаре а ма ву.
2:264يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ لَا تُبْطِلُوا۟ صَدَقَٰتِكُم بِٱلْمَنِّ وَٱلْأَذَىٰ كَٱلَّذِى يُنفِقُ مَالَهُۥ رِئَآءَ ٱلنَّاسِ وَلَا يُؤْمِنُ بِٱللَّهِ وَٱلْيَوْمِ ٱلْءَاخِرِ ۖ فَمَثَلُهُۥ كَمَثَلِ صَفْوَانٍ عَلَيْهِ تُرَابٌۭ فَأَصَابَهُۥ وَابِلٌۭ فَتَرَكَهُۥ صَلْدًۭا ۖ لَّا يَقْدِرُونَ عَلَىٰ شَىْءٍۢ مِّمَّا كَسَبُوا۟ ۗ وَٱللَّهُ لَا يَهْدِى ٱلْقَوْمَ ٱلْكَٰفِرِينَ
ХIай‚ иман диллинарш! ХIаллак ма де шайн сагIанаш тIехдеттаршца а‚ бехкашца а‚ шен долахь дерг даьккхинчух тера нахана гайтархьама‚ ша Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а тешаш а воцуш. Цуьнан масал ду шерачу тIулгах тера‚ шена тIехь латта долу‚ шена тIе чIогIа догIа а кхетта‚ и бисира шерра /шена тIера латта дIадаьлла/. Ницкъ кхочур бац церан шаьш гулдинчух хIуманна а /пайдаэца/‚ цу Дала нис ца до цатешаш долу къам.
2:265وَمَثَلُ ٱلَّذِينَ يُنفِقُونَ أَمْوَٰلَهُمُ ٱبْتِغَآءَ مَرْضَاتِ ٱللَّهِ وَتَثْبِيتًۭا مِّنْ أَنفُسِهِمْ كَمَثَلِ جَنَّةٍۭ بِرَبْوَةٍ أَصَابَهَا وَابِلٌۭ فَـَٔاتَتْ أُكُلَهَا ضِعْفَيْنِ فَإِن لَّمْ يُصِبْهَا وَابِلٌۭ فَطَلٌّۭ ۗ وَٱللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ
Дела реза хиларе догдохуш, /имана тIехь/ шаьш чIагIдалархьама шайн долахь дерг /сагIина/ даьккхийнчийн масал тера ду басахь йолчу бешах‚ шена тIе чIогIа догIа деача‚ стом дуккха алсамбуьйлуш‚ чIогIа догIа ца дагIахь‚ догIа серсаш /цунах тоам хуьлуш/. И Дела цара лелориг гуш ма ву.
2:266أَيَوَدُّ أَحَدُكُمْ أَن تَكُونَ لَهُۥ جَنَّةٌۭ مِّن نَّخِيلٍۢ وَأَعْنَابٍۢ تَجْرِى مِن تَحْتِهَا ٱلْأَنْهَٰرُ لَهُۥ فِيهَا مِن كُلِّ ٱلثَّمَرَٰتِ وَأَصَابَهُ ٱلْكِبَرُ وَلَهُۥ ذُرِّيَّةٌۭ ضُعَفَآءُ فَأَصَابَهَآ إِعْصَارٌۭ فِيهِ نَارٌۭ فَٱحْتَرَقَتْ ۗ كَذَٰلِكَ يُبَيِّنُ ٱللَّهُ لَكُمُ ٱلْءَايَٰتِ لَعَلَّكُمْ تَتَفَكَّرُونَ
Шуна цхьанна а луур дарий шена хурманийн а‚ кемсийн а беш хила‚ шена бухахула татолаш а лелаш‚ массо стом шена чохь болуш‚ тIаккха и воккха а хилча‚ шен кегий доьзал болуш‚ шена чохь цIе йолу чIогIа мох баьлла‚ цо и ягаян? Иштта билгалдоху Дала шуна аяташ‚ шу хилийтархьама ойла еш.
2:267يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوٓا۟ أَنفِقُوا۟ مِن طَيِّبَٰتِ مَا كَسَبْتُمْ وَمِمَّآ أَخْرَجْنَا لَكُم مِّنَ ٱلْأَرْضِ ۖ وَلَا تَيَمَّمُوا۟ ٱلْخَبِيثَ مِنْهُ تُنفِقُونَ وَلَسْتُم بِـَٔاخِذِيهِ إِلَّآ أَن تُغْمِضُوا۟ فِيهِ ۚ وَٱعْلَمُوٓا۟ أَنَّ ٱللَّهَ غَنِىٌّ حَمِيدٌ
ХIай‚ иман диллинарш! СагIина ло‚ шаьш тардина хиллачух цIенчух‚ Оха шайна лаьттах схьадалийтинчух а. Аша сагIа доккхуш шун Iалашо ма хуьлийла боьханиг‚ аша а оьцур ма яцара и /шайна елча/ бIаьргаш хьабийна бен‚ шуна хаалаш‚ и Дела хьал долуш а‚ хастам болуш а вуйла.
2:268ٱلشَّيْطَٰنُ يَعِدُكُمُ ٱلْفَقْرَ وَيَأْمُرُكُم بِٱلْفَحْشَآءِ ۖ وَٱللَّهُ يَعِدُكُم مَّغْفِرَةًۭ مِّنْهُ وَفَضْلًۭا ۗ وَٱللَّهُ وَٰسِعٌ عَلِيمٌۭ
ШайтIано ваIда йо шуна пекъаралла‚ хьоьху шуна ирчаниг. Дала ваIда йо шуна Шегара гечдар а‚ комаьршалла а‚ И Дела шорто йолуш а‚ хууш а ву.
2:269يُؤْتِى ٱلْحِكْمَةَ مَن يَشَآءُ ۚ وَمَن يُؤْتَ ٱلْحِكْمَةَ فَقَدْ أُوتِىَ خَيْرًۭا كَثِيرًۭا ۗ وَمَا يَذَّكَّرُ إِلَّآ أُو۟لُوا۟ ٱلْأَلْبَٰبِ
Шена луучунна хьекъал луш ву И‚ шена хьекъал делларг – шена дуккха а диканна делларг ву-кх‚ цуьнан ойла-м ца йо хекъал долчара а бен.
2:270وَمَآ أَنفَقْتُم مِّن نَّفَقَةٍ أَوْ نَذَرْتُم مِّن نَّذْرٍۢ فَإِنَّ ٱللَّهَ يَعْلَمُهُۥ ۗ وَمَا لِلظَّٰلِمِينَ مِنْ أَنصَارٍ
Аша хIума сагIийна елча‚ муьлха нузар дийча – баккъалла Дела и дика хууш ма ву. Ма хир бац зуламхошна гIоьнчий.
2:271إِن تُبْدُوا۟ ٱلصَّدَقَٰتِ فَنِعِمَّا هِىَ ۖ وَإِن تُخْفُوهَا وَتُؤْتُوهَا ٱلْفُقَرَآءَ فَهُوَ خَيْرٌۭ لَّكُمْ ۚ وَيُكَفِّرُ عَنكُم مِّن سَيِّـَٔاتِكُمْ ۗ وَٱللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرٌۭ
Аша /нахана/ гуш дахахь сагIанаш – дика ду иза. Аша уьш къайлах дахахь‚ пекъаршна лахь – и ду шуна тоьлашха‚ цо дойур ду шуна шун вонаш‚ и Дела аша дийриг дика хууш ма ву.
2:272۞ لَّيْسَ عَلَيْكَ هُدَىٰهُمْ وَلَٰكِنَّ ٱللَّهَ يَهْدِى مَن يَشَآءُ ۗ وَمَا تُنفِقُوا۟ مِنْ خَيْرٍۢ فَلِأَنفُسِكُمْ ۚ وَمَا تُنفِقُونَ إِلَّا ٱبْتِغَآءَ وَجْهِ ٱللَّهِ ۚ وَمَا تُنفِقُوا۟ مِنْ خَيْرٍۢ يُوَفَّ إِلَيْكُمْ وَأَنتُمْ لَا تُظْلَمُونَ
Хьуна тIехь дац уьш нийсачу новкъахь хилар‚ амма Дала нисво Шена луург‚ аша диканна мел даьккхинарг – шуна шайна ду. Аша ца доккху и Делан юьхье сатуьйсуш а бен. Аша мел даьккхинчу диканна бекхам хир бу шуна‚ зулам дийр дац шуна.
2:273لِلْفُقَرَآءِ ٱلَّذِينَ أُحْصِرُوا۟ فِى سَبِيلِ ٱللَّهِ لَا يَسْتَطِيعُونَ ضَرْبًۭا فِى ٱلْأَرْضِ يَحْسَبُهُمُ ٱلْجَاهِلُ أَغْنِيَآءَ مِنَ ٱلتَّعَفُّفِ تَعْرِفُهُم بِسِيمَٰهُمْ لَا يَسْـَٔلُونَ ٱلنَّاسَ إِلْحَافًۭا ۗ وَمَا تُنفِقُوا۟ مِنْ خَيْرٍۢ فَإِنَّ ٱللَّهَ بِهِۦ عَلِيمٌ
Пекъарашна /ло сагIанаш/‚ шаьш Делан новкъахь чIагIбелла болчу‚ ца кхуьу уьш лаьттахула кхерста; ца хуучунна моьтту уьш хьал долуш бу‚ уьш /сагIа/ ца доьхуш болу дела‚ хьуна бевзар бу уьш церан Iаламаташца‚ тIехIоьттина /сагIа/ ца доьху цара нахе. Муьлхха диканиг аша (сагIийна) даьккхийча – баккъалла Дела и дика хууш ма ву шуна.
2:274ٱلَّذِينَ يُنفِقُونَ أَمْوَٰلَهُم بِٱلَّيْلِ وَٱلنَّهَارِ سِرًّۭا وَعَلَانِيَةًۭ فَلَهُمْ أَجْرُهُمْ عِندَ رَبِّهِمْ وَلَا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ
Шаьш шайн долахь дерг /сагIина/ доккхуш берш буса а‚ дийнахь а‚ къайлах а‚ гуш а – царна шайн миэл хир бу шайн Кхиош-кхобучун гергахь‚ кхерам а хир бац царна‚ сингаттаме а хир бац уьш.
2:275ٱلَّذِينَ يَأْكُلُونَ ٱلرِّبَوٰا۟ لَا يَقُومُونَ إِلَّا كَمَا يَقُومُ ٱلَّذِى يَتَخَبَّطُهُ ٱلشَّيْطَٰنُ مِنَ ٱلْمَسِّ ۚ ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ قَالُوٓا۟ إِنَّمَا ٱلْبَيْعُ مِثْلُ ٱلرِّبَوٰا۟ ۗ وَأَحَلَّ ٱللَّهُ ٱلْبَيْعَ وَحَرَّمَ ٱلرِّبَوٰا۟ ۚ فَمَن جَآءَهُۥ مَوْعِظَةٌۭ مِّن رَّبِّهِۦ فَٱنتَهَىٰ فَلَهُۥ مَا سَلَفَ وَأَمْرُهُۥٓ إِلَى ٱللَّهِ ۖ وَمَنْ عَادَ فَأُو۟لَٰٓئِكَ أَصْحَٰبُ ٱلنَّارِ ۖ هُمْ فِيهَا خَٰلِدُونَ
Шаьш риба юуш берш гIовттур ма бац ша шайтIано таIийнарг гIоттуш санна а бен. Иза ду цара аларна: "Йохка-эцар рибах тера ду". Йохка-эцар хьанал дина Дала‚ риба хьарам дина. Шега шен Кхиош-кхобучуьнгара хьехам а беъна сецнарг – цунна хьалха дахнарг а ду‚ цуьнан гIуллакх Деле дIадоьрзу. Юха а цунна тIевирзинарг – уьш цIеран дай бу‚ цу чохь уьш гуттар лаьттар бу.
2:276يَمْحَقُ ٱللَّهُ ٱلرِّبَوٰا۟ وَيُرْبِى ٱلصَّدَقَٰتِ ۗ وَٱللَّهُ لَا يُحِبُّ كُلَّ كَفَّارٍ أَثِيمٍ
ДIадойу Дала риба‚ кхиадо сагIанаш. Цу Далла ца веза массо цатешарг а‚ къинош дийриг а.
2:277إِنَّ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ وَأَقَامُوا۟ ٱلصَّلَوٰةَ وَءَاتَوُا۟ ٱلزَّكَوٰةَ لَهُمْ أَجْرُهُمْ عِندَ رَبِّهِمْ وَلَا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ
Шаьш тешнаберш‚ дика Iамалш йинарш‚ ламаз хIоттадеш‚ закат луш берш – царна миэл бу шайн Кхиош-кхобучун гергахь‚ кхерам хир бац царна‚ сингаттаме хир бац уьш.
2:278يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ ٱتَّقُوا۟ ٱللَّهَ وَذَرُوا۟ مَا بَقِىَ مِنَ ٱلرِّبَوٰٓا۟ إِن كُنتُم مُّؤْمِنِينَ
ХIай‚ иман диллинарш! Кхера Делах‚ дита бухадуьсуш долу риба‚ шаьш иманехь делахь.
2:279فَإِن لَّمْ تَفْعَلُوا۟ فَأْذَنُوا۟ بِحَرْبٍۢ مِّنَ ٱللَّهِ وَرَسُولِهِۦ ۖ وَإِن تُبْتُمْ فَلَكُمْ رُءُوسُ أَمْوَٰلِكُمْ لَا تَظْلِمُونَ وَلَا تُظْلَمُونَ
И аша ца дахь – Делера а‚ Цуьнан элчанера а тIом кхайкхабе. Аша тоба дахь – шуна шайн долахь долчун кортош ду‚ аша зулам дийр дац – шуна а зулам дийр дац.
2:280وَإِن كَانَ ذُو عُسْرَةٍۢ فَنَظِرَةٌ إِلَىٰ مَيْسَرَةٍۢ ۚ وَأَن تَصَدَّقُوا۟ خَيْرٌۭ لَّكُمْ ۖ إِن كُنتُمْ تَعْلَمُونَ
Цуьнгахь хало хилахь – атта хиллалц тIаьхьатоттур ду /декхар схьадехар/‚ аша и сагIина дитахь – дика ду шуна‚ шу хууш делахь.
2:281وَٱتَّقُوا۟ يَوْمًۭا تُرْجَعُونَ فِيهِ إِلَى ٱللَّهِ ۖ ثُمَّ تُوَفَّىٰ كُلُّ نَفْسٍۢ مَّا كَسَبَتْ وَهُمْ لَا يُظْلَمُونَ
Шу кхера дийнах‚ шена чохь шу Далла тIе дIадуьгур долчу‚ тIаккха массо сина ша тардиначуьнца бекхам бийр бу‚ царна зулам дийр дац.
2:282يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوٓا۟ إِذَا تَدَايَنتُم بِدَيْنٍ إِلَىٰٓ أَجَلٍۢ مُّسَمًّۭى فَٱكْتُبُوهُ ۚ وَلْيَكْتُب بَّيْنَكُمْ كَاتِبٌۢ بِٱلْعَدْلِ ۚ وَلَا يَأْبَ كَاتِبٌ أَن يَكْتُبَ كَمَا عَلَّمَهُ ٱللَّهُ ۚ فَلْيَكْتُبْ وَلْيُمْلِلِ ٱلَّذِى عَلَيْهِ ٱلْحَقُّ وَلْيَتَّقِ ٱللَّهَ رَبَّهُۥ وَلَا يَبْخَسْ مِنْهُ شَيْـًۭٔا ۚ فَإِن كَانَ ٱلَّذِى عَلَيْهِ ٱلْحَقُّ سَفِيهًا أَوْ ضَعِيفًا أَوْ لَا يَسْتَطِيعُ أَن يُمِلَّ هُوَ فَلْيُمْلِلْ وَلِيُّهُۥ بِٱلْعَدْلِ ۚ وَٱسْتَشْهِدُوا۟ شَهِيدَيْنِ مِن رِّجَالِكُمْ ۖ فَإِن لَّمْ يَكُونَا رَجُلَيْنِ فَرَجُلٌۭ وَٱمْرَأَتَانِ مِمَّن تَرْضَوْنَ مِنَ ٱلشُّهَدَآءِ أَن تَضِلَّ إِحْدَىٰهُمَا فَتُذَكِّرَ إِحْدَىٰهُمَا ٱلْأُخْرَىٰ ۚ وَلَا يَأْبَ ٱلشُّهَدَآءُ إِذَا مَا دُعُوا۟ ۚ وَلَا تَسْـَٔمُوٓا۟ أَن تَكْتُبُوهُ صَغِيرًا أَوْ كَبِيرًا إِلَىٰٓ أَجَلِهِۦ ۚ ذَٰلِكُمْ أَقْسَطُ عِندَ ٱللَّهِ وَأَقْوَمُ لِلشَّهَٰدَةِ وَأَدْنَىٰٓ أَلَّا تَرْتَابُوٓا۟ ۖ إِلَّآ أَن تَكُونَ تِجَٰرَةً حَاضِرَةًۭ تُدِيرُونَهَا بَيْنَكُمْ فَلَيْسَ عَلَيْكُمْ جُنَاحٌ أَلَّا تَكْتُبُوهَا ۗ وَأَشْهِدُوٓا۟ إِذَا تَبَايَعْتُمْ ۚ وَلَا يُضَآرَّ كَاتِبٌۭ وَلَا شَهِيدٌۭ ۚ وَإِن تَفْعَلُوا۟ فَإِنَّهُۥ فُسُوقٌۢ بِكُمْ ۗ وَٱتَّقُوا۟ ٱللَّهَ ۖ وَيُعَلِّمُكُمُ ٱللَّهُ ۗ وَٱللَّهُ بِكُلِّ شَىْءٍ عَلِيمٌۭ
ХIай‚ иман диллинарш! Шаьш вовшашкара декхарш оьцуш цIе тоьхначу ханна – дIаязде уьш. Яздойла шуна юккъехь яздечо нийсонца. Яздийриг дуьхьала ма хуьлийла яздан‚ Дала ша Iамийна ма хиллара. Цо яздойла‚ шена тIехь декхар долчо дIадуьйцийла. Делах – шен Кхиош-кхобучух кхоьрийла и /харц дийца/‚ хIумма ма эшадойла цо цунах. Нагахь санна и шена тIехь декхар дерг хилахь тIалам боцуш я заьIап‚ ша дIадийца ца луш‚ – цуьнан варис дуьйцийла нийсонца. Шайн божарех шина теше тоьшалла а дайта‚ ши боьрша стаг ца хилахь – цхьа боьрша стаг а‚ ши зуда а‚ шаьш царна тешаш хила реза долчу‚ царех /зударех/ цхьаъ тилалахь а – вукхо цунна дагадоуьйтур ду. Тешаша дуьхьало ма йолда /тоьшалла дан/ шаьш кхайкхинчу хенахь. Аша мало ма йолда и /декхар/ дIаяздан‚ жима делахь а‚ доккха делахь а шен хан тIекхаччалц. Иза мелхо а нийса ду Далла гергахь‚ чIогIа ду тоьшаллина‚ герга ду шуна шеко ца хиларехь. Нагахь и хилахь лаьтташ йолу йохка-эцар‚ аша вовшийн юккъехь дIахьош йолу‚ – и ца яздарх къа дац шуна. Тешаш хIиттабе шаьш йохка-эцар еш. Яздеш волчунна а зен ма дойла‚ тешана а. Аша и дахь – и шуьца песакъалла хилар ду. Шу кхера Делах‚ Дела шу Iамадеш ву. И Дела массо хIума ша хууш ву.
2:283۞ وَإِن كُنتُمْ عَلَىٰ سَفَرٍۢ وَلَمْ تَجِدُوا۟ كَاتِبًۭا فَرِهَٰنٌۭ مَّقْبُوضَةٌۭ ۖ فَإِنْ أَمِنَ بَعْضُكُم بَعْضًۭا فَلْيُؤَدِّ ٱلَّذِى ٱؤْتُمِنَ أَمَٰنَتَهُۥ وَلْيَتَّقِ ٱللَّهَ رَبَّهُۥ ۗ وَلَا تَكْتُمُوا۟ ٱلشَّهَٰدَةَ ۚ وَمَن يَكْتُمْهَا فَإِنَّهُۥٓ ءَاثِمٌۭ قَلْبُهُۥ ۗ وَٱللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ عَلِيمٌۭ
Шу новкъахь хилла‚ шуна яздан стаг ца каравахь – кара хIума ло закъалтана. Шух цхьаболчара вукхарна тешамна хIума елча – шена тешамна елла хIума юхаерзайойла цо‚ шен Делах – шен Кхиош-кхобучух – кхоьрийла иза /и юха ца ерзаян/. Аша ма хьулделаш тоьшалла‚ и хьулдинарг – шен даго къинош динарг ву. И Дела аша дийриг хууш ма ву.
2:284لِّلَّهِ مَا فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَمَا فِى ٱلْأَرْضِ ۗ وَإِن تُبْدُوا۟ مَا فِىٓ أَنفُسِكُمْ أَوْ تُخْفُوهُ يُحَاسِبْكُم بِهِ ٱللَّهُ ۖ فَيَغْفِرُ لِمَن يَشَآءُ وَيُعَذِّبُ مَن يَشَآءُ ۗ وَٱللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَىْءٍۢ قَدِيرٌ
Делан ду стигланашкахь дерг а‚ лаьттахь дерг а‚ аша гучудаьккхича а шайгахь дерг‚ я хьулдича а – и хьесап дийр ду шуна Дала. Шена луучунна гечдийр ду Цо‚ Шена луучунна Iазап дийр ду. И Дела массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ма ву.
2:285ءَامَنَ ٱلرَّسُولُ بِمَآ أُنزِلَ إِلَيْهِ مِن رَّبِّهِۦ وَٱلْمُؤْمِنُونَ ۚ كُلٌّ ءَامَنَ بِٱللَّهِ وَمَلَٰٓئِكَتِهِۦ وَكُتُبِهِۦ وَرُسُلِهِۦ لَا نُفَرِّقُ بَيْنَ أَحَدٍۢ مِّن رُّسُلِهِۦ ۚ وَقَالُوا۟ سَمِعْنَا وَأَطَعْنَا ۖ غُفْرَانَكَ رَبَّنَا وَإِلَيْكَ ٱلْمَصِيرُ
Элча тийшира шен Кхиош-кхобучуьнгара шега доссийнчух‚ муъма нах а тийшира. Массо тийшира Делах‚ Цуьнан маликех а‚ Цуьнан жайнех а‚ Цуьнан элчанех а‚ Цуьнан элчанийн юккъера цхьа а къаста ца во оха. ТIаккха цара элира: "ЛадоьгIна оха‚ муьтIахь хилла тхо. Ахьа гечделахь тхуна‚ тхан Кхиош-кхобург‚ Хьоьга ду-кха дIадерзар".
2:286لَا يُكَلِّفُ ٱللَّهُ نَفْسًا إِلَّا وُسْعَهَا ۚ لَهَا مَا كَسَبَتْ وَعَلَيْهَا مَا ٱكْتَسَبَتْ ۗ رَبَّنَا لَا تُؤَاخِذْنَآ إِن نَّسِينَآ أَوْ أَخْطَأْنَا ۚ رَبَّنَا وَلَا تَحْمِلْ عَلَيْنَآ إِصْرًۭا كَمَا حَمَلْتَهُۥ عَلَى ٱلَّذِينَ مِن قَبْلِنَا ۚ رَبَّنَا وَلَا تُحَمِّلْنَا مَا لَا طَاقَةَ لَنَا بِهِۦ ۖ وَٱعْفُ عَنَّا وَٱغْفِرْ لَنَا وَٱرْحَمْنَآ ۚ أَنتَ مَوْلَىٰنَا فَٱنصُرْنَا عَلَى ٱلْقَوْمِ ٱلْكَٰفِرِينَ
Синна тIе ца дуьллу Дала цуьнан ницкъ кхочург бен. Цунна – ша тардинарг ду‚ цунна дуьхал а – ша тардинарг ду. "Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахьа тхо бехке ма лацалахь тхо дицделча а‚ я гIалатдаьлча а. Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахьа тхуна тIе ма йиллалахь хало‚ Ахьа тхол хьалхабаханчарна тIе йилларх терра. Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахьа тхуна тIе ма диллалахь тхуна шена тIехь ницкъ ца кхочург‚ хьалхадахалахь тхо‚ гечделахь тхуна‚ къинхетам а белахь тхох‚ Хьо ву тхан верас‚ гIо делахь тхуна ца тешачу къомана тIехь". /Иштта деха боху Дала муъма нахе/.
3:1الٓمٓ
Алиф-лам-мим.
3:2ٱللَّهُ لَآ إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ٱلْحَىُّ ٱلْقَيُّومُ
Цхьа Дела ву‚ кхин дела вац И бен‚ Ша дийна ву‚ гуттар хIоьттина ву /Шен лайн гIуллакхаш кхочуш деш/.
3:3نَزَّلَ عَلَيْكَ ٱلْكِتَٰبَ بِٱلْحَقِّ مُصَدِّقًۭا لِّمَا بَيْنَ يَدَيْهِ وَأَنزَلَ ٱلتَّوْرَىٰةَ وَٱلْإِنجِيلَ
Цо хьоьга диссийна хьакъ-бакъ а долуш‚ шел хьалха хилларг бакъдеш долу жайна (КъурIан)‚ Цо охьадоссийна Товрат а‚ Инжил а /Мусага а, Iисага а/.
3:4مِن قَبْلُ هُدًۭى لِّلنَّاسِ وَأَنزَلَ ٱلْفُرْقَانَ ۗ إِنَّ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ بِـَٔايَٰتِ ٱللَّهِ لَهُمْ عَذَابٌۭ شَدِيدٌۭ ۗ وَٱللَّهُ عَزِيزٌۭ ذُو ٱنتِقَامٍ
Хьалха нийса некъ хилла нахана‚ цо охьадоссийна Фуркъан. Баккъалла а, Делан аятех ца тешаш берш – царна ма ду чIогIа Iазап. И Дела ма ву ша веза верг а‚ бекхам оьцуш верг а.
3:5إِنَّ ٱللَّهَ لَا يَخْفَىٰ عَلَيْهِ شَىْءٌۭ فِى ٱلْأَرْضِ وَلَا فِى ٱلسَّمَآءِ
Баккъалла а, и Дела ма ву Шех къайлаер йоцуш хIумма а лаьттахь а, стиглахь а.
3:6هُوَ ٱلَّذِى يُصَوِّرُكُمْ فِى ٱلْأَرْحَامِ كَيْفَ يَشَآءُ ۚ لَآ إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ٱلْعَزِيزُ ٱلْحَكِيمُ
И ву шу кепе дерзийна беран цIа чохь Шена ма луьу‚ кхин дела вац И бен‚ ша веза верг а‚ хьекъале верг а ву И.
3:7هُوَ ٱلَّذِىٓ أَنزَلَ عَلَيْكَ ٱلْكِتَٰبَ مِنْهُ ءَايَٰتٌۭ مُّحْكَمَٰتٌ هُنَّ أُمُّ ٱلْكِتَٰبِ وَأُخَرُ مُتَشَٰبِهَٰتٌۭ ۖ فَأَمَّا ٱلَّذِينَ فِى قُلُوبِهِمْ زَيْغٌۭ فَيَتَّبِعُونَ مَا تَشَٰبَهَ مِنْهُ ٱبْتِغَآءَ ٱلْفِتْنَةِ وَٱبْتِغَآءَ تَأْوِيلِهِۦ ۗ وَمَا يَعْلَمُ تَأْوِيلَهُۥٓ إِلَّا ٱللَّهُ ۗ وَٱلرَّٰسِخُونَ فِى ٱلْعِلْمِ يَقُولُونَ ءَامَنَّا بِهِۦ كُلٌّۭ مِّنْ عِندِ رَبِّنَا ۗ وَمَا يَذَّكَّرُ إِلَّآ أُو۟لُوا۟ ٱلْأَلْبَٰبِ
И ву хьоьга доссийнарг жайна‚ цунна чохь хьикмате аяташ ду – уьш жайнан нана ю‚ кхидерш – цхьатерранаш ду. Амма шайн дегнашкахь дIатевжар дерш – уьш тIаьхьахIуьтту царех тера хеташ долчарна питана лоьхуш а‚ уьш даста гIерташ а. Уьш даста ма ца хаьа Далла шена бен. Шаьш Iилманчохь кIаргбеллачара олу: "Тешна тхо цунах‚ дерриге а ду тхан Кхиош-кхобучуьнгара". Ойла-м ца йо шаьш хьекъал долуш болчара бен.
3:8رَبَّنَا لَا تُزِغْ قُلُوبَنَا بَعْدَ إِذْ هَدَيْتَنَا وَهَبْ لَنَا مِن لَّدُنكَ رَحْمَةً ۚ إِنَّكَ أَنتَ ٱلْوَهَّابُ
(Олу иман диллинчара): "Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахьа тхан дегнаш дIа ма товжаделахь, Айхьа тхо нисдинчул тIаьхьа‚ Хьайн гергара къинхетам лолахь тхуна‚ баккъалла а, Хьо ма ву луш верг‚
3:9رَبَّنَآ إِنَّكَ جَامِعُ ٱلنَّاسِ لِيَوْمٍۢ لَّا رَيْبَ فِيهِ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ لَا يُخْلِفُ ٱلْمِيعَادَ
Тхан Кхиош-кхобург‚ Хьо ма ву нах гулбийриг шена чохь шеко йоцчу денна‚ баккъалла а, и Дела вац-кх ваIда йохош".
3:10إِنَّ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ لَن تُغْنِىَ عَنْهُمْ أَمْوَٰلُهُمْ وَلَآ أَوْلَٰدُهُم مِّنَ ٱللَّهِ شَيْـًۭٔا ۖ وَأُو۟لَٰٓئِكَ هُمْ وَقُودُ ٱلنَّارِ
Баккъалла а, цатешаш берш – церан дохнно а‚ бераша а Делера /Цуьнан Iазапах/ хьалхабохур бац уьш хIуманна а. Уьш ма бу цIеран ягориг.
3:11كَدَأْبِ ءَالِ فِرْعَوْنَ وَٱلَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ ۚ كَذَّبُوا۟ بِـَٔايَٰتِنَا فَأَخَذَهُمُ ٱللَّهُ بِذُنُوبِهِمْ ۗ وَٱللَّهُ شَدِيدُ ٱلْعِقَابِ
ФирIанан доьзалан Iадатах терра‚ царал хьалха хиллачийн Iадатах терра: харцдира цара Тхан аяташ – Дала схьалецира уьш шайн къинош бахьанехь. И Дела таIзар чIогIа долуш ву.
3:12قُل لِّلَّذِينَ كَفَرُوا۟ سَتُغْلَبُونَ وَتُحْشَرُونَ إِلَىٰ جَهَنَّمَ ۚ وَبِئْسَ ٱلْمِهَادُ
Ахьа ала цатешначаьрга: "Эшор а ду шу‚ жоьжахатийн чу лохкур а ду шу". – Ма вон мотт бу-кх иза.
3:13قَدْ كَانَ لَكُمْ ءَايَةٌۭ فِى فِئَتَيْنِ ٱلْتَقَتَا ۖ فِئَةٌۭ تُقَٰتِلُ فِى سَبِيلِ ٱللَّهِ وَأُخْرَىٰ كَافِرَةٌۭ يَرَوْنَهُم مِّثْلَيْهِمْ رَأْىَ ٱلْعَيْنِ ۚ وَٱللَّهُ يُؤَيِّدُ بِنَصْرِهِۦ مَن يَشَآءُ ۗ إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَعِبْرَةًۭ لِّأُو۟لِى ٱلْأَبْصَٰرِ
Шуна делил дара-кх ши тоба‚ вовшийн дуьхь-дуьхьала яхна хилла йолу – цхьа тоба тIом беш Делан новкъахь‚ важа – цатешаш ерг‚ царна уьш гуора шайл шозза алсам бIаьргаца. Дала чIагIво Шен гIоьнца Шена луург. Баккъалла а, цу чохь хьехам ма бу бIаьрса долчарна.
3:14زُيِّنَ لِلنَّاسِ حُبُّ ٱلشَّهَوَٰتِ مِنَ ٱلنِّسَآءِ وَٱلْبَنِينَ وَٱلْقَنَٰطِيرِ ٱلْمُقَنطَرَةِ مِنَ ٱلذَّهَبِ وَٱلْفِضَّةِ وَٱلْخَيْلِ ٱلْمُسَوَّمَةِ وَٱلْأَنْعَٰمِ وَٱلْحَرْثِ ۗ ذَٰلِكَ مَتَٰعُ ٱلْحَيَوٰةِ ٱلدُّنْيَا ۖ وَٱللَّهُ عِندَهُۥ حُسْنُ ٱلْمَـَٔابِ
Нахана хаздина чIогIа безам зударшка а‚ кIенташка а‚ тIеттIа гулдинчу дешига а‚ датога а‚ васт долчу говрашка а‚ даьхнига а‚ ялтига а – иза дуьненан дахаран бахам бу‚ Далла гергахь ма ду хаза дIавоьрзийла.
3:15۞ قُلْ أَؤُنَبِّئُكُم بِخَيْرٍۢ مِّن ذَٰلِكُمْ ۚ لِلَّذِينَ ٱتَّقَوْا۟ عِندَ رَبِّهِمْ جَنَّٰتٌۭ تَجْرِى مِن تَحْتِهَا ٱلْأَنْهَٰرُ خَٰلِدِينَ فِيهَا وَأَزْوَٰجٌۭ مُّطَهَّرَةٌۭ وَرِضْوَٰنٌۭ مِّنَ ٱللَّهِ ۗ وَٱللَّهُ بَصِيرٌۢ بِٱلْعِبَادِ
Ахьа ала: "Аса дуьйций шуна цул диканиг?" /Делах/ кхоьруш болчарна шайн Кхиош-кхобучун хьалхахь бошмаш ю‚ бухахула татолаш а долуш‚ гутаренна а цу чохь хир бу уьш‚ цIена зударий а бу‚ Делера реза хилар а ду. И Дела гуш ма ву шен леш‚
3:16ٱلَّذِينَ يَقُولُونَ رَبَّنَآ إِنَّنَآ ءَامَنَّا فَٱغْفِرْ لَنَا ذُنُوبَنَا وَقِنَا عَذَابَ ٱلنَّارِ
Шаьш олуш болу: "Тхан Кхиош-кхобург! Оха, баккъалла а, иман диллина‚ Ахьа гечделахь тхан къинош‚ Ахьа хьалхадахалахь тхо цIеран Iазапах"‚ –
3:17ٱلصَّٰبِرِينَ وَٱلصَّٰدِقِينَ وَٱلْقَٰنِتِينَ وَٱلْمُنفِقِينَ وَٱلْمُسْتَغْفِرِينَ بِٱلْأَسْحَارِ
Шаьш собаре болуш‚ бакъдерг дуьйцуш‚ Далла муьтIахьболуш‚ сагIа луш‚ гечдар доьхуш сатасале.
3:18شَهِدَ ٱللَّهُ أَنَّهُۥ لَآ إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ وَٱلْمَلَٰٓئِكَةُ وَأُو۟لُوا۟ ٱلْعِلْمِ قَآئِمًۢا بِٱلْقِسْطِ ۚ لَآ إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ٱلْعَزِيزُ ٱلْحَكِيمُ
Дала тоьшалла дина цхьа а Дела цахиларна‚ И Ша бен‚ маликаша а‚ Iилма долчу наха а дина /тоьшалла/‚ нийсонна тIехIоьттина воллуш ву Иза‚ кхин Дела вац И бен‚ Ша веза верг а‚ хьекъале верг а ву Иза.
3:19إِنَّ ٱلدِّينَ عِندَ ٱللَّهِ ٱلْإِسْلَٰمُ ۗ وَمَا ٱخْتَلَفَ ٱلَّذِينَ أُوتُوا۟ ٱلْكِتَٰبَ إِلَّا مِنۢ بَعْدِ مَا جَآءَهُمُ ٱلْعِلْمُ بَغْيًۢا بَيْنَهُمْ ۗ وَمَن يَكْفُرْ بِـَٔايَٰتِ ٱللَّهِ فَإِنَّ ٱللَّهَ سَرِيعُ ٱلْحِسَابِ
Дин ду Далла гергахь ислам. Шайга жайна делларш хилпе ца хилира‚ шайга Iилма деанчул тIаьхьа бен‚ вовшийн юккъе хьагI яр бахьанехь. Делан аяташ харцдеш верг – и Дела ма ву хьесапна сиха.
3:20فَإِنْ حَآجُّوكَ فَقُلْ أَسْلَمْتُ وَجْهِىَ لِلَّهِ وَمَنِ ٱتَّبَعَنِ ۗ وَقُل لِّلَّذِينَ أُوتُوا۟ ٱلْكِتَٰبَ وَٱلْأُمِّيِّۦنَ ءَأَسْلَمْتُمْ ۚ فَإِنْ أَسْلَمُوا۟ فَقَدِ ٱهْتَدَوا۟ ۖ وَّإِن تَوَلَّوْا۟ فَإِنَّمَا عَلَيْكَ ٱلْبَلَٰغُ ۗ وَٱللَّهُ بَصِيرٌۢ بِٱلْعِبَادِ
Цара хьоьца къийсахь‚ ахьа ала: "Аса муьтIахь йина сайн юьхь Далла‚ суна тIаьхьахIоьттинчо а йина". Ахьа ала шайга жайна даийтинчаьрга а‚ бодане болчарга а: "Шу хиллий муьтIахь?" Уьш муьтIахь хилла белахь‚ тIаккха уьш нийсачу новкъахь бу‚ уьш дIаберзахь – хьуна тIехь дIакхачор бен дац. И Дела ма ву гуш Шен леш.
3:21إِنَّ ٱلَّذِينَ يَكْفُرُونَ بِـَٔايَٰتِ ٱللَّهِ وَيَقْتُلُونَ ٱلنَّبِيِّۦنَ بِغَيْرِ حَقٍّۢ وَيَقْتُلُونَ ٱلَّذِينَ يَأْمُرُونَ بِٱلْقِسْطِ مِنَ ٱلنَّاسِ فَبَشِّرْهُم بِعَذَابٍ أَلِيمٍ
Баккъалла а, Делан аяташ харцдеш берш‚ бен хьакъ боцу пайхамарш бойуш берш, нахах шайга нийсо лелае бохуш омра деш берш бойуш берш – царна ахьа кхерам тасалахь лазош долчу Iазапца.
3:22أُو۟لَٰٓئِكَ ٱلَّذِينَ حَبِطَتْ أَعْمَٰلُهُمْ فِى ٱلدُّنْيَا وَٱلْءَاخِرَةِ وَمَا لَهُم مِّن نَّٰصِرِينَ
Уьш ма бу шайн Iамалш яйнарш дуьненахь а‚ эхартахь а‚ ма бац царна гIоьнчий.
3:23أَلَمْ تَرَ إِلَى ٱلَّذِينَ أُوتُوا۟ نَصِيبًۭا مِّنَ ٱلْكِتَٰبِ يُدْعَوْنَ إِلَىٰ كِتَٰبِ ٱللَّهِ لِيَحْكُمَ بَيْنَهُمْ ثُمَّ يَتَوَلَّىٰ فَرِيقٌۭ مِّنْهُمْ وَهُم مُّعْرِضُونَ
Хьуна ца го и шайга жайнан цхьа дакъа даийтинарш – уьш Делан жайне кхайкхича вовшийн юккъехь хьукма дан‚ царех цхьа тоба дIайоьрзу‚ дуьхьал хуьлуш.
3:24ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ قَالُوا۟ لَن تَمَسَّنَا ٱلنَّارُ إِلَّآ أَيَّامًۭا مَّعْدُودَٰتٍۢ ۖ وَغَرَّهُمْ فِى دِينِهِم مَّا كَانُوا۟ يَفْتَرُونَ
Иза ду цара олу дела: "ЦIаро схьалоцур дац тхо цхьа масийтта дийнахь бен". Шаьш кхуллуш долчо шайн динехь чIогIа тилийна уьш.
3:25فَكَيْفَ إِذَا جَمَعْنَٰهُمْ لِيَوْمٍۢ لَّا رَيْبَ فِيهِ وَوُفِّيَتْ كُلُّ نَفْسٍۢ مَّا كَسَبَتْ وَهُمْ لَا يُظْلَمُونَ
Муха‚ Оха уьш гулбинчу хенахь шена чохь шеко йоцчу /къемат/ денна‚ массо сина ша карийначуьнца бекхам белча‚ царна зулам дийр дац?
3:26قُلِ ٱللَّهُمَّ مَٰلِكَ ٱلْمُلْكِ تُؤْتِى ٱلْمُلْكَ مَن تَشَآءُ وَتَنزِعُ ٱلْمُلْكَ مِمَّن تَشَآءُ وَتُعِزُّ مَن تَشَآءُ وَتُذِلُّ مَن تَشَآءُ ۖ بِيَدِكَ ٱلْخَيْرُ ۖ إِنَّكَ عَلَىٰ كُلِّ شَىْءٍۢ قَدِيرٌۭ
Ахьа ала: "ХIай Дела‚ мулк Шен долахь дерг‚ Хьайна луучунна ло-кх Ахьа мулк‚ Хьайна луучуьнгара схьадоккху Ахьа мулк‚ Хьайна луург вазво Ахьа‚ Хьайна луург сийсазво‚ Хьан карахь ду-кх дика‚ баккъалла а, Хьо ма ву массо хIуманна ницкъ кхочуш.
3:27تُولِجُ ٱلَّيْلَ فِى ٱلنَّهَارِ وَتُولِجُ ٱلنَّهَارَ فِى ٱلَّيْلِ ۖ وَتُخْرِجُ ٱلْحَىَّ مِنَ ٱلْمَيِّتِ وَتُخْرِجُ ٱلْمَيِّتَ مِنَ ٱلْحَىِّ ۖ وَتَرْزُقُ مَن تَشَآءُ بِغَيْرِ حِسَابٍۢ
Буьйса денна чу йолуьйту Ахьа‚ де буьйсанна чу долуьйту Ахьа‚ веллачух дийнаверг схьавоккху Ахьа‚ дийна волчух велларг схьавоккху Ахьа‚ цхьа а хьесап доцуш рицкъа ло Ахьа Хьайна луучунна".
3:28لَّا يَتَّخِذِ ٱلْمُؤْمِنُونَ ٱلْكَٰفِرِينَ أَوْلِيَآءَ مِن دُونِ ٱلْمُؤْمِنِينَ ۖ وَمَن يَفْعَلْ ذَٰلِكَ فَلَيْسَ مِنَ ٱللَّهِ فِى شَىْءٍ إِلَّآ أَن تَتَّقُوا۟ مِنْهُمْ تُقَىٰةًۭ ۗ وَيُحَذِّرُكُمُ ٱللَّهُ نَفْسَهُۥ ۗ وَإِلَى ٱللَّهِ ٱلْمَصِيرُ
Муъма наха ма лоьцийла цатешарш доттагIий /кхин/, муъма нах битина. И динарг вац Делера /цхьа а/ хIуманна тIехь‚ шу царех /керстанех/ кхеранне а кхоьруш дацахь‚ Дала шу лардо Шеца‚ Деле ма ду дIадерзар.
3:29قُلْ إِن تُخْفُوا۟ مَا فِى صُدُورِكُمْ أَوْ تُبْدُوهُ يَعْلَمْهُ ٱللَّهُ ۗ وَيَعْلَمُ مَا فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَمَا فِى ٱلْأَرْضِ ۗ وَٱللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَىْءٍۢ قَدِيرٌۭ
Ахьа ала: "Аша хьулдахь а шайн дегнашкахь дерг‚ гучудаккахь и – Дела и хууш ву‚ И хууш ву стигланашкахь а‚ лаьттахь а дерг‚ и Дела массо хIуманна ницкъ кхочуш ма ву.
3:30يَوْمَ تَجِدُ كُلُّ نَفْسٍۢ مَّا عَمِلَتْ مِنْ خَيْرٍۢ مُّحْضَرًۭا وَمَا عَمِلَتْ مِن سُوٓءٍۢ تَوَدُّ لَوْ أَنَّ بَيْنَهَا وَبَيْنَهُۥٓ أَمَدًۢا بَعِيدًۭا ۗ وَيُحَذِّرُكُمُ ٱللَّهُ نَفْسَهُۥ ۗ وَٱللَّهُ رَءُوفٌۢ بِٱلْعِبَادِ
Оцу дийнахь массо сина шен хьалхахь карор ду ша дина дика. Ша динчу вонан а, шена а юккъехь генара хан хуьлийла луур дара цунна‚ Дала лардо шу Шеца‚ и Дела дог кIеда ву лешца".
3:31قُلْ إِن كُنتُمْ تُحِبُّونَ ٱللَّهَ فَٱتَّبِعُونِى يُحْبِبْكُمُ ٱللَّهُ وَيَغْفِرْ لَكُمْ ذُنُوبَكُمْ ۗ وَٱللَّهُ غَفُورٌۭ رَّحِيمٌۭ
Ахьа ала: "Шу делахь Дела везаш‚ суна тIаьхьахIитта – Далла дезар ду шу‚ шуна гечдийр ду Цо шун къинош"‚ – и Дела гечдеш а‚ къинхетаме а ву.
3:32قُلْ أَطِيعُوا۟ ٱللَّهَ وَٱلرَّسُولَ ۖ فَإِن تَوَلَّوْا۟ فَإِنَّ ٱللَّهَ لَا يُحِبُّ ٱلْكَٰفِرِينَ
Ахьа ала: "МуьтIахь хила Далла а‚ элчанна а". Уьш дIаберзахь‚ Далла ца беза цатешарш.
3:33۞ إِنَّ ٱللَّهَ ٱصْطَفَىٰٓ ءَادَمَ وَنُوحًۭا وَءَالَ إِبْرَٰهِيمَ وَءَالَ عِمْرَٰنَ عَلَى ٱلْعَٰلَمِينَ
Баккъалла а, Дала хаьржира Адам а‚ Нухь а‚ ИбрахIиман доьзал а‚ Iимранан доьзал а Iаламал,
3:34ذُرِّيَّةًۢ بَعْضُهَا مِنۢ بَعْضٍۢ ۗ وَٱللَّهُ سَمِيعٌ عَلِيمٌ
Цхьадерш вовшашкара баьлла болуш‚ и Дела хезаш а‚ хууш а ву.
3:35إِذْ قَالَتِ ٱمْرَأَتُ عِمْرَٰنَ رَبِّ إِنِّى نَذَرْتُ لَكَ مَا فِى بَطْنِى مُحَرَّرًۭا فَتَقَبَّلْ مِنِّىٓ ۖ إِنَّكَ أَنتَ ٱلسَّمِيعُ ٱلْعَلِيمُ
Iимранан зудчо аьллера: "Сан Кхиош-кхобург‚ аса Хьуна нузар дина-кх сайн кийрахь дерг массо хIуманах паргIат а даьккхина, къобалдехьа соьгара‚ баккъалла а, Хьо хезаш верг а‚ хууш верг а ву-кх".
3:36فَلَمَّا وَضَعَتْهَا قَالَتْ رَبِّ إِنِّى وَضَعْتُهَآ أُنثَىٰ وَٱللَّهُ أَعْلَمُ بِمَا وَضَعَتْ وَلَيْسَ ٱلذَّكَرُ كَٱلْأُنثَىٰ ۖ وَإِنِّى سَمَّيْتُهَا مَرْيَمَ وَإِنِّىٓ أُعِيذُهَا بِكَ وَذُرِّيَّتَهَا مِنَ ٱلشَّيْطَٰنِ ٱلرَّجِيمِ
Ша бер дина яьлча /цо/, элира: "Сан Кхиош-кхобург‚ аса-м йоI ма йина". И Дела дика хууш ма ву‚ цо хIуъа йинехь а. "Боьршаниг ма ца хуьлу стенаниг санна. Аса цунна цIе тиллина Марьям‚ аса иза а‚ цуьнан зуьррет а Хьоьца лардо эккхош хилла долчу шайтIанах".
3:37فَتَقَبَّلَهَا رَبُّهَا بِقَبُولٍ حَسَنٍۢ وَأَنۢبَتَهَا نَبَاتًا حَسَنًۭا وَكَفَّلَهَا زَكَرِيَّا ۖ كُلَّمَا دَخَلَ عَلَيْهَا زَكَرِيَّا ٱلْمِحْرَابَ وَجَدَ عِندَهَا رِزْقًۭا ۖ قَالَ يَٰمَرْيَمُ أَنَّىٰ لَكِ هَٰذَا ۖ قَالَتْ هُوَ مِنْ عِندِ ٱللَّهِ ۖ إِنَّ ٱللَّهَ يَرْزُقُ مَن يَشَآءُ بِغَيْرِ حِسَابٍ
Дала къобалдира цуьнан и хаза къобалдарца‚ хаза а, цIена а кхиира Цо и (Марьям)‚ цунна тIехь долалла дар тIедиллира Закарена. И йолчу Михьрабан чу ма-велли‚ Закарена цуьнан (Марьяман) хьалхахь рицкъа карадора. Цо олура: "Марьям‚ хIара мичахьара ду хьуна?" Цо (Марьяма) олура: "ХIара Делан гергара ду. Баккъалла а, и Дела рицкъ луш ма ву Шена луучунна хьесап доцуш".
3:38هُنَالِكَ دَعَا زَكَرِيَّا رَبَّهُۥ ۖ قَالَ رَبِّ هَبْ لِى مِن لَّدُنكَ ذُرِّيَّةًۭ طَيِّبَةً ۖ إِنَّكَ سَمِيعُ ٱلدُّعَآءِ
Цигахь кхайкхира Закаре шен Кхиош-кхобучуьнга‚ элира: "Сан Кхиош-кхобург‚ лохьа суна Хьайгара цIена зуьррет‚ баккъалла а‚ Хьо ма ву кхайкхам хезаш".
3:39فَنَادَتْهُ ٱلْمَلَٰٓئِكَةُ وَهُوَ قَآئِمٌۭ يُصَلِّى فِى ٱلْمِحْرَابِ أَنَّ ٱللَّهَ يُبَشِّرُكَ بِيَحْيَىٰ مُصَدِّقًۢا بِكَلِمَةٍۢ مِّنَ ٱللَّهِ وَسَيِّدًۭا وَحَصُورًۭا وَنَبِيًّۭا مِّنَ ٱلصَّٰلِحِينَ
Цуьнга кхайкхира маликаш‚ и хIоьттина ламаз деш волуш Михьрабан чохь: "Дала кхаъ боккху хьуна Яхьъяца‚ ша бакъдеш хилла волу Делера Дош‚ ша эла а волу‚ ша чIагIо а хилла волу‚ ша дикачех пайхамар а хилла волу".
3:40قَالَ رَبِّ أَنَّىٰ يَكُونُ لِى غُلَٰمٌۭ وَقَدْ بَلَغَنِىَ ٱلْكِبَرُ وَٱمْرَأَتِى عَاقِرٌۭ ۖ قَالَ كَذَٰلِكَ ٱللَّهُ يَفْعَلُ مَا يَشَآءُ
Цо элира: "Сан Кхиош-кхобург‚ мичара хир ву суна кIант? Со воккха а ма хилла‚ сан зуда а ма ю бер ца хуьлуш". Элира: "Иштта Дала до Шена луург".
3:41قَالَ رَبِّ ٱجْعَل لِّىٓ ءَايَةًۭ ۖ قَالَ ءَايَتُكَ أَلَّا تُكَلِّمَ ٱلنَّاسَ ثَلَٰثَةَ أَيَّامٍ إِلَّا رَمْزًۭا ۗ وَٱذْكُر رَّبَّكَ كَثِيرًۭا وَسَبِّحْ بِٱلْعَشِىِّ وَٱلْإِبْكَٰرِ
/Закарес/ элира: "Сан Кхиош-кхобург‚ цхьа делалла дехьа суна". /Дала/ элира: "Хьан делалла ду хьо нахе кхаа дийнахь вист цахилар ишарца а бен‚ хьан Кхиош-кхобург хьехаве дуккха а‚ хаставе И сарахь а‚ Iуьйранна а".
3:42وَإِذْ قَالَتِ ٱلْمَلَٰٓئِكَةُ يَٰمَرْيَمُ إِنَّ ٱللَّهَ ٱصْطَفَىٰكِ وَطَهَّرَكِ وَٱصْطَفَىٰكِ عَلَىٰ نِسَآءِ ٱلْعَٰلَمِينَ
Маликаша аьллера: "ХIай Марьям‚ баккъалла а, Дала хаьржина хьо‚ Цо цIанйина хьо‚ Цо хьо хаьржина массо Iаламан зударел.
3:43يَٰمَرْيَمُ ٱقْنُتِى لِرَبِّكِ وَٱسْجُدِى وَٱرْكَعِى مَعَ ٱلرَّٰكِعِينَ
ХIай Марьям‚ муьтIахь хила хьайн Кхиош-кхобучунна‚ сужд а де‚ гора гIуо гуора гIучаьрца".
3:44ذَٰلِكَ مِنْ أَنۢبَآءِ ٱلْغَيْبِ نُوحِيهِ إِلَيْكَ ۚ وَمَا كُنتَ لَدَيْهِمْ إِذْ يُلْقُونَ أَقْلَٰمَهُمْ أَيُّهُمْ يَكْفُلُ مَرْيَمَ وَمَا كُنتَ لَدَيْهِمْ إِذْ يَخْتَصِمُونَ
Иза ду къайле хабарех‚ Оха шаьш хьуна хоуьйтуш долу. Хьо вацара уьш болчохь‚ цара шайн къоламаш кхуьссуш‚ муьлхачо гIайгIа бийр бу Марьямах хаа‚ хьо вацара уьш болчохь цара къуьйсучу хенахь.
3:45إِذْ قَالَتِ ٱلْمَلَٰٓئِكَةُ يَٰمَرْيَمُ إِنَّ ٱللَّهَ يُبَشِّرُكِ بِكَلِمَةٍۢ مِّنْهُ ٱسْمُهُ ٱلْمَسِيحُ عِيسَى ٱبْنُ مَرْيَمَ وَجِيهًۭا فِى ٱلدُّنْيَا وَٱلْءَاخِرَةِ وَمِنَ ٱلْمُقَرَّبِينَ
Маликаша аьллера: "ХIай Марьям‚ баккъалла а, Дала кхаъ боккхуш бу хьуна Шегара Дошаца‚ шен цIе Хьеханарг‚ Марьяман кIант Iиса а волуш‚ ша дуьненахь а‚ эхартахь а сий долуш хинверг‚ ша /Далла/ гергарчех хинверг.
3:46وَيُكَلِّمُ ٱلنَّاسَ فِى ٱلْمَهْدِ وَكَهْلًۭا وَمِنَ ٱلصَّٰلِحِينَ
Нахаца хабар дуьйцур ду цо аганчохь а‚ воккха хилча а, дикачарех хир ву иза".
3:47قَالَتْ رَبِّ أَنَّىٰ يَكُونُ لِى وَلَدٌۭ وَلَمْ يَمْسَسْنِى بَشَرٌۭ ۖ قَالَ كَذَٰلِكِ ٱللَّهُ يَخْلُقُ مَا يَشَآءُ ۚ إِذَا قَضَىٰٓ أَمْرًۭا فَإِنَّمَا يَقُولُ لَهُۥ كُن فَيَكُونُ
Цо /Марьяма/ элира: "Сан Кхиош-кхобург‚ мичара хир ву суна кIант‚ сох стаг хьакха а ца велла". Элира /маликаша/: "Иштта Дала кхуллу Шена луург. Шена цхьа гIуллакх лиъча‚ Цо олу цуьнга: "Хила!" – и хуьлу".
3:48وَيُعَلِّمُهُ ٱلْكِتَٰبَ وَٱلْحِكْمَةَ وَٱلتَّوْرَىٰةَ وَٱلْإِنجِيلَ
Цо цунна /Iисана/ Жайна Iамор ду‚ хьекъал а‚ Товрат а‚ Инжил а.
3:49وَرَسُولًا إِلَىٰ بَنِىٓ إِسْرَٰٓءِيلَ أَنِّى قَدْ جِئْتُكُم بِـَٔايَةٍۢ مِّن رَّبِّكُمْ ۖ أَنِّىٓ أَخْلُقُ لَكُم مِّنَ ٱلطِّينِ كَهَيْـَٔةِ ٱلطَّيْرِ فَأَنفُخُ فِيهِ فَيَكُونُ طَيْرًۢا بِإِذْنِ ٱللَّهِ ۖ وَأُبْرِئُ ٱلْأَكْمَهَ وَٱلْأَبْرَصَ وَأُحْىِ ٱلْمَوْتَىٰ بِإِذْنِ ٱللَّهِ ۖ وَأُنَبِّئُكُم بِمَا تَأْكُلُونَ وَمَا تَدَّخِرُونَ فِى بُيُوتِكُمْ ۚ إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَةًۭ لَّكُمْ إِن كُنتُم مُّؤْمِنِينَ
Элча хир ву Исраилан кIенташка". – "Со веана шуьга шун Кхиош-кхобучуьнгара делилца‚ аса кхуллу шуна поппарх хьозан суьртех хIуманаш‚ сакхуллу цу чу – хуьлу хьоза Делан пурбанца‚ аса товийр ву бIаьрса доцург‚ бурс цамгар ерг а‚ белларш а денбийр бу Делан пурбанца‚ аса дуьйцур ду шуна аша юучух а‚ аша шайн цIеношкахь Iалашдеш долчух а лаьцна. Баккъалла а, цу чохь делалла ду шуна‚ шу Делах тешаш делахь.
3:50وَمُصَدِّقًۭا لِّمَا بَيْنَ يَدَىَّ مِنَ ٱلتَّوْرَىٰةِ وَلِأُحِلَّ لَكُم بَعْضَ ٱلَّذِى حُرِّمَ عَلَيْكُمْ ۚ وَجِئْتُكُم بِـَٔايَةٍۢ مِّن رَّبِّكُمْ فَٱتَّقُوا۟ ٱللَّهَ وَأَطِيعُونِ
Бакъдан /веъна со/ сол хьалха хилла Товрат‚ хьанал дан шуна хьарам хилла долчех цхьадерш‚ – со веана шуьга шун Кхиош-кхобучуьнгара делаллашца – Делах кхера‚ суна муьтIахь хила.
3:51إِنَّ ٱللَّهَ رَبِّى وَرَبُّكُمْ فَٱعْبُدُوهُ ۗ هَٰذَا صِرَٰطٌۭ مُّسْتَقِيمٌۭ
Баккъалла а, и Дела сан Кхиош-кхобург а ву‚ шун Кхиош-кхобург а ву‚ Цунна Iибадат дейша – хIара бу нийса некъ", /Iисас эр ду и дешнаш/.
3:52۞ فَلَمَّآ أَحَسَّ عِيسَىٰ مِنْهُمُ ٱلْكُفْرَ قَالَ مَنْ أَنصَارِىٓ إِلَى ٱللَّهِ ۖ قَالَ ٱلْحَوَارِيُّونَ نَحْنُ أَنصَارُ ٱللَّهِ ءَامَنَّا بِٱللَّهِ وَٱشْهَدْ بِأَنَّا مُسْلِمُونَ
Iисас шена цаьргара цатешар хааделча‚ элира: "Муьлш бу сан гIоьнчий Делехьа?" Хьаварийша элира: "Тхо ду Делан гIоьнчий‚ Делах тешна тхо‚ ахьа тоьшалла де тхо муьтIахь дерш (бусулбанаш) ду‚ алий.
3:53رَبَّنَآ ءَامَنَّا بِمَآ أَنزَلْتَ وَٱتَّبَعْنَا ٱلرَّسُولَ فَٱكْتُبْنَا مَعَ ٱلشَّٰهِدِينَ
Тхан Кхиош-кхобург! Тхо тешна-кх Ахьа доссийначух‚ тхо тIаьхьахIиттина элчанна – Ахьа дIаязде тхо тоьшалла динчаьрца".
3:54وَمَكَرُوا۟ وَمَكَرَ ٱللَّهُ ۖ وَٱللَّهُ خَيْرُ ٱلْمَٰكِرِينَ
(Цатешачара) мекарло йира‚ /церан мекарлонан дуьхьал/ Дала а йира мекарло. /Мекарлона дуьхьал/ Дела мекарло дика еш ву.
3:55إِذْ قَالَ ٱللَّهُ يَٰعِيسَىٰٓ إِنِّى مُتَوَفِّيكَ وَرَافِعُكَ إِلَىَّ وَمُطَهِّرُكَ مِنَ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ وَجَاعِلُ ٱلَّذِينَ ٱتَّبَعُوكَ فَوْقَ ٱلَّذِينَ كَفَرُوٓا۟ إِلَىٰ يَوْمِ ٱلْقِيَٰمَةِ ۖ ثُمَّ إِلَىَّ مَرْجِعُكُمْ فَأَحْكُمُ بَيْنَكُمْ فِيمَا كُنتُمْ فِيهِ تَخْتَلِفُونَ
Дала аьллера: "ХIай Iиса‚ Аса хьо волуьйтуш ву‚ Суна тIе хьалавоккхуш ву‚ цIанвеш ву хьо цатешаш болчарех‚ Со латто воллу хьуна тIаьхьахIиттинарш цатешачарна тIехь къематде даллалц. ТIаккха Суна тIе ду шун дерзар‚ Аса кхиэл йийр ю шуна юккъехь‚ шу хилпало еш хиллачунна тIехь.
3:56فَأَمَّا ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ فَأُعَذِّبُهُمْ عَذَابًۭا شَدِيدًۭا فِى ٱلدُّنْيَا وَٱلْءَاخِرَةِ وَمَا لَهُم مِّن نَّٰصِرِينَ
Цатешаш берш – Аса царна Iазап дийр ду чIогIачу Iазапца дуьненахь а‚ эхартахь а – ма бац-кх царна гIоьнчий".
3:57وَأَمَّا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ فَيُوَفِّيهِمْ أُجُورَهُمْ ۗ وَٱللَّهُ لَا يُحِبُّ ٱلظَّٰلِمِينَ
Амма тешнарш а‚ диканаш динарш а – царна шайн ял дIалур ю Цо‚ оцу Далла ца беза зулам дийраш.
3:58ذَٰلِكَ نَتْلُوهُ عَلَيْكَ مِنَ ٱلْءَايَٰتِ وَٱلذِّكْرِ ٱلْحَكِيمِ
И ду Оха хьуна ша доьшуш дерг аятех а‚ хьекъале хьехамах а.
3:59إِنَّ مَثَلَ عِيسَىٰ عِندَ ٱللَّهِ كَمَثَلِ ءَادَمَ ۖ خَلَقَهُۥ مِن تُرَابٍۢ ثُمَّ قَالَ لَهُۥ كُن فَيَكُونُ
Баккъалла а‚ Iисан масал Далла гергахь Адаман масалх тера ду: Ша и кхоьллина волу лаьттах‚ тIаккха аьлла цуьнга "Хила!" – и хуьлу.
3:60ٱلْحَقُّ مِن رَّبِّكَ فَلَا تَكُن مِّنَ ٱلْمُمْتَرِينَ
Бакъдерг ду и хьан Кхиош-кхобочуьнгара – хьо ма хилалахь шеко ечарех.
3:61فَمَنْ حَآجَّكَ فِيهِ مِنۢ بَعْدِ مَا جَآءَكَ مِنَ ٱلْعِلْمِ فَقُلْ تَعَالَوْا۟ نَدْعُ أَبْنَآءَنَا وَأَبْنَآءَكُمْ وَنِسَآءَنَا وَنِسَآءَكُمْ وَأَنفُسَنَا وَأَنفُسَكُمْ ثُمَّ نَبْتَهِلْ فَنَجْعَل لَّعْنَتَ ٱللَّهِ عَلَى ٱلْكَٰذِبِينَ
Хьайца цу чохь къуьйсуш болчаьрга‚ хьоьга хаам беанчул тIаьхьа‚ ала: "Дуьло‚ кхойкху вай тхан кIентий а‚ шун кIентий а‚ тхан зударий а‚ шун зударий а‚ тхо а‚ шу а‚ тIаккха доIанаш дер вай‚ Делан неIалт лур вай харцлуьйчарна.
3:62إِنَّ هَٰذَا لَهُوَ ٱلْقَصَصُ ٱلْحَقُّ ۚ وَمَا مِنْ إِلَٰهٍ إِلَّا ٱللَّهُ ۚ وَإِنَّ ٱللَّهَ لَهُوَ ٱلْعَزِيزُ ٱلْحَكِيمُ
Баккъалла а, хIара ду бакъдолу хабар. Вац цхьа а дела‚ ша (АллахI цIе йолу) Дела а бен. Баккъалла а, и Дела ша веза верг а‚ ша хьекъале верг а ву.
3:63فَإِن تَوَلَّوْا۟ فَإِنَّ ٱللَّهَ عَلِيمٌۢ بِٱلْمُفْسِدِينَ
Уьш дIаберзахь – и Дела хууш ву доьхна хIума лелош берш.
3:64قُلْ يَٰٓأَهْلَ ٱلْكِتَٰبِ تَعَالَوْا۟ إِلَىٰ كَلِمَةٍۢ سَوَآءٍۭ بَيْنَنَا وَبَيْنَكُمْ أَلَّا نَعْبُدَ إِلَّا ٱللَّهَ وَلَا نُشْرِكَ بِهِۦ شَيْـًۭٔا وَلَا يَتَّخِذَ بَعْضُنَا بَعْضًا أَرْبَابًۭا مِّن دُونِ ٱللَّهِ ۚ فَإِن تَوَلَّوْا۟ فَقُولُوا۟ ٱشْهَدُوا۟ بِأَنَّا مُسْلِمُونَ
Ахьа ала: "ХIай Жайнан охIла‚ дуьйла тхуна юккъехь а‚ шуна юккъехь а цхьаъ долчу дашна тIе: "Iибадат дийр дац вай цхьана Далла бен‚ Цуьнца накъост лоцур вац вай цхьана а хIуманца а‚ и Дела а витина, вайх цхьаболчара вакхарех делий лоцур бац". Уьш дIаберзахь, аша ала: "Аша тоьшалла де тхо /Далла/ муьтIахь дерш хиларна".
3:65يَٰٓأَهْلَ ٱلْكِتَٰبِ لِمَ تُحَآجُّونَ فِىٓ إِبْرَٰهِيمَ وَمَآ أُنزِلَتِ ٱلتَّوْرَىٰةُ وَٱلْإِنجِيلُ إِلَّا مِنۢ بَعْدِهِۦٓ ۚ أَفَلَا تَعْقِلُونَ
ХIай Жайнан охIла‚ аша хIунда къуьйсу ИбрахIиман хьокъехь? Товрат а‚ Инжил а ма ца доссийна цул тIаьхьа а бен‚ аша ойла ца йо?
3:66هَٰٓأَنتُمْ هَٰٓؤُلَآءِ حَٰجَجْتُمْ فِيمَا لَكُم بِهِۦ عِلْمٌۭ فَلِمَ تُحَآجُّونَ فِيمَا لَيْسَ لَكُم بِهِۦ عِلْمٌۭ ۚ وَٱللَّهُ يَعْلَمُ وَأَنتُمْ لَا تَعْلَمُونَ
ХIай шу ма ду-й къийсамчу дегна (барта ца догIуш) шайгахь Iилма долчахь а /Мусан а, Iисан а гIуллакхашкахь/. ХIунда къуьйсу аша шайна шеца Iилма доцуш долчуьнца? И Дела хууш ву‚ шу ца хууш ду.
3:67مَا كَانَ إِبْرَٰهِيمُ يَهُودِيًّۭا وَلَا نَصْرَانِيًّۭا وَلَٰكِن كَانَ حَنِيفًۭا مُّسْلِمًۭا وَمَا كَانَ مِنَ ٱلْمُشْرِكِينَ
Ца хилла ИбрахIим жуьгтий а‚ насари а – и хилла цIена тешаш верг а‚ муьтIахь верг а‚ и ца хилла мушрикунех.
3:68إِنَّ أَوْلَى ٱلنَّاسِ بِإِبْرَٰهِيمَ لَلَّذِينَ ٱتَّبَعُوهُ وَهَٰذَا ٱلنَّبِىُّ وَٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ ۗ وَٱللَّهُ وَلِىُّ ٱلْمُؤْمِنِينَ
Баккъалла а‚ ИбрахIимца там болу нах бу – цунна тIаьхьахIиттина хилла берш а‚ хIара пайхамар а‚ тешаш берш а‚ и Дела ма ву тешаш болчеран вали.
3:69وَدَّت طَّآئِفَةٌۭ مِّنْ أَهْلِ ٱلْكِتَٰبِ لَوْ يُضِلُّونَكُمْ وَمَا يُضِلُّونَ إِلَّآ أَنفُسَهُمْ وَمَا يَشْعُرُونَ
Дийзира Жайнан охIланан цхьана тобанна шу тило‚ тилор-м дац цара шаьш бен‚ царна ца хаало.
3:70يَٰٓأَهْلَ ٱلْكِتَٰبِ لِمَ تَكْفُرُونَ بِـَٔايَٰتِ ٱللَّهِ وَأَنتُمْ تَشْهَدُونَ
ХIай Жайнан охIла‚ аша хIунда харцдо Делан аяташ‚ шайна хуушехь (уьш бакъ дуйла)?
3:71يَٰٓأَهْلَ ٱلْكِتَٰبِ لِمَ تَلْبِسُونَ ٱلْحَقَّ بِٱلْبَٰطِلِ وَتَكْتُمُونَ ٱلْحَقَّ وَأَنتُمْ تَعْلَمُونَ
ХIай Жайнан охIла‚ хIунда вовшахъэдо аша бакъдерг харцдолчуьнца‚ бакъдерг хьулдеш ду шу шайна хуьушехь.
3:72وَقَالَت طَّآئِفَةٌۭ مِّنْ أَهْلِ ٱلْكِتَٰبِ ءَامِنُوا۟ بِٱلَّذِىٓ أُنزِلَ عَلَى ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَجْهَ ٱلنَّهَارِ وَٱكْفُرُوٓا۟ ءَاخِرَهُۥ لَعَلَّهُمْ يَرْجِعُونَ
Жайнан охIланан цхьана тобано элира: "Шу теша тешначаьрга доссийна долчух дийнан юьххьехь‚ харцде /важа/ дисинарш‚ уьш /бусулбанаш/ дIаберза тарло /шайн динах/.
3:73وَلَا تُؤْمِنُوٓا۟ إِلَّا لِمَن تَبِعَ دِينَكُمْ قُلْ إِنَّ ٱلْهُدَىٰ هُدَى ٱللَّهِ أَن يُؤْتَىٰٓ أَحَدٌۭ مِّثْلَ مَآ أُوتِيتُمْ أَوْ يُحَآجُّوكُمْ عِندَ رَبِّكُمْ ۗ قُلْ إِنَّ ٱلْفَضْلَ بِيَدِ ٱللَّهِ يُؤْتِيهِ مَن يَشَآءُ ۗ وَٱللَّهُ وَٰسِعٌ عَلِيمٌۭ
Шу ма тешалаш шайн динна тIаьхьахIуттуш волчух бен". Ахьа ала: "Нийса некъ бу Делан нийса некъ" – "Шуьга деллачух тераниг кхечуьнга дала /там бац Дала/‚ я шуьца къуьйсу цара шун Кхиош-кхобучун гергахь?" Ала: "Баккъалла а, дозалла Делан куьйгахь ду‚ И луш ву и Шена луучунна". И Дела шорто йолуш а‚ хууш а ву.
3:74يَخْتَصُّ بِرَحْمَتِهِۦ مَن يَشَآءُ ۗ وَٱللَّهُ ذُو ٱلْفَضْلِ ٱلْعَظِيمِ
Шен къинхетамца къаставо Цо Шена луург‚ и Дела шен сийлахь-доккха дозалла долуш ву!
3:75۞ وَمِنْ أَهْلِ ٱلْكِتَٰبِ مَنْ إِن تَأْمَنْهُ بِقِنطَارٍۢ يُؤَدِّهِۦٓ إِلَيْكَ وَمِنْهُم مَّنْ إِن تَأْمَنْهُ بِدِينَارٍۢ لَّا يُؤَدِّهِۦٓ إِلَيْكَ إِلَّا مَا دُمْتَ عَلَيْهِ قَآئِمًۭا ۗ ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ قَالُوا۟ لَيْسَ عَلَيْنَا فِى ٱلْأُمِّيِّۦنَ سَبِيلٌۭ وَيَقُولُونَ عَلَى ٱللَّهِ ٱلْكَذِبَ وَهُمْ يَعْلَمُونَ
Жайнан охIланах ву ахьа шена цхьа къинтIар делча‚ шех тешна‚ иза хьоьга духадерзош верг‚ царех ву ахьа шена цхьа динар делча а‚ шех тешна‚ иза хьоьга духа ца дерзош верг‚ хьо шена тIехIоьттина лаьттича бен. Иза ду цара олу дела: "Тхуна бодане нахалахь некъ бац". Далла харцдерг олу цара, шайна хуъушшехь.
3:76بَلَىٰ مَنْ أَوْفَىٰ بِعَهْدِهِۦ وَٱتَّقَىٰ فَإِنَّ ٱللَّهَ يُحِبُّ ٱلْمُتَّقِينَ
ХIаъ‚ ша делла дош кхочушдинарг а, ша /Делах/ кхийринарг а (шех бина тешамна ямарт ца хилларг а – уьш бу нийсачу новкъахь) – баккъалла а, цу Далла ма беза /Шех/ кхоьруш берш.
3:77إِنَّ ٱلَّذِينَ يَشْتَرُونَ بِعَهْدِ ٱللَّهِ وَأَيْمَٰنِهِمْ ثَمَنًۭا قَلِيلًا أُو۟لَٰٓئِكَ لَا خَلَٰقَ لَهُمْ فِى ٱلْءَاخِرَةِ وَلَا يُكَلِّمُهُمُ ٱللَّهُ وَلَا يَنظُرُ إِلَيْهِمْ يَوْمَ ٱلْقِيَٰمَةِ وَلَا يُزَكِّيهِمْ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌۭ
Баккъалла а, Делан ваIданах а‚ шайн дуйнех а кIеззиг мах эцнарш (дуьненан бахам бахьанехь уьш дохадеш)‚ эхартахь дакъа ма дац царна‚ Дела цаьрга вистхир ма вац‚ цаьрга хьожур ма вац И къематдийнахь‚ цIанбийр ма бац Цо уьш‚ царна лазош долу Iазап а ма ду.
3:78وَإِنَّ مِنْهُمْ لَفَرِيقًۭا يَلْوُۥنَ أَلْسِنَتَهُم بِٱلْكِتَٰبِ لِتَحْسَبُوهُ مِنَ ٱلْكِتَٰبِ وَمَا هُوَ مِنَ ٱلْكِتَٰبِ وَيَقُولُونَ هُوَ مِنْ عِندِ ٱللَّهِ وَمَا هُوَ مِنْ عِندِ ٱللَّهِ وَيَقُولُونَ عَلَى ٱللَّهِ ٱلْكَذِبَ وَهُمْ يَعْلَمُونَ
Баккъалла а, царех ма ю цхьа тоба шайн меттанашца хуьйцуш /Делан/ Жайна‚ иза шуна /Делан/ Жайнах ду моттийта‚ ма дац и /Делан/ Жайнах. Цара олу: "И Делера ду", ма дац и Делера. Уьш олуш бу-кх Далла харцдерг‚ шайна хуьушшехь.
3:79مَا كَانَ لِبَشَرٍ أَن يُؤْتِيَهُ ٱللَّهُ ٱلْكِتَٰبَ وَٱلْحُكْمَ وَٱلنُّبُوَّةَ ثُمَّ يَقُولَ لِلنَّاسِ كُونُوا۟ عِبَادًۭا لِّى مِن دُونِ ٱللَّهِ وَلَٰكِن كُونُوا۟ رَبَّٰنِيِّۦنَ بِمَا كُنتُمْ تُعَلِّمُونَ ٱلْكِتَٰبَ وَبِمَا كُنتُمْ تَدْرُسُونَ
Адамна там бац Дала шега Жайна а‚ хьукма а‚ пайхамаралла а делча‚ ала нахе: "Шу хила суна леш‚ Дела а витина‚ мухха делахь а‚ там бу цара ала‚ шу хила кIорггера Iеламнах‚ шаьш Жайна Iамош хиларе терра‚ шаьш иза доьшуш хиларе терра".
3:80وَلَا يَأْمُرَكُمْ أَن تَتَّخِذُوا۟ ٱلْمَلَٰٓئِكَةَ وَٱلنَّبِيِّۦنَ أَرْبَابًا ۗ أَيَأْمُرُكُم بِٱلْكُفْرِ بَعْدَ إِذْ أَنتُم مُّسْلِمُونَ
Цо шуьга омра дан там бац маликаш а‚ пайхамарш а делий бина лаца‚ аьлла. Ткъа цо шуьга омра дийр ду, ма теша, аьлла‚ шу муьтIахь хиллачул тIаьхьа?
3:81وَإِذْ أَخَذَ ٱللَّهُ مِيثَٰقَ ٱلنَّبِيِّۦنَ لَمَآ ءَاتَيْتُكُم مِّن كِتَٰبٍۢ وَحِكْمَةٍۢ ثُمَّ جَآءَكُمْ رَسُولٌۭ مُّصَدِّقٌۭ لِّمَا مَعَكُمْ لَتُؤْمِنُنَّ بِهِۦ وَلَتَنصُرُنَّهُۥ ۚ قَالَ ءَأَقْرَرْتُمْ وَأَخَذْتُمْ عَلَىٰ ذَٰلِكُمْ إِصْرِى ۖ قَالُوٓا۟ أَقْرَرْنَا ۚ قَالَ فَٱشْهَدُوا۟ وَأَنَا۠ مَعَكُم مِّنَ ٱلشَّٰهِدِينَ
Дала барт бира пайхамаршца: "ХIара Аса шуьга делларг ду Жайнах а‚ хьекъалах а. ТIаккха вогIур ву шуьга элча‚ шуьгахь дерг бакъдеш волу. Шу билггала тешар ду цунах‚ аша цунна гIо дийр а ду". /Дала/ элира: "Аша чIагIдирий‚ ийцирий аша цунна тIехь Сан ваIда?" Цара элира: "ЧIагIдина оха". Элира /Дала/: "Тоьшалла де‚ Со а ву шуьца тоьшалла деш болчарех".
3:82فَمَن تَوَلَّىٰ بَعْدَ ذَٰلِكَ فَأُو۟لَٰٓئِكَ هُمُ ٱلْفَٰسِقُونَ
Цул тIаьхьа вухаваьлларг – уьш ма бу песакъаш.
3:83أَفَغَيْرَ دِينِ ٱللَّهِ يَبْغُونَ وَلَهُۥٓ أَسْلَمَ مَن فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ طَوْعًۭا وَكَرْهًۭا وَإِلَيْهِ يُرْجَعُونَ
Ткъа Делан дин дуьтий кхечунна тIе гIерта, ткъа? Цунна муьтIахь ву стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел верг, шена лууш а‚ ца лууш а‚ Цуьнга уьш дIаберзор болуш а ма бу.
3:84قُلْ ءَامَنَّا بِٱللَّهِ وَمَآ أُنزِلَ عَلَيْنَا وَمَآ أُنزِلَ عَلَىٰٓ إِبْرَٰهِيمَ وَإِسْمَٰعِيلَ وَإِسْحَٰقَ وَيَعْقُوبَ وَٱلْأَسْبَاطِ وَمَآ أُوتِىَ مُوسَىٰ وَعِيسَىٰ وَٱلنَّبِيُّونَ مِن رَّبِّهِمْ لَا نُفَرِّقُ بَيْنَ أَحَدٍۢ مِّنْهُمْ وَنَحْنُ لَهُۥ مُسْلِمُونَ
Ахьа ала: "Тешна ду тхо Делах а‚ тхоьга доссийнчух а‚ ИбрахIиме а‚ ИсмаIиле а‚ Исхьакъе а‚ Яiкъубе а‚ цуьнан берашка доссийначух а‚ Мусага а‚ Iисага а, /кхин/ пайхамаршка а шайн Кхиош-кхобучуьнгара деллачух а. Царех цхьа а къаста ца во оха‚ тхо Цунна /Далла/ муьтIахь ду".
3:85وَمَن يَبْتَغِ غَيْرَ ٱلْإِسْلَٰمِ دِينًۭا فَلَن يُقْبَلَ مِنْهُ وَهُوَ فِى ٱلْءَاخِرَةِ مِنَ ٱلْخَٰسِرِينَ
Ислам доцург /кхин/ дин дезаш верг – къобал дийр дац иза цуьнгара‚ эхартахь иза эшначарех ма ву.
3:86كَيْفَ يَهْدِى ٱللَّهُ قَوْمًۭا كَفَرُوا۟ بَعْدَ إِيمَٰنِهِمْ وَشَهِدُوٓا۟ أَنَّ ٱلرَّسُولَ حَقٌّۭ وَجَآءَهُمُ ٱلْبَيِّنَٰتُ ۚ وَٱللَّهُ لَا يَهْدِى ٱلْقَوْمَ ٱلظَّٰلِمِينَ
Муха нисбийр бу Дала нах‚ шаьш иманал тIаьхьа цатешаш хилла болу‚ шаьш элча бакъхилар тоьшалла дина хилла болу‚ шайга билгалонаш еъна хилла болу? Цу Дала нис ма ца бо зуламе болу нах.
3:87أُو۟لَٰٓئِكَ جَزَآؤُهُمْ أَنَّ عَلَيْهِمْ لَعْنَةَ ٱللَّهِ وَٱلْمَلَٰٓئِكَةِ وَٱلنَّاسِ أَجْمَعِينَ
Царна бекхам бу – Делан а‚ маликийн а‚ массо нехан а неIалт хилар.
3:88خَٰلِدِينَ فِيهَا لَا يُخَفَّفُ عَنْهُمُ ٱلْعَذَابُ وَلَا هُمْ يُنظَرُونَ
Гуттар лаьттар болуш бу уьш цу чохь. Ойур дац царна тIера Iазап‚ тIаьхьатоттур а бац уьш‚ –
3:89إِلَّا ٱلَّذِينَ تَابُوا۟ مِنۢ بَعْدِ ذَٰلِكَ وَأَصْلَحُوا۟ فَإِنَّ ٱللَّهَ غَفُورٌۭ رَّحِيمٌ
Цул тIаьхьа тоба динарш бен‚ тIаккха дика Iамалш а йина – баккъалла а‚ и Дела гечдеш а‚ къинхетаме а ву.
3:90إِنَّ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ بَعْدَ إِيمَٰنِهِمْ ثُمَّ ٱزْدَادُوا۟ كُفْرًۭا لَّن تُقْبَلَ تَوْبَتُهُمْ وَأُو۟لَٰٓئِكَ هُمُ ٱلضَّآلُّونَ
Баккъалла а, шаьш иман диллинчул тIаьхьа цатешаш хилла берш‚ тIаккха цатешарца сов буьйлуш берш – церан тоба къобалдийр ма дац – уьш ма бу тилабелларш.
3:91إِنَّ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ وَمَاتُوا۟ وَهُمْ كُفَّارٌۭ فَلَن يُقْبَلَ مِنْ أَحَدِهِم مِّلْءُ ٱلْأَرْضِ ذَهَبًۭا وَلَوِ ٱفْتَدَىٰ بِهِۦٓ ۗ أُو۟لَٰٓئِكَ لَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌۭ وَمَا لَهُم مِّن نَّٰصِرِينَ
Баккъалла а, цатешаш берш‚ шаьш цатешаш болуш белларш – царех цхьаьнггера а къобалдийр ма дац латта дуьззина деши‚ нагахь санна цара делча а. Царна лазош долу Iазап ма ду. Ма бац царна гIоьнчий.
3:92لَن تَنَالُوا۟ ٱلْبِرَّ حَتَّىٰ تُنفِقُوا۟ مِمَّا تُحِبُّونَ ۚ وَمَا تُنفِقُوا۟ مِن شَىْءٍۢ فَإِنَّ ٱللَّهَ بِهِۦ عَلِيمٌۭ
Цкъа а мел кхочур бац шуна аша сагIина шайна а дезачух делча а бен. Аша сагIина хIумма а ца ло оцу Далла хууш бен.