39:32۞ فَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّن كَذَبَ عَلَى ٱللَّهِ وَكَذَّبَ بِٱلصِّدْقِ إِذْ جَآءَهُۥٓ ۚ أَلَيْسَ فِى جَهَنَّمَ مَثْوًۭى لِّلْكَٰفِرِينَ
Мила ву ткъа зуламе ша Далла тIехь харцлуьйш волчул а‚ ша бакъдерг и шега деъначул тIаьхьа харцдеш волчул? Ткъа жоьжахатин чохь яц Iан меттиг керстанашна?
39:33وَٱلَّذِى جَآءَ بِٱلصِّدْقِ وَصَدَّقَ بِهِۦٓ ۙ أُو۟لَٰٓئِكَ هُمُ ٱلْمُتَّقُونَ
Ша бакъдолчуьнца веънарг‚ иза бакъдеш верг - уьш бу /Делах/ кхоьруш берш.
39:34لَهُم مَّا يَشَآءُونَ عِندَ رَبِّهِمْ ۚ ذَٰلِكَ جَزَآءُ ٱلْمُحْسِنِينَ
Царна шайна луург /хир/ ю шайн Кхиош-кхобучун гергахь. И бу дикачаьрийн бекхам.
39:35لِيُكَفِّرَ ٱللَّهُ عَنْهُمْ أَسْوَأَ ٱلَّذِى عَمِلُوا۟ وَيَجْزِيَهُمْ أَجْرَهُم بِأَحْسَنِ ٱلَّذِى كَانُوا۟ يَعْمَلُونَ
Дала цIанбархьама уггар вочу шаьш динчух /къинах/‚ царна шайн ял ялархьама шаьш динчух уггар хазачуьнца.
39:36أَلَيْسَ ٱللَّهُ بِكَافٍ عَبْدَهُۥ ۖ وَيُخَوِّفُونَكَ بِٱلَّذِينَ مِن دُونِهِۦ ۚ وَمَن يُضْلِلِ ٱللَّهُ فَمَا لَهُۥ مِنْ هَادٍۢ
Ткъа Дела вац кхачо йолуш Шен лена? Цара хьуна кхерамаш туьсу Цул лахарчаьрца. Милла велахь а Дала тилавала витинарг - ма вац цунна цхьа а иза нисвийриг.
39:37وَمَن يَهْدِ ٱللَّهُ فَمَا لَهُۥ مِن مُّضِلٍّ ۗ أَلَيْسَ ٱللَّهُ بِعَزِيزٍۢ ذِى ٱنتِقَامٍۢ
Милла велахь а Дала нисвеш верг - ма вац цхьа а и тилаван. Ткъа Дела вац везза верг а‚ шегахь бекхам берг а?
39:38وَلَئِن سَأَلْتَهُم مَّنْ خَلَقَ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضَ لَيَقُولُنَّ ٱللَّهُ ۚ قُلْ أَفَرَءَيْتُم مَّا تَدْعُونَ مِن دُونِ ٱللَّهِ إِنْ أَرَادَنِىَ ٱللَّهُ بِضُرٍّ هَلْ هُنَّ كَٰشِفَٰتُ ضُرِّهِۦٓ أَوْ أَرَادَنِى بِرَحْمَةٍ هَلْ هُنَّ مُمْسِكَٰتُ رَحْمَتِهِۦ ۚ قُلْ حَسْبِىَ ٱللَّهُ ۖ عَلَيْهِ يَتَوَكَّلُ ٱلْمُتَوَكِّلُونَ
Ахьа цаьрга хаьттича: "Хьан кхоьллина стигланаш а‚ латта а"‚ аьлла‚ цара аланне эр ма ду: "Дала". Ахьа ала: "Гой шуна и аша Дела а витина шайга кхойкхурш‚ Далла суна цхьа зен лиъча‚ цара дIадоккхур долуш ду-й и Цуьнан зен‚ я Цуна лиъча суна къинхетам‚ цара сацор болуш бу-й Цуьнан къинхетам?" Ахьа ала: "Тоам бу суна Дела‚ Цуьнан тIе товжийла шаьш товжуш берш".
39:39قُلْ يَٰقَوْمِ ٱعْمَلُوا۟ عَلَىٰ مَكَانَتِكُمْ إِنِّى عَٰمِلٌۭ ۖ فَسَوْفَ تَعْلَمُونَ
Ахьа ала: "Сан къам‚ Iамал е шайна могучу кепара‚ баккъалла а, со а Iамал еш ву. ТIаьхьа хуур ду шуна,
39:40مَن يَأْتِيهِ عَذَابٌۭ يُخْزِيهِ وَيَحِلُّ عَلَيْهِ عَذَابٌۭ مُّقِيمٌ
Хьанна тIе догIур ду Iазап цуьнан сий дайаш‚ хьанна тIе хьаьрчар ду лаьтташ долу Iазап?"
39:41إِنَّآ أَنزَلْنَا عَلَيْكَ ٱلْكِتَٰبَ لِلنَّاسِ بِٱلْحَقِّ ۖ فَمَنِ ٱهْتَدَىٰ فَلِنَفْسِهِۦ ۖ وَمَن ضَلَّ فَإِنَّمَا يَضِلُّ عَلَيْهَا ۖ وَمَآ أَنتَ عَلَيْهِم بِوَكِيلٍ
Баккъалла а, Оха доссина хьоьга жайна нахана бакъдолчуьнца. Нисвелларг а - шена /нисвелла/‚ тилавелларг а - иза шена тилавелла. Хьо ма вац царна тIехь векал.
39:42ٱللَّهُ يَتَوَفَّى ٱلْأَنفُسَ حِينَ مَوْتِهَا وَٱلَّتِى لَمْ تَمُتْ فِى مَنَامِهَا ۖ فَيُمْسِكُ ٱلَّتِى قَضَىٰ عَلَيْهَا ٱلْمَوْتَ وَيُرْسِلُ ٱلْأُخْرَىٰٓ إِلَىٰٓ أَجَلٍۢ مُّسَمًّى ۚ إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَٰتٍۢ لِّقَوْمٍۢ يَتَفَكَّرُونَ
Дала схьаоьцу синош уьш лечу хенахь‚ ца делларг - набарх. Цо схьалоцу шена Iожалла сацам хилларг‚ дIадохуьйту важа шен тоьхначу ханна. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду ойла ечу къамана.
39:43أَمِ ٱتَّخَذُوا۟ مِن دُونِ ٱللَّهِ شُفَعَآءَ ۚ قُلْ أَوَلَوْ كَانُوا۟ لَا يَمْلِكُونَ شَيْـًۭٔا وَلَا يَعْقِلُونَ
Цара лаьцна Дела воцург шайна гIодоккхурш? Ахьа ала: "Уьш цхьанне хIуманна дола деш ца хилча а‚ хьекъале ца хилча а?"
39:44قُل لِّلَّهِ ٱلشَّفَٰعَةُ جَمِيعًۭا ۖ لَّهُۥ مُلْكُ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ ۖ ثُمَّ إِلَيْهِ تُرْجَعُونَ
Ахьа ала: "Делан ду гIодаккхар дерриге. Цуьнан ду стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. ТIаккха Цуьнан тIе шу дIадерзор долуш ду".
39:45وَإِذَا ذُكِرَ ٱللَّهُ وَحْدَهُ ٱشْمَأَزَّتْ قُلُوبُ ٱلَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِٱلْءَاخِرَةِ ۖ وَإِذَا ذُكِرَ ٱلَّذِينَ مِن دُونِهِۦٓ إِذَا هُمْ يَسْتَبْشِرُونَ
Веккъа цхьа АллахI хьехавича дегнаш тохало /и ца дезаш/ эхартах ца тешаш болчаьрийн. Иза воцурш хьехабича - уьш баккхибеда.
39:46قُلِ ٱللَّهُمَّ فَاطِرَ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ عَٰلِمَ ٱلْغَيْبِ وَٱلشَّهَٰدَةِ أَنتَ تَحْكُمُ بَيْنَ عِبَادِكَ فِى مَا كَانُوا۟ فِيهِ يَخْتَلِفُونَ
Ахьа ала: "/Везан/ Дела‚ /Хьо ву-кх/ стигланаш а‚ латта а кхоьллинарг‚ къайлахь дерг а‚ гучахь дерг а хууш верг а‚ Ахьа хьукам дийриг ду-кх Хьан лешна юккъехь‚ цара хилпало еш хилларг".
39:47وَلَوْ أَنَّ لِلَّذِينَ ظَلَمُوا۟ مَا فِى ٱلْأَرْضِ جَمِيعًۭا وَمِثْلَهُۥ مَعَهُۥ لَٱفْتَدَوْا۟ بِهِۦ مِن سُوٓءِ ٱلْعَذَابِ يَوْمَ ٱلْقِيَٰمَةِ ۚ وَبَدَا لَهُم مِّنَ ٱللَّهِ مَا لَمْ يَكُونُوا۟ يَحْتَسِبُونَ
Зулам диначаьрна лаьттахь мел дерг а‚ цуьнца кхин цулла а хилча - и делла а хьалха бала гIоьртира ма бара уьш къематдийнахь Iазапан вочух. Гуча делира царна Делера цара хьесап деш ца хилларг.
39:48وَبَدَا لَهُمْ سَيِّـَٔاتُ مَا كَسَبُوا۟ وَحَاقَ بِهِم مَّا كَانُوا۟ بِهِۦ يَسْتَهْزِءُونَ
Гучаделира царна боьха хIуманаш шаьш гулдинчух‚ хьакхаделира царех уьш шех ца бешаш хилларг.
39:49فَإِذَا مَسَّ ٱلْإِنسَٰنَ ضُرٌّۭ دَعَانَا ثُمَّ إِذَا خَوَّلْنَٰهُ نِعْمَةًۭ مِّنَّا قَالَ إِنَّمَآ أُوتِيتُهُۥ عَلَىٰ عِلْمٍۭ ۚ بَلْ هِىَ فِتْنَةٌۭ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَعْلَمُونَ
Адамо цхьана зено ша лаьцча Тхоьга кхойкху‚ тIаккха Оха иза Тхайгаре ниIмате хьавзадича‚ цо олу: "Баккъалла а, иза-м деллера суна сан хаарна". ХIаъ‚ иза питна ду‚ делахь а царех дукхох болчаьрна ца хаьа-кх.
39:50قَدْ قَالَهَا ٱلَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ فَمَآ أَغْنَىٰ عَنْهُم مَّا كَانُوا۟ يَكْسِبُونَ
Иза элира царел хьалха хиллачаьра а‚ кIелхьара ца баьхира уьш цара гулдеш хиллачо.
39:51فَأَصَابَهُمْ سَيِّـَٔاتُ مَا كَسَبُوا۟ ۚ وَٱلَّذِينَ ظَلَمُوا۟ مِنْ هَٰٓؤُلَآءِ سَيُصِيبُهُمْ سَيِّـَٔاتُ مَا كَسَبُوا۟ وَمَا هُم بِمُعْجِزِينَ
Царех кхиира боьха хIуманаш‚ цара гулдина хилла долу. ХIокхарех зулам динарш - царех а кхиар ду шаьш гулдина долу боьха хIуманаш‚ цара /и Делан Iазап/ гIелдийр ма дац. (Цунах бовдур ма бац уьш).
39:52أَوَلَمْ يَعْلَمُوٓا۟ أَنَّ ٱللَّهَ يَبْسُطُ ٱلرِّزْقَ لِمَن يَشَآءُ وَيَقْدِرُ ۚ إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَٰتٍۢ لِّقَوْمٍۢ يُؤْمِنُونَ
Царна ца хаьа-те Дала рицIкъ даржадеш хилар Шена луучунна /и зерхьама/‚ барам а беш /хилар Шена луучунна и бале озорна/. Баккъалла а, цу чохь делилш ду-кх тешаш долчу къамана.
39:53۞ قُلْ يَٰعِبَادِىَ ٱلَّذِينَ أَسْرَفُوا۟ عَلَىٰٓ أَنفُسِهِمْ لَا تَقْنَطُوا۟ مِن رَّحْمَةِ ٱللَّهِ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ يَغْفِرُ ٱلذُّنُوبَ جَمِيعًا ۚ إِنَّهُۥ هُوَ ٱلْغَفُورُ ٱلرَّحِيمُ
Ахьа ала: "ХIай сан шайна тIаламза хилла болу лай /къинош дукхадарца/. Аша дог ма дилла Делан къинхетамах. Баккъалла а, Дала гечдо къинош дерриге а. Баккъалла а, Иза тIех гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ву".
39:54وَأَنِيبُوٓا۟ إِلَىٰ رَبِّكُمْ وَأَسْلِمُوا۟ لَهُۥ مِن قَبْلِ أَن يَأْتِيَكُمُ ٱلْعَذَابُ ثُمَّ لَا تُنصَرُونَ
Шайн Кхиош-кхобучунна тIе хьовза (тоба дарца)‚ муьтIахь хила Цуна шайна Iазап далале хьалха‚ тIаккха шуна гIо дийр дац.
39:55وَٱتَّبِعُوٓا۟ أَحْسَنَ مَآ أُنزِلَ إِلَيْكُم مِّن رَّبِّكُم مِّن قَبْلِ أَن يَأْتِيَكُمُ ٱلْعَذَابُ بَغْتَةًۭ وَأَنتُمْ لَا تَشْعُرُونَ
ТIаьхьахIотта шайга шайн Кхиош-кхобучуьнгара доссинчух уггар хазачунна шайна цIеххьана Iазап дале шуна ца хаалуш.
39:56أَن تَقُولَ نَفْسٌۭ يَٰحَسْرَتَىٰ عَلَىٰ مَا فَرَّطتُ فِى جَنۢبِ ٱللَّهِ وَإِن كُنتُ لَمِنَ ٱلسَّٰخِرِينَ
Сино аларх /ларло/: "Байлахь диси со Делан агIорхьара аса ледарло ярна‚ со хилира-кх ца дешачарех".
39:57أَوْ تَقُولَ لَوْ أَنَّ ٱللَّهَ هَدَىٰنِى لَكُنتُ مِنَ ٱلْمُتَّقِينَ
Я цо аларх: "Дала со нисдинехь‚ со а хир ма дара /Делах/ кхоьручарех".
39:58أَوْ تَقُولَ حِينَ تَرَى ٱلْعَذَابَ لَوْ أَنَّ لِى كَرَّةًۭ فَأَكُونَ مِنَ ٱلْمُحْسِنِينَ
Я цо аларх Iазап шена гича: "Суна юха делахьара /дуьненан дахар/ - со хир ма дара дикачарех".
39:59بَلَىٰ قَدْ جَآءَتْكَ ءَايَٰتِى فَكَذَّبْتَ بِهَا وَٱسْتَكْبَرْتَ وَكُنتَ مِنَ ٱلْكَٰفِرِينَ
ХIаъ‚ деъна хьоьга Сан аяташ‚ уьш харцдира ахьа‚ хьо кура делира‚ хьо хилира цатешначарех.
39:60وَيَوْمَ ٱلْقِيَٰمَةِ تَرَى ٱلَّذِينَ كَذَبُوا۟ عَلَى ٱللَّهِ وُجُوهُهُم مُّسْوَدَّةٌ ۚ أَلَيْسَ فِى جَهَنَّمَ مَثْوًۭى لِّلْمُتَكَبِّرِينَ
Къематдийнахь хьуна гур бу Далла тIехь харцлийнарш шайн яххьаш Iаржъелла. Ткъа жоьжахатин чохь яц Iан меттиг курахиллачаьрна?
39:61وَيُنَجِّى ٱللَّهُ ٱلَّذِينَ ٱتَّقَوْا۟ بِمَفَازَتِهِمْ لَا يَمَسُّهُمُ ٱلسُّوٓءُ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ
Дала хьалхабохур бу кхоьруш хилларш шайн толамца‚ царех хьакхалур дац боьха хIума‚ уьш сингаттаме а хир бац.
39:62ٱللَّهُ خَٰلِقُ كُلِّ شَىْءٍۢ ۖ وَهُوَ عَلَىٰ كُلِّ شَىْءٍۢ وَكِيلٌۭ
Дела ву массо хIуманан кхоллархо. Иза массо хIуманан векал а ву.
39:63لَّهُۥ مَقَالِيدُ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ ۗ وَٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ بِـَٔايَٰتِ ٱللَّهِ أُو۟لَٰٓئِكَ هُمُ ٱلْخَٰسِرُونَ
Цуьнан ду стигланийн а‚ лаьттан а догIанаш. Делан аятех цатешнарш - уьш бу эшнарш.
39:64قُلْ أَفَغَيْرَ ٱللَّهِ تَأْمُرُوٓنِّىٓ أَعْبُدُ أَيُّهَا ٱلْجَٰهِلُونَ
Ахьа ала: "Дела воцчунна омра до аша соьга Iибадат де олий‚ хIай‚ жехIал нах!"
39:65وَلَقَدْ أُوحِىَ إِلَيْكَ وَإِلَى ٱلَّذِينَ مِن قَبْلِكَ لَئِنْ أَشْرَكْتَ لَيَحْبَطَنَّ عَمَلُكَ وَلَتَكُونَنَّ مِنَ ٱلْخَٰسِرِينَ
Хьоьга вехьеца хаийтина‚ хьоьл хьалхалерчаьрга а: "Ахьа накъост лацахь /Делаца/‚ хьан Iамал йоьйур ю хьуна‚ хьо эшначарех хир ву хьуна".
39:66بَلِ ٱللَّهَ فَٱعْبُدْ وَكُن مِّنَ ٱلشَّٰكِرِينَ
ХIаъ‚ Далла Iибадат де ахьа‚ хьо хила шукр дечарех.
39:67وَمَا قَدَرُوا۟ ٱللَّهَ حَقَّ قَدْرِهِۦ وَٱلْأَرْضُ جَمِيعًۭا قَبْضَتُهُۥ يَوْمَ ٱلْقِيَٰمَةِ وَٱلسَّمَٰوَٰتُ مَطْوِيَّٰتٌۢ بِيَمِينِهِۦ ۚ سُبْحَٰنَهُۥ وَتَعَٰلَىٰ عَمَّا يُشْرِكُونَ
Мах ца хадийра цара Делан хадо ма безза‚ латта дерриге а Цуьнан буйнахь хир ду къематдийнахь‚ стигланаш а хир ю хьарчийна Цуьнан аьтту куьйгаца. Вонах цIена ву Иза‚ лекха вели Иза цара накъост лацарх.
39:68وَنُفِخَ فِى ٱلصُّورِ فَصَعِقَ مَن فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَمَن فِى ٱلْأَرْضِ إِلَّا مَن شَآءَ ٱللَّهُ ۖ ثُمَّ نُفِخَ فِيهِ أُخْرَىٰ فَإِذَا هُمْ قِيَامٌۭ يَنظُرُونَ
Сур лекхира - тентакваьлира стигланашкахь мел верг а‚ лаьттахь мел верг а‚ Далла лиънарг воцург. Юха лекхира /сур/ кхин - уьш /кешнашкара/ гIевтина бисира хьоьжуш.
39:69وَأَشْرَقَتِ ٱلْأَرْضُ بِنُورِ رَبِّهَا وَوُضِعَ ٱلْكِتَٰبُ وَجِا۟ىٓءَ بِٱلنَّبِيِّۦنَ وَٱلشُّهَدَآءِ وَقُضِىَ بَيْنَهُم بِٱلْحَقِّ وَهُمْ لَا يُظْلَمُونَ
Къегира латта шен Кхиош-кхобучун нураца‚ охьадиллира жайна‚ схьабалабира пайхамарш а‚ тешаш а‚ кхиэл йира царна юкъахь бакъдолчуьнца‚ царна зулам дийр дац.
39:70وَوُفِّيَتْ كُلُّ نَفْسٍۢ مَّا عَمِلَتْ وَهُوَ أَعْلَمُ بِمَا يَفْعَلُونَ
ДIаделира /механа/ хIора сина ша динарг‚ Иза дика хууш ву цара деш дерг.
39:71وَسِيقَ ٱلَّذِينَ كَفَرُوٓا۟ إِلَىٰ جَهَنَّمَ زُمَرًا ۖ حَتَّىٰٓ إِذَا جَآءُوهَا فُتِحَتْ أَبْوَٰبُهَا وَقَالَ لَهُمْ خَزَنَتُهَآ أَلَمْ يَأْتِكُمْ رُسُلٌۭ مِّنكُمْ يَتْلُونَ عَلَيْكُمْ ءَايَٰتِ رَبِّكُمْ وَيُنذِرُونَكُمْ لِقَآءَ يَوْمِكُمْ هَٰذَا ۚ قَالُوا۟ بَلَىٰ وَلَٰكِنْ حَقَّتْ كَلِمَةُ ٱلْعَذَابِ عَلَى ٱلْكَٰفِرِينَ
ДIабигира цатешнарш жоьжахате тобанашца‚ уьш цига беъча дIаеллаелира цуьнан неIарш‚ элира цаьрга цуьнан гIаролаша: "Ца баьхкира шуьга элчанаш шуна юкъара‚ шаьш шуна шун Кхиош-кхобучун аяташ а доьшуш‚ шаьш шуна дIахьедош шун хIокху дийнан цхьанакхетар?" Цара элира: "ХIаъ‚ делахь а бакъ хили керстанашна Iазап хир ду аьлла дош".
39:72قِيلَ ٱدْخُلُوٓا۟ أَبْوَٰبَ جَهَنَّمَ خَٰلِدِينَ فِيهَا ۖ فَبِئْسَ مَثْوَى ٱلْمُتَكَبِّرِينَ
Элира: "ЧугIо жоьжахатин неIаршкахула лаьтташ цу чохь гуттарена а". Ма вон ю-кх курабеллачаьрийн чохь Iен меттиг.
39:73وَسِيقَ ٱلَّذِينَ ٱتَّقَوْا۟ رَبَّهُمْ إِلَى ٱلْجَنَّةِ زُمَرًا ۖ حَتَّىٰٓ إِذَا جَآءُوهَا وَفُتِحَتْ أَبْوَٰبُهَا وَقَالَ لَهُمْ خَزَنَتُهَا سَلَٰمٌ عَلَيْكُمْ طِبْتُمْ فَٱدْخُلُوهَا خَٰلِدِينَ
ДIабигира шайн Кхиош-кхобучух кхоьруш хилларш ялсамане тобанашца‚ уьш цига беъча дIаеллаелира цуьнан неIарш‚ элира цаьрга цуьнан гIаролаша: "Салам-маршалла ду шуьга. Декъала хили шу. ЧугIо цуна гуттарена а".
39:74وَقَالُوا۟ ٱلْحَمْدُ لِلَّهِ ٱلَّذِى صَدَقَنَا وَعْدَهُۥ وَأَوْرَثَنَا ٱلْأَرْضَ نَتَبَوَّأُ مِنَ ٱلْجَنَّةِ حَيْثُ نَشَآءُ ۖ فَنِعْمَ أَجْرُ ٱلْعَٰمِلِينَ
Цара элира: "Хастам бу Далла‚ Ша тхуна бакъхилийтина Шен ваIда‚ Цо ирсана делира тхуна латта‚ охьаховшур ду тхо ялсаманехь тхайна луучохь". Ма хаза ял ю-кх /иза/ Iамал йиначаьрийн.
39:75وَتَرَى ٱلْمَلَٰٓئِكَةَ حَآفِّينَ مِنْ حَوْلِ ٱلْعَرْشِ يُسَبِّحُونَ بِحَمْدِ رَبِّهِمْ ۖ وَقُضِىَ بَيْنَهُم بِٱلْحَقِّ وَقِيلَ ٱلْحَمْدُ لِلَّهِ رَبِّ ٱلْعَٰلَمِينَ
Хьуна гур ду маликаш хьийзаш Iаршан гонахула‚ тасбахь деш шайн Кхиош-кхобучунна хасторца. Кхиэл йина царна юкъахь бакъдолчуьнца‚ элира: "Хастам бу Далла - Iаламийн Дена".
40:1حمٓ
Хьа-мим.
40:2تَنزِيلُ ٱلْكِتَٰبِ مِنَ ٱللَّهِ ٱلْعَزِيزِ ٱلْعَلِيمِ
Жайна охьадоссор /ду хIара/ Ша везза волчу‚ хууш волчу Делера.
40:3غَافِرِ ٱلذَّنۢبِ وَقَابِلِ ٱلتَّوْبِ شَدِيدِ ٱلْعِقَابِ ذِى ٱلطَّوْلِ ۖ لَآ إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۖ إِلَيْهِ ٱلْمَصِيرُ
Ша къа гечдийриг волчу‚ ша тоба къабалдийриг волчу‚ бекхамехь чIогIа волчу‚ комаьршалла шегахь йолуш волу. Вац /кхин/ дела Иза воцург‚ Цуьнга ду дIадерзар.
40:4مَا يُجَٰدِلُ فِىٓ ءَايَٰتِ ٱللَّهِ إِلَّا ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ فَلَا يَغْرُرْكَ تَقَلُّبُهُمْ فِى ٱلْبِلَٰدِ
Къуьйсур ма дац Делан аяташкахь шаьш /Делах/ ца тешна болчаьра бен‚ хьо Iеха ма войла церан махкахь кура дIасхьаийдаро.
40:5كَذَّبَتْ قَبْلَهُمْ قَوْمُ نُوحٍۢ وَٱلْأَحْزَابُ مِنۢ بَعْدِهِمْ ۖ وَهَمَّتْ كُلُّ أُمَّةٍۭ بِرَسُولِهِمْ لِيَأْخُذُوهُ ۖ وَجَٰدَلُوا۟ بِٱلْبَٰطِلِ لِيُدْحِضُوا۟ بِهِ ٱلْحَقَّ فَأَخَذْتُهُمْ ۖ فَكَيْفَ كَانَ عِقَابِ
Харцдира /Делан цIен дин/ царел хьалха Нухьан къамо а‚ тобанаша царел тIаьхьа. Ойла еш дара хIора уммат шен элчанех иза схьалацан. Цара къийсира харцдолчуьнца цуьнца бакъдерг дайа гIерташ - Аса схьалецира уьш. Муха хили Сан таIзар!
40:6وَكَذَٰلِكَ حَقَّتْ كَلِمَتُ رَبِّكَ عَلَى ٱلَّذِينَ كَفَرُوٓا۟ أَنَّهُمْ أَصْحَٰبُ ٱلنَّارِ
Ишта бакъхилира хьан Кхиош-кхобучун дош цатешначаьрна тIехь‚ уьш /жоьжахатин/ цIеран дай бу‚ аьлла долу.
40:7ٱلَّذِينَ يَحْمِلُونَ ٱلْعَرْشَ وَمَنْ حَوْلَهُۥ يُسَبِّحُونَ بِحَمْدِ رَبِّهِمْ وَيُؤْمِنُونَ بِهِۦ وَيَسْتَغْفِرُونَ لِلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ رَبَّنَا وَسِعْتَ كُلَّ شَىْءٍۢ رَّحْمَةًۭ وَعِلْمًۭا فَٱغْفِرْ لِلَّذِينَ تَابُوا۟ وَٱتَّبَعُوا۟ سَبِيلَكَ وَقِهِمْ عَذَابَ ٱلْجَحِيمِ
Шаьш Iарш лелош берш а /маликаш/‚ цуьнан гонахь берш а тасбахь деш бу хастамбарца шайн Кхиош-кхобучунна‚ тешаш бу Цуьнах‚ гечдар доьхуш бу иман диллинчаьрна: "Тхан Кхиош-кхобушверг‚ массо хIуманна шорто йина Ахь къинхетамца а‚ Iилманца а‚ Ахь гечделахь тоба диначаьрна а‚ Хьан некъан тIаьхьахIоьттинчаьрна а‚ уьш ларбелахь жоьжахатин Iазапах.
40:8رَبَّنَا وَأَدْخِلْهُمْ جَنَّٰتِ عَدْنٍ ٱلَّتِى وَعَدتَّهُمْ وَمَن صَلَحَ مِنْ ءَابَآئِهِمْ وَأَزْوَٰجِهِمْ وَذُرِّيَّٰتِهِمْ ۚ إِنَّكَ أَنتَ ٱلْعَزِيزُ ٱلْحَكِيمُ
Тхан Кхиош-кхобушверг‚ Iаднан бошмаш чу бохкалахь уьш‚ Ахьа царна ваIда йина йолчу‚ церан дайх а‚ зударех а‚ зуьрретах а дика Iамал йинарг. Баккъалла а, Хьо ву-кх везза верг а‚ хьукаме верг а.
40:9وَقِهِمُ ٱلسَّيِّـَٔاتِ ۚ وَمَن تَقِ ٱلسَّيِّـَٔاتِ يَوْمَئِذٍۢ فَقَدْ رَحِمْتَهُۥ ۚ وَذَٰلِكَ هُوَ ٱلْفَوْزُ ٱلْعَظِيمُ
Ахьа ларбелахь уьш боьхачу хIуманех. Ахьа ша боьхачу хIуманех ларвийнарг оцу дийнахь - Ахьа къинхетам бина цунах. Ишта иза бу-кх сийлахь-боккха толам".
40:10إِنَّ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ يُنَادَوْنَ لَمَقْتُ ٱللَّهِ أَكْبَرُ مِن مَّقْتِكُمْ أَنفُسَكُمْ إِذْ تُدْعَوْنَ إِلَى ٱلْإِيمَٰنِ فَتَكْفُرُونَ
Баккъалла а, ца тешна хиллачаьрга кхойкхур ма ду: "Делан цабезам мелхо а боккха бу шун цабезамал шайга‚ шу кхойкхура имане - аша керста дора".
40:11قَالُوا۟ رَبَّنَآ أَمَتَّنَا ٱثْنَتَيْنِ وَأَحْيَيْتَنَا ٱثْنَتَيْنِ فَٱعْتَرَفْنَا بِذُنُوبِنَا فَهَلْ إِلَىٰ خُرُوجٍۢ مِّن سَبِيلٍۢ
Цара элира: "Тхан Кхиош-кхбушверг‚ Ахьа далийтира тхо шозза‚ Ахьа ден а дира тхо шозза‚ тхо къера хилла тхан къиношна. Арадовла цхьа а некъ бу-й?
40:12ذَٰلِكُم بِأَنَّهُۥٓ إِذَا دُعِىَ ٱللَّهُ وَحْدَهُۥ كَفَرْتُمْ ۖ وَإِن يُشْرَكْ بِهِۦ تُؤْمِنُوا۟ ۚ فَٱلْحُكْمُ لِلَّهِ ٱلْعَلِىِّ ٱلْكَبِيرِ
Иза /Iазап ду шуна/ веккъа цхьана Деле кхайкххича аша и керста дарна‚ Цуьнца накъост лоцуш шу тешарна. Хьукам /хIинца/ лекха-воккха волчу Деле ду.
40:13هُوَ ٱلَّذِى يُرِيكُمْ ءَايَٰتِهِۦ وَيُنَزِّلُ لَكُم مِّنَ ٱلسَّمَآءِ رِزْقًۭا ۚ وَمَا يَتَذَكَّرُ إِلَّا مَن يُنِيبُ
Иза ву гойтуш шуьга Шен аяташ‚ Цо охьадоссадо шуна стиглара рицIкъ. Ойла ца йо-кх ша /Деле/ дIавоьрзуш волчо а бен.
40:14فَٱدْعُوا۟ ٱللَّهَ مُخْلِصِينَ لَهُ ٱلدِّينَ وَلَوْ كَرِهَ ٱلْكَٰفِرُونَ
Кхайкха Деле шаьш Цуна дин цIандеш долуш и керстанашна ца дезахь а.
40:15رَفِيعُ ٱلدَّرَجَٰتِ ذُو ٱلْعَرْشِ يُلْقِى ٱلرُّوحَ مِنْ أَمْرِهِۦ عَلَىٰ مَن يَشَآءُ مِنْ عِبَادِهِۦ لِيُنذِرَ يَوْمَ ٱلتَّلَاقِ
Даржаш хьалайохург /ву Иза/‚ /шегахь/ Iарш йолуш‚ Са дохуьйту Цо Шен лех Шена луучуьнга кхерам таса вовшашца цхьаьнакхетар денца.
40:16يَوْمَ هُم بَٰرِزُونَ ۖ لَا يَخْفَىٰ عَلَى ٱللَّهِ مِنْهُمْ شَىْءٌۭ ۚ لِّمَنِ ٱلْمُلْكُ ٱلْيَوْمَ ۖ لِلَّهِ ٱلْوَٰحِدِ ٱلْقَهَّارِ
Оцу дийнахь уьш арабовлур бу /шайн кешнашкара/. Хьуллур дац Далла царех хIумма а. Хьенан ду паччахьалла тахана? Ша цхьаъ волчу‚ тIех нуьцIкъала волчу Делан ду-кх!
40:17ٱلْيَوْمَ تُجْزَىٰ كُلُّ نَفْسٍۭ بِمَا كَسَبَتْ ۚ لَا ظُلْمَ ٱلْيَوْمَ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ سَرِيعُ ٱلْحِسَابِ
Тахана бекхам бийр бу хIора синна ша гулдинчуьнца. Зулам хир дац тахана. Баккъалла а, Дела сиха ву хьесапца.
40:18وَأَنذِرْهُمْ يَوْمَ ٱلْءَازِفَةِ إِذِ ٱلْقُلُوبُ لَدَى ٱلْحَنَاجِرِ كَٰظِمِينَ ۚ مَا لِلظَّٰلِمِينَ مِنْ حَمِيمٍۢ وَلَا شَفِيعٍۢ يُطَاعُ
Кхерам таса царна гергадогIур долчу /къемат/ денца‚ /нехан/ дегнаш къамкъаргашна тIе кхаьчна /хирдолу‚ кхераделла детталуш/‚ шаьш дохкобевла /хир болу/. Ма вац зуламхошна гергарниг а‚ гIодоккхург а‚ шена /уьш/ муьтIахь а болуш.
40:19يَعْلَمُ خَآئِنَةَ ٱلْأَعْيُنِ وَمَا تُخْفِى ٱلصُّدُورُ
Хаьа Цуна бIаьргийн тешнабехк /хьарам хIумане хьоьжу/‚ дегнаша хьулдийриг а.
40:20وَٱللَّهُ يَقْضِى بِٱلْحَقِّ ۖ وَٱلَّذِينَ يَدْعُونَ مِن دُونِهِۦ لَا يَقْضُونَ بِشَىْءٍ ۗ إِنَّ ٱللَّهَ هُوَ ٱلسَّمِيعُ ٱلْبَصِيرُ
Дала кхиэл йо бакдолчуьнца. Иза витина цара шайга кхойкхушболчаьра кхиэл ца йо цхьанне хIуманца. Баккъалла а, Дела - Иза ву хозуш верг а‚ гуш верг а.
40:21۞ أَوَلَمْ يَسِيرُوا۟ فِى ٱلْأَرْضِ فَيَنظُرُوا۟ كَيْفَ كَانَ عَٰقِبَةُ ٱلَّذِينَ كَانُوا۟ مِن قَبْلِهِمْ ۚ كَانُوا۟ هُمْ أَشَدَّ مِنْهُمْ قُوَّةًۭ وَءَاثَارًۭا فِى ٱلْأَرْضِ فَأَخَذَهُمُ ٱللَّهُ بِذُنُوبِهِمْ وَمَا كَانَ لَهُم مِّنَ ٱللَّهِ مِن وَاقٍۢ
Уьш ца лела лаьттахула‚ хьовсийла уьш, муха хилла царел хьалха хиллачаьрийн тIаьхье. Уьш бара мелхо чIогIа царел нуьцIкъаца‚ лаьттахь асар дитарца‚ Дала схьалецира уьш шайн къиношца‚ ма ца хилира царна Делан дуьхьал цхьа а лардархо.
40:22ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ كَانَت تَّأْتِيهِمْ رُسُلُهُم بِٱلْبَيِّنَٰتِ فَكَفَرُوا۟ فَأَخَذَهُمُ ٱللَّهُ ۚ إِنَّهُۥ قَوِىٌّۭ شَدِيدُ ٱلْعِقَابِ
Иза /хилла/ цаьрга богIуш хиларна шайн элчанаш билгалонашца - цара уьш харцбарна. Дала схьалецира уьш. Баккъалла а, Иза нуьцIкъала верг а ву‚ бекхамца чIогIаниг а ву.
40:23وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا مُوسَىٰ بِـَٔايَٰتِنَا وَسُلْطَٰنٍۢ مُّبِينٍ
Оха вахийтира Муса Тхан аяташца а‚ билгалчу бакъонца а.
40:24إِلَىٰ فِرْعَوْنَ وَهَٰمَٰنَ وَقَٰرُونَ فَقَالُوا۟ سَٰحِرٌۭ كَذَّابٌۭ
ФирIавне а‚ ХIамане а‚ Къаруне а‚ цара элира: "/Иза тIех харцлуьйш волу/ бозбуанча а ву".
40:25فَلَمَّا جَآءَهُم بِٱلْحَقِّ مِنْ عِندِنَا قَالُوا۟ ٱقْتُلُوٓا۟ أَبْنَآءَ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ مَعَهُۥ وَٱسْتَحْيُوا۟ نِسَآءَهُمْ ۚ وَمَا كَيْدُ ٱلْكَٰفِرِينَ إِلَّا فِى ضَلَٰلٍۢ
Иза цаьрга веъча бакъдолчуьнца Тхан гергара‚ цара элира: "Байа цуьнца цхьана иман диллинчаьрийн кIентий‚ дийна бита церан зударий". Керстанийн мекарло тиларчахь бен ма яц.
40:26وَقَالَ فِرْعَوْنُ ذَرُونِىٓ أَقْتُلْ مُوسَىٰ وَلْيَدْعُ رَبَّهُۥٓ ۖ إِنِّىٓ أَخَافُ أَن يُبَدِّلَ دِينَكُمْ أَوْ أَن يُظْهِرَ فِى ٱلْأَرْضِ ٱلْفَسَادَ
ФирIавно элира: "Вита со Муса вен. Шен Кхиош-кхобучуьнга кхойкхур цо. Баккъалла а, со кхоьру цо шун дин хийцадан‚ я лаьттахь боьханиг гучадаккхийтан".
40:27وَقَالَ مُوسَىٰٓ إِنِّى عُذْتُ بِرَبِّى وَرَبِّكُم مِّن كُلِّ مُتَكَبِّرٍۢ لَّا يُؤْمِنُ بِيَوْمِ ٱلْحِسَابِ
Мусас элира: "Баккъалла а, со ларвелла сан Кхиош-кхобучуьнца а‚ шун Кхиош-кхобучуьнца а массо кураваьллачух‚ хьесапан /къемат/ дийнах ца тешачух".
40:28وَقَالَ رَجُلٌۭ مُّؤْمِنٌۭ مِّنْ ءَالِ فِرْعَوْنَ يَكْتُمُ إِيمَٰنَهُۥٓ أَتَقْتُلُونَ رَجُلًا أَن يَقُولَ رَبِّىَ ٱللَّهُ وَقَدْ جَآءَكُم بِٱلْبَيِّنَٰتِ مِن رَّبِّكُمْ ۖ وَإِن يَكُ كَٰذِبًۭا فَعَلَيْهِ كَذِبُهُۥ ۖ وَإِن يَكُ صَادِقًۭا يُصِبْكُم بَعْضُ ٱلَّذِى يَعِدُكُمْ ۖ إِنَّ ٱللَّهَ لَا يَهْدِى مَنْ هُوَ مُسْرِفٌۭ كَذَّابٌۭ
ФирIавнан доьзалах цхьана иман диллинчу и шегахь хьулдеш волчу стага элира: "Аша воь ткъа стаг цо аларна "сан дела АллахI ву"?. Ткъа иза шуьга шун Кхиош-кхобучуьнгара билгалонашца ма веъна. Иза харцлуьйш велахь - цуна шена ю-кх и харцо. И бакълуьйш велахь - цо шуна хир ду бохучех цхьадерг хьакхалур ма ду шух. Баккъалла а, Дала нис ца во ша тIаламза верг а‚ тIех харцверг а.
40:29يَٰقَوْمِ لَكُمُ ٱلْمُلْكُ ٱلْيَوْمَ ظَٰهِرِينَ فِى ٱلْأَرْضِ فَمَن يَنصُرُنَا مِنۢ بَأْسِ ٱللَّهِ إِن جَآءَنَا ۚ قَالَ فِرْعَوْنُ مَآ أُرِيكُمْ إِلَّا مَآ أَرَىٰ وَمَآ أَهْدِيكُمْ إِلَّا سَبِيلَ ٱلرَّشَادِ
ХIай сан къам‚ шуна ду паччахьалла тахана‚ шу толаме долуш лаьттахь‚ хьан гIо дийр ду вайна Делан ницIкъах /кIелхьарадовла/ и вайга беъча?" ФирIавно элира: "Аса шуьга ца гойту сайна гушдерг а бен‚ аса шу нис ца до нийсонан новкъа бен".
40:30وَقَالَ ٱلَّذِىٓ ءَامَنَ يَٰقَوْمِ إِنِّىٓ أَخَافُ عَلَيْكُم مِّثْلَ يَوْمِ ٱلْأَحْزَابِ
Иман диллинчо элира: "Сан къам‚ баккъалла а, со кхоьру шуна тобанийн де санначу дийнах.
40:31مِثْلَ دَأْبِ قَوْمِ نُوحٍۢ وَعَادٍۢ وَثَمُودَ وَٱلَّذِينَ مِنۢ بَعْدِهِمْ ۚ وَمَا ٱللَّهُ يُرِيدُ ظُلْمًۭا لِّلْعِبَادِ
Нухьан къаман а‚ Iадийн а‚ Самудийн а‚ царел тIаьхьа хиллачаьрийн Iадатах тера /ду-кх хIара аша лелориг/. Дела ма вац зулам лууш Шен лешна.
40:32وَيَٰقَوْمِ إِنِّىٓ أَخَافُ عَلَيْكُمْ يَوْمَ ٱلتَّنَادِ
ХIай сан къам‚ баккъалла а, со кхоьру шуна вовшашка кхайкхаран дийнах.
40:33يَوْمَ تُوَلُّونَ مُدْبِرِينَ مَا لَكُم مِّنَ ٱللَّهِ مِنْ عَاصِمٍۢ ۗ وَمَن يُضْلِلِ ٱللَّهُ فَمَا لَهُۥ مِنْ هَادٍۢ
Шу духадовду долчу дийнах - ма вац шуна Делера цхьа а гIоьнча. Дала тилавала витинарг - ма вац цуна цхьа а нисвийриг.
40:34وَلَقَدْ جَآءَكُمْ يُوسُفُ مِن قَبْلُ بِٱلْبَيِّنَٰتِ فَمَا زِلْتُمْ فِى شَكٍّۢ مِّمَّا جَآءَكُم بِهِۦ ۖ حَتَّىٰٓ إِذَا هَلَكَ قُلْتُمْ لَن يَبْعَثَ ٱللَّهُ مِنۢ بَعْدِهِۦ رَسُولًۭا ۚ كَذَٰلِكَ يُضِلُّ ٱللَّهُ مَنْ هُوَ مُسْرِفٌۭ مُّرْتَابٌ
Шуьга веара хьалха Юсуф билгалонашца шу лаьтташ ду шеконехь иза шуьга шеца веанчух. Иза хIаллак хилча аша элира: "Ваийтанне а воуьйтур ма вац Дала цул тIаьхьа элча". Ишта тилавала вуьту Дала ша тIаламза верг а‚ шеконехь верг а.
40:35ٱلَّذِينَ يُجَٰدِلُونَ فِىٓ ءَايَٰتِ ٱللَّهِ بِغَيْرِ سُلْطَٰنٍ أَتَىٰهُمْ ۖ كَبُرَ مَقْتًا عِندَ ٱللَّهِ وَعِندَ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ ۚ كَذَٰلِكَ يَطْبَعُ ٱللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ قَلْبِ مُتَكَبِّرٍۢ جَبَّارٍۢ
Шаьш Делан аяташкахь къуьйсуш болу шайга еъна бакъо а йоцуш. Боккха хили /цаьрга болу/ цабезам Далла гергахь а‚ иман диллинчаьрийн гергахь а. Ишта муьхIар туху Дала курадаьллачу‚ /нахана/ ницIкъбечу дагна тIе.
40:36وَقَالَ فِرْعَوْنُ يَٰهَٰمَٰنُ ٱبْنِ لِى صَرْحًۭا لَّعَلِّىٓ أَبْلُغُ ٱلْأَسْبَٰبَ
ФирIавно элира: "ХIай ХIаман! ЮгIа суна гIала‚ со кхиа тарло некъашка.
40:37أَسْبَٰبَ ٱلسَّمَٰوَٰتِ فَأَطَّلِعَ إِلَىٰٓ إِلَٰهِ مُوسَىٰ وَإِنِّى لَأَظُنُّهُۥ كَٰذِبًۭا ۚ وَكَذَٰلِكَ زُيِّنَ لِفِرْعَوْنَ سُوٓءُ عَمَلِهِۦ وَصُدَّ عَنِ ٱلسَّبِيلِ ۚ وَمَا كَيْدُ فِرْعَوْنَ إِلَّا فِى تَبَابٍۢ
Стигланийн некъашка. Мусан делан тIекхочур ву со. Баккъалла а, суна хета и /Муса/ харц ву аьлла". Иштта хаздина ФирIавнана цуьнан балхан вониг‚ дIахьовзина иза /нисчу/ новкъах. ФирIавнан мекарло ма яц хIаллак хилар чохь бен.
40:38وَقَالَ ٱلَّذِىٓ ءَامَنَ يَٰقَوْمِ ٱتَّبِعُونِ أَهْدِكُمْ سَبِيلَ ٱلرَّشَادِ
/ТIаккха/ элира иман диллинчо: "ХIай сан къам‚ суна тIаьхьахIотта‚ аса нисдийр ду шу нийсонан новкъа.
40:39يَٰقَوْمِ إِنَّمَا هَٰذِهِ ٱلْحَيَوٰةُ ٱلدُّنْيَا مَتَٰعٌۭ وَإِنَّ ٱلْءَاخِرَةَ هِىَ دَارُ ٱلْقَرَارِ
ХIай сан къам! Баккъалла а, хIара дуьненан дахар /кIеззиг/ зовкх хьегар ду‚ ткъа эхарт - иза ду чIагIонан цIа.
40:40مَنْ عَمِلَ سَيِّئَةًۭ فَلَا يُجْزَىٰٓ إِلَّا مِثْلَهَا ۖ وَمَنْ عَمِلَ صَٰلِحًۭا مِّن ذَكَرٍ أَوْ أُنثَىٰ وَهُوَ مُؤْمِنٌۭ فَأُو۟لَٰٓئِكَ يَدْخُلُونَ ٱلْجَنَّةَ يُرْزَقُونَ فِيهَا بِغَيْرِ حِسَابٍۢ
Вониг динарг - цуна бекхам хир бац и санначуьнца а бен. Диканиг динарг‚ стаг велахь а‚ зуда елахь а‚ ша муъма а волуш - уьш ялсамани чу гIур бу‚ царна рицIкъ лур ду цу чохь хьесап а доцуш.
40:41۞ وَيَٰقَوْمِ مَا لِىٓ أَدْعُوكُمْ إِلَى ٱلنَّجَوٰةِ وَتَدْعُونَنِىٓ إِلَى ٱلنَّارِ
ХIай сан къам! Аса хIунда кхойкху шу кIелхьарадовларе‚ аша со кхойкху цIарга?
40:42تَدْعُونَنِى لِأَكْفُرَ بِٱللَّهِ وَأُشْرِكَ بِهِۦ مَا لَيْسَ لِى بِهِۦ عِلْمٌۭ وَأَنَا۠ أَدْعُوكُمْ إِلَى ٱلْعَزِيزِ ٱلْغَفَّٰرِ
Аша со кхойкху аса Далла керстаналла даре‚ аса Цуьнца накъост лацаре суна шеца цхьа а Iилма доцург‚ ткъа аса шу кхойкху Ша везза а‚ тIех гечдийриг волчуьнга.
40:43لَا جَرَمَ أَنَّمَا تَدْعُونَنِىٓ إِلَيْهِ لَيْسَ لَهُۥ دَعْوَةٌۭ فِى ٱلدُّنْيَا وَلَا فِى ٱلْءَاخِرَةِ وَأَنَّ مَرَدَّنَآ إِلَى ٱللَّهِ وَأَنَّ ٱلْمُسْرِفِينَ هُمْ أَصْحَٰبُ ٱلنَّارِ
Дера аша-м кхойкху со шена дуьненахь а‚ эхартахь а цхьа а кхайкхар доцучуьнга‚ ткъа вайн дIадерзар Деле ма ду‚ ткъа тIаламза берш - уьш ма бу /жоьжахатин/ цIеран дай.
40:44فَسَتَذْكُرُونَ مَآ أَقُولُ لَكُمْ ۚ وَأُفَوِّضُ أَمْرِىٓ إِلَى ٱللَّهِ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ بَصِيرٌۢ بِٱلْعِبَادِ
Шуна тIаьхьа дагадогIур ду аса шуьга дуьйцург. Аса сан гIуллакх Деле дIало. Баккъалла а, Дела ву-кх /Шен/ леш гуш".
40:45فَوَقَىٰهُ ٱللَّهُ سَيِّـَٔاتِ مَا مَكَرُوا۟ ۖ وَحَاقَ بِـَٔالِ فِرْعَوْنَ سُوٓءُ ٱلْعَذَابِ
Дала хьалхаваьккхира иза цара йинчу мекарлонан вонах. Хьакхаделира ФирIавнан доьзалах Iазапан вониг.
40:46ٱلنَّارُ يُعْرَضُونَ عَلَيْهَا غُدُوًّۭا وَعَشِيًّۭا ۖ وَيَوْمَ تَقُومُ ٱلسَّاعَةُ أَدْخِلُوٓا۟ ءَالَ فِرْعَوْنَ أَشَدَّ ٱلْعَذَابِ
ЦIе - цуна тIе уьш кхуьссур бу Iуьйрана а‚ суьйрана а‚ сахьт хIуттучу дийнахь /кхайкхар хир ду цаьрга/: "Чу бохка ФирIавнан доьзал уггар чIогIачу Iазапна".
40:47وَإِذْ يَتَحَآجُّونَ فِى ٱلنَّارِ فَيَقُولُ ٱلضُّعَفَٰٓؤُا۟ لِلَّذِينَ ٱسْتَكْبَرُوٓا۟ إِنَّا كُنَّا لَكُمْ تَبَعًۭا فَهَلْ أَنتُم مُّغْنُونَ عَنَّا نَصِيبًۭا مِّنَ ٱلنَّارِ
Вовшашца къийсаме баьр бу уьш цIаргахь‚ гIийлачаьра эр ду курабаьлла хиллачаьрга: "Баккъалла а, тхо дара шуна тIехьахIиттина /дуьненахь аша бохург деш‚ хIинца/ аша дIадоккхий тхоьх цIеран /Iазапах/ цхьа дакъа?"
40:48قَالَ ٱلَّذِينَ ٱسْتَكْبَرُوٓا۟ إِنَّا كُلٌّۭ فِيهَآ إِنَّ ٱللَّهَ قَدْ حَكَمَ بَيْنَ ٱلْعِبَادِ
Шаьш курабелла хиллачаьра элира: "Баккъалла а, вай дерриге цу чохь /цIаргахь/ ду-кх. Баккъалла а, Дала хьукам дина лешна юкъахь".
40:49وَقَالَ ٱلَّذِينَ فِى ٱلنَّارِ لِخَزَنَةِ جَهَنَّمَ ٱدْعُوا۟ رَبَّكُمْ يُخَفِّفْ عَنَّا يَوْمًۭا مِّنَ ٱلْعَذَابِ
Эр ду цIаргахь болчаьра жоьжахатин гIаролашка: "Кхайкха шайн Кхиош-кхобучуьнга‚ дайде ала тхуна тIера Iазап цхьана ден мукъане а".
40:50قَالُوٓا۟ أَوَلَمْ تَكُ تَأْتِيكُمْ رُسُلُكُم بِٱلْبَيِّنَٰتِ ۖ قَالُوا۟ بَلَىٰ ۚ قَالُوا۟ فَٱدْعُوا۟ ۗ وَمَا دُعَٰٓؤُا۟ ٱلْكَٰفِرِينَ إِلَّا فِى ضَلَٰلٍ
Цара /жоьжахатин гIаролаша/ эр ду: "Шуьга бохкуш ца хилира шун элчанаш билгалонашца?" Цара элира: "ХIаъ". Элира /гIаролаша/: "Кхайкха шаьш!" Керстанийн кхайкхар ма дац тилар чохь бен.
40:51إِنَّا لَنَنصُرُ رُسُلَنَا وَٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ فِى ٱلْحَيَوٰةِ ٱلدُّنْيَا وَيَوْمَ يَقُومُ ٱلْأَشْهَٰدُ
Баккъалла а, Оха гIо дийр ду Тхан элчанашна а‚ иман диллинчаьрна дуьненан дахарехь а‚ тешаш хIуттучу /къемат/ дийнахь а.
40:52يَوْمَ لَا يَنفَعُ ٱلظَّٰلِمِينَ مَعْذِرَتُهُمْ ۖ وَلَهُمُ ٱللَّعْنَةُ وَلَهُمْ سُوٓءُ ٱلدَّارِ
Оцу дийнахь зуламхошна пайда бийр бац церан бехказлонаша. Царна неIалт ду‚ царна /эхартан/ цIийнан боьханиг ду.
40:53وَلَقَدْ ءَاتَيْنَا مُوسَى ٱلْهُدَىٰ وَأَوْرَثْنَا بَنِىٓ إِسْرَٰٓءِيلَ ٱلْكِتَٰبَ
Оха белира Мусага нийса некъ‚ ирсана дитира Исраилан кIенташна жайна.
40:54هُدًۭى وَذِكْرَىٰ لِأُو۟لِى ٱلْأَلْبَٰبِ
Нийса некъ а‚ хьехам а /хилла долу/ хьекъал долчаьрна.
40:55فَٱصْبِرْ إِنَّ وَعْدَ ٱللَّهِ حَقٌّۭ وَٱسْتَغْفِرْ لِذَنۢبِكَ وَسَبِّحْ بِحَمْدِ رَبِّكَ بِٱلْعَشِىِّ وَٱلْإِبْكَٰرِ
Собар де‚ баккъалла а, Делан ваIда - хьакъ-бакъ ю‚ гечдар деха хьан къина‚ тасбахь де хьан Кхиош-кхобучунна хастам барца сарахь а‚ Iуьйранна а.
40:56إِنَّ ٱلَّذِينَ يُجَٰدِلُونَ فِىٓ ءَايَٰتِ ٱللَّهِ بِغَيْرِ سُلْطَٰنٍ أَتَىٰهُمْ ۙ إِن فِى صُدُورِهِمْ إِلَّا كِبْرٌۭ مَّا هُم بِبَٰلِغِيهِ ۚ فَٱسْتَعِذْ بِٱللَّهِ ۖ إِنَّهُۥ هُوَ ٱلسَّمِيعُ ٱلْبَصِيرُ
Баккъалла а, Делан аяташкахь шайга еъна цхьа а бакъо йоцуш къуьйсуш берш - баккъалла а, церан кийрахь ма яц куралла бен‚ уьш шена тIе кхуьур йоцу. Ларвалар лаха Делаца. Баккъалла а, Иза ву хозуш верг а‚ гуш верг а.
40:57لَخَلْقُ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ أَكْبَرُ مِنْ خَلْقِ ٱلنَّاسِ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ ٱلنَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ
Ткъа стигланаш а‚ латта а кхоллар мелхо а доккха ду нах кхолларал‚ делахь а дукхох болчу нахана ца хаьа-кх.
40:58وَمَا يَسْتَوِى ٱلْأَعْمَىٰ وَٱلْبَصِيرُ وَٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ وَلَا ٱلْمُسِىٓءُ ۚ قَلِيلًۭا مَّا تَتَذَكَّرُونَ
Нис ца ло бIаьрсаза верг а‚ гуш верг а‚ иман диллинарш а дика Iамалш йинарш а‚ вониг деш верг а. КIеззиг ду-кх аша ойла йийриг.
40:59إِنَّ ٱلسَّاعَةَ لَءَاتِيَةٌۭ لَّا رَيْبَ فِيهَا وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ ٱلنَّاسِ لَا يُؤْمِنُونَ
Баккъалла а, сахьт догIур долуш ду шеко яц цу чохь‚ делахь а дукхох болу нах тешаш бац-кх.
40:60وَقَالَ رَبُّكُمُ ٱدْعُونِىٓ أَسْتَجِبْ لَكُمْ ۚ إِنَّ ٱلَّذِينَ يَسْتَكْبِرُونَ عَنْ عِبَادَتِى سَيَدْخُلُونَ جَهَنَّمَ دَاخِرِينَ
Шу Кхетош-кхиичо аьлла: "Соьга кхайкха - Аса жоп лур ду шуна".Баккъалла а, шаьш Суна Iибадат дарх кураболуш берш - чугIур ма бу жоьжахатина кIелбисина.
40:61ٱللَّهُ ٱلَّذِى جَعَلَ لَكُمُ ٱلَّيْلَ لِتَسْكُنُوا۟ فِيهِ وَٱلنَّهَارَ مُبْصِرًا ۚ إِنَّ ٱللَّهَ لَذُو فَضْلٍ عَلَى ٱلنَّاسِ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ ٱلنَّاسِ لَا يَشْكُرُونَ
Дела ву хилийтинарг шуна буьйса шуьга садаIийта шена чохь‚ де а /шуна/ серло луш. Баккъалла а, Дела ниIмат долуш ву-кх нахана /дала/‚ делахь а дукхох болчу наха баркалла ца олу-кх.
40:62ذَٰلِكُمُ ٱللَّهُ رَبُّكُمْ خَٰلِقُ كُلِّ شَىْءٍۢ لَّآ إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۖ فَأَنَّىٰ تُؤْفَكُونَ
И ву-кх АллахI‚ шун Кхиош-Кхобург‚ массо хIуманан кхоллархо. /Кхин/ дела вац Иза воцург. Ма Iехийна шу /генадаьхна бакъдолчух/.
40:63كَذَٰلِكَ يُؤْفَكُ ٱلَّذِينَ كَانُوا۟ بِـَٔايَٰتِ ٱللَّهِ يَجْحَدُونَ
Ишта а Iехийна /генабаьхна бакъдолчух/ Делан аятех ца тешаш хилларш а.
40:64ٱللَّهُ ٱلَّذِى جَعَلَ لَكُمُ ٱلْأَرْضَ قَرَارًۭا وَٱلسَّمَآءَ بِنَآءًۭ وَصَوَّرَكُمْ فَأَحْسَنَ صُوَرَكُمْ وَرَزَقَكُم مِّنَ ٱلطَّيِّبَٰتِ ۚ ذَٰلِكُمُ ٱللَّهُ رَبُّكُمْ ۖ فَتَبَارَكَ ٱللَّهُ رَبُّ ٱلْعَٰلَمِينَ
Дела ву динарг шуна латта чIагIо хилла‚ стигал гIишло хилла‚ шуна куцаш динарг‚ хаздина Цо шун куцаш, цIеначу хIуманех рицIкъа делла шуна. И ву АллахI - шун Кхиош-кхобург. Беркате хили Дела - Iаламийн Да.
40:65هُوَ ٱلْحَىُّ لَآ إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ فَٱدْعُوهُ مُخْلِصِينَ لَهُ ٱلدِّينَ ۗ ٱلْحَمْدُ لِلَّهِ رَبِّ ٱلْعَٰلَمِينَ
Иза дийнаверг ву‚ /кхин/ дела вац Иза воцург‚ кхайкха Цуьнга‚ цIандеш Цуна дин. Хастам бу Далла - Iаламийн Дена.
40:66۞ قُلْ إِنِّى نُهِيتُ أَنْ أَعْبُدَ ٱلَّذِينَ تَدْعُونَ مِن دُونِ ٱللَّهِ لَمَّا جَآءَنِىَ ٱلْبَيِّنَٰتُ مِن رَّبِّى وَأُمِرْتُ أَنْ أُسْلِمَ لِرَبِّ ٱلْعَٰلَمِينَ
Ахьа ала: "Баккъалла а, суна дихкина Iибадат дан аша Дела витина /шайга/ кхойкхучаьрга сан Кхиош-кхобучуьнгар соьга билгалонаш еъначул тIаьхьа‚ суна омра дина Iаламийн Дена муьтIахь хилар".
40:67هُوَ ٱلَّذِى خَلَقَكُم مِّن تُرَابٍۢ ثُمَّ مِن نُّطْفَةٍۢ ثُمَّ مِنْ عَلَقَةٍۢ ثُمَّ يُخْرِجُكُمْ طِفْلًۭا ثُمَّ لِتَبْلُغُوٓا۟ أَشُدَّكُمْ ثُمَّ لِتَكُونُوا۟ شُيُوخًۭا ۚ وَمِنكُم مَّن يُتَوَفَّىٰ مِن قَبْلُ ۖ وَلِتَبْلُغُوٓا۟ أَجَلًۭا مُّسَمًّۭى وَلَعَلَّكُمْ تَعْقِلُونَ
Иза ву шу кхоьллинарг поппарах‚ тIаккха тIадамах‚ тIаккха детанчу цIих‚ тIаккха бераш хуьлий ара доху шу‚ тIаккха шайн ницIкъане кхачийта‚ тIаккха шух къена нах хилийта. Шух ву хьалха леш верг а. /И кхиэл йина Дала/ шу тоьхначу ханна тIекхачархьама а - шу хир дацара-те хьекъале.
40:68هُوَ ٱلَّذِى يُحْىِۦ وَيُمِيتُ ۖ فَإِذَا قَضَىٰٓ أَمْرًۭا فَإِنَّمَا يَقُولُ لَهُۥ كُن فَيَكُونُ
Иза ву денволуьйтург а‚ волуьйтург а. Шен /цхьана/ гIуллакх тIехь сацам хилча‚ Цо олу цуьнга: "Хила!" - иза хуьлу.
40:69أَلَمْ تَرَ إِلَى ٱلَّذِينَ يُجَٰدِلُونَ فِىٓ ءَايَٰتِ ٱللَّهِ أَنَّىٰ يُصْرَفُونَ
Хьуна ца го и Делан аяташкахь къуьйсуш берш. Ма йистах баьхна уьш /бакъдолчух/!
40:70ٱلَّذِينَ كَذَّبُوا۟ بِٱلْكِتَٰبِ وَبِمَآ أَرْسَلْنَا بِهِۦ رُسُلَنَا ۖ فَسَوْفَ يَعْلَمُونَ
/Уьш бу/ шаьш харцдинарш жайна а‚ Оха шеца Тхан элчанаш баийтинарг а. ТIаьхьа хуур ду-кх царна!
40:71إِذِ ٱلْأَغْلَٰلُ فِىٓ أَعْنَٰقِهِمْ وَٱلسَّلَٰسِلُ يُسْحَبُونَ
Шайна лагех буржолаш а тоьхча‚ зIайнаш а /ехкича/ такхор бу уьш
40:72فِى ٱلْحَمِيمِ ثُمَّ فِى ٱلنَّارِ يُسْجَرُونَ
Кхахкина хи чу‚ тIаккха цIаргахь багор бу .
40:73ثُمَّ قِيلَ لَهُمْ أَيْنَ مَا كُنتُمْ تُشْرِكُونَ
ТIаккха олура /ду/ цаьрга: "Мичахь ду аша /Делаца/ накъост лоцуш хилларг
40:74مِن دُونِ ٱللَّهِ ۖ قَالُوا۟ ضَلُّوا۟ عَنَّا بَل لَّمْ نَكُن نَّدْعُوا۟ مِن قَبْلُ شَيْـًۭٔا ۚ كَذَٰلِكَ يُضِلُّ ٱللَّهُ ٱلْكَٰفِرِينَ
АллахI воцург?" Цара элира: "ДIатили уьш тхоьх. ХIаъ‚ тхо дацара кхойкхуш хьалха хIуманне а". Ишта тилабала буьту Дала керстанаш.
40:75ذَٰلِكُم بِمَا كُنتُمْ تَفْرَحُونَ فِى ٱلْأَرْضِ بِغَيْرِ ٱلْحَقِّ وَبِمَا كُنتُمْ تَمْرَحُونَ
И /Iазап ду шуна/ лаьттахь цхьа а бакъо а йоцуш даккхидераш хиларна а‚ шу тIех хазахеташ хиларна а.
40:76ٱدْخُلُوٓا۟ أَبْوَٰبَ جَهَنَّمَ خَٰلِدِينَ فِيهَا ۖ فَبِئْسَ مَثْوَى ٱلْمُتَكَبِّرِينَ
Чу гIо жоьжахатин неIаршкахула гуттарена цу чохь лаьтташ. Ма вон чохь Iен меттиг ю-кх курабевлачаьрийн!
40:77فَٱصْبِرْ إِنَّ وَعْدَ ٱللَّهِ حَقٌّۭ ۚ فَإِمَّا نُرِيَنَّكَ بَعْضَ ٱلَّذِى نَعِدُهُمْ أَوْ نَتَوَفَّيَنَّكَ فَإِلَيْنَا يُرْجَعُونَ
Собар де‚ баккъалла а, Делан ваIда хьакъ-бакъ ю. Оха гайтанне а гойтур ма ду аьллачех цхьадолу хIуманаш я Оха волуьйтур ву хьо - тIаккха Тхуна тIе дIаберзор бу уьш.
40:78وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا رُسُلًۭا مِّن قَبْلِكَ مِنْهُم مَّن قَصَصْنَا عَلَيْكَ وَمِنْهُم مَّن لَّمْ نَقْصُصْ عَلَيْكَ ۗ وَمَا كَانَ لِرَسُولٍ أَن يَأْتِىَ بِـَٔايَةٍ إِلَّا بِإِذْنِ ٱللَّهِ ۚ فَإِذَا جَآءَ أَمْرُ ٱللَّهِ قُضِىَ بِٱلْحَقِّ وَخَسِرَ هُنَالِكَ ٱلْمُبْطِلُونَ
Оха баийтинера элчанаш хьоьл хьалха а‚ царех Оха хьуна бицинарш а бу‚ царех Оха хьуна бийцаза берш а бу. Бакъхьа ца хилла цхьанне элчана цхьа а аят дан Делан пурба доцуш. Делан омра деъча - сацам хилира бакъдолчуьнца - кхузахь ийшира /дин/ харцдеш хилларш.
40:79ٱللَّهُ ٱلَّذِى جَعَلَ لَكُمُ ٱلْأَنْعَٰمَ لِتَرْكَبُوا۟ مِنْهَا وَمِنْهَا تَأْكُلُونَ
Дела ву шуна бежнаш динарг: царех /цхьадерш/ шуна тIеховжа‚ царех /цхьадерш/ - шуна даа.
40:80وَلَكُمْ فِيهَا مَنَٰفِعُ وَلِتَبْلُغُوا۟ عَلَيْهَا حَاجَةًۭ فِى صُدُورِكُمْ وَعَلَيْهَا وَعَلَى ٱلْفُلْكِ تُحْمَلُونَ
Шуна цаьргахь /кхин/ пайданаш а бу‚ аша церан тIехь кхочушдархьама шайн дагахь долу хьашт‚ церан тIехь а‚ кемана тIехь а шу дIасхьалеладо.
40:81وَيُرِيكُمْ ءَايَٰتِهِۦ فَأَىَّ ءَايَٰتِ ٱللَّهِ تُنكِرُونَ
Цо гойту шуна Шен аяташ‚ муьлхачу Делан аятана аша инкарло йо?
40:82أَفَلَمْ يَسِيرُوا۟ فِى ٱلْأَرْضِ فَيَنظُرُوا۟ كَيْفَ كَانَ عَٰقِبَةُ ٱلَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ ۚ كَانُوٓا۟ أَكْثَرَ مِنْهُمْ وَأَشَدَّ قُوَّةًۭ وَءَاثَارًۭا فِى ٱلْأَرْضِ فَمَآ أَغْنَىٰ عَنْهُم مَّا كَانُوا۟ يَكْسِبُونَ
Уьш ца лела лаьттахула‚ ца хьожу-те‚ муха хилла царел хьалха хиллачаьрийн тIаьхье? Уьш ма бара мелхо царел дукха‚ ницIкъаца а‚ лаьттахь /дуьтучу/ асарца а мелхо чIогIа а - кIелхьара ма ца бехира уьш цара гулдешхиллачо.
40:83فَلَمَّا جَآءَتْهُمْ رُسُلُهُم بِٱلْبَيِّنَٰتِ فَرِحُوا۟ بِمَا عِندَهُم مِّنَ ٱلْعِلْمِ وَحَاقَ بِهِم مَّا كَانُوا۟ بِهِۦ يَسْتَهْزِءُونَ
Цаьрга баьхкича церан элчанаш билгалонашца‚ баккхибийдира уьш шайгахь долчу Iилманца‚ царех хьакхаделира цара ша сийсазадеш хилларг.
40:84فَلَمَّا رَأَوْا۟ بَأْسَنَا قَالُوٓا۟ ءَامَنَّا بِٱللَّهِ وَحْدَهُۥ وَكَفَرْنَا بِمَا كُنَّا بِهِۦ مُشْرِكِينَ
Шайна Тхан ницIкъ гича‚ цара элира: "Оха иман дилли веккъа цхьана Деле‚ Оха керста дина тхаш Цуьнца накъост лоцуш хилларг".
40:85فَلَمْ يَكُ يَنفَعُهُمْ إِيمَٰنُهُمْ لَمَّا رَأَوْا۟ بَأْسَنَا ۖ سُنَّتَ ٱللَّهِ ٱلَّتِى قَدْ خَلَتْ فِى عِبَادِهِۦ ۖ وَخَسِرَ هُنَالِكَ ٱلْكَٰفِرُونَ
Ца хилира царна пайдехь церан иман Тхан ницIкъ беъначул тIаьхьа. Делан Iадат /ду иза/‚ Цуьнан лешкахь ша чекхделла долу. Ийшира кхузахь керстанаш.
41:1حمٓ
Хьа-мим /Далла дика хаьа цуьнца Шена луург/.
41:2تَنزِيلٌۭ مِّنَ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ
/Жайна/ охьадоссар /ду хIара/ Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчуьнгара.
41:3كِتَٰبٌۭ فُصِّلَتْ ءَايَٰتُهُۥ قُرْءَانًا عَرَبِيًّۭا لِّقَوْمٍۢ يَعْلَمُونَ
Жайна /ду хIара/‚ Шен аяташ къастийна долу‚ Iарбийн /маттахь/ дешар а хилла хууш долчу къамана.
41:4بَشِيرًۭا وَنَذِيرًۭا فَأَعْرَضَ أَكْثَرُهُمْ فَهُمْ لَا يَسْمَعُونَ
Кхаъ бахьарг а‚ кхерамча а /хилла ду и КъурIан/‚ царех дукхох берш дIабирзи - шайна ца хозуш /и къабал цадеш/.
41:5وَقَالُوا۟ قُلُوبُنَا فِىٓ أَكِنَّةٍۢ مِّمَّا تَدْعُونَآ إِلَيْهِ وَفِىٓ ءَاذَانِنَا وَقْرٌۭ وَمِنۢ بَيْنِنَا وَبَيْنِكَ حِجَابٌۭ فَٱعْمَلْ إِنَّنَا عَٰمِلُونَ
Цара элира: "Тхан дегнаш хьуламехь ду ахьа тхо шега кхойкхучух‚ тхан лергий чохь къоралла ю‚ тхуна юкъахь а‚ хьуна юкъахь а кирхьа ду‚ хьан Iамал е‚ оха тхан Iамал йийр ю".
41:6قُلْ إِنَّمَآ أَنَا۠ بَشَرٌۭ مِّثْلُكُمْ يُوحَىٰٓ إِلَىَّ أَنَّمَآ إِلَٰهُكُمْ إِلَٰهٌۭ وَٰحِدٌۭ فَٱسْتَقِيمُوٓا۟ إِلَيْهِ وَٱسْتَغْفِرُوهُ ۗ وَوَيْلٌۭ لِّلْمُشْرِكِينَ
Ахьа ала: "Баккъалла а, со-м адам ду шу санна‚ соьга вехьеца хаийтина шун Дела цхьа Дела вуйла‚ дIанисло Цуьнга, Цуьнга гечдар деха. Бала бу-кх /Делаца/ накъост лоцучаьрна.
41:7ٱلَّذِينَ لَا يُؤْتُونَ ٱلزَّكَوٰةَ وَهُم بِٱلْءَاخِرَةِ هُمْ كَٰفِرُونَ
Шаьш закат ца луш болчу‚ эхартана уьш керста бу.
41:8إِنَّ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ لَهُمْ أَجْرٌ غَيْرُ مَمْنُونٍۢ
Баккъалла а, иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а - царна хедар йоцу ял ю.
41:9۞ قُلْ أَئِنَّكُمْ لَتَكْفُرُونَ بِٱلَّذِى خَلَقَ ٱلْأَرْضَ فِى يَوْمَيْنِ وَتَجْعَلُونَ لَهُۥٓ أَندَادًۭا ۚ ذَٰلِكَ رَبُّ ٱلْعَٰلَمِينَ
Ахьа ала: "Аша керста до Ша латта кхоьллинчунна шина дийнахь‚ аша Цуна нийсархой а хуьлуьйту? Иза ву Iаламийн Да".
41:10وَجَعَلَ فِيهَا رَوَٰسِىَ مِن فَوْقِهَا وَبَٰرَكَ فِيهَا وَقَدَّرَ فِيهَآ أَقْوَٰتَهَا فِىٓ أَرْبَعَةِ أَيَّامٍۢ سَوَآءًۭ لِّلسَّآئِلِينَ
Хилийтина Цо цигахь /лаьттахь/ чIогIа боьгIнарш /лаьмнаш/ цуьнан тIехула‚ беркатедира Цо иза‚ дийкъира цу чохь кхачанаш деъа дийнахь - цхьанисса /диъ де хилла/ хоьттучарна.
41:11ثُمَّ ٱسْتَوَىٰٓ إِلَى ٱلسَّمَآءِ وَهِىَ دُخَانٌۭ فَقَالَ لَهَا وَلِلْأَرْضِ ٱئْتِيَا طَوْعًا أَوْ كَرْهًۭا قَالَتَآ أَتَيْنَا طَآئِعِينَ
ТIаккха Иза тIевирзира стиглана а - и кIур бара (айелла хин Iаь). Цо элира цуьнга а, лаьтте а: "Схьадуьйла шайн лаамца‚ я лаамза". Цу шиммо элира: "Тхо деъна тхан лаамца".
41:12فَقَضَىٰهُنَّ سَبْعَ سَمَٰوَاتٍۢ فِى يَوْمَيْنِ وَأَوْحَىٰ فِى كُلِّ سَمَآءٍ أَمْرَهَا ۚ وَزَيَّنَّا ٱلسَّمَآءَ ٱلدُّنْيَا بِمَصَٰبِيحَ وَحِفْظًۭا ۚ ذَٰلِكَ تَقْدِيرُ ٱلْعَزِيزِ ٱلْعَلِيمِ
Цо уьш кхочушхилийтира ворхI стигал хилла шина дийнахь‚ дIахаийтира /вехьеца/ хIора стигална шен гIуллакх. Оха хазъйира гергара стигал чиркхашца а‚ гIаролашца а /лардархьама а шайтIанах/. Иза ду везза волчун‚ хууш волчун дIахIоттор.
41:13فَإِنْ أَعْرَضُوا۟ فَقُلْ أَنذَرْتُكُمْ صَٰعِقَةًۭ مِّثْلَ صَٰعِقَةِ عَادٍۢ وَثَمُودَ
Уьш дIаберзахь‚ ахьа ала: "Аса кхерам теси шуна ткъесаца‚ Iадийн а‚ Самудийн а ткъесах тера".
41:14إِذْ جَآءَتْهُمُ ٱلرُّسُلُ مِنۢ بَيْنِ أَيْدِيهِمْ وَمِنْ خَلْفِهِمْ أَلَّا تَعْبُدُوٓا۟ إِلَّا ٱللَّهَ ۖ قَالُوا۟ لَوْ شَآءَ رَبُّنَا لَأَنزَلَ مَلَٰٓئِكَةًۭ فَإِنَّا بِمَآ أُرْسِلْتُم بِهِۦ كَٰفِرُونَ
Цаьрга баьхкира элчанаш‚ церан хьалхахула а‚ тIехьахула а: "Аша Далла бен Iибадат ма де", /олуш/. Цара элира: "Тхан Кхиош-кхобучун лиънехьара‚ Цо маликаш доссор дара. Баккъалла а, тхо шу шеца даийтинчун керста ду-кх".
41:15فَأَمَّا عَادٌۭ فَٱسْتَكْبَرُوا۟ فِى ٱلْأَرْضِ بِغَيْرِ ٱلْحَقِّ وَقَالُوا۟ مَنْ أَشَدُّ مِنَّا قُوَّةً ۖ أَوَلَمْ يَرَوْا۟ أَنَّ ٱللَّهَ ٱلَّذِى خَلَقَهُمْ هُوَ أَشَدُّ مِنْهُمْ قُوَّةًۭ ۖ وَكَانُوا۟ بِـَٔايَٰتِنَا يَجْحَدُونَ
Ткъа Iадаш курабевлира лаьттахь цхьа а бакъо йоцуш‚ цара элира: "Мила ву тхоьл чIогIа верг ницIкъаца?" Царна ца гина-те уьш кхоьллина волу Дела царел чIогIа вуйла ницIкъаца. Уьш хилира Тхан аятех цатешаш.
41:16فَأَرْسَلْنَا عَلَيْهِمْ رِيحًۭا صَرْصَرًۭا فِىٓ أَيَّامٍۢ نَّحِسَاتٍۢ لِّنُذِيقَهُمْ عَذَابَ ٱلْخِزْىِ فِى ٱلْحَيَوٰةِ ٱلدُّنْيَا ۖ وَلَعَذَابُ ٱلْءَاخِرَةِ أَخْزَىٰ ۖ وَهُمْ لَا يُنصَرُونَ
Оха бахийтира царна шок лоькху мох халачу деношкахь цаьрга Iовшийтархьама сийсазаллин Iазап дуьненан дахарехь. Эхартан Iазап мелхо а сийсаза ду. Царна гIо хир дац.
41:17وَأَمَّا ثَمُودُ فَهَدَيْنَٰهُمْ فَٱسْتَحَبُّوا۟ ٱلْعَمَىٰ عَلَى ٱلْهُدَىٰ فَأَخَذَتْهُمْ صَٰعِقَةُ ٱلْعَذَابِ ٱلْهُونِ بِمَا كَانُوا۟ يَكْسِبُونَ
Ткъа Самудаш - Оха уьш нийсачу новкъа бихкира - ткъа царна бIаьрсазалла дукхайийзира нийсачу некъал. ТIаккха уьш схьалецира ткъес тухучу сийсазаллин Iазапо цара гулдеш хилларг бахьанехь.
41:18وَنَجَّيْنَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَكَانُوا۟ يَتَّقُونَ
Оха кIелхьарабехира иман диллинарш‚ шаьш /Делах/ кхоьруш хилларш.
41:19وَيَوْمَ يُحْشَرُ أَعْدَآءُ ٱللَّهِ إِلَى ٱلنَّارِ فَهُمْ يُوزَعُونَ
Делан мостагIий цIарна хьалха гулбечу дийнахь - уьш могIаршкахь /вовшийн тIе/ лохкур бу.
41:20حَتَّىٰٓ إِذَا مَا جَآءُوهَا شَهِدَ عَلَيْهِمْ سَمْعُهُمْ وَأَبْصَٰرُهُمْ وَجُلُودُهُم بِمَا كَانُوا۟ يَعْمَلُونَ
Уьш цига /цIарга/ баьхкича тешалла дийр ду царна тIехь церан хазаро‚ бIаьрсано‚ чIораша уьш хIун деш хилла‚ аьлла.
41:21وَقَالُوا۟ لِجُلُودِهِمْ لِمَ شَهِدتُّمْ عَلَيْنَا ۖ قَالُوٓا۟ أَنطَقَنَا ٱللَّهُ ٱلَّذِىٓ أَنطَقَ كُلَّ شَىْءٍۢ وَهُوَ خَلَقَكُمْ أَوَّلَ مَرَّةٍۢ وَإِلَيْهِ تُرْجَعُونَ
Цара эр шайн чIорашка: "Аша хIунда тешалла дира тхуна дуьхьал?" Цара эр: "Дистхилийтина тхо Дала‚ Ша массо хIума дистхуьлуьйтуш волчу‚ Цо шу кхоьллина дуьххьашхалгIа‚ Цунна тIе шу дIадерзор долуш а ду".
41:22وَمَا كُنتُمْ تَسْتَتِرُونَ أَن يَشْهَدَ عَلَيْكُمْ سَمْعُكُمْ وَلَآ أَبْصَٰرُكُمْ وَلَا جُلُودُكُمْ وَلَٰكِن ظَنَنتُمْ أَنَّ ٱللَّهَ لَا يَعْلَمُ كَثِيرًۭا مِّمَّا تَعْمَلُونَ
Шу ца хилира хьулдан гIерташ шайна тIехь тешалла дан шун хазаро а‚ шун бIаьрсино а‚ шун чIораша а‚ делахь а шуна меттара Далла ца хаьа аша дечух дукхадерг.
41:23وَذَٰلِكُمْ ظَنُّكُمُ ٱلَّذِى ظَنَنتُم بِرَبِّكُمْ أَرْدَىٰكُمْ فَأَصْبَحْتُم مِّنَ ٱلْخَٰسِرِينَ
Иза ду шун моттар‚ шайн Кхиош-кхобучун шуна меттина долу‚ цо /шун моттаро/ хIаллакдира шу‚ тIаккха шу хилира эшначарех.
41:24فَإِن يَصْبِرُوا۟ فَٱلنَّارُ مَثْوًۭى لَّهُمْ ۖ وَإِن يَسْتَعْتِبُوا۟ فَمَا هُم مِّنَ ٱلْمُعْتَبِينَ
Цара нагахь сатохахь - цIе ю царна чохь Iан меттиг‚ цара нагахь /Дела/ реза хилар дехахь - уьш хир бац /Иза/ шайна реза хиллачарех.
41:25۞ وَقَيَّضْنَا لَهُمْ قُرَنَآءَ فَزَيَّنُوا۟ لَهُم مَّا بَيْنَ أَيْدِيهِمْ وَمَا خَلْفَهُمْ وَحَقَّ عَلَيْهِمُ ٱلْقَوْلُ فِىٓ أُمَمٍۢ قَدْ خَلَتْ مِن قَبْلِهِم مِّنَ ٱلْجِنِّ وَٱلْإِنسِ ۖ إِنَّهُمْ كَانُوا۟ خَٰسِرِينَ
Оха хIоттира царна доттагIий /шайтIанех а‚ жинийх а/‚ цара хаздира царна шайн хьалхахь дерг а‚ тIаьхьахь дерг а‚ царех хьакхаделира царел хьалхадаханчу жинийн а‚ адамийн а умматашкахь аьлла долу дош. Баккъалла а, уьш хилира эшначарех.
41:26وَقَالَ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ لَا تَسْمَعُوا۟ لِهَٰذَا ٱلْقُرْءَانِ وَٱلْغَوْا۟ فِيهِ لَعَلَّكُمْ تَغْلِبُونَ
Цатешначаьра элира: "Ла ма догIа хIокху КъурIане‚ даьсса хабар дийца цуьнгахь‚ шу тола мега".
41:27فَلَنُذِيقَنَّ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ عَذَابًۭا شَدِيدًۭا وَلَنَجْزِيَنَّهُمْ أَسْوَأَ ٱلَّذِى كَانُوا۟ يَعْمَلُونَ
Iавшанне а Iовшуьйтур ма ду Оха цатешначаьрга чIогIа Iазап‚ банне а бекхам бийр ма бу Оха царна цара деш хиллачух уггар вочуьнца.
41:28ذَٰلِكَ جَزَآءُ أَعْدَآءِ ٱللَّهِ ٱلنَّارُ ۖ لَهُمْ فِيهَا دَارُ ٱلْخُلْدِ ۖ جَزَآءًۢ بِمَا كَانُوا۟ بِـَٔايَٰتِنَا يَجْحَدُونَ
И бу Делан мостагIийн бекхам - цIе. Царна цигахь гуттаренан хIусам ю - бекхам а хилла царна уьш Тхан аяташ харцдеш хиларна.
41:29وَقَالَ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ رَبَّنَآ أَرِنَا ٱلَّذَيْنِ أَضَلَّانَا مِنَ ٱلْجِنِّ وَٱلْإِنسِ نَجْعَلْهُمَا تَحْتَ أَقْدَامِنَا لِيَكُونَا مِنَ ٱلْأَسْفَلِينَ
Цатешначаьра элира /жоьжахатехь/: "ХIай тхан Кхиош-кхобушверг‚ гайтахь тхуна жинех а‚ адамех а тхо тилина и шиъ - тхан когийн кIел буьтур бара оха уьш хилийтаархьама уггар бухахь болчарех".
41:30إِنَّ ٱلَّذِينَ قَالُوا۟ رَبُّنَا ٱللَّهُ ثُمَّ ٱسْتَقَٰمُوا۟ تَتَنَزَّلُ عَلَيْهِمُ ٱلْمَلَٰٓئِكَةُ أَلَّا تَخَافُوا۟ وَلَا تَحْزَنُوا۟ وَأَبْشِرُوا۟ بِٱلْجَنَّةِ ٱلَّتِى كُنتُمْ تُوعَدُونَ
Баккъалла а, аьлларш /шайн са долуш/: "Тхан Дела АллахI ву"‚ тIаккха нисбелларш - царна тIе дуссур ду маликаш уьш ца кхерийтархьама а‚ уьш сингаттаме ца хилийтархьама а‚ кхаъ хили шуна ялсаманица‚ шуна ваIда йина хилла йолчу‚ олуш:
41:31نَحْنُ أَوْلِيَآؤُكُمْ فِى ٱلْحَيَوٰةِ ٱلدُّنْيَا وَفِى ٱلْءَاخِرَةِ ۖ وَلَكُمْ فِيهَا مَا تَشْتَهِىٓ أَنفُسُكُمْ وَلَكُمْ فِيهَا مَا تَدَّعُونَ
"Тхо ду шун доттагIий дуьненан дахарехь а‚ эхартахь а‚ шуна цигахь шун синошна дезарг ду‚ шуна цигахь аша дехнарг а ду"‚
41:32نُزُلًۭا مِّنْ غَفُورٍۢ رَّحِيمٍۢ
Охьадоьссина долуш Ша гечдеш волчуьнгара‚ Ша къинхетаме волчуьнгара.
41:33وَمَنْ أَحْسَنُ قَوْلًۭا مِّمَّن دَعَآ إِلَى ٱللَّهِ وَعَمِلَ صَٰلِحًۭا وَقَالَ إِنَّنِى مِنَ ٱلْمُسْلِمِينَ
Мила ву мелхо хаза дашца Деле кхийкхинчул а‚ дика Iамал йиначул а‚ ша аьлла волчул: "Баккъалла а, со ву-кх /Далла/ муьтIахь болчарех".
41:34وَلَا تَسْتَوِى ٱلْحَسَنَةُ وَلَا ٱلسَّيِّئَةُ ۚ ٱدْفَعْ بِٱلَّتِى هِىَ أَحْسَنُ فَإِذَا ٱلَّذِى بَيْنَكَ وَبَيْنَهُۥ عَدَٰوَةٌۭ كَأَنَّهُۥ وَلِىٌّ حَمِيمٌۭ
Цхьанисса ца хуьлу диканиг а‚ вониг а‚ ахьа духатоха уггар хаза долчуьнца - тIаккха хьуна а‚ шена а юкъахь мостагIалла ерг хьоме доттагIа сан хир ву хьуна.
41:35وَمَا يُلَقَّىٰهَآ إِلَّا ٱلَّذِينَ صَبَرُوا۟ وَمَا يُلَقَّىٰهَآ إِلَّا ذُو حَظٍّ عَظِيمٍۢ
И далур дац шаьш собар диначаьрна а бен‚ и далур дац шегахь доккха дакъа долчунна а бен.
41:36وَإِمَّا يَنزَغَنَّكَ مِنَ ٱلشَّيْطَٰنِ نَزْغٌۭ فَٱسْتَعِذْ بِٱللَّهِ ۖ إِنَّهُۥ هُوَ ٱلسَّمِيعُ ٱلْعَلِيمُ
Хьуна /оцунна тIехь/ шайтIано вас-васалла дагчу кхоссахь - Делаца ларвалар лаха. Баккъалла а, Иза хозуш верг а ву‚ хууш верг а ву.
41:37وَمِنْ ءَايَٰتِهِ ٱلَّيْلُ وَٱلنَّهَارُ وَٱلشَّمْسُ وَٱلْقَمَرُ ۚ لَا تَسْجُدُوا۟ لِلشَّمْسِ وَلَا لِلْقَمَرِ وَٱسْجُدُوا۟ لِلَّهِ ٱلَّذِى خَلَقَهُنَّ إِن كُنتُمْ إِيَّاهُ تَعْبُدُونَ
Цуьнан Iаламатех ю буьйса а‚ де а‚ малх а‚ бутт а. Сужд ма де малхана а‚ баттана а‚ аша сужд де Далла‚ Ша уьш кхоьллина волчу‚ шаьш Цуна Iибадат деш делахь.
41:38فَإِنِ ٱسْتَكْبَرُوا۟ فَٱلَّذِينَ عِندَ رَبِّكَ يُسَبِّحُونَ لَهُۥ بِٱلَّيْلِ وَٱلنَّهَارِ وَهُمْ لَا يَسْـَٔمُونَ ۩
Цара куралла яхь‚ Далла гергахь берш Цуна тасбахь деш бу буьйсана а‚ дийнахь а‚ царна кIор ца до.
41:39وَمِنْ ءَايَٰتِهِۦٓ أَنَّكَ تَرَى ٱلْأَرْضَ خَٰشِعَةًۭ فَإِذَآ أَنزَلْنَا عَلَيْهَا ٱلْمَآءَ ٱهْتَزَّتْ وَرَبَتْ ۚ إِنَّ ٱلَّذِىٓ أَحْيَاهَا لَمُحْىِ ٱلْمَوْتَىٰٓ ۚ إِنَّهُۥ عَلَىٰ كُلِّ شَىْءٍۢ قَدِيرٌ
Цуьнан Iаламатех ду хьуна латта гар декъа. Оха цунна тIе хи доссича иза деттало‚ кхуьу. Баккъалла а, Иза дендийнарг - денбийр болуш ма ву белларш. Баккъалла а, Иза массо хIуманна тIехь ницIкъ кхочуш ма ву.
41:40إِنَّ ٱلَّذِينَ يُلْحِدُونَ فِىٓ ءَايَٰتِنَا لَا يَخْفَوْنَ عَلَيْنَآ ۗ أَفَمَن يُلْقَىٰ فِى ٱلنَّارِ خَيْرٌ أَم مَّن يَأْتِىٓ ءَامِنًۭا يَوْمَ ٱلْقِيَٰمَةِ ۚ ٱعْمَلُوا۟ مَا شِئْتُمْ ۖ إِنَّهُۥ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ
Тхан аяташкахь керстаналла деш берш Тхуна къайла бер бац. ЦIарга кхуссур верг дика ву я къемат дийнахь кхерамза вогIур верг /дика/ ву? Iамал е шайна ма луъу. Баккъалла а, Иза аша дийриг гуш ма ву.
41:41إِنَّ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ بِٱلذِّكْرِ لَمَّا جَآءَهُمْ ۖ وَإِنَّهُۥ لَكِتَٰبٌ عَزِيزٌۭ
Баккъалла а, хьехамна /КъурIанна/ керстаналла динарш и шайга беъча /бекхам бийр бу Оха царна/. Баккъалла а, иза деза долу жайна ду-кх.
41:42لَّا يَأْتِيهِ ٱلْبَٰطِلُ مِنۢ بَيْنِ يَدَيْهِ وَلَا مِنْ خَلْفِهِۦ ۖ تَنزِيلٌۭ مِّنْ حَكِيمٍ حَمِيدٍۢ
Харцдерг догIур дац цуьнан хьалхахула а‚ тIаьхьахула а‚ /иза/ охьадоссар ду Ша хьукаме а‚ хастаме а волчуьнгара.
41:43مَّا يُقَالُ لَكَ إِلَّا مَا قَدْ قِيلَ لِلرُّسُلِ مِن قَبْلِكَ ۚ إِنَّ رَبَّكَ لَذُو مَغْفِرَةٍۢ وَذُو عِقَابٍ أَلِيمٍۢ
Хьоьга ца олу хьоьл хьалха элчанашка аьлларг а бен. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург гечдар долуш а ву‚ лазаме таIзар долуш а ву.
41:44وَلَوْ جَعَلْنَٰهُ قُرْءَانًا أَعْجَمِيًّۭا لَّقَالُوا۟ لَوْلَا فُصِّلَتْ ءَايَٰتُهُۥٓ ۖ ءَا۬عْجَمِىٌّۭ وَعَرَبِىٌّۭ ۗ قُلْ هُوَ لِلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ هُدًۭى وَشِفَآءٌۭ ۖ وَٱلَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ فِىٓ ءَاذَانِهِمْ وَقْرٌۭ وَهُوَ عَلَيْهِمْ عَمًى ۚ أُو۟لَٰٓئِكَ يُنَادَوْنَ مِن مَّكَانٍۭ بَعِيدٍۢ
Оха иза хилийтинехьара Iарбех доцу КъурIан‚ /тIаккха а/ эр ма дара цара: "Цуьнан аяташ къастинехьара /тхуна‚ тхо царех кхетархьама/. Ткъа /КъурIан/ Iарбех доцуш хила дезара‚ /пайхамар ша/ Iарби а волуш? Ахьа ала: "Иза /КъурIан/ иман диллинчаьрна ду‚ нийса некъ а‚ дарба а хилла". Цатешнарш а - церан лергийн чохь къоралла ю‚ иза /КъурIан/ царна бIаьрсаза ду /уьш ца кхета цунах/. Уьш бу шайга кхойкхучарех /тера/ генарчу меттигера.
41:45وَلَقَدْ ءَاتَيْنَا مُوسَى ٱلْكِتَٰبَ فَٱخْتُلِفَ فِيهِ ۗ وَلَوْلَا كَلِمَةٌۭ سَبَقَتْ مِن رَّبِّكَ لَقُضِىَ بَيْنَهُمْ ۚ وَإِنَّهُمْ لَفِى شَكٍّۢ مِّنْهُ مُرِيبٍۢ
Оха делира Мусага жайна‚ цу чохь а хилпало хилира. Дош хьалха ца деллехьара хьан Кхиош-кхобучуьнгара - хьукам дина хир дара царна юкъахь. Баккъалла а, уьш шеконан шеконехь бу-кх.
41:46مَّنْ عَمِلَ صَٰلِحًۭا فَلِنَفْسِهِۦ ۖ وَمَنْ أَسَآءَ فَعَلَيْهَا ۗ وَمَا رَبُّكَ بِظَلَّٰمٍۢ لِّلْعَبِيدِ
Дика Iамал йинарг - /иза/ цуна шена ю. Вониг динарг - /иза а/ цуна дуьхьал ду. Хьан Кхиош-кхобург ма вац /кIеззиг/ зулам дийр долуш лешна.