9:93۞ إِنَّمَا ٱلسَّبِيلُ عَلَى ٱلَّذِينَ يَسْتَـْٔذِنُونَكَ وَهُمْ أَغْنِيَآءُ ۚ رَضُوا۟ بِأَن يَكُونُوا۟ مَعَ ٱلْخَوَالِفِ وَطَبَعَ ٱللَّهُ عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ فَهُمْ لَا يَعْلَمُونَ
Некъ бу /бехк билла/ хьоьга пурба доьхучарна а шаьш хьалдолуш а болуш. Уьш реза хилла бухабисинчаьрца /зударшца/ хила‚ церан дегнех Дала мухIар тоьхна, – царна ца хаьа.
9:94يَعْتَذِرُونَ إِلَيْكُمْ إِذَا رَجَعْتُمْ إِلَيْهِمْ ۚ قُل لَّا تَعْتَذِرُوا۟ لَن نُّؤْمِنَ لَكُمْ قَدْ نَبَّأَنَا ٱللَّهُ مِنْ أَخْبَارِكُمْ ۚ وَسَيَرَى ٱللَّهُ عَمَلَكُمْ وَرَسُولُهُۥ ثُمَّ تُرَدُّونَ إِلَىٰ عَٰلِمِ ٱلْغَيْبِ وَٱلشَّهَٰدَةِ فَيُنَبِّئُكُم بِمَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ
Шуьга бехказлонаш йо цара шу царна тIе духадирзича. Ахьа ала: "Бехказлонаш ма е! Тешшане а шух тешар дац тхо. Дала дийцина тхуна шун хабарех. Гур ю Далла а‚ Цуьнан элчанна а шун Iамал‚ тIаккха шу духадерзор ду къайлахь дерг а‚ гучахь дерг а хууш волчунна /Далла/ тIе – Цо дуьйцур ду шуьга аша деш хилларг".
9:95سَيَحْلِفُونَ بِٱللَّهِ لَكُمْ إِذَا ٱنقَلَبْتُمْ إِلَيْهِمْ لِتُعْرِضُوا۟ عَنْهُمْ ۖ فَأَعْرِضُوا۟ عَنْهُمْ ۖ إِنَّهُمْ رِجْسٌۭ ۖ وَمَأْوَىٰهُمْ جَهَنَّمُ جَزَآءًۢ بِمَا كَانُوا۟ يَكْسِبُونَ
Шуна Делаца дуйнаш буур бу цара шу царна тIедирзича шу шайх духа- дахархьама. Духадовла царех! Баккъалла а, уьш рижс ю‚ церан чугIойла жоьжахати ю – бекхамна уьш деш хиллачунна (дуьхьал).
9:96يَحْلِفُونَ لَكُمْ لِتَرْضَوْا۟ عَنْهُمْ ۖ فَإِن تَرْضَوْا۟ عَنْهُمْ فَإِنَّ ٱللَّهَ لَا يَرْضَىٰ عَنِ ٱلْقَوْمِ ٱلْفَٰسِقِينَ
Дуйнаш боу шуна шу шайна реза хилийтархьама. Шу царна реза хилахь – Дела реза хир вац песакъ къомана.
9:97ٱلْأَعْرَابُ أَشَدُّ كُفْرًۭا وَنِفَاقًۭا وَأَجْدَرُ أَلَّا يَعْلَمُوا۟ حُدُودَ مَآ أَنزَلَ ٱللَّهُ عَلَىٰ رَسُولِهِۦ ۗ وَٱللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌۭ
Бевлла лела Iарбий керсталлица а‚ мунепикъаллица а мелхо а чIогIа бу (кхечарел)‚ Дала Шен элчане диссийна дозанаш ца хаарехь а сов бу. Дела хууш верг а‚ хьукаме верг а ву.
9:98وَمِنَ ٱلْأَعْرَابِ مَن يَتَّخِذُ مَا يُنفِقُ مَغْرَمًۭا وَيَتَرَبَّصُ بِكُمُ ٱلدَّوَآئِرَ ۚ عَلَيْهِمْ دَآئِرَةُ ٱلسَّوْءِ ۗ وَٱللَّهُ سَمِيعٌ عَلِيمٌۭ
Бевлла лелачу Iарбех бу шаьш сагIийна луш дерг гIуда лоруш берш‚ шуна баланаш хиларе хьоьжуш берш. Царна бу-кх вочун бала. Дела хезаш верг а, хууш верг а ву.
9:99وَمِنَ ٱلْأَعْرَابِ مَن يُؤْمِنُ بِٱللَّهِ وَٱلْيَوْمِ ٱلْءَاخِرِ وَيَتَّخِذُ مَا يُنفِقُ قُرُبَٰتٍ عِندَ ٱللَّهِ وَصَلَوَٰتِ ٱلرَّسُولِ ۚ أَلَآ إِنَّهَا قُرْبَةٌۭ لَّهُمْ ۚ سَيُدْخِلُهُمُ ٱللَّهُ فِى رَحْمَتِهِۦٓ ۗ إِنَّ ٱللَّهَ غَفُورٌۭ رَّحِيمٌۭ
Бевлла лелачу Iарбех бу шаьш Делах а‚ тIаьхьарчу дийнах а тешаш берш а, шаьш луш долу сагIа Далла гергахь гIурба а‚ элчанна /шайна/ доIа дан /некъ/ лоруш берш. Царна гIурба дац, ткъа, и?! Дала Шен къинхетамна чубухкур бу уьш. Баккъалла а, Дела гечдеш верг а‚ къинхетам берг а ву.
9:100وَٱلسَّٰبِقُونَ ٱلْأَوَّلُونَ مِنَ ٱلْمُهَٰجِرِينَ وَٱلْأَنصَارِ وَٱلَّذِينَ ٱتَّبَعُوهُم بِإِحْسَٰنٍۢ رَّضِىَ ٱللَّهُ عَنْهُمْ وَرَضُوا۟ عَنْهُ وَأَعَدَّ لَهُمْ جَنَّٰتٍۢ تَجْرِى تَحْتَهَا ٱلْأَنْهَٰرُ خَٰلِدِينَ فِيهَآ أَبَدًۭا ۚ ذَٰلِكَ ٱلْفَوْزُ ٱلْعَظِيمُ
ДIакхелхинчарех а‚ (царна) гIо лаьцначарех а дуьххьара (ислам дин оьцуш) хьалха хилларш‚ дикачуьнца царна тIаьхьа хIиттинарш – Дела реза хилла царна. Уьш а реза хилла Цунна. Цо царна бошмаш кечйина бухахула татолаш оьхуш йолу. Уьш цу чохь гуттар лаьттар бу. И сийлахь- боккха толам бу!
9:101وَمِمَّنْ حَوْلَكُم مِّنَ ٱلْأَعْرَابِ مُنَٰفِقُونَ ۖ وَمِنْ أَهْلِ ٱلْمَدِينَةِ ۖ مَرَدُوا۟ عَلَى ٱلنِّفَاقِ لَا تَعْلَمُهُمْ ۖ نَحْنُ نَعْلَمُهُمْ ۚ سَنُعَذِّبُهُم مَّرَّتَيْنِ ثُمَّ يُرَدُّونَ إِلَىٰ عَذَابٍ عَظِيمٍۢ
Шуна гонах болчу бевлла лелачу Iарбех мунепикъаш бу‚ Мадинатан бахархойх а бу уьш (мунепикъаш)‚ мунепикъаллин чу кIорга бахана уьш‚ хьуна ца бевза уьш‚ Тхуна бевза уьш. Оха шозза Iазап дийр ду царна‚ тIаккха доккхачу Iазапе берзор бу.
9:102وَءَاخَرُونَ ٱعْتَرَفُوا۟ بِذُنُوبِهِمْ خَلَطُوا۟ عَمَلًۭا صَٰلِحًۭا وَءَاخَرَ سَيِّئًا عَسَى ٱللَّهُ أَن يَتُوبَ عَلَيْهِمْ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ غَفُورٌۭ رَّحِيمٌ
Кхиберш къера хилира шайн къиношна‚ цара эйира дика Iамал кхечу вочуьнца‚ Дала гечдан мега царна. Баккъалла а, Дела ву гечдийриг а‚ къинхетам берг а.
9:103خُذْ مِنْ أَمْوَٰلِهِمْ صَدَقَةًۭ تُطَهِّرُهُمْ وَتُزَكِّيهِم بِهَا وَصَلِّ عَلَيْهِمْ ۖ إِنَّ صَلَوٰتَكَ سَكَنٌۭ لَّهُمْ ۗ وَٱللَّهُ سَمِيعٌ عَلِيمٌ
Церан бахамах сагIа эца – цуьнца догIмаш а‚ синош а цIандийр ду ахьа церан‚ /Деле/ доIа а де царна‚ баккъалла а, хьан доIа царна паргIато ю. И Дела хезаш верг а‚ хууш верг а ву.
9:104أَلَمْ يَعْلَمُوٓا۟ أَنَّ ٱللَّهَ هُوَ يَقْبَلُ ٱلتَّوْبَةَ عَنْ عِبَادِهِۦ وَيَأْخُذُ ٱلصَّدَقَٰتِ وَأَنَّ ٱللَّهَ هُوَ ٱلتَّوَّابُ ٱلرَّحِيمُ
Царна ца хаьа-те Дала къабалдеш хилар Шен лешкара тоба а‚ сагIа оьцуш хилар а‚ и Дела ша тоба къобалдеш верг а‚ къинхетам беш верг а вуйла?
9:105وَقُلِ ٱعْمَلُوا۟ فَسَيَرَى ٱللَّهُ عَمَلَكُمْ وَرَسُولُهُۥ وَٱلْمُؤْمِنُونَ ۖ وَسَتُرَدُّونَ إِلَىٰ عَٰلِمِ ٱلْغَيْبِ وَٱلشَّهَٰدَةِ فَيُنَبِّئُكُم بِمَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ
Ахьа ала: "Iамал е! Далла а‚ Цуьнан элчанна а‚ муъма нахана тIаьхьа гур ю шун Iамал‚ тIаьхьа дерзор ду шу хьуламехь дерг а‚ гучохь дерг а хууш волчунна тIе – (Далла тIе). ТIаккха Цо шуьга дуьйцур ду аша деш хилларг".
9:106وَءَاخَرُونَ مُرْجَوْنَ لِأَمْرِ ٱللَّهِ إِمَّا يُعَذِّبُهُمْ وَإِمَّا يَتُوبُ عَلَيْهِمْ ۗ وَٱللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌۭ
Цхьа кхиберш Делан гIуллакхе догдохуьйтуш хир бу: я Iазап дийр ду Цо царна‚ я церан тоба къобалдийр ду Цо. И Дела хууш верг а‚ хьукаме верг а ву.
9:107وَٱلَّذِينَ ٱتَّخَذُوا۟ مَسْجِدًۭا ضِرَارًۭا وَكُفْرًۭا وَتَفْرِيقًۢا بَيْنَ ٱلْمُؤْمِنِينَ وَإِرْصَادًۭا لِّمَنْ حَارَبَ ٱللَّهَ وَرَسُولَهُۥ مِن قَبْلُ ۚ وَلَيَحْلِفُنَّ إِنْ أَرَدْنَآ إِلَّا ٱلْحُسْنَىٰ ۖ وَٱللَّهُ يَشْهَدُ إِنَّهُمْ لَكَٰذِبُونَ
Цхьа кхин берш бу шаьш зуламна а‚ керсталлина а‚ муъма нахана юккъехь барт эгIорна а‚ хьалха Делаца а‚ Цуьнан элчанца а тIом беш хиллачарна кечамна а маьждиг дина берш – баъанне а дуйнаш буур бу цара шайна диканиг бен лууш ма дацара хьуна‚ бохуш. Дала тешалла до: "Баккъалла а, уьш бу харцлуьйш"‚- аьлла.
9:108لَا تَقُمْ فِيهِ أَبَدًۭا ۚ لَّمَسْجِدٌ أُسِّسَ عَلَى ٱلتَّقْوَىٰ مِنْ أَوَّلِ يَوْمٍ أَحَقُّ أَن تَقُومَ فِيهِ ۚ فِيهِ رِجَالٌۭ يُحِبُّونَ أَن يَتَطَهَّرُوا۟ ۚ وَٱللَّهُ يُحِبُّ ٱلْمُطَّهِّرِينَ
Хьо ма хIотталахь цу чохь цкъа а. Дуьххьарлерачу дийнахь дуьйна (Делах) кхерарна тIехь хIоттийна долу маьждиг мелхо а хьакъ ду хьо шена чохь хIотта – цу чохь бу шаьш цIанбала лууш болу божарий. Далла беза шаьш цIанлуш берш.
9:109أَفَمَنْ أَسَّسَ بُنْيَٰنَهُۥ عَلَىٰ تَقْوَىٰ مِنَ ٱللَّهِ وَرِضْوَٰنٍ خَيْرٌ أَم مَّنْ أَسَّسَ بُنْيَٰنَهُۥ عَلَىٰ شَفَا جُرُفٍ هَارٍۢ فَٱنْهَارَ بِهِۦ فِى نَارِ جَهَنَّمَ ۗ وَٱللَّهُ لَا يَهْدِى ٱلْقَوْمَ ٱلظَّٰلِمِينَ
Шен гIирс Делера кхерарна а‚ резаллина а тIехь хIоттийнарг ву дика‚ я шен гIирс йоьхна‚ охьаоьгуш йолчу (бердан) йистехь хIоттийнарг ву‚ цо шеца жоьжахатин цIерга вожийна волу? Дала ца нисдо-кх зуламе долу къам.
9:110لَا يَزَالُ بُنْيَٰنُهُمُ ٱلَّذِى بَنَوْا۟ رِيبَةًۭ فِى قُلُوبِهِمْ إِلَّآ أَن تَقَطَّعَ قُلُوبُهُمْ ۗ وَٱللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ
Ца соцу церан гIирс‚ цара шаьш бина болу‚ церан дегнашкахь шеко хилла а бен‚ церан дегнаш кийсигаш хилла теда даллалц. Дела хууш верг а‚ хьукаме верг а ву.
9:111۞ إِنَّ ٱللَّهَ ٱشْتَرَىٰ مِنَ ٱلْمُؤْمِنِينَ أَنفُسَهُمْ وَأَمْوَٰلَهُم بِأَنَّ لَهُمُ ٱلْجَنَّةَ ۚ يُقَٰتِلُونَ فِى سَبِيلِ ٱللَّهِ فَيَقْتُلُونَ وَيُقْتَلُونَ ۖ وَعْدًا عَلَيْهِ حَقًّۭا فِى ٱلتَّوْرَىٰةِ وَٱلْإِنجِيلِ وَٱلْقُرْءَانِ ۚ وَمَنْ أَوْفَىٰ بِعَهْدِهِۦ مِنَ ٱللَّهِ ۚ فَٱسْتَبْشِرُوا۟ بِبَيْعِكُمُ ٱلَّذِى بَايَعْتُم بِهِۦ ۚ وَذَٰلِكَ هُوَ ٱلْفَوْزُ ٱلْعَظِيمُ
Баккъалла а, Дала эцна муъма нахера церан синош а‚ церан бахам а царна ялсамани яларца. Уьш Делан новкъахь тIом беш бу‚ цара а бойу‚ уьш а бойу. И цуьнан (Далла) тIехь ваIда ю‚ хьакъ-бакъ хилла йолу Товратан чохь а‚ Инжилан чохь а‚ КъурIан чохь а. Мила ву шен ваIда Делал дика кхочушъеш верг? Шу даккхийде шайн йохка-эцарца‚ аша Цуьнца кхочушйина йолчу /ваIдица/. Иза – сийлахь-боккха толам бу-кх!
9:112ٱلتَّٰٓئِبُونَ ٱلْعَٰبِدُونَ ٱلْحَٰمِدُونَ ٱلسَّٰٓئِحُونَ ٱلرَّٰكِعُونَ ٱلسَّٰجِدُونَ ٱلْءَامِرُونَ بِٱلْمَعْرُوفِ وَٱلنَّاهُونَ عَنِ ٱلْمُنكَرِ وَٱلْحَٰفِظُونَ لِحُدُودِ ٱللَّهِ ۗ وَبَشِّرِ ٱلْمُؤْمِنِينَ
Тоба деш берш‚ Iибадат деш берш‚ (Далла) хастам беш берш‚ къахьоьгуш берш‚ рукIе-суждане гIош берш‚ дикачуьнца омра деш‚ вочух (нах) бухатухуш берш‚ Делан дозанаш Iалашдеш берш (уьш бакхийбуьйр бу), – кхаъ баккха муъма нахана.
9:113مَا كَانَ لِلنَّبِىِّ وَٱلَّذِينَ ءَامَنُوٓا۟ أَن يَسْتَغْفِرُوا۟ لِلْمُشْرِكِينَ وَلَوْ كَانُوٓا۟ أُو۟لِى قُرْبَىٰ مِنۢ بَعْدِ مَا تَبَيَّنَ لَهُمْ أَنَّهُمْ أَصْحَٰبُ ٱلْجَحِيمِ
Ца оьшу пайхамаро а‚ иман диллинчара а мушрикунашна гечдар дехар‚ уьш шайн гергара хиллехь а‚ шайна уьш жоьжахатин дай хилар билгалдаьллачул тIаьхьа.
9:114وَمَا كَانَ ٱسْتِغْفَارُ إِبْرَٰهِيمَ لِأَبِيهِ إِلَّا عَن مَّوْعِدَةٍۢ وَعَدَهَآ إِيَّاهُ فَلَمَّا تَبَيَّنَ لَهُۥٓ أَنَّهُۥ عَدُوٌّۭ لِّلَّهِ تَبَرَّأَ مِنْهُ ۚ إِنَّ إِبْرَٰهِيمَ لَأَوَّٰهٌ حَلِيمٌۭ
ИбрахIиман шен дена гечдар дехар ца хилла еккъа цо цуьнца йина ваIдина дуьхьа а бен. Шена и Делан мостагI хилар билгалдаьлча цIанвелира и цунах. Баккъалла а, ИбрахIим ма ву хьасталуш верг а‚ дуккха собаре верг а.
9:115وَمَا كَانَ ٱللَّهُ لِيُضِلَّ قَوْمًۢا بَعْدَ إِذْ هَدَىٰهُمْ حَتَّىٰ يُبَيِّنَ لَهُم مَّا يَتَّقُونَ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ بِكُلِّ شَىْءٍ عَلِيمٌ
Ца хилла Дела къам тилош, Цо Ша нисдинчул тIаьхьа уьш Шех ларбала дезарг царна билгалдаккхалц. Баккъалла а, Дела массо хIума хууш верг ву.
9:116إِنَّ ٱللَّهَ لَهُۥ مُلْكُ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ ۖ يُحْىِۦ وَيُمِيتُ ۚ وَمَا لَكُم مِّن دُونِ ٱللَّهِ مِن وَلِىٍّۢ وَلَا نَصِيرٍۢ
Баккъалла а, Дела стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла Шегахь долуш ву‚ дендолуьйтуш а ву И‚ долуьйтуш а ву – И воцург верас а вац шуна‚ гIоьнча а вац.
9:117لَّقَد تَّابَ ٱللَّهُ عَلَى ٱلنَّبِىِّ وَٱلْمُهَٰجِرِينَ وَٱلْأَنصَارِ ٱلَّذِينَ ٱتَّبَعُوهُ فِى سَاعَةِ ٱلْعُسْرَةِ مِنۢ بَعْدِ مَا كَادَ يَزِيغُ قُلُوبُ فَرِيقٍۢ مِّنْهُمْ ثُمَّ تَابَ عَلَيْهِمْ ۚ إِنَّهُۥ بِهِمْ رَءُوفٌۭ رَّحِيمٌۭ
Дала тоба къобалдира пайхамаран а‚ дIакхелхинчеран а‚ ансарийн а‚ халачу сохьтехь цунна тIаьхьахIиттина хилла болчу‚ царех цхьана тобанан дегнаш дIатиладеллачул тIаьхьа‚ тIаккха Цо тоба къобал- дира церан‚ баккъалла а, И царех дог лозуш а‚ къинхетам болуш а ву.
9:118وَعَلَى ٱلثَّلَٰثَةِ ٱلَّذِينَ خُلِّفُوا۟ حَتَّىٰٓ إِذَا ضَاقَتْ عَلَيْهِمُ ٱلْأَرْضُ بِمَا رَحُبَتْ وَضَاقَتْ عَلَيْهِمْ أَنفُسُهُمْ وَظَنُّوٓا۟ أَن لَّا مَلْجَأَ مِنَ ٱللَّهِ إِلَّآ إِلَيْهِ ثُمَّ تَابَ عَلَيْهِمْ لِيَتُوبُوٓا۟ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ هُوَ ٱلتَّوَّابُ ٱلرَّحِيمُ
Кхааннен а /тоба къабалдира Дала/‚ шаьш бухабисийтина хилла болчу‚ (уьш дукха пошме хилира) шайна латта готта даллалц‚ ша шортта хилла долу‚ шайн синош а царна гаттаделира‚ царна хиира Делах довдийла доцийла, Цунна Шена тIе а бен‚ тIаккха царна тIевирзира Иза (церан тоба къабал деш), цаьрга (нахе) тоба дайтархьама. Баккъалла а, Дела тоба къабалдийриг а‚ къихетаме верг а ву.
9:119يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ ٱتَّقُوا۟ ٱللَّهَ وَكُونُوا۟ مَعَ ٱلصَّٰدِقِينَ
ХIай иман диллинарш! Делах кхералаш‚ бакълуьйчаьрца хилалаш.
9:120مَا كَانَ لِأَهْلِ ٱلْمَدِينَةِ وَمَنْ حَوْلَهُم مِّنَ ٱلْأَعْرَابِ أَن يَتَخَلَّفُوا۟ عَن رَّسُولِ ٱللَّهِ وَلَا يَرْغَبُوا۟ بِأَنفُسِهِمْ عَن نَّفْسِهِۦ ۚ ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ لَا يُصِيبُهُمْ ظَمَأٌۭ وَلَا نَصَبٌۭ وَلَا مَخْمَصَةٌۭ فِى سَبِيلِ ٱللَّهِ وَلَا يَطَـُٔونَ مَوْطِئًۭا يَغِيظُ ٱلْكُفَّارَ وَلَا يَنَالُونَ مِنْ عَدُوٍّۢ نَّيْلًا إِلَّا كُتِبَ لَهُم بِهِۦ عَمَلٌۭ صَٰلِحٌ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ لَا يُضِيعُ أَجْرَ ٱلْمُحْسِنِينَ
Ца безара Мадинатан бахархой а‚ цунна гонахара бевлла лелаш хиллачу Iаьрбех берш а Делан элчанах бухабисина‚ и (пайхамар) витина шайн синош деза а. Иза ду – царех ца хьакхаялийта Делан новкъахь хьогалла а‚ хало а‚ мацалла а‚ уьш ца биссийта керстанашна кхерам тосучу меттиге‚ уьш ца кхиийта мостагIчуьнгара цхьанне кхиаме, цуьнца шайна дика Iамал язъеш бен. Баккъалла а, Дала ца эшайо дикачийн ял.
9:121وَلَا يُنفِقُونَ نَفَقَةًۭ صَغِيرَةًۭ وَلَا كَبِيرَةًۭ وَلَا يَقْطَعُونَ وَادِيًا إِلَّا كُتِبَ لَهُمْ لِيَجْزِيَهُمُ ٱللَّهُ أَحْسَنَ مَا كَانُوا۟ يَعْمَلُونَ
Жима а‚ йокха а харж йир ма яц цара‚ цхьа а тогIий хадор ма яц цара (некъ беш)‚ и шайна яздина долуш бен‚ Дала царна бекхам балархьама цара деш хиллачух хазачуьнца.
9:122۞ وَمَا كَانَ ٱلْمُؤْمِنُونَ لِيَنفِرُوا۟ كَآفَّةًۭ ۚ فَلَوْلَا نَفَرَ مِن كُلِّ فِرْقَةٍۢ مِّنْهُمْ طَآئِفَةٌۭ لِّيَتَفَقَّهُوا۟ فِى ٱلدِّينِ وَلِيُنذِرُوا۟ قَوْمَهُمْ إِذَا رَجَعُوٓا۟ إِلَيْهِمْ لَعَلَّهُمْ يَحْذَرُونَ
Ца оьшу муъма нахана массо а (гIазотана) гIатта. Царех хIора тайпанах цхьа тоба гIаьттича (тоьар ду)‚ (бисинчара) динехь гIуллакхаш къастор ду‚ нахана уьш шайна тIе бухабирзича хьехам а бийр бу, – уьш (вочух) ларбала (Iама) мегара.
9:123يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ قَٰتِلُوا۟ ٱلَّذِينَ يَلُونَكُم مِّنَ ٱلْكُفَّارِ وَلْيَجِدُوا۟ فِيكُمْ غِلْظَةًۭ ۚ وَٱعْلَمُوٓا۟ أَنَّ ٱللَّهَ مَعَ ٱلْمُتَّقِينَ
ХIай иман диллинарш! ТIом бе керстанех шайна гергахь болчаьрца‚ шуьгахь луьралла карайойла царна‚ шуна хаалаш‚ Дела /Шех/ кхоьруш болчаьрца вуйла.
9:124وَإِذَا مَآ أُنزِلَتْ سُورَةٌۭ فَمِنْهُم مَّن يَقُولُ أَيُّكُمْ زَادَتْهُ هَٰذِهِۦٓ إِيمَٰنًۭا ۚ فَأَمَّا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ فَزَادَتْهُمْ إِيمَٰنًۭا وَهُمْ يَسْتَبْشِرُونَ
Царех бу сурат доьссича олурш: "Шух мила соввоккху хIокхо иманца?" Иман диллинарш – уьш совбоху цо иманца‚ уьш баккхийбоь.
9:125وَأَمَّا ٱلَّذِينَ فِى قُلُوبِهِم مَّرَضٌۭ فَزَادَتْهُمْ رِجْسًا إِلَىٰ رِجْسِهِمْ وَمَاتُوا۟ وَهُمْ كَٰفِرُونَ
Шайн дегнашкахь цамгар ерш – уьш совбоху боьха леларна тIе а боьха леларца‚ уьш белла шаьш керстанаш болуш.
9:126أَوَلَا يَرَوْنَ أَنَّهُمْ يُفْتَنُونَ فِى كُلِّ عَامٍۢ مَّرَّةً أَوْ مَرَّتَيْنِ ثُمَّ لَا يَتُوبُونَ وَلَا هُمْ يَذَّكَّرُونَ
Царна ца го-техьа шаьш хIора шарахь цкъа я шозза питане лоцуш хилар? ТIаккха а тоба ца до цара‚ ойла а ца йо цара.
9:127وَإِذَا مَآ أُنزِلَتْ سُورَةٌۭ نَّظَرَ بَعْضُهُمْ إِلَىٰ بَعْضٍ هَلْ يَرَىٰكُم مِّنْ أَحَدٍۢ ثُمَّ ٱنصَرَفُوا۟ ۚ صَرَفَ ٱللَّهُ قُلُوبَهُم بِأَنَّهُمْ قَوْمٌۭ لَّا يَفْقَهُونَ
Суратах хIума доьссича цхьаберш вовшашка хьовсу уьш‚ цхьаннена шу гуш дуй-те бохуш‚ тIаккха дIабоьлху /и ца хазархьама/. Дала церан дегнаш дIадерзийна /серлонах/, уьш ца кхеташ къам долу дела.
9:128لَقَدْ جَآءَكُمْ رَسُولٌۭ مِّنْ أَنفُسِكُمْ عَزِيزٌ عَلَيْهِ مَا عَنِتُّمْ حَرِيصٌ عَلَيْكُم بِٱلْمُؤْمِنِينَ رَءُوفٌۭ رَّحِيمٌۭ
Шуьга веъна элча‚ шух шайх а волуш‚ шуна хала хилларг шена дазлуш‚ шух чIогIа гIайгIа еш волуш‚ муъма нахах дог лозуш а‚ къинхетаме а волуш.
9:129فَإِن تَوَلَّوْا۟ فَقُلْ حَسْبِىَ ٱللَّهُ لَآ إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۖ عَلَيْهِ تَوَكَّلْتُ ۖ وَهُوَ رَبُّ ٱلْعَرْشِ ٱلْعَظِيمِ
Уьш дIаберзахь‚ ахьа ала: "Кхачо ю сан Дела‚ кхин дела вац И бен‚ Цунна тIетевжина со. И ву сийлахь-йоккхачу Iаршан Да".
10:1الٓر ۚ تِلْكَ ءَايَٰتُ ٱلْكِتَٰبِ ٱلْحَكِيمِ
Алиф-ла-м-ра. Хьукаме долчу жайнан аяташ ду хIорш.
10:2أَكَانَ لِلنَّاسِ عَجَبًا أَنْ أَوْحَيْنَآ إِلَىٰ رَجُلٍۢ مِّنْهُمْ أَنْ أَنذِرِ ٱلنَّاسَ وَبَشِّرِ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوٓا۟ أَنَّ لَهُمْ قَدَمَ صِدْقٍ عِندَ رَبِّهِمْ ۗ قَالَ ٱلْكَٰفِرُونَ إِنَّ هَٰذَا لَسَٰحِرٌۭ مُّبِينٌ
Тамашийна хилла-те нахана, Оха царех цхьана стаге Тхан вехьи доссор‚ нахана кхерам а таса‚ иман диллиначарна кхаъ а баккха царна шайн Кхиош-кхобучун гергахь тешаме бух бу‚ алий? Керстанаша ма элира: "Баккъалла а, хIара билггала бозбуанча ма ву".
10:3إِنَّ رَبَّكُمُ ٱللَّهُ ٱلَّذِى خَلَقَ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضَ فِى سِتَّةِ أَيَّامٍۢ ثُمَّ ٱسْتَوَىٰ عَلَى ٱلْعَرْشِ ۖ يُدَبِّرُ ٱلْأَمْرَ ۖ مَا مِن شَفِيعٍ إِلَّا مِنۢ بَعْدِ إِذْنِهِۦ ۚ ذَٰلِكُمُ ٱللَّهُ رَبُّكُمْ فَٱعْبُدُوهُ ۚ أَفَلَا تَذَكَّرُونَ
Баккъалла а, шу Кхиош-кхобург Дела ву‚ Ша стигланаш а‚ латта а кхоьллина волу ялх дийнахь‚ тIаккха дIанисвелира И Iарша тIехь. ГIуллакх дIахьо Цо. Цо пурба деллачул тIаьхьа а бен цхьа а гIодаккхархо ма вац. И ву шун Дела‚ шун Кхиош-кхобург‚ Цунна Iибадат де. Аша ойла ца йо?
10:4إِلَيْهِ مَرْجِعُكُمْ جَمِيعًۭا ۖ وَعْدَ ٱللَّهِ حَقًّا ۚ إِنَّهُۥ يَبْدَؤُا۟ ٱلْخَلْقَ ثُمَّ يُعِيدُهُۥ لِيَجْزِىَ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ بِٱلْقِسْطِ ۚ وَٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ لَهُمْ شَرَابٌۭ مِّنْ حَمِيمٍۢ وَعَذَابٌ أَلِيمٌۢ بِمَا كَانُوا۟ يَكْفُرُونَ
Шун массеран дIадерзар Цуьнга ду. Делан ваIда хьакъ-бакъ ю. Баккъалла а, Цо кхоллар доладо‚ тIаккха и карладоккху иман диллинчарна а‚ дика Iамалш йиначарна а нийсонца бекхам бархьама. Керстанаш-м – царна кхехкаш долу хих малар а ду‚ лазош долу Iазап а ду шаьш /дин/ керста деш хиларна.
10:5هُوَ ٱلَّذِى جَعَلَ ٱلشَّمْسَ ضِيَآءًۭ وَٱلْقَمَرَ نُورًۭا وَقَدَّرَهُۥ مَنَازِلَ لِتَعْلَمُوا۟ عَدَدَ ٱلسِّنِينَ وَٱلْحِسَابَ ۚ مَا خَلَقَ ٱللَّهُ ذَٰلِكَ إِلَّا بِٱلْحَقِّ ۚ يُفَصِّلُ ٱلْءَايَٰتِ لِقَوْمٍۢ يَعْلَمُونَ
И ву Ша малх бина серло хилла‚ бутт а бина нур хилла‚ цуьнан /беттан/ барам а хIоттийна – манзалаш‚ шуна шерийн терахь а‚ хьесап а хаийтархьама. Бакъонца а бен ца кхоьллина Дала и. Къастадо Цо аяташ хуучу къомана.
10:6إِنَّ فِى ٱخْتِلَٰفِ ٱلَّيْلِ وَٱلنَّهَارِ وَمَا خَلَقَ ٱللَّهُ فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ لَءَايَٰتٍۢ لِّقَوْمٍۢ يَتَّقُونَ
Баккъалла а, буьйса а‚ де а хийцарехь‚ стигланашкахь а‚ лаьттахь а Дала мел кхоьллинчохь делилаш ма ду /Делах/ кхоьручу къомана.
10:7إِنَّ ٱلَّذِينَ لَا يَرْجُونَ لِقَآءَنَا وَرَضُوا۟ بِٱلْحَيَوٰةِ ٱلدُّنْيَا وَٱطْمَأَنُّوا۟ بِهَا وَٱلَّذِينَ هُمْ عَنْ ءَايَٰتِنَا غَٰفِلُونَ
Баккъалла а, Тхоьца цхьаьнакхетарх дог ца дохуш берш а‚ шаьш гергачу дахарна /дуьненна/ реза хилла берш а‚ цуьнца са-паргIат бевлла берш а‚ Тхан аяташна гIовпал хилларш а‚–
10:8أُو۟لَٰٓئِكَ مَأْوَىٰهُمُ ٱلنَّارُ بِمَا كَانُوا۟ يَكْسِبُونَ
Уьш бу шайн чугIойла /жоьжахатин/ цIе ерш шаьш карош хиллачуьнца.
10:9إِنَّ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ يَهْدِيهِمْ رَبُّهُم بِإِيمَٰنِهِمْ ۖ تَجْرِى مِن تَحْتِهِمُ ٱلْأَنْهَٰرُ فِى جَنَّٰتِ ٱلنَّعِيمِ
Баккъалла а, иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а – шайн Дала уьш нисбийр бу шайн иманца, ниIматийн бошмашкахь церан бухахула татолаш оьхур ду.
10:10دَعْوَىٰهُمْ فِيهَا سُبْحَٰنَكَ ٱللَّهُمَّ وَتَحِيَّتُهُمْ فِيهَا سَلَٰمٌۭ ۚ وَءَاخِرُ دَعْوَىٰهُمْ أَنِ ٱلْحَمْدُ لِلَّهِ رَبِّ ٱلْعَٰلَمِينَ
Церан доIа цу чохь /ялсаманехь/: "Везан Дела‚ вонах цIена ву Хьо" хир ду‚ церан маршалла цигахь "Салам" хир ду. Церан тIаьххьара доIа хир ду: "Хастам бу Далла – Iаламийн Дена".
10:11۞ وَلَوْ يُعَجِّلُ ٱللَّهُ لِلنَّاسِ ٱلشَّرَّ ٱسْتِعْجَالَهُم بِٱلْخَيْرِ لَقُضِىَ إِلَيْهِمْ أَجَلُهُمْ ۖ فَنَذَرُ ٱلَّذِينَ لَا يَرْجُونَ لِقَآءَنَا فِى طُغْيَٰنِهِمْ يَعْمَهُونَ
Дала нахана вониг сихдинехьара дикане церан сихбаларца – шайн Iожалла царна тIекхаьчна хир яра. Оха буьту Тхан цхьаьнакхетаре дог ца дохуш берш шайн тилларчохь дIа-схьа уьдуш.
10:12وَإِذَا مَسَّ ٱلْإِنسَٰنَ ٱلضُّرُّ دَعَانَا لِجَنۢبِهِۦٓ أَوْ قَاعِدًا أَوْ قَآئِمًۭا فَلَمَّا كَشَفْنَا عَنْهُ ضُرَّهُۥ مَرَّ كَأَن لَّمْ يَدْعُنَآ إِلَىٰ ضُرٍّۢ مَّسَّهُۥ ۚ كَذَٰلِكَ زُيِّنَ لِلْمُسْرِفِينَ مَا كَانُوا۟ يَعْمَلُونَ
Адамо, ша зуламо схьалаьцча, Тхоьга кхойкху шен агIона тIехь‚ я охьахиъна, я хьалагIаьттина. Оха шегара зулам айдича – дIаволало (шен хьалахалерачу новкъа) ша схьалаьцна хиллачу зуламна ша Тхоьга ца кхайкхича санна. Иштта хаздина /Делан/ дозанех бовлучарна шаьш деш хилларг.
10:13وَلَقَدْ أَهْلَكْنَا ٱلْقُرُونَ مِن قَبْلِكُمْ لَمَّا ظَلَمُوا۟ ۙ وَجَآءَتْهُمْ رُسُلُهُم بِٱلْبَيِّنَٰتِ وَمَا كَانُوا۟ لِيُؤْمِنُوا۟ ۚ كَذَٰلِكَ نَجْزِى ٱلْقَوْمَ ٱلْمُجْرِمِينَ
ТIаьхьенаш хIаллакйина Оха шул хьалха цара зуламаш дича‚ шайн элчанаш баьхкира царна тIе билгалонашца‚ – уьш ца хилира иман дилла. Иштта бекхам бо Оха къинош дечу къомана.
10:14ثُمَّ جَعَلْنَٰكُمْ خَلَٰٓئِفَ فِى ٱلْأَرْضِ مِنۢ بَعْدِهِمْ لِنَنظُرَ كَيْفَ تَعْمَلُونَ
ТIаккха шу хилийтира Оха царел тIаьхьа лаьттахь тIаьхье, Тхо хьажархьама шу муха лела.
10:15وَإِذَا تُتْلَىٰ عَلَيْهِمْ ءَايَاتُنَا بَيِّنَٰتٍۢ ۙ قَالَ ٱلَّذِينَ لَا يَرْجُونَ لِقَآءَنَا ٱئْتِ بِقُرْءَانٍ غَيْرِ هَٰذَآ أَوْ بَدِّلْهُ ۚ قُلْ مَا يَكُونُ لِىٓ أَنْ أُبَدِّلَهُۥ مِن تِلْقَآئِ نَفْسِىٓ ۖ إِنْ أَتَّبِعُ إِلَّا مَا يُوحَىٰٓ إِلَىَّ ۖ إِنِّىٓ أَخَافُ إِنْ عَصَيْتُ رَبِّى عَذَابَ يَوْمٍ عَظِيمٍۢ
Тхан билгала аяташ шайна тIехь дешча‚ Тхан цхьаьнакхетаре дог ца дохучара элира: "ХIара доцург кхин дешар ло‚ я и хийца". Ахьа ала: "Сан и хуьйцийла дац сайггара‚ со деккъа сайга дуссуш долчу вехьина тIаьхьа возуш ву. Со кхоьру сан Кхиош-кхобучунна Iеса хила сийлахь-доккхачу /къемат/ дийнан Iазапах".
10:16قُل لَّوْ شَآءَ ٱللَّهُ مَا تَلَوْتُهُۥ عَلَيْكُمْ وَلَآ أَدْرَىٰكُم بِهِۦ ۖ فَقَدْ لَبِثْتُ فِيكُمْ عُمُرًۭا مِّن قَبْلِهِۦٓ ۚ أَفَلَا تَعْقِلُونَ
Ала: "Далла лиънехьара‚ аса шуна тIехь доьшур ма дацара и‚ Цо (Дала) шуна Iамор а ма дацара и‚ аса шуна юккъехь цул хьалха а цхьа оьмар ма ехьна. Аша ойла ца йо?
10:17فَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنِ ٱفْتَرَىٰ عَلَى ٱللَّهِ كَذِبًا أَوْ كَذَّبَ بِـَٔايَٰتِهِۦٓ ۚ إِنَّهُۥ لَا يُفْلِحُ ٱلْمُجْرِمُونَ
Мила ву-те зуламе ша Далла тIе харцдерг кхуллучул‚ я Цуьнан аяташ харцдечул? Баккъалла а, къинош деш берш баккхийбуьйр ма бац.
10:18وَيَعْبُدُونَ مِن دُونِ ٱللَّهِ مَا لَا يَضُرُّهُمْ وَلَا يَنفَعُهُمْ وَيَقُولُونَ هَٰٓؤُلَآءِ شُفَعَٰٓؤُنَا عِندَ ٱللَّهِ ۚ قُلْ أَتُنَبِّـُٔونَ ٱللَّهَ بِمَا لَا يَعْلَمُ فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَلَا فِى ٱلْأَرْضِ ۚ سُبْحَٰنَهُۥ وَتَعَٰلَىٰ عَمَّا يُشْرِكُونَ
Цара Iибадат до, Дела а вуьтий, шайна зен а‚ шайна пайда а цабечунна? Цара олу: "ХIорш бу тхан гIодаккхархой Далла гергахь". Ахьа ала: "Аша дуьйцу Деле Цунна Шена стигланашкахь а‚ лаьттахь а ца хуург?" Вонах цIена ву Иза‚ генаваьлла цара Шеца накъост лацарх.
10:19وَمَا كَانَ ٱلنَّاسُ إِلَّآ أُمَّةًۭ وَٰحِدَةًۭ فَٱخْتَلَفُوا۟ ۚ وَلَوْلَا كَلِمَةٌۭ سَبَقَتْ مِن رَّبِّكَ لَقُضِىَ بَيْنَهُمْ فِيمَا فِيهِ يَخْتَلِفُونَ
Ма ца хилла нах цхьа уммат бен, – тIаьхьа бекъабелира уьш. Хьан Кхиош-кхобучуьнгара дош хьалха ца даьллехьара, царна юккъехь кхиэл йина хир яра Цо церан шеца хилпало хиллачохь.
10:20وَيَقُولُونَ لَوْلَآ أُنزِلَ عَلَيْهِ ءَايَةٌۭ مِّن رَّبِّهِۦ ۖ فَقُلْ إِنَّمَا ٱلْغَيْبُ لِلَّهِ فَٱنتَظِرُوٓا۟ إِنِّى مَعَكُم مِّنَ ٱلْمُنتَظِرِينَ
Цара олу: "Шен Кхиош-кхобучуьнгара делил доьссинехьра цуьнга". Ахьа ала: "Къайлах дерг Делан ду‚ шу хьоьжуш Iе‚ баккъалла а, со а шуьца цхьаьна хьоьжучарех ву".
10:21وَإِذَآ أَذَقْنَا ٱلنَّاسَ رَحْمَةًۭ مِّنۢ بَعْدِ ضَرَّآءَ مَسَّتْهُمْ إِذَا لَهُم مَّكْرٌۭ فِىٓ ءَايَاتِنَا ۚ قُلِ ٱللَّهُ أَسْرَعُ مَكْرًا ۚ إِنَّ رُسُلَنَا يَكْتُبُونَ مَا تَمْكُرُونَ
Оха нахе къинхетамах чам баккхийтича, уьш зено схьалаьцначул тIаьхьа,- цара мекарло йо Тхан аяташкахь. Ахьа ала: "Дела мелхо а сиха ву мекарло ярца". Баккъалла а, Тхан элчанаша дIаязъеш ю аша еш йолу мекарло.
10:22هُوَ ٱلَّذِى يُسَيِّرُكُمْ فِى ٱلْبَرِّ وَٱلْبَحْرِ ۖ حَتَّىٰٓ إِذَا كُنتُمْ فِى ٱلْفُلْكِ وَجَرَيْنَ بِهِم بِرِيحٍۢ طَيِّبَةٍۢ وَفَرِحُوا۟ بِهَا جَآءَتْهَا رِيحٌ عَاصِفٌۭ وَجَآءَهُمُ ٱلْمَوْجُ مِن كُلِّ مَكَانٍۢ وَظَنُّوٓا۟ أَنَّهُمْ أُحِيطَ بِهِمْ ۙ دَعَوُا۟ ٱللَّهَ مُخْلِصِينَ لَهُ ٱلدِّينَ لَئِنْ أَنجَيْتَنَا مِنْ هَٰذِهِۦ لَنَكُونَنَّ مِنَ ٱلشَّٰكِرِينَ
И ву шу дIа-схьа лелош аренгахь а‚ хIорда тIехь а‚ шу кеманна чохь хуьлуш. И дIадоьду цаьрца хазачу мохаца‚ уьш баккхийбуьй цунах. ЧIогIа мох богIу цунна тIе‚ царна йогIу массо меттигера тулгIе‚ царна моттало цо шаьш юкъадохуьйту. Деле кхойкху цара, Цуьнан дин цIандеш берш а хуьлий: "Ахьа тхо хIокхунах хьалхадахахь‚ тхо баркалла олучарех хир ма ду"‚- бохуш.
10:23فَلَمَّآ أَنجَىٰهُمْ إِذَا هُمْ يَبْغُونَ فِى ٱلْأَرْضِ بِغَيْرِ ٱلْحَقِّ ۗ يَٰٓأَيُّهَا ٱلنَّاسُ إِنَّمَا بَغْيُكُمْ عَلَىٰٓ أَنفُسِكُم ۖ مَّتَٰعَ ٱلْحَيَوٰةِ ٱلدُّنْيَا ۖ ثُمَّ إِلَيْنَا مَرْجِعُكُمْ فَنُنَبِّئُكُم بِمَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ
Цо уьш хьалхабаьхначул тIаьхьа, цара лаьттахь боьханиг леладо цхьа а бакъо йоцуш. ХIай нах! Шун боьханиг шуна шайна ду шуна. Дуьненан дахаран /кIеззиг/ хIума ду иза. ТIаккха шун дIадерзар Тхоьга ду – Оха дуьйцур ду шуьга аша деш хилларг.
10:24إِنَّمَا مَثَلُ ٱلْحَيَوٰةِ ٱلدُّنْيَا كَمَآءٍ أَنزَلْنَٰهُ مِنَ ٱلسَّمَآءِ فَٱخْتَلَطَ بِهِۦ نَبَاتُ ٱلْأَرْضِ مِمَّا يَأْكُلُ ٱلنَّاسُ وَٱلْأَنْعَٰمُ حَتَّىٰٓ إِذَآ أَخَذَتِ ٱلْأَرْضُ زُخْرُفَهَا وَٱزَّيَّنَتْ وَظَنَّ أَهْلُهَآ أَنَّهُمْ قَٰدِرُونَ عَلَيْهَآ أَتَىٰهَآ أَمْرُنَا لَيْلًا أَوْ نَهَارًۭا فَجَعَلْنَٰهَا حَصِيدًۭا كَأَن لَّمْ تَغْنَ بِٱلْأَمْسِ ۚ كَذَٰلِكَ نُفَصِّلُ ٱلْءَايَٰتِ لِقَوْمٍۢ يَتَفَكَّرُونَ
Дуьненан дахаран масал Оха стиглара даийтинчу хих тера ду: цунах ийра лаьттан орамат, наха а‚ бежанаша а юучех. Лаьтто цуьнан заза эцча (и орамат хаза кхиича)‚ хаздича‚ цуьнан дайшна шаьш цунна тIехь ницкъ кхочуш ду (пайда эца)‚ аьлла хааделча, буьйсанна я дийнахь Тхан болх кхочу цунна тIе – Оха хилийти цунах /хьаькхна охьадиллина/ ялта (яраш) – селхана ца хилларг санна – иштта къастадо Оха аяташ ойла еш долчу къомана.
10:25وَٱللَّهُ يَدْعُوٓا۟ إِلَىٰ دَارِ ٱلسَّلَٰمِ وَيَهْدِى مَن يَشَآءُ إِلَىٰ صِرَٰطٍۢ مُّسْتَقِيمٍۢ
Дала кхойкху машаран цIа чу‚ нисво Шена луург нийсачу новкъа.
10:26۞ لِّلَّذِينَ أَحْسَنُوا۟ ٱلْحُسْنَىٰ وَزِيَادَةٌۭ ۖ وَلَا يَرْهَقُ وُجُوهَهُمْ قَتَرٌۭ وَلَا ذِلَّةٌ ۚ أُو۟لَٰٓئِكَ أَصْحَٰبُ ٱلْجَنَّةِ ۖ هُمْ فِيهَا خَٰلِدُونَ
Дика хиллачарна диканиг ду – /ялсамани/‚ кхин совдерг хир ду /Къематдийнахь/‚ церан яххьийх чан летар яц‚ сийсазалла а /летар яц/. Уьш – ялсаманийн дай бу‚ цу чохь шаьш гуттар а лаьтташ.
10:27وَٱلَّذِينَ كَسَبُوا۟ ٱلسَّيِّـَٔاتِ جَزَآءُ سَيِّئَةٍۭ بِمِثْلِهَا وَتَرْهَقُهُمْ ذِلَّةٌۭ ۖ مَّا لَهُم مِّنَ ٱللَّهِ مِنْ عَاصِمٍۢ ۖ كَأَنَّمَآ أُغْشِيَتْ وُجُوهُهُمْ قِطَعًۭا مِّنَ ٱلَّيْلِ مُظْلِمًا ۚ أُو۟لَٰٓئِكَ أَصْحَٰبُ ٱلنَّارِ ۖ هُمْ فِيهَا خَٰلِدُونَ
Вон дерг диначарна бекхам и санна вониг ду‚ сийсазалла летар ю царех. Ма вац царна Делера и духатуху верг. Шайн яххьаш боданечу буьйсанан кийсигашца хьулйиначарех тера бу уьш. Уьш цIеран дай бу‚ цу чохь гуттар а лаьтташ.
10:28وَيَوْمَ نَحْشُرُهُمْ جَمِيعًۭا ثُمَّ نَقُولُ لِلَّذِينَ أَشْرَكُوا۟ مَكَانَكُمْ أَنتُمْ وَشُرَكَآؤُكُمْ ۚ فَزَيَّلْنَا بَيْنَهُمْ ۖ وَقَالَ شُرَكَآؤُهُم مَّا كُنتُمْ إِيَّانَا تَعْبُدُونَ
Оцу /къемат/ дийнахь Оха уьш берриге а гулбийр бу‚ /Делаца/ накъост лаьцна хиллачаьрга эр ду: "ДIалаца шайн меттиг аша а‚ шун накъосташа а". Церан юкъ хадийра Оха. Церан накъосташа элира: "Шу ца хилла тхуна Iибадат деш‚
10:29فَكَفَىٰ بِٱللَّهِ شَهِيدًۢا بَيْنَنَا وَبَيْنَكُمْ إِن كُنَّا عَنْ عِبَادَتِكُمْ لَغَٰفِلِينَ
Дала кхачойира теш хила тхуна а‚ шуна а юккъехь: баккъалла а, тхо хилла аша тхуна Iибадат дарах гIапал".
10:30هُنَالِكَ تَبْلُوا۟ كُلُّ نَفْسٍۢ مَّآ أَسْلَفَتْ ۚ وَرُدُّوٓا۟ إِلَى ٱللَّهِ مَوْلَىٰهُمُ ٱلْحَقِّ ۖ وَضَلَّ عَنْهُم مَّا كَانُوا۟ يَفْتَرُونَ
Цигахь бала кхечира массо а синан ша хьалха дахийтинчуьнца. Уьш дIаберзира Деле‚ шайн хьакъ верас хилла волчу‚ царех дIатилира шаьш /харц/ кхуллуш хилларг.
10:31قُلْ مَن يَرْزُقُكُم مِّنَ ٱلسَّمَآءِ وَٱلْأَرْضِ أَمَّن يَمْلِكُ ٱلسَّمْعَ وَٱلْأَبْصَٰرَ وَمَن يُخْرِجُ ٱلْحَىَّ مِنَ ٱلْمَيِّتِ وَيُخْرِجُ ٱلْمَيِّتَ مِنَ ٱلْحَىِّ وَمَن يُدَبِّرُ ٱلْأَمْرَ ۚ فَسَيَقُولُونَ ٱللَّهُ ۚ فَقُلْ أَفَلَا تَتَّقُونَ
Ахьа алал: "Мила ву шуна рицкъа луш верг стиглара а‚ лаьттара а? Я мила ву доладеш хазарх а‚ бIаьрсих а‚ мила ву дийна верг веллачух схьавоккхуш‚ велларг дийначух схьавоккхуш‚ мила ву дIахьош гIуллакхаш?" Цара эр ду хьуна: "Дела ву-кх". ТIаккха ахьа ала: "Шу ца кхоьру /Цунах/?"
10:32فَذَٰلِكُمُ ٱللَّهُ رَبُّكُمُ ٱلْحَقُّ ۖ فَمَاذَا بَعْدَ ٱلْحَقِّ إِلَّا ٱلضَّلَٰلُ ۖ فَأَنَّىٰ تُصْرَفُونَ
И ву Дела – шун хьакъ-бакъ волу Эла. ХIун ду, ткъа, бакъдолчул тIаьхьа тилар бен? ТIаккха а ма дIадерзина шу!
10:33كَذَٰلِكَ حَقَّتْ كَلِمَتُ رَبِّكَ عَلَى ٱلَّذِينَ فَسَقُوٓا۟ أَنَّهُمْ لَا يُؤْمِنُونَ
Иштта бакъ хилира хьан Кхиош-кхобучун дош песакъ нахана тIехь: уьш тешар бац.
10:34قُلْ هَلْ مِن شُرَكَآئِكُم مَّن يَبْدَؤُا۟ ٱلْخَلْقَ ثُمَّ يُعِيدُهُۥ ۚ قُلِ ٱللَّهُ يَبْدَؤُا۟ ٱلْخَلْقَ ثُمَّ يُعِيدُهُۥ ۖ فَأَنَّىٰ تُؤْفَكُونَ
Ахьа ала: "Шун накъостех вуй ша кхоллар долош верг‚ тIаккха и карладоккхуш верг?" Ала: "Дала доладо кхоллар‚ тIаккха и карладоккху. Ма Iехош ду-кх шу!"
10:35قُلْ هَلْ مِن شُرَكَآئِكُم مَّن يَهْدِىٓ إِلَى ٱلْحَقِّ ۚ قُلِ ٱللَّهُ يَهْدِى لِلْحَقِّ ۗ أَفَمَن يَهْدِىٓ إِلَى ٱلْحَقِّ أَحَقُّ أَن يُتَّبَعَ أَمَّن لَّا يَهِدِّىٓ إِلَّآ أَن يُهْدَىٰ ۖ فَمَا لَكُمْ كَيْفَ تَحْكُمُونَ
Алал: "Шун накъостех вуй ша бакъдолчунна тIе нисбеш верг?" Ала: "Дала нисбо бакъдолчунна тIе". Ткъа ша бакъдолчунна тIе нисбеш верг хьакъ вац шена тIаьхьахIотта‚ я ша нис ца беш верг ву ша нисвахь бен? Ткъа шуна хIун хилла? Аша муха хьукма до?!
10:36وَمَا يَتَّبِعُ أَكْثَرُهُمْ إِلَّا ظَنًّا ۚ إِنَّ ٱلظَّنَّ لَا يُغْنِى مِنَ ٱلْحَقِّ شَيْـًٔا ۚ إِنَّ ٱللَّهَ عَلِيمٌۢ بِمَا يَفْعَلُونَ
Царех дукхахберш моттарна а бен тIаьхьахIуттуш ма бац. Баккъалла а, моттаро бакъдолчух хIумма а кIелхьара ца доккху (баккъалла а, мотталуш дерг бакъдолчун дуьхьал хIумма пайдане ма дац). Баккъалла а, Дела хууш ву цара деш дерг.
10:37وَمَا كَانَ هَٰذَا ٱلْقُرْءَانُ أَن يُفْتَرَىٰ مِن دُونِ ٱللَّهِ وَلَٰكِن تَصْدِيقَ ٱلَّذِى بَيْنَ يَدَيْهِ وَتَفْصِيلَ ٱلْكِتَٰبِ لَا رَيْبَ فِيهِ مِن رَّبِّ ٱلْعَٰلَمِينَ
ХIара КъурIан ца хилла кхолладала Дела воцучуьнгара‚ делахь а нийса догIуш ду и шел хьалха хиллачуьнца‚ шен чохь шеко йоццуш Iаламийн Дегара жайнан билгалдаккхар а ду и.
10:38أَمْ يَقُولُونَ ٱفْتَرَىٰهُ ۖ قُلْ فَأْتُوا۟ بِسُورَةٍۢ مِّثْلِهِۦ وَٱدْعُوا۟ مَنِ ٱسْتَطَعْتُم مِّن دُونِ ٱللَّهِ إِن كُنتُمْ صَٰدِقِينَ
Я цара олу: "Цо /ша/ кхоьллина и /КъурIан/"? Аша даийтал цунах тера цхьа сурат‚ кхайкха Дела воцург шайна ницкъ кхочург‚ шаьш бакълуьйш хиллехь.
10:39بَلْ كَذَّبُوا۟ بِمَا لَمْ يُحِيطُوا۟ بِعِلْمِهِۦ وَلَمَّا يَأْتِهِمْ تَأْوِيلُهُۥ ۚ كَذَٰلِكَ كَذَّبَ ٱلَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ ۖ فَٱنظُرْ كَيْفَ كَانَ عَٰقِبَةُ ٱلظَّٰلِمِينَ
Делахь а харцдина цара шен /КъурIанан/ Iилманца шаьш тIе ца кхиънарг‚ шен таъвил а, хIинцале шайга ца кхаьчнарг. Иштта харцдира царел хьалха хиллачара а. Хьажал‚ муха хилла зуламхойн тIаьхье!
10:40وَمِنْهُم مَّن يُؤْمِنُ بِهِۦ وَمِنْهُم مَّن لَّا يُؤْمِنُ بِهِۦ ۚ وَرَبُّكَ أَعْلَمُ بِٱلْمُفْسِدِينَ
Царех цунах тешаш верг а ву‚ царех цунах цатешарш а бу. Хьан Кхиош-кхобург дика хууш ву хьуна боьха леларш.
10:41وَإِن كَذَّبُوكَ فَقُل لِّى عَمَلِى وَلَكُمْ عَمَلُكُمْ ۖ أَنتُم بَرِيٓـُٔونَ مِمَّآ أَعْمَلُ وَأَنَا۠ بَرِىٓءٌۭ مِّمَّا تَعْمَلُونَ
Хьо цара харцвахь‚ ахьа ала: "Суна сайн Iамал ю‚ шуна шайн Iамал ю. Шу цIена ду аса дечух‚ со цIена ву аша дечух".
10:42وَمِنْهُم مَّن يَسْتَمِعُونَ إِلَيْكَ ۚ أَفَأَنتَ تُسْمِعُ ٱلصُّمَّ وَلَوْ كَانُوا۟ لَا يَعْقِلُونَ
Царех хьоьга ладугIуш берш а бу. Ахьа хозуьйтур дара къорачунна, цуьнан тIе а кхетам боцуш уьш хилча?
10:43وَمِنْهُم مَّن يَنظُرُ إِلَيْكَ ۚ أَفَأَنتَ تَهْدِى ٱلْعُمْىَ وَلَوْ كَانُوا۟ لَا يُبْصِرُونَ
Царех хьоьга хьоьжуш верг а ву. Ахьа нисвийр вара бIаьрса доцург, цуьнан тIе а гур долуш уьш ца хилча?
10:44إِنَّ ٱللَّهَ لَا يَظْلِمُ ٱلنَّاسَ شَيْـًۭٔا وَلَٰكِنَّ ٱلنَّاسَ أَنفُسَهُمْ يَظْلِمُونَ
Баккъалла а, Дала зулам ца до нахана цхьана а хIуманца‚ делахь а наха шаьш до шайна зулам.
10:45وَيَوْمَ يَحْشُرُهُمْ كَأَن لَّمْ يَلْبَثُوٓا۟ إِلَّا سَاعَةًۭ مِّنَ ٱلنَّهَارِ يَتَعَارَفُونَ بَيْنَهُمْ ۚ قَدْ خَسِرَ ٱلَّذِينَ كَذَّبُوا۟ بِلِقَآءِ ٱللَّهِ وَمَا كَانُوا۟ مُهْتَدِينَ
Цхьана /къемат/ дийнахь Цо уьш гулбийр бу‚ уьш дийнан цхьана сохьтехь а бен ца лаьттинарш санна‚ вовшашна бевзар бу уьш – тIаккха ийшира Делаца цхьаьнакхетар харцдинарш‚ ца хилира уьш нисбелла.
10:46وَإِمَّا نُرِيَنَّكَ بَعْضَ ٱلَّذِى نَعِدُهُمْ أَوْ نَتَوَفَّيَنَّكَ فَإِلَيْنَا مَرْجِعُهُمْ ثُمَّ ٱللَّهُ شَهِيدٌ عَلَىٰ مَا يَفْعَلُونَ
Я Оха гайттане а гойтур ду хьуна Тхаьш царна ваIда йина хиллачех цхьадерг /Iазап/‚ я Оха валлане а волуьйтур ву хьо /царна Iазап дале/. Тхоьга ду церан дIадерзар – тIаккха Дела теш ма ву цара деш долчунна.
10:47وَلِكُلِّ أُمَّةٍۢ رَّسُولٌۭ ۖ فَإِذَا جَآءَ رَسُولُهُمْ قُضِىَ بَيْنَهُم بِٱلْقِسْطِ وَهُمْ لَا يُظْلَمُونَ
ХIора умматан элча ву. Шайн элча веъча кхиэл йийр ю царна юккъехь нийсонца‚ царна зулам дийр дац.
10:48وَيَقُولُونَ مَتَىٰ هَٰذَا ٱلْوَعْدُ إِن كُنتُمْ صَٰدِقِينَ
Цара олу: "Маца кхочушхир ю и ваIда, шу бакълуьйш хиллехь?"
10:49قُل لَّآ أَمْلِكُ لِنَفْسِى ضَرًّۭا وَلَا نَفْعًا إِلَّا مَا شَآءَ ٱللَّهُ ۗ لِكُلِّ أُمَّةٍ أَجَلٌ ۚ إِذَا جَآءَ أَجَلُهُمْ فَلَا يَسْتَـْٔخِرُونَ سَاعَةًۭ ۖ وَلَا يَسْتَقْدِمُونَ
Ахьа ала: "Аса дола ца до сайна зенна а‚ пайденна а Далла ма луъу бен. ХIора умматана тоьхна хан .ю‚ и шайн хан тIееъча – сахьт тIаьхьабуьсур а бац уьш‚ /сахьт/ хьалхабовлур а бац".
10:50قُلْ أَرَءَيْتُمْ إِنْ أَتَىٰكُمْ عَذَابُهُۥ بَيَٰتًا أَوْ نَهَارًۭا مَّاذَا يَسْتَعْجِلُ مِنْهُ ٱلْمُجْرِمُونَ
Ала: "Дийцал аша суна: Цуьнан Iазап шайга буьйсанна я дийнахь деъча‚ оцунах хIун сихдан луур дара къинош деш болчарна?
10:51أَثُمَّ إِذَا مَا وَقَعَ ءَامَنتُم بِهِۦٓ ۚ ءَآلْـَٰٔنَ وَقَدْ كُنتُم بِهِۦ تَسْتَعْجِلُونَ
ТIаккха иза хIоьттича тешар дара шу цунах? ХIинца а? Шу ма дарий и сихдала лууш /хьалха/."
10:52ثُمَّ قِيلَ لِلَّذِينَ ظَلَمُوا۟ ذُوقُوا۟ عَذَابَ ٱلْخُلْدِ هَلْ تُجْزَوْنَ إِلَّا بِمَا كُنتُمْ تَكْسِبُونَ
ТIаккха эр ду зулам диначаьрга: "Iовша шайна гуттаренан Iазап. Бекхам хир буй шуна, ткъа, аша карош хиллачуьнца а бен?"
10:53۞ وَيَسْتَنۢبِـُٔونَكَ أَحَقٌّ هُوَ ۖ قُلْ إِى وَرَبِّىٓ إِنَّهُۥ لَحَقٌّۭ ۖ وَمَآ أَنتُم بِمُعْجِزِينَ
Хьоьга доьху цара (цунах лаьцна) дийцар: "Баккъалла а, дуй и?" Ахьа ала: "ХIаъ‚ сан Кхиош-кхобучуьнца (дуй буу аса), баккъалла а, ду-кх! Аша дохор дац иза".
10:54وَلَوْ أَنَّ لِكُلِّ نَفْسٍۢ ظَلَمَتْ مَا فِى ٱلْأَرْضِ لَٱفْتَدَتْ بِهِۦ ۗ وَأَسَرُّوا۟ ٱلنَّدَامَةَ لَمَّا رَأَوُا۟ ٱلْعَذَابَ ۖ وَقُضِىَ بَيْنَهُم بِٱلْقِسْطِ ۚ وَهُمْ لَا يُظْلَمُونَ
ХIора зулам динчу синан лаьттахь мел дерг хилча а – и дIалур дара цара‚ хьулдийр дара дохкодовлар шайна Iазап гича. Царна юккъехь нийсонца кхиэл йина. Царна зулам дийр дац.
10:55أَلَآ إِنَّ لِلَّهِ مَا فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ ۗ أَلَآ إِنَّ وَعْدَ ٱللَّهِ حَقٌّۭ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَعْلَمُونَ
Баккъалла а, Делан дац, ткъа, стигланашкахь а‚ лаьттахь а дерг? Баккъалла а, Делан ваIда бакъ яц, ткъа? Делахь а царех дукхачарна ца хаьа-кх.
10:56هُوَ يُحْىِۦ وَيُمِيتُ وَإِلَيْهِ تُرْجَعُونَ
Цо дендолуьйту‚ Цо долуьйту‚ Цунна тIе шу дIадерзор долуш ду.
10:57يَٰٓأَيُّهَا ٱلنَّاسُ قَدْ جَآءَتْكُم مَّوْعِظَةٌۭ مِّن رَّبِّكُمْ وَشِفَآءٌۭ لِّمَا فِى ٱلصُّدُورِ وَهُدًۭى وَرَحْمَةٌۭ لِّلْمُؤْمِنِينَ
ХIай нах! Шуьга беъна шун Кхиош-кхобучуьнгара хьехам а‚ дегнашкахь долчунна дарба а – муъма нахана нийса некъ а‚ къинхетам а.
10:58قُلْ بِفَضْلِ ٱللَّهِ وَبِرَحْمَتِهِۦ فَبِذَٰلِكَ فَلْيَفْرَحُوا۟ هُوَ خَيْرٌۭ مِّمَّا يَجْمَعُونَ
Ала: "Делан коьмаьршаллица‚ Цуьнан къинхетамца – Цуьнца баккхийбоьдийла уьш – иза мелхо а дика ду царна шаьш гулдечул".
10:59قُلْ أَرَءَيْتُم مَّآ أَنزَلَ ٱللَّهُ لَكُم مِّن رِّزْقٍۢ فَجَعَلْتُم مِّنْهُ حَرَامًۭا وَحَلَٰلًۭا قُلْ ءَآللَّهُ أَذِنَ لَكُمْ ۖ أَمْ عَلَى ٱللَّهِ تَفْتَرُونَ
Ахьа ала: "Хьовсал шу‚ хIун доссийна Дала шуна (Шен) рицкъех! Аша цунах хьарам дерг а‚ хьанал дерг а дира". Ала: "Дала пурба делира шуна‚ я шу Далла тIехь харцдерг кхуллуш ду?"
10:60وَمَا ظَنُّ ٱلَّذِينَ يَفْتَرُونَ عَلَى ٱللَّهِ ٱلْكَذِبَ يَوْمَ ٱلْقِيَٰمَةِ ۗ إِنَّ ٱللَّهَ لَذُو فَضْلٍ عَلَى ٱلنَّاسِ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَشْكُرُونَ
ХIун ду-техьа Далла тIехь харцдерг кхуллучарна моьттург Къемат- дийнахь? Баккъалла а, Дела къинхетам болуш ву нахана тIехь‚ делахь а царех дуккхачара баркалла ца олу.
10:61وَمَا تَكُونُ فِى شَأْنٍۢ وَمَا تَتْلُوا۟ مِنْهُ مِن قُرْءَانٍۢ وَلَا تَعْمَلُونَ مِنْ عَمَلٍ إِلَّا كُنَّا عَلَيْكُمْ شُهُودًا إِذْ تُفِيضُونَ فِيهِ ۚ وَمَا يَعْزُبُ عَن رَّبِّكَ مِن مِّثْقَالِ ذَرَّةٍۢ فِى ٱلْأَرْضِ وَلَا فِى ٱلسَّمَآءِ وَلَآ أَصْغَرَ مِن ذَٰلِكَ وَلَآ أَكْبَرَ إِلَّا فِى كِتَٰبٍۢ مُّبِينٍ
Хьо (пайхамар) хир вац цхьана а гIуллакхехь а‚ ахьа доьшур дац цунах цхьа а дешар а‚ аша йир яц цхьа а Iамал а Тхо шайна тIехь тешаш долуш бен‚ шу цу чохь а дуьсуш. Хьан Кхиош-кхобучух дIадовр дац мискъал заррат лаьттахь а‚ стиглахь а‚ цул жиманиг‚ доккханиг – билгалчу жайнахь долуш бен.
10:62أَلَآ إِنَّ أَوْلِيَآءَ ٱللَّهِ لَا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ
Баккъалла а, Делан доттагIий – царна кхерам а хир бац‚ уьш пошме а хир бац.
10:63ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَكَانُوا۟ يَتَّقُونَ
Уьш бу иман диллинарш‚ /Делах/ кхоьруш хилларш (Цо бохург деш, ма де бохург ца деш) –
10:64لَهُمُ ٱلْبُشْرَىٰ فِى ٱلْحَيَوٰةِ ٱلدُّنْيَا وَفِى ٱلْءَاخِرَةِ ۚ لَا تَبْدِيلَ لِكَلِمَٰتِ ٱللَّهِ ۚ ذَٰلِكَ هُوَ ٱلْفَوْزُ ٱلْعَظِيمُ
Царна кхаъ бу дуьненан дахарехь а‚ эхартахь а‚ Делан дешнашна хийцадалар дац. Иза – сийлахь-боккха толам бу.
10:65وَلَا يَحْزُنكَ قَوْلُهُمْ ۘ إِنَّ ٱلْعِزَّةَ لِلَّهِ جَمِيعًا ۚ هُوَ ٱلسَّمِيعُ ٱلْعَلِيمُ
Церан дашо сингаттаме ма войла хьо, – баккъалла а, Далла ду дерриге а сий. И хезаш верг а ву‚ хууш верг а ву.
10:66أَلَآ إِنَّ لِلَّهِ مَن فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَمَن فِى ٱلْأَرْضِ ۗ وَمَا يَتَّبِعُ ٱلَّذِينَ يَدْعُونَ مِن دُونِ ٱللَّهِ شُرَكَآءَ ۚ إِن يَتَّبِعُونَ إِلَّا ٱلظَّنَّ وَإِنْ هُمْ إِلَّا يَخْرُصُونَ
Баккъалла а, Делан бац, ткъа, стигланашкахь а‚ лаьттахь а берш? Стенна тIаьхьахIуттуш бу Дела воцург /кхин/ накъосташка кхойкхуш берш? Уьш тIаьхьахIуттуш бац деккъа моттаргIина бен‚ уьш бац харцлуьйш а бен.
10:67هُوَ ٱلَّذِى جَعَلَ لَكُمُ ٱلَّيْلَ لِتَسْكُنُوا۟ فِيهِ وَٱلنَّهَارَ مُبْصِرًا ۚ إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَٰتٍۢ لِّقَوْمٍۢ يَسْمَعُونَ
И ву шуна буьйса хилийтина, цу чохь шу тийна хилийта‚ де а /хилийтина/, цу чохь /шуна хIуманаш/ гайта. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду хезаш долчу къомана.
10:68قَالُوا۟ ٱتَّخَذَ ٱللَّهُ وَلَدًۭا ۗ سُبْحَٰنَهُۥ ۖ هُوَ ٱلْغَنِىُّ ۖ لَهُۥ مَا فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَمَا فِى ٱلْأَرْضِ ۚ إِنْ عِندَكُم مِّن سُلْطَٰنٍۭ بِهَٰذَآ ۚ أَتَقُولُونَ عَلَى ٱللَّهِ مَا لَا تَعْلَمُونَ
Цара элира: "Дала доьзалхо лаьцна". Вочух цIена ву Иза! И хьал долуш верг ву. Цуьнан ду стигланашкахь а‚ лаьттахь мел дерг. Цуьнца делил дуй шуна гергахь? Далла тIехь шайна ца хуург дуьйцу аша?
10:69قُلْ إِنَّ ٱلَّذِينَ يَفْتَرُونَ عَلَى ٱللَّهِ ٱلْكَذِبَ لَا يُفْلِحُونَ
Аша ала: "Баккъалла а, Далла тIехь харцдерг кхуллуш берш баккхийбуьйр бац".
10:70مَتَٰعٌۭ فِى ٱلدُّنْيَا ثُمَّ إِلَيْنَا مَرْجِعُهُمْ ثُمَّ نُذِيقُهُمُ ٱلْعَذَابَ ٱلشَّدِيدَ بِمَا كَانُوا۟ يَكْفُرُونَ
Дуьненан бахам бу‚ тIаккха церан дIадерзар Тхуна тIе ду‚ тIаккха Оха Iовшуьйтур ду цаьрга чIогIа Iазап, уьш цатешаш хиларна.
10:71۞ وَٱتْلُ عَلَيْهِمْ نَبَأَ نُوحٍ إِذْ قَالَ لِقَوْمِهِۦ يَٰقَوْمِ إِن كَانَ كَبُرَ عَلَيْكُم مَّقَامِى وَتَذْكِيرِى بِـَٔايَٰتِ ٱللَّهِ فَعَلَى ٱللَّهِ تَوَكَّلْتُ فَأَجْمِعُوٓا۟ أَمْرَكُمْ وَشُرَكَآءَكُمْ ثُمَّ لَا يَكُنْ أَمْرُكُمْ عَلَيْكُمْ غُمَّةًۭ ثُمَّ ٱقْضُوٓا۟ إِلَىَّ وَلَا تُنظِرُونِ
Деша царна Нухьан хабар‚ цо шен къоме ма элира: "ХIай сан къам! Нагахь санна шуна хала хиллехь сан /шуьца/ Iойла а‚ сан Делан аяташ хьехадар а – со Далла тIетевжина. Барт бе шайн гIуллакхана тIехь а‚ шайн накъосташкахь а‚ тIаьхьа шун гIуллакхо шуьга гIайгIа ма йойтийла‚ тIаккха суна тIе дуьйла /кхиэл яйта/‚ хье ма велаш со /суна тIе ца догIуш/.
10:72فَإِن تَوَلَّيْتُمْ فَمَا سَأَلْتُكُم مِّنْ أَجْرٍ ۖ إِنْ أَجْرِىَ إِلَّا عَلَى ٱللَّهِ ۖ وَأُمِرْتُ أَنْ أَكُونَ مِنَ ٱلْمُسْلِمِينَ
Шу дIадерзахь (соьх) – аса шуьга цхьа а мах ца бийхира‚ сан мах Далла тIехь бен бац‚ суна омра дина со бусулбанех хила"‚- аьлла.
10:73فَكَذَّبُوهُ فَنَجَّيْنَٰهُ وَمَن مَّعَهُۥ فِى ٱلْفُلْكِ وَجَعَلْنَٰهُمْ خَلَٰٓئِفَ وَأَغْرَقْنَا ٱلَّذِينَ كَذَّبُوا۟ بِـَٔايَٰتِنَا ۖ فَٱنظُرْ كَيْفَ كَانَ عَٰقِبَةُ ٱلْمُنذَرِينَ
Цара и харцвира‚ тIаккха Оха иза а‚ цуьнца берш а кIелхьарабехира кеманна чохь‚ Оха хилийтира уьш тIаьхье‚ Тхан аяташ харцдинарш хина буха бахийтира Оха. Хьажал‚ муха хилла шайна кхерам тесначеран тIаьхье!
10:74ثُمَّ بَعَثْنَا مِنۢ بَعْدِهِۦ رُسُلًا إِلَىٰ قَوْمِهِمْ فَجَآءُوهُم بِٱلْبَيِّنَٰتِ فَمَا كَانُوا۟ لِيُؤْمِنُوا۟ بِمَا كَذَّبُوا۟ بِهِۦ مِن قَبْلُ ۚ كَذَٰلِكَ نَطْبَعُ عَلَىٰ قُلُوبِ ٱلْمُعْتَدِينَ
ТIаккха цул тIаьхьа Оха бахийтира элчанаш шайн къаьмнашка‚ уьш баьхкира царна тIе билгалонашца – уьш ца хилира тешар болуш шаьш хьалха харцдинчух. Иштта мухIар тоьхна Оха дозанах беллачийн дегнашна.
10:75ثُمَّ بَعَثْنَا مِنۢ بَعْدِهِم مُّوسَىٰ وَهَٰرُونَ إِلَىٰ فِرْعَوْنَ وَمَلَإِي۟هِۦ بِـَٔايَٰتِنَا فَٱسْتَكْبَرُوا۟ وَكَانُوا۟ قَوْمًۭا مُّجْرِمِينَ
ТIаккха царел тIаьхьа Муса а‚ ХIарун а вахийтира Оха ФирIавнна а‚ цуьнан элашна а тIе Тхан аяташца – цара куралла йира‚ уьш хилира къинош ден къам.
10:76فَلَمَّا جَآءَهُمُ ٱلْحَقُّ مِنْ عِندِنَا قَالُوٓا۟ إِنَّ هَٰذَا لَسِحْرٌۭ مُّبِينٌۭ
Тхан гергара бакъдерг шайга деъча‚ цара элира: "Баккъалла а, хIара билггала бозбуанчалла ма ду".
10:77قَالَ مُوسَىٰٓ أَتَقُولُونَ لِلْحَقِّ لَمَّا جَآءَكُمْ ۖ أَسِحْرٌ هَٰذَا وَلَا يُفْلِحُ ٱلسَّٰحِرُونَ
Мусас элира: "Бакъдолчунна, и шайга деъча, /иштта/ олу аша? Бозбуанчалла ду хIара? Бозбуанчаш баккхийбуьйр ма бац".
10:78قَالُوٓا۟ أَجِئْتَنَا لِتَلْفِتَنَا عَمَّا وَجَدْنَا عَلَيْهِ ءَابَآءَنَا وَتَكُونَ لَكُمَا ٱلْكِبْرِيَآءُ فِى ٱلْأَرْضِ وَمَا نَحْنُ لَكُمَا بِمُؤْمِنِينَ
Цара элира: "Хьо веъна тхуна тхо тхан дай шена тIехь тхайна карийначух дIадерзо? Шуна шиннена хилийтархьама сийлахьалла лаьттахь‚ тхо шух шиннех а тешаш ма дац".
10:79وَقَالَ فِرْعَوْنُ ٱئْتُونِى بِكُلِّ سَٰحِرٍ عَلِيمٍۢ
ФирIавнас элира: "Суна тIе валаве хIора говза мел волу бозбуанча".
10:80فَلَمَّا جَآءَ ٱلسَّحَرَةُ قَالَ لَهُم مُّوسَىٰٓ أَلْقُوا۟ مَآ أَنتُم مُّلْقُونَ
Бозбуанчаш баьхкича, Мусас цаьрга элира: "Кхосса шаьш кхуссуш ерг".
10:81فَلَمَّآ أَلْقَوْا۟ قَالَ مُوسَىٰ مَا جِئْتُم بِهِ ٱلسِّحْرُ ۖ إِنَّ ٱللَّهَ سَيُبْطِلُهُۥٓ ۖ إِنَّ ٱللَّهَ لَا يُصْلِحُ عَمَلَ ٱلْمُفْسِدِينَ
Цара кхоьссича‚ Мусас элира: "Аша шайца деъна дерг бозбуанчалла ду. Баккъалла а, Дала дойур ду иза. Баккъалла а, Дала ца тойо боьхачу нехан Iамал.
10:82وَيُحِقُّ ٱللَّهُ ٱلْحَقَّ بِكَلِمَٰتِهِۦ وَلَوْ كَرِهَ ٱلْمُجْرِمُونَ
Бакъдерг бакъхуьлуьйту Дала шен дешнашца‚ къинош дечарна ца дезахь а".
10:83فَمَآ ءَامَنَ لِمُوسَىٰٓ إِلَّا ذُرِّيَّةٌۭ مِّن قَوْمِهِۦ عَلَىٰ خَوْفٍۢ مِّن فِرْعَوْنَ وَمَلَإِي۟هِمْ أَن يَفْتِنَهُمْ ۚ وَإِنَّ فِرْعَوْنَ لَعَالٍۢ فِى ٱلْأَرْضِ وَإِنَّهُۥ لَمِنَ ٱلْمُسْرِفِينَ
Мусах цатийшира цуьнан къомах цхьа зуьрет бен, ФирIавнах а‚ цуьнан элийх а кхерарна‚ цара шаьш питане лацарна. Баккъалла а, ФирIавна лакхаваьлла лаьттахь /зуламаш деш/‚ баккъалла а, и кхоам цабечарех ву (Делан ниIматах).
10:84وَقَالَ مُوسَىٰ يَٰقَوْمِ إِن كُنتُمْ ءَامَنتُم بِٱللَّهِ فَعَلَيْهِ تَوَكَّلُوٓا۟ إِن كُنتُم مُّسْلِمِينَ
Мусас элира: "ХIай сан къам‚ шу хиллехь Делах тешна – Цунна тIетовжа‚ шу хиллехь муьтIахь дерш (бусулба нах)".
10:85فَقَالُوا۟ عَلَى ٱللَّهِ تَوَكَّلْنَا رَبَّنَا لَا تَجْعَلْنَا فِتْنَةًۭ لِّلْقَوْمِ ٱلظَّٰلِمِينَ
ТIаккха цара элира: "Далла тIетевжина тхо. Веза волу Тхо Кхиош-кхобушверг‚ тхо ма хилийталахь зуламе къомана питана.
10:86وَنَجِّنَا بِرَحْمَتِكَ مِنَ ٱلْقَوْمِ ٱلْكَٰفِرِينَ
КIелхьарадахалахь тхо хьан къинхетамца керста къомах".
10:87وَأَوْحَيْنَآ إِلَىٰ مُوسَىٰ وَأَخِيهِ أَن تَبَوَّءَا لِقَوْمِكُمَا بِمِصْرَ بُيُوتًۭا وَٱجْعَلُوا۟ بُيُوتَكُمْ قِبْلَةًۭ وَأَقِيمُوا۟ ٱلصَّلَوٰةَ ۗ وَبَشِّرِ ٱلْمُؤْمِنِينَ
Мусага а‚ цуьнан веше (ХIаруне) а Оха хаийтира вехьица ашшиммо а шайн шинне къомана Мисрахь цIенош лаца‚ аьлла‚ шайн цIенойх къибла хилийта‚ ламаз хIоттаде‚ кхаъ баккха муъма нахана‚ аьлла.
10:88وَقَالَ مُوسَىٰ رَبَّنَآ إِنَّكَ ءَاتَيْتَ فِرْعَوْنَ وَمَلَأَهُۥ زِينَةًۭ وَأَمْوَٰلًۭا فِى ٱلْحَيَوٰةِ ٱلدُّنْيَا رَبَّنَا لِيُضِلُّوا۟ عَن سَبِيلِكَ ۖ رَبَّنَا ٱطْمِسْ عَلَىٰٓ أَمْوَٰلِهِمْ وَٱشْدُدْ عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ فَلَا يُؤْمِنُوا۟ حَتَّىٰ يَرَوُا۟ ٱلْعَذَابَ ٱلْأَلِيمَ
Мусас элира: "Веза волу тхо Кхиош-кхобушверг‚ ФирIавнна а‚ цуьнан элашна а дуьненан дахарехь хазалла а‚ бахам а белла Ахьа, тхан Кхиош-кхобушверг, уьш тилабалийтархьама Хьан новкъах. Веза волу тхо Кхиош-кхобушверг‚ байа церан бахам а‚ къиза де церан дегнаш а‚ уьш тешар болуш бац шайна лазош долу Iазап гайтталц".
10:89قَالَ قَدْ أُجِيبَت دَّعْوَتُكُمَا فَٱسْتَقِيمَا وَلَا تَتَّبِعَآنِّ سَبِيلَ ٱلَّذِينَ لَا يَعْلَمُونَ
Цо (Дала) элира: "Шу шиннан доIина жоп делла‚ нийса хила шу шиъ‚ тIаьхьа ма хIитталуш цахууш болчийн новкъа".
10:90۞ وَجَٰوَزْنَا بِبَنِىٓ إِسْرَٰٓءِيلَ ٱلْبَحْرَ فَأَتْبَعَهُمْ فِرْعَوْنُ وَجُنُودُهُۥ بَغْيًۭا وَعَدْوًا ۖ حَتَّىٰٓ إِذَآ أَدْرَكَهُ ٱلْغَرَقُ قَالَ ءَامَنتُ أَنَّهُۥ لَآ إِلَٰهَ إِلَّا ٱلَّذِىٓ ءَامَنَتْ بِهِۦ بَنُوٓا۟ إِسْرَٰٓءِيلَ وَأَنَا۠ مِنَ ٱلْمُسْلِمِينَ
Оха хIорд бийкъира Исраилан кIенташна. Царна тIаьхьа бевлира ФирIавн а‚ цуьнан бIо а хьогIаций а‚ мостагIаллиций а. /ХIордан/ бухавахар шех кхиъча‚ цо /ФирIавнас ша хьорда буха гIуш/ элира: "Со тийши кхин Дела цахиларх, Шех Исраилан кIентий тешнарг бен‚ со муьтIахь болчарех (бусулба нахах) ву-кх".
10:91ءَآلْـَٰٔنَ وَقَدْ عَصَيْتَ قَبْلُ وَكُنتَ مِنَ ٱلْمُفْسِدِينَ
ХIинций? Хьалха-м Iесалла ма йина ахьа‚ хьо ма хили боьхачарех!
10:92فَٱلْيَوْمَ نُنَجِّيكَ بِبَدَنِكَ لِتَكُونَ لِمَنْ خَلْفَكَ ءَايَةًۭ ۚ وَإِنَّ كَثِيرًۭا مِّنَ ٱلنَّاسِ عَنْ ءَايَٰتِنَا لَغَٰفِلُونَ
Тахана Оха кIелхьаравоккхур ву хьо хьан дегIаца хьоьл тIаьхьа богIучарна делил хилийтархьама. Баккъалла а, нахах дукхахберш Тхан аятех гIовпал ма бу.
10:93وَلَقَدْ بَوَّأْنَا بَنِىٓ إِسْرَٰٓءِيلَ مُبَوَّأَ صِدْقٍۢ وَرَزَقْنَٰهُم مِّنَ ٱلطَّيِّبَٰتِ فَمَا ٱخْتَلَفُوا۟ حَتَّىٰ جَآءَهُمُ ٱلْعِلْمُ ۚ إِنَّ رَبَّكَ يَقْضِى بَيْنَهُمْ يَوْمَ ٱلْقِيَٰمَةِ فِيمَا كَانُوا۟ فِيهِ يَخْتَلِفُونَ
Оха охьаховшийра Исраилан кIентий бакъонан меттиге‚ цIеначух рицкъа а делира царна‚ шайга Iилма (бусулба дин) даллац хилпало ца йира цара. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобучо кхиэл йийр ю царна юккъехь Къематдийнахь, уьш шеца хилпало еш хиллачохь.
10:94فَإِن كُنتَ فِى شَكٍّۢ مِّمَّآ أَنزَلْنَآ إِلَيْكَ فَسْـَٔلِ ٱلَّذِينَ يَقْرَءُونَ ٱلْكِتَٰبَ مِن قَبْلِكَ ۚ لَقَدْ جَآءَكَ ٱلْحَقُّ مِن رَّبِّكَ فَلَا تَكُونَنَّ مِنَ ٱلْمُمْتَرِينَ
Хьо шекончохь хиллехь Оха хьайга доссийначух‚ ахьа хаттал хьоьл хьалха жайна доьшуш болчаьрга. Хьоьга деъна хьан Кхиош-кхобучуьнгара бакъдерг‚ хьо хиланне а ма хилалахь шеко ечарех.
10:95وَلَا تَكُونَنَّ مِنَ ٱلَّذِينَ كَذَّبُوا۟ بِـَٔايَٰتِ ٱللَّهِ فَتَكُونَ مِنَ ٱلْخَٰسِرِينَ
Хьо хиланне а ма хилалахь Делан аяташ харцдеш болчарех – тIаккха хьо хир ву эшначарех.
10:96إِنَّ ٱلَّذِينَ حَقَّتْ عَلَيْهِمْ كَلِمَتُ رَبِّكَ لَا يُؤْمِنُونَ
Баккъалла а, шайна тIехь хьан Кхиош-кхобучун дош бакъ хилларш тешар бац.
10:97وَلَوْ جَآءَتْهُمْ كُلُّ ءَايَةٍ حَتَّىٰ يَرَوُا۟ ٱلْعَذَابَ ٱلْأَلِيمَ
Шайга массо а делил деъча а‚ шайна лазош долу Iазап галлац.
10:98فَلَوْلَا كَانَتْ قَرْيَةٌ ءَامَنَتْ فَنَفَعَهَآ إِيمَٰنُهَآ إِلَّا قَوْمَ يُونُسَ لَمَّآ ءَامَنُوا۟ كَشَفْنَا عَنْهُمْ عَذَابَ ٱلْخِزْىِ فِى ٱلْحَيَوٰةِ ٱلدُّنْيَا وَمَتَّعْنَٰهُمْ إِلَىٰ حِينٍۢ
Юрт иман диллина ца хилча, цуьнан имано шена пайда ца бира Юнусан къомана бен: цара иман диллича Оха айдира царех дуьненан дахарехь сийсазаллин Iазап‚ бахам белира царна цхьана ханна.
10:99وَلَوْ شَآءَ رَبُّكَ لَءَامَنَ مَن فِى ٱلْأَرْضِ كُلُّهُمْ جَمِيعًا ۚ أَفَأَنتَ تُكْرِهُ ٱلنَّاسَ حَتَّىٰ يَكُونُوا۟ مُؤْمِنِينَ
Хьан Кхиош-кхобучунна лиънехьара иман диллина хир дара массо а лаьттахь мел волчо. Ткъа хьуна ницкъ иман дилийта могур дара нахе /царна ца луушехь/?
10:100وَمَا كَانَ لِنَفْسٍ أَن تُؤْمِنَ إِلَّا بِإِذْنِ ٱللَّهِ ۚ وَيَجْعَلُ ٱلرِّجْسَ عَلَى ٱلَّذِينَ لَا يَعْقِلُونَ
Ца хилла сина иман диллар Делан пурбанца а бен‚ ойла ца еш болчарна рижс /Iазап/ хуьлуьйту Цо.
10:101قُلِ ٱنظُرُوا۟ مَاذَا فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ ۚ وَمَا تُغْنِى ٱلْءَايَٰتُ وَٱلنُّذُرُ عَن قَوْمٍۢ لَّا يُؤْمِنُونَ
Ахьа ала: "Хьовсал! ХIун ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а? Хьалхадоккхур ма дац /Iазапах/ аяташа а‚ кхерамаш туьйсучара а тешаш доцу къам".
10:102فَهَلْ يَنتَظِرُونَ إِلَّا مِثْلَ أَيَّامِ ٱلَّذِينَ خَلَوْا۟ مِن قَبْلِهِمْ ۚ قُلْ فَٱنتَظِرُوٓا۟ إِنِّى مَعَكُم مِّنَ ٱلْمُنتَظِرِينَ
Уьш хьовсар буй шайл хьалха баханчеран деношка санна а бен? Ахьа ала: "Хьовса‚ со а шуьца цхьаьна хьовсучарех ву".
10:103ثُمَّ نُنَجِّى رُسُلَنَا وَٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ ۚ كَذَٰلِكَ حَقًّا عَلَيْنَا نُنجِ ٱلْمُؤْمِنِينَ
ТIаккха Оха кIелхьарабохур бу Тхан элчанаш а‚ иман диллинарш а. Иштта хьакъ хилла Тхуна – Оха кIелхьарабохур бу муъма нах.
10:104قُلْ يَٰٓأَيُّهَا ٱلنَّاسُ إِن كُنتُمْ فِى شَكٍّۢ مِّن دِينِى فَلَآ أَعْبُدُ ٱلَّذِينَ تَعْبُدُونَ مِن دُونِ ٱللَّهِ وَلَٰكِنْ أَعْبُدُ ٱللَّهَ ٱلَّذِى يَتَوَفَّىٰكُمْ ۖ وَأُمِرْتُ أَنْ أَكُونَ مِنَ ٱلْمُؤْمِنِينَ
Ахьа ала: "ХIай нах! Шу хиллехь шекончохь сан динах‚ аса Iибадат дийр дац шуна Дела воцчу аша Iибадат дечарна‚ делахь а аса Iибадат дийр ду Далла‚ шу а долуьйтуш волчу. Суна омра дина со муъма нахах хила‚ аьлла.
10:105وَأَنْ أَقِمْ وَجْهَكَ لِلدِّينِ حَنِيفًۭا وَلَا تَكُونَنَّ مِنَ ٱلْمُشْرِكِينَ
Хьан юьхь хIоттае динна тIе догцIена‚ хьо хиланне а ма хилалахь мушрикунех‚ аьлла.
10:106وَلَا تَدْعُ مِن دُونِ ٱللَّهِ مَا لَا يَنفَعُكَ وَلَا يَضُرُّكَ ۖ فَإِن فَعَلْتَ فَإِنَّكَ إِذًۭا مِّنَ ٱلظَّٰلِمِينَ
Ахьа ма кхайкхалахь Дела воцчу хьайна пайда а‚ зен а ца дечуьнга‚ ахьа и дахь – тIаккха, баккъалла, хьо хир ма ву зуламхойх"‚- аьлла.
10:107وَإِن يَمْسَسْكَ ٱللَّهُ بِضُرٍّۢ فَلَا كَاشِفَ لَهُۥٓ إِلَّا هُوَ ۖ وَإِن يُرِدْكَ بِخَيْرٍۢ فَلَا رَآدَّ لِفَضْلِهِۦ ۚ يُصِيبُ بِهِۦ مَن يَشَآءُ مِنْ عِبَادِهِۦ ۚ وَهُوَ ٱلْغَفُورُ ٱلرَّحِيمُ
Дала зенаца хьо схьалацахь – и айдийр дерг вац хьуна И ша воцург. Хьуна диканиг Цунна лаахь – Цуьнан къинхетамна духатухург вац хьуна. И кхиадо Цо Шен лех Шена луучунна. И гечдеш верг а ву а‚ къинхетам беш верг а ву.
10:108قُلْ يَٰٓأَيُّهَا ٱلنَّاسُ قَدْ جَآءَكُمُ ٱلْحَقُّ مِن رَّبِّكُمْ ۖ فَمَنِ ٱهْتَدَىٰ فَإِنَّمَا يَهْتَدِى لِنَفْسِهِۦ ۖ وَمَن ضَلَّ فَإِنَّمَا يَضِلُّ عَلَيْهَا ۖ وَمَآ أَنَا۠ عَلَيْكُم بِوَكِيلٍۢ
Ахьа ала: "ХIай нах! Шуьга деъна бакъдерг шун Кхиош-кхобучуьнгара: нисвелларг – шена нисвелла ву‚ тилавелларг – шена тилавеллар ву. Со шуна тIехь векал а вац".
10:109وَٱتَّبِعْ مَا يُوحَىٰٓ إِلَيْكَ وَٱصْبِرْ حَتَّىٰ يَحْكُمَ ٱللَّهُ ۚ وَهُوَ خَيْرُ ٱلْحَٰكِمِينَ
Хьайга вехьица хаийтинчунна тIаьхьахIотта хьо‚ собар де Дала хьукма даллац. И – хьукма /нийса/ дечарех диканиг ву.