12:53۞ وَمَآ أُبَرِّئُ نَفْسِىٓ ۚ إِنَّ ٱلنَّفْسَ لَأَمَّارَةٌۢ بِٱلسُّوٓءِ إِلَّا مَا رَحِمَ رَبِّىٓ ۚ إِنَّ رَبِّى غَفُورٌۭ رَّحِيمٌۭ
Аса цIан ца до сан са‚ баккъалла а, сино вониг хьоьху сан Кхиош-кхобучо къинхетам бинарг доцург‚ баккъалла а, сан Кхиош-кхобург гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву" (и дешнаш Зулейханан ду, аьлла. Дукхохчара Юсуфан ду, аьлла).
12:54وَقَالَ ٱلْمَلِكُ ٱئْتُونِى بِهِۦٓ أَسْتَخْلِصْهُ لِنَفْسِى ۖ فَلَمَّا كَلَّمَهُۥ قَالَ إِنَّكَ ٱلْيَوْمَ لَدَيْنَا مَكِينٌ أَمِينٌۭ
Паччахьо элира: "Суна тIевалаве иза. Аса сайна /гIоьнча/ хоржур ву иза". Цуьнца шен къамел хилча‚ цо элира: "Хьо тахана тхан гергахь чIогIа верг а ву‚ тешаме верг а ву".
12:55قَالَ ٱجْعَلْنِى عَلَىٰ خَزَآئِنِ ٱلْأَرْضِ ۖ إِنِّى حَفِيظٌ عَلِيمٌۭ
Цо (Юсуфа) элира: "Со лаьттан хазнийн тIехIоттаве‚ со Iалашдийриг а ву‚ хуург а ву".
12:56وَكَذَٰلِكَ مَكَّنَّا لِيُوسُفَ فِى ٱلْأَرْضِ يَتَبَوَّأُ مِنْهَا حَيْثُ يَشَآءُ ۚ نُصِيبُ بِرَحْمَتِنَا مَن نَّشَآءُ ۖ وَلَا نُضِيعُ أَجْرَ ٱلْمُحْسِنِينَ
Иштта чIагIвира Оха Юсуф лаьттахь‚ цуьнан шена луучохь ваха хууш. Тхан къинхетамах кхиаво Оха Тхайна луург‚ дикачийн ял ца эшайо Оха.
12:57وَلَأَجْرُ ٱلْءَاخِرَةِ خَيْرٌۭ لِّلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَكَانُوا۟ يَتَّقُونَ
Ткъа баккалла а, эхартан ял дика ю иман диллинчарна‚ /Делах/ кхоьруш хиллачарна.
12:58وَجَآءَ إِخْوَةُ يُوسُفَ فَدَخَلُوا۟ عَلَيْهِ فَعَرَفَهُمْ وَهُمْ لَهُۥ مُنكِرُونَ
Юсуфан вежарий баьхкира‚ и волчу чу бахара уьш‚ цунна уьш бевзира‚ царна иза ца вевзира.
12:59وَلَمَّا جَهَّزَهُم بِجَهَازِهِمْ قَالَ ٱئْتُونِى بِأَخٍۢ لَّكُم مِّنْ أَبِيكُمْ ۚ أَلَا تَرَوْنَ أَنِّىٓ أُوفِى ٱلْكَيْلَ وَأَنَا۠ خَيْرُ ٱلْمُنزِلِينَ
Ша уьш шайн гIирсаца кечбинчул тIаьхьа‚ цо элира: "Шайн ден агIорхьара волу шайн ваша валаве. Шуна ца го: аса нийса кхочушбо барам‚ со шена /шу/ тIедуссучарех диканиг ву.
12:60فَإِن لَّمْ تَأْتُونِى بِهِۦ فَلَا كَيْلَ لَكُمْ عِندِى وَلَا تَقْرَبُونِ
Аша суна и ца валавахь – шуна барам бац сан гергахь‚ суна герга ма дуьйлалаш".
12:61قَالُوا۟ سَنُرَٰوِدُ عَنْهُ أَبَاهُ وَإِنَّا لَفَٰعِلُونَ
Цара /Юсуфан вежарша/ элира: "Оха цуьнан да тилавийр ву цунах‚ баккъалла а, Оха /кхочуш/ дийр ду". (Тхо хьовсур ду и шен дегара схьаваккха).
12:62وَقَالَ لِفِتْيَٰنِهِ ٱجْعَلُوا۟ بِضَٰعَتَهُمْ فِى رِحَالِهِمْ لَعَلَّهُمْ يَعْرِفُونَهَآ إِذَا ٱنقَلَبُوٓا۟ إِلَىٰٓ أَهْلِهِمْ لَعَلَّهُمْ يَرْجِعُونَ
Шен ялхошка цо /Юсуфа/ элира: "Церан хIуманаш шайн киранийн чу дIаехка; шайн доьзална тIебирзича царна уьш йовза мегара‚ уьш бухаберза мегара".
12:63فَلَمَّا رَجَعُوٓا۟ إِلَىٰٓ أَبِيهِمْ قَالُوا۟ يَٰٓأَبَانَا مُنِعَ مِنَّا ٱلْكَيْلُ فَأَرْسِلْ مَعَنَآ أَخَانَا نَكْتَلْ وَإِنَّا لَهُۥ لَحَٰفِظُونَ
Шайн дена тIе бухабирзича, цара элира: "ХIай дада! /КIан/ барам бухатоьхна тхоьх‚ и тхан ваша ваийта тхоьца – барам бийр бу оха ‚ тхо цунна Iалашдархой хир ду".
12:64قَالَ هَلْ ءَامَنُكُمْ عَلَيْهِ إِلَّا كَمَآ أَمِنتُكُمْ عَلَىٰٓ أَخِيهِ مِن قَبْلُ ۖ فَٱللَّهُ خَيْرٌ حَٰفِظًۭا ۖ وَهُوَ أَرْحَمُ ٱلرَّٰحِمِينَ
Цо /ЯIкъуба/ элира: "И шух тешна вуьтур варий аса‚ хьалха цуьнан ваша шух тешорах терра? Дела ву-кх дика лардархо. И ву-кх уггар къинхетаме верг".
12:65وَلَمَّا فَتَحُوا۟ مَتَٰعَهُمْ وَجَدُوا۟ بِضَٰعَتَهُمْ رُدَّتْ إِلَيْهِمْ ۖ قَالُوا۟ يَٰٓأَبَانَا مَا نَبْغِى ۖ هَٰذِهِۦ بِضَٰعَتُنَا رُدَّتْ إِلَيْنَا ۖ وَنَمِيرُ أَهْلَنَا وَنَحْفَظُ أَخَانَا وَنَزْدَادُ كَيْلَ بَعِيرٍۢ ۖ ذَٰلِكَ كَيْلٌۭ يَسِيرٌۭ
Шайн киранаш схьадиллича‚ царна карийра шайн хIуманаш шайга юхаяийтина. Цара элира: "ХIай дада! ХIун лоьху вай? Вайн хIуманаш юхаяийтина вайга! Вайн цIийнан охIла а кхобур яра юучуьнца‚ тхан ваша а Iалашвийр вара‚ алсамбоккхур бара Оха барам цхьана эмкална. И барам атта бу-кх".
12:66قَالَ لَنْ أُرْسِلَهُۥ مَعَكُمْ حَتَّىٰ تُؤْتُونِ مَوْثِقًۭا مِّنَ ٱللَّهِ لَتَأْتُنَّنِى بِهِۦٓ إِلَّآ أَن يُحَاطَ بِكُمْ ۖ فَلَمَّآ ءَاتَوْهُ مَوْثِقَهُمْ قَالَ ٱللَّهُ عَلَىٰ مَا نَقُولُ وَكِيلٌۭ
Цо /ЯIкъуба/ элира: "Аса ванне а воуьйтур ма вац и шуьца‚ аша суна Делаца чIагIо ца яхь, шаьш суна схьавалор ву иза‚ аьлла‚ шайх цхьа хIума ца хилахь". Цара шена дуй биъча‚ цо элира: "Дела ву-кх вай дуьйцучунна векал (теш)".
12:67وَقَالَ يَٰبَنِىَّ لَا تَدْخُلُوا۟ مِنۢ بَابٍۢ وَٰحِدٍۢ وَٱدْخُلُوا۟ مِنْ أَبْوَٰبٍۢ مُّتَفَرِّقَةٍۢ ۖ وَمَآ أُغْنِى عَنكُم مِّنَ ٱللَّهِ مِن شَىْءٍ ۖ إِنِ ٱلْحُكْمُ إِلَّا لِلَّهِ ۖ عَلَيْهِ تَوَكَّلْتُ ۖ وَعَلَيْهِ فَلْيَتَوَكَّلِ ٱلْمُتَوَكِّلُونَ
/ЯIкъуба/ элира: "ХIай сан кIентий! Цхьана неIарехула чу ма гIолаш. Башх-башха неIаршкахула чу гIолаш. Шу хIумма кIелхьара даха ца ло суна Делера. Хьукам Цуьнгахь бен дац. Цунна тIетевжина со. Цунна тIетевжийла шаьш тевжаш берш".
12:68وَلَمَّا دَخَلُوا۟ مِنْ حَيْثُ أَمَرَهُمْ أَبُوهُم مَّا كَانَ يُغْنِى عَنْهُم مِّنَ ٱللَّهِ مِن شَىْءٍ إِلَّا حَاجَةًۭ فِى نَفْسِ يَعْقُوبَ قَضَىٰهَا ۚ وَإِنَّهُۥ لَذُو عِلْمٍۢ لِّمَا عَلَّمْنَٰهُ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ ٱلنَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ
Уьш чу баьхкича, шайн дас шайга омра диначухула и ца хиллера царех Делера хIумма кIелхьарадаккха‚ деккъа ЯIкьубан шегахь цхьа хьашт бен – цо и кхочушдира. Баккъалла а, и Iилма долуш верг ву Оха шена Iамийначунна‚ делахь а дукхахболчу нахана ца хаьа-кх.
12:69وَلَمَّا دَخَلُوا۟ عَلَىٰ يُوسُفَ ءَاوَىٰٓ إِلَيْهِ أَخَاهُ ۖ قَالَ إِنِّىٓ أَنَا۠ أَخُوكَ فَلَا تَبْتَئِسْ بِمَا كَانُوا۟ يَعْمَلُونَ
Уьш Юсуф волчу чу баьхкича‚ цо шен ваша шена тIеийцира‚ элира: "Баккъалла а, со хьан ваша ву. Ахьа са ма хьийзаде цара деш хиллачуьнца".
12:70فَلَمَّا جَهَّزَهُم بِجَهَازِهِمْ جَعَلَ ٱلسِّقَايَةَ فِى رَحْلِ أَخِيهِ ثُمَّ أَذَّنَ مُؤَذِّنٌ أَيَّتُهَا ٱلْعِيرُ إِنَّكُمْ لَسَٰرِقُونَ
Ша царна кечбинчул тIаьхьа церан кечам‚ шен вешин мохьа чу кад биллира цо. ТIаккха кхойкхучо кхайкхира: "ХIай ковра /къепал/! Шу къуй ду!"
12:71قَالُوا۟ وَأَقْبَلُوا۟ عَلَيْهِم مَّاذَا تَفْقِدُونَ
Цара /вежарша/ элира‚ шаьш царна тIебаьхкина: "ХIун яйна шун?"
12:72قَالُوا۟ نَفْقِدُ صُوَاعَ ٱلْمَلِكِ وَلِمَن جَآءَ بِهِۦ حِمْلُ بَعِيرٍۢ وَأَنَا۠ بِهِۦ زَعِيمٌۭ
Цара элира: "Паччахьан кад байна тхан‚ и схьабеъначунна цхьана эмкалан мохь бу. Аса дош ло цунна тIера".
12:73قَالُوا۟ تَٱللَّهِ لَقَدْ عَلِمْتُم مَّا جِئْنَا لِنُفْسِدَ فِى ٱلْأَرْضِ وَمَا كُنَّا سَٰرِقِينَ
Цара /вежарша/ элира: "ВаллахIи‚ шуна ма-хаъара‚ тхо лаьттахь вониг дан даьхкина ма дацара‚ къуй ма дацара тхо".
12:74قَالُوا۟ فَمَا جَزَٰٓؤُهُۥٓ إِن كُنتُمْ كَٰذِبِينَ
Цара элира: "ХIун бекхам хир бу цуьнан‚ нагахь санна шу харцлуьйш хиллехь?"
12:75قَالُوا۟ جَزَٰٓؤُهُۥ مَن وُجِدَ فِى رَحْلِهِۦ فَهُوَ جَزَٰٓؤُهُۥ ۚ كَذَٰلِكَ نَجْزِى ٱلظَّٰلِمِينَ
Элира /вежарша/: "Цуьнан бекхам – шен мохьан чохь и карийнарг – и ша ву цуьнан бекхам. Иштта бекхам бо оха зуламхойн".
12:76فَبَدَأَ بِأَوْعِيَتِهِمْ قَبْلَ وِعَآءِ أَخِيهِ ثُمَّ ٱسْتَخْرَجَهَا مِن وِعَآءِ أَخِيهِ ۚ كَذَٰلِكَ كِدْنَا لِيُوسُفَ ۖ مَا كَانَ لِيَأْخُذَ أَخَاهُ فِى دِينِ ٱلْمَلِكِ إِلَّآ أَن يَشَآءَ ٱللَّهُ ۚ نَرْفَعُ دَرَجَٰتٍۢ مَّن نَّشَآءُ ۗ وَفَوْقَ كُلِّ ذِى عِلْمٍ عَلِيمٌۭ
И волавелира /яйна хIума лаха/ церан киранашкара шен вешин киранал хьалха‚ тIаккха и /кад/ арабаьккхира цо шен вешин киран чуьра. Иштта хIилла дира Оха Юсуфна. Шен ваша схьалоцийла дацара цуьнан (иштта а бен) паччахьан динехь Далла лиъча а бен. Тхайна луург даржашкахь лакхавоккху Оха. Массо шегахь Iилма долчунна тIехь а Iилма дерг ву Иза /Дела/.
12:77۞ قَالُوٓا۟ إِن يَسْرِقْ فَقَدْ سَرَقَ أَخٌۭ لَّهُۥ مِن قَبْلُ ۚ فَأَسَرَّهَا يُوسُفُ فِى نَفْسِهِۦ وَلَمْ يُبْدِهَا لَهُمْ ۚ قَالَ أَنتُمْ شَرٌّۭ مَّكَانًۭا ۖ وَٱللَّهُ أَعْلَمُ بِمَا تَصِفُونَ
Цара элира: "Цо лачкъийна белахь‚ хьалха цуьнан вашас а лачкъийра". И шегахь хьулдира Юсуфа‚ царна гучу ца даьккхира‚ элира /шега/: "Вон ду-кх шу меттигаца. Дела дика хууш ву-кх аша сурт хIотториг".
12:78قَالُوا۟ يَٰٓأَيُّهَا ٱلْعَزِيزُ إِنَّ لَهُۥٓ أَبًۭا شَيْخًۭا كَبِيرًۭا فَخُذْ أَحَدَنَا مَكَانَهُۥٓ ۖ إِنَّا نَرَىٰكَ مِنَ ٱلْمُحْسِنِينَ
Цара элира: "ХIай веза эла! Цуьнан да ву воккха къена стаг‚ тхоьх цхьаъ лацахьа цуьнан метта‚ тхуна хьо дикачарех гуш ма вара".
12:79قَالَ مَعَاذَ ٱللَّهِ أَن نَّأْخُذَ إِلَّا مَن وَجَدْنَا مَتَٰعَنَا عِندَهُۥٓ إِنَّآ إِذًۭا لَّظَٰلِمُونَ
Цо элира: "Дала лардойла Оха тхан хIума шегахь карийнарг бен ца лацарх! ТIаккха тхо зуламхой хир ма дарий".
12:80فَلَمَّا ٱسْتَيْـَٔسُوا۟ مِنْهُ خَلَصُوا۟ نَجِيًّۭا ۖ قَالَ كَبِيرُهُمْ أَلَمْ تَعْلَمُوٓا۟ أَنَّ أَبَاكُمْ قَدْ أَخَذَ عَلَيْكُم مَّوْثِقًۭا مِّنَ ٱللَّهِ وَمِن قَبْلُ مَا فَرَّطتُمْ فِى يُوسُفَ ۖ فَلَنْ أَبْرَحَ ٱلْأَرْضَ حَتَّىٰ يَأْذَنَ لِىٓ أَبِىٓ أَوْ يَحْكُمَ ٱللَّهُ لِى ۖ وَهُوَ خَيْرُ ٱلْحَٰكِمِينَ
Шаьш цунах дог диллича‚ вовшашца дагабуьйлуш шаьш бисира уьш. Царех воккхачо элира: "Шуна хаьий шун дас шуьгара Делаца дуй эцна хилар‚ аша хьалха Юсуфехь ледарло ялийтира. Со хIокху лаьттара дIавоьрзур вац сан дас суна пурба лахь бен‚ я Дала суна хьукма дахь бен. Иза хьукам дечарех диканиг ву.
12:81ٱرْجِعُوٓا۟ إِلَىٰٓ أَبِيكُمْ فَقُولُوا۟ يَٰٓأَبَانَآ إِنَّ ٱبْنَكَ سَرَقَ وَمَا شَهِدْنَآ إِلَّا بِمَا عَلِمْنَا وَمَا كُنَّا لِلْغَيْبِ حَٰفِظِينَ
Шу духадерза шайн дена тIе‚ аша ала: "Дада! Хьан кIанта къола дина‚ Оха тешалла дина ма дац тхайна хууш хиллачуьнций бен‚ тхо ца хилла къайле ларъеш а.
12:82وَسْـَٔلِ ٱلْقَرْيَةَ ٱلَّتِى كُنَّا فِيهَا وَٱلْعِيرَ ٱلَّتِىٓ أَقْبَلْنَا فِيهَا ۖ وَإِنَّا لَصَٰدِقُونَ
Хатта хьайна тхо шена чохь хиллачу юрте а‚ тхо шеца даьхкинчу ковре а. Тхо бакълуьйш ду-кх".
12:83قَالَ بَلْ سَوَّلَتْ لَكُمْ أَنفُسُكُمْ أَمْرًۭا ۖ فَصَبْرٌۭ جَمِيلٌ ۖ عَسَى ٱللَّهُ أَن يَأْتِيَنِى بِهِمْ جَمِيعًا ۚ إِنَّهُۥ هُوَ ٱلْعَلِيمُ ٱلْحَكِيمُ
Цо (ЯIкъуба) элира: "ХIаъ! Шуна догIмаша цхьа гIуллакх хаздина шуна. Собар ду-кх /суна/ хазаниг. Дала уьш берриге схьабало мега суна. Баккъалла а, Иза – хууш верг а ву‚ хьикмате верг а ву".
12:84وَتَوَلَّىٰ عَنْهُمْ وَقَالَ يَٰٓأَسَفَىٰ عَلَىٰ يُوسُفَ وَٱبْيَضَّتْ عَيْنَاهُ مِنَ ٱلْحُزْنِ فَهُوَ كَظِيمٌۭ
Царех дIавирзира иза‚ элира: "Ма лазам бу-кх сан Юсуф бахьанехь". ГIайгIа ярца бIаьргаш кIайбелира цуьнан‚ и сатухуш вара.
12:85قَالُوا۟ تَٱللَّهِ تَفْتَؤُا۟ تَذْكُرُ يُوسُفَ حَتَّىٰ تَكُونَ حَرَضًا أَوْ تَكُونَ مِنَ ٱلْهَٰلِكِينَ
Цара элира: "ВаллахIи‚ Юсуф хьехорах хьо соцур ма вац хьуо цомгуш хиллалц‚ я хIаллакьхиллалц".
12:86قَالَ إِنَّمَآ أَشْكُوا۟ بَثِّى وَحُزْنِىٓ إِلَى ٱللَّهِ وَأَعْلَمُ مِنَ ٱللَّهِ مَا لَا تَعْلَمُونَ
Цо элира: "Аса-м Деле белхабой сан бала а‚ сан гIайгIа а‚ со хууш ву Делера шуна ца хуург а.
12:87يَٰبَنِىَّ ٱذْهَبُوا۟ فَتَحَسَّسُوا۟ مِن يُوسُفَ وَأَخِيهِ وَلَا تَا۟يْـَٔسُوا۟ مِن رَّوْحِ ٱللَّهِ ۖ إِنَّهُۥ لَا يَا۟يْـَٔسُ مِن رَّوْحِ ٱللَّهِ إِلَّا ٱلْقَوْمُ ٱلْكَٰفِرُونَ
ХIай сан кIентий! ДIагIо‚ хаа Юсуфах а, цуьнан вешех а /лаьцна/. Делан къинхетамах дог ма дилла. Делан къинхетамах дог дуьллур ма дац /Делах/ цатешачу къомо а бен".
12:88فَلَمَّا دَخَلُوا۟ عَلَيْهِ قَالُوا۟ يَٰٓأَيُّهَا ٱلْعَزِيزُ مَسَّنَا وَأَهْلَنَا ٱلضُّرُّ وَجِئْنَا بِبِضَٰعَةٍۢ مُّزْجَىٰةٍۢ فَأَوْفِ لَنَا ٱلْكَيْلَ وَتَصَدَّقْ عَلَيْنَآ ۖ إِنَّ ٱللَّهَ يَجْزِى ٱلْمُتَصَدِّقِينَ
Шаьш и (Юсуф) волчу баьхкича‚ цара элира: "ХIай веза эла! Тхо а‚ тхан /цIийнан/ охIла а балано лаьцна. Тхо даьхкина цхьа кIез-мезиг хIуманаш йохьуш – кхочуш барам бехьа тхуна‚ сагIа лохьа тхуна. Дала ял лур ма ю сагIа доккхучарна".
12:89قَالَ هَلْ عَلِمْتُم مَّا فَعَلْتُم بِيُوسُفَ وَأَخِيهِ إِذْ أَنتُمْ جَٰهِلُونَ
Цо /Юсуфа/ элира: "Шуна хиъний‚ шаьш хIун дира Юсуфана а‚ цуьнан вешина а‚ шаьш жехIал долуш?"
12:90قَالُوٓا۟ أَءِنَّكَ لَأَنتَ يُوسُفُ ۖ قَالَ أَنَا۠ يُوسُفُ وَهَٰذَآ أَخِى ۖ قَدْ مَنَّ ٱللَّهُ عَلَيْنَآ ۖ إِنَّهُۥ مَن يَتَّقِ وَيَصْبِرْ فَإِنَّ ٱللَّهَ لَا يُضِيعُ أَجْرَ ٱلْمُحْسِنِينَ
Цара элира: "Баккъалла а, хьо вуй Юсуф?". Цо элира: "Со Юсуф а ву. ХIара сан ваша а ву. Дала къинхетам бина тхоьх. Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш верг а‚ собар деш верг а /декъал ву-кх/. Баккъалла а, Дала ца эшайо дикачеран ял".
12:91قَالُوا۟ تَٱللَّهِ لَقَدْ ءَاثَرَكَ ٱللَّهُ عَلَيْنَا وَإِن كُنَّا لَخَٰطِـِٔينَ
Цара элира: "ВаллахIи‚ Дала тхоьл вазвина хьо‚ тхо хили-кх гIалат девлларш!"
12:92قَالَ لَا تَثْرِيبَ عَلَيْكُمُ ٱلْيَوْمَ ۖ يَغْفِرُ ٱللَّهُ لَكُمْ ۖ وَهُوَ أَرْحَمُ ٱلرَّٰحِمِينَ
Цо элира: "ТIехтохам ца бо шуна тахана. Дала гечдийр ду шуна. Иза уггаре къинхетаме верг ма ву.
12:93ٱذْهَبُوا۟ بِقَمِيصِى هَٰذَا فَأَلْقُوهُ عَلَىٰ وَجْهِ أَبِى يَأْتِ بَصِيرًۭا وَأْتُونِى بِأَهْلِكُمْ أَجْمَعِينَ
Хьада‚ хIара сан коч а эций, дIагIо‚ сан ден юьхьах тоха и – бIаьрса догIур ду цуьнан. Массо а шайн /цIийнан/ охIла а тIехь суна тIе дуьйла".
12:94وَلَمَّا فَصَلَتِ ٱلْعِيرُ قَالَ أَبُوهُمْ إِنِّى لَأَجِدُ رِيحَ يُوسُفَ ۖ لَوْلَآ أَن تُفَنِّدُونِ
Ковра /къепал/ араяьлча‚ церан дас (ЯIкъуба) элира: "Баккъалла а, Юсуфан хьожа йогIуш ву-кх со‚ аша со Iовдал ма ларахьара".
12:95قَالُوا۟ تَٱللَّهِ إِنَّكَ لَفِى ضَلَٰلِكَ ٱلْقَدِيمِ
Цара элира: "ВаллахIи‚ хьайн ширачу тиларчохь ву-кх хьо!"
12:96فَلَمَّآ أَن جَآءَ ٱلْبَشِيرُ أَلْقَىٰهُ عَلَىٰ وَجْهِهِۦ فَٱرْتَدَّ بَصِيرًۭا ۖ قَالَ أَلَمْ أَقُل لَّكُمْ إِنِّىٓ أَعْلَمُ مِنَ ٱللَّهِ مَا لَا تَعْلَمُونَ
Кхаъ боккхург /хаамча/ веъча, цо и (Юсуфан коч) туьйхира цуьнан (ЯIкъубан) юхьах – цуьнан бIаьрса духадеара‚ цо элира: "Аса ца аьллера шуьга: суна Делера шуна ца хуург а хаьа".
12:97قَالُوا۟ يَٰٓأَبَانَا ٱسْتَغْفِرْ لَنَا ذُنُوبَنَآ إِنَّا كُنَّا خَٰطِـِٔينَ
Цара элира: "Тхан да! Тхан къиношна гечдар дехахьа тхуна‚ тхо хилла-кх гIалат девлла".
12:98قَالَ سَوْفَ أَسْتَغْفِرُ لَكُمْ رَبِّىٓ ۖ إِنَّهُۥ هُوَ ٱلْغَفُورُ ٱلرَّحِيمُ
Цо элира: "ТIаьхьа доьхур ду аса сан Кхиош-кхобучуьнга шуна гечдар. Баккъалла а, Иза – гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву".
12:99فَلَمَّا دَخَلُوا۟ عَلَىٰ يُوسُفَ ءَاوَىٰٓ إِلَيْهِ أَبَوَيْهِ وَقَالَ ٱدْخُلُوا۟ مِصْرَ إِن شَآءَ ٱللَّهُ ءَامِنِينَ
Уьш Юсуф волчу чубаьхкича‚ шен да-нана шена тIеийцира цо‚ элира: "Чоьхьа довла Мисрана‚ Далла лиънехь‚ маьрша!"
12:100وَرَفَعَ أَبَوَيْهِ عَلَى ٱلْعَرْشِ وَخَرُّوا۟ لَهُۥ سُجَّدًۭا ۖ وَقَالَ يَٰٓأَبَتِ هَٰذَا تَأْوِيلُ رُءْيَٰىَ مِن قَبْلُ قَدْ جَعَلَهَا رَبِّى حَقًّۭا ۖ وَقَدْ أَحْسَنَ بِىٓ إِذْ أَخْرَجَنِى مِنَ ٱلسِّجْنِ وَجَآءَ بِكُم مِّنَ ٱلْبَدْوِ مِنۢ بَعْدِ أَن نَّزَغَ ٱلشَّيْطَٰنُ بَيْنِى وَبَيْنَ إِخْوَتِىٓ ۚ إِنَّ رَبِّى لَطِيفٌۭ لِّمَا يَشَآءُ ۚ إِنَّهُۥ هُوَ ٱلْعَلِيمُ ٱلْحَكِيمُ
Шен да-нана тажана тIе айбира цо‚ уьш цунна суждане бийгира. Цо элира: "Дада‚ хIара ду-кх суна хьалха гинчун тидар‚ сан Кхиош-кхобучо бакъ дина иза‚ суна диканаш дина Цо – со араваьккхи набахти чуьра‚ шу далина гIум арара шайтIано суна а, сан вежаршна а юкъа дов тесначул тIаьхьа. Баккъалла а, сан Кхиош-кхобург тIех кхетаме ву-кх Шена луучунна. Иза хууш верг а ву‚ хьикмате верг а ву.
12:101۞ رَبِّ قَدْ ءَاتَيْتَنِى مِنَ ٱلْمُلْكِ وَعَلَّمْتَنِى مِن تَأْوِيلِ ٱلْأَحَادِيثِ ۚ فَاطِرَ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ أَنتَ وَلِىِّۦ فِى ٱلدُّنْيَا وَٱلْءَاخِرَةِ ۖ تَوَفَّنِى مُسْلِمًۭا وَأَلْحِقْنِى بِٱلصَّٰلِحِينَ
Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ Ахьа паччахьалла а делла суна‚ хилларш-хиндерш тида а Iамийна Ахьа со‚ стигланаш а‚ латта а кхоьллинарг – Хьо ву-кх сан доладийриг дуьненахь а‚ эхартахь а‚ Ахьа со валийталахь бусулба хьолехь‚ со тохалахь дикачарех!"
12:102ذَٰلِكَ مِنْ أَنۢبَآءِ ٱلْغَيْبِ نُوحِيهِ إِلَيْكَ ۖ وَمَا كُنتَ لَدَيْهِمْ إِذْ أَجْمَعُوٓا۟ أَمْرَهُمْ وَهُمْ يَمْكُرُونَ
И къайлечу хабарех ду‚ Оха хьоьга хоуьйтуш вехьица. Хьо вацара царна гергахь уьш шайн гIуллакхна барта бахча, шаьш мекарло еш.
12:103وَمَآ أَكْثَرُ ٱلنَّاسِ وَلَوْ حَرَصْتَ بِمُؤْمِنِينَ
Дукхахболу нах хьуна мел лиъча а тешар бац /Делах/.
12:104وَمَا تَسْـَٔلُهُمْ عَلَيْهِ مِنْ أَجْرٍ ۚ إِنْ هُوَ إِلَّا ذِكْرٌۭ لِّلْعَٰلَمِينَ
Ахьа цаьрга цу тIехь мах ца боьху. Иза беккъа хьехам бу–кх Iаламашна!
12:105وَكَأَيِّن مِّنْ ءَايَةٍۢ فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ يَمُرُّونَ عَلَيْهَا وَهُمْ عَنْهَا مُعْرِضُونَ
Стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дукха Iаламатех тIехбовлу уьш‚ царех дIабоьрзуш /ойла ца еш/.
12:106وَمَا يُؤْمِنُ أَكْثَرُهُم بِٱللَّهِ إِلَّا وَهُم مُّشْرِكُونَ
Царех дукхахберш Делах ца теша, шаьш /Цуьнца/ накъост лоцуш бен.
12:107أَفَأَمِنُوٓا۟ أَن تَأْتِيَهُمْ غَٰشِيَةٌۭ مِّنْ عَذَابِ ٱللَّهِ أَوْ تَأْتِيَهُمُ ٱلسَّاعَةُ بَغْتَةًۭ وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ
Уьш кхерам боцуш хилла-те шайна тIе Делан Iазапах хьулдеш дерг дарах‚ я цIеххьана шайна тIе сахьт дарах‚ шайна а ца хууш?
12:108قُلْ هَٰذِهِۦ سَبِيلِىٓ أَدْعُوٓا۟ إِلَى ٱللَّهِ ۚ عَلَىٰ بَصِيرَةٍ أَنَا۠ وَمَنِ ٱتَّبَعَنِى ۖ وَسُبْحَٰنَ ٱللَّهِ وَمَآ أَنَا۠ مِنَ ٱلْمُشْرِكِينَ
Ахьа ала: "ХIара сан некъ бу‚ аса Деле кхойкху‚ билгала долчу Iилманна тIехь ву со а‚ суна тIаьхьахIоьттинарг а‚ вочух цIанво аса и Дела‚ со ма вац /Делаца/ накъост лоцучарех".
12:109وَمَآ أَرْسَلْنَا مِن قَبْلِكَ إِلَّا رِجَالًۭا نُّوحِىٓ إِلَيْهِم مِّنْ أَهْلِ ٱلْقُرَىٰٓ ۗ أَفَلَمْ يَسِيرُوا۟ فِى ٱلْأَرْضِ فَيَنظُرُوا۟ كَيْفَ كَانَ عَٰقِبَةُ ٱلَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ ۗ وَلَدَارُ ٱلْءَاخِرَةِ خَيْرٌۭ لِّلَّذِينَ ٱتَّقَوْا۟ ۗ أَفَلَا تَعْقِلُونَ
Хьоьл хьалха а яртийн нахах божарий бен ца бахийтира Оха‚ шайга вехьица Оха хаам луш. Ткъа уьш ца лелара лаьттахула‚ уьш ца хьаьвсира‚ муха хилла шайл хьалха хиллачийн тIаьхье? Эхартан цIа дика ма ду /Делах/ кхийринчарна‚ шу хьекъале ца хуьлу?
12:110حَتَّىٰٓ إِذَا ٱسْتَيْـَٔسَ ٱلرُّسُلُ وَظَنُّوٓا۟ أَنَّهُمْ قَدْ كُذِبُوا۟ جَآءَهُمْ نَصْرُنَا فَنُجِّىَ مَن نَّشَآءُ ۖ وَلَا يُرَدُّ بَأْسُنَا عَنِ ٱلْقَوْمِ ٱلْمُجْرِمِينَ
Хьатта элчанаша дог диллича‚ царна шаьш харцбина бевлла моьттича‚ Тхан гIо догIура цаьрга‚ кIелхьаравоккхура Тхуна луург. Тхан ницкъ буха тухур ма бац къинош динчу нахах.
12:111لَقَدْ كَانَ فِى قَصَصِهِمْ عِبْرَةٌۭ لِّأُو۟لِى ٱلْأَلْبَٰبِ ۗ مَا كَانَ حَدِيثًۭا يُفْتَرَىٰ وَلَٰكِن تَصْدِيقَ ٱلَّذِى بَيْنَ يَدَيْهِ وَتَفْصِيلَ كُلِّ شَىْءٍۢ وَهُدًۭى وَرَحْمَةًۭ لِّقَوْمٍۢ يُؤْمِنُونَ
Царех лаьцначу дийцарна чохь хьехам хилла хьекъал долчарна. И хилла дац кхоьллина хабар – и ду шел хьалха хилларг бакъдар а‚ массо а хIуманан къастадар а‚ нийса некъ а‚ къинхетам а, тешаш болчу нахана.
13:1الٓمٓر ۚ تِلْكَ ءَايَٰتُ ٱلْكِتَٰبِ ۗ وَٱلَّذِىٓ أُنزِلَ إِلَيْكَ مِن رَّبِّكَ ٱلْحَقُّ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ ٱلنَّاسِ لَا يُؤْمِنُونَ
Алиф-лам-мим-ра. ХIорш жайнан аяташ ду. Хьоьга хьан Кхиош-кхобучуьнгара доссинарг – бакъдерг ду‚ делахь а дукхахболу нах ца теша.
13:2ٱللَّهُ ٱلَّذِى رَفَعَ ٱلسَّمَٰوَٰتِ بِغَيْرِ عَمَدٍۢ تَرَوْنَهَا ۖ ثُمَّ ٱسْتَوَىٰ عَلَى ٱلْعَرْشِ ۖ وَسَخَّرَ ٱلشَّمْسَ وَٱلْقَمَرَ ۖ كُلٌّۭ يَجْرِى لِأَجَلٍۢ مُّسَمًّۭى ۚ يُدَبِّرُ ٱلْأَمْرَ يُفَصِّلُ ٱلْءَايَٰتِ لَعَلَّكُم بِلِقَآءِ رَبِّكُمْ تُوقِنُونَ
Дела ву ша стигланаш аййинарг шуна гуш бIогIам а боцуш‚ тIаккха ша дIанисвелла И Iарша тIехь‚ малх а‚ бутт а муьтIахь бина Цо – массо а дIа-схьаоьху тоьхна ханна. ГIуллакхна урхалла до Цо‚ аяташ билгалдоху – шу шайн Кхиош-кхобучуьнца цхьаьнакхетарх теша мегар-кха.
13:3وَهُوَ ٱلَّذِى مَدَّ ٱلْأَرْضَ وَجَعَلَ فِيهَا رَوَٰسِىَ وَأَنْهَٰرًۭا ۖ وَمِن كُلِّ ٱلثَّمَرَٰتِ جَعَلَ فِيهَا زَوْجَيْنِ ٱثْنَيْنِ ۖ يُغْشِى ٱلَّيْلَ ٱلنَّهَارَ ۚ إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَٰتٍۢ لِّقَوْمٍۢ يَتَفَكَّرُونَ
Иза ву латта даржийнарг‚ цунна тIехь лаьмнаш а‚ хиш а хилийтинарг‚ массо стоьмах цунна /лаьтта/ тIехь Цо хилийтина ши тайпа‚ буьйсане де хьулдойту Цо. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду ойла ечу нахана.
13:4وَفِى ٱلْأَرْضِ قِطَعٌۭ مُّتَجَٰوِرَٰتٌۭ وَجَنَّٰتٌۭ مِّنْ أَعْنَٰبٍۢ وَزَرْعٌۭ وَنَخِيلٌۭ صِنْوَانٌۭ وَغَيْرُ صِنْوَانٍۢ يُسْقَىٰ بِمَآءٍۢ وَٰحِدٍۢ وَنُفَضِّلُ بَعْضَهَا عَلَىٰ بَعْضٍۢ فِى ٱلْأُكُلِ ۚ إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَٰتٍۢ لِّقَوْمٍۢ يَعْقِلُونَ
Лаьттахь ул-уллохь дакъой ду‚ кемсийн бошмаш ю‚ ялта ду‚ хурманаш ю цхьана ораман а‚ цхьана ораман йоцурш а‚ цхьа хи ду тухуш царех‚ царех цхьаерш вукхарел язйина Оха яарехь. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду-кх хьекъал долчу нахана.
13:5۞ وَإِن تَعْجَبْ فَعَجَبٌۭ قَوْلُهُمْ أَءِذَا كُنَّا تُرَٰبًا أَءِنَّا لَفِى خَلْقٍۢ جَدِيدٍ ۗ أُو۟لَٰٓئِكَ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ بِرَبِّهِمْ ۖ وَأُو۟لَٰٓئِكَ ٱلْأَغْلَٰلُ فِىٓ أَعْنَاقِهِمْ ۖ وَأُو۟لَٰٓئِكَ أَصْحَٰبُ ٱلنَّارِ ۖ هُمْ فِيهَا خَٰلِدُونَ
Хьо цецвалахь‚ цецвоккхуш ду церан дешнаш: "Тхоьх латта хилча керлачу кхолларна чохь хир ду тхо‚ (юха а денлур ду тхо)?" Уьш бу шайн Кхиош-кхобучунна керсталла динарш‚ церан логийх буржулш ду‚ уьш /жоьжахатин/ цIеран дай бу‚ цу чохь уьш гуттар лаьттар бу.
13:6وَيَسْتَعْجِلُونَكَ بِٱلسَّيِّئَةِ قَبْلَ ٱلْحَسَنَةِ وَقَدْ خَلَتْ مِن قَبْلِهِمُ ٱلْمَثُلَٰتُ ۗ وَإِنَّ رَبَّكَ لَذُو مَغْفِرَةٍۢ لِّلنَّاسِ عَلَىٰ ظُلْمِهِمْ ۖ وَإِنَّ رَبَّكَ لَشَدِيدُ ٱلْعِقَابِ
Хьо сихвеш ву цара вочуьнца дикачул хьалха. Царал хьалха а дIадахна масале таIзарш. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург Шегахь гечдар долуш ву нахана церан зуламна тIехь. Баккъалла а‚ хьан Кхиош-кхобург чIогIаниг а ву бекхамца.
13:7وَيَقُولُ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ لَوْلَآ أُنزِلَ عَلَيْهِ ءَايَةٌۭ مِّن رَّبِّهِۦٓ ۗ إِنَّمَآ أَنتَ مُنذِرٌۭ ۖ وَلِكُلِّ قَوْمٍ هَادٍ
Цатешачара олу: "Шен Кхиош-кхобучуьнгара цхьа делил доссинехьара цуьнга!" Хьо дIахоуьйтург ву. ХIора халкъана баьчча ву.
13:8ٱللَّهُ يَعْلَمُ مَا تَحْمِلُ كُلُّ أُنثَىٰ وَمَا تَغِيضُ ٱلْأَرْحَامُ وَمَا تَزْدَادُ ۖ وَكُلُّ شَىْءٍ عِندَهُۥ بِمِقْدَارٍ
Далла хаьа хIор стен (сева хIуманано) /кийрахь/ хьош дерг‚ беран цIийнан тIераэшар а‚ тIекхетар а‚ массо хIума Цуьнан гергахь барамца ду.
13:9عَٰلِمُ ٱلْغَيْبِ وَٱلشَّهَٰدَةِ ٱلْكَبِيرُ ٱلْمُتَعَالِ
Къайлах дерг а‚ гучохь дерг а хууш верг а‚ воккха верг а‚ лакхаваьлларг а ву Иза.
13:10سَوَآءٌۭ مِّنكُم مَّنْ أَسَرَّ ٱلْقَوْلَ وَمَن جَهَرَ بِهِۦ وَمَنْ هُوَ مُسْتَخْفٍۭ بِٱلَّيْلِ وَسَارِبٌۢ بِٱلنَّهَارِ
/Цу Далла/ цхьанийсса ву шух дош къайладаьккхинарг а‚ и гучохь дитинарг а‚ ша буьйсанна хьуллеш верг а‚ дийнахь дIа-схьа уьдуш верг а.
13:11لَهُۥ مُعَقِّبَٰتٌۭ مِّنۢ بَيْنِ يَدَيْهِ وَمِنْ خَلْفِهِۦ يَحْفَظُونَهُۥ مِنْ أَمْرِ ٱللَّهِ ۗ إِنَّ ٱللَّهَ لَا يُغَيِّرُ مَا بِقَوْمٍ حَتَّىٰ يُغَيِّرُوا۟ مَا بِأَنفُسِهِمْ ۗ وَإِذَآ أَرَادَ ٱللَّهُ بِقَوْمٍۢ سُوٓءًۭا فَلَا مَرَدَّ لَهُۥ ۚ وَمَا لَهُم مِّن دُونِهِۦ مِن وَالٍ
Цунна (адамна) шен хьалхахула а‚ шен тIехьахула а шеца цхьаьна леларш ду‚ шаьш и Iалашвеш Делан омрица. Баккъалла а, Дала нахана хIумма а ца хийцадо, цара шаьш шайна хийцадаллац. Далла нахана вониг лиъча, цунна бухатохам бац‚ И воцург урхалча ма вац царна.
13:12هُوَ ٱلَّذِى يُرِيكُمُ ٱلْبَرْقَ خَوْفًۭا وَطَمَعًۭا وَيُنشِئُ ٱلسَّحَابَ ٱلثِّقَالَ
И ву шуна кхерамца а‚ догдахарца а ткъес гойтуьйтуш верг‚ Цо кхиайо еза марха.
13:13وَيُسَبِّحُ ٱلرَّعْدُ بِحَمْدِهِۦ وَٱلْمَلَٰٓئِكَةُ مِنْ خِيفَتِهِۦ وَيُرْسِلُ ٱلصَّوَٰعِقَ فَيُصِيبُ بِهَا مَن يَشَآءُ وَهُمْ يُجَٰدِلُونَ فِى ٱللَّهِ وَهُوَ شَدِيدُ ٱلْمِحَالِ
Стигал къовкъаро а, Цунна хастам барца‚ маликаша а, Цунах кхерарца, тасбахь до‚ стелахаьштигаш дохуьйту Цо‚ уьш Шена луучунна тIетуху, уьш Делехьа къуьйсуш болуш‚ Иза – ницкъанан чIогIаниг ву.
13:14لَهُۥ دَعْوَةُ ٱلْحَقِّ ۖ وَٱلَّذِينَ يَدْعُونَ مِن دُونِهِۦ لَا يَسْتَجِيبُونَ لَهُم بِشَىْءٍ إِلَّا كَبَٰسِطِ كَفَّيْهِ إِلَى ٱلْمَآءِ لِيَبْلُغَ فَاهُ وَمَا هُوَ بِبَٰلِغِهِۦ ۚ وَمَا دُعَآءُ ٱلْكَٰفِرِينَ إِلَّا فِى ضَلَٰلٍۢ
Цуьнга ду бакъдолчун кхайкхар. И воцчуьнга кхойкхуш берш – цхьана а хIуманца царна жоп лур дац цара‚ уьш тера бу хичахула шайн куьйгаш даржийначух, иза шен бага дахийта. Ткъа и ца гIо цига. Цатешачеран доIа ма дац тиларчохь бен.
13:15وَلِلَّهِ يَسْجُدُ مَن فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ طَوْعًۭا وَكَرْهًۭا وَظِلَٰلُهُم بِٱلْغُدُوِّ وَٱلْءَاصَالِ ۩
Далла сужд деш ву стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел верг лууш-ца лууш а‚ церан IиндагIаш а /ду Цунна сужд деш/ Iуьйранна а‚ суьйранна а.
13:16قُلْ مَن رَّبُّ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ قُلِ ٱللَّهُ ۚ قُلْ أَفَٱتَّخَذْتُم مِّن دُونِهِۦٓ أَوْلِيَآءَ لَا يَمْلِكُونَ لِأَنفُسِهِمْ نَفْعًۭا وَلَا ضَرًّۭا ۚ قُلْ هَلْ يَسْتَوِى ٱلْأَعْمَىٰ وَٱلْبَصِيرُ أَمْ هَلْ تَسْتَوِى ٱلظُّلُمَٰتُ وَٱلنُّورُ ۗ أَمْ جَعَلُوا۟ لِلَّهِ شُرَكَآءَ خَلَقُوا۟ كَخَلْقِهِۦ فَتَشَٰبَهَ ٱلْخَلْقُ عَلَيْهِمْ ۚ قُلِ ٱللَّهُ خَٰلِقُ كُلِّ شَىْءٍۢ وَهُوَ ٱلْوَٰحِدُ ٱلْقَهَّٰرُ
Ала: "Мила ву стигалийн а‚ лаьттан а Эла?" Ала: "Дела ву". Ала: "Ткъа, Иза а вуьтий, верасаш лоцу аша‚ шайн догIмашна пайда а‚ я зен шайн долахь боцу?" Ала: "Нислой, ткъа, бIаьрзениг а‚ бIаьрсадерг а‚ я нислой, ткъа, боданаш а‚ нур а?" Я Далла царах накъостий хилийтина‚ цара кхоьллина Цо кхуллуш санна? Кхоллар тарделла царна? Ахьа ала: "Массо а хIуманан кхоллархо ву Дела. И ша цхьа верг а‚ ницкъберг а ву".
13:17أَنزَلَ مِنَ ٱلسَّمَآءِ مَآءًۭ فَسَالَتْ أَوْدِيَةٌۢ بِقَدَرِهَا فَٱحْتَمَلَ ٱلسَّيْلُ زَبَدًۭا رَّابِيًۭا ۚ وَمِمَّا يُوقِدُونَ عَلَيْهِ فِى ٱلنَّارِ ٱبْتِغَآءَ حِلْيَةٍ أَوْ مَتَٰعٍۢ زَبَدٌۭ مِّثْلُهُۥ ۚ كَذَٰلِكَ يَضْرِبُ ٱللَّهُ ٱلْحَقَّ وَٱلْبَٰطِلَ ۚ فَأَمَّا ٱلزَّبَدُ فَيَذْهَبُ جُفَآءًۭ ۖ وَأَمَّا مَا يَنفَعُ ٱلنَّاسَ فَيَمْكُثُ فِى ٱلْأَرْضِ ۚ كَذَٰلِكَ يَضْرِبُ ٱللَّهُ ٱلْأَمْثَالَ
Цо доссийна стиглара хи – тулгIенаш Iоврашца ихира шайн барамехь‚ Iовро яьхьира аййелла чопа‚ цара цIергахь хазаллаш я кхин хIуманаш лоьхуш ягаечух а, чопа ю цунах терра. Иштта даладо Дала бакъдолчун а‚ харцдолчун а масал. Чопа эрна дIагIо‚ ткъа нахана пайда беш дерг лаьттахь дуьсу. Иштта даладо Дала масалш.
13:18لِلَّذِينَ ٱسْتَجَابُوا۟ لِرَبِّهِمُ ٱلْحُسْنَىٰ ۚ وَٱلَّذِينَ لَمْ يَسْتَجِيبُوا۟ لَهُۥ لَوْ أَنَّ لَهُم مَّا فِى ٱلْأَرْضِ جَمِيعًۭا وَمِثْلَهُۥ مَعَهُۥ لَٱفْتَدَوْا۟ بِهِۦٓ ۚ أُو۟لَٰٓئِكَ لَهُمْ سُوٓءُ ٱلْحِسَابِ وَمَأْوَىٰهُمْ جَهَنَّمُ ۖ وَبِئْسَ ٱلْمِهَادُ
Шен Кхиош-кхобучунна жоп деллачарна хазаниг (ялсамани) ду. Цунна жоп ца деллачарна лаьттахь мел дерг хилча а‚ цуьнца кхин цул а‚ и цунах (ялсаманих) дIалур ма дара цара. Ма вон хьесап ду-кх царна! Церан чугIойла жоьжахати ю. Вон (дIавуьжу) мотт бу и!
13:19۞ أَفَمَن يَعْلَمُ أَنَّمَآ أُنزِلَ إِلَيْكَ مِن رَّبِّكَ ٱلْحَقُّ كَمَنْ هُوَ أَعْمَىٰٓ ۚ إِنَّمَا يَتَذَكَّرُ أُو۟لُوا۟ ٱلْأَلْبَٰبِ
Ткъа хьан Кхиош-кхобучуьнгара хьоьга доссинарг бакъдерг дуйла хууш верг бIаьрса доцучух тера ву? Баккъалла а‚ дагадоуьйту хьекъал долчара‚
13:20ٱلَّذِينَ يُوفُونَ بِعَهْدِ ٱللَّهِ وَلَا يَنقُضُونَ ٱلْمِيثَٰقَ
Шаьш кхочушъеш болчара Делан ваIда‚ ца бохош болчара барт‚
13:21وَٱلَّذِينَ يَصِلُونَ مَآ أَمَرَ ٱللَّهُ بِهِۦٓ أَن يُوصَلَ وَيَخْشَوْنَ رَبَّهُمْ وَيَخَافُونَ سُوٓءَ ٱلْحِسَابِ
Шаьш хуттуш болчара Дала хутту‚ аьлла, омра динарг а‚ шайн Делах кхоьручара а‚ вочу хьесапах ларлучара а.
13:22وَٱلَّذِينَ صَبَرُوا۟ ٱبْتِغَآءَ وَجْهِ رَبِّهِمْ وَأَقَامُوا۟ ٱلصَّلَوٰةَ وَأَنفَقُوا۟ مِمَّا رَزَقْنَٰهُمْ سِرًّۭا وَعَلَانِيَةًۭ وَيَدْرَءُونَ بِٱلْحَسَنَةِ ٱلسَّيِّئَةَ أُو۟لَٰٓئِكَ لَهُمْ عُقْبَى ٱلدَّارِ
Шаьш собар диначара а шайн Кхиош-кхобучун юьхь езаш‚ ламаз хIоттиначара а‚ Оха шайна деллачу рицкъанх харж йиначара а къайлах а‚ гучохь а‚ шаьш вониг дикачуьнца духатухуш болчара а‚– царна ю-кх дахаран тIаьхье‚
13:23جَنَّٰتُ عَدْنٍۢ يَدْخُلُونَهَا وَمَن صَلَحَ مِنْ ءَابَآئِهِمْ وَأَزْوَٰجِهِمْ وَذُرِّيَّٰتِهِمْ ۖ وَٱلْمَلَٰٓئِكَةُ يَدْخُلُونَ عَلَيْهِم مِّن كُلِّ بَابٍۢ
Iаднан бошмаш – царна чугIур бу уьш а‚ церан дайх а‚ зударех а‚ зуьретах а дика мел динарг а. Маликаш тIедогIур ду царна массо а неIарехула.
13:24سَلَٰمٌ عَلَيْكُم بِمَا صَبَرْتُمْ ۚ فَنِعْمَ عُقْبَى ٱلدَّارِ
"Машар шуна аша собар дарна". Ма дика ю дахаран тIаьхье!
13:25وَٱلَّذِينَ يَنقُضُونَ عَهْدَ ٱللَّهِ مِنۢ بَعْدِ مِيثَٰقِهِۦ وَيَقْطَعُونَ مَآ أَمَرَ ٱللَّهُ بِهِۦٓ أَن يُوصَلَ وَيُفْسِدُونَ فِى ٱلْأَرْضِ ۙ أُو۟لَٰٓئِكَ لَهُمُ ٱللَّعْنَةُ وَلَهُمْ سُوٓءُ ٱلدَّارِ
Шаьш Делан ваIда йохош болчарна цуьнан барт хиллачул тIаьхьа‚ Дала хутту аьлларг хедош болчарна‚ лаьттахь боьханиг даржош болчарна – царна неIалт ду‚ царна вон цIа ду.
13:26ٱللَّهُ يَبْسُطُ ٱلرِّزْقَ لِمَن يَشَآءُ وَيَقْدِرُ ۚ وَفَرِحُوا۟ بِٱلْحَيَوٰةِ ٱلدُّنْيَا وَمَا ٱلْحَيَوٰةُ ٱلدُّنْيَا فِى ٱلْءَاخِرَةِ إِلَّا مَتَٰعٌۭ
Дала рицкъа кховдадо Шена луучунна‚ барам а бо. Баккхийбоь уьш дуьненан дахарах. Дуьненан дахар ма дац эхартаца дуьстича цхьа хIумалг бен.
13:27وَيَقُولُ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ لَوْلَآ أُنزِلَ عَلَيْهِ ءَايَةٌۭ مِّن رَّبِّهِۦ ۗ قُلْ إِنَّ ٱللَّهَ يُضِلُّ مَن يَشَآءُ وَيَهْدِىٓ إِلَيْهِ مَنْ أَنَابَ
Цатешначара олу: "Цуьнга доссина хиллехьара шен Кхиош-кхобучуьнгара цхьа делил". Ахьа ала: "Баккъалла а, Дала тилавала вуьту Шена луург‚ Цо нис ма во Шена тIе ша вирзинарг.
13:28ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَتَطْمَئِنُّ قُلُوبُهُم بِذِكْرِ ٱللَّهِ ۗ أَلَا بِذِكْرِ ٱللَّهِ تَطْمَئِنُّ ٱلْقُلُوبُ
Иман диллинарш а‚ шайн дегнашна Дела хьехорца тем хилларш а /нисбо Дала нийсачу новкъа/‚ ткъа Дела хьехорца ца хуьлу дегнашна тем?
13:29ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ طُوبَىٰ لَهُمْ وَحُسْنُ مَـَٔابٍۢ
Иман диллинчарна‚ дика Iамалш йиначарна – дика ду‚ хаза чугIойла ю.
13:30كَذَٰلِكَ أَرْسَلْنَٰكَ فِىٓ أُمَّةٍۢ قَدْ خَلَتْ مِن قَبْلِهَآ أُمَمٌۭ لِّتَتْلُوَا۟ عَلَيْهِمُ ٱلَّذِىٓ أَوْحَيْنَآ إِلَيْكَ وَهُمْ يَكْفُرُونَ بِٱلرَّحْمَٰنِ ۚ قُلْ هُوَ رَبِّى لَآ إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ عَلَيْهِ تَوَكَّلْتُ وَإِلَيْهِ مَتَابِ
Иштта вахийтина Оха хьо къомана тIе – цул хьалха а дIадахара къаьмнаш – ахьа царна дешархьама Оха хьайга вехьица делларг, уьш Къинхетам болчунна керсталла деш болуш. Ахьа ала: "Иза сан Кхиош-кхобург ву‚ И воцург кхин дела вац‚ Цунна тIетевжина со‚ Цуьнга ду сан тоба дар".
13:31وَلَوْ أَنَّ قُرْءَانًۭا سُيِّرَتْ بِهِ ٱلْجِبَالُ أَوْ قُطِّعَتْ بِهِ ٱلْأَرْضُ أَوْ كُلِّمَ بِهِ ٱلْمَوْتَىٰ ۗ بَل لِّلَّهِ ٱلْأَمْرُ جَمِيعًا ۗ أَفَلَمْ يَا۟يْـَٔسِ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوٓا۟ أَن لَّوْ يَشَآءُ ٱللَّهُ لَهَدَى ٱلنَّاسَ جَمِيعًۭا ۗ وَلَا يَزَالُ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ تُصِيبُهُم بِمَا صَنَعُوا۟ قَارِعَةٌ أَوْ تَحُلُّ قَرِيبًۭا مِّن دَارِهِمْ حَتَّىٰ يَأْتِىَ وَعْدُ ٱللَّهِ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ لَا يُخْلِفُ ٱلْمِيعَادَ
КъурIанца лаьмнаш леллехьара‚ я латта тийдинехьара‚ я цуьнца белларш бистхиллехьара /иза Делан омра хир дара – тIаккха иман дуьллур дацара цара/. ХIаъ. Делан ду-кх гIуллакх дерриге. Ткъа иман диллинчара дог ца диллина‚ Далла лаахьара нах берриге Цо нисбина хирг хиларх? Цатешачара шаьш динарг бахьанехь царех кхиарах ца соцу бала‚ я церан цIийнан уллохь /буссу/ и Делан ваIда яллац. Баккъалла а, Дала ца йохайо /Шен/ ваIда тоьхна хан.
13:32وَلَقَدِ ٱسْتُهْزِئَ بِرُسُلٍۢ مِّن قَبْلِكَ فَأَمْلَيْتُ لِلَّذِينَ كَفَرُوا۟ ثُمَّ أَخَذْتُهُمْ ۖ فَكَيْفَ كَانَ عِقَابِ
Хьоьл хьалха а сийсазбина элчанаш‚ Аса хан елла битира цатешарш‚ тIаккха Аса /Iазапаца/ схьалецира уьш‚ муха хилира сан таIзар?!
13:33أَفَمَنْ هُوَ قَآئِمٌ عَلَىٰ كُلِّ نَفْسٍۭ بِمَا كَسَبَتْ ۗ وَجَعَلُوا۟ لِلَّهِ شُرَكَآءَ قُلْ سَمُّوهُمْ ۚ أَمْ تُنَبِّـُٔونَهُۥ بِمَا لَا يَعْلَمُ فِى ٱلْأَرْضِ أَم بِظَٰهِرٍۢ مِّنَ ٱلْقَوْلِ ۗ بَلْ زُيِّنَ لِلَّذِينَ كَفَرُوا۟ مَكْرُهُمْ وَصُدُّوا۟ عَنِ ٱلسَّبِيلِ ۗ وَمَن يُضْلِلِ ٱللَّهُ فَمَا لَهُۥ مِنْ هَادٍۢ
Ткъа И Ша хIора сина тIехIоьттинарг‚ /хууш цу сино шена/ карийнарг /тера ву кхечарех/? Далла накъостий хилийтина цара. Ахьа ала: "ЦIераш яха церан! Я аша Цуьнга дуьйцур ду Цунна ца хуург лаьттахь‚ я гучахь долу дош ду /и аша дуьйцург/?" ХIаъ‚ хаздина цатешачарна шайн хIилла‚ новкъах баьхна уьш. Дала тилавала витинчунна цхьа а баьчча вац /и нисван лур волуш/.
13:34لَّهُمْ عَذَابٌۭ فِى ٱلْحَيَوٰةِ ٱلدُّنْيَا ۖ وَلَعَذَابُ ٱلْءَاخِرَةِ أَشَقُّ ۖ وَمَا لَهُم مِّنَ ٱللَّهِ مِن وَاقٍۢ
Царна дуьненан дахарехь а Iазап ду‚ ткъа эхартан Iазап мелхо а хала ду‚ ма вац царна шаьш Делах /Цуьнан Iазапах/ лардан цхьа а.
13:35۞ مَّثَلُ ٱلْجَنَّةِ ٱلَّتِى وُعِدَ ٱلْمُتَّقُونَ ۖ تَجْرِى مِن تَحْتِهَا ٱلْأَنْهَٰرُ ۖ أُكُلُهَا دَآئِمٌۭ وَظِلُّهَا ۚ تِلْكَ عُقْبَى ٱلَّذِينَ ٱتَّقَوا۟ ۖ وَّعُقْبَى ٱلْكَٰفِرِينَ ٱلنَّارُ
/Делах/ кхоьручарна ваIда йина йолчу бешан масал ду шена бухахула татолаш оьхуш долу: цуьнан даар гуттар а ду‚ цуьнан IиндагIа а /гуттар ду/. И ду /Делах/ кхоьруш хиллачарна хиндерг. Цатешачарна хинъерг /жоьжахатин/ цIе ю!
13:36وَٱلَّذِينَ ءَاتَيْنَٰهُمُ ٱلْكِتَٰبَ يَفْرَحُونَ بِمَآ أُنزِلَ إِلَيْكَ ۖ وَمِنَ ٱلْأَحْزَابِ مَن يُنكِرُ بَعْضَهُۥ ۚ قُلْ إِنَّمَآ أُمِرْتُ أَنْ أَعْبُدَ ٱللَّهَ وَلَآ أُشْرِكَ بِهِۦٓ ۚ إِلَيْهِ أَدْعُوا۟ وَإِلَيْهِ مَـَٔابِ
Оха шайга жайна делларш бакхийбуьйш бу хьоьга доссийначуьнца. Тобанех ю цуьнан цхьадолчунна инкарло еш ерг. Ахьа ала: "Суна омра дина аса Далла Iибадат дан а‚ Цуьнца накъост цалацар а‚ аса Цуьнга кхойкху‚ Цуьнга ду сан дIаверзар а"
13:37وَكَذَٰلِكَ أَنزَلْنَٰهُ حُكْمًا عَرَبِيًّۭا ۚ وَلَئِنِ ٱتَّبَعْتَ أَهْوَآءَهُم بَعْدَمَا جَآءَكَ مِنَ ٱلْعِلْمِ مَا لَكَ مِنَ ٱللَّهِ مِن وَلِىٍّۢ وَلَا وَاقٍۢ
Иштта доссийра Оха и /КъурIан/ Iарбийн /маттахь/ хьукам хилла. Хьо церан дезаршна тIаьхьахIоттахь хьайга Iилма деъначул тIаьхьа – Делера вали а вац хьуна‚ лардархо а вац.
13:38وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا رُسُلًۭا مِّن قَبْلِكَ وَجَعَلْنَا لَهُمْ أَزْوَٰجًۭا وَذُرِّيَّةًۭ ۚ وَمَا كَانَ لِرَسُولٍ أَن يَأْتِىَ بِـَٔايَةٍ إِلَّا بِإِذْنِ ٱللَّهِ ۗ لِكُلِّ أَجَلٍۢ كِتَابٌۭ
Хьоьл хьалха а элчанаш бахийтира Оха‚ царна зударий а‚ зуьрет а хилийтира Оха. /Тарлур/ дацара элчанна аят даийта Делан пурбанца а бен. ХIор ханна а жайна ду.
13:39يَمْحُوا۟ ٱللَّهُ مَا يَشَآءُ وَيُثْبِتُ ۖ وَعِندَهُۥٓ أُمُّ ٱلْكِتَٰبِ
Дала Шена луург дойу‚ /Шена луург/ чIагI а до. Цуьнан гергахь жайнан нана ю.
13:40وَإِن مَّا نُرِيَنَّكَ بَعْضَ ٱلَّذِى نَعِدُهُمْ أَوْ نَتَوَفَّيَنَّكَ فَإِنَّمَا عَلَيْكَ ٱلْبَلَٰغُ وَعَلَيْنَا ٱلْحِسَابُ
Я Оха гайтанне а гойтур ду хьоьга Оха царна ваIда йиначух цхьадерш‚ я Оха хьо волуьйтур ву (уьш ца гойтуш) – хьуна тIехь (хьайга Дала делларг нахе) дIахаийтар ду‚ Тхуна тIехь хьесап дар ду.
13:41أَوَلَمْ يَرَوْا۟ أَنَّا نَأْتِى ٱلْأَرْضَ نَنقُصُهَا مِنْ أَطْرَافِهَا ۚ وَٱللَّهُ يَحْكُمُ لَا مُعَقِّبَ لِحُكْمِهِۦ ۚ وَهُوَ سَرِيعُ ٱلْحِسَابِ
Царна ца го-те Тхо лаьтте догIуш хилар и эшош шен йисташкара /ярташа ислам эцарца/? Дала до хьукам‚ Цуьнан хьукамна новкъарло ерг ма вац. И ву хьесапца сиха верг.
13:42وَقَدْ مَكَرَ ٱلَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ فَلِلَّهِ ٱلْمَكْرُ جَمِيعًۭا ۖ يَعْلَمُ مَا تَكْسِبُ كُلُّ نَفْسٍۢ ۗ وَسَيَعْلَمُ ٱلْكُفَّٰرُ لِمَنْ عُقْبَى ٱلدَّارِ
Царел хьалха хиллачара а мекарло йира‚ Делан ю мекарло /йохор/ ерриге а. Цунна хаьа хIор сино карош дерг. ТIаккха хуур ду керстанашна‚ хьан хир ю цIийнан тIаьхье.
13:43وَيَقُولُ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ لَسْتَ مُرْسَلًۭا ۚ قُلْ كَفَىٰ بِٱللَّهِ شَهِيدًۢا بَيْنِى وَبَيْنَكُمْ وَمَنْ عِندَهُۥ عِلْمُ ٱلْكِتَٰبِ
Цатешачара олу: "Хьо ваийтинарг вац"‚ ахьа ала: "Кхачойина Дала теш хиларца суна а, шуна а юккъехь‚ шен гергахь жайнан Iилма долчо а".
14:1الٓر ۚ كِتَٰبٌ أَنزَلْنَٰهُ إِلَيْكَ لِتُخْرِجَ ٱلنَّاسَ مِنَ ٱلظُّلُمَٰتِ إِلَى ٱلنُّورِ بِإِذْنِ رَبِّهِمْ إِلَىٰ صِرَٰطِ ٱلْعَزِيزِ ٱلْحَمِيدِ
Алиф-лам-ра. Жайна ду /хIара/‚ Оха ша хьоьга доссийна долу, хьоьга нах бодашкара серлонга арабахийтархьама – шайн Кхиош-кхобучун пурбанца ша веза волчуьнан‚ ша хастаме волчуьнан некъа тIе‚
14:2ٱللَّهِ ٱلَّذِى لَهُۥ مَا فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَمَا فِى ٱلْأَرْضِ ۗ وَوَيْلٌۭ لِّلْكَٰفِرِينَ مِنْ عَذَابٍۢ شَدِيدٍ
Делан /новкъа/‚ стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг Шена долчу. Бала бу-кх цатешачарна чIогIачу Iазапах.
14:3ٱلَّذِينَ يَسْتَحِبُّونَ ٱلْحَيَوٰةَ ٱلدُّنْيَا عَلَى ٱلْءَاخِرَةِ وَيَصُدُّونَ عَن سَبِيلِ ٱللَّهِ وَيَبْغُونَهَا عِوَجًا ۚ أُو۟لَٰٓئِكَ فِى ضَلَٰلٍۭ بَعِيدٍۢ
Ишттаниш бу уьш шайна дуьненан дахар эхартал сов дезаш‚ Делан некъах /нах/ дIатоьттуш, и гамбан гIерташ, – уьш генарчу тиларчохь ма бу.
14:4وَمَآ أَرْسَلْنَا مِن رَّسُولٍ إِلَّا بِلِسَانِ قَوْمِهِۦ لِيُبَيِّنَ لَهُمْ ۖ فَيُضِلُّ ٱللَّهُ مَن يَشَآءُ وَيَهْدِى مَن يَشَآءُ ۚ وَهُوَ ٱلْعَزِيزُ ٱلْحَكِيمُ
Оха ца ваийтина цхьа а элча цуьнан нехан маттахь бен цуьнга царна билгалдаккхийтархьама. Шена луург тилавала вуьту Дала‚ Шена луург нийсачу новкъа вуьллу. И веза верг а‚ хьукаме верг а ву.
14:5وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا مُوسَىٰ بِـَٔايَٰتِنَآ أَنْ أَخْرِجْ قَوْمَكَ مِنَ ٱلظُّلُمَٰتِ إِلَى ٱلنُّورِ وَذَكِّرْهُم بِأَيَّىٰمِ ٱللَّهِ ۚ إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَٰتٍۢ لِّكُلِّ صَبَّارٍۢ شَكُورٍۢ
Оха Муса вахийтира Тхан аяташца: "Арадаккха хьан къам бодашкара серлонга‚ дагадаийта царна Делан /ниIмат шайн дукхахилла/ денош"‚- аьлла. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду хIор собаре волчунна а‚ баркалла олуш волчунна а.
14:6وَإِذْ قَالَ مُوسَىٰ لِقَوْمِهِ ٱذْكُرُوا۟ نِعْمَةَ ٱللَّهِ عَلَيْكُمْ إِذْ أَنجَىٰكُم مِّنْ ءَالِ فِرْعَوْنَ يَسُومُونَكُمْ سُوٓءَ ٱلْعَذَابِ وَيُذَبِّحُونَ أَبْنَآءَكُمْ وَيَسْتَحْيُونَ نِسَآءَكُمْ ۚ وَفِى ذَٰلِكُم بَلَآءٌۭ مِّن رَّبِّكُمْ عَظِيمٌۭ
Мусас аьллера шен къоме: "Аша дагадаийта шайна хилла Делан ниIмат! Цо кIелхьарадехира шу ФирIавнан доьзалах‚ боьха Iазап шуна тIехь хIоттош болчу‚ шун кIентий бойуш‚ шун зударий дийна буьтуш. Цу чохь шун Кхиош-кхобучуьнгара доккха зер ду шуна".
14:7وَإِذْ تَأَذَّنَ رَبُّكُمْ لَئِن شَكَرْتُمْ لَأَزِيدَنَّكُمْ ۖ وَلَئِن كَفَرْتُمْ إِنَّ عَذَابِى لَشَدِيدٌۭ
Шун Кхиош-кхобучо дIакхайкхира: "Шу баркалле хилча‚ Аса совдохур ду шу /ниIматашкахь/‚ аша керстаналла дича Сан Iазап чIогIа ду!"
14:8وَقَالَ مُوسَىٰٓ إِن تَكْفُرُوٓا۟ أَنتُمْ وَمَن فِى ٱلْأَرْضِ جَمِيعًۭا فَإِنَّ ٱللَّهَ لَغَنِىٌّ حَمِيدٌ
Мусас элира: "Керстаналла дахь аша а‚ массо лаьттахь мел волчо а, – баккъалла а, и Дела хьал долуш а ву (хIумма оьшуш вац)‚ хастаме а ву".
14:9أَلَمْ يَأْتِكُمْ نَبَؤُا۟ ٱلَّذِينَ مِن قَبْلِكُمْ قَوْمِ نُوحٍۢ وَعَادٍۢ وَثَمُودَ ۛ وَٱلَّذِينَ مِنۢ بَعْدِهِمْ ۛ لَا يَعْلَمُهُمْ إِلَّا ٱللَّهُ ۚ جَآءَتْهُمْ رُسُلُهُم بِٱلْبَيِّنَٰتِ فَرَدُّوٓا۟ أَيْدِيَهُمْ فِىٓ أَفْوَٰهِهِمْ وَقَالُوٓا۟ إِنَّا كَفَرْنَا بِمَآ أُرْسِلْتُم بِهِۦ وَإِنَّا لَفِى شَكٍّۢ مِّمَّا تَدْعُونَنَآ إِلَيْهِ مُرِيبٍۢ
Шуьга ца кхаьчна шул хьалха хиллачеран - Нухьан къоман‚ Iадийн‚ Самудийн а хабар‚ царел тIаьхьа хиллачеран а /хабар/? Далла а бен ца хаьа уьш. Цаьрга баьхкира шайн элчанаш билгалонашца – шайн куьйгаш шайн багенашка дохуьйтура цара‚ элира: "Оха керстаналла дина шу шеца даийтинчунна‚ тхо чIогIачу шеконехь ду аша тхо шена тIекхойкхучух".
14:10۞ قَالَتْ رُسُلُهُمْ أَفِى ٱللَّهِ شَكٌّۭ فَاطِرِ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ ۖ يَدْعُوكُمْ لِيَغْفِرَ لَكُم مِّن ذُنُوبِكُمْ وَيُؤَخِّرَكُمْ إِلَىٰٓ أَجَلٍۢ مُّسَمًّۭى ۚ قَالُوٓا۟ إِنْ أَنتُمْ إِلَّا بَشَرٌۭ مِّثْلُنَا تُرِيدُونَ أَن تَصُدُّونَا عَمَّا كَانَ يَعْبُدُ ءَابَآؤُنَا فَأْتُونَا بِسُلْطَٰنٍۢ مُّبِينٍۢ
Церан элчанаша элира: "Ткъа Делехь шеко ю‚ стигланаш а‚ латта а кхоьллинчу? Цо кхойкху шу шун къинош Ша гечдаре‚ тоьхначу ханна шу тIехьататтаре". Цара элира: "Шу ма дац тхо санна адамаш бен‚ шуна лаьа тхо дIататта тхан дай шена Iибадат деш хиллачух‚ даладе тхуна билгала делил".
14:11قَالَتْ لَهُمْ رُسُلُهُمْ إِن نَّحْنُ إِلَّا بَشَرٌۭ مِّثْلُكُمْ وَلَٰكِنَّ ٱللَّهَ يَمُنُّ عَلَىٰ مَن يَشَآءُ مِنْ عِبَادِهِۦ ۖ وَمَا كَانَ لَنَآ أَن نَّأْتِيَكُم بِسُلْطَٰنٍ إِلَّا بِإِذْنِ ٱللَّهِ ۚ وَعَلَى ٱللَّهِ فَلْيَتَوَكَّلِ ٱلْمُؤْمِنُونَ
Церан элчанаш цаьрга элира: "Тхо-м шу санна адамаш дара‚ делахь а Дала Шен лех Шена луучунна ниIмат ло. Шуна цхьа а делил даладойла ца хилла тхан Делан пурбанца а бен‚ Далла тIетевжийла муъма нах.
14:12وَمَا لَنَآ أَلَّا نَتَوَكَّلَ عَلَى ٱللَّهِ وَقَدْ هَدَىٰنَا سُبُلَنَا ۚ وَلَنَصْبِرَنَّ عَلَىٰ مَآ ءَاذَيْتُمُونَا ۚ وَعَلَى ٱللَّهِ فَلْيَتَوَكَّلِ ٱلْمُتَوَكِّلُونَ
Тхо хIунда ца тевжа Далла тIе – Цо тхо нис ма дина тхан некъашна тIе‚ оха собардийр ма ду аша тхуна йинчу халонашкахь‚ шаьш тевжаш берш Далла тIетевжийла!"
14:13وَقَالَ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ لِرُسُلِهِمْ لَنُخْرِجَنَّكُم مِّنْ أَرْضِنَآ أَوْ لَتَعُودُنَّ فِى مِلَّتِنَا ۖ فَأَوْحَىٰٓ إِلَيْهِمْ رَبُّهُمْ لَنُهْلِكَنَّ ٱلظَّٰلِمِينَ
Цатешачара элира шайн элчанашка: "Оха арадохур ду шу тхан лаьттара /махкара/ я шу тхан дине доьрзур ду". Церга церан Кхиош-кхобучо вехьица хаийтира: "Банне а хIаллакбийр бу Оха зуламхой‚
14:14وَلَنُسْكِنَنَّكُمُ ٱلْأَرْضَ مِنۢ بَعْدِهِمْ ۚ ذَٰلِكَ لِمَنْ خَافَ مَقَامِى وَخَافَ وَعِيدِ
Оха шу даха ховшор ду лаьттахь царел тIаьхьа‚ иза ду Суна хьалха ша хIоттарх кхоьруш волчунна‚ Сан таIзарх кхоьруш волчунна".
14:15وَٱسْتَفْتَحُوا۟ وَخَابَ كُلُّ جَبَّارٍ عَنِيدٍۢ
Цара толам бийхира – ийшира массо вухахьара Iазапхо.
14:16مِّن وَرَآئِهِۦ جَهَنَّمُ وَيُسْقَىٰ مِن مَّآءٍۢ صَدِيدٍۢ
Цуьнан тIехьахула жоьжахати ю‚ ноткъан хих малор ду цунна.
14:17يَتَجَرَّعُهُۥ وَلَا يَكَادُ يُسِيغُهُۥ وَيَأْتِيهِ ٱلْمَوْتُ مِن كُلِّ مَكَانٍۢ وَمَا هُوَ بِمَيِّتٍۢ ۖ وَمِن وَرَآئِهِۦ عَذَابٌ غَلِيظٌۭ
Цо къурд бийр бу оцунах‚ герга вац и худа – массо меттигера цунна тIе валар догIу‚ и лан ца ло‚ цуьнан тIехьахула луьра Iазап ду.
14:18مَّثَلُ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ بِرَبِّهِمْ ۖ أَعْمَٰلُهُمْ كَرَمَادٍ ٱشْتَدَّتْ بِهِ ٱلرِّيحُ فِى يَوْمٍ عَاصِفٍۢ ۖ لَّا يَقْدِرُونَ مِمَّا كَسَبُوا۟ عَلَىٰ شَىْءٍۢ ۚ ذَٰلِكَ هُوَ ٱلضَّلَٰلُ ٱلْبَعِيدُ
Шайн Кхиош-кхобучух цатешначеран масал ду: церан Iамалш чимах тера ю, буьрсачу дийнахь шеца мох чIагIбелла болчу. Шаьш тардинчу хIуманна тIехь ницкъ болуш бац уьш. Иза ду-кх генара тилар!
14:19أَلَمْ تَرَ أَنَّ ٱللَّهَ خَلَقَ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضَ بِٱلْحَقِّ ۚ إِن يَشَأْ يُذْهِبْكُمْ وَيَأْتِ بِخَلْقٍۢ جَدِيدٍۢ
Хьуна ца гина Дала стигланаш а‚ латта а кхоьллина хилар хьакъ-бакъ? Шена лаахь Цо шу дIа а дахийтина, керла халкъ далор ду.
14:20وَمَا ذَٰلِكَ عَلَى ٱللَّهِ بِعَزِيزٍۢ
И Далла дезза (хала хIума) дац.
14:21وَبَرَزُوا۟ لِلَّهِ جَمِيعًۭا فَقَالَ ٱلضُّعَفَٰٓؤُا۟ لِلَّذِينَ ٱسْتَكْبَرُوٓا۟ إِنَّا كُنَّا لَكُمْ تَبَعًۭا فَهَلْ أَنتُم مُّغْنُونَ عَنَّا مِنْ عَذَابِ ٱللَّهِ مِن شَىْءٍۢ ۚ قَالُوا۟ لَوْ هَدَىٰنَا ٱللَّهُ لَهَدَيْنَٰكُمْ ۖ سَوَآءٌ عَلَيْنَآ أَجَزِعْنَآ أَمْ صَبَرْنَا مَا لَنَا مِن مَّحِيصٍۢ
Далла гучабовлур бу берриге /къематдийнахь/. Ледара хиллачара эр кура хиллачаьрга: "Тхо хилира /дуьненахь/ шуна тIаьхьахIуттуш. Шуна яккхалой тхуна тIера Делан Iазапах хIумма а?" Цара эр: "Дала тхо нисдинехьара – оха шу а нисдина хир дара. Тхуна цхьатерра ду тхо синтем байна хьийзича а‚ я тхо собар деш Iийча а – тхуна кIелхьарадовлар дац".
14:22وَقَالَ ٱلشَّيْطَٰنُ لَمَّا قُضِىَ ٱلْأَمْرُ إِنَّ ٱللَّهَ وَعَدَكُمْ وَعْدَ ٱلْحَقِّ وَوَعَدتُّكُمْ فَأَخْلَفْتُكُمْ ۖ وَمَا كَانَ لِىَ عَلَيْكُم مِّن سُلْطَٰنٍ إِلَّآ أَن دَعَوْتُكُمْ فَٱسْتَجَبْتُمْ لِى ۖ فَلَا تَلُومُونِى وَلُومُوٓا۟ أَنفُسَكُم ۖ مَّآ أَنَا۠ بِمُصْرِخِكُمْ وَمَآ أَنتُم بِمُصْرِخِىَّ ۖ إِنِّى كَفَرْتُ بِمَآ أَشْرَكْتُمُونِ مِن قَبْلُ ۗ إِنَّ ٱلظَّٰلِمِينَ لَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌۭ
ШайтIано эр ду /къематдийнахь/ гIуллакх кхочуш хилча: "Баккъалла а, Дала йинера шуьца бакъ ваIда‚ аса а ваIда йинера шуьца – аса тешнабехк бина шуна. Шуна тIехь цхьа а хьаькамалла ма дацара сан, аса шуьга кхайкхар бен – аша суна жоп делира. Суна бехкаш ма баха – шайна бехкаш баха. Сан шуна дан гIо а дац‚ шун суна дан гIо а дац. Аса керстаналла дина аша со хьалха накъост лаьцна хиларна". Баккъалла а, зуламхошна лазош долу Iазап ду.
14:23وَأُدْخِلَ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ جَنَّٰتٍۢ تَجْرِى مِن تَحْتِهَا ٱلْأَنْهَٰرُ خَٰلِدِينَ فِيهَا بِإِذْنِ رَبِّهِمْ ۖ تَحِيَّتُهُمْ فِيهَا سَلَٰمٌ
Тешаш хилларш а‚ дика Iамалш йинарш а чубоьхкина хир бу /ялсаманин/ бошмашка‚ шайн бухахула татолаш лелаш йолчу‚ шаьш гуттар цу чохь лаьтташ шайн Делан пурбанца. Церан маршалла цу чохь "Салам" ду.
14:24أَلَمْ تَرَ كَيْفَ ضَرَبَ ٱللَّهُ مَثَلًۭا كَلِمَةًۭ طَيِّبَةًۭ كَشَجَرَةٍۢ طَيِّبَةٍ أَصْلُهَا ثَابِتٌۭ وَفَرْعُهَا فِى ٱلسَّمَآءِ
Хьуна ца гина‚ муха масал далийна Дала хазачу дашах – и хазачу диттах тера ду: цуьнан орам чIогIа бу‚ цуьнан га стиглахь ду.
14:25تُؤْتِىٓ أُكُلَهَا كُلَّ حِينٍۭ بِإِذْنِ رَبِّهَا ۗ وَيَضْرِبُ ٱللَّهُ ٱلْأَمْثَالَ لِلنَّاسِ لَعَلَّهُمْ يَتَذَكَّرُونَ
Шен даар ло цо массо хенахь шен Кхиош-кхобучун пурбанца. Дала масалш даладо нахана – цара ойла йийр яцара-те!
14:26وَمَثَلُ كَلِمَةٍ خَبِيثَةٍۢ كَشَجَرَةٍ خَبِيثَةٍ ٱجْتُثَّتْ مِن فَوْقِ ٱلْأَرْضِ مَا لَهَا مِن قَرَارٍۢ
Боьхачу дешан масал – боьхачу диттах тера ду‚ ша схьадаьккхина долчу /орамашца/ лаьтта тIера – чIагIо яц цуьнан.
14:27يُثَبِّتُ ٱللَّهُ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ بِٱلْقَوْلِ ٱلثَّابِتِ فِى ٱلْحَيَوٰةِ ٱلدُّنْيَا وَفِى ٱلْءَاخِرَةِ ۖ وَيُضِلُّ ٱللَّهُ ٱلظَّٰلِمِينَ ۚ وَيَفْعَلُ ٱللَّهُ مَا يَشَآءُ
Дала чIагIбо иман диллинарш чIогIачу дашца дуьненан дахарехь а‚ эхартахь а. Дала тилабала буьту зуламхой. Дала Шена луъург до.
14:28۞ أَلَمْ تَرَ إِلَى ٱلَّذِينَ بَدَّلُوا۟ نِعْمَتَ ٱللَّهِ كُفْرًۭا وَأَحَلُّوا۟ قَوْمَهُمْ دَارَ ٱلْبَوَارِ
Хьуна ца гина шаьш Делан ниIмат керстаналлах хийцинарш‚ шайн халкъ хIаллакьхиллачу цIа чу охьа ма биссий цара
14:29جَهَنَّمَ يَصْلَوْنَهَا ۖ وَبِئْسَ ٱلْقَرَارُ
Жоьжахатин чу – цу чохь бегар бу уьш. Ма вон чIагIо ю-кх!
14:30وَجَعَلُوا۟ لِلَّهِ أَندَادًۭا لِّيُضِلُّوا۟ عَن سَبِيلِهِۦ ۗ قُلْ تَمَتَّعُوا۟ فَإِنَّ مَصِيرَكُمْ إِلَى ٱلنَّارِ
Далла накъостий хилийтира цара – Цуьнан новкъах /нах/ тилорхьама. Ахьа ала: "Зовкх хьега шайна – шун дIадахар цIерга ду".
14:31قُل لِّعِبَادِىَ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ يُقِيمُوا۟ ٱلصَّلَوٰةَ وَيُنفِقُوا۟ مِمَّا رَزَقْنَٰهُمْ سِرًّۭا وَعَلَانِيَةًۭ مِّن قَبْلِ أَن يَأْتِىَ يَوْمٌۭ لَّا بَيْعٌۭ فِيهِ وَلَا خِلَٰلٌ
Ахьа ала Сан иман диллинчу лешка: ламаз хIоттадойла цара‚ Оха шайна деллачу рицкъанх харж йойла /Делан новкъах/ къайлах а‚ гуш а шена чохь йохка-эцар а‚ доттагIалла а доцу /къемат/ де дале хьалха.
14:32ٱللَّهُ ٱلَّذِى خَلَقَ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضَ وَأَنزَلَ مِنَ ٱلسَّمَآءِ مَآءًۭ فَأَخْرَجَ بِهِۦ مِنَ ٱلثَّمَرَٰتِ رِزْقًۭا لَّكُمْ ۖ وَسَخَّرَ لَكُمُ ٱلْفُلْكَ لِتَجْرِىَ فِى ٱلْبَحْرِ بِأَمْرِهِۦ ۖ وَسَخَّرَ لَكُمُ ٱلْأَنْهَٰرَ
Дела ву Ша кхоьллина стигланаш а‚ латта а. Цо доссийна стиглара хи‚ цуьнца стоьмех шуна рицкъа даьккхина Цо. Шуна муьтIахь дина Цо кема, и лелархьама хIорда чохь Цуьнан омрица‚ шуна муьтIахь дина Цо хиш.
14:33وَسَخَّرَ لَكُمُ ٱلشَّمْسَ وَٱلْقَمَرَ دَآئِبَيْنِ ۖ وَسَخَّرَ لَكُمُ ٱلَّيْلَ وَٱلنَّهَارَ
Цо муьтIахь бина шуна малх а‚ бутт а‚ – и шиъ ца соццуш болх беш болуш. Цо муьтIахь дина шуна буьйса а‚ де а.
14:34وَءَاتَىٰكُم مِّن كُلِّ مَا سَأَلْتُمُوهُ ۚ وَإِن تَعُدُّوا۟ نِعْمَتَ ٱللَّهِ لَا تُحْصُوهَآ ۗ إِنَّ ٱلْإِنسَٰنَ لَظَلُومٌۭ كَفَّارٌۭ
Массо аша шех дехначух шуна делла Цо. Делан ниIматаш аша дагардахь – дагардалур дац уьш шуна. Баккъалла а, адам зуламе а ма ду‚ баркалла олуш а ма дац.
14:35وَإِذْ قَالَ إِبْرَٰهِيمُ رَبِّ ٱجْعَلْ هَٰذَا ٱلْبَلَدَ ءَامِنًۭا وَٱجْنُبْنِى وَبَنِىَّ أَن نَّعْبُدَ ٱلْأَصْنَامَ
ИбрахIима ма аьллера: "Со Кхиош-кхобушверг‚ Ахьа хилийталахь хIара мохк кхерам боцуш‚ со а‚ сан кIентий а гена бахалахь жIарашна Iибадат дарх.
14:36رَبِّ إِنَّهُنَّ أَضْلَلْنَ كَثِيرًۭا مِّنَ ٱلنَّاسِ ۖ فَمَن تَبِعَنِى فَإِنَّهُۥ مِنِّى ۖ وَمَنْ عَصَانِى فَإِنَّكَ غَفُورٌۭ رَّحِيمٌۭ
Со Кхиош-кхобушверг‚ цара тила ма бина нахах дукхахберш. Суна тIаьхьахIоьттинарг – соьх ву‚ суна Iеса хилларг, – баккъалла а, Хьо гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву-кх.
14:37رَّبَّنَآ إِنِّىٓ أَسْكَنتُ مِن ذُرِّيَّتِى بِوَادٍ غَيْرِ ذِى زَرْعٍ عِندَ بَيْتِكَ ٱلْمُحَرَّمِ رَبَّنَا لِيُقِيمُوا۟ ٱلصَّلَوٰةَ فَٱجْعَلْ أَفْـِٔدَةًۭ مِّنَ ٱلنَّاسِ تَهْوِىٓ إِلَيْهِمْ وَٱرْزُقْهُم مِّنَ ٱلثَّمَرَٰتِ لَعَلَّهُمْ يَشْكُرُونَ
Тхан Кхиош-кхобург! Аса даха хаий сан зуьрет ялта доцчу боьрахь Хьан сийлахь долчу цIийнан уллохь. Тхан Кхиош-кхобург! Ламаз хIоттадойла цара‚ нехан дегнаш цергахьа шовкъ йолуш хилийталахь‚ стоьмех рицкъа лолахь царна – цара баркалла ала мегара.
14:38رَبَّنَآ إِنَّكَ تَعْلَمُ مَا نُخْفِى وَمَا نُعْلِنُ ۗ وَمَا يَخْفَىٰ عَلَى ٱللَّهِ مِن شَىْءٍۢ فِى ٱلْأَرْضِ وَلَا فِى ٱلسَّمَآءِ
Тхан Кхиош-кхобург! Хьо хууш ву-кх оха къайладоккхург а‚ оха дIахьедориг а. Делах къайлаер яц хIумма лаьттахь а‚ стиглахь а.
14:39ٱلْحَمْدُ لِلَّهِ ٱلَّذِى وَهَبَ لِى عَلَى ٱلْكِبَرِ إِسْمَٰعِيلَ وَإِسْحَٰقَ ۚ إِنَّ رَبِّى لَسَمِيعُ ٱلدُّعَآءِ
Далла бу хастам‚ суна воккхаллехь ИсмаIил а‚ Исхьакъ а веллачу! Баккъалла а, сан Кхиош-кхобург доIа хезаш верг ву-кх.
14:40رَبِّ ٱجْعَلْنِى مُقِيمَ ٱلصَّلَوٰةِ وَمِن ذُرِّيَّتِى ۚ رَبَّنَا وَتَقَبَّلْ دُعَآءِ
Сан Кхиош-кхобург‚ соьх хилийталахь ламаз хIоттадийриг‚ сан зуьретах а /хилийталахь дика Iамалш ерш берш/. Тхан Кхиош-кхобург‚ сан доIа къобалделахь.
14:41رَبَّنَا ٱغْفِرْ لِى وَلِوَٰلِدَىَّ وَلِلْمُؤْمِنِينَ يَوْمَ يَقُومُ ٱلْحِسَابُ
Тхан Кхиош-кхобург‚ гечделахь суна а‚ сан дена-нанна а‚ муъма нахана а хьесап хIуттур долчу дийнахь".
14:42وَلَا تَحْسَبَنَّ ٱللَّهَ غَٰفِلًا عَمَّا يَعْمَلُ ٱلظَّٰلِمُونَ ۚ إِنَّمَا يُؤَخِّرُهُمْ لِيَوْمٍۢ تَشْخَصُ فِيهِ ٱلْأَبْصَٰرُ
Хьуна ма мотталахь Дела гIовпал ву зуламхоша дечух. Цо тIаьхьатоттуш бу уьш шена чохь бIаьргаш ирх кхетта хир болчу /къемат/ дийне.
14:43مُهْطِعِينَ مُقْنِعِى رُءُوسِهِمْ لَا يَرْتَدُّ إِلَيْهِمْ طَرْفُهُمْ ۖ وَأَفْـِٔدَتُهُمْ هَوَآءٌۭ
Сиха гIур бу уьш шайн кортош айбина‚ шайн бIаьрахьажар духадоьрзур дац цаьрга‚ церан дегнаш хIаваъ хир ду.
14:44وَأَنذِرِ ٱلنَّاسَ يَوْمَ يَأْتِيهِمُ ٱلْعَذَابُ فَيَقُولُ ٱلَّذِينَ ظَلَمُوا۟ رَبَّنَآ أَخِّرْنَآ إِلَىٰٓ أَجَلٍۢ قَرِيبٍۢ نُّجِبْ دَعْوَتَكَ وَنَتَّبِعِ ٱلرُّسُلَ ۗ أَوَلَمْ تَكُونُوٓا۟ أَقْسَمْتُم مِّن قَبْلُ مَا لَكُم مِّن زَوَالٍۢ
Ахьа кхерам таса нахана шайга Iазап догIур долчу дийнаца‚ тIаккха шаьш зулам диначара эр ду: "Тхан Кхиош-кхобург‚ тIаьхьататтахь тхо гергарчу ханна – Хьан кхайкхамна жоп лур дара оха‚ элчанашна а тIаьхьахIуьттур дара тхо". Ткъа шу дацара хьалха дуйнаш бууш шайна дIатилар дац, бохуш?
14:45وَسَكَنتُمْ فِى مَسَٰكِنِ ٱلَّذِينَ ظَلَمُوٓا۟ أَنفُسَهُمْ وَتَبَيَّنَ لَكُمْ كَيْفَ فَعَلْنَا بِهِمْ وَضَرَبْنَا لَكُمُ ٱلْأَمْثَالَ
Шу охьахевшира шайна зуламаш диначерийн гIишлошкахь‚ шуна гучуделира‚ хIун дина Оха царна‚ шуна масалш далийра Оха.
14:46وَقَدْ مَكَرُوا۟ مَكْرَهُمْ وَعِندَ ٱللَّهِ مَكْرُهُمْ وَإِن كَانَ مَكْرُهُمْ لِتَزُولَ مِنْهُ ٱلْجِبَالُ
Шайн мекарло йира цара‚ Далла гергахь ю церан мекарло‚ церан мекарло хиллехь ша лаьмнаш дIадохуьйтуш.
14:47فَلَا تَحْسَبَنَّ ٱللَّهَ مُخْلِفَ وَعْدِهِۦ رُسُلَهُۥٓ ۗ إِنَّ ٱللَّهَ عَزِيزٌۭ ذُو ٱنتِقَامٍۢ
Хьуна цкъа а ма мотталахь‚ Дела Шен элчанашца йолу ваIда йохор йолуш ву, алий. Баккъалла а, Дела веза верг а ву‚ бекхам Шен берг а ву.
14:48يَوْمَ تُبَدَّلُ ٱلْأَرْضُ غَيْرَ ٱلْأَرْضِ وَٱلسَّمَٰوَٰتُ ۖ وَبَرَزُوا۟ لِلَّهِ ٱلْوَٰحِدِ ٱلْقَهَّارِ
Оцу дийнахь латта хийцор ду кхечу лаьттаца‚ стигланаш а /хийцор ю кхечаьрца/ – уьш цхьаъ волчу‚ нуьцкъала волчу Далла хьалха дIахIуттур бу.
14:49وَتَرَى ٱلْمُجْرِمِينَ يَوْمَئِذٍۢ مُّقَرَّنِينَ فِى ٱلْأَصْفَادِ
Хьуна гур бу оцу дийнахь къинош динарш буржулашца /зIенашца/ бихкина.
14:50سَرَابِيلُهُم مِّن قَطِرَانٍۢ وَتَغْشَىٰ وُجُوهَهُمُ ٱلنَّارُ
Церан бедарш силамах /хир ю/‚ церан яххьаш цIеро дIалоцур ю
14:51لِيَجْزِىَ ٱللَّهُ كُلَّ نَفْسٍۢ مَّا كَسَبَتْ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ سَرِيعُ ٱلْحِسَابِ
Дала бекхам балархьама хIора сина ша карийначуьнца. Баккъалла а, Дела хьесап дарца сиханиг ву.
14:52هَٰذَا بَلَٰغٌۭ لِّلنَّاسِ وَلِيُنذَرُوا۟ بِهِۦ وَلِيَعْلَمُوٓا۟ أَنَّمَا هُوَ إِلَٰهٌۭ وَٰحِدٌۭ وَلِيَذَّكَّرَ أُو۟لُوا۟ ٱلْأَلْبَٰبِ
ХIара хаам бу нахана‚ цуьнца царна кхерам тасархьама а‚ царна хаархьама а Иза хилар цхьа Дела‚ хьекъалдерш кхетархьама а.