25:21۞ وَقَالَ ٱلَّذِينَ لَا يَرْجُونَ لِقَآءَنَا لَوْلَآ أُنزِلَ عَلَيْنَا ٱلْمَلَٰٓئِكَةُ أَوْ نَرَىٰ رَبَّنَا ۗ لَقَدِ ٱسْتَكْبَرُوا۟ فِىٓ أَنفُسِهِمْ وَعَتَوْ عُتُوًّۭا كَبِيرًۭا
Элира Тхоьца цхьаьнакхетаре дог дохуш боцучара: "Вайна доссинехьара маликаш‚ я вайна гуш велахьара вайн Кхиош-кхобушверг". Уьш курабевлира шаьшлахь‚ дозанах бевлира уьш баларал а сов.
25:22يَوْمَ يَرَوْنَ ٱلْمَلَٰٓئِكَةَ لَا بُشْرَىٰ يَوْمَئِذٍۢ لِّلْمُجْرِمِينَ وَيَقُولُونَ حِجْرًۭا مَّحْجُورًۭا
Шайна маликаш гинчу дийнахь – кхаъ хир бац оцу дийнахь къинош диначарна‚ цара /маликаш/ эр ду: "ЧIогIа дуьхьало ю".
25:23وَقَدِمْنَآ إِلَىٰ مَا عَمِلُوا۟ مِنْ عَمَلٍۢ فَجَعَلْنَٰهُ هَبَآءًۭ مَّنثُورًا
Тхо тIедаьхкира цара йинчу Iамална‚ цунах хилийтира Оха баьржина чим (ца лерира Оха церан Iамалш).
25:24أَصْحَٰبُ ٱلْجَنَّةِ يَوْمَئِذٍ خَيْرٌۭ مُّسْتَقَرًّۭا وَأَحْسَنُ مَقِيلًۭا
Ялсаманин дай оцу дийнахь дика хир бу чIагIбаларан меттигца а‚ вуно дика хир бу /делкъахь/ садаIаран меттигца а.
25:25وَيَوْمَ تَشَقَّقُ ٱلسَّمَآءُ بِٱلْغَمَٰمِ وَنُزِّلَ ٱلْمَلَٰٓئِكَةُ تَنزِيلًا
Оцу дийнахь етIар ю стигал мархашца‚ охьадиссор ду маликаш /могIаршца/ охьадиссорца.
25:26ٱلْمُلْكُ يَوْمَئِذٍ ٱلْحَقُّ لِلرَّحْمَٰنِ ۚ وَكَانَ يَوْمًا عَلَى ٱلْكَٰفِرِينَ عَسِيرًۭا
Хьакъ-бакъ долу паччахьалла оцу дийнахь хир ду Къинхетам болчунна". И хир ду цатешачарна хала /де/.
25:27وَيَوْمَ يَعَضُّ ٱلظَّالِمُ عَلَىٰ يَدَيْهِ يَقُولُ يَٰلَيْتَنِى ٱتَّخَذْتُ مَعَ ٱلرَّسُولِ سَبِيلًۭا
Оцу дийнахь зулам динчо цергаш юхкур ю шен куьйгех‚ эр ду: "Ма дакъазваьлла-кх со. Элчанца некъ лаьцна хиллехьара аса."
25:28يَٰوَيْلَتَىٰ لَيْتَنِى لَمْ أَتَّخِذْ فُلَانًا خَلِيلًۭا
"Ма бала бу-кх суна! Ма лаьцнехьара аса хьенех доттагIа.
25:29لَّقَدْ أَضَلَّنِى عَنِ ٱلذِّكْرِ بَعْدَ إِذْ جَآءَنِى ۗ وَكَانَ ٱلشَّيْطَٰنُ لِلْإِنسَٰنِ خَذُولًۭا
Тилийра цо со хьехамах‚ и соьга беъначул тIаьхьа. ШайтIа хилира адамна ямартхо".
25:30وَقَالَ ٱلرَّسُولُ يَٰرَبِّ إِنَّ قَوْمِى ٱتَّخَذُوا۟ هَٰذَا ٱلْقُرْءَانَ مَهْجُورًۭا
Эр ду элчано: "Сан Кхиош-кхобуш волу Дела‚ баккъалла а, сан къомо хIара КъурIан дIатесна ма дити!"
25:31وَكَذَٰلِكَ جَعَلْنَا لِكُلِّ نَبِىٍّ عَدُوًّۭا مِّنَ ٱلْمُجْرِمِينَ ۗ وَكَفَىٰ بِرَبِّكَ هَادِيًۭا وَنَصِيرًۭا
Иштта хIора пайхамарна а Оха хилийтира мостагI къинош диначарех. Тоьур ду хьуна хьан Кхиош-кхобушверг хилча нисвеш верг а‚ гIоьнча а.
25:32وَقَالَ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ لَوْلَا نُزِّلَ عَلَيْهِ ٱلْقُرْءَانُ جُمْلَةًۭ وَٰحِدَةًۭ ۚ كَذَٰلِكَ لِنُثَبِّتَ بِهِۦ فُؤَادَكَ ۖ وَرَتَّلْنَٰهُ تَرْتِيلًۭا
Элира цатешачара: "Доьссинехьара цуьнга /хIара/ КъурIан цхьана тептарца". Иштта /доссийна Оха и/ шеца хьан дог чIагIдархьама‚ Оха дийшира и тIеттIа".
25:33وَلَا يَأْتُونَكَ بِمَثَلٍ إِلَّا جِئْنَٰكَ بِٱلْحَقِّ وَأَحْسَنَ تَفْسِيرًا
Хьоьга богIур бац уьш цхьана масалца Тхо хьоьга догIуш бен бакъдолчуьнца‚ вуно хазачу тидарца.
25:34ٱلَّذِينَ يُحْشَرُونَ عَلَىٰ وُجُوهِهِمْ إِلَىٰ جَهَنَّمَ أُو۟لَٰٓئِكَ شَرٌّۭ مَّكَانًۭا وَأَضَلُّ سَبِيلًۭا
Шаьш гулбийр берш шайн яххьашкахь жоьжахатина тIе – уьш бу вонаш меттигаца‚ уггар тилабелларш некъаца.
25:35وَلَقَدْ ءَاتَيْنَا مُوسَى ٱلْكِتَٰبَ وَجَعَلْنَا مَعَهُۥٓ أَخَاهُ هَٰرُونَ وَزِيرًۭا
Оха делира /хьалха/ Мусага жайна‚ вазир хилийтира цуьнца цуьнан ваша ХIарун.
25:36فَقُلْنَا ٱذْهَبَآ إِلَى ٱلْقَوْمِ ٱلَّذِينَ كَذَّبُوا۟ بِـَٔايَٰتِنَا فَدَمَّرْنَٰهُمْ تَدْمِيرًۭا
Оха элира: "ДIагIо шу шиъ шаьш Тхан аяташ харцдинчу халкъана тIе". ТIаккха Оха уьш этира атарца.
25:37وَقَوْمَ نُوحٍۢ لَّمَّا كَذَّبُوا۟ ٱلرُّسُلَ أَغْرَقْنَٰهُمْ وَجَعَلْنَٰهُمْ لِلنَّاسِ ءَايَةًۭ ۖ وَأَعْتَدْنَا لِلظَّٰلِمِينَ عَذَابًا أَلِيمًۭا
Нухьан халкъ а‚ цара элчанаш харцбича‚ хин бухабахийтира Оха уьш‚ Оха хилийтира царех нахана делил‚ Оха кечдира зуламхошна лазош долу Iазап.
25:38وَعَادًۭا وَثَمُودَا۟ وَأَصْحَٰبَ ٱلرَّسِّ وَقُرُونًۢا بَيْنَ ذَٰلِكَ كَثِيرًۭا
Iадаш а‚ Самудаш а‚ Рассан дай а, цу юкъахь тIаьхьенаш дуккха а /хIаллакйира Оха/.
25:39وَكُلًّۭا ضَرَبْنَا لَهُ ٱلْأَمْثَٰلَ ۖ وَكُلًّۭا تَبَّرْنَا تَتْبِيرًۭا
ХIоранна Оха далийра шен масалш‚ хIора а Оха хIаллаквира хIаллакварца.
25:40وَلَقَدْ أَتَوْا۟ عَلَى ٱلْقَرْيَةِ ٱلَّتِىٓ أُمْطِرَتْ مَطَرَ ٱلسَّوْءِ ۚ أَفَلَمْ يَكُونُوا۟ يَرَوْنَهَا ۚ بَلْ كَانُوا۟ لَا يَرْجُونَ نُشُورًۭا
Уьш /Маккан керстанаш/ ма бахарий юьрта тIе‚ шена тIе вонан догIа дилхина хиллачу. Ткъа уьш хилира и ца гуш? ХIан-хIа! Уьш хилира духадендаре дог ца дохуш.
25:41وَإِذَا رَأَوْكَ إِن يَتَّخِذُونَكَ إِلَّا هُزُوًا أَهَٰذَا ٱلَّذِى بَعَثَ ٱللَّهُ رَسُولًا
Хьо шайна гича‚ хьоьх белар до цара: "ХIара ву Дала ваийтинарг элча вина?
25:42إِن كَادَ لَيُضِلُّنَا عَنْ ءَالِهَتِنَا لَوْلَآ أَن صَبَرْنَا عَلَيْهَا ۚ وَسَوْفَ يَعْلَمُونَ حِينَ يَرَوْنَ ٱلْعَذَابَ مَنْ أَضَلُّ سَبِيلًا
Вай вайн делийх дIатиладарах ца соцу-кх иза‚ вай церан тIехь собар ца дахь". ТIаьхьа хуур ду царна шайна Iазап гича‚ мила хилла уггар тилавелларг некъаца.
25:43أَرَءَيْتَ مَنِ ٱتَّخَذَ إِلَٰهَهُۥ هَوَىٰهُ أَفَأَنتَ تَكُونُ عَلَيْهِ وَكِيلًا
Хьуна гиний и шен Делах шен дезар динарг? Ткъа хьо хир вара цуьнан тIехь векал?
25:44أَمْ تَحْسَبُ أَنَّ أَكْثَرَهُمْ يَسْمَعُونَ أَوْ يَعْقِلُونَ ۚ إِنْ هُمْ إِلَّا كَٱلْأَنْعَٰمِ ۖ بَلْ هُمْ أَضَلُّ سَبِيلًا
Я хьуна моьтту царех дукханаш хозуш я ойла еш бу. Уьш-м бежнаш санна бен баций. ХIаъ‚ уьш вуно а тилабелларш бу некъаца.
25:45أَلَمْ تَرَ إِلَىٰ رَبِّكَ كَيْفَ مَدَّ ٱلظِّلَّ وَلَوْ شَآءَ لَجَعَلَهُۥ سَاكِنًۭا ثُمَّ جَعَلْنَا ٱلشَّمْسَ عَلَيْهِ دَلِيلًۭا
Хьо ца хьоьжу хьан Кхиош-кхобучунга‚ муха даржина Цо IиндагIа? Шена лиънехьара‚ Цо и хуьлийтара дара /паргIат/ сецца. ТIаккха Оха малх хилийтира цуьнан тIехь делил.
25:46ثُمَّ قَبَضْنَٰهُ إِلَيْنَا قَبْضًۭا يَسِيرًۭا
ТIаккха Оха Тхайна тIе озадира и /IиндагI/ и дайа озадарца (кIез-кIеззиг доккхуш дIа даьккхира Оха и IиндагIа, тIаккха кIез-кIеззиг духа хуьлуьйту).
25:47وَهُوَ ٱلَّذِى جَعَلَ لَكُمُ ٱلَّيْلَ لِبَاسًۭا وَٱلنَّوْمَ سُبَاتًۭا وَجَعَلَ ٱلنَّهَارَ نُشُورًۭا
Иза ву Ша хилийтинарг шуна буьйсанах духар‚ набарах – синтем‚ Цо хилийтина дийнах духадендалар.
25:48وَهُوَ ٱلَّذِىٓ أَرْسَلَ ٱلرِّيَٰحَ بُشْرًۢا بَيْنَ يَدَىْ رَحْمَتِهِۦ ۚ وَأَنزَلْنَا مِنَ ٱلسَّمَآءِ مَآءًۭ طَهُورًۭا
Иза ву баийтинарг мох кхаъ хилла Шен къинхетамал хьалха‚ Оха охьадоссира стиглара цIена хи.
25:49لِّنُحْۦِىَ بِهِۦ بَلْدَةًۭ مَّيْتًۭا وَنُسْقِيَهُۥ مِمَّا خَلَقْنَآ أَنْعَٰمًۭا وَأَنَاسِىَّ كَثِيرًۭا
Цуьнца Оха денбархьама белла мохк‚ и маладо Оха /шортта/ Тхаш кхоьллинчух бежнашна а‚ дуккха нахана а.
25:50وَلَقَدْ صَرَّفْنَٰهُ بَيْنَهُمْ لِيَذَّكَّرُوا۟ فَأَبَىٰٓ أَكْثَرُ ٱلنَّاسِ إِلَّا كُفُورًۭا
И /хи/ даржира Оха царна юккъехь царна дагадайтархьама /Делан ниIмат/. Дуккха нах дуьхьал хилира /массо дикачу хIуманна/ керстаналла доцучунна.
25:51وَلَوْ شِئْنَا لَبَعَثْنَا فِى كُلِّ قَرْيَةٍۢ نَّذِيرًۭا
Тхуна лиънехьара‚ Оха ваийтина хир вара хIора юртахь кхерамча.
25:52فَلَا تُطِعِ ٱلْكَٰفِرِينَ وَجَٰهِدْهُم بِهِۦ جِهَادًۭا كَبِيرًۭا
Хьо муьтIахь ма хилалахь цатешачаьрна‚ къовса царца цуьнца /КъурIанца/ доккха къовсарца.
25:53۞ وَهُوَ ٱلَّذِى مَرَجَ ٱلْبَحْرَيْنِ هَٰذَا عَذْبٌۭ فُرَاتٌۭ وَهَٰذَا مِلْحٌ أُجَاجٌۭ وَجَعَلَ بَيْنَهُمَا بَرْزَخًۭا وَحِجْرًۭا مَّحْجُورًۭا
Иза ву ши хIоьрд хецна битинарг /я оьхучу хин ши агIо хецна йитинарг/: хIара – теза-мерза‚ хIара – дуьра-чемаза‚ Цо хилийтина цу шиннан юккъехь /йоккха/ парду а‚ чIогIа дуьхьало а /вовшех ца эва уьш/.
25:54وَهُوَ ٱلَّذِى خَلَقَ مِنَ ٱلْمَآءِ بَشَرًۭا فَجَعَلَهُۥ نَسَبًۭا وَصِهْرًۭا ۗ وَكَانَ رَبُّكَ قَدِيرًۭا
Иза ву кхоьллинарг хих адам‚ Цо цуна хилийтина шен схьавалар а‚ зударийн агIорхьара /захаллин/ гергарло а. Хилира хьан Кхиош-кхобург ницIкъ кхочуш.
25:55وَيَعْبُدُونَ مِن دُونِ ٱللَّهِ مَا لَا يَنفَعُهُمْ وَلَا يَضُرُّهُمْ ۗ وَكَانَ ٱلْكَافِرُ عَلَىٰ رَبِّهِۦ ظَهِيرًۭا
Цара Iибадат до Дела вуьтий шайна пайда а‚ зен а ца дечуьнна. Хили цатешарг шен Кхиош-кхобучун дуьхьал гIоьнча.
25:56وَمَآ أَرْسَلْنَٰكَ إِلَّا مُبَشِّرًۭا وَنَذِيرًۭا
Хьо ца ваийтина Оха кхаъ бийриг а‚ кхерам тосург а хилла бен.
25:57قُلْ مَآ أَسْـَٔلُكُمْ عَلَيْهِ مِنْ أَجْرٍ إِلَّا مَن شَآءَ أَن يَتَّخِذَ إِلَىٰ رَبِّهِۦ سَبِيلًۭا
Ахьа ала: "Аса шуьга ца боьху цуна цхьа а мах‚ шена луучо шен Кхиош-кхобучун некъ лацар бен".
25:58وَتَوَكَّلْ عَلَى ٱلْحَىِّ ٱلَّذِى لَا يَمُوتُ وَسَبِّحْ بِحَمْدِهِۦ ۚ وَكَفَىٰ بِهِۦ بِذُنُوبِ عِبَادِهِۦ خَبِيرًا
Хьо тIетовжа ша дийнаволчунна /Далла/‚ лийриг воцчу‚ тасбахь де Иза хасторца. Кхачо ю Цуьнца Шен лайн къинош сов довзарца.
25:59ٱلَّذِى خَلَقَ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَا فِى سِتَّةِ أَيَّامٍۢ ثُمَّ ٱسْتَوَىٰ عَلَى ٱلْعَرْشِ ۚ ٱلرَّحْمَٰنُ فَسْـَٔلْ بِهِۦ خَبِيرًۭا
Ишттанниг ву Иза Ша кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь мел дерг ялх дийнахь‚ тIаккха дIанисвелла Иза Iаршана тIе. Къинхетаме верг ву Иза. Хатта цуьнах хуушволчуьнга.
25:60وَإِذَا قِيلَ لَهُمُ ٱسْجُدُوا۟ لِلرَّحْمَٰنِ قَالُوا۟ وَمَا ٱلرَّحْمَٰنُ أَنَسْجُدُ لِمَا تَأْمُرُنَا وَزَادَهُمْ نُفُورًۭا ۩
Шайга элча: "Сужд де Къинхетаме волчунна"‚ цара элира: "ХIун ду и Къинхетаме верг? ТIкъа оха сужд до ахьа тхуна омра дечунна". Цо совбехира уьш /Делан новкъах/ дог даларца.
25:61تَبَارَكَ ٱلَّذِى جَعَلَ فِى ٱلسَّمَآءِ بُرُوجًۭا وَجَعَلَ فِيهَا سِرَٰجًۭا وَقَمَرًۭا مُّنِيرًۭا
Беркате ву Ша стиглахь седарчийн тоба йинарг‚ Цо бина цу чохь чиркх а‚ нуре болу бутт а.
25:62وَهُوَ ٱلَّذِى جَعَلَ ٱلَّيْلَ وَٱلنَّهَارَ خِلْفَةًۭ لِّمَنْ أَرَادَ أَن يَذَّكَّرَ أَوْ أَرَادَ شُكُورًۭا
Иза ву хилийтинарг буьйса а‚ де а хийцалуш шена луучунна ойла ян‚ я баркалла ала.
25:63وَعِبَادُ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلَّذِينَ يَمْشُونَ عَلَى ٱلْأَرْضِ هَوْنًۭا وَإِذَا خَاطَبَهُمُ ٱلْجَٰهِلُونَ قَالُوا۟ سَلَٰمًۭا
Къинхетаме волчун леш бу – шаьш лаьттахь лелашберш муьтIахь хилла шайга жехIал нах бистхилча‚ олуш берш: "Салам! "
25:64وَٱلَّذِينَ يَبِيتُونَ لِرَبِّهِمْ سُجَّدًۭا وَقِيَٰمًۭا
Буьсанаш йохуш берш а шайн Кхиош-кхобучун сужд деш а‚ ира хIоьттина лаьтташ а.
25:65وَٱلَّذِينَ يَقُولُونَ رَبَّنَا ٱصْرِفْ عَنَّا عَذَابَ جَهَنَّمَ ۖ إِنَّ عَذَابَهَا كَانَ غَرَامًا
Олуш берш: "Тхан Кхиош-кхобург! ДIадаккхалахь тхоьх жоьжахатин Iазап. Баккъалла а, цуьнан Iазап хилла тIедоьжна (царех ца къаьсташ).
25:66إِنَّهَا سَآءَتْ مُسْتَقَرًّۭا وَمُقَامًۭا
Баккъалла а, ма вон хили-кх иза /чохь/ латтарна а‚ /садаIа/ меттиг хиларна а".
25:67وَٱلَّذِينَ إِذَآ أَنفَقُوا۟ لَمْ يُسْرِفُوا۟ وَلَمْ يَقْتُرُوا۟ وَكَانَ بَيْنَ ذَٰلِكَ قَوَامًۭا
ШIаьш сагIина луш кхоам а беш берш‚ пис ца хуьлуш берш‚ цу юккъехь хIоьттина лаьттарш /бу Цу Делан дика леш/.
25:68وَٱلَّذِينَ لَا يَدْعُونَ مَعَ ٱللَّهِ إِلَٰهًا ءَاخَرَ وَلَا يَقْتُلُونَ ٱلنَّفْسَ ٱلَّتِى حَرَّمَ ٱللَّهُ إِلَّا بِٱلْحَقِّ وَلَا يَزْنُونَ ۚ وَمَن يَفْعَلْ ذَٰلِكَ يَلْقَ أَثَامًۭا
Делаца кхин деле ца кхойкхуш берш‚ ца дойу са Дала ша /ден/ хьарам дина долу‚ /ден/ хьакъ долуш бен‚ зина ца до. И деш верг къица дуьхьал кхетар ву.
25:69يُضَٰعَفْ لَهُ ٱلْعَذَابُ يَوْمَ ٱلْقِيَٰمَةِ وَيَخْلُدْ فِيهِۦ مُهَانًا
Шозза алсам доккхур ду цуна Iазап къемат дийнахь‚ гуттар лаьттар ву иза цу чохь сийсаза хилла.
25:70إِلَّا مَن تَابَ وَءَامَنَ وَعَمِلَ عَمَلًۭا صَٰلِحًۭا فَأُو۟لَٰٓئِكَ يُبَدِّلُ ٱللَّهُ سَيِّـَٔاتِهِمْ حَسَنَٰتٍۢ ۗ وَكَانَ ٱللَّهُ غَفُورًۭا رَّحِيمًۭا
Ша тоба дийнариг а‚ иман диллинарг а‚ дика Iамал йинарг а воцург – уьш бу Дала шайн вонаш диканашца хийцор дерш. Хили Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме а верг.
25:71وَمَن تَابَ وَعَمِلَ صَٰلِحًۭا فَإِنَّهُۥ يَتُوبُ إِلَى ٱللَّهِ مَتَابًۭا
Тоба а‚ дика Iамал йинарг – баккъалла а, цо тоба до Деле /къиношна/ дохко валарца.
25:72وَٱلَّذِينَ لَا يَشْهَدُونَ ٱلزُّورَ وَإِذَا مَرُّوا۟ بِٱللَّغْوِ مَرُّوا۟ كِرَامًۭا
Харц тешалла ца деш берш‚ шаьш дессачу хабарна уллохула боьдуш – оьзда чекхболу берш.
25:73وَٱلَّذِينَ إِذَا ذُكِّرُوا۟ بِـَٔايَٰتِ رَبِّهِمْ لَمْ يَخِرُّوا۟ عَلَيْهَا صُمًّۭا وَعُمْيَانًۭا
Шайн Кхиош-кхобучун аяташ шайна тIехь хьехийча – царна бертал ца бегаш берш къора хилла а‚ бIаьрса доцуш хилла.
25:74وَٱلَّذِينَ يَقُولُونَ رَبَّنَا هَبْ لَنَا مِنْ أَزْوَٰجِنَا وَذُرِّيَّٰتِنَا قُرَّةَ أَعْيُنٍۢ وَٱجْعَلْنَا لِلْمُتَّقِينَ إِمَامًا
Олуш берш: "Тхан Кхиош-кхобург‚ лолахь тхуна тхан зударех а‚ доьзалах а бIаьрг бекхабалар‚ тхо хилийталахь /Делах/ кхоьручарна масал (уьш Тхуна тIаьхьахIуттуш)".
25:75أُو۟لَٰٓئِكَ يُجْزَوْنَ ٱلْغُرْفَةَ بِمَا صَبَرُوا۟ وَيُلَقَّوْنَ فِيهَا تَحِيَّةًۭ وَسَلَٰمًا
Царна ялана лур ю /ялсаманин/ хIусам цара /иманца/ собар дарна‚ цигахь царна дуьхьал догIур ду /маликаш/ маршаллица а‚ саламца а.
25:76خَٰلِدِينَ فِيهَا ۚ حَسُنَتْ مُسْتَقَرًّۭا وَمُقَامًۭا
Гуттар лаьттар бу уьш цу чохь. Хаза хилла латтарца а /чIагIбелла/‚ меттигца а /садаIа/.
25:77قُلْ مَا يَعْبَؤُا۟ بِكُمْ رَبِّى لَوْلَا دُعَآؤُكُمْ ۖ فَقَدْ كَذَّبْتُمْ فَسَوْفَ يَكُونُ لِزَامًۢا
Ахьа ала: "Шуьца бала хир бацара сан Кхиош-кхобучун‚ шун кхайкхар ца хиллехьара. Аша харцдина /Цуьнан дин/ – тIаьхьа хир ду шуна иза хилаза ца долуш дерг".
26:1طسٓمٓ
ТIа-син-мим.
26:2تِلْكَ ءَايَٰتُ ٱلْكِتَٰبِ ٱلْمُبِينِ
ХIорш /хIума/ къастош долчу жайнан аяташ ду.
26:3لَعَلَّكَ بَٰخِعٌۭ نَّفْسَكَ أَلَّا يَكُونُوا۟ مُؤْمِنِينَ
Хьо хила мега хьуо хIаллак веш уьш ца тешаш хиларна.
26:4إِن نَّشَأْ نُنَزِّلْ عَلَيْهِم مِّنَ ٱلسَّمَآءِ ءَايَةًۭ فَظَلَّتْ أَعْنَٰقُهُمْ لَهَا خَٰضِعِينَ
Тхуна лаахь‚ Оха доссор ду царна стиглара аят - тIаккха дуьсур ду церан легаш цунна /Делан аятана‚ делилна/ муьтIахь хилла.
26:5وَمَا يَأْتِيهِم مِّن ذِكْرٍۢ مِّنَ ٱلرَّحْمَٰنِ مُحْدَثٍ إِلَّا كَانُوا۟ عَنْهُ مُعْرِضِينَ
Цаьрга ца богIу Къинхетамболчуьнгара цхьаа керла хьехам уьш цунах дIабоьрзуш бен.
26:6فَقَدْ كَذَّبُوا۟ فَسَيَأْتِيهِمْ أَنۢبَٰٓؤُا۟ مَا كَانُوا۟ بِهِۦ يَسْتَهْزِءُونَ
Харц бира цара /элчанаш/ - тIаьхьа богIур бу цаьрга хаам‚ уьш шех ца бешаш хилла болу.
26:7أَوَلَمْ يَرَوْا۟ إِلَى ٱلْأَرْضِ كَمْ أَنۢبَتْنَا فِيهَا مِن كُلِّ زَوْجٍۢ كَرِيمٍ
Уьш ца хьоьжу-те латта - мел дукха дика хIуманаш ялийтина Оха цуьнах /шиш-шиш/!
26:8إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَةًۭ ۖ وَمَا كَانَ أَكْثَرُهُم مُّؤْمِنِينَ
Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хили-кх царех дукханаш тешаш.
26:9وَإِنَّ رَبَّكَ لَهُوَ ٱلْعَزِيزُ ٱلرَّحِيمُ
Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург - Иза ву-кх Веза верг а‚ Къинхетаме верг а.
26:10وَإِذْ نَادَىٰ رَبُّكَ مُوسَىٰٓ أَنِ ٱئْتِ ٱلْقَوْمَ ٱلظَّٰلِمِينَ
Кхайкхира хьан Кхиош-кхобучо Мусага: “ДIагIо зуламе болчу нахана тIе,
26:11قَوْمَ فِرْعَوْنَ ۚ أَلَا يَتَّقُونَ
ФирIавнан нахана тIе. Уьш кхоьрур бацара-те?”
26:12قَالَ رَبِّ إِنِّىٓ أَخَافُ أَن يُكَذِّبُونِ
Цо /Мусас/ элира: “Сан Кхиош-кхобушверг‚ баккъалла а, со кхоьру-кх цара со харцварна.
26:13وَيَضِيقُ صَدْرِى وَلَا يَنطَلِقُ لِسَانِى فَأَرْسِلْ إِلَىٰ هَٰرُونَ
Гаттало-кх сан дог‚ ца бастало-кх сан мотт а. ХIарунан тIе бахийтахь /и соьца вайтан/.
26:14وَلَهُمْ عَلَىَّ ذَنۢبٌۭ فَأَخَافُ أَن يَقْتُلُونِ
Церан суна тIехь къа ду - со кхоьру цара со вен”.
26:15قَالَ كَلَّا ۖ فَٱذْهَبَا بِـَٔايَٰتِنَآ ۖ إِنَّا مَعَكُم مُّسْتَمِعُونَ
Цо /Дала/ элира: “ХIан-хIа! ДIагIо шу шиъ Тхан аяташца. Баккъалла а, Тхо шуьца ду ладугIаш.
26:16فَأْتِيَا فِرْعَوْنَ فَقُولَآ إِنَّا رَسُولُ رَبِّ ٱلْعَٰلَمِينَ
Шу шиъ дIагIо ФирIавнан тIе‚ аша шиммо дIаала: “Тхо Iаламийн Ден элчанаш ду.
26:17أَنْ أَرْسِلْ مَعَنَا بَنِىٓ إِسْرَٰٓءِيلَ
ДIабаийта тхоьца Исраилан кIентий”.
26:18قَالَ أَلَمْ نُرَبِّكَ فِينَا وَلِيدًۭا وَلَبِثْتَ فِينَا مِنْ عُمُرِكَ سِنِينَ
Цо /ФирIавнас/ элира: “Оха ца кхиира хьо /хIай Муса/ тхайна юккъехь /хьо/ бер а долуш‚ ахьа ма дēхира тхан юккъехь хьан дахаран шераш.
26:19وَفَعَلْتَ فَعْلَتَكَ ٱلَّتِى فَعَلْتَ وَأَنتَ مِنَ ٱلْكَٰفِرِينَ
Ахьа ма дийра хьан гIуллакх‚ айхьа дийриг‚ баркалла ца олучех хилли-кх хьо”.
26:20قَالَ فَعَلْتُهَآ إِذًۭا وَأَنَا۠ مِنَ ٱلضَّآلِّينَ
Цо /Мусас/ элира: “И дийра аса иштта‚ со хилира-кх тилабеллачарех.
26:21فَفَرَرْتُ مِنكُمْ لَمَّا خِفْتُكُمْ فَوَهَبَ لِى رَبِّى حُكْمًۭا وَجَعَلَنِى مِنَ ٱلْمُرْسَلِينَ
Со дIаведира шух‚ суо шух кхеравеллачул тIаьхьа. ТIаккха делира суна сан Кхиош-кхобучо хьукам‚ Цо хилийтира со элчанех.
26:22وَتِلْكَ نِعْمَةٌۭ تَمُنُّهَا عَلَىَّ أَنْ عَبَّدتَّ بَنِىٓ إِسْرَٰٓءِيلَ
ХIара ниIмат ду ахьа суна ша тIехдетташ айхьа Исраилан кIентийх леш барна”.
26:23قَالَ فِرْعَوْنُ وَمَا رَبُّ ٱلْعَٰلَمِينَ
ФирIавнас элира: “Мила ву Iаламийн да?”
26:24قَالَ رَبُّ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَآ ۖ إِن كُنتُم مُّوقِنِينَ
Цо /Мусас/ элира: “Стигланийн а‚ латтан а‚ цу шиннан юккъехь мел долчун а Да ву-кх‚ шу /бакъдолчух/ тешаш хиллехь”.
26:25قَالَ لِمَنْ حَوْلَهُۥٓ أَلَا تَسْتَمِعُونَ
Цо /ФирIавнас/ элира шена гонахь болчарга: “Шу ладугIаш дац?”
26:26قَالَ رَبُّكُمْ وَرَبُّ ءَابَآئِكُمُ ٱلْأَوَّلِينَ
Цо /Мусас/ элира: “Шун Дела ву И‚ шун хьалхалерчу дайн а Дела ву”.
26:27قَالَ إِنَّ رَسُولَكُمُ ٱلَّذِىٓ أُرْسِلَ إِلَيْكُمْ لَمَجْنُونٌۭ
Цо /ФирIавнас/ элира: “Баккъалла а, /хIара/ шун элча‚ шуьга ваитина волу‚ жинийх ма ву”.
26:28قَالَ رَبُّ ٱلْمَشْرِقِ وَٱلْمَغْرِبِ وَمَا بَيْنَهُمَآ ۖ إِن كُنتُمْ تَعْقِلُونَ
Цо /Мусас/ элира: “Малхбален а‚ малхбузен а цу шиннен юккъехь долчун а Дела ву Иза‚ шу хиллехь хьекъале”.
26:29قَالَ لَئِنِ ٱتَّخَذْتَ إِلَٰهًا غَيْرِى لَأَجْعَلَنَّكَ مِنَ ٱلْمَسْجُونِينَ
Цо /ФирIавнас/ элира: “Ахьа со воцург дела лацахь‚ аса хьо набахтин чохь болчарех хуьлуьйтур ма ву”.
26:30قَالَ أَوَلَوْ جِئْتُكَ بِشَىْءٍۢ مُّبِينٍۢ
Цо /Мусас/ элира: “Со хьайга цхьана кхаьсташ хIуманца веънехь а‚ э?”
26:31قَالَ فَأْتِ بِهِۦٓ إِن كُنتَ مِنَ ٱلصَّٰدِقِينَ
Элира /ФирIавнас/: “Схьало и /айхьа деънарг/ хьуо хиллехь бакълуьйчарех”.
26:32فَأَلْقَىٰ عَصَاهُ فَإِذَا هِىَ ثُعْبَانٌۭ مُّبِينٌۭ
ТIаккха цо /Мусас/ шен Iаса кхоьссира - цунах къегна лехь хилира.
26:33وَنَزَعَ يَدَهُۥ فَإِذَا هِىَ بَيْضَآءُ لِلنَّٰظِرِينَ
Цо арадаьккхира шен куьйг - иза шурул кIайн хилира хьоьжучарна.
26:34قَالَ لِلْمَلَإِ حَوْلَهُۥٓ إِنَّ هَٰذَا لَسَٰحِرٌ عَلِيمٌۭ
Цо /ФирIавнас/ элира шен гонахь болчу элашка: “Баккъалла а, хIара говза волу бозбуанча ву.
26:35يُرِيدُ أَن يُخْرِجَكُم مِّنْ أَرْضِكُم بِسِحْرِهِۦ فَمَاذَا تَأْمُرُونَ
Лууш ву и шу ара даха шун латтара шен бозбуанчаллица - аша хIун омра до?”
26:36قَالُوٓا۟ أَرْجِهْ وَأَخَاهُ وَٱبْعَثْ فِى ٱلْمَدَآئِنِ حَٰشِرِينَ
Цара элира: “Хан ло цуна а‚ цуьнан вешина а‚ бахийта гIаланашка /нах/ гулбийраш.
26:37يَأْتُوكَ بِكُلِّ سَحَّارٍ عَلِيمٍۢ
Хьуна тIе богIийла уьш массо говза волчу бозбуанчица”.
26:38فَجُمِعَ ٱلسَّحَرَةُ لِمِيقَٰتِ يَوْمٍۢ مَّعْلُومٍۢ
ТIаккъа гулбийра бозбуанчаш билгалчу дийнахь /тоьхначу/ хенахь.
26:39وَقِيلَ لِلنَّاسِ هَلْ أَنتُم مُّجْتَمِعُونَ
Элира нахе: “Шу гулделлий?
26:40لَعَلَّنَا نَتَّبِعُ ٱلسَّحَرَةَ إِن كَانُوا۟ هُمُ ٱلْغَٰلِبِينَ
Вай тIехьадаза мега бозбуунчашна нагахь уьш хилахь тоьлларш”.
26:41فَلَمَّا جَآءَ ٱلسَّحَرَةُ قَالُوا۟ لِفِرْعَوْنَ أَئِنَّ لَنَا لَأَجْرًا إِن كُنَّا نَحْنُ ٱلْغَٰلِبِينَ
Бозбуанчаш баьхкича‚ цара элира ФирIавне: “Тхуна баккъалла а, мах хир буй тхо хилахь тоьлларш?”
26:42قَالَ نَعَمْ وَإِنَّكُمْ إِذًۭا لَّمِنَ ٱلْمُقَرَّبِينَ
Цо (ФирIавнас) элира: “ХIаъ‚ баккъалла а, шу тIаккха /суна/ герга оьзначарех хир ду”.
26:43قَالَ لَهُم مُّوسَىٰٓ أَلْقُوا۟ مَآ أَنتُم مُّلْقُونَ
Элира цаьрга Мусас: “Кхосса шаьш кхуссуш ерг”.
26:44فَأَلْقَوْا۟ حِبَالَهُمْ وَعِصِيَّهُمْ وَقَالُوا۟ بِعِزَّةِ فِرْعَوْنَ إِنَّا لَنَحْنُ ٱلْغَٰلِبُونَ
Цара кхоьссира шайн мушаш а‚ Iансаш а‚ элира: “ФирIавнан воззалица‚ баккъалла а, вай тоьлур ду”.
26:45فَأَلْقَىٰ مُوسَىٰ عَصَاهُ فَإِذَا هِىَ تَلْقَفُ مَا يَأْفِكُونَ
ТIаккха кхоьссира Мусас шен Iанса - цо юьдира цара мел кхоьллинарг.
26:46فَأُلْقِىَ ٱلسَّحَرَةُ سَٰجِدِينَ
Охьабигира бозбуанчаш сужд деш.
26:47قَالُوٓا۟ ءَامَنَّا بِرَبِّ ٱلْعَٰلَمِينَ
Цара элира: “Оха иман диллина Iаламийн Кхиош-кхобучунна‚
26:48رَبِّ مُوسَىٰ وَهَٰرُونَ
Мусан а‚ ХIарунан Кхиош-кхобучунга”.
26:49قَالَ ءَامَنتُمْ لَهُۥ قَبْلَ أَنْ ءَاذَنَ لَكُمْ ۖ إِنَّهُۥ لَكَبِيرُكُمُ ٱلَّذِى عَلَّمَكُمُ ٱلسِّحْرَ فَلَسَوْفَ تَعْلَمُونَ ۚ لَأُقَطِّعَنَّ أَيْدِيَكُمْ وَأَرْجُلَكُم مِّنْ خِلَٰفٍۢ وَلَأُصَلِّبَنَّكُمْ أَجْمَعِينَ
Цо (ФирIавнас) элира: “Аша иман дилли аса шайна пурба далале? Баккъалла а, иза /Муса/ шун воккханиг ву‚ ша шуна бозбуанчалла Iаминарг‚ тIаьхьа хуур ду шуна. Аса теданне а туьдар ду шун куьйгаш а‚ когаш а дуьхь-дуьхьал‚ аса ирх ухкур ма ду шу дерриге”.
26:50قَالُوا۟ لَا ضَيْرَ ۖ إِنَّآ إِلَىٰ رَبِّنَا مُنقَلِبُونَ
Цара элира: “Зен дац. Баккъалла а, тхо тхан Кхиош-кхобучунга дIадоьрзуш ду.
26:51إِنَّا نَطْمَعُ أَن يَغْفِرَ لَنَا رَبُّنَا خَطَٰيَٰنَآ أَن كُنَّآ أَوَّلَ ٱلْمُؤْمِنِينَ
Баккъалла а, тхо /чIогIа/ лууш ду гечдан тхайна гIалаташ тхаш хиларна дуьххьашхалгIа иман диллинарш”.
26:52۞ وَأَوْحَيْنَآ إِلَىٰ مُوسَىٰٓ أَنْ أَسْرِ بِعِبَادِىٓ إِنَّكُم مُّتَّبَعُونَ
Оха Мусага хаам бира вехьеца: “Сан лешца буьйсана ара вала‚ аьлла‚ баккъалла а, /ФирIавнан нах/ шуна тIаьхьа бер болуш ма бу”.
26:53فَأَرْسَلَ فِرْعَوْنُ فِى ٱلْمَدَآئِنِ حَٰشِرِينَ
Бахийтира ФирIавно гIалашкахала гуламчаш.
26:54إِنَّ هَٰٓؤُلَآءِ لَشِرْذِمَةٌۭ قَلِيلُونَ
/Олуш/: “ХIорш-м /Исраилан кIентий/ кIеззиг йолу цхьа ледара тоба яра.
26:55وَإِنَّهُمْ لَنَا لَغَآئِظُونَ
Баккъалла а, цара вайн дегнаш ма этIо.
26:56وَإِنَّا لَجَمِيعٌ حَٰذِرُونَ
Баккъалла а, вай сема хила дезаш къам ма ду”.
26:57فَأَخْرَجْنَٰهُم مِّن جَنَّٰتٍۢ وَعُيُونٍۢ
Оха ара бехира уьш бошмашкара а‚ шовданашкара а.
26:58وَكُنُوزٍۢ وَمَقَامٍۢ كَرِيمٍۢ
Хазнашкара а‚ сийлахь меттигера а.
26:59كَذَٰلِكَ وَأَوْرَثْنَٰهَا بَنِىٓ إِسْرَٰٓءِيلَ
Иштта Оха уьш ирсана делира Исраилан кIенташна.
26:60فَأَتْبَعُوهُم مُّشْرِقِينَ
Уьш царна тIаьхьабелира малх кхеташ.
26:61فَلَمَّا تَرَٰٓءَا ٱلْجَمْعَانِ قَالَ أَصْحَٰبُ مُوسَىٰٓ إِنَّا لَمُدْرَكُونَ
Шина тобана вовший гича‚ Мусан накъосташа элира: “Баккъалла а, /ФирIавнан бIо/ вайна тIаьхьа кхуьуьш бу”.
26:62قَالَ كَلَّآ ۖ إِنَّ مَعِىَ رَبِّى سَيَهْدِينِ
Цо (Мусас) элира: “ХIан-хIа! Баккъалла а, соьца сан Кхиош-кхобург ву‚ Цо нисвийр ву со”.
26:63فَأَوْحَيْنَآ إِلَىٰ مُوسَىٰٓ أَنِ ٱضْرِب بِّعَصَاكَ ٱلْبَحْرَ ۖ فَٱنفَلَقَ فَكَانَ كُلُّ فِرْقٍۢ كَٱلطَّوْدِ ٱلْعَظِيمِ
Оха вехьеца хаийтира Мусага хьан Iаса тоха хIоьрдах‚ аьлла. ТIаккха иза бекъабелира‚ хилира хIора дакъа боккхачу ламах тера.
26:64وَأَزْلَفْنَا ثَمَّ ٱلْءَاخَرِينَ
Оха герга балира цига важаш а.
26:65وَأَنجَيْنَا مُوسَىٰ وَمَن مَّعَهُۥٓ أَجْمَعِينَ
Оха хьалхаваьккхира Муса а‚ цуьнца верг а - берриге.
26:66ثُمَّ أَغْرَقْنَا ٱلْءَاخَرِينَ
ТIаккъа Оха /хIордан/ буха бахитийра важа берш.
26:67إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَةًۭ ۖ وَمَا كَانَ أَكْثَرُهُم مُّؤْمِنِينَ
Баккъалла а, цу чохь делил ду-кх. Ца хилира царех дукханаш иман диллина.
26:68وَإِنَّ رَبَّكَ لَهُوَ ٱلْعَزِيزُ ٱلرَّحِيمُ
Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург - Иза ву сийлахь везза верг а‚ къинхетаме верг а.
26:69وَٱتْلُ عَلَيْهِمْ نَبَأَ إِبْرَٰهِيمَ
Деша царна ИбрахIиман хабар.
26:70إِذْ قَالَ لِأَبِيهِ وَقَوْمِهِۦ مَا تَعْبُدُونَ
Цо ма элира шен дега а‚ шен къаме: “Стенна Iибадат деш ду шу?”
26:71قَالُوا۟ نَعْبُدُ أَصْنَامًۭا فَنَظَلُّ لَهَا عَٰكِفِينَ
Цара элира: “Тхо Iибадат деш ду тхан цIушна. Тхо лаьтта царана гора дахна”.
26:72قَالَ هَلْ يَسْمَعُونَكُمْ إِذْ تَدْعُونَ
Цо элира: “Царна шу хозий аша кхойкхуш?
26:73أَوْ يَنفَعُونَكُمْ أَوْ يَضُرُّونَ
Я шуна пайда беш буй цара‚ я зен деш дуй?”
26:74قَالُوا۟ بَلْ وَجَدْنَآ ءَابَآءَنَا كَذَٰلِكَ يَفْعَلُونَ
Цара элира: “ХIан-хIа тхуна карийра тхан дай иштта /гIуллакх/ деш”.
26:75قَالَ أَفَرَءَيْتُم مَّا كُنتُمْ تَعْبُدُونَ
Цо элира: “Шуна ца го‚ шу стенна Iибадат деш хилла‚
26:76أَنتُمْ وَءَابَآؤُكُمُ ٱلْأَقْدَمُونَ
Шу а шун шира дай а?
26:77فَإِنَّهُمْ عَدُوٌّۭ لِّىٓ إِلَّا رَبَّ ٱلْعَٰلَمِينَ
ТIаккха уьш мостагIий бу-кх суна‚ Iаламийн Да воцург.
26:78ٱلَّذِى خَلَقَنِى فَهُوَ يَهْدِينِ
Ша со кхоьллина волу‚ Цо нисвийр ву со.
26:79وَٱلَّذِى هُوَ يُطْعِمُنِى وَيَسْقِينِ
Иза ву суна даа а‚ мала а лушверг.
26:80وَإِذَا مَرِضْتُ فَهُوَ يَشْفِينِ
Со цомгаш хилча‚ Цо со таво.
26:81وَٱلَّذِى يُمِيتُنِى ثُمَّ يُحْيِينِ
Цо со волуьйтур ву‚ тIаккха ден вийр ву.
26:82وَٱلَّذِىٓ أَطْمَعُ أَن يَغْفِرَ لِى خَطِيٓـَٔتِى يَوْمَ ٱلدِّينِ
Иза ву суна чIогIа лууш верг Цо сан гIалаташ гечдойла Бекхаман дийнахь.
26:83رَبِّ هَبْ لِى حُكْمًۭا وَأَلْحِقْنِى بِٱلصَّٰلِحِينَ
Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ ло суна хьекъалалла‚ со кхиаве дикачарех.
26:84وَٱجْعَل لِّى لِسَانَ صِدْقٍۢ فِى ٱلْءَاخِرِينَ
Хилийталахь суна бакъдолчун мотт тIаьхьачарийн юккъехь.
26:85وَٱجْعَلْنِى مِن وَرَثَةِ جَنَّةِ ٱلنَّعِيمِ
Со хилийталахь ниIматийн ялсаманийн ирс оьцучарех.
26:86وَٱغْفِرْ لِأَبِىٓ إِنَّهُۥ كَانَ مِنَ ٱلضَّآلِّينَ
Ахьа гечделахь сан дена‚ баккъалла а, иза хили-кх тилабеллачарех.
26:87وَلَا تُخْزِنِى يَوْمَ يُبْعَثُونَ
Сийсаза ма велахь со уьш ден бийр болчу дийнахь.
26:88يَوْمَ لَا يَنفَعُ مَالٌۭ وَلَا بَنُونَ
Хьоло а‚ кIенташа а пайда бийр боцчу дийнахь‚
26:89إِلَّا مَنْ أَتَى ٱللَّهَ بِقَلْبٍۢ سَلِيمٍۢ
Ша цIенчу дагца Далла тIе веънарг воцчунна”.
26:90وَأُزْلِفَتِ ٱلْجَنَّةُ لِلْمُتَّقِينَ
Ялсамане гергаялора ю /Делах/ кхоьручаьрна.
26:91وَبُرِّزَتِ ٱلْجَحِيمُ لِلْغَاوِينَ
Жоьжахатий гойтур ю галабаьллачаьрна.
26:92وَقِيلَ لَهُمْ أَيْنَ مَا كُنتُمْ تَعْبُدُونَ
Эр ду цаьрга: “Мичахь ю и шу шена Iибадат деш хилларг‚
26:93مِن دُونِ ٱللَّهِ هَلْ يَنصُرُونَكُمْ أَوْ يَنتَصِرُونَ
Дела витина‚ шуна гIо дой цара? Я шайна гIо дой цара?”
26:94فَكُبْكِبُوا۟ فِيهَا هُمْ وَٱلْغَاوُۥنَ
Яххьашна тIе охьа тухур бу цу чохь уьш а‚ галабаьлларш а‚
26:95وَجُنُودُ إِبْلِيسَ أَجْمَعُونَ
Иблисан массо эскар а.
26:96قَالُوا۟ وَهُمْ فِيهَا يَخْتَصِمُونَ
Эр ду цара‚ шаьш цу чохь кхуьсуш болуш:
26:97تَٱللَّهِ إِن كُنَّا لَفِى ضَلَٰلٍۢ مُّبِينٍ
“ТаллахIи‚ тхо ма дара билгалачу тиларчохь‚
26:98إِذْ نُسَوِّيكُم بِرَبِّ ٱلْعَٰلَمِينَ
Оха шу нисдечу хенахь Iаламийн Деца.
26:99وَمَآ أَضَلَّنَآ إِلَّا ٱلْمُجْرِمُونَ
Тхо тила ма ца дина къинош диначаьра бен.
26:100فَمَا لَنَا مِن شَٰفِعِينَ
Ма вац тхуна шапаат дечарех цхьа а,
26:101وَلَا صَدِيقٍ حَمِيمٍۢ
Дог цIена доттагI а.
26:102فَلَوْ أَنَّ لَنَا كَرَّةًۭ فَنَكُونَ مِنَ ٱلْمُؤْمِنِينَ
Тхо духа /дуьнена/ дохуьйтуш далхьара - тхо хир ма дара иман диллнчарех”.
26:103إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَةًۭ ۖ وَمَا كَانَ أَكْثَرُهُم مُّؤْمِنِينَ
Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хилира царех дукханаш муъма.
26:104وَإِنَّ رَبَّكَ لَهُوَ ٱلْعَزِيزُ ٱلرَّحِيمُ
Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург - Иза ву сийлахь-Веза верг а‚ Къинхетаме верг а.
26:105كَذَّبَتْ قَوْمُ نُوحٍ ٱلْمُرْسَلِينَ
Харц бира Нухьан къамо а элчанаш.
26:106إِذْ قَالَ لَهُمْ أَخُوهُمْ نُوحٌ أَلَا تَتَّقُونَ
Ма аьллера цаьрга церан вашас Нухьас: “Шу ца кхоьру /Делах/?
26:107إِنِّى لَكُمْ رَسُولٌ أَمِينٌۭ
Баккъалла а, со шуна тешаме элча ма ву.
26:108فَٱتَّقُوا۟ ٱللَّهَ وَأَطِيعُونِ
Кхера Делах‚ суна муьтIахь а хила
26:109وَمَآ أَسْـَٔلُكُمْ عَلَيْهِ مِنْ أَجْرٍ ۖ إِنْ أَجْرِىَ إِلَّا عَلَىٰ رَبِّ ٱلْعَٰلَمِينَ
Аса шуьга цуьнан тIехь мах ца боьху. Суна мах балар Iаламийн Дегахь бен дац.
26:110فَٱتَّقُوا۟ ٱللَّهَ وَأَطِيعُونِ
Кхера Делах‚ суна муьтIахь а хила!”
26:111۞ قَالُوٓا۟ أَنُؤْمِنُ لَكَ وَٱتَّبَعَكَ ٱلْأَرْذَلُونَ
Цара элира: “Тхо муха теша хьоьх‚ хьуна тIаьхьа хIоьттина бухабисинарш”.
26:112قَالَ وَمَا عِلْمِى بِمَا كَانُوا۟ يَعْمَلُونَ
Цо элира: “Суна хаац уьш хIун деш хилла.
26:113إِنْ حِسَابُهُمْ إِلَّا عَلَىٰ رَبِّى ۖ لَوْ تَشْعُرُونَ
Церан хьесап сан Кхиош-кхобучун тIехь ду‚ шуна хаалахь.
26:114وَمَآ أَنَا۠ بِطَارِدِ ٱلْمُؤْمِنِينَ
Аса лелхор бац иман диллинарш.
26:115إِنْ أَنَا۠ إِلَّا نَذِيرٌۭ مُّبِينٌۭ
Со билгала волу кхерамча бен вац.
26:116قَالُوا۟ لَئِن لَّمْ تَنتَهِ يَٰنُوحُ لَتَكُونَنَّ مِنَ ٱلْمَرْجُومِينَ
Цара элира: “Хьо ца сацахь‚ хIай Нухь‚ хьо хир ма ву шайна тIе /оха/ тIулгаш биттинчарех”.
26:117قَالَ رَبِّ إِنَّ قَوْمِى كَذَّبُونِ
Цо элира: “Сан Кхиош-кхобушверг‚ сан халкъо со харц ма вина.
26:118فَٱفْتَحْ بَيْنِى وَبَيْنَهُمْ فَتْحًۭا وَنَجِّنِى وَمَن مَّعِىَ مِنَ ٱلْمُؤْمِنِينَ
Ахьа кхиэл ехь суна а‚ царна а юккъехь‚ хьалха ваккхалахь со а‚ муъма нахах соьца мел верг а”.
26:119فَأَنجَيْنَٰهُ وَمَن مَّعَهُۥ فِى ٱلْفُلْكِ ٱلْمَشْحُونِ
Оха хьалхаваьккхира иза а‚ цуьнца мел верг дуьззинчу кеманан чохь.
26:120ثُمَّ أَغْرَقْنَا بَعْدُ ٱلْبَاقِينَ
ТIаккха Оха /хIордан/ буха бахийтира биснарш.
26:121إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَةًۭ ۖ وَمَا كَانَ أَكْثَرُهُم مُّؤْمِنِينَ
Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хилли-кх царех дукхаберш муъма нах.
26:122وَإِنَّ رَبَّكَ لَهُوَ ٱلْعَزِيزُ ٱلرَّحِيمُ
Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург - Иза ма ву Ша сийлахь-Веза верг а‚ Къинхетаме верг а.
26:123كَذَّبَتْ عَادٌ ٱلْمُرْسَلِينَ
Харцбира Iадаша элчанаш.
26:124إِذْ قَالَ لَهُمْ أَخُوهُمْ هُودٌ أَلَا تَتَّقُونَ
Цаьрга ма элира церан вашас ХIудо: “Шу ца кхоьру /Делах/?
26:125إِنِّى لَكُمْ رَسُولٌ أَمِينٌۭ
Баккъалла а, со шуна тешаме элча ма ву.
26:126فَٱتَّقُوا۟ ٱللَّهَ وَأَطِيعُونِ
Шу кхера Делах‚ суна муьтIахь а хила.
26:127وَمَآ أَسْـَٔلُكُمْ عَلَيْهِ مِنْ أَجْرٍ ۖ إِنْ أَجْرِىَ إِلَّا عَلَىٰ رَبِّ ٱلْعَٰلَمِينَ
Аса ца боьху шуьга цуьнан тIехь мах. Суна мах балар Iаламийн Дена тIехь бен дац.
26:128أَتَبْنُونَ بِكُلِّ رِيعٍ ءَايَةًۭ تَعْبَثُونَ
Аша бо хIора айеллачу меттигехь гIирс /билгало еш лелачаьрна/ самукъадуьйлуш.
26:129وَتَتَّخِذُونَ مَصَانِعَ لَعَلَّكُمْ تَخْلُدُونَ
Лоьцуш ду шу болх бен гIирсаш шаьш гуттар лаьттар ду моьттуш.
26:130وَإِذَا بَطَشْتُم بَطَشْتُمْ جَبَّارِينَ
Шаьш тухуш туху аша къинхетам боцуш.
26:131فَٱتَّقُوا۟ ٱللَّهَ وَأَطِيعُونِ
Шу кхера Делах‚ суна муьтIахь а хила.
26:132وَٱتَّقُوا۟ ٱلَّذِىٓ أَمَدَّكُم بِمَا تَعْلَمُونَ
Шу кхера Ша шуна хуург шуна шортта деллачух.
26:133أَمَدَّكُم بِأَنْعَٰمٍۢ وَبَنِينَ
Цо шуна шортта делла дехний а‚ кIентий а,
26:134وَجَنَّٰتٍۢ وَعُيُونٍ
Бошмаш а‚ шовданаш а.
26:135إِنِّىٓ أَخَافُ عَلَيْكُمْ عَذَابَ يَوْمٍ عَظِيمٍۢ
Баккъалла а, со кхоьру шуна дезачу дийнан Iазапах”.
26:136قَالُوا۟ سَوَآءٌ عَلَيْنَآ أَوَعَظْتَ أَمْ لَمْ تَكُن مِّنَ ٱلْوَٰعِظِينَ
Цара элира: “Цхьатерра ду тхуна ахьа ваIда йичи а‚ хьо ваIда ечарех ца хилчи а.
26:137إِنْ هَٰذَآ إِلَّا خُلُقُ ٱلْأَوَّلِينَ
ХIара хьалхалерачийн гIиллакх бен дац.
26:138وَمَا نَحْنُ بِمُعَذَّبِينَ
Тхуна Iазап дийр долуш дац”.
26:139فَكَذَّبُوهُ فَأَهْلَكْنَٰهُمْ ۗ إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَةًۭ ۖ وَمَا كَانَ أَكْثَرُهُم مُّؤْمِنِينَ
Цара иза харцвира‚ тIаккха Оха уьш хIаллакбира. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хили-кх царех дукханаш муъма.
26:140وَإِنَّ رَبَّكَ لَهُوَ ٱلْعَزِيزُ ٱلرَّحِيمُ
Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург - Иза ву-кх Ша веза верг а‚ къинхетаме верг а.
26:141كَذَّبَتْ ثَمُودُ ٱلْمُرْسَلِينَ
Харцбира Самудаша а элчанаш.
26:142إِذْ قَالَ لَهُمْ أَخُوهُمْ صَٰلِحٌ أَلَا تَتَّقُونَ
Ма элира цаьрга церан вашас Салихьо: “Шу ца кхоьру?
26:143إِنِّى لَكُمْ رَسُولٌ أَمِينٌۭ
Баккъалла а, со шуьга тешаме элча ву.
26:144فَٱتَّقُوا۟ ٱللَّهَ وَأَطِيعُونِ
Кхера Делах‚ суна муьтIахь а хила.
26:145وَمَآ أَسْـَٔلُكُمْ عَلَيْهِ مِنْ أَجْرٍ ۖ إِنْ أَجْرِىَ إِلَّا عَلَىٰ رَبِّ ٱلْعَٰلَمِينَ
Аса ца боьху шуьга цуьнан тIехь мах. Суна мах балар Iаламийн Дена тIехь бен дац.
26:146أَتُتْرَكُونَ فِى مَا هَٰهُنَآ ءَامِنِينَ
Шу дуьтур долуш ду ткъа кхузахь долчун чохь кхерам а боцуш?
26:147فِى جَنَّٰتٍۢ وَعُيُونٍۢ
Бошмашкахь а‚ шовданашкахь а.
26:148وَزُرُوعٍۢ وَنَخْلٍۢ طَلْعُهَا هَضِيمٌۭ
Ялтанашкахь а‚ хурманашкахь а - шен стом хьена болчу.
26:149وَتَنْحِتُونَ مِنَ ٱلْجِبَالِ بُيُوتًۭا فَٰرِهِينَ
Аша тоьсту лаьмнех цIенош деза-дедаш.
26:150فَٱتَّقُوا۟ ٱللَّهَ وَأَطِيعُونِ
Кхера Делах‚ суна муьтIахь хила.
26:151وَلَا تُطِيعُوٓا۟ أَمْرَ ٱلْمُسْرِفِينَ
Шу муьтIахь ма хила исрап дечаьрийн омрана.
26:152ٱلَّذِينَ يُفْسِدُونَ فِى ٱلْأَرْضِ وَلَا يُصْلِحُونَ
Уьш бу лаьттахь боьханиг деш берш‚ диканиг ца деш берш.
26:153قَالُوٓا۟ إِنَّمَآ أَنتَ مِنَ ٱلْمُسَحَّرِينَ
Цара элира: “Баккъалла а, хьо шена бозбуанчалла диначарех ву-кх.
26:154مَآ أَنتَ إِلَّا بَشَرٌۭ مِّثْلُنَا فَأْتِ بِـَٔايَةٍ إِن كُنتَ مِنَ ٱلصَّٰدِقِينَ
Хьо ма дац тхо санна адам а бен‚ даладе делил хьуо велахь бакълуьчарех”.
26:155قَالَ هَٰذِهِۦ نَاقَةٌۭ لَّهَا شِرْبٌۭ وَلَكُمْ شِرْبُ يَوْمٍۢ مَّعْلُومٍۢ
Цо элира: “ХIара эмкал ю. Цуна малар ду‚ шуна а малар ду билгаладинчу дийнахь.
26:156وَلَا تَمَسُّوهَا بِسُوٓءٍۢ فَيَأْخُذَكُمْ عَذَابُ يَوْمٍ عَظِيمٍۢ
Ма кхеталаш цунах вониг дарца - тIаккха сийлахь деза долчу дийнан Iазапо схьалоьцур ду шу”.
26:157فَعَقَرُوهَا فَأَصْبَحُوا۟ نَٰدِمِينَ
Цара цуна урс хьаькхира - уьш дохко баьлла Iуьйранга белира.
26:158فَأَخَذَهُمُ ٱلْعَذَابُ ۗ إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَةًۭ ۖ وَمَا كَانَ أَكْثَرُهُم مُّؤْمِنِينَ
Iазапо схьалецира уьш. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хили-кх царех дукханаш муъма.
26:159وَإِنَّ رَبَّكَ لَهُوَ ٱلْعَزِيزُ ٱلرَّحِيمُ
Баккъалла а, хьан Дела - Иза ву-кх Ша веза верг а‚ къинхетаме верг а.
26:160كَذَّبَتْ قَوْمُ لُوطٍ ٱلْمُرْسَلِينَ
Харцбира ЛутIан къамо элчанаш.
26:161إِذْ قَالَ لَهُمْ أَخُوهُمْ لُوطٌ أَلَا تَتَّقُونَ
Ма элира царга церан вашас ЛутIас: “Шу ца кхоьру?
26:162إِنِّى لَكُمْ رَسُولٌ أَمِينٌۭ
Баккъалла а, со шуна тешаме элча ма ву.
26:163فَٱتَّقُوا۟ ٱللَّهَ وَأَطِيعُونِ
Шу кхералаш Делах‚ муьтIахь хилалаш суна.
26:164وَمَآ أَسْـَٔلُكُمْ عَلَيْهِ مِنْ أَجْرٍ ۖ إِنْ أَجْرِىَ إِلَّا عَلَىٰ رَبِّ ٱلْعَٰلَمِينَ
Ас ца боьху шуьга цу тIехь цхьа а мах. Суна мах балар Iаламийн Дена тIехь бен дац.
26:165أَتَأْتُونَ ٱلذُّكْرَانَ مِنَ ٱلْعَٰلَمِينَ
Шу оьху ткъа божаршна тIе массо Iаламера?
26:166وَتَذَرُونَ مَا خَلَقَ لَكُمْ رَبُّكُم مِّنْ أَزْوَٰجِكُم ۚ بَلْ أَنتُمْ قَوْمٌ عَادُونَ
Аша дIатосу шун Кхиош-кхобучо шайна кхоьллина хиллачу шун зударех. ХIаъ‚ шу ду-кх дозанах даьлла къам”.
26:167قَالُوا۟ لَئِن لَّمْ تَنتَهِ يَٰلُوطُ لَتَكُونَنَّ مِنَ ٱلْمُخْرَجِينَ
Цара элира: “Хьо ца сацахь‚ хIай ЛутI‚ хьо хилланне хир ма ву арабаьхначарех”.
26:168قَالَ إِنِّى لِعَمَلِكُم مِّنَ ٱلْقَالِينَ
Цо элира: “Баккъалла а, со шун Iамална чIогIа оьгIазбахначарех ву-кх.
26:169رَبِّ نَجِّنِى وَأَهْلِى مِمَّا يَعْمَلُونَ
Со Кхиош-кхобушверг‚ кIелхIара ваккхалахь со а‚ сан доьзал а цара лелочух”.
26:170فَنَجَّيْنَٰهُ وَأَهْلَهُۥٓ أَجْمَعِينَ
Оха кIелхьараваьккхира иза а‚ берриге а цуьнан доьзал а‚
26:171إِلَّا عَجُوزًۭا فِى ٱلْغَٰبِرِينَ
Цхьа къена зуда йоцург бухабисинчаьрна юккъехь.
26:172ثُمَّ دَمَّرْنَا ٱلْءَاخَرِينَ
ТIаккха хIаллакбира Оха бисинарш.
26:173وَأَمْطَرْنَا عَلَيْهِم مَّطَرًۭا ۖ فَسَآءَ مَطَرُ ٱلْمُنذَرِينَ
Оха доьттира царна тIе догIа. Ма вон хилира шайна кхерам тесначаьрна и догIа!
26:174إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَةًۭ ۖ وَمَا كَانَ أَكْثَرُهُم مُّؤْمِنِينَ
Баккъалла а, цу чохь делил ду-кх. Ца хилира царех дукханаш муъма нах.
26:175وَإِنَّ رَبَّكَ لَهُوَ ٱلْعَزِيزُ ٱلرَّحِيمُ
Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург - Иза ву-кх ша веза верг а‚ къинхетаме верг а.
26:176كَذَّبَ أَصْحَٰبُ لْـَٔيْكَةِ ٱلْمُرْسَلِينَ
Харцбира Айкатан дайша а элчанаш.
26:177إِذْ قَالَ لَهُمْ شُعَيْبٌ أَلَا تَتَّقُونَ
Ма элира цаьрга ШуIайбас: “Шу ца кхоьру?
26:178إِنِّى لَكُمْ رَسُولٌ أَمِينٌۭ
Баккъалла а, со шуна тешаме элча ма ву-й.
26:179فَٱتَّقُوا۟ ٱللَّهَ وَأَطِيعُونِ
Шу кхералаш Делах‚ муьтIахь хилалаш суна.
26:180وَمَآ أَسْـَٔلُكُمْ عَلَيْهِ مِنْ أَجْرٍ ۖ إِنْ أَجْرِىَ إِلَّا عَلَىٰ رَبِّ ٱلْعَٰلَمِينَ
Аса ца боьху шуьга цу тIехь цхьа а мах. Суна мах балар Iаламийн Дена тIехь бен дац.
26:181۞ أَوْفُوا۟ ٱلْكَيْلَ وَلَا تَكُونُوا۟ مِنَ ٱلْمُخْسِرِينَ
Нийса хилийталаш /терзан/ барам‚ шу ма хилалаш /терза/ эшочарех.
26:182وَزِنُوا۟ بِٱلْقِسْطَاسِ ٱلْمُسْتَقِيمِ
Озалаш нийсачу терзанца.
26:183وَلَا تَبْخَسُوا۟ ٱلنَّاسَ أَشْيَآءَهُمْ وَلَا تَعْثَوْا۟ فِى ٱلْأَرْضِ مُفْسِدِينَ
Аша ма эшаелаш нахана церан хIуманаш‚ ма лиэлаш латта тIехь боьханиг даржадеш.
26:184وَٱتَّقُوا۟ ٱلَّذِى خَلَقَكُمْ وَٱلْجِبِلَّةَ ٱلْأَوَّلِينَ
Шу кхералаш‚ Ша шу а‚ хьалхалерачийн тоба а кхоьллинчух.
26:185قَالُوٓا۟ إِنَّمَآ أَنتَ مِنَ ٱلْمُسَحَّرِينَ
Цара элира: “Хьо шайна бозбуанчалла диначарех ву-кх.
26:186وَمَآ أَنتَ إِلَّا بَشَرٌۭ مِّثْلُنَا وَإِن نَّظُنُّكَ لَمِنَ ٱلْكَٰذِبِينَ
Хьо а ма дац адам бен‚ тхо санна долу. Тхо тешна ма ду‚ хьо харцлуьчарех ву аьлла.
26:187فَأَسْقِطْ عَلَيْنَا كِسَفًۭا مِّنَ ٱلسَّمَآءِ إِن كُنتَ مِنَ ٱلصَّٰدِقِينَ
Ахьа егае тхуна кийсигаш стиглара‚ хьо велахь бакълуьйчарех”.
26:188قَالَ رَبِّىٓ أَعْلَمُ بِمَا تَعْمَلُونَ
Цо элира: “Сан Кхиош-кхобушверг дика хууш ву-кх аша дийриг”.
26:189فَكَذَّبُوهُ فَأَخَذَهُمْ عَذَابُ يَوْمِ ٱلظُّلَّةِ ۚ إِنَّهُۥ كَانَ عَذَابَ يَوْمٍ عَظِيمٍ
ТIаккха цара иза харцвира‚ тIаккха уьш схьалецира IиндагIан дийнан Iазапо.
26:190إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَةًۭ ۖ وَمَا كَانَ أَكْثَرُهُم مُّؤْمِنِينَ
Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хилира-кх царех дуккханаш муъма нах.
26:191وَإِنَّ رَبَّكَ لَهُوَ ٱلْعَزِيزُ ٱلرَّحِيمُ
Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург - Иза ву-кх Веза верг а‚ Къинхетаме верг а.
26:192وَإِنَّهُۥ لَتَنزِيلُ رَبِّ ٱلْعَٰلَمِينَ
Баккъалла а, иза /КъурIан/ - Iаламийн Дегара охьадоссар ду.
26:193نَزَلَ بِهِ ٱلرُّوحُ ٱلْأَمِينُ
Охьадоьссира цуьнца /КъурIанца/ Тешаме Са.
26:194عَلَىٰ قَلْبِكَ لِتَكُونَ مِنَ ٱلْمُنذِرِينَ
Хьан дагна тIе‚ хьо хилийтархьама кхерам тосучарех.
26:195بِلِسَانٍ عَرَبِىٍّۢ مُّبِينٍۢ
Билгалчу Iарбийн маттахь.
26:196وَإِنَّهُۥ لَفِى زُبُرِ ٱلْأَوَّلِينَ
Баккъалла а, иза хьалхарчерийн жайнийн чохь а ду.
26:197أَوَلَمْ يَكُن لَّهُمْ ءَايَةً أَن يَعْلَمَهُۥ عُلَمَٰٓؤُا۟ بَنِىٓ إِسْرَٰٓءِيلَ
Царна ца хилла-те делил и хууш хилар Исраилан кIентийн Iеламнахана.
26:198وَلَوْ نَزَّلْنَٰهُ عَلَىٰ بَعْضِ ٱلْأَعْجَمِينَ
Оха иза /КъурIан/ доссийна хиллехьара кхечу къаьмнийн цхьаболчаьрга‚
26:199فَقَرَأَهُۥ عَلَيْهِم مَّا كَانُوا۟ بِهِۦ مُؤْمِنِينَ
Цара иза царна доьшура дара - хир бацара уьш цунах а тешаш.
26:200كَذَٰلِكَ سَلَكْنَٰهُ فِى قُلُوبِ ٱلْمُجْرِمِينَ
Иштта диллина /и КъурIан харцдар/ Оха иза къиношдечеран дегнашка.
26:201لَا يُؤْمِنُونَ بِهِۦ حَتَّىٰ يَرَوُا۟ ٱلْعَذَابَ ٱلْأَلِيمَ
Тешар бац уьш цунах шайна лазаме долу Iазап галц.
26:202فَيَأْتِيَهُم بَغْتَةًۭ وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ
Иза догIур ду царна цIеххьана‚ шаьш хиллачу хьолахь хаа ца луш.
26:203فَيَقُولُوا۟ هَلْ نَحْنُ مُنظَرُونَ
Цара тIаккха эр ду: “Вайна цхьа /кIеззиг/ хан ца ло /Iазап ца деш/?
26:204أَفَبِعَذَابِنَا يَسْتَعْجِلُونَ
Тхан Iазапе сихло уьш?
26:205أَفَرَءَيْتَ إِن مَّتَّعْنَٰهُمْ سِنِينَ
Хьуна ца гора Оха уьш шерашкахь /дуьненахь/ бахийтича а…
26:206ثُمَّ جَآءَهُم مَّا كَانُوا۟ يُوعَدُونَ
ТIаккха деара цаьрга‚ шайца хир ду‚ аьлла‚ ваIда йина хилларг.
26:207مَآ أَغْنَىٰ عَنْهُم مَّا كَانُوا۟ يُمَتَّعُونَ
КIелхьара ца бехира уьш /Делан Iазапах/‚ царна белла хиллачу бахамо.
26:208وَمَآ أَهْلَكْنَا مِن قَرْيَةٍ إِلَّا لَهَا مُنذِرُونَ
Оха хIаллак ца йира цхьа а юрт шена кхерамчаш боцуш
26:209ذِكْرَىٰ وَمَا كُنَّا ظَٰلِمِينَ
/Царна/ дагадайта. Тхо ца хилира зуламхой.
26:210وَمَا تَنَزَّلَتْ بِهِ ٱلشَّيَٰطِينُ
Ца доьссира цуьнца шайтIанаш (шайтIанаша ца доссина и КъурIан, цхьаболчу керстанаша ма бохху).
26:211وَمَا يَنۢبَغِى لَهُمْ وَمَا يَسْتَطِيعُونَ
Тарлуш дац царна /шайтIанашна вехьешца охьадосса/‚ царна ницIкъ ца кхочу.
26:212إِنَّهُمْ عَنِ ٱلسَّمْعِ لَمَعْزُولُونَ
Уьш /шайтIанаш маликашка/ ладогIарах дIасхьакъастийна ду.
26:213فَلَا تَدْعُ مَعَ ٱللَّهِ إِلَٰهًا ءَاخَرَ فَتَكُونَ مِنَ ٱلْمُعَذَّبِينَ
Ма кхайкха Делаца кхин деле - тIаккха хьо хир ву шайна Iазап дийрдолчарех.
26:214وَأَنذِرْ عَشِيرَتَكَ ٱلْأَقْرَبِينَ
Ахьа хьехам бе хьан юххера гергарчаьрга.
26:215وَٱخْفِضْ جَنَاحَكَ لِمَنِ ٱتَّبَعَكَ مِنَ ٱلْمُؤْمِنِينَ
Хьайн тIам охьабахийта муъмин нахах хьайна тIехьахIоьттинчарна /кIеда-мерза хила царца/.
26:216فَإِنْ عَصَوْكَ فَقُلْ إِنِّى بَرِىٓءٌۭ مِّمَّا تَعْمَلُونَ
Цара хьуна Iесалла яхь‚ ахьа ала: “Со цIена ву-кх аш дечух”.
26:217وَتَوَكَّلْ عَلَى ٱلْعَزِيزِ ٱلرَّحِيمِ
Хьо тIетовжа Ша Веза волчунна а‚ Къинхетаме волчунна а.
26:218ٱلَّذِى يَرَىٰكَ حِينَ تَقُومُ
Шена хьо гуш волчунна хьо ира хIуттучу хенахь.
26:219وَتَقَلُّبَكَ فِى ٱلسَّٰجِدِينَ
Хьан дIа-схьаидар а ду сужд дечарийн юккъехь.
26:220إِنَّهُۥ هُوَ ٱلسَّمِيعُ ٱلْعَلِيمُ
Баккъалла а, Иза ву-кх хозуш верг а‚ хууш верг а.
26:221هَلْ أُنَبِّئُكُمْ عَلَىٰ مَن تَنَزَّلُ ٱلشَّيَٰطِينُ
Аса дуьйций шуна /хIай Маккан керстанаш/‚ шена тIе шайтIанаш дуссучух?
26:222تَنَزَّلُ عَلَىٰ كُلِّ أَفَّاكٍ أَثِيمٍۢ
Уьш дуссу хIора харцлуьчунна а‚ къинош дечунна а тIе.
26:223يُلْقُونَ ٱلسَّمْعَ وَأَكْثَرُهُمْ كَٰذِبُونَ
Цара /шайтIанаша маликашкара къайленаш/ хазар бозбуачашка кхуьссу‚ царех дукханаш харцлуьйш бу.
26:224وَٱلشُّعَرَآءُ يَتَّبِعُهُمُ ٱلْغَاوُۥنَ
Назманчаш - царна тIехьахIутту тилабелларш.
26:225أَلَمْ تَرَ أَنَّهُمْ فِى كُلِّ وَادٍۢ يَهِيمُونَ
Хьуна ца го уьш массо буьйрахь дIа-схьа уьдуш?
26:226وَأَنَّهُمْ يَقُولُونَ مَا لَا يَفْعَلُونَ
Цара дуьйцу шаьш ца дийриг.
26:227إِلَّا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ وَذَكَرُوا۟ ٱللَّهَ كَثِيرًۭا وَٱنتَصَرُوا۟ مِنۢ بَعْدِ مَا ظُلِمُوا۟ ۗ وَسَيَعْلَمُ ٱلَّذِينَ ظَلَمُوٓا۟ أَىَّ مُنقَلَبٍۢ يَنقَلِبُونَ
Иман диллинарш‚ дика Iамалш йинарш‚ дуккха Дела хьехийнарш боцурш - царна гIо хилира шайна зулам диначул тIаьхьа. ТIаьхьа хуур ду зулам диначаьрна‚ муьлхачу хьовзарна шаьш тIехьовзур бу.
27:1طسٓ ۚ تِلْكَ ءَايَٰتُ ٱلْقُرْءَانِ وَكِتَابٍۢ مُّبِينٍ
ТIа-син. ХIорш ду КъурIанан – билгалчу жайнан а аяташ.
27:2هُدًۭى وَبُشْرَىٰ لِلْمُؤْمِنِينَ
Шаьш нийса некъ а‚ муъма нахана кхаъ а хилла болу.
27:3ٱلَّذِينَ يُقِيمُونَ ٱلصَّلَوٰةَ وَيُؤْتُونَ ٱلزَّكَوٰةَ وَهُم بِٱلْءَاخِرَةِ هُمْ يُوقِنُونَ
Уьш бу шаьш ламаз а хIоттадеш‚ закат а луш‚ уьш эхартах а тешаш бу.
27:4إِنَّ ٱلَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِٱلْءَاخِرَةِ زَيَّنَّا لَهُمْ أَعْمَٰلَهُمْ فَهُمْ يَعْمَهُونَ
Баккъалла а, эхартах ца тешаш берш – Оха хазйина царна шайн Iамалш – иштта уьш дIа-схьа уьдуш бу.
27:5أُو۟لَٰٓئِكَ ٱلَّذِينَ لَهُمْ سُوٓءُ ٱلْعَذَابِ وَهُمْ فِى ٱلْءَاخِرَةِ هُمُ ٱلْأَخْسَرُونَ
Уьш бу шайн Iазапан боьханиг шайна хуьлуш дерш‚ эхартахь уьш хир бу тIех эшнарш.
27:6وَإِنَّكَ لَتُلَقَّى ٱلْقُرْءَانَ مِن لَّدُنْ حَكِيمٍ عَلِيمٍ
Баккъалла а, /хIай Мухьаммад/ хьуна /нуьцкъала а/ дуьйцуш ду КъурIан Ша хьукаме а‚ хууш а волчун гергара.
27:7إِذْ قَالَ مُوسَىٰ لِأَهْلِهِۦٓ إِنِّىٓ ءَانَسْتُ نَارًۭا سَـَٔاتِيكُم مِّنْهَا بِخَبَرٍ أَوْ ءَاتِيكُم بِشِهَابٍۢ قَبَسٍۢ لَّعَلَّكُمْ تَصْطَلُونَ
Мусас ма элира шен доьзале: "Суна хааели-кх цIе‚ со шуна тIавогIур ву цунах цхьа хабар дахьаш‚ я аса шуна бахьар бу цхьа бегаш болу кIогалг – шу дохдала мегара-кх".
27:8فَلَمَّا جَآءَهَا نُودِىَ أَنۢ بُورِكَ مَن فِى ٱلنَّارِ وَمَنْ حَوْلَهَا وَسُبْحَٰنَ ٱللَّهِ رَبِّ ٱلْعَٰلَمِينَ
Иза цига веъча‚ цуьнга кхайкхира: "Декъала хили цIергахь верг а‚ цуна гонахь верг а‚ вонах цIена ву Дела – Iаламийн Да.
27:9يَٰمُوسَىٰٓ إِنَّهُۥٓ أَنَا ٱللَّهُ ٱلْعَزِيزُ ٱلْحَكِيمُ
ХIай Муса! Баккъалла а, Со веза волу хьукаме волу Дела ву.
27:10وَأَلْقِ عَصَاكَ ۚ فَلَمَّا رَءَاهَا تَهْتَزُّ كَأَنَّهَا جَآنٌّۭ وَلَّىٰ مُدْبِرًۭا وَلَمْ يُعَقِّبْ ۚ يَٰمُوسَىٰ لَا تَخَفْ إِنِّى لَا يَخَافُ لَدَىَّ ٱلْمُرْسَلُونَ
Охьатаса хьайн Iаса". Шена иза /Iаса/ гича‚ етталуш текхарг санна‚ и /Муса/ дIаведира‚ вуха а ца вирзира. "ХIай Муса! Ма кхера. Ца кхоьру Сан гергахь элчанаш
27:11إِلَّا مَن ظَلَمَ ثُمَّ بَدَّلَ حُسْنًۢا بَعْدَ سُوٓءٍۢ فَإِنِّى غَفُورٌۭ رَّحِيمٌۭ
Зулам динарг а бен. ТIаккха цо ша динчу вонна метта диканиг дахь – тIаккха баккъалла а, Со гечдийриг а‚ къинхетам бийриг а ву-кх.
27:12وَأَدْخِلْ يَدَكَ فِى جَيْبِكَ تَخْرُجْ بَيْضَآءَ مِنْ غَيْرِ سُوٓءٍۢ ۖ فِى تِسْعِ ءَايَٰتٍ إِلَىٰ فِرْعَوْنَ وَقَوْمِهِۦٓ ۚ إِنَّهُمْ كَانُوا۟ قَوْمًۭا فَٰسِقِينَ
Хьан че долла хьан куьйг – ахьа схьадоккхур ду иза кIайделла цхьа а хало а йоцуш‚ ФирIавне а‚ цуьнан къаме а долчу исс /Iаламатийн/ чохь /цхьа Iаламат ду иза/. Баккъалла а, уьш хили песакх нах.
27:13فَلَمَّا جَآءَتْهُمْ ءَايَٰتُنَا مُبْصِرَةًۭ قَالُوا۟ هَٰذَا سِحْرٌۭ مُّبِينٌۭ
Шайга Тхан гучадевлла‚ аяташ деъча‚ цара элира: "ХIара билгала бозбуанчалла ду!"
27:14وَجَحَدُوا۟ بِهَا وَٱسْتَيْقَنَتْهَآ أَنفُسُهُمْ ظُلْمًۭا وَعُلُوًّۭا ۚ فَٱنظُرْ كَيْفَ كَانَ عَٰقِبَةُ ٱلْمُفْسِدِينَ
Царна керстаналла дира цара‚ шаьш /дагца/ тешнехь а /уьш Делера хиларах/, зулма дарца а‚ куралла ярца а. Хьажал‚ муха хилла вон леллачийн тIаьхье?
27:15وَلَقَدْ ءَاتَيْنَا دَاوُۥدَ وَسُلَيْمَٰنَ عِلْمًۭا ۖ وَقَالَا ٱلْحَمْدُ لِلَّهِ ٱلَّذِى فَضَّلَنَا عَلَىٰ كَثِيرٍۢ مِّنْ عِبَادِهِ ٱلْمُؤْمِنِينَ
Оха делира Давуде а‚ Сулеймане а Iилма. Цу шиммо элира: "Хастам бу Далла‚ Ша тхо даздинчу Шен дукхах болчу муъма лел.
27:16وَوَرِثَ سُلَيْمَٰنُ دَاوُۥدَ ۖ وَقَالَ يَٰٓأَيُّهَا ٱلنَّاسُ عُلِّمْنَا مَنطِقَ ٱلطَّيْرِ وَأُوتِينَا مِن كُلِّ شَىْءٍ ۖ إِنَّ هَٰذَا لَهُوَ ٱلْفَضْلُ ٱلْمُبِينُ
Сулеймана ийцира Давудан ирс‚ цо элира: "ХIай нах! Тхуна Iимийна олхазарийн мотт‚ тхуна делла массо хIуманах /ниIматаш/. Баккъалла а, иза билгала дозалла ду".
27:17وَحُشِرَ لِسُلَيْمَٰنَ جُنُودُهُۥ مِنَ ٱلْجِنِّ وَٱلْإِنسِ وَٱلطَّيْرِ فَهُمْ يُوزَعُونَ
Гулдира Сулейманна цуьнан эскар жинех а‚ адамех а‚ олхазарех а долу - тIаккха иза (эскар) дийкъира (могIаршкахь).
27:18حَتَّىٰٓ إِذَآ أَتَوْا۟ عَلَىٰ وَادِ ٱلنَّمْلِ قَالَتْ نَمْلَةٌۭ يَٰٓأَيُّهَا ٱلنَّمْلُ ٱدْخُلُوا۟ مَسَٰكِنَكُمْ لَا يَحْطِمَنَّكُمْ سُلَيْمَٰنُ وَجُنُودُهُۥ وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ
Уьш зингатийн боьрана тIе кхаьчча‚ элира /цхьана/ зингато: "ХIай зингаташ! Чудолалаш шайн баннашна‚ шу хьеша ма хьешахьара Сулеймана а‚ цуьнан эскаро а‚ шайна ца хууш".
27:19فَتَبَسَّمَ ضَاحِكًۭا مِّن قَوْلِهَا وَقَالَ رَبِّ أَوْزِعْنِىٓ أَنْ أَشْكُرَ نِعْمَتَكَ ٱلَّتِىٓ أَنْعَمْتَ عَلَىَّ وَعَلَىٰ وَٰلِدَىَّ وَأَنْ أَعْمَلَ صَٰلِحًۭا تَرْضَىٰهُ وَأَدْخِلْنِى بِرَحْمَتِكَ فِى عِبَادِكَ ٱلصَّٰلِحِينَ
Иза вела къежира цуьнан /зингатан/ дешах‚ элира: "Сан Дела‚ ахьа суна таро лолахь хам бан Хьайн ниIматана‚ Айхьа суна а‚ сан дена а делла долчу‚ Хьо шена реза волу‚ дика Iамал ян а‚ со дIатохалахь Хьайн къинхетамца дикачу лешна юкъа".
27:20وَتَفَقَّدَ ٱلطَّيْرَ فَقَالَ مَا لِىَ لَآ أَرَى ٱلْهُدْهُدَ أَمْ كَانَ مِنَ ٱلْغَآئِبِينَ
Иза волавелира олхазарш леха‚ тIаккха элира: "Суна хIуттут хIунда ца го‚ я йоцучарех хили иза?
27:21لَأُعَذِّبَنَّهُۥ عَذَابًۭا شَدِيدًا أَوْ لَأَا۟ذْبَحَنَّهُۥٓ أَوْ لَيَأْتِيَنِّى بِسُلْطَٰنٍۢ مُّبِينٍۢ
Аса Iазап дийр ма ду цунна чIогIа Iазап‚ я аса урс хьокхур ма ду цунна‚ я суна цхьа билгала делил дахьар ма ду цо".
27:22فَمَكَثَ غَيْرَ بَعِيدٍۢ فَقَالَ أَحَطتُ بِمَا لَمْ تُحِطْ بِهِۦ وَجِئْتُكَ مِن سَبَإٍۭ بِنَبَإٍۢ يَقِينٍ
Жимма хан ялийтина /еъначу хIуттуто/ элира: "Суна хиира‚ хьуна ца хиънарг‚ аса деъна хьуна Сабаъара бакъболу хаам.
27:23إِنِّى وَجَدتُّ ٱمْرَأَةًۭ تَمْلِكُهُمْ وَأُوتِيَتْ مِن كُلِّ شَىْءٍۢ وَلَهَا عَرْشٌ عَظِيمٌۭ
Баккъалла а, суна карийна /цхьа/ зуда‚ ша царна тIехь паччахьалла деш йолу‚ цуна делла массо хIуманах /паччахьалла‚ ниIмат‚ беркат‚ хазалла и. дI. кх./‚ цуьнан сийлахь-йоккха Iарш а ю (хаза кечбийна маьнга).
27:24وَجَدتُّهَا وَقَوْمَهَا يَسْجُدُونَ لِلشَّمْسِ مِن دُونِ ٱللَّهِ وَزَيَّنَ لَهُمُ ٱلشَّيْطَٰنُ أَعْمَٰلَهُمْ فَصَدَّهُمْ عَنِ ٱلسَّبِيلِ فَهُمْ لَا يَهْتَدُونَ
Суна карийна иза а‚ цуьнан къам а сужд деш малхана‚ Дела а витина‚ хазйина царна шайтIано шайн Iамалш‚ цо дIатилина уьш /нийсачу/ новкъах - уьш нис ца ло.
27:25أَلَّا يَسْجُدُوا۟ لِلَّهِ ٱلَّذِى يُخْرِجُ ٱلْخَبْءَ فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ وَيَعْلَمُ مَا تُخْفُونَ وَمَا تُعْلِنُونَ
Цара сужд хIунда ца до-те Далла‚ Ша Iорадоккхуш волчу хьулделларг стигланашкахь а‚ латтахь а‚ Шена хууш волчу аша къайладоккхург а‚ аша дIахьедориг а?
27:26ٱللَّهُ لَآ إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ رَبُّ ٱلْعَرْشِ ٱلْعَظِيمِ ۩
АллахI ву‚ кхин дела вац‚ Иза воцург‚- сийлахь-йоккхачу Iаршан Да Ша волу".
27:27۞ قَالَ سَنَنظُرُ أَصَدَقْتَ أَمْ كُنتَ مِنَ ٱلْكَٰذِبِينَ
Цо /Сулеймана/ элира: "Вай хьовсур ду‚ бакъ лийна-те хьо‚ я хьо хилла-те харцлуьйчарех?
27:28ٱذْهَب بِّكِتَٰبِى هَٰذَا فَأَلْقِهْ إِلَيْهِمْ ثُمَّ تَوَلَّ عَنْهُمْ فَٱنظُرْ مَاذَا يَرْجِعُونَ
Хьада‚ хIара сан кехат эций дIагIо‚ царна хьалха кхосса иза‚ тIаккха царна юьстахвала‚ хьажа‚ цара хIун жоп лур ду".
27:29قَالَتْ يَٰٓأَيُّهَا ٱلْمَلَؤُا۟ إِنِّىٓ أُلْقِىَ إِلَىَّ كِتَٰبٌۭ كَرِيمٌ
Цо элира: "ХIай‚ элийн тоба‚ баккъалла а, кхаьчна соьга сийлахь долу кехат.
27:30إِنَّهُۥ مِن سُلَيْمَٰنَ وَإِنَّهُۥ بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ
Баккъалла а, иза ду Сулейманера‚ цо /дуьйцу-кх/: "
27:31أَلَّا تَعْلُوا۟ عَلَىَّ وَأْتُونِى مُسْلِمِينَ
Шу лакхадовла ма гIерта сол‚ суна тIе дуьйла мукIара а хилий (Дела цхьаъ веш)".
27:32قَالَتْ يَٰٓأَيُّهَا ٱلْمَلَؤُا۟ أَفْتُونِى فِىٓ أَمْرِى مَا كُنتُ قَاطِعَةً أَمْرًا حَتَّىٰ تَشْهَدُونِ
Цо /Билкъисо/ элира: "ХIай элийн тоба! Сацам бе суна сан гIуллакха тIехь. Со ца хилла-кх сацам беш гIуллакхан‚ шух дагайолуш бен".
27:33قَالُوا۟ نَحْنُ أُو۟لُوا۟ قُوَّةٍۢ وَأُو۟لُوا۟ بَأْسٍۢ شَدِيدٍۢ وَٱلْأَمْرُ إِلَيْكِ فَٱنظُرِى مَاذَا تَأْمُرِينَ
Цара элира: "Вай ницIкъ болуш а ду‚ чIогIа хьуьнар долуш а ду‚ гIуллакх хьоьгахь ду-кх‚ хьажахь-ткъа‚ хIун омра до ахьа".
27:34قَالَتْ إِنَّ ٱلْمُلُوكَ إِذَا دَخَلُوا۟ قَرْيَةً أَفْسَدُوهَا وَجَعَلُوٓا۟ أَعِزَّةَ أَهْلِهَآ أَذِلَّةًۭ ۖ وَكَذَٰلِكَ يَفْعَلُونَ
Цо элира: "Баккъалла а, паччахьаша шаьш юьртана чубаьхкича‚ йоха йо иза‚ цуьнан охIлах сийлахь берш сийсаза боху цара. Иштта до цара.
27:35وَإِنِّى مُرْسِلَةٌ إِلَيْهِم بِهَدِيَّةٍۢ فَنَاظِرَةٌۢ بِمَ يَرْجِعُ ٱلْمُرْسَلُونَ
Баккъалла а, аса дохьуьйту царна /Сулеймангара/ совгIат‚ тIаккха хьожур ю‚ стенца буха боьрзу бахийтинарш".
27:36فَلَمَّا جَآءَ سُلَيْمَٰنَ قَالَ أَتُمِدُّونَنِ بِمَالٍۢ فَمَآ ءَاتَىٰنِۦَ ٱللَّهُ خَيْرٌۭ مِّمَّآ ءَاتَىٰكُم بَلْ أَنتُم بِهَدِيَّتِكُمْ تَفْرَحُونَ
Иза /Билкъисо ваийтинарг/ Сулейман волчу веъча‚ цо /Сулейманас/ элира: "Со даьхница хьоле во аша? Дала суна делларг дика ма ду Цо шуна деллачул а‚ делахь а шу шайн совгIатаца даккхийдеш ду-кх.
27:37ٱرْجِعْ إِلَيْهِمْ فَلَنَأْتِيَنَّهُم بِجُنُودٍۢ لَّا قِبَلَ لَهُم بِهَا وَلَنُخْرِجَنَّهُم مِّنْهَآ أَذِلَّةًۭ وَهُمْ صَٰغِرُونَ
Вухаверза царна тIе‚ тхо догIур ду царна тIе эскарца‚ шеца уьш лалур боцчу‚ Оха арабохур бу уьш цу чуьра /шайн махкара/ сийсаза хилла‚ уьш кIелбуьсур бу".
27:38قَالَ يَٰٓأَيُّهَا ٱلْمَلَؤُا۟ أَيُّكُمْ يَأْتِينِى بِعَرْشِهَا قَبْلَ أَن يَأْتُونِى مُسْلِمِينَ
Цо /Сулеймана/ элира: "ХIай элийн тоба! Шух муьлха вогIур вара суна тIе цуьнан /Билкъисан/ таж яхьаш‚ уьш суна тIе бахкале мукIар а хилла?"
27:39قَالَ عِفْرِيتٌۭ مِّنَ ٱلْجِنِّ أَنَا۠ ءَاتِيكَ بِهِۦ قَبْلَ أَن تَقُومَ مِن مَّقَامِكَ ۖ وَإِنِّى عَلَيْهِ لَقَوِىٌّ أَمِينٌۭ
Жинех уггар нуьцкъал долчо (Iифрито) элира: "Со догIур ду хьуна тIе цуьнца‚ хьо хьан меттигера хьалагIаттале. Со цу тIехь нуьцIкъала а‚ тешаме а ду".
27:40قَالَ ٱلَّذِى عِندَهُۥ عِلْمٌۭ مِّنَ ٱلْكِتَٰبِ أَنَا۠ ءَاتِيكَ بِهِۦ قَبْلَ أَن يَرْتَدَّ إِلَيْكَ طَرْفُكَ ۚ فَلَمَّا رَءَاهُ مُسْتَقِرًّا عِندَهُۥ قَالَ هَٰذَا مِن فَضْلِ رَبِّى لِيَبْلُوَنِىٓ ءَأَشْكُرُ أَمْ أَكْفُرُ ۖ وَمَن شَكَرَ فَإِنَّمَا يَشْكُرُ لِنَفْسِهِۦ ۖ وَمَن كَفَرَ فَإِنَّ رَبِّى غَنِىٌّۭ كَرِيمٌۭ
Шегахь жайнан Iилма долчо элира: "Со догIур ду хьуна тIе цуьнца‚ ахьа бIаьрган негIар тохале". Шена иза /Билкъисан Iарш – маьнга/ гича‚ шена хьалхахь лаьтташ‚ цо /Сулеймана/ элира: "ХIара сан Кхиош-кхобучун дозаллех ду‚ Цо со зерхьама‚ баркалла олу аса я инкарло йо. Баркалла аьлларг - цо шен дуьхьа олуш ду‚ инкарло йинарг - баккъалла а, сан Кхиош-кхобург хьал долуш а ву‚ сийлахь а ву".
27:41قَالَ نَكِّرُوا۟ لَهَا عَرْشَهَا نَنظُرْ أَتَهْتَدِىٓ أَمْ تَكُونُ مِنَ ٱلَّذِينَ لَا يَهْتَدُونَ
Цо элира: "Хийцам бе цуьнан Iарша тIехь‚ вай хьовсур‚ евзий цунна иза‚ я хир ю-те иза и ца евзачарех.
27:42فَلَمَّا جَآءَتْ قِيلَ أَهَٰكَذَا عَرْشُكِ ۖ قَالَتْ كَأَنَّهُۥ هُوَ ۚ وَأُوتِينَا ٱلْعِلْمَ مِن قَبْلِهَا وَكُنَّا مُسْلِمِينَ
Иза /Билкъис/ еъча элира /цуьнга/: "Иштта ю-й хьан Iарш?" Цо элира: "Иза йолчух тера ю хIара". /Сулеймана элира шена Билкъисехь Iилма дуйла хиъначул тIаьхьа/: "Тхуна Iилма деллера цунначул /Билкъисал/ хьалха‚ тхо муьтIахь хилира /Далла/".
27:43وَصَدَّهَا مَا كَانَت تَّعْبُدُ مِن دُونِ ٱللَّهِ ۖ إِنَّهَا كَانَتْ مِن قَوْمٍۢ كَٰفِرِينَ
Иза /Билкъис/ юхатуьйхира /цхьана Далла Iибадат дарах/‚ цо иза а витина кхечунна Iибадат даро. Баккъалла а, иза ма яра ца тешачу къамах.
27:44قِيلَ لَهَا ٱدْخُلِى ٱلصَّرْحَ ۖ فَلَمَّا رَأَتْهُ حَسِبَتْهُ لُجَّةًۭ وَكَشَفَتْ عَن سَاقَيْهَا ۚ قَالَ إِنَّهُۥ صَرْحٌۭ مُّمَرَّدٌۭ مِّن قَوَارِيرَ ۗ قَالَتْ رَبِّ إِنِّى ظَلَمْتُ نَفْسِى وَأَسْلَمْتُ مَعَ سُلَيْمَٰنَ لِلَّهِ رَبِّ ٱلْعَٰلَمِينَ
Элира цуьнга: "Чуйола гIалина!" Шена иза гича‚ цуна моттаделира иза алссам хи ду‚ цо шен настарш гучаехира. Цо /Сулеймана/ элира: "Баккъалла а, иза гIала ю къегинчу аьнгалех йина". Цо /Билкъисо/ элира: "Со Кхиош-кхобушверг‚ бакъалла а аса зулам ма дина сайна‚ мукIар хили со Сулейманаца цхьаьна Далла - Iаламийн Дена".
27:45وَلَقَدْ أَرْسَلْنَآ إِلَىٰ ثَمُودَ أَخَاهُمْ صَٰلِحًا أَنِ ٱعْبُدُوا۟ ٱللَّهَ فَإِذَا هُمْ فَرِيقَانِ يَخْتَصِمُونَ
Оха вахийтира Самудашка церан ваша Салихь‚ Далла Iибадат де‚ аьлла - уьш‚ ши тоба а хилла‚ къийсабала буьйлабелира.
27:46قَالَ يَٰقَوْمِ لِمَ تَسْتَعْجِلُونَ بِٱلسَّيِّئَةِ قَبْلَ ٱلْحَسَنَةِ ۖ لَوْلَا تَسْتَغْفِرُونَ ٱللَّهَ لَعَلَّكُمْ تُرْحَمُونَ
Цо элира: "ХIай сан къам‚ шу хIунда сихло вониг /дарца/ диканиг /дарал/ хьалха? Гечдар дехахьара аша Деле‚ шух къинхетам бан там бара".
27:47قَالُوا۟ ٱطَّيَّرْنَا بِكَ وَبِمَن مَّعَكَ ۚ قَالَ طَٰٓئِرُكُمْ عِندَ ٱللَّهِ ۖ بَلْ أَنتُمْ قَوْمٌۭ تُفْتَنُونَ
Цара элира: "Хьо а‚ хьоьца берш бахьанехь тхуна вон билгалонаш хааелла". Цо элира: "Шун дакъа (диканиг я вониг) Далла гергахь ду. ХIаъ‚ шу ду-кх питане лоьцуш долу къам".
27:48وَكَانَ فِى ٱلْمَدِينَةِ تِسْعَةُ رَهْطٍۢ يُفْسِدُونَ فِى ٱلْأَرْضِ وَلَا يُصْلِحُونَ
Цу гIалахь хиллера исс стаг‚ лаьттахь боьханиг даржадеш волу‚ диканиг а ца деш.
27:49قَالُوا۟ تَقَاسَمُوا۟ بِٱللَّهِ لَنُبَيِّتَنَّهُۥ وَأَهْلَهُۥ ثُمَّ لَنَقُولَنَّ لِوَلِيِّهِۦ مَا شَهِدْنَا مَهْلِكَ أَهْلِهِۦ وَإِنَّا لَصَٰدِقُونَ
Цара элира: "Вовшашна дуйнаш баа Делаца‚ вай буьйсана войур ву иза а /Салихь/‚ цуьнан доьзал а‚ аьлла тIаккха эр вай цуьнан верасе: "Тхо дацара цуьнан доьзал хIаллак хуьла чохь‚ тхо бакълуьйш ма ду".
27:50وَمَكَرُوا۟ مَكْرًۭا وَمَكَرْنَا مَكْرًۭا وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ
Мекарло йира цара мекарлонца‚ Оха йира /церан мекарлонан дуьхьал/ мекарло мекарлонца‚ царна ца хууш.
27:51فَٱنظُرْ كَيْفَ كَانَ عَٰقِبَةُ مَكْرِهِمْ أَنَّا دَمَّرْنَٰهُمْ وَقَوْمَهُمْ أَجْمَعِينَ
Хьажал‚ муха хилла церан мекараллин тIаьхье: Оха этира уьш а‚ церан къам а - берриге.
27:52فَتِلْكَ بُيُوتُهُمْ خَاوِيَةًۢ بِمَا ظَلَمُوٓا۟ ۗ إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَةًۭ لِّقَوْمٍۢ يَعْلَمُونَ
ХIорш ду церан цIенош‚ доьхна лаьтташ‚ цара зулам дина хиларна. Баккъалла а, цу чохь делил ду-кх ша хууш долчу къомана.
27:53وَأَنجَيْنَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَكَانُوا۟ يَتَّقُونَ
Оха кIелхьарабехира иман диллина хилларш‚ шаьш /Делах/ кхоьруш хилларш.
27:54وَلُوطًا إِذْ قَالَ لِقَوْمِهِۦٓ أَتَأْتُونَ ٱلْفَٰحِشَةَ وَأَنتُمْ تُبْصِرُونَ
ЛутI а /вахийтира Оха шен къомана тIе/‚ цо шен къоме ма элира: "Боьханиг леладо ткъа аша? Шуна гуш ма ду и!
27:55أَئِنَّكُمْ لَتَأْتُونَ ٱلرِّجَالَ شَهْوَةًۭ مِّن دُونِ ٱلنِّسَآءِ ۚ بَلْ أَنتُمْ قَوْمٌۭ تَجْهَلُونَ
Шу оьху ткъа божарашна тIе безамца‚ зударий буьтий? ХIаъ‚ шу ду-кх жехIал къам".