Skip to content
QuranOlive

Juz 15 of 30 · 185 ayahs

سبحان الذيPara 15: Subhanallazi — Chechen

Juz 15, known as Para 15 “Subhanallazi” (سبحان الذي), runs from Surah Al-Isra 17:1 to Surah Al-Kahf 18:74. Read the full para online in Arabic with Chechen translation and audio.

17:1

سُبْحَٰنَ ٱلَّذِىٓ أَسْرَىٰ بِعَبْدِهِۦ لَيْلًۭا مِّنَ ٱلْمَسْجِدِ ٱلْحَرَامِ إِلَى ٱلْمَسْجِدِ ٱلْأَقْصَا ٱلَّذِى بَٰرَكْنَا حَوْلَهُۥ لِنُرِيَهُۥ مِنْ ءَايَٰتِنَآ ۚ إِنَّهُۥ هُوَ ٱلسَّمِيعُ ٱلْبَصِيرُ

Вонах цIена ву Иза‚ Ша Шен лай буьйсанна /кхарста/ ваьккхина волу Дезачу Маьждигера Генарчу Маьждиге‚ Оха шен гонехь беркате дина долчу‚ цунна гайтархьама Тхан аяташ. Баккъалла а, Иза ву хезаш верг а‚ гуш верг а.

17:2

وَءَاتَيْنَا مُوسَى ٱلْكِتَٰبَ وَجَعَلْنَٰهُ هُدًۭى لِّبَنِىٓ إِسْرَٰٓءِيلَ أَلَّا تَتَّخِذُوا۟ مِن دُونِى وَكِيلًۭا

Оха делира Мусага жайна‚ цунах хилийтира нийса некъ Исраилан кIенташна‚ Со воцург кхин векал ма лаца‚ аьлла.

17:3

ذُرِّيَّةَ مَنْ حَمَلْنَا مَعَ نُوحٍ ۚ إِنَّهُۥ كَانَ عَبْدًۭا شَكُورًۭا

Оха шаьш Нухьаца лелийначеран зуьрет ду иза. Баккъалла а, иза /Нухь пайхамар/ хили баркате лай.

17:4

وَقَضَيْنَآ إِلَىٰ بَنِىٓ إِسْرَٰٓءِيلَ فِى ٱلْكِتَٰبِ لَتُفْسِدُنَّ فِى ٱلْأَرْضِ مَرَّتَيْنِ وَلَتَعْلُنَّ عُلُوًّۭا كَبِيرًۭا

Оха сацамбира Исраилан кIенташна жайна чохь: "Данне а боьханиг дийр ду аша лаьтта тIехь шозза‚ курадевр ду шу йоккхачу кураллица"‚- аьлла.

17:5

فَإِذَا جَآءَ وَعْدُ أُولَىٰهُمَا بَعَثْنَا عَلَيْكُمْ عِبَادًۭا لَّنَآ أُو۟لِى بَأْسٍۢ شَدِيدٍۢ فَجَاسُوا۟ خِلَٰلَ ٱلدِّيَارِ ۚ وَكَانَ وَعْدًۭا مَّفْعُولًۭا

Цу шиннех хьалхара ваIда еъча‚ Оха шуна тIе бахийтира Тхан леш‚ шайгахь чIогIа ницкъ болу‚ чекхбевлира уьш цIенойн юккъехула‚ ваIда кхочушхилира.

17:6

ثُمَّ رَدَدْنَا لَكُمُ ٱلْكَرَّةَ عَلَيْهِمْ وَأَمْدَدْنَٰكُم بِأَمْوَٰلٍۢ وَبَنِينَ وَجَعَلْنَٰكُمْ أَكْثَرَ نَفِيرًا

ТIаккха Оха шуна бухаберзийра царна тIехь толам‚ гIо дира шуна хьолаца а‚ кIенташца а‚ шух хилийтира вуно дукха эскар.

17:7

إِنْ أَحْسَنتُمْ أَحْسَنتُمْ لِأَنفُسِكُمْ ۖ وَإِنْ أَسَأْتُمْ فَلَهَا ۚ فَإِذَا جَآءَ وَعْدُ ٱلْءَاخِرَةِ لِيَسُۥٓـُٔوا۟ وُجُوهَكُمْ وَلِيَدْخُلُوا۟ ٱلْمَسْجِدَ كَمَا دَخَلُوهُ أَوَّلَ مَرَّةٍۢ وَلِيُتَبِّرُوا۟ مَا عَلَوْا۟ تَتْبِيرًا

Аша диканиг дича – аша диканиг дина шайна‚ аша вониг дича – иза а шайна ду. /Делан/ шолгIа ваIда кхочушхилча – /Дала кхин мостагIий тIекхиссира шуна/ цара шун яххьаш вон ян‚ маьждига уьш чу баха‚ дуьххьара шаьш бахаре терра‚ дохо шайна дола деънарг.

17:8

عَسَىٰ رَبُّكُمْ أَن يَرْحَمَكُمْ ۚ وَإِنْ عُدتُّمْ عُدْنَا ۘ وَجَعَلْنَا جَهَنَّمَ لِلْكَٰفِرِينَ حَصِيرًا

Шун Кхиош-кхобучо шух къинхетам бан мега. Шу духадерзахь /къинош дарна/‚ Тхо а духадуьрзур ду /шуна таIзар дарна/. Оха хилийтина жоьжахати керстанашна набахти.

17:9

إِنَّ هَٰذَا ٱلْقُرْءَانَ يَهْدِى لِلَّتِى هِىَ أَقْوَمُ وَيُبَشِّرُ ٱلْمُؤْمِنِينَ ٱلَّذِينَ يَعْمَلُونَ ٱلصَّٰلِحَٰتِ أَنَّ لَهُمْ أَجْرًۭا كَبِيرًۭا

Баккъалла а, хIокху КъурIано нисво ша уггар нийса долчунна тIе‚ кхаъ боккху муъма нахана‚ шаьш диканаш деш болчу‚ шайна йоккха ял хиларца.

17:10

وَأَنَّ ٱلَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِٱلْءَاخِرَةِ أَعْتَدْنَا لَهُمْ عَذَابًا أَلِيمًۭا

Эхартах цатешаш берш – Оха царна кечдина лазош долу Iазап.

17:11

وَيَدْعُ ٱلْإِنسَٰنُ بِٱلشَّرِّ دُعَآءَهُۥ بِٱلْخَيْرِ ۖ وَكَانَ ٱلْإِنسَٰنُ عَجُولًۭا

Адамо вониг доьхуш доIа до, ша диканиг доьхуш доIа деш санна. Адам хилла сиха.

17:12

وَجَعَلْنَا ٱلَّيْلَ وَٱلنَّهَارَ ءَايَتَيْنِ ۖ فَمَحَوْنَآ ءَايَةَ ٱلَّيْلِ وَجَعَلْنَآ ءَايَةَ ٱلنَّهَارِ مُبْصِرَةًۭ لِّتَبْتَغُوا۟ فَضْلًۭا مِّن رَّبِّكُمْ وَلِتَعْلَمُوا۟ عَدَدَ ٱلسِّنِينَ وَٱلْحِسَابَ ۚ وَكُلَّ شَىْءٍۢ فَصَّلْنَٰهُ تَفْصِيلًۭا

Оха хилийтина буьйса а‚ де а ши делил. Буьйсанан делил дIадоккху Оха‚ дийнан делил хуьлуьйту гуш шуьга лахийтархьама шайн Кхиош-кхобучуьнгара комаьршаллах /рицкъа/‚ шерийн барам а, хьесап а шуна хаийтархьама. Массо хIума къастийна Оха къастамца.

17:13

وَكُلَّ إِنسَٰنٍ أَلْزَمْنَٰهُ طَٰٓئِرَهُۥ فِى عُنُقِهِۦ ۖ وَنُخْرِجُ لَهُۥ يَوْمَ ٱلْقِيَٰمَةِ كِتَٰبًۭا يَلْقَىٰهُ مَنشُورًا

Массо стагана дихкина Оха шен хьоза цуьнан логах. Оха цунна Къематдийнахь жайна арадоккхур ду – цо лоцур ду иза схьадаьржина (дуьненахь ша дина диканиг а, вониг а цуьнан хьалхахь хир ду къематдийнахь).

17:14

ٱقْرَأْ كِتَٰبَكَ كَفَىٰ بِنَفْسِكَ ٱلْيَوْمَ عَلَيْكَ حَسِيبًۭا

"Деша хьан жайна. Хьуо хьайх кхачо хили хьуна тахана хьесапна" /эр ду цуьнга/.

17:15

مَّنِ ٱهْتَدَىٰ فَإِنَّمَا يَهْتَدِى لِنَفْسِهِۦ ۖ وَمَن ضَلَّ فَإِنَّمَا يَضِلُّ عَلَيْهَا ۚ وَلَا تَزِرُ وَازِرَةٌۭ وِزْرَ أُخْرَىٰ ۗ وَمَا كُنَّا مُعَذِّبِينَ حَتَّىٰ نَبْعَثَ رَسُولًۭا

Нисвелларг – шена нислуш ву. Тилавелларг а – шена тилалуш ву. Хьур бац хьочо кхечуьнан мохь. Тхо ца хилла Iазап деш Оха элча вахийтталц.

17:16

وَإِذَآ أَرَدْنَآ أَن نُّهْلِكَ قَرْيَةً أَمَرْنَا مُتْرَفِيهَا فَفَسَقُوا۟ فِيهَا فَحَقَّ عَلَيْهَا ٱلْقَوْلُ فَدَمَّرْنَٰهَا تَدْمِيرًۭا

Тхуна цхьа юрт хIаллакхьян лиъча‚ Оха омра до цуьнан хьалдолчаьрга‚ – цара цу чохь боьханиг до‚ тIаккха оцу тIехь дош бакъхуьлу – тIаккха Оха иза йохайо.

17:17

وَكَمْ أَهْلَكْنَا مِنَ ٱلْقُرُونِ مِنۢ بَعْدِ نُوحٍۢ ۗ وَكَفَىٰ بِرَبِّكَ بِذُنُوبِ عِبَادِهِۦ خَبِيرًۢا بَصِيرًۭا

Маса хIаллакйина Оха тIаьхьенаш Нухьал тIаьхьа! Кхачо ю хьан Дела Шен лайн къинош хууш а‚ гуш а хилар.

17:18

مَّن كَانَ يُرِيدُ ٱلْعَاجِلَةَ عَجَّلْنَا لَهُۥ فِيهَا مَا نَشَآءُ لِمَن نُّرِيدُ ثُمَّ جَعَلْنَا لَهُۥ جَهَنَّمَ يَصْلَىٰهَا مَذْمُومًۭا مَّدْحُورًۭا

Милла а хиллехь дезаш сиханиг – сихдина Оха цунна цу чохь Тхайна луург Тхайна луучунна‚ тIаккха Оха хилийтина цунна жоьжахати – чувулур ву иза цунна /вага/ бехке а хилла‚ эшийна а волуш.

17:19

وَمَنْ أَرَادَ ٱلْءَاخِرَةَ وَسَعَىٰ لَهَا سَعْيَهَا وَهُوَ مُؤْمِنٌۭ فَأُو۟لَٰٓئِكَ كَانَ سَعْيُهُم مَّشْكُورًۭا

Милла а велахь дезна тIаьхьарниг‚ цунна тIегIиртинарг шен гIертарца ша тешна а волуш – уьш бу шайн дIагIертар баркалле хилларш.

17:20

كُلًّۭا نُّمِدُّ هَٰٓؤُلَآءِ وَهَٰٓؤُلَآءِ مِنْ عَطَآءِ رَبِّكَ ۚ وَمَا كَانَ عَطَآءُ رَبِّكَ مَحْظُورًا

ХIоранна а ло Оха – хIокхарна а‚ вукхарна а – хьан Кхиош-кхобучун ниIматах. Хьан Кхиош-кхобучун ниIмат ца хилла дихкина.

17:21

ٱنظُرْ كَيْفَ فَضَّلْنَا بَعْضَهُمْ عَلَىٰ بَعْضٍۢ ۚ وَلَلْءَاخِرَةُ أَكْبَرُ دَرَجَٰتٍۢ وَأَكْبَرُ تَفْضِيلًۭا

Хьажал‚ муха базбина Оха царех цхьаберш вукхарна тIехь! Ткъа эхарт - даржах уггар доккханиг ду‚ дозаллах уггар докханиг ду.

17:22

لَّا تَجْعَلْ مَعَ ٱللَّهِ إِلَٰهًا ءَاخَرَ فَتَقْعُدَ مَذْمُومًۭا مَّخْذُولًۭا

Делаца кхин дела ма хилийта – тIаккха хьо охьахуур ву бехке хилла‚ гIо доцуш висина.

17:23

۞ وَقَضَىٰ رَبُّكَ أَلَّا تَعْبُدُوٓا۟ إِلَّآ إِيَّاهُ وَبِٱلْوَٰلِدَيْنِ إِحْسَٰنًا ۚ إِمَّا يَبْلُغَنَّ عِندَكَ ٱلْكِبَرَ أَحَدُهُمَآ أَوْ كِلَاهُمَا فَلَا تَقُل لَّهُمَآ أُفٍّۢ وَلَا تَنْهَرْهُمَا وَقُل لَّهُمَا قَوْلًۭا كَرِيمًۭا

Хьан Кхиош-кхобучо омра дина: аш Iибадат ма делаш Цунна а бен‚ деца-ненаца дика а хилалаш‚ аьлла. Хьуна гергахь царех цхьаъ я ший а къеналлина тIекхачахь‚ ахьа цаьрга шиннге ма алалахь: "Уффай!"‚ дIа ма къахкхолахь и шиъ‚ ахьа алалахь цаьрга шиннега хаза дош.

17:24

وَٱخْفِضْ لَهُمَا جَنَاحَ ٱلذُّلِّ مِنَ ٱلرَّحْمَةِ وَقُل رَّبِّ ٱرْحَمْهُمَا كَمَا رَبَّيَانِى صَغِيرًۭا

Ахьа охьабахийта царна шиннена къинхетамах муьтIахь хиларан тIам‚ ала: "Сан Кхиош-кхобушверг‚ къинхетам бехьа царех шиннех‚ цара шиммо жима волуш со кхиоре терра".

17:25

رَّبُّكُمْ أَعْلَمُ بِمَا فِى نُفُوسِكُمْ ۚ إِن تَكُونُوا۟ صَٰلِحِينَ فَإِنَّهُۥ كَانَ لِلْأَوَّٰبِينَ غَفُورًۭا

Шун Кхиош-кхобург дика хууш ву шун синошкахь дерг. Шу дика хилахь – баккъалла, Иза хилла /цIена тоба дарца/ Шена тIебоьрзучарна гечдеш.

17:26

وَءَاتِ ذَا ٱلْقُرْبَىٰ حَقَّهُۥ وَٱلْمِسْكِينَ وَٱبْنَ ٱلسَّبِيلِ وَلَا تُبَذِّرْ تَبْذِيرًا

Гергарчунна шен хьакъ дIало‚ мискачунна а‚ некъан накъостана а /дIало церан хьакъ/‚ дайа ма дайа /шайн хIума/ эрна.

17:27

إِنَّ ٱلْمُبَذِّرِينَ كَانُوٓا۟ إِخْوَٰنَ ٱلشَّيَٰطِينِ ۖ وَكَانَ ٱلشَّيْطَٰنُ لِرَبِّهِۦ كَفُورًۭا

Эрна дойуш берш хилла шайтIанийн вежарий‚ ткъа шайтIа шен Кхиош-кхобучунна керста хилла.

17:28

وَإِمَّا تُعْرِضَنَّ عَنْهُمُ ٱبْتِغَآءَ رَحْمَةٍۢ مِّن رَّبِّكَ تَرْجُوهَا فَقُل لَّهُمْ قَوْلًۭا مَّيْسُورًۭا

Нагахь хьо царех верзанне а дIаверзахь, хьан Кхиош-кхобучуьнгара къинхетам лоьхуш‚ ахьа цуьнга дог дохуш‚ ахьа цаьрга алалахь дайа дош.

17:29

وَلَا تَجْعَلْ يَدَكَ مَغْلُولَةً إِلَىٰ عُنُقِكَ وَلَا تَبْسُطْهَا كُلَّ ٱلْبَسْطِ فَتَقْعُدَ مَلُومًۭا مَّحْسُورًا

Ма де хьайн куьг хьайн логах дихкина‚ даржа а ма де и массо даржорца - охьа хуур ву хьо бехкаме а хилла‚ гIайгIане а вахана.

17:30

إِنَّ رَبَّكَ يَبْسُطُ ٱلرِّزْقَ لِمَن يَشَآءُ وَيَقْدِرُ ۚ إِنَّهُۥ كَانَ بِعِبَادِهِۦ خَبِيرًۢا بَصِيرًۭا

Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобучо рицкъа даржадо Шена луучунна /шортта/‚ барам а бо. Баккъалла а, Иза хилла Шен леш бевзаш а‚ гуш а.

17:31

وَلَا تَقْتُلُوٓا۟ أَوْلَٰدَكُمْ خَشْيَةَ إِمْلَٰقٍۢ ۖ نَّحْنُ نَرْزُقُهُمْ وَإِيَّاكُمْ ۚ إِنَّ قَتْلَهُمْ كَانَ خِطْـًۭٔا كَبِيرًۭا

Ма дайа шайн бераш мискаллах кхоьруш – Оха кхобур бу уьш а‚ шу а. Баккъалла а, уьш байар хилла доккха гIалат.

17:32

وَلَا تَقْرَبُوا۟ ٱلزِّنَىٰٓ ۖ إِنَّهُۥ كَانَ فَٰحِشَةًۭ وَسَآءَ سَبِيلًۭا

Зинанна герга ма гIолаш‚ баккъалла а, и хилла ирчаниг‚ и хилла боьханиг.

17:33

وَلَا تَقْتُلُوا۟ ٱلنَّفْسَ ٱلَّتِى حَرَّمَ ٱللَّهُ إِلَّا بِٱلْحَقِّ ۗ وَمَن قُتِلَ مَظْلُومًۭا فَقَدْ جَعَلْنَا لِوَلِيِّهِۦ سُلْطَٰنًۭا فَلَا يُسْرِف فِّى ٱلْقَتْلِ ۖ إِنَّهُۥ كَانَ مَنصُورًۭا

Ма дайалаш са‚ Дала Ша хьарам дина долу‚ де хьакъ доцуш. Шена зулам деш винарг – Оха цуьнан валина /ирс оьцучунна/ бакъо елла /чIир эца/‚ байарехь тIех ма волийла иза. Баккъалла а, иза хилла шена гIо динарг.

17:34

وَلَا تَقْرَبُوا۟ مَالَ ٱلْيَتِيمِ إِلَّا بِٱلَّتِى هِىَ أَحْسَنُ حَتَّىٰ يَبْلُغَ أَشُدَّهُۥ ۚ وَأَوْفُوا۟ بِٱلْعَهْدِ ۖ إِنَّ ٱلْعَهْدَ كَانَ مَسْـُٔولًۭا

Шу герга ма гIолаш буоберан дохнна уггар хазачуьнца бен‚ и воккха хиллалц‚ Iалашбе барт (шайн кхечаьрца хилла чIагIонаш). Баккъалла а, барт жоьпалле хилла. /Дала жоп доьхур ду цунах/.

17:35

وَأَوْفُوا۟ ٱلْكَيْلَ إِذَا كِلْتُمْ وَزِنُوا۟ بِٱلْقِسْطَاسِ ٱلْمُسْتَقِيمِ ۚ ذَٰلِكَ خَيْرٌۭ وَأَحْسَنُ تَأْوِيلًۭا

Нийсо е юстарехь шаьш юстуш‚ озалаш нийсачу терзанца. Иза дика а ду‚ мелхо а хаза а ду тIаьхьенгахь.

17:36

وَلَا تَقْفُ مَا لَيْسَ لَكَ بِهِۦ عِلْمٌ ۚ إِنَّ ٱلسَّمْعَ وَٱلْبَصَرَ وَٱلْفُؤَادَ كُلُّ أُو۟لَٰٓئِكَ كَانَ عَنْهُ مَسْـُٔولًۭا

Хьо тIаьхьа ма хIотталахь хьайна шегахь Iилма доцучунна. Баккъалла а, лерса а‚ бIаьрса а‚ дог а – уьш дерриге а хилла цунах жоьпалле.

17:37

وَلَا تَمْشِ فِى ٱلْأَرْضِ مَرَحًا ۖ إِنَّكَ لَن تَخْرِقَ ٱلْأَرْضَ وَلَن تَبْلُغَ ٱلْجِبَالَ طُولًۭا

Ма лелалахь лаьтта тIехь воккхавуьйш – баккъалла а, ахьа лаьттан бух охкур ма бац‚ ламанан локхалле а кхочур ма вац хьо!

17:38

كُلُّ ذَٰلِكَ كَانَ سَيِّئُهُۥ عِندَ رَبِّكَ مَكْرُوهًۭا

Массо оцуьнан вониг хьан Кхиош-кхобучунна гергахь ца дезаш хилла.

17:39

ذَٰلِكَ مِمَّآ أَوْحَىٰٓ إِلَيْكَ رَبُّكَ مِنَ ٱلْحِكْمَةِ ۗ وَلَا تَجْعَلْ مَعَ ٱللَّهِ إِلَٰهًا ءَاخَرَ فَتُلْقَىٰ فِى جَهَنَّمَ مَلُومًۭا مَّدْحُورًا

И ду хьан Кхиош-кхобучо хьоьга вехьица хаийтинчу хьикматах. Ма хилийта Делаца кхин дела – тIаккха жоьжахати чукхуссур ву хьо бехкаме а хилла‚ эшийна а волуш.

17:40

أَفَأَصْفَىٰكُمْ رَبُّكُم بِٱلْبَنِينَ وَٱتَّخَذَ مِنَ ٱلْمَلَٰٓئِكَةِ إِنَٰثًا ۚ إِنَّكُمْ لَتَقُولُونَ قَوْلًا عَظِيمًۭا

Ткъа шу хаьржина шун Кхиош-кхобучо кIенташца‚ Шена маликех зударий лаьцна? Баккъалла а, шу олуш ма ду доккха /къине/ дош.

17:41

وَلَقَدْ صَرَّفْنَا فِى هَٰذَا ٱلْقُرْءَانِ لِيَذَّكَّرُوا۟ وَمَا يَزِيدُهُمْ إِلَّا نُفُورًۭا

Оха /массо хIума/ билгалдина хIокху КъурIан чохь цаьрга дагадаийтархьама – цо-м уьш алсам ца боху (бакъдолчух) дIакъахкарций бен.

17:42

قُل لَّوْ كَانَ مَعَهُۥٓ ءَالِهَةٌۭ كَمَا يَقُولُونَ إِذًۭا لَّٱبْتَغَوْا۟ إِلَىٰ ذِى ٱلْعَرْشِ سَبِيلًۭا

Ахьа ала: "Цуьнца кхин делий хилча а‚ цара ма-бохху – Iарш йолчунна тIе некъ лохур ма бара цара".

17:43

سُبْحَٰنَهُۥ وَتَعَٰلَىٰ عَمَّا يَقُولُونَ عُلُوًّۭا كَبِيرًۭا

Вонах цIена ву Иза‚ лаккхавели Иза цара дуьйцучух дукха лекха.

17:44

تُسَبِّحُ لَهُ ٱلسَّمَٰوَٰتُ ٱلسَّبْعُ وَٱلْأَرْضُ وَمَن فِيهِنَّ ۚ وَإِن مِّن شَىْءٍ إِلَّا يُسَبِّحُ بِحَمْدِهِۦ وَلَٰكِن لَّا تَفْقَهُونَ تَسْبِيحَهُمْ ۗ إِنَّهُۥ كَانَ حَلِيمًا غَفُورًۭا

Цунна тасбахь деш ю ворхI стигал а‚ латта а‚ царна чохь верг а‚ Цуьнан хастамца тасбахь ца деш хIумма а яц‚ делахь а шу ца кхета церан тасбахьах. Баккъалла а, Иза хилла дукха собаре а‚ гечдийриг а.

17:45

وَإِذَا قَرَأْتَ ٱلْقُرْءَانَ جَعَلْنَا بَيْنَكَ وَبَيْنَ ٱلَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِٱلْءَاخِرَةِ حِجَابًۭا مَّسْتُورًۭا

Ахьа КъурIан доьшуш‚ Оха хьуна а‚ эхартах цатешачарна а юккъехь хилийтина хьулъелла дуьхьало.

17:46

وَجَعَلْنَا عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ أَكِنَّةً أَن يَفْقَهُوهُ وَفِىٓ ءَاذَانِهِمْ وَقْرًۭا ۚ وَإِذَا ذَكَرْتَ رَبَّكَ فِى ٱلْقُرْءَانِ وَحْدَهُۥ وَلَّوْا۟ عَلَىٰٓ أَدْبَٰرِهِمْ نُفُورًۭا

Оха йина церан дегнашна тIехь гIат, уьш цунах /КъурIанх/ цакхетархьама‚ церан лергашна чохь а къоралла ю. Ахьа хьехийча хьан Кхиош-кхобушверг КъурIан чохь веккъа Ша цхьаъ‚ уьш бухабовлу (бакъдолчух) къехкаш.

17:47

نَّحْنُ أَعْلَمُ بِمَا يَسْتَمِعُونَ بِهِۦٓ إِذْ يَسْتَمِعُونَ إِلَيْكَ وَإِذْ هُمْ نَجْوَىٰٓ إِذْ يَقُولُ ٱلظَّٰلِمُونَ إِن تَتَّبِعُونَ إِلَّا رَجُلًۭا مَّسْحُورًا

Тхо дика хууш ду цара шега ладугIург, хьоьга шаьш ладугIуш болуш – къайлах хабар дуьйцуш а‚ зуламхоша олуш а: "Шу тIаьхьа хIуьттуш ма ду шегахь бозбуанчалла долчу стагана".

17:48

ٱنظُرْ كَيْفَ ضَرَبُوا۟ لَكَ ٱلْأَمْثَالَ فَضَلُّوا۟ فَلَا يَسْتَطِيعُونَ سَبِيلًۭا

Хьажал‚ муха далийна цара хьуна масалш‚ тилабелла уьш‚ ца могу царна /нийса/ некъ /карон/.

17:49

وَقَالُوٓا۟ أَءِذَا كُنَّا عِظَٰمًۭا وَرُفَٰتًا أَءِنَّا لَمَبْعُوثُونَ خَلْقًۭا جَدِيدًۭا

Цара элира: "Тхоьх даьIахкаш а‚ чим а хилча‚ тхо дендийр ду керла халкъ а хилла?"

17:50

۞ قُلْ كُونُوا۟ حِجَارَةً أَوْ حَدِيدًا

Ахьа ала: "Шу а хила тIулг я эчиг‚

17:51

أَوْ خَلْقًۭا مِّمَّا يَكْبُرُ فِى صُدُورِكُمْ ۚ فَسَيَقُولُونَ مَن يُعِيدُنَا ۖ قُلِ ٱلَّذِى فَطَرَكُمْ أَوَّلَ مَرَّةٍۢ ۚ فَسَيُنْغِضُونَ إِلَيْكَ رُءُوسَهُمْ وَيَقُولُونَ مَتَىٰ هُوَ ۖ قُلْ عَسَىٰٓ أَن يَكُونَ قَرِيبًۭا

Я кхоллар‚ ша доккха хуьлуш‚ шун дегнашкахь /иза а дендийр ду/". ТIаккха цара эр ма ду: "Хьан /дендина/ духадерзор ду вай?" Ахьа ала: "Дуьххьара шу кхоьллинчо". ТIаккха цара шайн кортош хьавзор бу хьоьгахьа‚ эр ду: "Маца ду иза?" Ахьа ала: "Иза кеста хила тарло".

17:52

يَوْمَ يَدْعُوكُمْ فَتَسْتَجِيبُونَ بِحَمْدِهِۦ وَتَظُنُّونَ إِن لَّبِثْتُمْ إِلَّا قَلِيلًۭا

Оцу /къемат/ дийнахь Цо шуьга кхойкхур ма ду‚ аша Цуьнан хастамца жоп лур ду‚ шуна моьттур ду шаьш кIеззиг бен ца лаьттира‚ аьлла.

17:53

وَقُل لِّعِبَادِى يَقُولُوا۟ ٱلَّتِى هِىَ أَحْسَنُ ۚ إِنَّ ٱلشَّيْطَٰنَ يَنزَغُ بَيْنَهُمْ ۚ إِنَّ ٱلشَّيْطَٰنَ كَانَ لِلْإِنسَٰنِ عَدُوًّۭا مُّبِينًۭا

Ахьа ала Сан лешка‚ цара олийла уггар хазаниг. Баккъалла а, шайтIано царна юккъе дов кхуьссу. Баккъалла а, шайтIа адамна билггала мостагIа хилла.

17:54

رَّبُّكُمْ أَعْلَمُ بِكُمْ ۖ إِن يَشَأْ يَرْحَمْكُمْ أَوْ إِن يَشَأْ يُعَذِّبْكُمْ ۚ وَمَآ أَرْسَلْنَٰكَ عَلَيْهِمْ وَكِيلًۭا

Шун Кхиош-кхобушверг шу дика девзаш ву. Шена лаахь къинхетам бийр бу Цо шух‚ я Шена лаахь Цо шуна Iазап дийр ду. Оха ца вахийтина хьо царна тIехь векал хилла.

17:55

وَرَبُّكَ أَعْلَمُ بِمَن فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ ۗ وَلَقَدْ فَضَّلْنَا بَعْضَ ٱلنَّبِيِّۦنَ عَلَىٰ بَعْضٍۢ ۖ وَءَاتَيْنَا دَاوُۥدَ زَبُورًۭا

Хьан Кхиош-кхобушверг дика хууш ву стигланашкахь а‚ лаьттахь а берш. Оха базбина цхьаболу пайхамараш вукхарел‚ Оха делла Давуде Забур.

17:56

قُلِ ٱدْعُوا۟ ٱلَّذِينَ زَعَمْتُم مِّن دُونِهِۦ فَلَا يَمْلِكُونَ كَشْفَ ٱلضُّرِّ عَنكُمْ وَلَا تَحْوِيلًا

Ахьа ала: "Аша кхайкха шаьш И /АллахI-Дела/ витина делий бу бохучаьрга /шайна гIо де алий/". Церан долахь ма дац шуна тIера зен айдар а‚ /хIумма/ хийцар а.

17:57

أُو۟لَٰٓئِكَ ٱلَّذِينَ يَدْعُونَ يَبْتَغُونَ إِلَىٰ رَبِّهِمُ ٱلْوَسِيلَةَ أَيُّهُمْ أَقْرَبُ وَيَرْجُونَ رَحْمَتَهُۥ وَيَخَافُونَ عَذَابَهُۥٓ ۚ إِنَّ عَذَابَ رَبِّكَ كَانَ مَحْذُورًۭا

Цара шайга кхойкхуш берш шаьш а бу шайн Деле некъ лоьхуш‚ царех вуно /Далла/ герга верг муьлханиг ву-те /хьоьжуш/. Дог дохуш бу уьш Цуьнан къинхетаме‚ кхоьруш бу цуьнан Iазапах. Баккъалла а, хьан Делан Iазап хилла шех ларлуш.

17:58

وَإِن مِّن قَرْيَةٍ إِلَّا نَحْنُ مُهْلِكُوهَا قَبْلَ يَوْمِ ٱلْقِيَٰمَةِ أَوْ مُعَذِّبُوهَا عَذَابًۭا شَدِيدًۭا ۚ كَانَ ذَٰلِكَ فِى ٱلْكِتَٰبِ مَسْطُورًۭا

Ма яц цхьа а юрт Оха хIаллакйийрйоцуш Къематде дале‚ я Оха шена чIогIа Iазап дийрдоцуш. И хилла жайнахь язделла.

17:59

وَمَا مَنَعَنَآ أَن نُّرْسِلَ بِٱلْءَايَٰتِ إِلَّآ أَن كَذَّبَ بِهَا ٱلْأَوَّلُونَ ۚ وَءَاتَيْنَا ثَمُودَ ٱلنَّاقَةَ مُبْصِرَةًۭ فَظَلَمُوا۟ بِهَا ۚ وَمَا نُرْسِلُ بِٱلْءَايَٰتِ إِلَّا تَخْوِيفًۭا

Тхо духа ца тоьхна Оха аяташ доссорах уьш хьалхалерачара харцдаро бен. Оха елира самудашна эмкал гуш йолуш‚ цара цуьнца зулам дира. Оха ца боссабо аяташца кхерам бен.

17:60

وَإِذْ قُلْنَا لَكَ إِنَّ رَبَّكَ أَحَاطَ بِٱلنَّاسِ ۚ وَمَا جَعَلْنَا ٱلرُّءْيَا ٱلَّتِىٓ أَرَيْنَٰكَ إِلَّا فِتْنَةًۭ لِّلنَّاسِ وَٱلشَّجَرَةَ ٱلْمَلْعُونَةَ فِى ٱلْقُرْءَانِ ۚ وَنُخَوِّفُهُمْ فَمَا يَزِيدُهُمْ إِلَّا طُغْيَٰنًۭا كَبِيرًۭا

Оха ма элира хьоьга: "Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобучо нахах гуо биллина". Оха ца хилийтира Оха хьуна гайтина хилла долу гар нахана питана бен‚ КъурIан чохь шена неIалт аьлла долу дитт а‚ Оха царна кхерам кхуьссу‚ цо уьш алсам ца боху доккхачу тиларца бен.

17:61

وَإِذْ قُلْنَا لِلْمَلَٰٓئِكَةِ ٱسْجُدُوا۟ لِءَادَمَ فَسَجَدُوٓا۟ إِلَّآ إِبْلِيسَ قَالَ ءَأَسْجُدُ لِمَنْ خَلَقْتَ طِينًۭا

Оха ма элира маликашка: "Сужд де Адамна". Цара сужд дира, иблис доцчо. Цо элира: "Аса сужд до, ткъа, Ахьа поппарх кхоьллинчунна?"

17:62

قَالَ أَرَءَيْتَكَ هَٰذَا ٱلَّذِى كَرَّمْتَ عَلَىَّ لَئِنْ أَخَّرْتَنِ إِلَىٰ يَوْمِ ٱلْقِيَٰمَةِ لَأَحْتَنِكَنَّ ذُرِّيَّتَهُۥٓ إِلَّا قَلِيلًۭا

Элира /иблисо/: "Гой хьуна хIара Ахьа суна тIехь сийлахь винарг? Ахьа со тIаьхьататтахь Къематде даллалц‚ цуьнан зуьрет тилор ма ду аса‚ кIеззиг берш боцурш".

17:63

قَالَ ٱذْهَبْ فَمَن تَبِعَكَ مِنْهُمْ فَإِنَّ جَهَنَّمَ جَزَآؤُكُمْ جَزَآءًۭ مَّوْفُورًۭا

Цо /Дала/ элира: "ДIадала! Царех хьуна тIаьхьа милла хIоттахь,– баккъалла а, жоьжахати ю-кх шун кхоччуш бекхам".

17:64

وَٱسْتَفْزِزْ مَنِ ٱسْتَطَعْتَ مِنْهُم بِصَوْتِكَ وَأَجْلِبْ عَلَيْهِم بِخَيْلِكَ وَرَجِلِكَ وَشَارِكْهُمْ فِى ٱلْأَمْوَٰلِ وَٱلْأَوْلَٰدِ وَعِدْهُمْ ۚ وَمَا يَعِدُهُمُ ٱلشَّيْطَٰنُ إِلَّا غُرُورًا

Кхерабе царех хьайна могурш хьайн озаца‚ тIекхосса царна хьан дошлой а‚ гIашлой а‚ дакъалаца цаьрца дохнехь а, доьзалшкахь а‚ ваIда йе царна! ШайтIано ваIда ма ца йо царна, Iехор бен.

17:65

إِنَّ عِبَادِى لَيْسَ لَكَ عَلَيْهِمْ سُلْطَٰنٌۭ ۚ وَكَفَىٰ بِرَبِّكَ وَكِيلًۭا

Баккъалла а, Сан лай, царна тIехь бакъо яц хьан. Кхачамбина векал хиларца хьан Кхиош-кхобучуьнца.

17:66

رَّبُّكُمُ ٱلَّذِى يُزْجِى لَكُمُ ٱلْفُلْكَ فِى ٱلْبَحْرِ لِتَبْتَغُوا۟ مِن فَضْلِهِۦٓ ۚ إِنَّهُۥ كَانَ بِكُمْ رَحِيمًۭا

Шун Кхиош-кхобург ву Ша лелош верг шуна хIордан чохь кема шуьга лехийта Цуьнан комаьршаллах. Баккъалла а, Иза хилла шух къинхетаме.

17:67

وَإِذَا مَسَّكُمُ ٱلضُّرُّ فِى ٱلْبَحْرِ ضَلَّ مَن تَدْعُونَ إِلَّآ إِيَّاهُ ۖ فَلَمَّا نَجَّىٰكُمْ إِلَى ٱلْبَرِّ أَعْرَضْتُمْ ۚ وَكَانَ ٱلْإِنسَٰنُ كَفُورًا

Шу зено схьалаьцча а хIорда чохь‚ дIа ма тилий и аша шайга кхойкхуш берш, Иза витина. ТIаккха Цо шаьш кIелхьарадаьхча аренна тIе – шу духадевли. Баккъалла а, адам хили баркалла доцуш.

17:68

أَفَأَمِنتُمْ أَن يَخْسِفَ بِكُمْ جَانِبَ ٱلْبَرِّ أَوْ يُرْسِلَ عَلَيْكُمْ حَاصِبًۭا ثُمَّ لَا تَجِدُوا۟ لَكُمْ وَكِيلًا

Шу тешна хили-те Цо шуьца аренан цхьа агIо хьулйийриг цахиларх‚ я Цо шуна тIе дарц доссориг цахиларх? ТIаккха шуна векал карор ма вац.

17:69

أَمْ أَمِنتُمْ أَن يُعِيدَكُمْ فِيهِ تَارَةً أُخْرَىٰ فَيُرْسِلَ عَلَيْكُمْ قَاصِفًۭا مِّنَ ٱلرِّيحِ فَيُغْرِقَكُم بِمَا كَفَرْتُمْ ۙ ثُمَّ لَا تَجِدُوا۟ لَكُمْ عَلَيْنَا بِهِۦ تَبِيعًۭا

Я шу тешна ду-те Цо шу цунна (хIорда) чу /цкъа шун доIа бахьанехь Оха арадаьхначул тIаьхьа/ кхин цкъа а дерзориг ца хиларх‚ тIаккха шуна тIе механ дарц доссош – цо шу дIахьур ду шу цатешаш хиларна. ТIаккха шуна карор вац шайна Тхуна тIехь цуьнца тIаьхьаваьлларг.

17:70

۞ وَلَقَدْ كَرَّمْنَا بَنِىٓ ءَادَمَ وَحَمَلْنَٰهُمْ فِى ٱلْبَرِّ وَٱلْبَحْرِ وَرَزَقْنَٰهُم مِّنَ ٱلطَّيِّبَٰتِ وَفَضَّلْنَٰهُمْ عَلَىٰ كَثِيرٍۢ مِّمَّنْ خَلَقْنَا تَفْضِيلًۭا

Оха сийдина Адаман кIенташна‚ Оха лелийна уьш аренгахь а‚ хIорда чохь а‚ рицкъа делла царна цIеначух‚ Оха базбина уьш Тхаьш кхоьллинчу дуккхачарех базбарца.

17:71

يَوْمَ نَدْعُوا۟ كُلَّ أُنَاسٍۭ بِإِمَٰمِهِمْ ۖ فَمَنْ أُوتِىَ كِتَٰبَهُۥ بِيَمِينِهِۦ فَأُو۟لَٰٓئِكَ يَقْرَءُونَ كِتَٰبَهُمْ وَلَا يُظْلَمُونَ فَتِيلًۭا

Оцу /къемат/ дийнахь Оха кхойкхур ду массо нахе шайн имамаца. Шен жайна шен аьтту куьйга делларг милла велахь – цара шайн жайна доьшур ма ду‚ царна цуьрриг зулам дийр ма дац.

17:72

وَمَن كَانَ فِى هَٰذِهِۦٓ أَعْمَىٰ فَهُوَ فِى ٱلْءَاخِرَةِ أَعْمَىٰ وَأَضَلُّ سَبِيلًۭا

ХIоккхахь бIаьрса доцуш милла хиллехь – иза эхартахь а бIаьрса доцуш ву‚ новкъаца уггар тилавелларг а ву.

17:73

وَإِن كَادُوا۟ لَيَفْتِنُونَكَ عَنِ ٱلَّذِىٓ أَوْحَيْنَآ إِلَيْكَ لِتَفْتَرِىَ عَلَيْنَا غَيْرَهُۥ ۖ وَإِذًۭا لَّٱتَّخَذُوكَ خَلِيلًۭا

Уьш герга хилира Оха хьайга вехьица доссийначух хьо дIатилаван хьоьга Тхуна тIехь кхидерг кхоллийтархьама. ТIаккха хьо доттагI лаьцна хир ма вара цара!

17:74

وَلَوْلَآ أَن ثَبَّتْنَٰكَ لَقَدْ كِدتَّ تَرْكَنُ إِلَيْهِمْ شَيْـًۭٔا قَلِيلًا

Оха хьо чIагIвина ца хиллехьара‚ хьо герга вара жимма царна тIетовжа.

17:75

إِذًۭا لَّأَذَقْنَٰكَ ضِعْفَ ٱلْحَيَوٰةِ وَضِعْفَ ٱلْمَمَاتِ ثُمَّ لَا تَجِدُ لَكَ عَلَيْنَا نَصِيرًۭا

ТIаккха Оха хьоьга Iовшийтина /Iазап/ хир дара шозза дахарехь а‚ шозза валарехь а‚ тIаккха хьуна Тхуна тIехь гIоьнча карор ма вацара.

17:76

وَإِن كَادُوا۟ لَيَسْتَفِزُّونَكَ مِنَ ٱلْأَرْضِ لِيُخْرِجُوكَ مِنْهَا ۖ وَإِذًۭا لَّا يَلْبَثُونَ خِلَٰفَكَ إِلَّا قَلِيلًۭا

Уьш кийча бара хьуна лаьттара (Маккара) кхерам таса‚ хьо цу чуьра (Маккара) араваккхархьама. ТIаккха хьоьл тIаьхьа уьш кIеззиг бен лаьттар ма бацара (Дала Iазап дийр ду царна).

17:77

سُنَّةَ مَن قَدْ أَرْسَلْنَا قَبْلَكَ مِن رُّسُلِنَا ۖ وَلَا تَجِدُ لِسُنَّتِنَا تَحْوِيلًا

Оха хьоьл хьалха бахкийтинчу Тхан элчанийн Iадатехь ду иза. Хьуна карор ма дац Тхан Iадатна хийцар.

17:78

أَقِمِ ٱلصَّلَوٰةَ لِدُلُوكِ ٱلشَّمْسِ إِلَىٰ غَسَقِ ٱلَّيْلِ وَقُرْءَانَ ٱلْفَجْرِ ۖ إِنَّ قُرْءَانَ ٱلْفَجْرِ كَانَ مَشْهُودًۭا

Ахьа ламаз хIоттаде малх дIакховдарна‚ буьйсанан бодашка кхаччалц‚ сатасаран КъурIан а /деша/. Баккъалла а, сатасаран КъурIан хилла шена тешалла долуш.

17:79

وَمِنَ ٱلَّيْلِ فَتَهَجَّدْ بِهِۦ نَافِلَةًۭ لَّكَ عَسَىٰٓ أَن يَبْعَثَكَ رَبُّكَ مَقَامًۭا مَّحْمُودًۭا

Буьйсанах а – ахьа къахьега хьайна цуьнца сов ламазаш дарца – хьан Кхиош-кхобучо хьуна хастаме меттиг йоссо тарло.

17:80

وَقُل رَّبِّ أَدْخِلْنِى مُدْخَلَ صِدْقٍۢ وَأَخْرِجْنِى مُخْرَجَ صِدْقٍۢ وَٱجْعَل لِّى مِن لَّدُنكَ سُلْطَٰنًۭا نَّصِيرًۭا

Ахьа ала: "Сан Кхиош-кхобушверг! Чу вилла со бакъдолчу чугIойлина‚ араваккха со бакъдолчу араволийлийна‚ хилийталахь суна гIоьнна Хьан гергара бакъо".

17:81

وَقُلْ جَآءَ ٱلْحَقُّ وَزَهَقَ ٱلْبَٰطِلُ ۚ إِنَّ ٱلْبَٰطِلَ كَانَ زَهُوقًۭا

Ахьа ала: "Бакъдерг деъна‚ харцдерг дайна". Баккъалла а, харцдерг довш хилла.

17:82

وَنُنَزِّلُ مِنَ ٱلْقُرْءَانِ مَا هُوَ شِفَآءٌۭ وَرَحْمَةٌۭ لِّلْمُؤْمِنِينَ ۙ وَلَا يَزِيدُ ٱلظَّٰلِمِينَ إِلَّا خَسَارًۭا

Оха доссадо КъурIанах муъма нахана дарба а‚ къинхетам а берг. Зуламхошна – цо дараш бен сов ца доху.

17:83

وَإِذَآ أَنْعَمْنَا عَلَى ٱلْإِنسَٰنِ أَعْرَضَ وَنَـَٔا بِجَانِبِهِۦ ۖ وَإِذَا مَسَّهُ ٱلشَّرُّ كَانَ يَـُٔوسًۭا

Оха адамна ниIмат делча – и вухаваьлла‚ гена ваьлла‚ ша воно схьалаьцча и хили догдиллина.

17:84

قُلْ كُلٌّۭ يَعْمَلُ عَلَىٰ شَاكِلَتِهِۦ فَرَبُّكُمْ أَعْلَمُ بِمَنْ هُوَ أَهْدَىٰ سَبِيلًۭا

Ахьа ала: "Массо ву Iамал еш шен новкъа". Шун Кхиош-кхобург дико хууш ву новкъаца /массарел/ нисвелларг милла велахь а.

17:85

وَيَسْـَٔلُونَكَ عَنِ ٱلرُّوحِ ۖ قُلِ ٱلرُّوحُ مِنْ أَمْرِ رَبِّى وَمَآ أُوتِيتُم مِّنَ ٱلْعِلْمِ إِلَّا قَلِيلًۭا

Цара хьоьга хоьтту сих /лаьцна/.Ахьа ала: "Са сан Кхиош-кхобучун гIуллакхах ду. Шуна Iилма кIеззиг бен ца делла".

17:86

وَلَئِن شِئْنَا لَنَذْهَبَنَّ بِٱلَّذِىٓ أَوْحَيْنَآ إِلَيْكَ ثُمَّ لَا تَجِدُ لَكَ بِهِۦ عَلَيْنَا وَكِيلًا

Тхуна лиънехьара‚ Оха дIадаьккхина хир дара хьоьга Оха вехьица делларг – тIаккха хьуна карор вац хьайна цуьнца Тхуна тIехь векал.

17:87

إِلَّا رَحْمَةًۭ مِّن رَّبِّكَ ۚ إِنَّ فَضْلَهُۥ كَانَ عَلَيْكَ كَبِيرًۭا

Хьан Кхиош-кхобучуьнгара къинхетам а бен. Цуьнан комаьршалла хьуна тIехь йоккха хилла.

17:88

قُل لَّئِنِ ٱجْتَمَعَتِ ٱلْإِنسُ وَٱلْجِنُّ عَلَىٰٓ أَن يَأْتُوا۟ بِمِثْلِ هَٰذَا ٱلْقُرْءَانِ لَا يَأْتُونَ بِمِثْلِهِۦ وَلَوْ كَانَ بَعْضُهُمْ لِبَعْضٍۢ ظَهِيرًۭا

Ахьа ала: "Адамаш а‚ жинаш а гулделча хIокху КъурIанах тераниг дан‚ дийр дацара цара цунах тераниг‚ царех цхьаберш вукхарна гIоьнчий хилча а".

17:89

وَلَقَدْ صَرَّفْنَا لِلنَّاسِ فِى هَٰذَا ٱلْقُرْءَانِ مِن كُلِّ مَثَلٍۢ فَأَبَىٰٓ أَكْثَرُ ٱلنَّاسِ إِلَّا كُفُورًۭا

Оха хIокху КъурIан чохь нахана къастийначу хIора масалх‚ дукхахболу нах керстаналла бен /къобалдан/ дуьхьал хилира.

17:90

وَقَالُوا۟ لَن نُّؤْمِنَ لَكَ حَتَّىٰ تَفْجُرَ لَنَا مِنَ ٱلْأَرْضِ يَنۢبُوعًا

Цара элира: "Тхо тешанне а тешар ма дац хьоьх ахь лаьттах тхуна хьоста дада ца дахь‚

17:91

أَوْ تَكُونَ لَكَ جَنَّةٌۭ مِّن نَّخِيلٍۢ وَعِنَبٍۢ فَتُفَجِّرَ ٱلْأَنْهَٰرَ خِلَٰلَهَا تَفْجِيرًا

Я хьуна хурманийн а‚ кемсийн а беш ца хилахь‚ цуьнан юккъехула татолаш ца даладахь ахьа далорца‚

17:92

أَوْ تُسْقِطَ ٱلسَّمَآءَ كَمَا زَعَمْتَ عَلَيْنَا كِسَفًا أَوْ تَأْتِىَ بِٱللَّهِ وَٱلْمَلَٰٓئِكَةِ قَبِيلًا

Я стигале тхуна тIе ахьа кескаш ца кхиссийтахь‚ хьайна ма моьтту‚ я ахьа Дела а‚ маликаш а ца даладахь тхуна хьалха‚

17:93

أَوْ يَكُونَ لَكَ بَيْتٌۭ مِّن زُخْرُفٍ أَوْ تَرْقَىٰ فِى ٱلسَّمَآءِ وَلَن نُّؤْمِنَ لِرُقِيِّكَ حَتَّىٰ تُنَزِّلَ عَلَيْنَا كِتَٰبًۭا نَّقْرَؤُهُۥ ۗ قُلْ سُبْحَانَ رَبِّى هَلْ كُنتُ إِلَّا بَشَرًۭا رَّسُولًۭا

Я хьуна дашо цIа ца хилахь‚ я хьо стигла ца валахь. Тешар дац тхо хьан /стигал/ валарх а, ахьа тхуна жайна доссолац‚ Оха ша доьшуш а долуш". Ахьа ала: "Вонах цIена ву сан Кхиош-кхобург‚ со хиллий, ткъа, адам а‚ элча а бен?"

17:94

وَمَا مَنَعَ ٱلنَّاسَ أَن يُؤْمِنُوٓا۟ إِذْ جَآءَهُمُ ٱلْهُدَىٰٓ إِلَّآ أَن قَالُوٓا۟ أَبَعَثَ ٱللَّهُ بَشَرًۭا رَّسُولًۭا

Нах духа ца тоьхна тешарах цаьрга нийса некъ беъча‚ шаьш аларо бен: "Адам доуьйту, ткъа, Дала элча хуьлий?"

17:95

قُل لَّوْ كَانَ فِى ٱلْأَرْضِ مَلَٰٓئِكَةٌۭ يَمْشُونَ مُطْمَئِنِّينَ لَنَزَّلْنَا عَلَيْهِم مِّنَ ٱلسَّمَآءِ مَلَكًۭا رَّسُولًۭا

Ахьа ала: "Лаьттахь маликаш хиллехь лелаш паргIатдевлла‚ цаьрга доссийна хир дара Оха стиглара малик элча а хилла".

17:96

قُلْ كَفَىٰ بِٱللَّهِ شَهِيدًۢا بَيْنِى وَبَيْنَكُمْ ۚ إِنَّهُۥ كَانَ بِعِبَادِهِۦ خَبِيرًۢا بَصِيرًۭا

Ахьа ала: "Дала кхачойина теш хила суна а‚ шуна а юккъехь. Баккъалла а, Иза хилла Шен леш бевзаш а‚ гуш а".

17:97

وَمَن يَهْدِ ٱللَّهُ فَهُوَ ٱلْمُهْتَدِ ۖ وَمَن يُضْلِلْ فَلَن تَجِدَ لَهُمْ أَوْلِيَآءَ مِن دُونِهِۦ ۖ وَنَحْشُرُهُمْ يَوْمَ ٱلْقِيَٰمَةِ عَلَىٰ وُجُوهِهِمْ عُمْيًۭا وَبُكْمًۭا وَصُمًّۭا ۖ مَّأْوَىٰهُمْ جَهَنَّمُ ۖ كُلَّمَا خَبَتْ زِدْنَٰهُمْ سَعِيرًۭا

Дала нисвеш верг – иза ву нийсачу новкъахь верг‚ Дала тилавала вуьтуш верг – хьуна карор ма бац царна Иза воцург гIоьнчий. Оха гулбийр бу уьш Къематдийнахь шайн яххьаш тIехь бIаьрса доцуш‚ мотт ца хууш‚ къора. Церан чугIойла – жоьжахати ю. И ма яйнехь‚ Оха цIе тIетуху.

17:98

ذَٰلِكَ جَزَآؤُهُم بِأَنَّهُمْ كَفَرُوا۟ بِـَٔايَٰتِنَا وَقَالُوٓا۟ أَءِذَا كُنَّا عِظَٰمًۭا وَرُفَٰتًا أَءِنَّا لَمَبْعُوثُونَ خَلْقًۭا جَدِيدًا

Иза царна бекхам бу уьш Тхан аятех цатешаш хиларна а‚ цара аларна а: "Тхо даьIахкаш а‚ чим а хилча‚ керла халкъ хилла дендийр ду, ткъа?"

17:99

۞ أَوَلَمْ يَرَوْا۟ أَنَّ ٱللَّهَ ٱلَّذِى خَلَقَ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضَ قَادِرٌ عَلَىٰٓ أَن يَخْلُقَ مِثْلَهُمْ وَجَعَلَ لَهُمْ أَجَلًۭا لَّا رَيْبَ فِيهِ فَأَبَى ٱلظَّٰلِمُونَ إِلَّا كُفُورًۭا

Царна ца го-техьа и Дела‚ Ша стигланаш а‚ латта а кхоьллина волу‚ ницкъ кхочушхилар и саннарг юхакхолла‚ Цо царна Iожалла хилийтина‚ шегахь шеко йоцуш‚ зуламхой керстаналла бен /къобалдан/ дуьхьал хилира.

17:100

قُل لَّوْ أَنتُمْ تَمْلِكُونَ خَزَآئِنَ رَحْمَةِ رَبِّىٓ إِذًۭا لَّأَمْسَكْتُمْ خَشْيَةَ ٱلْإِنفَاقِ ۚ وَكَانَ ٱلْإِنسَٰنُ قَتُورًۭا

Ахьа ала: "Шу хилча а сан Кхиош-кхобучун къинхетаман хазнийн доладеш‚ бIаьрмециг хир ма дара шу уьш шайгара дIадаларна кхоьруш. Адам хилла пис.

17:101

وَلَقَدْ ءَاتَيْنَا مُوسَىٰ تِسْعَ ءَايَٰتٍۭ بَيِّنَٰتٍۢ ۖ فَسْـَٔلْ بَنِىٓ إِسْرَٰٓءِيلَ إِذْ جَآءَهُمْ فَقَالَ لَهُۥ فِرْعَوْنُ إِنِّى لَأَظُنُّكَ يَٰمُوسَىٰ مَسْحُورًۭا

Оха делира Мусага исс билгала долу делил. Ахьа хаттал Исраилан кIенташка‚ иза цаьрга веъча‚ цуьнга ФирIавнас элира: "Суна хьо моьттуш ву‚ Муса‚ /наха/ хьайна бозбуанчалла дина верг ву".

17:102

قَالَ لَقَدْ عَلِمْتَ مَآ أَنزَلَ هَٰٓؤُلَآءِ إِلَّا رَبُّ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ بَصَآئِرَ وَإِنِّى لَأَظُنُّكَ يَٰفِرْعَوْنُ مَثْبُورًۭا

Цо элира: "Хьуна хиъна: хIорш ца доссийна стигланийн а‚ лаьттан а Эло бен‚ гуш йолу билгалонаш а хилла‚ суна хьо моьттуш ву хьуна‚ хIай ФирIавн‚ хIаллакьхилла".

17:103

فَأَرَادَ أَن يَسْتَفِزَّهُم مِّنَ ٱلْأَرْضِ فَأَغْرَقْنَٰهُ وَمَن مَّعَهُۥ جَمِيعًۭا

ТIаккха цунна /ФирIавнна/ лиира уьш /Исраилан кIентий/ лаьттара лелхабан‚ Оха иза а‚ цуьнца верг массо а хина буха вахийтира.

17:104

وَقُلْنَا مِنۢ بَعْدِهِۦ لِبَنِىٓ إِسْرَٰٓءِيلَ ٱسْكُنُوا۟ ٱلْأَرْضَ فَإِذَا جَآءَ وَعْدُ ٱلْءَاخِرَةِ جِئْنَا بِكُمْ لَفِيفًۭا

Оха элира цул тIаьхьа Исраилан кIенташка: "Лаьттахь даха‚ эхартан ваIда еъча‚ Оха шу далор ду /Далла хьалха/ массаьрца а".

17:105

وَبِٱلْحَقِّ أَنزَلْنَٰهُ وَبِٱلْحَقِّ نَزَلَ ۗ وَمَآ أَرْسَلْنَٰكَ إِلَّا مُبَشِّرًۭا وَنَذِيرًۭا

Бакъдолчуьнца доссийна Оха иза /КъурIан/‚ бакъдолчуьнца доьссина иза. Хьо ца ваийтина Оха хаамча а‚ кхерамча а бен.

17:106

وَقُرْءَانًۭا فَرَقْنَٰهُ لِتَقْرَأَهُۥ عَلَى ٱلنَّاسِ عَلَىٰ مُكْثٍۢ وَنَزَّلْنَٰهُ تَنزِيلًۭا

КъурIан а деъна Оха хьоьга и дешийтархьама нахана паргIат‚ Оха и доссийна кIез-кIеззиг доссорца.

17:107

قُلْ ءَامِنُوا۟ بِهِۦٓ أَوْ لَا تُؤْمِنُوٓا۟ ۚ إِنَّ ٱلَّذِينَ أُوتُوا۟ ٱلْعِلْمَ مِن قَبْلِهِۦٓ إِذَا يُتْلَىٰ عَلَيْهِمْ يَخِرُّونَ لِلْأَذْقَانِ سُجَّدًۭا

Ахьа ала: "Теша цунах‚ я ма теша. Баккъалла а, шайна Iилма делларш цул хьалха и шайна тIехь доьшуш чIенгийн тIе гуора оьгу.

17:108

وَيَقُولُونَ سُبْحَٰنَ رَبِّنَآ إِن كَانَ وَعْدُ رَبِّنَا لَمَفْعُولًۭا

Цара олу: "Вонах цIена ву тхан Кхиош-кхобург‚ тхан Кхиош-кхобучун ваIда кхочушхилла".

17:109

وَيَخِرُّونَ لِلْأَذْقَانِ يَبْكُونَ وَيَزِيدُهُمْ خُشُوعًۭا ۩

ЧIенгашна тIе бега уьш боьлхуш‚ Цо уьш совбоху /Далла/ муьтIахь хиларца.

17:110

قُلِ ٱدْعُوا۟ ٱللَّهَ أَوِ ٱدْعُوا۟ ٱلرَّحْمَٰنَ ۖ أَيًّۭا مَّا تَدْعُوا۟ فَلَهُ ٱلْأَسْمَآءُ ٱلْحُسْنَىٰ ۚ وَلَا تَجْهَرْ بِصَلَاتِكَ وَلَا تُخَافِتْ بِهَا وَٱبْتَغِ بَيْنَ ذَٰلِكَ سَبِيلًۭا

Ахьа ала: "Аша кхайкха /Деле/ АллахI алий‚ я Къинхетаме верг алий. Аша муьлхачуьнца кхайкхахь а - /дика ду/‚ Цуьнан хаза цIераш ю". Хьан ламаз дукха чIогIа ма де‚ сов меллаша а ма де‚ цу юккъехь некъ лаха хьайна.

17:111

وَقُلِ ٱلْحَمْدُ لِلَّهِ ٱلَّذِى لَمْ يَتَّخِذْ وَلَدًۭا وَلَمْ يَكُن لَّهُۥ شَرِيكٌۭ فِى ٱلْمُلْكِ وَلَمْ يَكُن لَّهُۥ وَلِىٌّۭ مِّنَ ٱلذُّلِّ ۖ وَكَبِّرْهُ تَكْبِيرًۢا

Ахьа ала: "Хастам бу Далла доьзалхо ца лаьцначу‚ шена паччахьаллехь /мулкехь/ накъост ца хиллачу‚ сийсазаллах /ларван/ гIоьнча а ца эшна Цунна". Воккха виэ Иза воккхаварца!

18:1

ٱلْحَمْدُ لِلَّهِ ٱلَّذِىٓ أَنزَلَ عَلَىٰ عَبْدِهِ ٱلْكِتَٰبَ وَلَمْ يَجْعَل لَّهُۥ عِوَجَا ۜ

Хастам бу Далла‚ Ша Шен лега жайна доссийначу‚ цунна гамо ца йинчу.

18:2

قَيِّمًۭا لِّيُنذِرَ بَأْسًۭا شَدِيدًۭا مِّن لَّدُنْهُ وَيُبَشِّرَ ٱلْمُؤْمِنِينَ ٱلَّذِينَ يَعْمَلُونَ ٱلصَّٰلِحَٰتِ أَنَّ لَهُمْ أَجْرًا حَسَنًۭا

Нийса хилла долу /жайна ду иза/, цунах /цатешачарна/ кхерам тасийта Шегара чIогIачу ницкъаца‚ шаьш диканаш деш болчу муъма нахана кхаъ баккхийта, шайна хаза ял хиларца.

18:3

مَّٰكِثِينَ فِيهِ أَبَدًۭا

Уьш цу чохь лаьтташ гуттар.

18:4

وَيُنذِرَ ٱلَّذِينَ قَالُوا۟ ٱتَّخَذَ ٱللَّهُ وَلَدًۭا

Кхерам таса, шаьш аьллачаьрна: "Дала доьзалхо лаьцна".

18:5

مَّا لَهُم بِهِۦ مِنْ عِلْمٍۢ وَلَا لِءَابَآئِهِمْ ۚ كَبُرَتْ كَلِمَةًۭ تَخْرُجُ مِنْ أَفْوَٰهِهِمْ ۚ إِن يَقُولُونَ إِلَّا كَذِبًۭا

Царна цуьнца Iилма дац‚ церан дайшна а. Доккха хили церан багахула долу дош. Харцдерг ма ду цара олуш дерг.

18:6

فَلَعَلَّكَ بَٰخِعٌۭ نَّفْسَكَ عَلَىٰٓ ءَاثَٰرِهِمْ إِن لَّمْ يُؤْمِنُوا۟ بِهَٰذَا ٱلْحَدِيثِ أَسَفًا

Хьо хила мега хьайн дог дохош царна тIехь‚ хIокху хабарех а тешац-те уьш‚ бохуш, халахеташ.

18:7

إِنَّا جَعَلْنَا مَا عَلَى ٱلْأَرْضِ زِينَةًۭ لَّهَا لِنَبْلُوَهُمْ أَيُّهُمْ أَحْسَنُ عَمَلًۭا

Оха лаьтта тIехь мел дерг хаздина цуна (лаьттана), уьш зерхьама: муьлха ву-те Iамалца уггар хазаниг?

18:8

وَإِنَّا لَجَٰعِلُونَ مَا عَلَيْهَا صَعِيدًۭا جُرُزًا

Оха хуьлуьйтур ю цу тIехь мел ерг декъа латта.

18:9

أَمْ حَسِبْتَ أَنَّ أَصْحَٰبَ ٱلْكَهْفِ وَٱلرَّقِيمِ كَانُوا۟ مِنْ ءَايَٰتِنَا عَجَبًا

Я хьо моьттуш вара-те и нокхин дай а‚ ракъим а Тхан аятийн /юккъехь/ тамаше хIума ду?

18:10

إِذْ أَوَى ٱلْفِتْيَةُ إِلَى ٱلْكَهْفِ فَقَالُوا۟ رَبَّنَآ ءَاتِنَا مِن لَّدُنكَ رَحْمَةًۭ وَهَيِّئْ لَنَا مِنْ أَمْرِنَا رَشَدًۭا

Цхьа къонахий ма лечкъира нокхи чу‚ цара элира: "Тхан Кхиош-кхобушверг‚ Хьан гергара къинхетам лолахь тхуна‚ атта делахь тхуна тхайн гIуллакхехь нисдалар".

18:11

فَضَرَبْنَا عَلَىٰٓ ءَاذَانِهِمْ فِى ٱلْكَهْفِ سِنِينَ عَدَدًۭا

Оха туьйхира церан лергийх /кирхьа/, нокхин чохь масийтта шо /делира церан/.

18:12

ثُمَّ بَعَثْنَٰهُمْ لِنَعْلَمَ أَىُّ ٱلْحِزْبَيْنِ أَحْصَىٰ لِمَا لَبِثُوٓا۟ أَمَدًۭا

ТIаккха Оха уьш денбира, Тхайна /нахана гучадоккхуш/ хаархьама шинан тобанах муьлха ю цара яьккхина хан дика ягаръеш.

18:13

نَّحْنُ نَقُصُّ عَلَيْكَ نَبَأَهُم بِٱلْحَقِّ ۚ إِنَّهُمْ فِتْيَةٌ ءَامَنُوا۟ بِرَبِّهِمْ وَزِدْنَٰهُمْ هُدًۭى

Оха дуьйцу хьоьга церан хабар бакъдолчуьнца. Баккъалла а, уьш къонахий бара шайн Кхиош-кхобучух тешна‚ Оха совбехира уьш нийсачу некъаца.

18:14

وَرَبَطْنَا عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ إِذْ قَامُوا۟ فَقَالُوا۟ رَبُّنَا رَبُّ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ لَن نَّدْعُوَا۟ مِن دُونِهِۦٓ إِلَٰهًۭا ۖ لَّقَدْ قُلْنَآ إِذًۭا شَطَطًا

Оха чIагIдира церан дегнаш уьш хьалагIевттича‚ цара элира: "Тхан Кхиош-кхобушверг‚ стигланийн а‚ лаьттан а Эла ву хьо‚ Оха кхойкхур ма дац И воцчу Деле, – тIаккха Оха гIалат дерг эр ма дара!

18:15

هَٰٓؤُلَآءِ قَوْمُنَا ٱتَّخَذُوا۟ مِن دُونِهِۦٓ ءَالِهَةًۭ ۖ لَّوْلَا يَأْتُونَ عَلَيْهِم بِسُلْطَٰنٍۭ بَيِّنٍۢ ۖ فَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنِ ٱفْتَرَىٰ عَلَى ٱللَّهِ كَذِبًۭا

ХIокху тхан къомо Иза воцург делий лаьцна. Цара деънехьара царна тIехь билгала делил! Мила ву, ткъа, вуно зуламе ша Далла тIехь харцдерг кхоьллинчул?"

18:16

وَإِذِ ٱعْتَزَلْتُمُوهُمْ وَمَا يَعْبُدُونَ إِلَّا ٱللَّهَ فَأْوُۥٓا۟ إِلَى ٱلْكَهْفِ يَنشُرْ لَكُمْ رَبُّكُم مِّن رَّحْمَتِهِۦ وَيُهَيِّئْ لَكُم مِّنْ أَمْرِكُم مِّرْفَقًۭا

"Нагахь санна шу царех а‚ цара Дела витина Iибадат дечух а дIакъаьстича‚ нокхечу дIалачIкъалаш – шуна баржор бу шун Кхиош-кхобучо Шен къинхетамах‚ кечдийр ду шуна шун гIуллакхах гIо".

18:17

۞ وَتَرَى ٱلشَّمْسَ إِذَا طَلَعَت تَّزَٰوَرُ عَن كَهْفِهِمْ ذَاتَ ٱلْيَمِينِ وَإِذَا غَرَبَت تَّقْرِضُهُمْ ذَاتَ ٱلشِّمَالِ وَهُمْ فِى فَجْوَةٍۢ مِّنْهُ ۚ ذَٰلِكَ مِنْ ءَايَٰتِ ٱللَّهِ ۗ مَن يَهْدِ ٱللَّهُ فَهُوَ ٱلْمُهْتَدِ ۖ وَمَن يُضْلِلْ فَلَن تَجِدَ لَهُۥ وَلِيًّۭا مُّرْشِدًۭا

Хьуна го малх схьакхетча дIахьаьвзаш церан нокхех аьтту агIорхула‚ дIабуьзча – царех дIатуьлуш аьрру агIорхула уьш цунах, шуьйрачу меттигехь болуш. Иза Делан делилех ду. Дала нисвеш верг – иза нийса верг ву‚ Дала тилавала вуьтуш верг – цунна карор вац хьуна вали а‚ баьчча а.

18:18

وَتَحْسَبُهُمْ أَيْقَاظًۭا وَهُمْ رُقُودٌۭ ۚ وَنُقَلِّبُهُمْ ذَاتَ ٱلْيَمِينِ وَذَاتَ ٱلشِّمَالِ ۖ وَكَلْبُهُم بَٰسِطٌۭ ذِرَاعَيْهِ بِٱلْوَصِيدِ ۚ لَوِ ٱطَّلَعْتَ عَلَيْهِمْ لَوَلَّيْتَ مِنْهُمْ فِرَارًۭا وَلَمُلِئْتَ مِنْهُمْ رُعْبًۭا

Хьуна моьтту уьш сема бу‚ ткъа уьш наб еш бу‚ Оха берзабо уьш аьтто агIор а‚ аьрру агIор а. Церан жIаьла шен ши ког а баржийна лаьтта неIсагIехь. Царна тIекхиънехь – вухавер вара хьо ведда‚ вузур вара хьо царех кхерарца.

18:19

وَكَذَٰلِكَ بَعَثْنَٰهُمْ لِيَتَسَآءَلُوا۟ بَيْنَهُمْ ۚ قَالَ قَآئِلٌۭ مِّنْهُمْ كَمْ لَبِثْتُمْ ۖ قَالُوا۟ لَبِثْنَا يَوْمًا أَوْ بَعْضَ يَوْمٍۢ ۚ قَالُوا۟ رَبُّكُمْ أَعْلَمُ بِمَا لَبِثْتُمْ فَٱبْعَثُوٓا۟ أَحَدَكُم بِوَرِقِكُمْ هَٰذِهِۦٓ إِلَى ٱلْمَدِينَةِ فَلْيَنظُرْ أَيُّهَآ أَزْكَىٰ طَعَامًۭا فَلْيَأْتِكُم بِرِزْقٍۢ مِّنْهُ وَلْيَتَلَطَّفْ وَلَا يُشْعِرَنَّ بِكُمْ أَحَدًا

Иштта денбира Оха уьш, цаьрга вовшашка хеттийтархьама. Царех цхьана олучо элира: "Мел лаьттира шу?" Цара элира: "Тхо лаьттира цхьана дийнахь я дийнан декъашкахь?" Цара элира: "Шун Кхиош-кхобург дикахо хууш ву шу мел лаьттинехь а. Аша вахийта шайх цхьаъ хIокху кехаташца гIала. Лохийла цо уггар цIена кхача – цунах рицкъа дохьийла цо шуна‚ сакх хуьлийла иза‚ цхьаьнгге ма хоуьйтила цо шух лаьцна.

18:20

إِنَّهُمْ إِن يَظْهَرُوا۟ عَلَيْكُمْ يَرْجُمُوكُمْ أَوْ يُعِيدُوكُمْ فِى مِلَّتِهِمْ وَلَن تُفْلِحُوٓا۟ إِذًا أَبَدًۭا

Баккъалла а, уьш шуна тIенислахь, цара тIулгаш деттар ду шуна‚ я шу духадерзор ду шайн дине – тIаккха цкъеллига цкъа даккхийдер дац шу!"

18:21

وَكَذَٰلِكَ أَعْثَرْنَا عَلَيْهِمْ لِيَعْلَمُوٓا۟ أَنَّ وَعْدَ ٱللَّهِ حَقٌّۭ وَأَنَّ ٱلسَّاعَةَ لَا رَيْبَ فِيهَآ إِذْ يَتَنَٰزَعُونَ بَيْنَهُمْ أَمْرَهُمْ ۖ فَقَالُوا۟ ٱبْنُوا۟ عَلَيْهِم بُنْيَٰنًۭا ۖ رَّبُّهُمْ أَعْلَمُ بِهِمْ ۚ قَالَ ٱلَّذِينَ غَلَبُوا۟ عَلَىٰٓ أَمْرِهِمْ لَنَتَّخِذَنَّ عَلَيْهِم مَّسْجِدًۭا

Иштта Оха /нах/ царна тIе нисбалийтира, царна хаийтархьама Делан ваIда бакъ юйла‚ сахьт /Къематде хIуттур долуш ду/ – цу чохь шеко йоцийла. Церан гIуллакхехь вовшашца галморзахбевлира уьш. Элира: "ГIишло е царна тIехь. Церан Кхиош-кхобург дика хууш ву царех". Церан гIуллакх тIехь тоьллачара элира: "Царна тIехь маьждиг (ламаз ден меттиг) дийр ду вай".

18:22

سَيَقُولُونَ ثَلَٰثَةٌۭ رَّابِعُهُمْ كَلْبُهُمْ وَيَقُولُونَ خَمْسَةٌۭ سَادِسُهُمْ كَلْبُهُمْ رَجْمًۢا بِٱلْغَيْبِ ۖ وَيَقُولُونَ سَبْعَةٌۭ وَثَامِنُهُمْ كَلْبُهُمْ ۚ قُل رَّبِّىٓ أَعْلَمُ بِعِدَّتِهِم مَّا يَعْلَمُهُمْ إِلَّا قَلِيلٌۭ ۗ فَلَا تُمَارِ فِيهِمْ إِلَّا مِرَآءًۭ ظَٰهِرًۭا وَلَا تَسْتَفْتِ فِيهِم مِّنْهُمْ أَحَدًۭا

Цара эр ду: "Кхоъ ву‚ церан доьалгIаниг – церан жIаьла ду". Олу /цхьа кхечара/: "Пхиъ ву‚ церан ялхалгIаниг – церан жIаьла ду"‚ гучохь доцург хаа гIерташ. Олу /вукхара/: "ВорхI ву‚ церан борхIалгIаниг – церан жIаьла ду". Ахьа ала: "Сан Кхиош-кхобург дика хууш ву церан терахь‚ уьш ца бевза кIеззигчарна бен". Цаьрца ма къийса билгалдолчуьнца бен. Царех лаьцна цаьрга цхьаьнгге ма хетта.

18:23

وَلَا تَقُولَنَّ لِشَا۟ىْءٍ إِنِّى فَاعِلٌۭ ذَٰلِكَ غَدًا

Ахьа алланне ма алалахь цхьана хIуманна тIехь: "Аса дийр ду иза кхана

18:24

إِلَّآ أَن يَشَآءَ ٱللَّهُ ۚ وَٱذْكُر رَّبَّكَ إِذَا نَسِيتَ وَقُلْ عَسَىٰٓ أَن يَهْدِيَنِ رَبِّى لِأَقْرَبَ مِنْ هَٰذَا رَشَدًۭا

Далла лаахь"‚- олуш бен. Хьан Кхиош-кхобург дагаваийталахь хьуо вицвелча‚ алалахь: "ХIокхул нийсачунна герга вахийта мега со сан Кхиош-кхобучо".

18:25

وَلَبِثُوا۟ فِى كَهْفِهِمْ ثَلَٰثَ مِا۟ئَةٍۢ سِنِينَ وَٱزْدَادُوا۟ تِسْعًۭا

Шайн нокхе чохь уьш лаьттира кхо бIе шарахь‚ /кхин/ исс /шо/ алсамбевлира уьш.

18:26

قُلِ ٱللَّهُ أَعْلَمُ بِمَا لَبِثُوا۟ ۖ لَهُۥ غَيْبُ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ ۖ أَبْصِرْ بِهِۦ وَأَسْمِعْ ۚ مَا لَهُم مِّن دُونِهِۦ مِن وَلِىٍّۢ وَلَا يُشْرِكُ فِى حُكْمِهِۦٓ أَحَدًۭا

Ахьа ала: "Дела дика хууш ву уьш мел лаьттира‚ Цуьнан ю стигланийн а‚ лаьттан а къайле". Гайта цуьнца‚ ладогIийта! И воцург гIоьнча ма вац царна‚ Шен хьукамехь цхьа а накъост ца лоцу Цо.

18:27

وَٱتْلُ مَآ أُوحِىَ إِلَيْكَ مِن كِتَابِ رَبِّكَ ۖ لَا مُبَدِّلَ لِكَلِمَٰتِهِۦ وَلَن تَجِدَ مِن دُونِهِۦ مُلْتَحَدًۭا

Ахьа дийца /Iамаде/ хьайга вехьеца деллачу хьан Кхиош-кхобучун жайнах. Вац Цуьнан дешнаш хийцадийриг‚ хьуна каронне а карор яц Иза Ша воцург дIавада меттиг.

18:28

وَٱصْبِرْ نَفْسَكَ مَعَ ٱلَّذِينَ يَدْعُونَ رَبَّهُم بِٱلْغَدَوٰةِ وَٱلْعَشِىِّ يُرِيدُونَ وَجْهَهُۥ ۖ وَلَا تَعْدُ عَيْنَاكَ عَنْهُمْ تُرِيدُ زِينَةَ ٱلْحَيَوٰةِ ٱلدُّنْيَا ۖ وَلَا تُطِعْ مَنْ أَغْفَلْنَا قَلْبَهُۥ عَن ذِكْرِنَا وَٱتَّبَعَ هَوَىٰهُ وَكَانَ أَمْرُهُۥ فُرُطًۭا

Собар дайта хьайн сине Iуьйранца-суьйранца шайн Кхиош-кхобучуьнга кхойкхучаьрца Цуьнан юьхь езаш. Хьайн ши бIаьрг дIа ма берзабе царех дуьненан хазалла езаш‚ хьо муьтIахь ма хила Оха шен дог Тхо хьехорна гIовпал диначунна а‚ шен дезаршна тIаьхьахIоьттинчунна а‚ – цуьнан гIуллакх кIелдисина хилла.

18:29

وَقُلِ ٱلْحَقُّ مِن رَّبِّكُمْ ۖ فَمَن شَآءَ فَلْيُؤْمِن وَمَن شَآءَ فَلْيَكْفُرْ ۚ إِنَّآ أَعْتَدْنَا لِلظَّٰلِمِينَ نَارًا أَحَاطَ بِهِمْ سُرَادِقُهَا ۚ وَإِن يَسْتَغِيثُوا۟ يُغَاثُوا۟ بِمَآءٍۢ كَٱلْمُهْلِ يَشْوِى ٱلْوُجُوهَ ۚ بِئْسَ ٱلشَّرَابُ وَسَآءَتْ مُرْتَفَقًا

Ахьа ала: "Бакъдерг ду шун Кхиош-кхобучуьнгара. Шена лиънарг тешийла‚ шена лиънарг ма тешийла". Баккъалла а, Оха кечйина зуламхошна /жоьжахатин/ цIе‚ цуьнан лабано гобийр бу царех. Цара гIо дехахь‚ царна гIо дийр ду хица‚ ша лалийначу эчигах тера долчу, ша яххьаш ягаеш. Ма вон малар ду-кх! Вон хилла /церан/ гIортор!

18:30

إِنَّ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ إِنَّا لَا نُضِيعُ أَجْرَ مَنْ أَحْسَنَ عَمَلًا

Баккъалла а, иман диллинарш а‚ диканаш динарш а, – баккъалла а, Оха эшор ма яц Iамалца хаза волчун ял.

18:31

أُو۟لَٰٓئِكَ لَهُمْ جَنَّٰتُ عَدْنٍۢ تَجْرِى مِن تَحْتِهِمُ ٱلْأَنْهَٰرُ يُحَلَّوْنَ فِيهَا مِنْ أَسَاوِرَ مِن ذَهَبٍۢ وَيَلْبَسُونَ ثِيَابًا خُضْرًۭا مِّن سُندُسٍۢ وَإِسْتَبْرَقٍۢ مُّتَّكِـِٔينَ فِيهَا عَلَى ٱلْأَرَآئِكِ ۚ نِعْمَ ٱلثَّوَابُ وَحَسُنَتْ مُرْتَفَقًۭا

Уьш бу шайна Iаднан бошмаш ерш‚ шайн бухахула татолаш оьхуш‚ хазбийр бу уьш цу чохь дашо хьозанашца‚ цара тIедухур ду атласан а, ездарин а баьццара духар‚ цу чохь шаьш маьнганий тIетевжина лаьтташ. Ма дика мел бу-кх! Хаза хилла гIортор!

18:32

۞ وَٱضْرِبْ لَهُم مَّثَلًۭا رَّجُلَيْنِ جَعَلْنَا لِأَحَدِهِمَا جَنَّتَيْنِ مِنْ أَعْنَٰبٍۢ وَحَفَفْنَٰهُمَا بِنَخْلٍۢ وَجَعَلْنَا بَيْنَهُمَا زَرْعًۭا

Масална валаве царна ши стаг. Цу шиннех цхьанна Оха кемсийн ши беш хилийтина‚ царна шиннена гобина Оха хурманашца‚ царна шиннена юккъехь ялта хилийтина.

18:33

كِلْتَا ٱلْجَنَّتَيْنِ ءَاتَتْ أُكُلَهَا وَلَمْ تَظْلِم مِّنْهُ شَيْـًۭٔا ۚ وَفَجَّرْنَا خِلَٰلَهُمَا نَهَرًۭا

Шина а бешо шен даар делира‚ цунах /стоьмийн/ хIумма ца ийшира. Царна юккъехула /хин/ татолаш хилийтира Оха.

18:34

وَكَانَ لَهُۥ ثَمَرٌۭ فَقَالَ لِصَٰحِبِهِۦ وَهُوَ يُحَاوِرُهُۥٓ أَنَا۠ أَكْثَرُ مِنكَ مَالًۭا وَأَعَزُّ نَفَرًۭا

Цунна хилира стоьмаш, тIаккха цо шен накъосте элира и шега къамел деш волуш: "Со хьоьл мелхо алсам ву хьолаца‚ вуно веза ву гIоьнчашца".

18:35

وَدَخَلَ جَنَّتَهُۥ وَهُوَ ظَالِمٌۭ لِّنَفْسِهِۦ قَالَ مَآ أَظُنُّ أَن تَبِيدَ هَٰذِهِۦٓ أَبَدًۭا

И шен беша чоьхьавелира‚ шена зулам деш а волуш‚ цо элира: "Суна ца моьтту цкъеллига цкъа дIайовр ю /хIара беш/.

18:36

وَمَآ أَظُنُّ ٱلسَّاعَةَ قَآئِمَةًۭ وَلَئِن رُّدِدتُّ إِلَىٰ رَبِّى لَأَجِدَنَّ خَيْرًۭا مِّنْهَا مُنقَلَبًۭا

Суна ца моьтту сахьт хIуттур ду. Со сан Кхиош-кхобучуьнга дIаверзавахь, суна каронне карор ду цул диканиг дIаверзарна".

18:37

قَالَ لَهُۥ صَاحِبُهُۥ وَهُوَ يُحَاوِرُهُۥٓ أَكَفَرْتَ بِٱلَّذِى خَلَقَكَ مِن تُرَابٍۢ ثُمَّ مِن نُّطْفَةٍۢ ثُمَّ سَوَّىٰكَ رَجُلًۭا

Элира цуьнга цуьнан накъоста, ша цуьнга къамел деш волуш: "Ахь керстаналла до ткъа /Далла/, хьо кхоьллинчу поппарх‚ тIаккха тIадамах‚ тIаккха хьо ша нисвина волчух стаг хилла?

18:38

لَّٰكِنَّا۠ هُوَ ٱللَّهُ رَبِّى وَلَآ أُشْرِكُ بِرَبِّىٓ أَحَدًۭا

Делахь а соьх лаьцна аьлча‚ Иза АллахI ву – сан Кхиош-кхобург‚ сан Кхиош-кхобучуьнца цхьа а накъост лоцур вац аса-м!

18:39

وَلَوْلَآ إِذْ دَخَلْتَ جَنَّتَكَ قُلْتَ مَا شَآءَ ٱللَّهُ لَا قُوَّةَ إِلَّا بِٱللَّهِ ۚ إِن تَرَنِ أَنَا۠ أَقَلَّ مِنكَ مَالًۭا وَوَلَدًۭا

Хьуо хьан бешан чоьхьа ваьлча‚ ахьа аьллехьара: "Ма шааллахI! Делаца бен ницкъ ма бац, хьуна со гуш велахь, хьайл кIезигаха хьолаций‚ доьзалшций.

18:40

فَعَسَىٰ رَبِّىٓ أَن يُؤْتِيَنِ خَيْرًۭا مِّن جَنَّتِكَ وَيُرْسِلَ عَلَيْهَا حُسْبَانًۭا مِّنَ ٱلسَّمَآءِ فَتُصْبِحَ صَعِيدًۭا زَلَقًا

Мега сан Кхиош-кхобучо суна дала хьан бешал а диканиг‚ доссадан цуьнан /хьан беша/ тIе стиглара хьесап – тIаккха цунах шера айелла меттиг хуьлуш‚

18:41

أَوْ يُصْبِحَ مَآؤُهَا غَوْرًۭا فَلَن تَسْتَطِيعَ لَهُۥ طَلَبًۭا

Я цуьнан хи лекъаш‚ хьуна цкъа а ницкъ ца кхочуш и карадан.

18:42

وَأُحِيطَ بِثَمَرِهِۦ فَأَصْبَحَ يُقَلِّبُ كَفَّيْهِ عَلَىٰ مَآ أَنفَقَ فِيهَا وَهِىَ خَاوِيَةٌ عَلَىٰ عُرُوشِهَا وَيَقُولُ يَٰلَيْتَنِى لَمْ أُشْرِكْ بِرَبِّىٓ أَحَدًۭا

Гобира цуьнан стоьмех‚ и волавелира шен куьйгаш вовшех детта ша шена чохь харж ярна‚ ткъа иза /беш/ шен бух тIе йоьжна лаьтта‚ цо олу: "Ма лаьцна хиллехьара-кх аса сан Кхиош-кхобучуьнца цхьа а накъост!"

18:43

وَلَمْ تَكُن لَّهُۥ فِئَةٌۭ يَنصُرُونَهُۥ مِن دُونِ ٱللَّهِ وَمَا كَانَ مُنتَصِرًا

Ца хилира цунна тоба ша цунна гIо деш‚ Дела воцург‚ и ша ца хилира шена гIо дан луш!

18:44

هُنَالِكَ ٱلْوَلَٰيَةُ لِلَّهِ ٱلْحَقِّ ۚ هُوَ خَيْرٌۭ ثَوَابًۭا وَخَيْرٌ عُقْبًۭا

Цигахь гIо – хьакъ-бакъ волчу Делан ду. И ву дика верг мел баларца а‚ дика верг /хаза/ тIаьхье хилийтарца а.

18:45

وَٱضْرِبْ لَهُم مَّثَلَ ٱلْحَيَوٰةِ ٱلدُّنْيَا كَمَآءٍ أَنزَلْنَٰهُ مِنَ ٱلسَّمَآءِ فَٱخْتَلَطَ بِهِۦ نَبَاتُ ٱلْأَرْضِ فَأَصْبَحَ هَشِيمًۭا تَذْرُوهُ ٱلرِّيَٰحُ ۗ وَكَانَ ٱللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَىْءٍۢ مُّقْتَدِرًا

Даладе царна масална дуьненан дахар: хих тера ду и‚ Оха ша стиглара доссийначу‚ тIаккха цунах ийнера лаьттан орамат – цунах хилира екъа яр‚ ша мохо яржаеш йолу. Хилира Дела массо хIуманна тIехь ницкъ болуш.

18:46

ٱلْمَالُ وَٱلْبَنُونَ زِينَةُ ٱلْحَيَوٰةِ ٱلدُّنْيَا ۖ وَٱلْبَٰقِيَٰتُ ٱلصَّٰلِحَٰتُ خَيْرٌ عِندَ رَبِّكَ ثَوَابًۭا وَخَيْرٌ أَمَلًۭا

Бахам а‚ кIентий а – дуьненан дахаран хазалла ю‚ бухадуьсуш долу диканаш тоьлу хьан Кхиош-кхобучун гергахь мелаца а‚ тоьла дог дахарца а.

18:47

وَيَوْمَ نُسَيِّرُ ٱلْجِبَالَ وَتَرَى ٱلْأَرْضَ بَارِزَةًۭ وَحَشَرْنَٰهُمْ فَلَمْ نُغَادِرْ مِنْهُمْ أَحَدًۭا

Оха лаьмнаш доладолуьйтучу /къемат/ дийнахь‚ хьуна гур ду латта хьалха таьIаш‚ Оха гулбийр бу уьш /Тхайна тIе/‚ бухавуьтур вац царех цхьа а.

18:48

وَعُرِضُوا۟ عَلَىٰ رَبِّكَ صَفًّۭا لَّقَدْ جِئْتُمُونَا كَمَا خَلَقْنَٰكُمْ أَوَّلَ مَرَّةٍۭ ۚ بَلْ زَعَمْتُمْ أَلَّن نَّجْعَلَ لَكُم مَّوْعِدًۭا

Хьан Кхиош-кхобучун хьалха хIуттур бу уьш могIийца: шу даьхкина Тхуна Оха дуьххьара шу ма-кхоьлли. Шу-м моьттуш ма дарий Оха шайна /цхьанакхетарна билгала/ хан тухур яц‚ аьлла.

18:49

وَوُضِعَ ٱلْكِتَٰبُ فَتَرَى ٱلْمُجْرِمِينَ مُشْفِقِينَ مِمَّا فِيهِ وَيَقُولُونَ يَٰوَيْلَتَنَا مَالِ هَٰذَا ٱلْكِتَٰبِ لَا يُغَادِرُ صَغِيرَةًۭ وَلَا كَبِيرَةً إِلَّآ أَحْصَىٰهَا ۚ وَوَجَدُوا۟ مَا عَمِلُوا۟ حَاضِرًۭا ۗ وَلَا يَظْلِمُ رَبُّكَ أَحَدًۭا

Охьадуьллур ду жайна‚ тIаккха хьуна гур бу къинош динарш цу чохь долчух кхоьруш‚ шаьш олуш: "Ма бала бу вайна‚ хIокху жайно-м буха ца дитина жиманиг а‚ я доккханиг а тергал ца деш! Царна карийра шаьш динарг хьалхадиллина. Зулам ца до хьан Кхиош-кхобучо цхьаннена а.

18:50

وَإِذْ قُلْنَا لِلْمَلَٰٓئِكَةِ ٱسْجُدُوا۟ لِءَادَمَ فَسَجَدُوٓا۟ إِلَّآ إِبْلِيسَ كَانَ مِنَ ٱلْجِنِّ فَفَسَقَ عَنْ أَمْرِ رَبِّهِۦٓ ۗ أَفَتَتَّخِذُونَهُۥ وَذُرِّيَّتَهُۥٓ أَوْلِيَآءَ مِن دُونِى وَهُمْ لَكُمْ عَدُوٌّۢ ۚ بِئْسَ لِلظَّٰلِمِينَ بَدَلًۭا

Оха ма аьллера маликашка: "Сужд де Адамна". Цара сужд дира иблис диссалц – и хилира жинех‚ цо дохийра шен Кхиош-кхобучун омра‚ ткъа аша лоцу иза а‚ цуьнан зуьрет а доттагIий а‚ Со а вуьтий‚ – уьш шуна мостагIий ма бу-й?! Ма вон ю-кх зуламхошна /шайн белхан/ дуьхьал эцнарг!

18:51

۞ مَّآ أَشْهَدتُّهُمْ خَلْقَ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ وَلَا خَلْقَ أَنفُسِهِمْ وَمَا كُنتُ مُتَّخِذَ ٱلْمُضِلِّينَ عَضُدًۭا

Аса уьш тешаш ца хIиттийна стигланаш а‚ латта а кхолларан а‚ уьш шаьш кхолларан а‚ Со ца хилира тилабелларш гIоьнчий лоцург а.

18:52

وَيَوْمَ يَقُولُ نَادُوا۟ شُرَكَآءِىَ ٱلَّذِينَ زَعَمْتُمْ فَدَعَوْهُمْ فَلَمْ يَسْتَجِيبُوا۟ لَهُمْ وَجَعَلْنَا بَيْنَهُم مَّوْبِقًۭا

Оцу /къемат/ дийнахь Цо /Дала/ эр ду: "Кхайкха аша шаьш Сан накъостий бу‚ бохуш‚ чIагIбеш хиллачаьрга!" Цара кхайкхира цаьрга. Цара оцарна жоп ца делира‚ Оха хилийтира царна юккъехь хIаллакьхилар.

18:53

وَرَءَا ٱلْمُجْرِمُونَ ٱلنَّارَ فَظَنُّوٓا۟ أَنَّهُم مُّوَاقِعُوهَا وَلَمْ يَجِدُوا۟ عَنْهَا مَصْرِفًۭا

Гира къинош диначарна цIе‚ царна хиира шаьш цу чу кхетар дуйла‚ ца карийра царна цунах дIасахьовзийла.

18:54

وَلَقَدْ صَرَّفْنَا فِى هَٰذَا ٱلْقُرْءَانِ لِلنَّاسِ مِن كُلِّ مَثَلٍۢ ۚ وَكَانَ ٱلْإِنسَٰنُ أَكْثَرَ شَىْءٍۢ جَدَلًۭا

Оха /къастош/ далийна хIокху КъурIан чохь нахана массо масал. Адам хилира вуно дуккха хIуманца къуьйсуш.

18:55

وَمَا مَنَعَ ٱلنَّاسَ أَن يُؤْمِنُوٓا۟ إِذْ جَآءَهُمُ ٱلْهُدَىٰ وَيَسْتَغْفِرُوا۟ رَبَّهُمْ إِلَّآ أَن تَأْتِيَهُمْ سُنَّةُ ٱلْأَوَّلِينَ أَوْ يَأْتِيَهُمُ ٱلْعَذَابُ قُبُلًۭا

Духа ца тоьхна нах /Делах/ тешарх цаьрга нийса некъ беъча‚ шайн Кхиош-кхобучуьнга гечдар дехарх а – цаьрга хьалхалерачийн гIиллакх даро бен‚ я цаьрга духьал Iазап даро бен.

18:56

وَمَا نُرْسِلُ ٱلْمُرْسَلِينَ إِلَّا مُبَشِّرِينَ وَمُنذِرِينَ ۚ وَيُجَٰدِلُ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ بِٱلْبَٰطِلِ لِيُدْحِضُوا۟ بِهِ ٱلْحَقَّ ۖ وَٱتَّخَذُوٓا۟ ءَايَٰتِى وَمَآ أُنذِرُوا۟ هُزُوًۭا

Оха ца бохкуьйту элчанаш кхаъ боккхуш‚ кхерам тосуш бен. Цатешачара харцдолчуьнца къуьйсу бакъдерг кIелдитархьама. Сан аяташ а‚ шайна кхерам теснарг а цабешаш тIелаьцна цара.

18:57

وَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّن ذُكِّرَ بِـَٔايَٰتِ رَبِّهِۦ فَأَعْرَضَ عَنْهَا وَنَسِىَ مَا قَدَّمَتْ يَدَاهُ ۚ إِنَّا جَعَلْنَا عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ أَكِنَّةً أَن يَفْقَهُوهُ وَفِىٓ ءَاذَانِهِمْ وَقْرًۭا ۖ وَإِن تَدْعُهُمْ إِلَى ٱلْهُدَىٰ فَلَن يَهْتَدُوٓا۟ إِذًا أَبَدًۭا

Мила ву зуламе шена шен Кхиош-кхобучун аяташ хьехийна‚ тIаккха царех вухаваьллачул‚ шен куьйгаша хьалхадаьккхинарг дицдийначул? Баккъалла а, Оха церан дегнаш чу гIат диллина – тIаккха уьш цунах /КъурIанах/ ца кхета‚ церан лергаш чу /йиллина/ – къоралла. Ахьа уьш нийсачу новкъа кхайкхича а‚ цкъеллига цкъа нислур бац уьш.

18:58

وَرَبُّكَ ٱلْغَفُورُ ذُو ٱلرَّحْمَةِ ۖ لَوْ يُؤَاخِذُهُم بِمَا كَسَبُوا۟ لَعَجَّلَ لَهُمُ ٱلْعَذَابَ ۚ بَل لَّهُم مَّوْعِدٌۭ لَّن يَجِدُوا۟ مِن دُونِهِۦ مَوْئِلًۭا

Хьан Кхиош-кхобург гечдийриг ву‚ /Шегахь/ къинхетам а болуш. Цара карийначуьнца Цо уьш /Iазапе я баламе/ лоьцуш белахьара‚ царна Iазап сихдийр дара Цо. Царна тоьхна хан ю‚ Иза воцург кIелхьара долийла карор ма яц царна.

18:59

وَتِلْكَ ٱلْقُرَىٰٓ أَهْلَكْنَٰهُمْ لَمَّا ظَلَمُوا۟ وَجَعَلْنَا لِمَهْلِكِهِم مَّوْعِدًۭا

И ярташ‚ Оха хIаллакьйира уьш‚ цара зулам дича‚ уьш хIаллакбарна хан йиллира Оха.

18:60

وَإِذْ قَالَ مُوسَىٰ لِفَتَىٰهُ لَآ أَبْرَحُ حَتَّىٰٓ أَبْلُغَ مَجْمَعَ ٱلْبَحْرَيْنِ أَوْ أَمْضِىَ حُقُبًۭا

Мусас аьллера шен къонахе: "Со соцур вац ши хIорд вовшахкхетачу меттиге кхаччалц‚ я лелар ву еххачу заманахь".

18:61

فَلَمَّا بَلَغَا مَجْمَعَ بَيْنِهِمَا نَسِيَا حُوتَهُمَا فَٱتَّخَذَ سَبِيلَهُۥ فِى ٱلْبَحْرِ سَرَبًۭا

И шиъ /хIорд/ вовшахкхетачу меттиге кхаьчча‚ царна шайн чIара бицбелира‚ ткъа цо шен некъ хIорда чу биллира, /лаьттахула/ Iуьрг доккхуш.

18:62

فَلَمَّا جَاوَزَا قَالَ لِفَتَىٰهُ ءَاتِنَا غَدَآءَنَا لَقَدْ لَقِينَا مِن سَفَرِنَا هَٰذَا نَصَبًۭا

ТIаккха шаьшшиъ /оцу меттигах/ чекхваьлча‚ цо элира шен къонахе: "Схьало вайна вайн кхача. Вайна а дуьхьалкхийти хIокху вайн некъах хало".

18:63

قَالَ أَرَءَيْتَ إِذْ أَوَيْنَآ إِلَى ٱلصَّخْرَةِ فَإِنِّى نَسِيتُ ٱلْحُوتَ وَمَآ أَنسَىٰنِيهُ إِلَّا ٱلشَّيْطَٰنُ أَنْ أَذْكُرَهُۥ ۚ وَٱتَّخَذَ سَبِيلَهُۥ فِى ٱلْبَحْرِ عَجَبًۭا

Цо (Мусаца хиллачу кIанта) элира: "Хьажахь! Вай чара йолчу дирзича, суна бицбелира чIара‚ шайтIано а бен суна и биц ца балийти‚ суна и дага ца бойтуш‚ ткъа цо шен некъ цхьа тамаше кепара хIорда чу биллира".

18:64

قَالَ ذَٰلِكَ مَا كُنَّا نَبْغِ ۚ فَٱرْتَدَّا عَلَىٰٓ ءَاثَارِهِمَا قَصَصًۭا

Цо (Мусас) элира: "И дара вайна дезаш хилларг". ТIаккха и шиъ шайн тачанх бухабирзира.

18:65

فَوَجَدَا عَبْدًۭا مِّنْ عِبَادِنَآ ءَاتَيْنَٰهُ رَحْمَةًۭ مِّنْ عِندِنَا وَعَلَّمْنَٰهُ مِن لَّدُنَّا عِلْمًۭا

Царна шиннена карийра Тхан лех цхьа лай‚ Оха шена Тхан гергара къинхетам белла волу‚ Оха шена Тхайгара Iилма Iамийна волу.

18:66

قَالَ لَهُۥ مُوسَىٰ هَلْ أَتَّبِعُكَ عَلَىٰٓ أَن تُعَلِّمَنِ مِمَّا عُلِّمْتَ رُشْدًۭا

Мусас цуьнга элира: "Хьуна тIаьхьахIуттий со‚ ахьа суна Iаморхьама хьайна Iамийначух кIорггера бакъдерг?"

18:67

قَالَ إِنَّكَ لَن تَسْتَطِيعَ مَعِىَ صَبْرًۭا

Цо элира: "Хьуна маганне могур дац соьца собар дан.

18:68

وَكَيْفَ تَصْبِرُ عَلَىٰ مَا لَمْ تُحِطْ بِهِۦ خُبْرًۭا

Муха дийр ду ахьа собар‚ хьайна шех хаар доцучуьнца".

18:69

قَالَ سَتَجِدُنِىٓ إِن شَآءَ ٱللَّهُ صَابِرًۭا وَلَآ أَعْصِى لَكَ أَمْرًۭا

Цо (Мусас) элира: "Хьуна карор ву со‚ Дала мукъалахь‚ собар деш‚ хьуна Iеса хир вац со‚ омра /кхочуш дарца/".

18:70

قَالَ فَإِنِ ٱتَّبَعْتَنِى فَلَا تَسْـَٔلْنِى عَن شَىْءٍ حَتَّىٰٓ أُحْدِثَ لَكَ مِنْهُ ذِكْرًۭا

Цо элира: "Хьо суна тIаьхьахIоттахь‚ соьга ма хетталахь цхьана а хIуманах лаций‚ аса хьуна шех дерг дийццалц".

18:71

فَٱنطَلَقَا حَتَّىٰٓ إِذَا رَكِبَا فِى ٱلسَّفِينَةِ خَرَقَهَا ۖ قَالَ أَخَرَقْتَهَا لِتُغْرِقَ أَهْلَهَا لَقَدْ جِئْتَ شَيْـًٔا إِمْرًۭا

ТIаккха и шиъ дIаволавелира кеманна тIехаъалц – цо цунна Iуьрг даьккхира. Цо (Мусас) элира: "Iуьрг даьккхи ахьа цуьнан нах бухабахийтархьама‚ цхьа тамаше хIума ма ди ахьа!"

18:72

قَالَ أَلَمْ أَقُلْ إِنَّكَ لَن تَسْتَطِيعَ مَعِىَ صَبْرًۭا

Цо элира: "Аса ца элира: хьуна маггане могур дац соьца цхьаьна собар дан".

18:73

قَالَ لَا تُؤَاخِذْنِى بِمَا نَسِيتُ وَلَا تُرْهِقْنِى مِنْ أَمْرِى عُسْرًۭا

Цо (Мусас) элира: "Ахьа суна бехк ма билла со вицваларна‚ хало ма е суна /кху/ сан гIуллакхах".

18:74

فَٱنطَلَقَا حَتَّىٰٓ إِذَا لَقِيَا غُلَٰمًۭا فَقَتَلَهُۥ قَالَ أَقَتَلْتَ نَفْسًۭا زَكِيَّةًۢ بِغَيْرِ نَفْسٍۢ لَّقَدْ جِئْتَ شَيْـًۭٔا نُّكْرًۭا

ТIаккха и шиъ дIаволавелира цхьана кIантаца цхьаьнакхетталц – цо и вийра. /Мусас/ элира: "/Ванах/ ахьа цIена са дий-кха, сина дуьхьал а доцуш! Ма вон хIума ди-кх ахьа!"