Skip to content
QuranOlive

Juz 16 of 30 · 269 ayahs

قال ألمPara 16: Qal Alam — Chechen

Juz 16, known as Para 16 “Qal Alam” (قال ألم), runs from Surah Al-Kahf 18:75 to Surah Taha 20:135. Read the full para online in Arabic with Chechen translation and audio.

18:75

۞ قَالَ أَلَمْ أَقُل لَّكَ إِنَّكَ لَن تَسْتَطِيعَ مَعِىَ صَبْرًۭا

Цо элира: "Аса ца аьллера хьоьга: хьуна данне а соьца собар далур дац‚ аьлла?"

18:76

قَالَ إِن سَأَلْتُكَ عَن شَىْءٍۭ بَعْدَهَا فَلَا تُصَٰحِبْنِى ۖ قَدْ بَلَغْتَ مِن لَّدُنِّى عُذْرًۭا

Цо /Мусас/ элира: "Нагахь санна аса хьоьга хIума хаттахь хIокхул тIаьхьа – суна накъосталла ма де: соьгара бехказло ю хьуна".

18:77

فَٱنطَلَقَا حَتَّىٰٓ إِذَآ أَتَيَآ أَهْلَ قَرْيَةٍ ٱسْتَطْعَمَآ أَهْلَهَا فَأَبَوْا۟ أَن يُضَيِّفُوهُمَا فَوَجَدَا فِيهَا جِدَارًۭا يُرِيدُ أَن يَنقَضَّ فَأَقَامَهُۥ ۖ قَالَ لَوْ شِئْتَ لَتَّخَذْتَ عَلَيْهِ أَجْرًۭا

ТIаккха и шиъ дIаволавеоира цхьана юьртан нахана тIекхаччалц. Цара цуьнан нахе даа хIума дийхира, ткъа цара дуьхьало йира цу шиннена хьошалла дан. Царна карийра цу чохь чир йожа йоллуш – цо иза ира хIоттийра. Элира /Мусас/: "Хьайна лиънехь цунах мах оьцур бара ахьа".

18:78

قَالَ هَٰذَا فِرَاقُ بَيْنِى وَبَيْنِكَ ۚ سَأُنَبِّئُكَ بِتَأْوِيلِ مَا لَمْ تَسْتَطِع عَّلَيْهِ صَبْرًا

Цо элира: "ХIара суна а‚ хьуна а юккъехь къастар ду. Аса достур ду хьуна шеца собар дан ца мегнарг.

18:79

أَمَّا ٱلسَّفِينَةُ فَكَانَتْ لِمَسَٰكِينَ يَعْمَلُونَ فِى ٱلْبَحْرِ فَأَرَدتُّ أَنْ أَعِيبَهَا وَكَانَ وَرَآءَهُم مَّلِكٌۭ يَأْخُذُ كُلَّ سَفِينَةٍ غَصْبًۭا

Ткъа кема – мискачу нехан дара иза‚ хIордан чохь болх беш болчу. Суна лиира иза дохо – церан тIехьахь лаьтташ вара паччахь‚ массо кема схьалоцуш ницкъаца.

18:80

وَأَمَّا ٱلْغُلَٰمُ فَكَانَ أَبَوَاهُ مُؤْمِنَيْنِ فَخَشِينَآ أَن يُرْهِقَهُمَا طُغْيَٰنًۭا وَكُفْرًۭا

Ткъа кIант – цуьнан да-нана муъма нах бара‚ тхо кхоьрура цо царна халахетийтарна /Далла/ муьтIахь цахиларца а‚ /Далла/ керста хиларца а.

18:81

فَأَرَدْنَآ أَن يُبْدِلَهُمَا رَبُّهُمَا خَيْرًۭا مِّنْهُ زَكَوٰةًۭ وَأَقْرَبَ رُحْمًۭا

Тхуна лиира церан Кхиош-кхобучо цу шиннена, хийцина‚ цул диканиг /доьзалхо/ волийла‚ цIена волуш‚ къинхетамца мелхо а герга волуш.

18:82

وَأَمَّا ٱلْجِدَارُ فَكَانَ لِغُلَٰمَيْنِ يَتِيمَيْنِ فِى ٱلْمَدِينَةِ وَكَانَ تَحْتَهُۥ كَنزٌۭ لَّهُمَا وَكَانَ أَبُوهُمَا صَٰلِحًۭا فَأَرَادَ رَبُّكَ أَن يَبْلُغَآ أَشُدَّهُمَا وَيَسْتَخْرِجَا كَنزَهُمَا رَحْمَةًۭ مِّن رَّبِّكَ ۚ وَمَا فَعَلْتُهُۥ عَنْ أَمْرِى ۚ ذَٰلِكَ تَأْوِيلُ مَا لَمْ تَسْطِع عَّلَيْهِ صَبْرًۭا

ТIкъа чир‚ и яра гIалахь шина кIентан – буоберийн‚ цунна бухахь цу шиннан хазна яра. Цу шиннан да вара дика Iамал йолуш стаг. Хьан Кхиош-кхобучунна лиира и шиъ пхийттара валийта‚ цаьрга шайн хазна схьаяккхийта‚ хьан Кхиош-кхобучуьнгара къинхетамца. Иза аса ца дина сан гIуллакхаца. И ду хьуна шена тIехь собардан ца мегначун тидар".

18:83

وَيَسْـَٔلُونَكَ عَن ذِى ٱلْقَرْنَيْنِ ۖ قُلْ سَأَتْلُوا۟ عَلَيْكُم مِّنْهُ ذِكْرًا

Цара хьоьга хоьтту: "Ши маIа йолчух" лаьцна. Ахьа ала: "Аса дуьйцур ду шуна цунах лаьцна хабар".

18:84

إِنَّا مَكَّنَّا لَهُۥ فِى ٱلْأَرْضِ وَءَاتَيْنَٰهُ مِن كُلِّ شَىْءٍۢ سَبَبًۭا

Баккъалла а, Оха чIагIвира иза лаьттахь‚ белира цунна /шен лааме кхача/ массо хIуманан некъ.

18:85

فَأَتْبَعَ سَبَبًا

Цхьана новкъа хIоьттира иза.

18:86

حَتَّىٰٓ إِذَا بَلَغَ مَغْرِبَ ٱلشَّمْسِ وَجَدَهَا تَغْرُبُ فِى عَيْنٍ حَمِئَةٍۢ وَوَجَدَ عِندَهَا قَوْمًۭا ۗ قُلْنَا يَٰذَا ٱلْقَرْنَيْنِ إِمَّآ أَن تُعَذِّبَ وَإِمَّآ أَن تَتَّخِذَ فِيهِمْ حُسْنًۭا

Малхбузе кхаьчча‚ цунна карийра и дIабузуш боьхачу шовдане‚ цуьнан уллохь цхьа нах карийра цунна. Оха элира: "ХIай Ши маIа ерг! Я Iазап дийр ду ахьа‚ я ахьа цаьргахь къинхетам бийр бу".

18:87

قَالَ أَمَّا مَن ظَلَمَ فَسَوْفَ نُعَذِّبُهُۥ ثُمَّ يُرَدُّ إِلَىٰ رَبِّهِۦ فَيُعَذِّبُهُۥ عَذَابًۭا نُّكْرًۭا

Цо элира: "Ткъа зулам динарг милла велахь – тIаьхьа цунна Iазап дийр ду оха. ТIаккха шен Кхиош-кхобучунна тIеверзор ву иза – Цо Iазап дийр ду цунна халачу Iазапаца.

18:88

وَأَمَّا مَنْ ءَامَنَ وَعَمِلَ صَٰلِحًۭا فَلَهُۥ جَزَآءً ٱلْحُسْنَىٰ ۖ وَسَنَقُولُ لَهُۥ مِنْ أَمْرِنَا يُسْرًۭا

Ткъа иман диллинарг а‚ дика Iамал йинарг а – царна хаза бекхам бу. Оха цуьнга эр ду тхан омрах атта дерг".

18:89

ثُمَّ أَتْبَعَ سَبَبًا

ТIаккха цхьана /кхечу/ новкъа хIоьттира иза.

18:90

حَتَّىٰٓ إِذَا بَلَغَ مَطْلِعَ ٱلشَّمْسِ وَجَدَهَا تَطْلُعُ عَلَىٰ قَوْمٍۢ لَّمْ نَجْعَل لَّهُم مِّن دُونِهَا سِتْرًۭا

Малх кхетачу меттиге кхаьчча‚ цунна карийра и схьакхеташ цхьана нахана‚ Оха шайна цуьнан /малхан/ дуьхьал цхьа а хьулам ца хилийтина болу /бедар елахь а, тхов белахь а/.

18:91

كَذَٰلِكَ وَقَدْ أَحَطْنَا بِمَا لَدَيْهِ خُبْرًۭا

Иштта дIалецира Оха цуьнгахь дерг хаарца.

18:92

ثُمَّ أَتْبَعَ سَبَبًا

ТIаккха цхьана /кхечу/ новкъа хIоьттира иза.

18:93

حَتَّىٰٓ إِذَا بَلَغَ بَيْنَ ٱلسَّدَّيْنِ وَجَدَ مِن دُونِهِمَا قَوْمًۭا لَّا يَكَادُونَ يَفْقَهُونَ قَوْلًۭا

Шина /лаьмнийн/ дуьхьалонан юккъе кхаьчча‚ цунна карийра царна бухахь /Зул-Къарнайн цхьана а/ дашах кхеташ боцу нах.

18:94

قَالُوا۟ يَٰذَا ٱلْقَرْنَيْنِ إِنَّ يَأْجُوجَ وَمَأْجُوجَ مُفْسِدُونَ فِى ٱلْأَرْضِ فَهَلْ نَجْعَلُ لَكَ خَرْجًا عَلَىٰٓ أَن تَجْعَلَ بَيْنَنَا وَبَيْنَهُمْ سَدًّۭا

Цара элира: "ХIай Ши маIа ерг! Баккъалла а, Яъжуж а‚ Маъжуж а боьханиг даржош ву лаьттахь. Оха хьуна - ясакх‚ токхе‚ ахьа тхуна а‚ царна а юккъехь дуьхьало йийриг?"

18:95

قَالَ مَا مَكَّنِّى فِيهِ رَبِّى خَيْرٌۭ فَأَعِينُونِى بِقُوَّةٍ أَجْعَلْ بَيْنَكُمْ وَبَيْنَهُمْ رَدْمًا

Цо элира: "Сан Кхиош-кхобучо со шена чохь чIагIвинарг дика ду. Суна ницкъаца гIо де‚ ер аса шуна а‚ царна а юккъехь чIагIо.

18:96

ءَاتُونِى زُبَرَ ٱلْحَدِيدِ ۖ حَتَّىٰٓ إِذَا سَاوَىٰ بَيْنَ ٱلصَّدَفَيْنِ قَالَ ٱنفُخُوا۟ ۖ حَتَّىٰٓ إِذَا جَعَلَهُۥ نَارًۭا قَالَ ءَاتُونِىٓ أُفْرِغْ عَلَيْهِ قِطْرًۭا

Ло суна эчиган кескаш". Ша уьш шина ломан йистошкахь нисйича‚ цо элира: "/ЦIе/ марсаяккха!" Цо цунах цIе хилийтича‚ элира: "Схьало соьга‚ аса цунна тIе лалийна эчиг дуттур".

18:97

فَمَا ٱسْطَٰعُوٓا۟ أَن يَظْهَرُوهُ وَمَا ٱسْتَطَٰعُوا۟ لَهُۥ نَقْبًۭا

Ца мегира царна цунна тIе бовла а‚ ца мегира царна цунна Iуьрг даккха а.

18:98

قَالَ هَٰذَا رَحْمَةٌۭ مِّن رَّبِّى ۖ فَإِذَا جَآءَ وَعْدُ رَبِّى جَعَلَهُۥ دَكَّآءَ ۖ وَكَانَ وَعْدُ رَبِّى حَقًّۭا

Цо элира: "ХIара сан Кхиош-кхобучуьнгара къинхетам бу. Сан Кхиош-кхобучун ваIда еъча‚ Цо лаьттаца нисйийр ю иза. Сан Кхиош-кхобучун ваIда хьакъ-бакъ хилла".

18:99

۞ وَتَرَكْنَا بَعْضَهُمْ يَوْمَئِذٍۢ يَمُوجُ فِى بَعْضٍۢ ۖ وَنُفِخَ فِى ٱلصُّورِ فَجَمَعْنَٰهُمْ جَمْعًۭا

Оха буьтур бу уьш оцу /къемат/ дийнахь цхьаберш вукхарна тIе бетталуш. Сур локхур ю‚ Оха уьш гулбийр бу берриге а.

18:100

وَعَرَضْنَا جَهَنَّمَ يَوْمَئِذٍۢ لِّلْكَٰفِرِينَ عَرْضًا

Хьалхаюьллур ю Оха оцу дийнахь цатешачарна жоьжахати шуьйрра.

18:101

ٱلَّذِينَ كَانَتْ أَعْيُنُهُمْ فِى غِطَآءٍ عَن ذِكْرِى وَكَانُوا۟ لَا يَسْتَطِيعُونَ سَمْعًا

Уьш шайн бIаьргашна тIехь парду долуш бара Со хьехорах‚ уьш бара ладогIа ца могуш.

18:102

أَفَحَسِبَ ٱلَّذِينَ كَفَرُوٓا۟ أَن يَتَّخِذُوا۟ عِبَادِى مِن دُونِىٓ أَوْلِيَآءَ ۚ إِنَّآ أَعْتَدْنَا جَهَنَّمَ لِلْكَٰفِرِينَ نُزُلًۭا

Цатешначарна моьтту-те шаьш‚ Со воцург‚ Сан леш гIоьнчий лоцур бу? Оха кечйина жоьжахати цатешачарна чубисса.

18:103

قُلْ هَلْ نُنَبِّئُكُم بِٱلْأَخْسَرِينَ أَعْمَٰلًا

Ахьа ала: "Аса буьйций шуна Iамалашца уггар эшнарш‚

18:104

ٱلَّذِينَ ضَلَّ سَعْيُهُمْ فِى ٱلْحَيَوٰةِ ٱلدُّنْيَا وَهُمْ يَحْسَبُونَ أَنَّهُمْ يُحْسِنُونَ صُنْعًا

Дуьненан дахаре шайн къахьегар /эрна/ дайина хилларш шаьш дика болх беш бу моьттуш?"

18:105

أُو۟لَٰٓئِكَ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ بِـَٔايَٰتِ رَبِّهِمْ وَلِقَآئِهِۦ فَحَبِطَتْ أَعْمَٰلُهُمْ فَلَا نُقِيمُ لَهُمْ يَوْمَ ٱلْقِيَٰمَةِ وَزْنًۭا

Уьш бу шаьш шайн Кхиош-кхобучун аяташна а‚ Цуьнан цхьанакхетарна а керсталла динарш‚ эрна хилла церан Iамалш‚ хIоттор дац Оха царна Къематдийнахь терза.

18:106

ذَٰلِكَ جَزَآؤُهُمْ جَهَنَّمُ بِمَا كَفَرُوا۟ وَٱتَّخَذُوٓا۟ ءَايَٰتِى وَرُسُلِى هُزُوًا

И церан бекхам – жоьжахати ю царна‚ шаьш керсталла дарна‚ Сан аяташ а‚ Сан элчанаш а бахьош хиларна.

18:107

إِنَّ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ كَانَتْ لَهُمْ جَنَّٰتُ ٱلْفِرْدَوْسِ نُزُلًا

Баккъалла а, иман диллинарш а‚ диканаш динарш а – царна хилла ФирIдавс бошмаш чубиссар‚

18:108

خَٰلِدِينَ فِيهَا لَا يَبْغُونَ عَنْهَا حِوَلًۭا

Цу чохь гуттар лаьтташ‚ царех шайна дIатила ца лууш.

18:109

قُل لَّوْ كَانَ ٱلْبَحْرُ مِدَادًۭا لِّكَلِمَٰتِ رَبِّى لَنَفِدَ ٱلْبَحْرُ قَبْلَ أَن تَنفَدَ كَلِمَٰتُ رَبِّى وَلَوْ جِئْنَا بِمِثْلِهِۦ مَدَدًۭا

Ахьа ала: "ХIорд сан Кхиош-кхобучун дешнашна шекъа хилча а – хIорд кхачалур бара сан Кхиош-кхобучун дешнаш кхачадалале‚ цунах тераниг Оха алссам деъчи а /кхин хIорд хилийтича а/".

18:110

قُلْ إِنَّمَآ أَنَا۠ بَشَرٌۭ مِّثْلُكُمْ يُوحَىٰٓ إِلَىَّ أَنَّمَآ إِلَٰهُكُمْ إِلَٰهٌۭ وَٰحِدٌۭ ۖ فَمَن كَانَ يَرْجُوا۟ لِقَآءَ رَبِّهِۦ فَلْيَعْمَلْ عَمَلًۭا صَٰلِحًۭا وَلَا يُشْرِكْ بِعِبَادَةِ رَبِّهِۦٓ أَحَدًۢا

Ахьа ала: "Со адам ду шу санна‚ суна вехьеца хаийтина шун Дела цхьа дела вуйла. Шен Кхиош-кхобучун цхьаьнакхетаре догдохуш хиллачо – дика Iамал йойла‚ шен Кхиош-кхобучун Iибадатна цхьа а накъост ма лоцийла".

19:1

كٓهيعٓصٓ

Каф-хIа-йа-Iайн-сад.

19:2

ذِكْرُ رَحْمَتِ رَبِّكَ عَبْدَهُۥ زَكَرِيَّآ

Шен лех Закарийах хьан Кхиош-кхобучо /бина болу/ къинхетам хьехор /ду хIара/.

19:3

إِذْ نَادَىٰ رَبَّهُۥ نِدَآءً خَفِيًّۭا

Цо кхайкхира шен Кхиош-кхобучуьнга къайлах кхайкхарца.

19:4

قَالَ رَبِّ إِنِّى وَهَنَ ٱلْعَظْمُ مِنِّى وَٱشْتَعَلَ ٱلرَّأْسُ شَيْبًۭا وَلَمْ أَكُنۢ بِدُعَآئِكَ رَبِّ شَقِيًّۭا

Элира: "Сан даьIахкаш ледар евлла сол‚ /сан/ корта буьзна къоьжачу чоьша‚ со ца хилира Хьоьга кхайкхарехь‚ /везан/ Дела‚ декъазниг /Ахьа сан доIийна жоп ца луш ца вуьтура со – жоп лохьа суна хIинца а/.

19:5

وَإِنِّى خِفْتُ ٱلْمَوَٰلِىَ مِن وَرَآءِى وَكَانَتِ ٱمْرَأَتِى عَاقِرًۭا فَهَبْ لِى مِن لَّدُنكَ وَلِيًّۭا

Со кхоьру соьл тIаьхьа буьсучу сан гергарчарех /цара Хьан дин дIатасарна/‚ зуда а ю сан бер ца хуьлуш‚ лохьа суна Хьайгара доьзалхо.

19:6

يَرِثُنِى وَيَرِثُ مِنْ ءَالِ يَعْقُوبَ ۖ وَٱجْعَلْهُ رَبِّ رَضِيًّۭا

Сан ирс оьцур цо‚ ЯIкъубан доьзалан ирс а оьцур цо‚ ахьа хилийталахь иза‚ со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ /Хьо шена/ реза волуш".

19:7

يَٰزَكَرِيَّآ إِنَّا نُبَشِّرُكَ بِغُلَٰمٍ ٱسْمُهُۥ يَحْيَىٰ لَمْ نَجْعَل لَّهُۥ مِن قَبْلُ سَمِيًّۭا

"ХIай Закарийа! Оха кхаъ боккху хьуна кIантаца‚ шен цIе Яхья йолчу. Ца хилийтина Оха цул хьалха и цIе ерг".

19:8

قَالَ رَبِّ أَنَّىٰ يَكُونُ لِى غُلَٰمٌۭ وَكَانَتِ ٱمْرَأَتِى عَاقِرًۭا وَقَدْ بَلَغْتُ مِنَ ٱلْكِبَرِ عِتِيًّۭا

Цо элира: "Со Кхиош-кхобург‚ мичара хир вара суна кIант?! Сан зуда а бер ца хуьлуш ма ю‚ со а воккхаллехь дукха беркъа ма ваьлла".

19:9

قَالَ كَذَٰلِكَ قَالَ رَبُّكَ هُوَ عَلَىَّ هَيِّنٌۭ وَقَدْ خَلَقْتُكَ مِن قَبْلُ وَلَمْ تَكُ شَيْـًۭٔا

Цо /Делан малико/ элира: "Иштта аьлла хьан Кхиош-кхобучо: "И Суна /дукха/ атта ду‚ хьо а кхоьллина Аса хьалха‚ хьо хIумма а ма яцара".

19:10

قَالَ رَبِّ ٱجْعَل لِّىٓ ءَايَةًۭ ۚ قَالَ ءَايَتُكَ أَلَّا تُكَلِّمَ ٱلنَّاسَ ثَلَٰثَ لَيَالٍۢ سَوِيًّۭا

Цо (Закарес) элира: "Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ цхьа билгало хилийтахь суна!" Элира: "Хьуна билгало ю-кх ахьа нахе нийсса кхаа буьйсанна хабар ца дийцар".

19:11

فَخَرَجَ عَلَىٰ قَوْمِهِۦ مِنَ ٱلْمِحْرَابِ فَأَوْحَىٰٓ إِلَيْهِمْ أَن سَبِّحُوا۟ بُكْرَةًۭ وَعَشِيًّۭا

ТIаккха шен нах болчу аравелира иза михьраба чуьра‚ цо цаьрга хаийтира ишар ярца: "Тасбахь делаш /Далла/ Iуьйранца а‚ суьйранца а"‚- аьлла.

19:12

يَٰيَحْيَىٰ خُذِ ٱلْكِتَٰبَ بِقُوَّةٍۢ ۖ وَءَاتَيْنَٰهُ ٱلْحُكْمَ صَبِيًّۭا

/Дала элира/: "ХIай Яхья! Схьалаца жайна ницкъаца! "Оха делира цуьнга хьукам и жима кIант волуш.

19:13

وَحَنَانًۭا مِّن لَّدُنَّا وَزَكَوٰةًۭ ۖ وَكَانَ تَقِيًّۭا

Тхан гергара къахетар а‚ цIеналла а /дара иза/. И хилира /Делах/ кхоьруш а,

19:14

وَبَرًّۢا بِوَٰلِدَيْهِ وَلَمْ يَكُن جَبَّارًا عَصِيًّۭا

Дена-нанна дика а /хилира и/‚ и вацара /нахана/ ницкъ бийриг а‚ Iеса верг а.

19:15

وَسَلَٰمٌ عَلَيْهِ يَوْمَ وُلِدَ وَيَوْمَ يَمُوتُ وَيَوْمَ يُبْعَثُ حَيًّۭا

Салам ду цунна и дуьнена ваьллачу дийнахь а‚ и лийр волчу дийнахь а‚ и вуха /гIаттийна/ денвийр волчу дийнахь а.

19:16

وَٱذْكُرْ فِى ٱلْكِتَٰبِ مَرْيَمَ إِذِ ٱنتَبَذَتْ مِنْ أَهْلِهَا مَكَانًۭا شَرْقِيًّۭا

Ахьа хьахае жайна чохь Марьям. Жимма генаелира иза шен нахах малхбалечу меттиге.

19:17

فَٱتَّخَذَتْ مِن دُونِهِمْ حِجَابًۭا فَأَرْسَلْنَآ إِلَيْهَا رُوحَنَا فَتَمَثَّلَ لَهَا بَشَرًۭا سَوِيًّۭا

ТIаккха цо лецира шена царна дуьхьал пардо. Оха дахийтира цунна тIе Тхан Са‚ и тарделира цунна боккъала долчу адамах.

19:18

قَالَتْ إِنِّىٓ أَعُوذُ بِٱلرَّحْمَٰنِ مِنكَ إِن كُنتَ تَقِيًّۭا

Цо элира: "Со Къинхетам болчуьнца /Делаца/ ларло хьоьх‚ хьо /Делах/ кхоьруш хиллехь".

19:19

قَالَ إِنَّمَآ أَنَا۠ رَسُولُ رَبِّكِ لِأَهَبَ لَكِ غُلَٰمًۭا زَكِيًّۭا

Цо /Джабраил малико/ элира: "Со хьан Кхиош-кхобучун элча ву‚ хьуна цIена кIант вала веъна".

19:20

قَالَتْ أَنَّىٰ يَكُونُ لِى غُلَٰمٌۭ وَلَمْ يَمْسَسْنِى بَشَرٌۭ وَلَمْ أَكُ بَغِيًّۭا

Цо /Марьяма/ элира: "Мичара хир ву суна кIант! Соьх адам а хьакха ца делла‚ со нахаца лелаш а ца хилла".

19:21

قَالَ كَذَٰلِكِ قَالَ رَبُّكِ هُوَ عَلَىَّ هَيِّنٌۭ ۖ وَلِنَجْعَلَهُۥٓ ءَايَةًۭ لِّلنَّاسِ وَرَحْمَةًۭ مِّنَّا ۚ وَكَانَ أَمْرًۭا مَّقْضِيًّۭا

Цо элира: "Иштта аьлла хьан Кхиош-кхобучо: "И суна атта ду". И /Iиса пайхамар/ хуьлуьйтур ду Оха нахана делил а‚ Тхайгара къинхетам а. ГIуллакх кхочушхилла".

19:22

۞ فَحَمَلَتْهُ فَٱنتَبَذَتْ بِهِۦ مَكَانًۭا قَصِيًّۭا

И цунах берах йисира‚ тIаккха и цуьнца генаелира генарчу меттиге.

19:23

فَأَجَآءَهَا ٱلْمَخَاضُ إِلَىٰ جِذْعِ ٱلنَّخْلَةِ قَالَتْ يَٰلَيْتَنِى مِتُّ قَبْلَ هَٰذَا وَكُنتُ نَسْيًۭا مَّنسِيًّۭا

Бер хиларо и ялийра хурман диттан гIад долчу‚ цо элира: "Елла елахьара со хIокхул хьалха – йицъелла яьлла хир яра со!"

19:24

فَنَادَىٰهَا مِن تَحْتِهَآ أَلَّا تَحْزَنِى قَدْ جَعَلَ رَبُّكِ تَحْتَكِ سَرِيًّۭا

Цо /Джабраил малико/ цуьнга кхайкхира цуьнан /хурман диттан/ кIелара: "ГIайгIане ма йожа‚ хьан Кхиош-кхобучо хьуна бухахь /хин/ татол хилийтина.

19:25

وَهُزِّىٓ إِلَيْكِ بِجِذْعِ ٱلنَّخْلَةِ تُسَٰقِطْ عَلَيْكِ رُطَبًۭا جَنِيًّۭا

ДIасаластаде хьайна хурман диттан гIад‚ цо егор ю хьуна мадъелла тIеда хурманаш.

19:26

فَكُلِى وَٱشْرَبِى وَقَرِّى عَيْنًۭا ۖ فَإِمَّا تَرَيِنَّ مِنَ ٱلْبَشَرِ أَحَدًۭا فَقُولِىٓ إِنِّى نَذَرْتُ لِلرَّحْمَٰنِ صَوْمًۭا فَلَنْ أُكَلِّمَ ٱلْيَوْمَ إِنسِيًّۭا

Даа‚ мала‚ бIаьрг бекхабе (йоккха еда). Хьайна нахах милла гахь а‚ ала: "Со Къинхетам болчунна /Далла/ марха лаца ваIда йина ю‚ со тахана йист хир яц адамме а".

19:27

فَأَتَتْ بِهِۦ قَوْمَهَا تَحْمِلُهُۥ ۖ قَالُوا۟ يَٰمَرْيَمُ لَقَدْ جِئْتِ شَيْـًۭٔا فَرِيًّۭا

ТIаккха и яхара цуьнца /бераца Iисаца/ шен нах болчу‚ ша и хьош /шен карахь/‚ цара элира: "ХIай Марьям‚ ма тамашийна хIума деъна ахьа!"

19:28

يَٰٓأُخْتَ هَٰرُونَ مَا كَانَ أَبُوكِ ٱمْرَأَ سَوْءٍۢ وَمَا كَانَتْ أُمُّكِ بَغِيًّۭا

"ХIай ХIарунан йиша! Хьан да ма ца хилла вон стаг‚ хьан нана ма ца хилла нахаца лелаш".

19:29

فَأَشَارَتْ إِلَيْهِ ۖ قَالُوا۟ كَيْفَ نُكَلِّمُ مَن كَانَ فِى ٱلْمَهْدِ صَبِيًّۭا

Цо /Марьямо/ иза /шен кIант Iиса/ гайтира. Цара элира: "Тхо муха дист хуьлу ша аганчохь бер долчуьнга?"

19:30

قَالَ إِنِّى عَبْدُ ٱللَّهِ ءَاتَىٰنِىَ ٱلْكِتَٰبَ وَجَعَلَنِى نَبِيًّۭا

Цо /Iисас/ элира: "Со Делан лай ву. Цо соьга жайна делла‚ Цо соьх пайхамар хилийтина.

19:31

وَجَعَلَنِى مُبَارَكًا أَيْنَ مَا كُنتُ وَأَوْصَٰنِى بِٱلصَّلَوٰةِ وَٱلزَّكَوٰةِ مَا دُمْتُ حَيًّۭا

Цо со декъала хилийтина со миччахь велахь а‚ суна весет дина Цо ламаз а‚ закат а со дийна мел лаьтта.

19:32

وَبَرًّۢا بِوَٰلِدَتِى وَلَمْ يَجْعَلْنِى جَبَّارًۭا شَقِيًّۭا

Сан нанна дика хилар а. Цо ца хилийтина со /нахана/ ницкъбийриг а‚ декъазниг а.

19:33

وَٱلسَّلَٰمُ عَلَىَّ يَوْمَ وُلِدتُّ وَيَوْمَ أَمُوتُ وَيَوْمَ أُبْعَثُ حَيًّۭا

Салам ду суна дуьнена ваьллачу дийнахь а‚ лийр волчу дийнахь а‚ юха /гIаттийна/ денвийр волчу дийнахь!"

19:34

ذَٰلِكَ عِيسَى ٱبْنُ مَرْيَمَ ۚ قَوْلَ ٱلْحَقِّ ٱلَّذِى فِيهِ يَمْتَرُونَ

Иза ву Iиса‚ Марьяман кIант – бакъонан дош‚ цара шена чохь шеко еш долу.

19:35

مَا كَانَ لِلَّهِ أَن يَتَّخِذَ مِن وَلَدٍۢ ۖ سُبْحَٰنَهُۥٓ ۚ إِذَا قَضَىٰٓ أَمْرًۭا فَإِنَّمَا يَقُولُ لَهُۥ كُن فَيَكُونُ

Далла ца хилла /там болуш/ шен доьзалхо лаца. Вонах цIена ву Иза. Ша цхьа гIуллакх кхочушдеш‚ Цо цуьнга олу: "Хила!" – иза хуьлу.

19:36

وَإِنَّ ٱللَّهَ رَبِّى وَرَبُّكُمْ فَٱعْبُدُوهُ ۚ هَٰذَا صِرَٰطٌۭ مُّسْتَقِيمٌۭ

"АллахI – сан Кхиош-кхобург ву‚ шун Кхиош-кхобург а ву‚ Цунна Iибадат дейша. ХIара бу нийса некъ".

19:37

فَٱخْتَلَفَ ٱلْأَحْزَابُ مِنۢ بَيْنِهِمْ ۖ فَوَيْلٌۭ لِّلَّذِينَ كَفَرُوا۟ مِن مَّشْهَدِ يَوْمٍ عَظِيمٍ

Оцарех тобанийн юккъехь хилпалонаш хилира: бала бу тешаш хиллачарна дезачу /къемат/ дийнахь гур долчух.

19:38

أَسْمِعْ بِهِمْ وَأَبْصِرْ يَوْمَ يَأْتُونَنَا ۖ لَٰكِنِ ٱلظَّٰلِمُونَ ٱلْيَوْمَ فِى ضَلَٰلٍۢ مُّبِينٍۢ

Ма билгала хозур ду царна, ма къаьггина гур ду царна шаьш Тхуна тIедаьхкинчу /къемат/ дийнахь! Делахь а зуламхой тахана билгалчу тиларчохь бу.

19:39

وَأَنذِرْهُمْ يَوْمَ ٱلْحَسْرَةِ إِذْ قُضِىَ ٱلْأَمْرُ وَهُمْ فِى غَفْلَةٍۢ وَهُمْ لَا يُؤْمِنُونَ

Кхерам таса царна баланан /къемат/ дийнаца‚ гIуллакх кхочушхилла уьш тидаман чохь боцуш‚ уьш цатешаш болуш.

19:40

إِنَّا نَحْنُ نَرِثُ ٱلْأَرْضَ وَمَنْ عَلَيْهَا وَإِلَيْنَا يُرْجَعُونَ

Баккъалла а, Оха ирсана оьцу латта‚ цунна тIехь мел верг а‚ Тхуна тIе бухаберзор болуш бу уьш а.

19:41

وَٱذْكُرْ فِى ٱلْكِتَٰبِ إِبْرَٰهِيمَ ۚ إِنَّهُۥ كَانَ صِدِّيقًۭا نَّبِيًّا

Хьехаве жайна чохь ИбрахIим. Баккъалла а, иза хилла бакълуьйш верг а‚ пайхамар а.

19:42

إِذْ قَالَ لِأَبِيهِ يَٰٓأَبَتِ لِمَ تَعْبُدُ مَا لَا يَسْمَعُ وَلَا يُبْصِرُ وَلَا يُغْنِى عَنكَ شَيْـًۭٔا

Цо аьллера шен дега: "Дади‚ ахьа хIунда Iибадат до ша шена хезаш йоцчу‚ шена гуш йоцчу‚ ша хьо цхьана а хIуманах кIелхьара воккхуш воцчу хIуманна?

19:43

يَٰٓأَبَتِ إِنِّى قَدْ جَآءَنِى مِنَ ٱلْعِلْمِ مَا لَمْ يَأْتِكَ فَٱتَّبِعْنِىٓ أَهْدِكَ صِرَٰطًۭا سَوِيًّۭا

Дади‚ соьга деъна Iилманах хьоьга ца деънарг‚ суна тIаьхьахIотта – аса нийсачу новкъа вуьллур ву хьо.

19:44

يَٰٓأَبَتِ لَا تَعْبُدِ ٱلشَّيْطَٰنَ ۖ إِنَّ ٱلشَّيْطَٰنَ كَانَ لِلرَّحْمَٰنِ عَصِيًّۭا

Дади‚ шайтIанна Iибадат ма дехьа. Баккъалла а, шайтIа Къинхетам болчунна /Далла/ Iеса хилла.

19:45

يَٰٓأَبَتِ إِنِّىٓ أَخَافُ أَن يَمَسَّكَ عَذَابٌۭ مِّنَ ٱلرَّحْمَٰنِ فَتَكُونَ لِلشَّيْطَٰنِ وَلِيًّۭا

Дади‚ со кхоьру Къинхетам болчуьнгара Iазапо хьо лацарна – тIаккха хьо шайтIанан доттагIа хир ву".

19:46

قَالَ أَرَاغِبٌ أَنتَ عَنْ ءَالِهَتِى يَٰٓإِبْرَٰهِيمُ ۖ لَئِن لَّمْ تَنتَهِ لَأَرْجُمَنَّكَ ۖ وَٱهْجُرْنِى مَلِيًّۭا

Цо /ИбрахIиман дас/ элира: "Ткъа хьо къаьхка сан делех‚ хIай ИбрахIим? Хьо ца сацахь‚ аса хьуна деттанне а тIулгаш деттар ма ду. Генавала суна цхьана ханна!"

19:47

قَالَ سَلَٰمٌ عَلَيْكَ ۖ سَأَسْتَغْفِرُ لَكَ رَبِّىٓ ۖ إِنَّهُۥ كَانَ بِى حَفِيًّۭا

Цо /ИбрахIима/ элира: "Салам ду хьуна. Аса гечдар доьхур ду хьуна сан Кхиош-кхобучуьнга‚ Иза соьца къинхетаме хилла.

19:48

وَأَعْتَزِلُكُمْ وَمَا تَدْعُونَ مِن دُونِ ٱللَّهِ وَأَدْعُوا۟ رَبِّى عَسَىٰٓ أَلَّآ أَكُونَ بِدُعَآءِ رَبِّى شَقِيًّۭا

Шух а дIакъаьста со‚ аша‚ Дела а витина‚ шена Iибадат дечух а. Аса Iибадат до сан Кхиош-кхобучуьнга‚ со ца хила тарло сан Кхиош-кхобучуьнга Iибадат дарца декъазниг".

19:49

فَلَمَّا ٱعْتَزَلَهُمْ وَمَا يَعْبُدُونَ مِن دُونِ ٱللَّهِ وَهَبْنَا لَهُۥٓ إِسْحَٰقَ وَيَعْقُوبَ ۖ وَكُلًّۭا جَعَلْنَا نَبِيًّۭا

Иза царех а‚ Дела а витина‚ цара шена Iибадат дечух а дIакъаьстича‚ Оха цунна велира Исхьакъ а‚ ЯIкъуб а – хIораннах хилийтира Оха пайхамар.

19:50

وَوَهَبْنَا لَهُم مِّن رَّحْمَتِنَا وَجَعَلْنَا لَهُمْ لِسَانَ صِدْقٍ عَلِيًّۭا

Оха белира царна Тхан къинхетамах /даьхний а‚ доьзал а/‚ Оха хилийтира царна бакъдолчун мотт лекхачу даржехь.

19:51

وَٱذْكُرْ فِى ٱلْكِتَٰبِ مُوسَىٰٓ ۚ إِنَّهُۥ كَانَ مُخْلَصًۭا وَكَانَ رَسُولًۭا نَّبِيًّۭا

Хьехаве жайна чохь Муса. Баккъалла а, иза вара /Дала Шена/ къастинарг‚ иза вара элча а‚ пайхамар а.

19:52

وَنَٰدَيْنَٰهُ مِن جَانِبِ ٱلطُّورِ ٱلْأَيْمَنِ وَقَرَّبْنَٰهُ نَجِيًّۭا

Оха цуьнга кхайкхира ламанан аьтту агIорхьара‚ гергавалийра иза къайлахчу къамелана.

19:53

وَوَهَبْنَا لَهُۥ مِن رَّحْمَتِنَآ أَخَاهُ هَٰرُونَ نَبِيًّۭا

Оха велира цунна Тхан къинхетамах шен ваша ХIарун пайхамар хилла.

19:54

وَٱذْكُرْ فِى ٱلْكِتَٰبِ إِسْمَٰعِيلَ ۚ إِنَّهُۥ كَانَ صَادِقَ ٱلْوَعْدِ وَكَانَ رَسُولًۭا نَّبِيًّۭا

Хьехаве жайнахь ИсмаIил. Баккъалла а, иза вара ваIда бакъьеш верг‚ и вара элча а‚ пайхамар а.

19:55

وَكَانَ يَأْمُرُ أَهْلَهُۥ بِٱلصَّلَوٰةِ وَٱلزَّكَوٰةِ وَكَانَ عِندَ رَبِّهِۦ مَرْضِيًّۭا

Иза хуьлура шен охIланна омра деш ламазций‚ закатций‚ и вара шен Кхиош-кхобучун гергахь шена /Иза/ реза верг.

19:56

وَٱذْكُرْ فِى ٱلْكِتَٰبِ إِدْرِيسَ ۚ إِنَّهُۥ كَانَ صِدِّيقًۭا نَّبِيًّۭا

Хьахаве жайнахь Идрис. Баккъалла а, иза вара бакълуьйш верг а‚ пайхамар а.

19:57

وَرَفَعْنَٰهُ مَكَانًا عَلِيًّا

Оха хьалаваьккхира иза лекхачу меттиге.

19:58

أُو۟لَٰٓئِكَ ٱلَّذِينَ أَنْعَمَ ٱللَّهُ عَلَيْهِم مِّنَ ٱلنَّبِيِّۦنَ مِن ذُرِّيَّةِ ءَادَمَ وَمِمَّنْ حَمَلْنَا مَعَ نُوحٍۢ وَمِن ذُرِّيَّةِ إِبْرَٰهِيمَ وَإِسْرَٰٓءِيلَ وَمِمَّنْ هَدَيْنَا وَٱجْتَبَيْنَآ ۚ إِذَا تُتْلَىٰ عَلَيْهِمْ ءَايَٰتُ ٱلرَّحْمَٰنِ خَرُّوا۟ سُجَّدًۭا وَبُكِيًّۭا ۩

Уьш бу пайхамарех Дала шайна ниIмат делларш Адаман зуьретах‚ Оха Нухьаца лелийначарех‚ ИбрахIиман а‚ Исраилан а зуьретах‚ Оха шаьш нисбинчарех а‚ хаьржинчарех а. Шайна Къинхетам болчун аяташ дешча – охьа гора гIора уьш сужд дарца а‚ белхарца а.

19:59

۞ فَخَلَفَ مِنۢ بَعْدِهِمْ خَلْفٌ أَضَاعُوا۟ ٱلصَّلَوٰةَ وَٱتَّبَعُوا۟ ٱلشَّهَوَٰتِ ۖ فَسَوْفَ يَلْقَوْنَ غَيًّا

Царел тIаьхьа цхьа тIаьхье хилира ша ламаз дойуш‚ шовкъашна тIаьхьахIоьттина. ТIаьхьа хIаллакхиларна дуьхьал гIур бу уьш.

19:60

إِلَّا مَن تَابَ وَءَامَنَ وَعَمِلَ صَٰلِحًۭا فَأُو۟لَٰٓئِكَ يَدْخُلُونَ ٱلْجَنَّةَ وَلَا يُظْلَمُونَ شَيْـًۭٔا

Тоба динарг а‚ иман диллинарг а‚ дика Iамал йинарг а воцург. Уьш ялсамани чу гIур бу‚ царна хIумма зулам дийр дац.

19:61

جَنَّٰتِ عَدْنٍ ٱلَّتِى وَعَدَ ٱلرَّحْمَٰنُ عِبَادَهُۥ بِٱلْغَيْبِ ۚ إِنَّهُۥ كَانَ وَعْدُهُۥ مَأْتِيًّۭا

Iаднан бошмашна чу‚ Къинхетам болчо Шен лешна ваIда йина йолчу гуш йоцуш. Баккъалла а, Иза вара Шен ваIда кхочушхир йолуш.

19:62

لَّا يَسْمَعُونَ فِيهَا لَغْوًا إِلَّا سَلَٰمًۭا ۖ وَلَهُمْ رِزْقُهُمْ فِيهَا بُكْرَةًۭ وَعَشِيًّۭا

Царна цу чохь деса хабар хезар дац‚ "Салам" бен‚ царна шайн рицкъа хир ду цу чохь Iуьйранна а‚ суьйранна а.

19:63

تِلْكَ ٱلْجَنَّةُ ٱلَّتِى نُورِثُ مِنْ عِبَادِنَا مَن كَانَ تَقِيًّۭا

И ялсамани ю Оха ирсана луш Тхан лех /Делах/ кхоьруш хиллачунна.

19:64

وَمَا نَتَنَزَّلُ إِلَّا بِأَمْرِ رَبِّكَ ۖ لَهُۥ مَا بَيْنَ أَيْدِينَا وَمَا خَلْفَنَا وَمَا بَيْنَ ذَٰلِكَ ۚ وَمَا كَانَ رَبُّكَ نَسِيًّۭا

"Тхо охьа ца дуссу хьан Делан омраца бен. Цуьнан ду вайн хьалха дерг а‚ вайн тIехьа дерг а‚ оцарна юккъехь дерг а. Ца хилла хьан Кхиош-кхобург вицлуш".

19:65

رَّبُّ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا فَٱعْبُدْهُ وَٱصْطَبِرْ لِعِبَٰدَتِهِۦ ۚ هَلْ تَعْلَمُ لَهُۥ سَمِيًّۭا

Стигланийн а‚ лаьттан а‚ царна юккъехь мел долчун а Кхиош-кхобург ву иза‚ Цунна Iибадат де‚ Цунна Iибадат дар тIехь собар а де. Хьуна вевзий Цуьнан цIерхо?

19:66

وَيَقُولُ ٱلْإِنسَٰنُ أَءِذَا مَا مِتُّ لَسَوْفَ أُخْرَجُ حَيًّا

Адамо олу: "Со велча тIаьхьа денвина аравоккхур ву?"

19:67

أَوَلَا يَذْكُرُ ٱلْإِنسَٰنُ أَنَّا خَلَقْنَٰهُ مِن قَبْلُ وَلَمْ يَكُ شَيْـًۭٔا

Дага ца догIу-те адамна Оха ша кхоьллина хилар хьалха – и хIумма ма яцара?

19:68

فَوَرَبِّكَ لَنَحْشُرَنَّهُمْ وَٱلشَّيَٰطِينَ ثُمَّ لَنُحْضِرَنَّهُمْ حَوْلَ جَهَنَّمَ جِثِيًّۭا

Хьан Кхиош-кхобучух дуй боу‚ Оха гулбийр ма бу уьш а‚ шайтIанаш а‚ тIаккха жоьжахатин гонаха балор ма бу горабахана.

19:69

ثُمَّ لَنَنزِعَنَّ مِن كُلِّ شِيعَةٍ أَيُّهُمْ أَشَدُّ عَلَى ٱلرَّحْمَٰنِ عِتِيًّۭا

ТIаккха Оха схьавоккхур ву хIора тобанах Къинхетам болчунна дуьхьало ярца уггар чIогIа верг.

19:70

ثُمَّ لَنَحْنُ أَعْلَمُ بِٱلَّذِينَ هُمْ أَوْلَىٰ بِهَا صِلِيًّۭا

ТIаккха Тхо дика хууш ду шаьш цу чохь бага там берш.

19:71

وَإِن مِّنكُمْ إِلَّا وَارِدُهَا ۚ كَانَ عَلَىٰ رَبِّكَ حَتْمًۭا مَّقْضِيًّۭا

Шух ма вац цу чу гIуш верг бен. Хьан Кхиош-кхобучун и хилла сацам боллуш кхочушхилларг.

19:72

ثُمَّ نُنَجِّى ٱلَّذِينَ ٱتَّقَوا۟ وَّنَذَرُ ٱلظَّٰلِمِينَ فِيهَا جِثِيًّۭا

ТIаккха Оха кIелхьарабохур бу шаьш /Делах/ кхоьруш хилларш‚ зуламхой буьтур бу Оха цу чохь горабахана.

19:73

وَإِذَا تُتْلَىٰ عَلَيْهِمْ ءَايَٰتُنَا بَيِّنَٰتٍۢ قَالَ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ لِلَّذِينَ ءَامَنُوٓا۟ أَىُّ ٱلْفَرِيقَيْنِ خَيْرٌۭ مَّقَامًۭا وَأَحْسَنُ نَدِيًّۭا

Шайна билгала долу Тхан аяташ дешча‚ цатешачара элира иман диллинчаьрга: "/Вайх/ шиннах муьлха тоба ю дика бахамца‚ вовшашца цхьаьнакхетарца хаза?"

19:74

وَكَمْ أَهْلَكْنَا قَبْلَهُم مِّن قَرْنٍ هُمْ أَحْسَنُ أَثَٰثًۭا وَرِءْيًۭا

Мел хIаллакйина Оха царел хьалха тIаьхьенаш‚ оцарел мелхо хаза йолуш хьолаца а‚ гарца а!

19:75

قُلْ مَن كَانَ فِى ٱلضَّلَٰلَةِ فَلْيَمْدُدْ لَهُ ٱلرَّحْمَٰنُ مَدًّا ۚ حَتَّىٰٓ إِذَا رَأَوْا۟ مَا يُوعَدُونَ إِمَّا ٱلْعَذَابَ وَإِمَّا ٱلسَّاعَةَ فَسَيَعْلَمُونَ مَنْ هُوَ شَرٌّۭ مَّكَانًۭا وَأَضْعَفُ جُندًۭا

Ахьа ала: "Милла хиллехь а тиларчохь‚ Къинхетамболчо яхйо цунна хан /балане ца лоцуш/, шайна ваIда йинарг галц я /дуьненан/ Iазап‚ я сахьт – тIаккха хуур ду царна‚ мила ву вон верг меттигаца‚ уггар ледар верг эскарца.

19:76

وَيَزِيدُ ٱللَّهُ ٱلَّذِينَ ٱهْتَدَوْا۟ هُدًۭى ۗ وَٱلْبَٰقِيَٰتُ ٱلصَّٰلِحَٰتُ خَيْرٌ عِندَ رَبِّكَ ثَوَابًۭا وَخَيْرٌۭ مَّرَدًّا

Совбоху Дала нисбалагIертарш нийсачу некъаца. Бухаюьсу дика Iамалш тоьлу хьан Кхиош-кхобучун гергахь мелаца‚ тоьлу духадерзор долчуьнца а.

19:77

أَفَرَءَيْتَ ٱلَّذِى كَفَرَ بِـَٔايَٰتِنَا وَقَالَ لَأُوتَيَنَّ مَالًۭا وَوَلَدًا

Хьуна гирий и Тхан аятех цатешнарг? Цо элира: "Суна ланне а лур бу бахам а‚ доьзал а".

19:78

أَطَّلَعَ ٱلْغَيْبَ أَمِ ٱتَّخَذَ عِندَ ٱلرَّحْمَٰنِ عَهْدًۭا

Къайлах дерг гучудаьлла-те цунна я Къинхетамболчуьнгара ваIда эцна-те цо?"

19:79

كَلَّا ۚ سَنَكْتُبُ مَا يَقُولُ وَنَمُدُّ لَهُۥ مِنَ ٱلْعَذَابِ مَدًّۭا

ХIан-хIа! Оха яздийр ду цо бохург‚ яхйийр ю цунна Iазапан хан яхйарца.

19:80

وَنَرِثُهُۥ مَا يَقُولُ وَيَأْتِينَا فَرْدًۭا

Тхуна тIе доьрзу цо мел бохург‚ Тхуна тIе вогIур ву иза цхьа /даьхний а‚ доьзал а боцуш/.

19:81

وَٱتَّخَذُوا۟ مِن دُونِ ٱللَّهِ ءَالِهَةًۭ لِّيَكُونُوا۟ لَهُمْ عِزًّۭا

Цара лаьцна Дела воцург /кхин/ делий‚ шайна царех сий хилархьама.

19:82

كَلَّا ۚ سَيَكْفُرُونَ بِعِبَادَتِهِمْ وَيَكُونُونَ عَلَيْهِمْ ضِدًّا

ХIан-хIа! Церан Iибадатна керсталла дийр ду цара‚ царна мостагIий хир бу царех.

19:83

أَلَمْ تَرَ أَنَّآ أَرْسَلْنَا ٱلشَّيَٰطِينَ عَلَى ٱلْكَٰفِرِينَ تَؤُزُّهُمْ أَزًّۭا

Хьуна ца го‚ Оха шайтIанаш дахийтина керстанашна тIе цара уьш луьйра къиношна тIекхойкхуш (уьш царна хаздеш)?

19:84

فَلَا تَعْجَلْ عَلَيْهِمْ ۖ إِنَّمَا نَعُدُّ لَهُمْ عَدًّۭا

Сих ма ло царна. Оха царна дагардеш ду /денош/ дагардарца.

19:85

يَوْمَ نَحْشُرُ ٱلْمُتَّقِينَ إِلَى ٱلرَّحْمَٰنِ وَفْدًۭا

Оцу /къемат/ дийнахь Оха гулбийр бу /Делах/ кхоьрурш Къинхетамболчунна тIе тIехевшина.

19:86

وَنَسُوقُ ٱلْمُجْرِمِينَ إِلَىٰ جَهَنَّمَ وِرْدًۭا

Оха лохкур бу къинош динарш жоьжахате гIаш.

19:87

لَّا يَمْلِكُونَ ٱلشَّفَٰعَةَ إِلَّا مَنِ ٱتَّخَذَ عِندَ ٱلرَّحْمَٰنِ عَهْدًۭا

ШафаIатан да хир вац ша Къинхетамболчуьнгара ваIда эцнарг а бен.

19:88

وَقَالُوا۟ ٱتَّخَذَ ٱلرَّحْمَٰنُ وَلَدًۭا

Цара элира: "Къинхетамболчо доьзалхо лаьцна /шена/"

19:89

لَّقَدْ جِئْتُمْ شَيْـًٔا إِدًّۭا

Ирча хIума деъна аша.

19:90

تَكَادُ ٱلسَّمَٰوَٰتُ يَتَفَطَّرْنَ مِنْهُ وَتَنشَقُّ ٱلْأَرْضُ وَتَخِرُّ ٱلْجِبَالُ هَدًّا

Стигланаш этIаран герга ду цунах‚ латта дадаран‚ лаьмнаш доьхна дегаран /герга ду/

19:91

أَن دَعَوْا۟ لِلرَّحْمَٰنِ وَلَدًۭا

Цара Къинхетамболчунна доьзалхо кхайкхарна.

19:92

وَمَا يَنۢبَغِى لِلرَّحْمَٰنِ أَن يَتَّخِذَ وَلَدًا

Там бац Къинхетам болчунна доьзалхо лаца.

19:93

إِن كُلُّ مَن فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ إِلَّآ ءَاتِى ٱلرَّحْمَٰنِ عَبْدًۭا

Массо а стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел верг ма вац Къинхетам болчунна тIе лай хилла вогIур волуш бен.

19:94

لَّقَدْ أَحْصَىٰهُمْ وَعَدَّهُمْ عَدًّۭا

Цо церан хьесап дина‚ багарбина уьш багарбарца.

19:95

وَكُلُّهُمْ ءَاتِيهِ يَوْمَ ٱلْقِيَٰمَةِ فَرْدًا

Уьш массо а Цунна тIе богIур бу шаьш-шаьш.

19:96

إِنَّ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ سَيَجْعَلُ لَهُمُ ٱلرَّحْمَٰنُ وُدًّۭا

Баккъалла а, иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а – царна Къинхетамболчо безам хуьлуьйтур бу.

19:97

فَإِنَّمَا يَسَّرْنَٰهُ بِلِسَانِكَ لِتُبَشِّرَ بِهِ ٱلْمُتَّقِينَ وَتُنذِرَ بِهِۦ قَوْمًۭا لُّدًّۭا

Баккъалла а, Оха атта дина и /КъурIан/. Хьан маттахь хьоьга /Делах/ кхоьручарна цуьнца кхаъ баккхийта‚ луьрачу къомана цуьнца кхерам тасийта.

19:98

وَكَمْ أَهْلَكْنَا قَبْلَهُم مِّن قَرْنٍ هَلْ تُحِسُّ مِنْهُم مِّنْ أَحَدٍ أَوْ تَسْمَعُ لَهُمْ رِكْزًۢا

Мел хIаллакйина Оха царел хьалха тIаьхьенаш‚ хаалой хьуна царех цхьа а‚ я хезий хьуна церан тата а?".

20:2

مَآ أَنزَلْنَا عَلَيْكَ ٱلْقُرْءَانَ لِتَشْقَىٰٓ

Оха ца доссийна хьоьга КъурIан хьо декъаза хилийта.

20:3

إِلَّا تَذْكِرَةًۭ لِّمَن يَخْشَىٰ

Хьехам хилла бен‚ ша /Делах/ кхоьруш волчунна.

20:4

تَنزِيلًۭا مِّمَّنْ خَلَقَ ٱلْأَرْضَ وَٱلسَّمَٰوَٰتِ ٱلْعُلَى

Ша латта а‚ лекхара стигланаш а кхоьллинчуьнгара доссош долчу хьолехь /ду хIара/.

20:5

ٱلرَّحْمَٰنُ عَلَى ٱلْعَرْشِ ٱسْتَوَىٰ

Ша къинхетаме верг ву И – Iарша тIехь нисвелла И.

20:6

لَهُۥ مَا فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَمَا فِى ٱلْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا وَمَا تَحْتَ ٱلثَّرَىٰ

Цуьнан ду стигланашкахь дерг а‚ лаьттахь дерг а‚ цу шиннена юккъехь дерг а‚ лаьттан бухахь дерг а.

20:7

وَإِن تَجْهَرْ بِٱلْقَوْلِ فَإِنَّهُۥ يَعْلَمُ ٱلسِّرَّ وَأَخْفَى

Ахьа дош чIогIа алахь а, – баккъалла а, Иза хууш ву къайле а‚ вуно хьуламехь дерг а.

20:8

ٱللَّهُ لَآ إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۖ لَهُ ٱلْأَسْمَآءُ ٱلْحُسْنَىٰ

/Цхьа/ Дела ву – кхин дела вац И бен. Цуьнан ю хаза цIераш.

20:9

وَهَلْ أَتَىٰكَ حَدِيثُ مُوسَىٰٓ

Хьоьга деаний Мусан хабар?

20:10

إِذْ رَءَا نَارًۭا فَقَالَ لِأَهْلِهِ ٱمْكُثُوٓا۟ إِنِّىٓ ءَانَسْتُ نَارًۭا لَّعَلِّىٓ ءَاتِيكُم مِّنْهَا بِقَبَسٍ أَوْ أَجِدُ عَلَى ٱلنَّارِ هُدًۭى

Цунна ма гира цIе‚ тIаккха цо элира шен доьзале: "Шу диса /хIокху меттехь/‚ суна цIе хааелла‚ со ван мега шуна цунах цхьа алу йохьуш‚ я суна карор бу цIера тIехь нийса некъ".

20:11

فَلَمَّآ أَتَىٰهَا نُودِىَ يَٰمُوسَىٰٓ

Иза цунна тIевеъча‚ кхайкхира: "ХIай Муса!

20:12

إِنِّىٓ أَنَا۠ رَبُّكَ فَٱخْلَعْ نَعْلَيْكَ ۖ إِنَّكَ بِٱلْوَادِ ٱلْمُقَدَّسِ طُوًۭى

Баккъалла а, Со ву хьан Эла‚ дIаяха хьан мачаш – хьо ву ТIува олучу езачу атагIахь.

20:13

وَأَنَا ٱخْتَرْتُكَ فَٱسْتَمِعْ لِمَا يُوحَىٰٓ

Аса хьо хаьржина – ладогIа вехьеца дуьйцучуьнга.

20:14

إِنَّنِىٓ أَنَا ٱللَّهُ لَآ إِلَٰهَ إِلَّآ أَنَا۠ فَٱعْبُدْنِى وَأَقِمِ ٱلصَّلَوٰةَ لِذِكْرِىٓ

Баккъалла а, Со Дела ву‚ кхин дела вац Со воцург‚ Суна Iибадат де‚ ламаз хIоттаде‚ Со хьехаван.

20:15

إِنَّ ٱلسَّاعَةَ ءَاتِيَةٌ أَكَادُ أُخْفِيهَا لِتُجْزَىٰ كُلُّ نَفْسٍۭ بِمَا تَسْعَىٰ

Баккъалла а, сахьт догIур долуш ду‚ Со лаьтта и хьулдеш‚ хIора синна ша тIегIерташ долчуьнца бекхам хилийта.

20:16

فَلَا يَصُدَّنَّكَ عَنْهَا مَن لَّا يُؤْمِنُ بِهَا وَٱتَّبَعَ هَوَىٰهُ فَتَرْدَىٰ

Хьо цунах вуха ма воккхийла ша цунах ца тешачо‚ шен дезаршна тIаьхьа хIоьттинчо а – тIаккха хIаллакьхир ву хьо.

20:17

وَمَا تِلْكَ بِيَمِينِكَ يَٰمُوسَىٰ

И хIун ю хьан аьтту куьйгахь ерг‚ Муса?"

20:18

قَالَ هِىَ عَصَاىَ أَتَوَكَّؤُا۟ عَلَيْهَا وَأَهُشُّ بِهَا عَلَىٰ غَنَمِى وَلِىَ فِيهَا مَـَٔارِبُ أُخْرَىٰ

Цо элира: "И сан Iаса ю‚ со цунна тIетевжа‚ аса цуьнца сан жана гIаш дегадо‚ суна цу чохь кхин пайданаш а бу".

20:19

قَالَ أَلْقِهَا يَٰمُوسَىٰ

Цо /Дала/ элира: "ДIакхосса и‚ Муса!"

20:20

فَأَلْقَىٰهَا فَإِذَا هِىَ حَيَّةٌۭ تَسْعَىٰ

Цо и дIакхоьссира – цунах текхарг хилира чухьодуш.

20:21

قَالَ خُذْهَا وَلَا تَخَفْ ۖ سَنُعِيدُهَا سِيرَتَهَا ٱلْأُولَىٰ

Цо элира: "Схьаэца и‚ ма кхера!" Шен хьалхалеррачу куьце ерзор ю и Оха.

20:22

وَٱضْمُمْ يَدَكَ إِلَىٰ جَنَاحِكَ تَخْرُجْ بَيْضَآءَ مِنْ غَيْرِ سُوٓءٍ ءَايَةً أُخْرَىٰ

Хьан куьйг хьан агIонна тIетаIаде – кIайделла схьадер ду иза хало йоцуш – кхин делил ду хьуна!

20:23

لِنُرِيَكَ مِنْ ءَايَٰتِنَا ٱلْكُبْرَى

Оха хьоьга гайта Тхан даккхийчу делилех.

20:24

ٱذْهَبْ إِلَىٰ فِرْعَوْنَ إِنَّهُۥ طَغَىٰ

Хьада ФирIавнна тIе гIо‚ – баккъалла а, и тIехваьлла".

20:25

قَالَ رَبِّ ٱشْرَحْ لِى صَدْرِى

Цо элира: "Сан Кхиош-кхобург‚ сан дог паргIатдаккхахь‚

20:26

وَيَسِّرْ لِىٓ أَمْرِى

Ахьа аттачу даккха суна сан гIуллакх.

20:27

وَٱحْلُلْ عُقْدَةًۭ مِّن لِّسَانِى

Ахьа бастахьа сан маттах шад.

20:28

يَفْقَهُوا۟ قَوْلِى

ТIаккха уьш кхетар бара сан дашах.

20:29

وَٱجْعَل لِّى وَزِيرًۭا مِّنْ أَهْلِى

Хилийтахь суна гIоьнча сан охIлах‚

20:30

هَٰرُونَ أَخِى

ХIарун‚ сан ваша.

20:31

ٱشْدُدْ بِهِۦٓ أَزْرِى

Цуьнца сан ницкъ чIагIбехьа.

20:32

وَأَشْرِكْهُ فِىٓ أَمْرِى

Суна накъосталла дайтахьа цуьнга сан гIуллакхехь.

20:33

كَىْ نُسَبِّحَكَ كَثِيرًۭا

Оха Хьуна тасбахь дархьама дуккха а.

20:34

وَنَذْكُرَكَ كَثِيرًا

Оха Хьо хьехавархьама дуккха а.

20:35

إِنَّكَ كُنتَ بِنَا بَصِيرًۭا

Баккъалла а, Хьо хилла-кх тхо гуш верг".

20:36

قَالَ قَدْ أُوتِيتَ سُؤْلَكَ يَٰمُوسَىٰ

Цо /Дала/ элира: "Хьуна делла айхьа доьхург‚ Муса.

20:37

وَلَقَدْ مَنَنَّا عَلَيْكَ مَرَّةً أُخْرَىٰٓ

Оха кхин /хьалха а/ ма бинера хьоьх къинхетам‚

20:38

إِذْ أَوْحَيْنَآ إِلَىٰٓ أُمِّكَ مَا يُوحَىٰٓ

Оха вехьеца хаийтира хьан нене хоуьйтург:

20:39

أَنِ ٱقْذِفِيهِ فِى ٱلتَّابُوتِ فَٱقْذِفِيهِ فِى ٱلْيَمِّ فَلْيُلْقِهِ ٱلْيَمُّ بِٱلسَّاحِلِ يَأْخُذْهُ عَدُوٌّۭ لِّى وَعَدُوٌّۭ لَّهُۥ ۚ وَأَلْقَيْتُ عَلَيْكَ مَحَبَّةًۭ مِّنِّى وَلِتُصْنَعَ عَلَىٰ عَيْنِىٓ

"ТIорказа чу вилла и‚ тIаккха хIорда чу кхосса и. ХIордо юьстаха кхуссур ву иза – Сан а‚ цуьнан а мостагIчо схьаоьцур ву". Аса хьуна безам тесира Сайгара‚ хьо кхиархьама сан бIаьргийн хьалха.

20:40

إِذْ تَمْشِىٓ أُخْتُكَ فَتَقُولُ هَلْ أَدُلُّكُمْ عَلَىٰ مَن يَكْفُلُهُۥ ۖ فَرَجَعْنَٰكَ إِلَىٰٓ أُمِّكَ كَىْ تَقَرَّ عَيْنُهَا وَلَا تَحْزَنَ ۚ وَقَتَلْتَ نَفْسًۭا فَنَجَّيْنَٰكَ مِنَ ٱلْغَمِّ وَفَتَنَّٰكَ فُتُونًۭا ۚ فَلَبِثْتَ سِنِينَ فِىٓ أَهْلِ مَدْيَنَ ثُمَّ جِئْتَ عَلَىٰ قَدَرٍۢ يَٰمُوسَىٰ

Хьан йиша ма яхара‚ тIаккха цо олу: "Аса тIехьажадой шу и кхобург волчунна?" Оха хьо вухаверзийра хьан нене цуьнан бIаьрг бузо‚ и гIайгIIане ца йожийта а. Ахьа са дира – Оха хьо кIелхьараваьккхира пошмаллах. Оха зийра хьо зерца. Хьо висира цхьана шерашкахь Мадъянан нах болчохь. ТIаккха хьо веара шен хеннахь‚ Муса.

20:41

وَٱصْطَنَعْتُكَ لِنَفْسِى

Аса Сайна гIуллакх дан хаьржина хьо.

20:42

ٱذْهَبْ أَنتَ وَأَخُوكَ بِـَٔايَٰتِى وَلَا تَنِيَا فِى ذِكْرِى

Хьада‚ гIуо хьо а‚ хьан ваша а Сан делилашца‚ ашшиммо ледарло ма елаш Со хьехаварехь

20:43

ٱذْهَبَآ إِلَىٰ فِرْعَوْنَ إِنَّهُۥ طَغَىٰ

ДIагIо ший а ФирIавнна тIе‚ баккъалла а‚ и тIехваьлла /Делан дозанех/.

20:44

فَقُولَا لَهُۥ قَوْلًۭا لَّيِّنًۭا لَّعَلَّهُۥ يَتَذَكَّرُ أَوْ يَخْشَىٰ

Ашшиммо ала цуьнга кIеда дош‚ ойла ян тарло цо‚ я кхеравала.

20:45

قَالَا رَبَّنَآ إِنَّنَا نَخَافُ أَن يَفْرُطَ عَلَيْنَآ أَوْ أَن يَطْغَىٰ

Цу шиммо /Мусас а‚ ХIаруна а/ элира: "Тхан Кхиош-кхобург‚ тхо кхоьру цо тхуна вас ярна‚ я и тIехваларна".

20:46

قَالَ لَا تَخَافَآ ۖ إِنَّنِى مَعَكُمَآ أَسْمَعُ وَأَرَىٰ

Цо /Дала/ элира: "Шу /шиъ/ ма кхера‚ Со шуьца ву‚ хезаш ву‚ гуш ву.

20:47

فَأْتِيَاهُ فَقُولَآ إِنَّا رَسُولَا رَبِّكَ فَأَرْسِلْ مَعَنَا بَنِىٓ إِسْرَٰٓءِيلَ وَلَا تُعَذِّبْهُمْ ۖ قَدْ جِئْنَٰكَ بِـَٔايَةٍۢ مِّن رَّبِّكَ ۖ وَٱلسَّلَٰمُ عَلَىٰ مَنِ ٱتَّبَعَ ٱلْهُدَىٰٓ

ДIагIо цунна тIе‚ аш ала: "Баккъалла а, тхо хьан Кхиош-кхобучун элчанаш ду. ДIабахкийта тхоьца Исраилан кIентий а‚ Iазап ма де царна. Тхо даьхкина хьуна тIе хьан Кхиош-кхобучуьнгара делилаца. Маршо ю нийсачу новкъа /тIаьхьа/ хIоьттинчунна.

20:48

إِنَّا قَدْ أُوحِىَ إِلَيْنَآ أَنَّ ٱلْعَذَابَ عَلَىٰ مَن كَذَّبَ وَتَوَلَّىٰ

Тхуна вехьеца хаийтина: Iазап хир ду‚ аьлла‚ (цIена Делан дин) харцдинчунна а‚ /оцунах/ вухаваьллачунна а".

20:49

قَالَ فَمَن رَّبُّكُمَا يَٰمُوسَىٰ

Цо /ФирIавнас/ элира: "Мила ву шуьшиннан Кхиош-кхобург‚ хIай Муса?"

20:50

قَالَ رَبُّنَا ٱلَّذِىٓ أَعْطَىٰ كُلَّ شَىْءٍ خَلْقَهُۥ ثُمَّ هَدَىٰ

Элира /Мусас/ : "Тхан Кхиош-кхобург ву‚ Ша массо хIуманна кхоллар делларг а‚ тIаккха /и/ нийсачу новкъа диллинарг а".

20:51

قَالَ فَمَا بَالُ ٱلْقُرُونِ ٱلْأُولَىٰ

Цо /ФирIавнас/ элира: "Хьалха хиллачу тIаьхьенийн гIуллакх муха ду?"

20:52

قَالَ عِلْمُهَا عِندَ رَبِّى فِى كِتَٰبٍۢ ۖ لَّا يَضِلُّ رَبِّى وَلَا يَنسَى

Элира /Мусас/: "Церан Iилма сан Кхиош-кхобучунна гергахь жайна чохь ду‚ тила а ца ло сан Кхиош-кхобург‚ виц а ца ло.

20:53

ٱلَّذِى جَعَلَ لَكُمُ ٱلْأَرْضَ مَهْدًۭا وَسَلَكَ لَكُمْ فِيهَا سُبُلًۭا وَأَنزَلَ مِنَ ٱلسَّمَآءِ مَآءًۭ فَأَخْرَجْنَا بِهِۦٓ أَزْوَٰجًۭا مِّن نَّبَاتٍۢ شَتَّىٰ

И ву Ша хилийтинарг шуна лаьттах ага‚ Цо шуна цу чухула некъаш дехкина‚ Цо даийтина стиглара хи". Оха дехна цуьнца (хица) шиш кепара тайп-тайпана ораматаш.

20:54

كُلُوا۟ وَٱرْعَوْا۟ أَنْعَٰمَكُمْ ۗ إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَٰتٍۢ لِّأُو۟لِى ٱلنُّهَىٰ

Даа шайна а‚ даьхний а дажаде. Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду хьекъал долчарна.

20:55

۞ مِنْهَا خَلَقْنَٰكُمْ وَفِيهَا نُعِيدُكُمْ وَمِنْهَا نُخْرِجُكُمْ تَارَةً أُخْرَىٰ

Цунах Оха кхоьллина шу‚ цу чу Оха шу духадерзош ду‚ цунах Оха шу арадохур долуш ду кхин а цкъа.

20:56

وَلَقَدْ أَرَيْنَٰهُ ءَايَٰتِنَا كُلَّهَا فَكَذَّبَ وَأَبَىٰ

Оха цуьнга /ФирIавне/ гайтира Тхан дерриге делилаш – цо харц дира‚ цо тIе ца ийцира /уьш/.

20:57

قَالَ أَجِئْتَنَا لِتُخْرِجَنَا مِنْ أَرْضِنَا بِسِحْرِكَ يَٰمُوسَىٰ

Цо элира: "Хьо веъна тхо тхан лаьттах даха хьан бозбуанчаллица‚ хIай Муса?

20:58

فَلَنَأْتِيَنَّكَ بِسِحْرٍۢ مِّثْلِهِۦ فَٱجْعَلْ بَيْنَنَا وَبَيْنَكَ مَوْعِدًۭا لَّا نُخْلِفُهُۥ نَحْنُ وَلَآ أَنتَ مَكَانًۭا سُوًۭى

Оха лур ма ду хьуна цунах терра бозбуанчалла. Хан тоха тхуна а‚ хьайна а юккъехь‚ оха а йохор йоцуш‚ ахьа а – юккъера меттиг /массарна тIе бан атта йолу меттиг харжа вайна къовса/".

20:59

قَالَ مَوْعِدُكُمْ يَوْمُ ٱلزِّينَةِ وَأَن يُحْشَرَ ٱلنَّاسُ ضُحًۭى

Цо /Мусас/ элира: "Хан ю шуна – хаздаран де‚ Iуьйре делкъехьа йоьрзуш /я малх гIеххьа хьалбаьлча/ нах гулбалар а".

20:60

فَتَوَلَّىٰ فِرْعَوْنُ فَجَمَعَ كَيْدَهُۥ ثُمَّ أَتَىٰ

Вухавелира ФирIавна‚ шен мекарло гулйира‚ тIаккха веара.

20:61

قَالَ لَهُم مُّوسَىٰ وَيْلَكُمْ لَا تَفْتَرُوا۟ عَلَى ٱللَّهِ كَذِبًۭا فَيُسْحِتَكُم بِعَذَابٍۢ ۖ وَقَدْ خَابَ مَنِ ٱفْتَرَىٰ

Цаьрга Мусас элира: "Ма бала бу шуна! Ма кхолла Далла тIехь харцдерг – Цо Iазап доуьйтур ду шуна. ХIаллакьхилла харцдерг кхоьллинарг".

20:62

فَتَنَٰزَعُوٓا۟ أَمْرَهُم بَيْنَهُمْ وَأَسَرُّوا۟ ٱلنَّجْوَىٰ

Цара къийсира шайн гIуллакх вовшашлахь‚ къайлах кхеташо йира.

20:63

قَالُوٓا۟ إِنْ هَٰذَٰنِ لَسَٰحِرَٰنِ يُرِيدَانِ أَن يُخْرِجَاكُم مِّنْ أَرْضِكُم بِسِحْرِهِمَا وَيَذْهَبَا بِطَرِيقَتِكُمُ ٱلْمُثْلَىٰ

Цара элира: "ХIара шиъ бозбуанчаш ма бу. Цу шиннена лууш ду шу шайн лаьттах арадаха шайн шиннен бозбуанчаллица‚ шун масал хилла долу некъ дIатилабан лууш ма бу уьш.

20:64

فَأَجْمِعُوا۟ كَيْدَكُمْ ثُمَّ ٱئْتُوا۟ صَفًّۭا ۚ وَقَدْ أَفْلَحَ ٱلْيَوْمَ مَنِ ٱسْتَعْلَىٰ

ДIагулъе шайн мекарло‚ тIаккха цхьа могIа бе. Воккхавуьйр ву тахана тоьлларг".

20:65

قَالُوا۟ يَٰمُوسَىٰٓ إِمَّآ أَن تُلْقِىَ وَإِمَّآ أَن نَّكُونَ أَوَّلَ مَنْ أَلْقَىٰ

Цара элира: "ХIай Муса‚ я ахьа кхуссу‚ я тхо хир дуьххьара кхуссурш?"

20:66

قَالَ بَلْ أَلْقُوا۟ ۖ فَإِذَا حِبَالُهُمْ وَعِصِيُّهُمْ يُخَيَّلُ إِلَيْهِ مِن سِحْرِهِمْ أَنَّهَا تَسْعَىٰ

Цо элира: "ХIан-хIа‚ кхосса аша!" ТIаккха церан машшаш а‚ церан Iасанаш а цунна хаалора церан бозбуанчаллица тIекхиссалуш.

20:67

فَأَوْجَسَ فِى نَفْسِهِۦ خِيفَةًۭ مُّوسَىٰ

Мусас шегахь кхерам лайра.

20:68

قُلْنَا لَا تَخَفْ إِنَّكَ أَنتَ ٱلْأَعْلَىٰ

Оха элира: "Ма кхера‚ баккъалла а, хьо ву лакхахь верг.

20:69

وَأَلْقِ مَا فِى يَمِينِكَ تَلْقَفْ مَا صَنَعُوٓا۟ ۖ إِنَّمَا صَنَعُوا۟ كَيْدُ سَٰحِرٍۢ ۖ وَلَا يُفْلِحُ ٱلسَّاحِرُ حَيْثُ أَتَىٰ

Кхосса хьан аьтту куьйгахь ерг‚ цо кхоллур ю цара йинарг. Баккъалла а, цара йина бозбуанчийн мекарло. Воккхавуьйр вац бозбуанча миччахьара веъча а.

20:70

فَأُلْقِىَ ٱلسَّحَرَةُ سُجَّدًۭا قَالُوٓا۟ ءَامَنَّا بِرَبِّ هَٰرُونَ وَمُوسَىٰ

Бозбуанчаш суждане бегийра. Цара элира: "Оха иман дилли ХIарунан а‚ Мусан а Кхиош-кхобучунга".

20:71

قَالَ ءَامَنتُمْ لَهُۥ قَبْلَ أَنْ ءَاذَنَ لَكُمْ ۖ إِنَّهُۥ لَكَبِيرُكُمُ ٱلَّذِى عَلَّمَكُمُ ٱلسِّحْرَ ۖ فَلَأُقَطِّعَنَّ أَيْدِيَكُمْ وَأَرْجُلَكُم مِّنْ خِلَٰفٍۢ وَلَأُصَلِّبَنَّكُمْ فِى جُذُوعِ ٱلنَّخْلِ وَلَتَعْلَمُنَّ أَيُّنَآ أَشَدُّ عَذَابًۭا وَأَبْقَىٰ

Цо /ФирIавнас/ элира: "Аша иман дилли Цуьнга аса шайна пурба далале хьалха? Баккъалла а, шун воккханиг ву иза ша шуна бозбуанчалла Iамийнарг. Аса хаддане а хадор ма ду шун куьйгаш а‚ когаш а дуьхь-дуьхьал‚ аса ирх кхазор ма ду шу хурманан дитташна тIехь‚ шуна хаъане а хуур ма ду‚ муьлханиг ву тхоьх Iазапца нуьцкъала верг а‚ мелхо а бухавуьсург а".

20:72

قَالُوا۟ لَن نُّؤْثِرَكَ عَلَىٰ مَا جَآءَنَا مِنَ ٱلْبَيِّنَٰتِ وَٱلَّذِى فَطَرَنَا ۖ فَٱقْضِ مَآ أَنتَ قَاضٍ ۖ إِنَّمَا تَقْضِى هَٰذِهِ ٱلْحَيَوٰةَ ٱلدُّنْيَآ

Цара элира: "Тхуна цкьа а хьо дукхавезар ма вац тхьоьга еъначу билгалонел а‚ тхо кхоьллинчул а. Сацамбе айхьа сацамбеш берг. Ахьа сацам бийр бу деккъа дуьненан дахаран.

20:73

إِنَّآ ءَامَنَّا بِرَبِّنَا لِيَغْفِرَ لَنَا خَطَٰيَٰنَا وَمَآ أَكْرَهْتَنَا عَلَيْهِ مِنَ ٱلسِّحْرِ ۗ وَٱللَّهُ خَيْرٌۭ وَأَبْقَىٰٓ

Баккъалла а, Оха иман дилли тхан Кхиош-кхобучунна‚ Цо тхуна гечдархьама тхан гIалаташ а‚ ахьа тхо ницкъ шена тIедахийтина бозбуанчалла а. Дела – дика а ву‚ уггар вуха вуьсург а ву".

20:74

إِنَّهُۥ مَن يَأْتِ رَبَّهُۥ مُجْرِمًۭا فَإِنَّ لَهُۥ جَهَنَّمَ لَا يَمُوتُ فِيهَا وَلَا يَحْيَىٰ

Баккъалла а, шен Кхиош-кхобучунна тIе къинош дина вогIург – цуна хир ю жоьжахати‚ лийр вац и цу чохь‚ вехар а вац.

20:75

وَمَن يَأْتِهِۦ مُؤْمِنًۭا قَدْ عَمِلَ ٱلصَّٰلِحَٰتِ فَأُو۟لَٰٓئِكَ لَهُمُ ٱلدَّرَجَٰتُ ٱلْعُلَىٰ

Цуьнан /Далла/ тIе муъма хилла вогIург а‚ ша дика Iамалш а йина – уьш бу шайна лаккхара даржаш дерш –

20:76

جَنَّٰتُ عَدْنٍۢ تَجْرِى مِن تَحْتِهَا ٱلْأَنْهَٰرُ خَٰلِدِينَ فِيهَا ۚ وَذَٰلِكَ جَزَآءُ مَن تَزَكَّىٰ

Iаднан бошмаш‚ шайн бухахула татолаш оьхуш – цу чохь уьш гуттар лаьтташ. И бу бекхам ша цIанвеллачунна.

20:77

وَلَقَدْ أَوْحَيْنَآ إِلَىٰ مُوسَىٰٓ أَنْ أَسْرِ بِعِبَادِى فَٱضْرِبْ لَهُمْ طَرِيقًۭا فِى ٱلْبَحْرِ يَبَسًۭا لَّا تَخَٰفُ دَرَكًۭا وَلَا تَخْشَىٰ

Оха вехьеца хаийтира Мусага: "Аравала Сан лешца буьйсанна‚ хилийта царна хIордан чохь некъ бекъаберг‚ ма кхералахь /уьш хьайна/ тIекхиарх‚ ма кхералахь /кхечу бохамах а/.

20:78

فَأَتْبَعَهُمْ فِرْعَوْنُ بِجُنُودِهِۦ فَغَشِيَهُم مِّنَ ٱلْيَمِّ مَا غَشِيَهُمْ

Царна тIаьхьавелира ФирIавн шен эскарца – уьш схьалийцира хIордах лоцучо.

20:79

وَأَضَلَّ فِرْعَوْنُ قَوْمَهُۥ وَمَا هَدَىٰ

Тилира ФирIавнас шен нах‚ нийсачу новкъа ца бехкира.

20:80

يَٰبَنِىٓ إِسْرَٰٓءِيلَ قَدْ أَنجَيْنَٰكُم مِّنْ عَدُوِّكُمْ وَوَٰعَدْنَٰكُمْ جَانِبَ ٱلطُّورِ ٱلْأَيْمَنَ وَنَزَّلْنَا عَلَيْكُمُ ٱلْمَنَّ وَٱلسَّلْوَىٰ

ХIай Исраилан кIентий! Оха кIелхьарадехира шу шун мостагIчух‚ ваIда йира /шуьца цхьаьнакхетта/ ламанан аьтту агIорахь‚ Оха доссийра шуна манна а‚ салва а.

20:81

كُلُوا۟ مِن طَيِّبَٰتِ مَا رَزَقْنَٰكُمْ وَلَا تَطْغَوْا۟ فِيهِ فَيَحِلَّ عَلَيْكُمْ غَضَبِى ۖ وَمَن يَحْلِلْ عَلَيْهِ غَضَبِى فَقَدْ هَوَىٰ

Даа Оха шайна деллачу рицкъанх цIенаниг‚ тIех ма довлалаш /дозанех/ цу тIехь – тIаккха Сан оьгIазло хьаьрчар ю шух‚ шех Сан оьгIазло хьаьрчинарг – хIаллакьхилла.

20:82

وَإِنِّى لَغَفَّارٌۭ لِّمَن تَابَ وَءَامَنَ وَعَمِلَ صَٰلِحًۭا ثُمَّ ٱهْتَدَىٰ

Баккъалла а, Со ву тIеттIа гечдийриг ша тоба диначунна‚ иман диллинчунна‚ дика Iамал йиначунна – тIаккха нисвеллачунна.

20:83

۞ وَمَآ أَعْجَلَكَ عَن قَوْمِكَ يَٰمُوسَىٰ

"Хьо стено сихви хьан къомах‚ хIай Муса?".

20:84

قَالَ هُمْ أُو۟لَآءِ عَلَىٰٓ أَثَرِى وَعَجِلْتُ إِلَيْكَ رَبِّ لِتَرْضَىٰ

Цо элира: "Уьш дIогахь бу сан тачанах /богIуш/‚ со-м сихвелира Хьуна тIе‚ сан Кхиош-кхобушверг‚ Хьо реза хилархьама".

20:85

قَالَ فَإِنَّا قَدْ فَتَنَّا قَوْمَكَ مِنۢ بَعْدِكَ وَأَضَلَّهُمُ ٱلسَّامِرِىُّ

Цо /Дала/ элира: "Баккъалла а, Оха питане лаьцна хьан къам Хьоьл тIаьхьа‚ уьш-м тилабина Самирийс".

20:86

فَرَجَعَ مُوسَىٰٓ إِلَىٰ قَوْمِهِۦ غَضْبَٰنَ أَسِفًۭا ۚ قَالَ يَٰقَوْمِ أَلَمْ يَعِدْكُمْ رَبُّكُمْ وَعْدًا حَسَنًا ۚ أَفَطَالَ عَلَيْكُمُ ٱلْعَهْدُ أَمْ أَرَدتُّمْ أَن يَحِلَّ عَلَيْكُمْ غَضَبٌۭ مِّن رَّبِّكُمْ فَأَخْلَفْتُم مَّوْعِدِى

Муса шен къомана тIе вухавирзира оьгIазвахана‚ пошме а хилла. Цо элира: "ХIай сан къам! Шун Кхиош-кхобучо шуьца хаза ваIда ца йинера‚ ткъа? Яхъели шуна ваIда я шуна лии шайх шайн Кхиош-кхобучун Iазап хьарча – аша йохий сан ваIда?"

20:87

قَالُوا۟ مَآ أَخْلَفْنَا مَوْعِدَكَ بِمَلْكِنَا وَلَٰكِنَّا حُمِّلْنَآ أَوْزَارًۭا مِّن زِينَةِ ٱلْقَوْمِ فَقَذَفْنَٰهَا فَكَذَٰلِكَ أَلْقَى ٱلسَّامِرِىُّ

Цара элира: "Оха ца йохийра хьан ваIда тхан ницкъаца‚ делахь а тхоьга схьабаийтира къоман хазнийн маххьаш‚ Оха уьш кхиссира. Иштта кхоьссира Самийрийс".

20:88

فَأَخْرَجَ لَهُمْ عِجْلًۭا جَسَدًۭا لَّهُۥ خُوَارٌۭ فَقَالُوا۟ هَٰذَآ إِلَٰهُكُمْ وَإِلَٰهُ مُوسَىٰ فَنَسِىَ

Цо царна эса даьккхира дегIаца шен Iехар а долуш‚ тIаккха цара элира: "ХIара шун Дела ву‚ Мусан а Дела ву‚ цо /Мусас/ вицвина /и шен Дела‚ дIавахана/".

20:89

أَفَلَا يَرَوْنَ أَلَّا يَرْجِعُ إِلَيْهِمْ قَوْلًۭا وَلَا يَمْلِكُ لَهُمْ ضَرًّۭا وَلَا نَفْعًۭا

Царна ца го-те цо /эсо/ царна дош а духа ца дерзадо‚ цуьнгахь царна зен а дац‚ пайда а бац?

20:90

وَلَقَدْ قَالَ لَهُمْ هَٰرُونُ مِن قَبْلُ يَٰقَوْمِ إِنَّمَا فُتِنتُم بِهِۦ ۖ وَإِنَّ رَبَّكُمُ ٱلرَّحْمَٰنُ فَٱتَّبِعُونِى وَأَطِيعُوٓا۟ أَمْرِى

Цаьрга ХIаруна а ма элира хьалха: "ХIай къам‚ шу цуьнца питане лаьцна. Баккъалла а, шун Кхиош-кхобург Рахьман ву‚ суна тIаьхьа хIотта‚ сан омрана муьтIахь хила".

20:91

قَالُوا۟ لَن نَّبْرَحَ عَلَيْهِ عَٰكِفِينَ حَتَّىٰ يَرْجِعَ إِلَيْنَا مُوسَىٰ

Цара элира: "Тхо совцур дац цунна Iибадат дечух тхуна тIе Муса вухаверззалц".

20:92

قَالَ يَٰهَٰرُونُ مَا مَنَعَكَ إِذْ رَأَيْتَهُمْ ضَلُّوٓا۟

Цо элира: "ХIай ХIарун‚ хьуна стено новкъарло йи уьш тилабелла гича

20:93

أَلَّا تَتَّبِعَنِ ۖ أَفَعَصَيْتَ أَمْرِى

Суна тIаьхьа хIотта? Сан омрана Iеса хилла хьо?"

20:94

قَالَ يَبْنَؤُمَّ لَا تَأْخُذْ بِلِحْيَتِى وَلَا بِرَأْسِىٓ ۖ إِنِّى خَشِيتُ أَن تَقُولَ فَرَّقْتَ بَيْنَ بَنِىٓ إِسْرَٰٓءِيلَ وَلَمْ تَرْقُبْ قَوْلِى

Цо /ХIаруна/ элира: "ХIай сан ненан кIант! Ма лаца сан маж а‚ сан корта а. Со кхийрира ахьа аларна: "Исраилан кIентий бекъна ахь‚ сан дош а тергал ца ди ахь".

20:95

قَالَ فَمَا خَطْبُكَ يَٰسَٰمِرِىُّ

Цо элира: "Хьан хIун бала бу‚ хIай Самирий?".

20:96

قَالَ بَصُرْتُ بِمَا لَمْ يَبْصُرُوا۟ بِهِۦ فَقَبَضْتُ قَبْضَةًۭ مِّنْ أَثَرِ ٱلرَّسُولِ فَنَبَذْتُهَا وَكَذَٰلِكَ سَوَّلَتْ لِى نَفْسِى

Цо элира: "Суна гира царна ца гинарг: аса схьалецира элчанан тачех цхьа кана‚ и кхоьссира аса‚ иштта хаздира суна сан сино".

20:97

قَالَ فَٱذْهَبْ فَإِنَّ لَكَ فِى ٱلْحَيَوٰةِ أَن تَقُولَ لَا مِسَاسَ ۖ وَإِنَّ لَكَ مَوْعِدًۭا لَّن تُخْلَفَهُۥ ۖ وَٱنظُرْ إِلَىٰٓ إِلَٰهِكَ ٱلَّذِى ظَلْتَ عَلَيْهِ عَاكِفًۭا ۖ لَّنُحَرِّقَنَّهُۥ ثُمَّ لَنَنسِفَنَّهُۥ فِى ٱلْيَمِّ نَسْفًا

Цо /Мусас Самирийчуьнга/ элира: "ДIагIо! Хьуна /дуьненан/ дахарехь хир ду /таIзар/‚ ахьа олуш: "Ма хьакхало /соьх/". Хьуна тоьхна хан ю‚ йохор йоцуш. Хьажал хьайн деле‚ хьо шена Iибадат деш волчу‚ оха и вагаво‚ тIаккха оха и варжор ву чим бина хIорда чохь".

20:98

إِنَّمَآ إِلَٰهُكُمُ ٱللَّهُ ٱلَّذِى لَآ إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۚ وَسِعَ كُلَّ شَىْءٍ عِلْمًۭا

Шун Дела АллахI ву‚ Ша воцург кхин дела воцу‚ массо хIума чулаьцна цо Iилмаца".

20:99

كَذَٰلِكَ نَقُصُّ عَلَيْكَ مِنْ أَنۢبَآءِ مَا قَدْ سَبَقَ ۚ وَقَدْ ءَاتَيْنَٰكَ مِن لَّدُنَّا ذِكْرًۭا

Иштта Оха дуьйцу хьоьга хабарех ша хьалхадахнарг‚ Оха делира хьоьга Тхан гергара дагадайтар.

20:100

مَّنْ أَعْرَضَ عَنْهُ فَإِنَّهُۥ يَحْمِلُ يَوْمَ ٱلْقِيَٰمَةِ وِزْرًا

Цунах дIакъаьстинарг‚ милла велахь а‚ – баккъалла а, цо хьур ма бу Къематдийнахь /къинойн мохь/.

20:101

خَٰلِدِينَ فِيهِ ۖ وَسَآءَ لَهُمْ يَوْمَ ٱلْقِيَٰمَةِ حِمْلًۭا

Гуттар лаьтташ цу /жоьжахати/ чохь – вон хили царна Къематдийнахь мохь.

20:102

يَوْمَ يُنفَخُ فِى ٱلصُّورِ ۚ وَنَحْشُرُ ٱلْمُجْرِمِينَ يَوْمَئِذٍۢ زُرْقًۭا

Оцу дийнахь сур локхур ю‚ Оха гулбийр бу оцу дийнахь къинош динарш /бIаьргаш/ сенбелла.

20:103

يَتَخَٰفَتُونَ بَيْنَهُمْ إِن لَّبِثْتُمْ إِلَّا عَشْرًۭا

Вовшашка шабар-шибар дийр ду цара: "Аша-м ца даьккхира /цигахь/ итт /де/ бен".

20:104

نَّحْنُ أَعْلَمُ بِمَا يَقُولُونَ إِذْ يَقُولُ أَمْثَلُهُمْ طَرِيقَةً إِن لَّبِثْتُمْ إِلَّا يَوْمًۭا

Тхо дика хууш ду цара олург. Царех леларца уггар тоьллачара эр ду: "Аша-м цхьа /де/ бен ца даьккхина".

20:105

وَيَسْـَٔلُونَكَ عَنِ ٱلْجِبَالِ فَقُلْ يَنسِفُهَا رَبِّى نَسْفًۭا

Цара хоьтту хьоьга лаьмнех лаьцна‚ ахьа ала: "Дохийна даржор ду уьш сан Кхиош-кхобучо.

20:106

فَيَذَرُهَا قَاعًۭا صَفْصَفًۭا

Дуьтур ду Цо уьш нийса еса меттиг хилла.

20:107

لَّا تَرَىٰ فِيهَا عِوَجًۭا وَلَآ أَمْتًۭا

Хьуна гур яц цигахь лохе а‚ лакхе а.

20:108

يَوْمَئِذٍۢ يَتَّبِعُونَ ٱلدَّاعِىَ لَا عِوَجَ لَهُۥ ۖ وَخَشَعَتِ ٱلْأَصْوَاتُ لِلرَّحْمَٰنِ فَلَا تَسْمَعُ إِلَّا هَمْسًۭا

Оцу дийнахь уьш тIаьхьахIуттур бу кхойкхучунна‚ шех юьстах бовлийла доцуш‚ аьзнаш мукIар хир ду Къинхетам болчуьнан‚ хьуна хезар дац шабар-шибар бен.

20:109

يَوْمَئِذٍۢ لَّا تَنفَعُ ٱلشَّفَٰعَةُ إِلَّا مَنْ أَذِنَ لَهُ ٱلرَّحْمَٰنُ وَرَضِىَ لَهُۥ قَوْلًۭا

Оцу дийнахь пайда бийр бац шапаIато Къинхетам болчо Шена пурба деллачунна бен‚ Шен дашна реза хиллачунна бен.

20:110

يَعْلَمُ مَا بَيْنَ أَيْدِيهِمْ وَمَا خَلْفَهُمْ وَلَا يُحِيطُونَ بِهِۦ عِلْمًۭا

Цунна /Далла/ хаьа царел хьалха хилларг а‚ царел тIаьхьа хин дерг а‚ уьш тIаьхьа кхуьур бац Цунах Iилманца.

20:111

۞ وَعَنَتِ ٱلْوُجُوهُ لِلْحَىِّ ٱلْقَيُّومِ ۖ وَقَدْ خَابَ مَنْ حَمَلَ ظُلْمًۭا

Яххьаш мукIар хилира Ша дийнаволчунна, Ша /Iаламийн гIуллакхашна/ хIоьттийнаволчунна /Далла/, дог диллина висира зулам деанарг /Делаца накъост лаьцнарг/.

20:112

وَمَن يَعْمَلْ مِنَ ٱلصَّٰلِحَٰتِ وَهُوَ مُؤْمِنٌۭ فَلَا يَخَافُ ظُلْمًۭا وَلَا هَضْمًۭا

Ша диканаш динарг‚ ша муъма волуш – и кхоьрур вац зуламах а‚ эшамах а.

20:113

وَكَذَٰلِكَ أَنزَلْنَٰهُ قُرْءَانًا عَرَبِيًّۭا وَصَرَّفْنَا فِيهِ مِنَ ٱلْوَعِيدِ لَعَلَّهُمْ يَتَّقُونَ أَوْ يُحْدِثُ لَهُمْ ذِكْرًۭا

Иштта охьадоссийра Оха и Iарбийн Дешар дина‚ цу чохь кхерамаш билгалбехира Оха уьш кхоьрур бацара-те‚ аьлла‚ я цо царна /шайл хьалха хилларш хIаллак хилар/ дагадойтур дацара-те‚ аьлла.

20:114

فَتَعَٰلَى ٱللَّهُ ٱلْمَلِكُ ٱلْحَقُّ ۗ وَلَا تَعْجَلْ بِٱلْقُرْءَانِ مِن قَبْلِ أَن يُقْضَىٰٓ إِلَيْكَ وَحْيُهُۥ ۖ وَقُل رَّبِّ زِدْنِى عِلْمًۭا

Лакхахь ву Дела – Ша бакъволу паччахь! Сих ма ло КъурIанца хьайга Цуьнан вехьи чекхдаллалц‚ ала: "Со Кхиош-кхобушверг‚ совваккха со Iилманца".

20:115

وَلَقَدْ عَهِدْنَآ إِلَىٰٓ ءَادَمَ مِن قَبْلُ فَنَسِىَ وَلَمْ نَجِدْ لَهُۥ عَزْمًۭا

Оха ваIда йинера хьалха Адамца а – цунна и йицъелира. Тхуна ца карийра цуьнгахь чIогIалла.

20:116

وَإِذْ قُلْنَا لِلْمَلَٰٓئِكَةِ ٱسْجُدُوا۟ لِءَادَمَ فَسَجَدُوٓا۟ إِلَّآ إِبْلِيسَ أَبَىٰ

Оха аьллера маликашка: "Сужд де Адамна". Цара сужд дира - Иблис доцчо‚ – и дуьхьалделира.

20:117

فَقُلْنَا يَٰٓـَٔادَمُ إِنَّ هَٰذَا عَدُوٌّۭ لَّكَ وَلِزَوْجِكَ فَلَا يُخْرِجَنَّكُمَا مِنَ ٱلْجَنَّةِ فَتَشْقَىٰٓ

Оха элира: "ХIай Адам‚ баккъалла а, хIара /Иблис/ мостагI ду хьуна а‚ хьан зудчунна а‚ цо даххане а ялсамани чуьра ара ма дохийла шуьшиъ – тIаккха дакъазвер ву хьо.

20:118

إِنَّ لَكَ أَلَّا تَجُوعَ فِيهَا وَلَا تَعْرَىٰ

Хьуна цу /ялсамани/ чохь мацлойла а дац‚ верза-тIерза вуьсийла а дац.

20:119

وَأَنَّكَ لَا تَظْمَؤُا۟ فِيهَا وَلَا تَضْحَىٰ

Хьо цу чохь хьаглур а вац‚ /маьлхан/ йовхоно вагор а вац".

20:120

فَوَسْوَسَ إِلَيْهِ ٱلشَّيْطَٰنُ قَالَ يَٰٓـَٔادَمُ هَلْ أَدُلُّكَ عَلَىٰ شَجَرَةِ ٱلْخُلْدِ وَمُلْكٍۢ لَّا يَبْلَىٰ

ШайтIа тIедирзира цунна /тилаван/‚ элира: "ХIай Адам‚ аса тIенисвой хьо гуттаренан а‚ ша чекхдер доцчу паччахьаллин а диттана тIе?"

20:121

فَأَكَلَا مِنْهَا فَبَدَتْ لَهُمَا سَوْءَٰتُهُمَا وَطَفِقَا يَخْصِفَانِ عَلَيْهِمَا مِن وَرَقِ ٱلْجَنَّةِ ۚ وَعَصَىٰٓ ءَادَمُ رَبَّهُۥ فَغَوَىٰ

Цара шиммо цунах кхаьллира /стом/ – тIаккха царна шиннена шаьшшиннан эхье меттигаш гучуевлира – уьш болабелира шайна тIе ялсаманин гIаш летадан. Адамо Iесалла йира шен Кхиош-кхобучунна‚ – и тилавелира.

20:122

ثُمَّ ٱجْتَبَٰهُ رَبُّهُۥ فَتَابَ عَلَيْهِ وَهَدَىٰ

ТIаккха шен Кхиош-кхобучо хаьржира иза‚ гечдира цунна‚ нисвира /нийсачу новкъа/.

20:123

قَالَ ٱهْبِطَا مِنْهَا جَمِيعًۢا ۖ بَعْضُكُمْ لِبَعْضٍ عَدُوٌّۭ ۖ فَإِمَّا يَأْتِيَنَّكُم مِّنِّى هُدًۭى فَمَنِ ٱتَّبَعَ هُدَاىَ فَلَا يَضِلُّ وَلَا يَشْقَىٰ

Цо /Дала/ элира: "Охьадисса цу чуьра дерриге а‚ вовшашна мостагIий а хилий. Шуьга беъча Соьгара нийса некъ‚ цу Сан некъана тIаьхьахIоьттинарг – и тилалур вац‚ и декъаза вер вац.

20:124

وَمَنْ أَعْرَضَ عَن ذِكْرِى فَإِنَّ لَهُۥ مَعِيشَةًۭ ضَنكًۭا وَنَحْشُرُهُۥ يَوْمَ ٱلْقِيَٰمَةِ أَعْمَىٰ

Со хьехорах вухаваьлларг – сов готта бахам бу цуьнан‚ Оха гулвийр ву и Къематдийнахь бIаьрса а доцуш.

20:125

قَالَ رَبِّ لِمَ حَشَرْتَنِىٓ أَعْمَىٰ وَقَدْ كُنتُ بَصِيرًۭا

Цо элира: "Со Кхиош-кхобушверг‚ Ахьа хIунда гулвина со бIаьрса а доцуш‚ со бIаьрса долуш ма вари-й?"

20:126

قَالَ كَذَٰلِكَ أَتَتْكَ ءَايَٰتُنَا فَنَسِيتَهَا ۖ وَكَذَٰلِكَ ٱلْيَوْمَ تُنسَىٰ

Цо /Дала/ элира: "Иштта деара хьоьга Сан аяташ – ахь уьш дицдира. Иштта тахана хьо вицвийр ву".

20:127

وَكَذَٰلِكَ نَجْزِى مَنْ أَسْرَفَ وَلَمْ يُؤْمِنۢ بِـَٔايَٰتِ رَبِّهِۦ ۚ وَلَعَذَابُ ٱلْءَاخِرَةِ أَشَدُّ وَأَبْقَىٰٓ

Иштта бекхам бо Оха тIалам ца бинчунна‚ шен Кхиош-кхобучун аятех ца тешначунна. Эхартан Iазап мелхо а чIогIа а ду‚ /ханна/ деха а ду.

20:128

أَفَلَمْ يَهْدِ لَهُمْ كَمْ أَهْلَكْنَا قَبْلَهُم مِّنَ ٱلْقُرُونِ يَمْشُونَ فِى مَسَٰكِنِهِمْ ۗ إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَٰتٍۢ لِّأُو۟لِى ٱلنُّهَىٰ

Уьш нис ца бина-те Оха шайл хьалха мел хIаллакйинчу тIаьхьенаша? – церан бахамашкахула лелаш ма бу уьш! Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду‚ хьекъал долчарна.

20:129

وَلَوْلَا كَلِمَةٌۭ سَبَقَتْ مِن رَّبِّكَ لَكَانَ لِزَامًۭا وَأَجَلٌۭ مُّسَمًّۭى

Дош хьалха ца даьллехьара хьан Кхиош-кхобучуьнгара и хилаза цадериг дара – Хан ю цIе тоьхна.

20:130

فَٱصْبِرْ عَلَىٰ مَا يَقُولُونَ وَسَبِّحْ بِحَمْدِ رَبِّكَ قَبْلَ طُلُوعِ ٱلشَّمْسِ وَقَبْلَ غُرُوبِهَا ۖ وَمِنْ ءَانَآئِ ٱلَّيْلِ فَسَبِّحْ وَأَطْرَافَ ٱلنَّهَارِ لَعَلَّكَ تَرْضَىٰ

Ахьа собарде цара дуьйцучунна тIехь‚ хьан Кхиош-кхобучунна тасбахь де малх схьакхетале а‚ и дIабузале а. Буьйсанан заманашкахь а тасбахь де‚ дийнан тIегIешкахь а‚ – хьо реза хила там бара.

20:131

وَلَا تَمُدَّنَّ عَيْنَيْكَ إِلَىٰ مَا مَتَّعْنَا بِهِۦٓ أَزْوَٰجًۭا مِّنْهُمْ زَهْرَةَ ٱلْحَيَوٰةِ ٱلدُّنْيَا لِنَفْتِنَهُمْ فِيهِ ۚ وَرِزْقُ رَبِّكَ خَيْرٌۭ وَأَبْقَىٰ

Хьан бIаьргаш данне а ма кхийдаде Оха царех шайна ниIмат деллачу марий-зударшка – дуьненан дахаран зазадаккхар ду иза‚ уьш цу чохь Оха зерхьама. Хьан Кхиош-кхобучун рицкъа дика а‚ мелхо а ханна деха а ду.

20:132

وَأْمُرْ أَهْلَكَ بِٱلصَّلَوٰةِ وَٱصْطَبِرْ عَلَيْهَا ۖ لَا نَسْـَٔلُكَ رِزْقًۭا ۖ نَّحْنُ نَرْزُقُكَ ۗ وَٱلْعَٰقِبَةُ لِلتَّقْوَىٰ

Омра де хьан охIле ламаз де‚ алий‚ цу тIехь собаре хила. Оха ца доьху хьоьга рицкъа. Оха лур ду хьуна рицкъа. ТIаьхье – /Делах/ кхерарехь ю!

20:133

وَقَالُوا۟ لَوْلَا يَأْتِينَا بِـَٔايَةٍۢ مِّن رَّبِّهِۦٓ ۚ أَوَلَمْ تَأْتِهِم بَيِّنَةُ مَا فِى ٱلصُّحُفِ ٱلْأُولَىٰ

Цара элира: "Цо /пайхамара/ деанехьара вайга шен Кхиош-кхобучуьнгара цхьа /билгала/ делил?" Цаьрга ца еана‚ ткъа‚ билгало хьалхарчу жайнашкахь?

20:134

وَلَوْ أَنَّآ أَهْلَكْنَٰهُم بِعَذَابٍۢ مِّن قَبْلِهِۦ لَقَالُوا۟ رَبَّنَا لَوْلَآ أَرْسَلْتَ إِلَيْنَا رَسُولًۭا فَنَتَّبِعَ ءَايَٰتِكَ مِن قَبْلِ أَن نَّذِلَّ وَنَخْزَىٰ

Оха уьш хIаллакбинехьара Iазапца цул /пайхамарал/ хьалха‚ цара эр ма дара: "Тхо Кхиош-кхобушверг‚ Ахьа ваийтинехьара тхоьга элча – тхо тIаьхьахIуьттур ма дара Хьан аяташна‚ тхо сийсаза хилале‚ тхо юьхьIаьржа хIоттале?"

20:135

قُلْ كُلٌّۭ مُّتَرَبِّصٌۭ فَتَرَبَّصُوا۟ ۖ فَسَتَعْلَمُونَ مَنْ أَصْحَٰبُ ٱلصِّرَٰطِ ٱلسَّوِىِّ وَمَنِ ٱهْتَدَىٰ

Ахьа ала: "Массо а хьоьжуш ву‚ хьежа шу а‚ тIаккха тIаьхьа хуур ду шуна‚ муьлш бу нийсачу некъан дай, муьлш бу нисбелларш".